«Органан» агIонаш луьстуш

PDFПечатьE-mail

 
 

Нохчийн яздархо, драматург, гочдархо Мусаев Мохьмад (1915-1999 шш.) дика вевза д1адаханчу б1ешеран книгашъешархошна. Цуьнан говзарийн коьрта тематитка шен заманхойн дахар дара. Шен дийцаршкахь, повесташкахь, романехь, пьесашкахь цо гойтура адамийн дахар, юьйцура тайп-тайпана г1иллакх-оьздангаллин проблемаш.
Нохчийн халкъан историн цхьа мур ( 19-чу б1ешеран хьалхара ах) бовзийта роман язйира Мусаевс, дуккха а шерашкахь вевзашволчу Таймин Бийболатах ша архивашкахь гулдинчу тоьшаллех пайда а оьцуш. Цуьнан цхьа корта 1992-чу шарахь «Орга» журналан 2-чу номерехь зорбатуьйхира дешхьалхенца цхьаьна. Романан и дакъа ду оха х1окху номерехь зорбане доккхург: дешначарна карладаккха а, ца дешначарна довзийта а.
Т1еман ц1ергахь даьгна Таймин Бийболатах лаьцна язйинчу романан а, пьесин а куьйгайозанаш. Т1амо ц1ийнах ваьккхина яздархо Г1алг1айн махкахь, Наьсарехь д1акхелхира 1999-чу шарахь.

 

МУСАЕВ Мохьмад

 

Таймин Бийболат

 

Дешхьалхе

(I)
 
ХIокху Нана-Лаьттан доккхачу шина декъан – Азин, Европан – юкъ йоькъуш санна, Iуьллучу Къилбаседан Кавказах дуьненан ялсамане олу цкъа хезна Iа хир дац хьуна, сан хьоме книжкаешархо. ХIаа-те, ца хила мега!
Ахь доггах бIаьргтоьхча, бакъ хилла а ца хетало иза башха хьаьвзина. Маса мискано сагIа кховдийна, тароно миэл къевсина, ши бIаьрг хьаьбча мукъана, цу гина да дуьненахь воцчу воссарх хьаьгна! Ткъа лекхачу лаьмнийн, къорачу хьаннийн, кIоргачу Iаннийн, сихачу шовданийн, дарбанечу хIаваан…хIара унахцIена баьццара Кавказ-м бIаьргана ган а, кога юста а, куьйга хьаста а… йолуш ма юй, Iаьржий, Каспин ши хIорд хьесталуш, и шиъ ловзош…
Цундела, сан дешархо, цхьана агIор аса-м башха бехк ца буьллу шайн заманашкахь, теза хиш оьху цергаш хьекхош, кхунна чугIиртинчу, хIара къиза къийсинчу паччахьашна. БIаьрго яттIол хазачу Кавказан Iаламан исбаьхьалло багош кховсийначу церан хIун гIуллакх ду, шайн синош цунна чу а дехкина Iачу, ламанхойн къонахаллица: ткъа шен вархIа а ден орама тIерачу цо шениг дуьтур дуй, бухъер юй, доьза йовр юй иза? Яц! Вукху агIор долчунна, метте ялха ца яллал харцой, къизаллий еара, адаме балий, ницкъий боссийра цу хилийта амал доцчо.
ЖIаьлеша дIаьIахк санна, къийса, хьекхояьккхира Кавказ. Маьрс-маьрсал цергаш йина, кед-кедал бIаьргаш къаьрзина чухахкаделира шина паччахьан – Россин, Туркойн – эскарш. ДIаболабелира адам детта, ден-дерзо а, Iен, даха а, дала, дуола а ца дуьту «Кавказский» аьлла, исторехь шен цIе яхана тIом. Шайн латтий, паргIатой ламанхоша, дуьне цецдохуш, лардина турпала къийсам.
Историс ма-къеддора, Кавказ онда дакъа дара Малхбале гIуллакхан. Цо, шен къилбе туркойх, гIажарех, царна суь бохучех Шенларъян аьтто бина ца Iаш.
Юккъерчуй, Юххерчуй Малхбале мехкийн самалха ца долуьйтийла а йоккхура, палс бахлахь, цигашха а когаш дIахеца дагахьчу Россина. ТIеттIа есташ, севсаш йогIу оьрсийн сутара феодальни олалла шен лаьтта тIе ца тарлора. Адам дIасатеттина а, и дIадаьккхина а шорлойла, кошо гатте хьовзоле, тIам хоьцийла езара.
Бусалбан балех ламанхой Iалашбан воллу ша бохучу Россин паччахьа а, керастан Iазапах уьш ларбар шен декхар хоьтуьйтучу туркойн султанна а дагахьдолчул маргIала ледора багара меттанаш. Ткъа шаьш «орцахдевллачу» мискачу кавказхошка хоттуш, цаьрца кхеташо еш хIума дацара цу шиннан а.
ЯлхийтталгIачу бIешарахь доладелла иштта схьаоьху Къилбаседан Кавказ паччахьаша къийсар хаъал чIагIделира берхIитталгIачу бIешеран хьалхарчу эхан юьххьехь, Росси Хонкарал толаяьлча.
Екатеринас Мазлакера Азовски хIорда тIе кхаччалц инарла-поручикан Павел Сергеевич Потемкинан эскаран аса тосу, Кавказски сардалалла долало.
ТIамах шура-м цхьанна а еана меттиг яцара. Амма къахьоьгучарна цIий ихна ца Iаш, хьацар а шалхадуьйлура, шайх бекхаш Iачарна тIе мелхуо а тIом бузор кхетта.
Шайна бух тобан Тимаркъин Марем Иван Грознига  а яхийтина, Россин имперех дIакхеттачу гIебартойн элаша, захалшна хьалха диканаш хила гIерташ, бацош са мере далийначу крепостни ахархошца цхьаьна нохчашна тIе схьаида бевлира чергазойн цхьаболу уоркаш а. Шаьш мел хала бахкахь а, тевжийла лоьхучунна ледарло йоцчу вайнаха доцчух хоттош, шайга нисбеш охьахийшабора хьошалгIа лелхарш. Нохчийн цу догдикаллей, комаршаллей безам берш суьйлашлара а гIевттира.
ТIаккха лаьтташ, къизачу чIиро эккхийна воьдучо а, чIеро хин кIорге санна, дуьененан ирсан дакъа лоьхучара а къайлах-къулах дIасаидо долийра и чам къаьхьий, бIаьрхинийн кхелхарш.
Иштта схьавеанарг шайлахь дIа а тарвеш, долчунна корта а ца бетташ, доцург дуьхе ца туьттуш, лекхачу лаьмнашкахь, юькъачу хьаннашкахь, шайн цIий хуьйдучу лаьтто лучух тешна Iаш бара, йоцчун дагара хаале, ерг цуьнца екъа кийча хилар дайшкара схьакхоьхьу нохчий. Безаме меттиг яцахь а, шайх ца Iебачарна эхь-яхь ца лучу кхеран хормий, хелхаррий, дахаран кхин цхьацца гIиллакхаш лаа ца тайна, Россера бевдда баьхкина Теркан даккъашца охьаховшарх «гребенски» цIе яханчу гIалгIазкхашна.
Iа-аш, тIекеренашкарий, чукаренашкарий захалонашка девлла гергарлонаш кIаргделча, лурвоьлла царна тIе ваханчу цхьана гуночух доладелла хила герга ду гIалгIазкхийн и тайпа. Цхьацца хазарша дийцарехь. ХIетахь шайна латта дала а Теркайисте веъча, паччахьа, Иван Грозныйс, ламанхошца тарло, аьлла шайга гIалгIазкхаша бахарх Лев Толстойна хезнарг схьакхоьхьу гребенцаша.
Лаьмнашкахь, хьаннашкахь – дохнна дежийла а, дуьйн латта а хала долчохь – инзаре гIоьртина дара нохчашна шарера шаре бовла. Цундела уьш шайн ма-хуьллу шерачу ара а, дежийла долчу а кхачарх хьоьгура, шайн ма-хуьллу цигахьа теIара. Терканий, Соьлжаний юккъехь дуьххьара хIоьттина вайнехан ши юрт: Парчхой, Юрт-Эвлий ю. ХIетахь Теркал сехьа кхелхина нохчийн иллехь вуьйцу, Адин Сурхос вохийна гIебартойн эла Мусост, Балус вахвина Къахьармий.
Шайн элий а, уоркаш а, адамашлахь кхин цхьацца барч лоьцурш а боллучу гIебартойн махкана дахарехь оьшу муьлхха хIума лаха а, каро а, хила а, ян а, яхьа а, йохка а, эца а вайнаханачул дуккха а атта дара. Шайн бухкуш, оьцуш ялхой болуш, хьеннан докъан тIехула бевлла а, шаьш тоьларг дан Iеминчаьргара шардеш схьаоьхучу оцу мехкан дайн Россин самодержавица хийла хьалха дуьйна тасаелла яккхий зIенаш яра. Уьш чIогIа хаалора гIебартошций, балкхарошций вайнехан лелачу хийца-йохка-эцаршкахь. Хьалхарачара вайн кхуза борц, мукх, варданаш, нуьйраш кхоьхьура; шолгIачара царна стоьмаш, кIай, варданан чкъургийн тогIеш, хьун латтайора – юхкура. ГIебартоша ялтех молха а, долу герз а хуьйцура. ЧIогIа йохк-эцар Мазлакерчуй, ГIизларерчуй базаршкахь лелара. Оцу гIуллакхаш тIехь Россин империца гIебартойн тасаеллачу юкъаметтигийн хьожа товш нах нохчашлахь бовла буьйлабелла сурт хIуьтту, вуьрхIитталгIачу бIешеран коьртехь доладелла, цхьаболу вайнах луларчу элийн лаама кIел бахар дикка эвхьаздаларехь.
Россин империн гIоьнца суьйлийн, гIебартойн элий Нохчийчу баьржира, паччахьа шен эскар Кавказана тIетаIийначу муьрехь, къаьсттина. Уьш бара: Орга Соьлжах кхетачуьрчу Туопалан-Гечо юрт дIалаьцна гIумкийн элий – Айдемиран Асланбек, Хасболатан Iалсолтий; цхьана тешнабехко Мелчу-Хи тIе кхачийна Чупалан Мусалий; Йоккхий, Жимий ши АтагIа цхьана кхело кхачийна ТIурлогIаррий… Эххар Шелий, нохчийн уггар къена юрт Гермчиггий караеана гIебартойн Черкасский эла Эльмирзина къотIалгIа винчу Девлат-гирина. Иштта шен шерет дина нуьцкъалчу Россис шайн ма-хуьллу шерачу ара охьагIертачу нохчийн нехан мискачу, цара къора хьаннаш хьоькхуш ехкинчу яртех. Оцу балхо гуттар бