Халикова Асет

PDFПечатьE-mail

 

Тешнабехко хадийна гергарло

 
 
             Дакъалоцурш: 
 
1. Iийса – доьзалан да;
2. Залпаъ – цуьнан хIусамнана;
3. Хьалимат – церан йоI;
4. Решед– Iийсан шича;
5. Бетарх – Хьалиматан марда;
6. Хьава – Хьалиматан марнана;
7. Халид – Залпаъан ваша
8. Адам – Iийсан доттагI;
9. Ризван – Iийсан накъост;
10. Баянт – Хьаван лулахо.
 
 
 
Хьалхара дакъа
 
1-гIа сурт
 
Хилам дIабоьду I939-чу шарахь. Нохчийчоь. Аренгара жима юрт.
 
(Суьйре. Кертахь гIуллакх деш воллу Iийса. Даьхнийн гIовгIа хеза кертахь).
Iийса: (ша-шеца къамел до) Маржа, сан Дада яI, ма воккхавийрвара хьо хIокху бIаьстенах! Ахь олура : «Со дIаваьлча, хIора бIаьстенца юха цIа вогIур ву», – олий. Хьайна и бIаьсте дукхаезарна олуш хилла хир ду-кх ахь и? Суна-м хьо даима дагахь ву. Дада а, нана а кхелхинчул тIаьхьа мел къинхетаме велира хьо соьца. ХIара ахь дитина ков-керт а ду-кх хьох тера, хьан амал йолуш. Ма чIогIа воккхавийрвара-кх хьо, тахана и жима хьаша цIавогIуш гича. Ахь цунна цIе туьллур яра,  коьрта хьайн куй а туьллур бара. Со хьох лечкъаш лелар вара, эхь хеташ. Тахана соьца вац хьо , сан Дада. И кIант воккхахилча, ас цуьнга хьо  вуьйцур ву, цIе а хьайниг туьллур ю цунна. И воккхахилча, со лам чу гIур ву и тIахьа а хIоттийна, ахь дийна хьочан дитт а, хьо а, вайн дай а баьхна хIусам хилла меттиг а гойтур ю. Цунна хуур ду хьо муха ваьхна. Хьан цIе ца йожо, шен са дIадала кийча хир ву иза.  ХIаъ, дада, хьан цIе ю ларъян езарг.  Ахь тхуна дитина уггар доккха дика ду иза.
(керта вогIу Адаммий, Ризванний).
Ризван: Ассаламу Iалайкум! Болх меле хуьлийла!
Iийса: ВаIалайкум ассалам! Дела ван шуьшиъ марша! ХIун ду цIахула?
Адам: ДIа хан йоккху. Хьо ларавой?
Iийса: Лара ца валлал хIума дацара сан-м. Шу муха дохку?
Ризван: ХIинца кхуьнан са а ца дууш, дIаалий валахьа.
Адам: ХIун алий? Стенна сагатдеш ву хьо, Iийса?
Iийса: Цхьана хIуманна гонаштуьйсуш ву моьтту суна шуьшиъ.
Адам: Хаза луьйш ву хьо ван-м! Хьо волчу ван мегаш дац? Хьуна ма доккха хIума хийти хьайна хилларг!
Ризван: Дера хIета! ХIинцалц иштта саготта гина вацара хьо, Iийса. Лаа дуй-те?
Iийса: Иииии. Сан кочавеана вели шу ши йовсар. Вала хIинца схьадийций! 
Адам: Ва-хьа-хьа… АхлугIеран етт байна боху. И дуьйций ахь? 
Iийса:  ХIаъ! Карийний тIаккха? Cоьга лаха вола-м ца боху кхара? 
Ризван: Цунах хилларг-м хуур дацара хIинца. Бигначара тоххарехь дехьабаьккхина хир бу иза.
Адам: Етт хIун ю? Мацвеллачунна логах хьаккхал хIума а яц, бохий ахьа?
Iийса: Царех-м эхь дацара. Етт боху ахьа, церан хIу дайича а. 
Ризан: АхлугIар бохий ахь? Хьо царех цхьаъ доллуш ву моьтту суна? Ма чIогIа эли ахь иза?
Iийса: Суна цец хIунда вуьйлу хьо? Суна хаадала оьшуш хIумма а дац, нахе хаттахьа. Хьо ца хууш ву?
Ризван: Суна хезна хIума-м дац. Схьадийцахьа! Ларвала а дика ма дара тхойшинна.
Iийса: Шайн ворхIе дайшкара дуьйна схьа моттбетташ лелаш хIумнаш уьш юйла ца хууш ву хьо?
Ризван: Хьо воцчо олуш хезна-м дац суна.
Iийса: ДIавалааа. Iедалца бертахь бацахьара, тоххарехь кху юьртара кIур байтина хир бара цаьрга. Цхьа зама йогIур ю хьуна, цара шаьш динчух жоп луш.
Адам: Iийса, тхойша цхьа дика кхаъ бохьуш веана, совдерш юкъахьехор дац вай. Кхаъ баккха йогIуш йолу сайн хIусамнана саца а йина, суо веана со, Ризван валош. ЦIенна тхов тилла дагахь вара хьо, амма Дала цIенкъе хьалхаяьккхи. ЙоI Дала дукха яхайойла! ВорхI вешин йиша хуьлийла! 
Iийса: (вела ца вала гIерташ) ЦIенкъе еллачу Дала тхов а лур бу. Дела резахийла. Дуьло чу, чай молу вай. 
Ризван: ХIан-хIа, хьан доьзал цIабирзича, вогIур ву тхойша.
Iийса: Делахь-хIета, цхьа ка бара ас цIе тоьхна. Цхьацца ка лур бу-кх ас совгIатана.
Адам: Дера лур бац-кх.  Хьоьга и харжаш ца яйта, тхаьш ма даьхкина тхо. Оцу зударшна кхоанна цхьаъ ялаза хьо Iийрвоций а хууш. 
Iийса: Сан нигат ма дохадел аш. ЦIе тоьхна ваьлла со.
Адам: Наха-м йоI йича мелла а кIезиг ло совгIатна лург, хьуна шина кIентан мехха хийти хьайн йоI. Дала иштта кхиа а йойла иза!
Ризван: Амин! Тхойша иштта ма ца веъна…
Iийса: Суна хаьа. Дала беркат дойла шуна царех! Кхин дукха ма бахийта!
Адам: Дала хьайн доьзална тIера сагIабойла!
Ризван: Хьан доьзална тIера бала юхатухуш, сагIа бойла!
Iийса: Амин. Дела резахийла!
Ризван: Тхо дIадоьлху. 
Iийса: Дера ца  доьлху, цкъа чай а ца молуш-м. Чоьхьадовла! Пурба дац дIадаха.
(цIа чу боьлху уьш).
 
2-гIа сурт 
 
Iийса хIума кхоллуш ву, Залпаъ цунна гонаха хьийзаш ю. 
Залпаъ: Чай дуттий?
Iийса: Дотта. 
Залпаъ: Ванах, тахана юьрта юккъехь Солтин кIант Ахьмаддий, хьой летта бохург бакъ дуй?
Iийса: Хьан аьлла хьоьга и?
Залпаъ: Наха боху-кх. Со йоцург массо а ву и хууш.
Iийса: ТIаккха, IадIехьа. Летта! Лата хIума ю и? Iедална тIе мотт кхоьхьуш, цо мел хIаллаквина стаг. 
Залпаъ: И шайна хуъушехь, наха Iадвуьту и. Ахь и аларх соцур вац иза. Ахь цуьнан етт бигарх лаьцна цхьаъ аьлла боху-кх.
Iийса: И аьлларг-м ас ватIор ву хьуна. Велла вала хIара... Ас цу тIе совгIатана ка а ма белла цунна.
Залпаъ: Адам вуьйцу ахь? 
Iийса: Ца вуьйцур хьаха. Адам-м цхьа кIант яра, и стешха цицкаш юххе ца даьхнехь.
Залпаъ: Валлай, цхьаъ ца дийцича, хьо Iа-м ца Iа. Иштта зама ю-кх хIара.  Хьуна хезаш дац бус-буса вайн дIа мел кхуьйлу нах? Дала ларвойла! Вайна тIехIотта ма вац цхьа а.
Iийса: Суна гIовгIа сацаел. Доттал кхин цхьаъ!
( Чай дутту. Аганара бер делха долало). 
Залпаъ: Делах тешна! ДIайижа, дIайижа. Тахана ма чIогIа йоьлхуш ю хIара. Дала диканна дойла! (ага техкадо)
Iийса: Хаза хила йоллу хьуна.
Залпаъ: Шен нана санна бохий ахьа?
Iийса: Ишшш. Хазнаш дукха бу хьуна.
Залпаъ: Хьуна бевза моьтту суна уьш шаберш?
Iийса: И бохург хIун ду? Хьуо хьенан кертахь ю ца хаьа хьуна? Ахь боху ца боху хаац, дукха бу-кх готуьйсурш.
Залпаъ: Уьш-м хьан йоIах  бIаьрг бетташ хир бай.
Iийса: ДIаяла суна. 
Залпаъ: Ахь хIун до? Дуьне долийчахьана схьадогIуш дац и йоI яхар а, ялор а. Хьайна тIекхаьчча, духур ду-м ца моьтту хьуна? 
Iийса: Дера ца моьтту. ЙоIах забар а-м йойтур яц хьуна. Нах йоцу нах дукха яьржина вайна. 
(неI туху)
Iийса: ХIинца хIара мила ву-техьа ханъяьллачу хенахь? (неI схьаелла воьду) Зуда, ялол и йоI эций, дехьа чу ялал!
(Залпаъ дехьа чу йолу. НеI кхин а чIогIа туху).
Iийса: Схьайоьллу. Мила ву цигахь?
(герзах воьттина кхо стаг чоьхьаволу. Церан яххьаш къайлаяьхна ю)
I-ра стаг: ХIинца каравеан хьо? Дедча а кIелхьарадер дац хьо, жIаьла!
2-гIа стаг: Хьан са мел даьлларг  вогийла жоьжахатехь, оха и са дIадохуьйтур дацахь хьан!
Iийса: ЖIаьла хийла хьох, ца дохуьйтун делахь! 
(Лата чухьоду. КхоалгIачу стага ,коьртах тапчанан мукъ а тухий, вожаво.)
I-ра стаг: Схьалаца сихха!
2-гIа стаг: Ма веза ву алахьа, хьакха санна.
3-гIа стаг: Сихо елаш!
(Iийса дIавуьгу цара. ГIовгIанаш хеза. Жимма хан йолу. Залпаъ сехьа чу йолу. НеIарш йиллина карайо. Цхьа а вац чохь).
Залпаъ: Ва, орца дала! (Залпаъ охьаюжу).
 
3-гIа сурт
 
Залпаъ йолчу вогIу цуьнан ваша Халид. Iийса лаьцначул тIаьхьа кхо бутт баьлла
Залпаъ: Марша вогIийла хьо, Халид!
Халид: Делан маршалла хуьлда! Муха Iа шу? 
Залпаъ: ДIа хан йоккху? ХIун ду цIахь? 
Халид: Цхьа а сингаттам бац, хьан гIайгIа хилар бен.
Залпаъ: Хаац. Цхьа киртиг хир ю-кх хIара. 
Халид: Залпаъ, со гой хьуна, дукха ойла йина веана. Со хIокху нахана реза вац. Хьо а, и бер а тIе а лаьцна, хьан гIо лоцур долуш стаг ца го суна кхарна юккъехь. Хьо сайца дIаеача, гIолехь хета суна. Iийса карор ву ала меттиг бац. И гина я цунах дерг хезна цхьа а вац. ТIедеънарг лан деза-кх. И йоI а дIаюьгур ю вай.
Залпаъ: Шен наханчул а, нехан нахана хала а хеташ, дIавайна и стаг. Тахана цуьнан цIийнан неI дIа а чIаьгIна, со ахь дIайигча, уггар хьалха наха бехк буьллур бу хьуна. И ца деш, со яла а реза ю хьуна.
Халид: Цу тIехь-м бакълоь хьо. Хала а хетта иза нахана чIогIа. Делахь а…
Залпаъ: Хийла цIабогIу-кх уьш, дIабигнарш. Суна-м хаац. Даго хьоьху-кх. Ахь пурба делча, Iийр яра. Кхаа баттахь бен лехна а ца хилча.
Халид: Хьо хIинца а жима ю. Хьоьга ма Iе ца боху ас. Делахь а, хIокху стешхачу адамашна юккъехь хьо йита ца ло cоьга.
Залпаъ: Мила ву суна кхузахь тешнабехк бан? Кху чохь хазахета а гIовгIа ян адам ма дац. 
Халид: И ду ас бохург а. Хьан хIун дина ца хууш, хIаллакьхили Iийса. Цхьана  а хIуманна юкъехь хилла а ца хилча, шен кхай, даьхний лелош ваьхначу цунна бан  тешнабехк карийна нах суна кхераме хета. 
Залпаъ: Хьуна-м хуучух тера ду цунах хилларг.
Халид: Маса шо ду со хIокху дуьнен тIехь веха? Вайн да муха хIаллакьхилира хаьий хьуна? «Мангал айбеш тоха, буц жимма вайн даьхнешна а йита»? – аларна, и дош Iедале а даьхьна. Вайн нах бара хьуна и динарш. Изза хета суна Iийсана хилларг а.
Залпаъ: Ахь илла а, билла а цIа йола бахахь, со дIайогIур ю. Делахь а, даго хьоьху. Со шуна мер кIеллахь ю. ХIара чоь а, вайн цIа а хIун бен ду. Халид, хьан пурба хилча…
Халид: Дика ду. Со кхийти хьох. Кху кертахь хилча а, вайн цIахь хилча а, соьгара долу гIо цхьатерра хир ду хьуна. Амма, суна хIара-важа аьлла цхьа хIума кхаьргара схьахезий, ас йига ма-еззара юьгур ю хьо. 
Залпаъ: Са ма гатдехьа, Халид. 
Халдид:  ХIан, хIара ахча ду хьуна.
Залпаъ: Ца оьшу.
Халид: ДIаэца. Ас аьллараг дичхьана йолу хьо.
Залпаъ: Дала сагIа дойла хьан иза!
Халид: ДIа Iе хьайна. 
Залпаъ: ХIума кхоллуш сацахьа, Халид.
Халид: ХIан-хIа. Эцца лахахь цхьана тезета кхача веза со. «Тезета вузий а ма гIо, ловзарга меца а ма гIо», – олура вайн дадас.
Залпаъ: Хийла олура цо-м. Чуволахьа. 
Халид: ХIан-хIа, кхоийна ца Iа. Iиэ шайна. Кхана вогIур ву со. 
Залпаъ: Некъ дика хуьлда!
 
(ДIавоьду).
(Залпаа ша-шеца къамел до).
Залпаъ:  Суна-м хаьа хьуна, Халид, хьо суна орцахвер вуйла. Иштта хаьа суна: маре йоьду аьлла цIентIера араяьлла йоI,  цигахь хIуъа нислахь а, децIенна хала юйла лан. Делахь а, некъ юха ца боьрзу, Халид, адам ду и юхадоьрзург. Некъ дIа Iуьллу, хьо дIавагIахь а, ца вагIахь а цхьана хIуманан охIла а хуьлий. Некъаш схьахьединччохь ма ца дуьту, сан ваша. Вай кегий долуш, нанас со ловза ара а ца йолуьйтуш, сарралц гIуллакх деш, чохь йитича, суна хетара суо йоккхахилча, суо сайн дахаран да хилча, суо ирс долуш хир ю олий. Ма йоккха дакъазалла хилла-кх зудчунна ша-шен некъан а, дахаран а да хила дезар. Азаллехь хIара са кхуллучу дийнахь, суна кхаьчна дакъа хIара хилла. Я АллахI, со реза ю цунна! Хастам бу хьуна! Ницкъ лолахь, ва Дела, ницкъ лолахь суна…
 
4-гIа сурт
 
Цул тIаьхьа ткъе пхи шо даьлла. Къам махках даьккхина, цIа а дирзина, юхадаха охьахиъна. Залпаъ, шен йоI Хьалимат юххе а хIоттийна, кертахь гIуллакх деш ю.
 
Залпаъ: Чуьра гIуллакх дина яьллий хьо?
Хьалимат: ХIинцца до хьуна ас, нана.
Залпаъ: ХIинцца алий, цкъа а ма дита гIуллакх. Тхан нанас олура: «Аша,  дIа а ца дуьйшуш,  дина гIулллакх, наха дича санна, карор ду шуна Iуьйрана. ГIуллакх дина аьлла,  адам делла меттиг хирг хиллехь, и ша хир яра», – олий. ЧIогIа хьеший лаьтташ хилла цаьргахь. Буьйсана юккъехь хьаша кхаьчнехь, цунна пхьор кечдина, цуьнан дин Iалашбина ша ялале – сахуьлура олура нанас. Жимма и ледар хилча, тхан да мегар вацара. ХIинца дерш-м ловзарш ма ду.
Хьалимат: Нана, сан да муха вара? Дадин шичас Решеда хала стаг вара олу иза.
Залпаъ: Деллахь, хала-м ца хаьа суна, и хьоьга аьлларш санна, ледара стаг вацара иза. Дан дезахь, дов  дийр дара, ала дезахь, хаза а эр дара, амма цкъа а зударшца яхь къуьйсур йолуш-м вацара иза. И тахана цIахь велахьара, хIокху юртана а хьалхавала доьналла долуш стаг вар-кха.
Хьалимат: Мичахь ву техьа иза? 
Залпаъ: Цунах хIун хилла ала хууш стаг ца карий. Далла дика хуур ду-кх.
Хьалимат: Со евзар яцара цунна, цIавеъча. Суна вевзар варий-теша дада? 
(ков тухуш хеза)
Залпаъ: ЙоI, мила ву хьажахьа ков деттарг.
Хьалимат: Дика ду, нана. (ков делла йоьду). Суьйре дика йойла хьан!
Хьава: Вааа, Хьалимат,  хьо яц иза! Цкъа марайоллийтахьа хьуо. (мараюллу) Ма дукха хан яра со хьо ган лууш лела.
Залпаъ: Вай, мила ву цигахь?
Хьава: ХIа, хьан нана а ма ю цIахь. Суьйре дика йойла хьан, ва Залпа! Ирс долуш хуьлийла хьан болх!
Залпаъ: Далла езийла! Схьайола чоьхьаяла. Хьо ма ца евза суна.
Хьава: Суна хьо-м евза хьуна. Iин чуьра Бетархан зуда ю со.  Вай уллера довза а, гергарло хила а лууш еана  ю со. 
Залпаъ: ЙоI, яло, чохь ас хьайга де аьлларг де. (Важа чуйоьду). Массо а хIума дIабаха дезаш ду-кх кхаьрга. ТIаккха, хIун гергарло дуьйцу ахь?
Хьава: Муха эр дара? Цхьаъ  бен кIант вац сан. И цхьаъ бен сайн кхин воцу дела тхаьш къа мел хьегнарг цунна дуьтур ду оха. Наха чIогIа магош а ву иза, ас и дуьйцуш товш дацахь а. Цунна вайн юртара йоI езара тхуна. Хьо санна йолчу ненан йоI езара тхуна тхайн цIентIехь.
Залпаъ: Са-м яц йоI. И хьийзарг хIинца а бер ма ду, шега де аьлчий бен, гIуллакх дан а ца хууш. Цу тIе, ахь дуьйцу хьуьнарш дац цуьнан. 
Хьава: Дерриг нисделла цхьа а ма вац. Ца хуург Iамор ду, дIалоцуш хилчахьана. Ден юьхь ганза буобер ма дуй иза.
Залпаъ: Сан йоI буобер дац хьуна? Кхуьнан бутт хан яра и дIавуьгуш. И цIавеъчахьана захало а хьахадойтур ду. ХIинца сан хьо резаеш дала жоп дац хьуна. 
Хьава: Сих ма лохьа. Аса-м иштта ца бохура. Ву дера цуьнан да цIавогIур волуш. ХьастагIа тхайн денцIа яхнера со. Ткъе итт шо хьалха вайна стаг цIавеъна тхан юьртара.
Залпаъ: Дависа цуьнан. 
Хьава: Ас сихйийр яц хьо, Залпаъ. Ойла йина а хIума дийр ду вай, йоI, кIант вовшашка дистхилийтина.  Делахь со йоьду.
Залпаъ: Дера ца йоьду, цхьа чайнан стака а ца молуш-м.
Хьава: Со оцу хIуманех тешаш стаг яц, делахь а, сайна чIогIа хьан йоI езарна, ас и чай мелла а, вайн гергарло кхочуш ца хиларна кхоьру со.
Залпаъ: Делахь, шуьца гергарло ца дезаш ма яц со, амма да цIаваллац со цхьангге хIума хьехадойтур долуш яц хьуна. Суна бехк ма билла. Чуеънехь…
Хьава. ГIур ю со. Гур ду вай. Iодикайойла!
(Хьава дIайоьду)
Залпаъ:  Хьажахьа, Делан дуьхьа. Ммм. Елла яла со делаI. Ткъе пхи шо хан ели со, тахний-кханий бохуш, Дела воцург накъост воцуш, и йоI кхио гIерташ, уллехь я да а, ден ваша а, я цхьа а вац кхуьнан бохуш. Сайн цIаяхча, ненахоша кхиийнарг хIара хирйолу дела, нахана атта ца хетийта гIерташ, тIехь ваша воцу хIара коча Iамахь, наха шайн луург даккхарна кхоьруш, хIара цхьаъ бен сихдаьлла хIума а доцуш, кхуьнах къахетарна дестел кхуьнца дера а йолуш, дIашерши-кх ткъе пхи шо. Цхьа хIума ца хези-кх оцу стагах а. Вешех йолу дегайовхо гIелъеш, цунна тIаьххье, ши шо а далале, Далла хьалха дIаваха сан цхьаъ бен воцу ваша Халид а. Махках дехи, Сибрехан аренашкахь, дика мел верг дIавоьлли. ЦIадирзича, кхуьнан да цIавагIахь, шен хIусаме вогIур ву цкъа хьалха бохуш, хIара хIусам денъя гIерташ, каетташ со йоллушехь, дерриг дахар дIадели-кх. Тахна зама а хилла дIахIоьтти хIара, дика мел верг, доьналла мел дерг, хьан дагах мел кхетарг хIаллак а вина. Кхин юххе вала стаг воцуш, нахана хьалха, зуда ю аьлла, дIа муха хIоттор ю ас хIара йоI, я со елча, цхьа цхьаъ кху дахарца юьтур ю? Цул а гIоли яра и цхьанхьа дIатаръелча, делахь а, зуда атта а, яйн а хета-кх вайн нахана, цуьнан шортта нах ца хилча. Адаман къелла хилла уггар халаниг. АллахI-Дела, хьох тешна ду-кх дерриге а. Орцахвалахьа тхуна…
 
5-гIа сурт
 
Хьава, Бетарх  а шайн чохь ду. Хьалиматан ден шича Решед чувале къамел деш бу хIорш.
Бетарх: ЯахIума кийча юй? 
Хьава: Ю. 
Бетарх: Суна цунах жIаьлин даар ма делахь.
Хьава: Ас маца дина жIаьлин даар. Со-м нехан бага а яхна ю мерза яахIума йо бохуш.
Бетарх: Хьо-м дика евзара суна. 
(неI туху)
Решед: Чохь  дуй шу? Чуван мегар дуй?
Бетарх: Дера ду. Хьо ван марша! 
Решед: Ассаламу Iалайкум!
Бетарх: ВаIалайкум ассалам!  
Решед: ХIун хьал ду шуьгахь? Ларадой шу?
Бетарх: Тхайна елла хан йоккхуш ду. Шен хан ца кхаьчча, дIаваха йиш ма яц. ХIара лазаре дегI текхийна, велча, дуьне диъна бохуш, цигахь а хьийзор ду-техьа? 
Решед: Вай хиллачуьнга хьаьжча къанделлехь а, хиндолчуьнга хьаьжча къона ду вай.
Бетарх: Иза-м ду.Лулахойн бежнаша керт йохийна, и хьалахIоттайойтуш вара со хIокху берашка. Даьхний а, бераш а лело хала делахь а, хилар гIоли ду.
Решед:  Дера ду-кх.
Бетарх: Даьхнина хIун до аша? Ма хала зама ю-кх хIара.
Решед:  Наха дийриг до-кх оха а.
Бетарх: Ас  цхьа етт лур бу хьуна, Решед.
Решед: Етт? Ахь хIун дуьйцу? Ма лохьа, ца оьшу.
Бетарх: ХIумма а дац, сагIийна луш бу ас иза.
Решед: Дала сагIа бе хьан иза! Иза-м доккха гIуллакх хир ма дара. 
Бетарх: Доккха хIума-м и дацара. Хьоьга далур дара доккха хIума.
Решед: Дера дийр ду-кх ницкъ кхочург-м. Дийцал.
Бетарх: Решед, вай хийра нах а дацара, дайшкара дуьйна схьа девзаш а ду. Хьох бехк хетахь а, и  хьан шичин Iийсан йоI тхайн кIантана езаш дара тхо. Нене къада а динера, цо-м башха тIе ца дитина и къамел. Хьох дегайовхо яра-кх тхан.
Решед:  Вай, дера мегар ду. И нана-м ас тIетайир ю. Доккха хIума ду-кх цуьнан доладан цхьаъ ваьлча. Вай хийра нах дац. 
Бетарх: Ээ. Дала хан яхъе хьан! Суна хаара, хьо ледара хир воцийла.
Решед: Со сарахь гIур ву цига. Цуьнан да цIаваре сатесна бу уьш. И бакъ ца хета суна. Цхьанхьа велахь, шех хIума хозуьйтур дара цо.
Бетарх: Хаац. Стаг велла шен шина бIаьргана схьа ца гича, дог ца диллало.
Решед: Ма хийла дIабайна уьш, тIехIотта барз боцуш.  
Бетарх: Вайх хIун хуьлу а ца хаьа хьуна. 
Решед: Къанделла, цхьа ког коша а бахана долу вайх хIун до цара? (велало)
Бетарх: Цхьа ког боху ахь, ший а ког-м бу, дог ца доьрзу-кх лахьтиэ.
Решед: Дера дог а къардийр ма ду, шен зама кхаьчча.
Бетарх: Къардала йиш яц вай-м. Вай шортта гергарло лело дезаш ду хIинца а.
Решед: Дала мукъалахь! 
Бетарх: Вайшиннан зама кхачале, и гергарло таса деза вайшимма. Далла дуьхьал дахьа цхьа дика дерг хир ду.
Решед: Чекхдаьлла ларахьа и. Со ма-воьдду цига гIур ву. Со хIинцца ваха воллу. 
Бетарх: ТIаккха хьо хьевийр вац аса. Дала тIаьхье беркате йойла вайн!
Решед: Iодикайойла!
Бетарх: Дала диканехь цхьаьнатухийла!
 
6-гIа сурт
 
Залпаъ ю чохь цхьацца деш. 
Залпаъ: Марша вогIийла хьо, ваша! Чоьхьавала. 
Решед: Делан маршалла хуьлийла! ХIун деш ду шу? Ларадой?
Залпаъ: ДIа хан йоккху. Аттанна хIума а йиллина йоллур-кха. 
Решед: Хьалимат юй чохь?
Залпаъ: Эцца кертара буц схьайоккхуш йоллура и-м. Ас хIинцца чукхойкху…
Решед: Собарде! Ца оьшу. Хьоьца ду сан къамел. Бетарх гинера суна. Хьоьга и къамел къадийна боху цо. 
Залпаъ: ХIаа, иза дуьйцу ахь!? 
Решед: Суна хууш ду, хьо цуьнан дуьхьа Iийний кху кертахь. Цкъа а тхуна хьайн дагара ца хоуьйтуш, оха темаш цабарх я гIо цалацарх, нахал эшна ца  юьтуш, кхиий ахь и йоI. Тахна а цунах къахеташ, ахь и дуьйций хаьа. Делахь а, цхьана нехан цIентIехь хилча синтем бар вайна. Мацца а яха езаш хилча. И нах мегар болуш бу. Хаза Iен а, яха а мегар долуш, дика меттиг ю. Ас сайга хаьттича, магор дара и захало. 
Залпаъ: Валлай, ца хаьа суна-м. Ахь бохург а хета. Айса хIун дийр ду ца хууш йисна-кх со. И оцу вайн йоьIан да лоцучу дийнахь летта волу Солтин Ахьяд церан гергара вац?
Решед: Церан цIийнан хьалхара стаг вара иза-м, хьо марша. Ши шо ду и воцуш. 
Залпаъ: Наха моттухуш ву олура и, и цIе ца тов суна.
Решед: Наха-м хIуъа дуьйцу. Вайн стагаца дов хиллешехь, уьш баьхкина вайца гергарло таса. 
Залпаъ: Царех дегабаам бара сан.
Решед: Цхьа а теш воцуш, хьан муха хуьлу дегабаам? Хила доллучу дикачу захалонна юккъе хьехо хIумнаш дац уьш. Сан дош хьуна хIума хетахь, со реза ву-кх цу балхана. Ас цаьрга а аьлла и иштта.
Залпаъ: Муха ца хета. Шух тешна яц иза? Аша ледара юьтур йоцийла-м хаьа.
Решед: ТIаккха, кхин сов дерш ца дуьйцуш, чекхдоккхур ду вай и.
Залпаъ: Валлай ца хаьа суна-м. И  йоI маре яхийта дагахь яцара со кеста. Жима а ю, дуккха а хIумнаш ца хаьа.
Решед: Вай хенаш а йохкуш Iийча, хьо я со, вайшиннах цхьаъ дIадалахь? Вайна лиъначу хенахь и  дIанисъяр хуьлий а ца хаьа. Совдерш ма дийца ахь.
Залпаъ: Ахь бохуш хилча.
Решед: Дика ду тIаккха. ДIа араволу со.
Залпаъ: ХIума кхоллуш Iехьа, ваша.
Решед: ХIан-хIа. Сиха ву со. Iодикайойла. 
(ДIавоьду. ТIаьхьа арайолу Залпаъ)
 
 
ШолгIа дакъа
 
I-ра сурт
 
Хьалимат, цуьнан мардай, марнаний ду чохь.
Бетарх: ЙоI, кхин а доттал суна чай.
(Хьалимата чай дуттуш, жимма чай Iанадо стоьла тIе. Дуьхь-дуьхьал хиъна, хIума кхоллуш ду Бетархий, Хьавай).
Хьава: Тхо кегий долуш, нанас олур-кха: «Дика зуда яахIума охьайилларца къаьстар ю», –  олий. Деллахь ма дукха дуьйцура цо уьш. Ас сайн марненах нана ма олурий. Тхойша тхаьшша йисча, баркалла олура цо, оццул нах шех хьегош, шеца дика хиларна. Деллахь, нана, сайга далург до ас …
Бетарх: Хьуо иштта дика зуда хилча, хьала а гIаттий, схьадоттахьа и чай. 
(Бер доьлхуш хеза. )
 
Бетарх: Яло, йоI, хьажа цуьнга. Паччахьа а аьлла боху: «Шел лакхарниг ма ваийта», – аьлла.
(Хьалимат дехьа чу йоьду.)
Хьава:  Хьажал, соьга ладогIалахь дикка. Суна хала дац хьуна чай дотта а, кхи дерг дан а. Со цунах зуда ян гIерта. Сайн кIентан зуда массарел тоьлуш хила лаарна. Ахь уьш дийцахь, ладугIур ма дац цо. Хьо мелхо а тIетал хьо суна. ТIаккха кхин а дукха гIуллакх дийр ду цо. «Зуда меца а ма йита, мукъа а ма йита», – олур-кха нанас. 
Бетарх: Кхин охьахууш ма яц иза. Хьо а ма Iел хьо мукъа, меца-м хьуо Iийр яцара хьо.
Хьава: Гой хьуна! Кху цIен тIехь барт бохо воллу хьо? Цо ас аьлларг дахь, дика зуда хир ю-кх иза.
Бетарх: Ва, ас хIума-м ца боху.
(Хьалимат сехьа чу йолу)
Хьава: Хьалимат, суна кхин цхьа стака дотталахь, дукха хьала а ца дузуш. Дог детIа сан, и дуьзна доьттича. Тхо чай мелла девлча, киленка схьа а эций, стол дика цIанъелахь. Зингатий ма гуллой. Стола тIехь килонка йолуш наггахь стаг вац вайн юьртахь. ХIуманан хама бан ма безий.
Бетарх: Дера хама барах терра бен Дала схьа а ма ца ло.
Хьава: Делан дуьхьа, ма бакълоь хьо. Суна дукхох хьоьгара Iемина ма ду иза. Бакъду, тхан нанас а хьоьхура. Шуьшимма Iамийна-кх. Хьо а Iемар ю, Хьалимат, хьайга ден аьлларг деш хилчахьана.
Хьалимат: Ас цхьаъ ца дина я ледара дина – боху ахь иза, Нана?
Хьава: Иштта хилча-м ала ма-деззара эр дара. Хьо ледара хиларна кхоьруш боху-кх. Суна наха хIума эр дац хьуна, ахь кху кертахь ларъян езарг хьайн цIе ю хьуна. Со-м наха дукха дика зуда ю олуш чекхъяьлла хьуна.
Бетарх: Схьайола, чай мала хьайна, Хьалимат.
Хьава: И дера ду хаза! И чай мала хьайна хьалха охьа а хаийна, цхьаъ чу валахь, хIун да воллу хьо? Мардеца молу чай?  Ахь гIиллакхана и аларх иштта Iовдал яц хьуна хьан нус.
(Хьалимат бехкала а йоьдий, елакъежа).
Хьава: Яло хьайн гIуллакх де. Керта тIехула хьалахьийзийна бецаш гиний хьуна? Цкъа а иштта хилла яц и керт, боху лулахь мел болчара. Кор деллий дита, хьайна кIант самаваьлча хазийта. Ваа, ас оцу бецашца хьегна къа. Бер дIалаца, и тедан стаг воцуш, дIаяла. Цундела цомгуш йолуш цхьа а хIума ца дало соьга. Сахилийтина ас, букъ лозуш.
Хьалимат: Дика ду
(Хьалимат арайолу).
Хьава: Кор дIаделлалахь. Со лахь, нахала ер ю хIара керт.
(Чоьхьайолу лулара зуда  Баянт)
Баянт: Чохь дуй шу?
Хьава: Чоьхьаяла. Ду дера. Хьо ян марша!
Баянт: Дика мел дерш кху чу! Муха Iа шу?
Хьава: Дика дохку. Сайн кIентан кIант ловзош, цо массо нахах дIа а хадийна Iаш ю-кх. Валлай, чуьра араялар-м ца хуьлу и бахьнехь.
Баянт: Уьш, хьаха, беза дукха. 
Бетарх: Схьайола, охьахаа.
Баянт: Со-м цхьа кхаъ бохьуш еана. Хьава, хьуна хезний? Ваа, Дела орцахваьлла-кх!
Бетарх: ХIун хезний? ХIумма а хила-м ца хилла?
Баянт: Iийса, Хьалиматан да цIавеана, боху, лаьцначуьра. Ткъе ворхI шо дарий и вайна?
Хьава: Массара дуьйцуш ду, боху, кхуо иза-м. 
Бетарх: Мичахь хилла бохий? Цхьаьнгга хIумма а дийциний кхуо?
Баянт: Суна-м ца хаьа, цIавеана бахар бен.
Бетарх: Маца цIавеана ца хаьа?
Баянт: Сийсара сарахь кхаьчна, боху-кх. 
Бетарх: Ша вогIург хиллехь, вайга кхаьчна хир вара и тоххарехь. (Ша-шега, лохха)
Хьава: И муха вогIу вайга, чукхайкхина а ца хилча? Вай даха деза цига гучудовла.
Бетарх: Ас эр ду хьоьга яха езачу хенахь. Гучу а девр ду. Хьалимат, сарахь охьаяхийта, буьйса а йоккхуш. Кхана сарахь ас чукхойкхуш ву алийта. СовгIат-хIума а кечъе. Хьайна хуур ду хьуна.
Хьава: Залпаъ кхайкхий цуьнца?
Бетарх: Хьайна лаахь, кхайкхахьа. Iийса дог куруо стаг ма ву. Зудчунна юххе ваьлла валур вуй-теша?
Хьава: И къена хIумнаш хIинца лелош цхьа виснаъ ма вац. Товш ду-кх шен зуда хаза лара а лоруш, цуьнан сийдеш хилча. Хьалха-м хIуъа лелош хилла.
Бетарх: Сацаел хIинца зурма. Дерриг хууш ю-кх хьо.Со жимма араволу. 
Хьава: Дика ду, тIаккха. 
(ший а арадолу)
 
2-гIа сурт
 
Iийсай, Залпаъий, Решеддий ду чохь. Залпаъ юучунна гIайгIа беш ю.  Хьалимат чоьхьайолуш, Залпаа бер чудохьу.
Хьалимат:  Суьйре дика йойла шун!  (дIасахьоьжу. Iийсана тIехь хьажар соцу).
(Iийса ойлане тIевогIало цунна, юха сихха дIахьожу).
Решед: Хьайн да ца вевза хьуна, Хьалимат? Мацца а  вогIур волуш-м хилла хIара.
Iийса: Вахарх терра цIа а вогIуш хилла. ТIаккха, дуьйцуш варий со-м. Тхоьца лецнарш дукхох берш цхьа а бехке а бацара. Наха меттанаша деш, дIакхийлийтинера-кх.
Решед: Хьуо лацаран бахьна хиирий хьуна тIаккха? 
Iийса: Хиира дера. Массеран дерг дар-кха. Цхьана хьенехо кхаъ баьхьна хиллера суна а. 
Решед: Мила ву хаьий хьуна и? 
Iийса: Дитахь и-м. Сан цхьа ши  накъост вара Адаммий, Ризванний. Со волчу кхаьчна хила везара и шиъ. Уьш дийна буй? ХIун хилла царех?
Решед: Ризван, хьо марша, воцу пхи шо ду. Адам хIинца кху юьртахь Iаш вац. ГIала Iен охьавахна иза шен доьзалца. 
Iийса: Цига кхочур ву со. Адам ву хьуна цхьа кIант. Со цIавеъний хаахь кхуза кхачаза Iийр вац иза ша а.
Решед: Адамана дукха вуонаш гина. БIарзвелла, боху, иза. Махкахдаьхчначу хенахь  кхо кIант велла цуьнан. 
Iийса: Мацаллий, гIелой ца гуш, набахтин къизалла гина волу со гIоли волуш ду хIара-м.
Решед: ДIавала, тхан бIаьргашна схьа мел гинарг доккха хIума ма дара. Дика хьоьгуш-м хьо а Iийна хир вацара.
Iийса: Дала цаяздинарш ца гинера вайна-м. И йоI оцу нахе муха яхийтира аша?
Решед: Кхин хьо цIавогIур ву ала меттиг бацар. Iен а, яха а, гергарло лело а нах хийтира-кх. Хьо реза вац цу нахана?
Iийса: Сан резацахилар кула тIе баьлла моьлкъа санна ду. Кхайкхаза веана хьаша хийти суна суо. Хьо варий да хIоьттинарг?
Решед: Со ма ца кхета, ва Iийса.
Iийса: Со веллехь а, къемат-дийнахь дехна а жоп дехаза Iийр воций ца хаьара хьуна? Хьуна со ца вевзара?
Решед: Юккъехь доьзалхо а хилча, эрна дерш  ма дийцахьа, Iийса. Дала язйина ца хилча, кхочушхирдарий и мел лиъча а? Ахьа айхьа ма боху: «Дала ца яздинарг ган йиш яц».
Iийса: Бакълоь хьо цу тIехь-м.  Далла дика хуур ду. Дала схьаелла йолу мискалла дика ю, гIело ю-кх хала сонталлина хьалха.
Решед: Ахь бохурш хIинца дац. ХIокху ткъе ворхI шарахь мел дукха хIума хийцадели. Хьо а вац хьалхалерниг.
Iийса: Цахийцаделларш а ду хьуна дукха. 
Решед: Вайшимма дийцарх йист ер йолуш къамел дац хIара. Со дIа араволу. Хьо ца вогIу?
Iийса: Цкъачунна чохь Iийр ву со. Вайшиннан къамел чекх ца даьлла хьуна.  ГIо хьайна. 
(Решед дIавоьду. )
Iийса: Схьа чуйолал зуда.
(Залпаъ чуйогIу)
Iийса: ХIун боху оцу йоIа? Кхин хIума долуш еана-м яц иза?
Залпаъ: И бохург ду хаза! Маса шо даьлла хьо цIахь воцу? Да цIавеана аьлла еъна-кх.
Iийса: Со къарван  ма гIерталахь. Ткъе ворхI шарахь ганза волчу дена тIе марера муха ян еза хаьа хьуна суна а. 
Залпаъ: Уьш чу а кхайкхина, йоI гучу а яьккхина, дерриге лелийна ма ду цаьрца.
Iийса: Хьанна гучуяьккхина? ГIиллакх меттигаца лелош дац, адамашца лелош ду.
Залпаъ: Цундела, хьоьца гIиллакх лаьцна, вайшинга кхана-сарахь чукхайкха а аьлла яийтина ю вайн йоI.
Iийса: Хьо хьера-м ца яьлла? Зудчунна тIаьхьа а хIоьттина, йоIана тIаьхьа маре воьду къонах хета хьуна со?
Залпаъ: Массо стаг ву-кх иштта Iаш. Чу а кхойкху, тIе а боьлху, ма чIогIа реза вац хьо оцу нахана. Вай, хилла даьлла ду-кх иза. Вайн йоIаца вуон а бац уьш. Церан барт хилчахьана бохуш, IадIийна-кх со. 
Iийса: ГIовгIа ма ел суна. Сан шича Решед а, тайпанан хьалхара стаг Iадрохьман а кхайкха ала соьца цхьаьна. ЙоI марехь йолчохь важа а ваьжна, дIавоьдуш товр вац со (бер доьлхуш хеза).  Цхьаъ ала гIерта хьуна хIара хьаша а. Схьаяхьа и бер-хIума.
(бер схьадохьу Залпаа. Iийсас и хьоьстуш, хьоьжуш лаьтта Залпаъ)
Iийса: Сурт даккха-м ца гIерта хьо? Яло хьайн гIуллакх де. 
(Залпаъ дIайоьду)
Iийса: ЭхI, Дала де хьан догдика! ХIунда веана хьо, ва жима хьаша, сел цIена а хилла? Уггар хала бекхам би-кх ахь суна. Хьан дехошкара чIир оьцур ю, йоI дIа а нисйийр ю бохуш, кхаьчначу суна ма бекхам хили-кх хьан цIеналлех. Хьо Дала ца ваийтича, кхача йиш йолуш вац. Со бекхамна кечвеллера, и бекхам Дала би суна. Я АллахI, со къера ву хьуна. Ткъе ворхI шарахь кхарна айса муха доькхур ду ца хууш ваьхначу суна, ахь хьайн бекхам хилийти суна. ХIокху цIенчу адаман дуьхьа, со Iадда Iийр ву хьуна. Къора а, къера а хила везаш хилла йоI йолу да. Я АллахI, со къера ву хьуна, со къора ву хьуна. 
 
 
3-гIа сурт
 
ХьошалгIахь. Бетарх, Хьавай, Хьалимат гонаха хьийзаш ю. Iийса чоьхьаволу.
Iийса: Ассаламу Iалайкум! Дика мел дерш кху чу!
Бетарх: Ээээ. Дела ван хьо могуш-маьрша! Хьалавалал. Хьо цIавирзи? Муха Iий хьо?
Iийса: Со-м дика вара. Шу дуй могуш?
Бетарх: ДIа Iа-кх. 
Хьава:  Ва кIант, Дала тIаьхье беркате йойла. Хьо цIаварах ма хаза кхаъ хилира тхуна. Залпаъ ца ялий ахь?
Iийса: Дела резахила. ЦIахь йисира иза. 
Бетарх: Юучунна гIайгIа бел.
(Хьава юург кечъян йоьду.)
Бетарх: ТIаккха, хIун лелий аша? Хьо мичахь вара?
Iийса: Калугехь вара. Набахтехь дIаяхара и хан. Дукха дара тхо цигахь. Нохчий а, гIалгIай а бара. 
Бетарх: Хала хьийзийрий цара? 
Iийса: Башха хьийза а ца дира.
(вела аьшна до. )
Iийса: Бала мел беллачарна Дала гечдойла! Со цIахь воцуш дукха нах кхелхина хилла вайн.
Бетарх: ДIавала, дуьйцуш санна дац. Хьалха наггахь тезет ца хуьлура юртахь, хIинца масийтта тезет доцуш хан ца йогIу. 
Iийса: Iожалла-м хала яцара, вайн наха Iедална тIе харцметтанаш кхоьхьуш хIаллакби дукха нах.
Бетарх: Бина хьаха. Делахь а, чIир лелор ца дезна Далла я нахана а. Вай-м, хьан хьайн кхарда дог доцуш, чIир ерзош юккъехь захало деш хилла.
Iийса: Хилла. Цкъа хьалха вовшашна къинтIерабовлуш хилла уьш.  
Бетарх: Аша вовшашна гечдаре терра бен, шуна гечдийр дац, – боху Дала а.  Вай а ма дац эвлъяаш.
Iийса: Уьш а хIаллакбина-кх цара.
Бетарх: Юучунна гIайгIабе.  Хьо хIун деш хьийзаш ю кху чухула. (Хьавага)
Iийса:  Масех цIе яьккхинера ас оцу вайн доьзалхочуьнга. Церан бахкар  ца хилира?
Бетарх: ХIокху зудчуьнга ала-м элира ас гIо аьлла. ХIинцца схьабогIур бу уьш. Вало, хьала чу волу вайша. (Хьала а гIоттий, Iийса дехьа чу воккху. Хьава йолчухьа дIавоьду) 
Хьава:  Ва стаг, ас цхьаьнгге а хIумма а ма ца аьлла. ХIинца гIуо со цига?
Бетарх: Жижиг схьадилла ахь. ХIара Iадрохьманна а дилла, хIара Решедана а ду, хIара хьенехана а ду. ОхьахIоттаде ахь.
Хьава:  Уьш кхуза богIур ца хилча, стенна хIиттош ду ахь  и хьалха?
Бетарх: Хьайга бохург дехьа. ХIара висна хьуна суна хьехарш даза. Нехан хIусаме шен гIиллакхаш ца дохьу, вай диначунна тIевеъчахьана волуш вац иза? Ткъе ворхI шо хьалха, нахана юккъехь цуо сан ден вешина, моттухуш ву аьлла,  нахана юккъехь цIе кхоллар-м тоьур дара.  Цундела дан деззарг дира-кх цунна. 
Хьава: ХIун дира вай цунна? Набахтешкахула а лелла, цIавеъна вац иза?
Бетарх: Цунна дика хаьа хьуна шена тешнабехк хьан бина. Я и дIадекхалур дац цуьнга. Суна хаьара и цIавогIур вуй, цо вайна и дIадоькхур дуй а.Цундела дина ду и захало а.ХIинца хIун дан воллу хIара. Нускал санна сан чохь Iийна дIагIур ву-кх хьуна иза, кхидIа муха Iан веза а хууш.
Хьава: Ахь хIун дуьйцу?! Хьо лартIехь ма вац. Вай лацийтина вара иза? ХIара захало цуьнга чIир ца эцийта дина дара? 
Бетарх: Лацийтира. Иштта яла а йира цуьнан цхьаъ бен йоцу йоI. Шен мотт шегахь бита безаш хиллера. Сан ден вашас весет дира соьга валарчу вирзича. 
Хьава: Ва, эвлъяаш!
Бетарх: Яло. Гонаха хьовза.
(И къамел хезаш лаьтта Хьалимат.  (ХIара ца го царна. ЯахIума оьций, дехьа чу долу Бетархий, Хьавай. Хьалимат,  йиш а йоьхна, лаьтта )
 
Хьалимат: Сан ирс ца дохо Iаш ву-кх  хьо, Дада, хIокху нехан хIиллана кIела а сецна. Ма бораха буьтур бацара ахь уьш, сох бахьна ца хиллехь. Ткъа со? Сан дахар бакъ ца хилла. Сайн гIелалла яйа йогIу аьлла кху хIусаме а еъна, сайна а, сайн дена а тIейожий ас гIело. ХIара дIа муха нисдан деза? ХIокху жIаьлешна бод хьекхош со Iашшехь, сан да кхара хIаллаквина  хилла-кх. ХIинца  кхаьрдаш бу цунах, со бахьнехь цо шайгара чIир оьцур йоцу дела. Маржа, сан дада! Хьо дIавуьгучу буса яла хIунда ца елира со, дог иккхина? Ас хIун дан деза-те хIинца? Со муха яха-те кхин дIа?
 
4-гIа сурт
 
Сатоссуш ду. Iийса ламаз тIехь Iаш ву. 
Iийса: Я АллахI-Дела! Хьо къинхетаме верг! Ас дан хIун дан деза кху балханна?  Сайн оьгIазло юха а тоьхна, шайца гIиллакхе ваьлча, атта хийти-кх царна со. Дош, хьаха, дацара, царех цаца ца бича. Ткъе ворхI шарахь набахтехь ас хIумма а лайна ма ца хилла. Со атта Iайти цара со, сох гуттар чекх са гина-техьа я боккъал со тIаьхьависна техьа хIокху нахал? Со лацар а, хIокху шерашкахь къизалла яар а ловзар хиллера, кху цIахь соьга хьоьжучуьнга хьаьжча. Ма доккха хIума ду иза. И йоI? Цуьнан хIун хьекъал хир ду? Хилча а, кIант муха вуьтуьйтур ву цуьнга? Лаьцначохь дIависнехь, гIолехьа дара суна.
(жIаьла лата долало. неI тухуш хеза. )
Iийса: Мила ву? (неI схьайоьллу)
Хьалимат: Дада, со яра иза-м. 
Iийса: Чоьхьаяла. Ахь хIун леладо сатасале? Цхьа а вуй хьоьца? 
Хьалимат: ХIан-хIа.
Iийса: Зуда, схьайоьл! ХIокху йоIе ладогIал, ас жIаьла ца тедахь.
(Араволу. Залпаъ чуйогIу).
Залпаъ: Ахь хIун леладо, ва йоI? Хьо ара-м ца яьккхина цара? 
Хьалимат: Ца яьккхина. Суо цIаеана.
Залпаъ: И бохург хIун ду? Иштта йогIу цIа? КIант мичахь ву хьан?
Хьалимат: ЦIахь витира.
Залпаъ: Хьо лартIехь юй, ян а? ХIунда еана хьо цIа? Дов даьлла шун? Лата-м ца летта хьоьх? КIант охьа а виллина, хьо цIаян хIун доьлла шуна юкъа?
Хьалимат: Доккха хIума доьлла-кх, нана. Ас цкъа а къобалдийрдоцу хIума ду иза. (Елха йолало).
Залпаъ: Ва, собар де. Юхаерзал. 
Хьалимат: Сийсара, дада вайга веаначу хенахь, сан мардас марнене динчу къамело ялий со юха.
Залпаъ: ХIун къамел? Хьан дех лаьцна дарий иза? 
Хьалимат: Дада  шаьш лацийтинера бохура. Цуьнга я тIаьхьарчаьрга  шайгара чIир ца эцийта йигна ю бохура со. И ца хууш дада а вац элира цуо.
Залпаъ: Иштта элира? Хьуна  хезий хуушехьа элира?
Хьалимат: ХIан-хIа. Со гуш яцара царна, вовшашка дуьйцуш бара. Дадех бела а боьлуш, со бахьанехь  цуо шайна хIума дийр дац бохура.
Залпаъ: Ва да дай! Хьо ма дан адаме!
Хьалимат: Сийсара, дада цIавеъначул тIаьхьа, сахиллалц ойла йира ас, айса хIун дийр ду ца хууш. ТIаьххьара а, кIант вуза а вина, марнене, сайна воьлхуш тIаьхьакхойкхушшехь, дIа а велла, цIаеа со.
Залпаъ: Ва Дела, валахьа орцах!
Хьалимат: Дадас соьга цIе мел яьккхина стаг хьеха а веш, жижигаш ловзош, кхардам беш Iийра цунах. Я цхьа а кхайкха а ца кхайкхинера. 
Залпаъ: Хьан дена хиирий цара хIун леладо? Чувеъча цхьа а хIума ма ца хьахийра цо. Бакъду, чIогIа гIайгIане вара иза. 
(Iийса чоьхьаволу)
Залпаъ: ХIокхоу бохург бакъ дуй? Хьуна тешнабехк бинарш вайн захалаш бара?
Iийса: Хьан боху иза?
Залпаъ: Шен мардас дуьйцуш хезна шена боху кхуо. Цунах цIа а еъна хIара цигара.
Iийса: Ша  сан йолу дела еъна. Ца хиллехь, Iийр яра. 
Залпаъ: ТIаккха хIун дийр ду ахь кхи дIа? 
Iийса: Суна дика хаьа хьуна айса хIун дийр ду.
Залпаъ: Валлай, царна хIуъа дича а бехк бацара, делахь а и кIант, хIинца-м бер ду иза. Кхана воккхахилча? Ма къиза тешнабехк бина цара вайна.
Iийса: ГIовгIа ма ехьа, хьайн десара. Цаьрца чIир лелор йолуш хиллехь, со кху чу вале, воггIушехь  церан керта гIур вара.  Ахь дуьйцурш со лайна ваьлла дукха хан ю хьуна. 
Залпаъ: Со йоцург массо хилла и хууш.
Iийса: Хьо санна болчаьрга дагардийцар ду тхох дахнарг.
Залпаъ: ХIинца сан бехк хили-кх массо хIуманна.
Iийса: ДIаяло, гIовгIа а ца еш, къайлаялахьа.
Залпаъ: ХIума кхоллур юй ахь?
Iийса: Яц. 
(Залпаъ арайолу)
Хьалимат: Дада,  уьш массо вийча а хьоьца дIанислур бацара церан мах.
Iийса: Нисбийр бу вай. Са ма гатде ахь. Дала ша дIанисдо хьуна.
Хьалимат: Дада, ахь со жима йолуш, лам чу ден да ваьхначу хIусаме юьгур ю, аьлла, бохура. Цигахь хьан ден дас доьгIна хьочан  дитт ду бохург бакъ дуй?
Iийса: ХIинца хIун ду ца хаьа. ЦIавеаначул тIаьхьа цига ца вахна со.
Хьалимат: Вайшиъ цхьаьна дахийтахьа цига.
Iийса: (вела а луш) Дика ду. Шовда а ду цигахь цуо хорша дерзийна. Вайн цанаш а, йоьхна лаьтта бIов а, шадерг гойтур ду хьуна.
Хьалимат: ХIума кхаллахь хьайна, дада.
Iийса: Схьайола, цхьаьна юу вайшимма.
 
5-гIа сурт
 
Iийса ву хиъна Iаш. НеI туху.
Iийса: Чоьхьавала. Мила ву цигахь? 
Решед: Со ву. Ассаламу Iалайкум! 
Iийса: ВаIалайкум ассалам! Марша вогIийла!
Решед: ХIун деш ву хьо? Хьуо хьайца ма висна хьо? Адамашна юккъе жимма аравала.
Iийса: ХIара цхьалла цIийх кхетта яьлла суна. 
Решед: Хьох кхеттарг массарех гIойла аьлла ма дац. И йоI…
Iийса: Суна вола а ма лохьа. КIордийна суна хIара къамелаш. Ас дика садиттина. Со хIинца  а ву садетташ Iаш. Со вола а ца веш, Iаддавита.
Решед: ХIокху гонахарчу ярташкара церан тайпанах ву мел боху стаг веана хьоьга дехар дан.  Хьайн йоьIан ойла ца яхь, оцу кIентан ойла ехьа.
Iийса: Цуьнан ойла еш вацахьара ас хIун дина хир дара хаьий хьуна?
Решед: Дика ду-кх ахь уьш ца дина. Дала ял лур ю-кх хьуна.
Iийса: Хьо а ву церан верас?
Решед: Со хIунда ву церан верас?
Iийса: Хаац суна-м, хьуна хуур ду-кх иза.
Решед: Со стенна сагатдеш вуй? Вай-м делла дIадевр ду, хIара дов, питана хир ма ду тIаьхьарчарна. И чохь волу ши кIант а ву цхьацца кхиссарш еш.
Iийса: (вела а луш) И дара и? Со IаддаIийр ву, нагахь санна со волчу меттехь шайн аз ца хозуьйтуш, со вогIуш гича, сох дIа а лечкъаш, шаьш буй а ца хоуьйтуш, уьш Iахь. КхидIа дерг дийца а ма дийцалахь. 
Решед: Велла стаг вац, юккъехь гергарло ду, доьзалхо ву. Цхьажимма Делах кхерахьа.
Iийса: Делах кхоьру хьуна со, Дала мукъалахь. Царех ца кхоьру. ЧIир оьцур хиллехь, хьуна тIера дIаволавала везара со. Иштта дIаала ахь. Со веллачул тIаьхьа, хьайна лаахь, гергарло леладе цаьрца. 
Решед: ДIавалахь дIа. Хьалха мила волу цхьанне ца хаьа. И цара иштта а лелош ду хьоьца. И кIант  тIевитийтахь оцу нене. Ахь дош даллалц йист ма ца хуьлу и йоI. Цуьнан дагахь хIун ду хаьий хьуна? Цунна, нанна дукха вилхина, цхьа бала хиларна ца кхерахь, цара доьхур дацара хьоьга и.
Iийса:  Хьо-м церан дагара хууш ву моьтту суна. Велла вала хьо, Решед. Ахь цаьрга хIун алий? ЙоI хьеха а ма е, кIант схьавалавайта. Волавелла ша дIаваххалц лелавойтур ву, нагахь санна дIаваха цунна лаахь. Цуьнан къа дохуьйтур дац аса сайх.
Решед: И цунна луур ду я дац алалур дац. И хIун стаг хир ву а хуур дац хIинца.
Iийса: Ша волчарех тера ца хилча волий иза?
Решед: Хьан агIо а, шен ден ден агIо а ю-кх цунна. Дала цунах бахьна а дина вайна юкъехь барт бийр бац-техьа?
Iийса: Ши масал хир ду-кх цунна хьалха. Ша кхеттал хилча, шен ден дена а, суна а юккъехь харц-бакъ къастор оцу кIантана тIехь дуьту ас. И кIант схьаваларца Дала елла цуьнга и бакъо. Дала гIо дойла  цунна стаг хилла, ваха а, вала а, веллачул тIаьхьа ваха виса а!
 
Кирхьа

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика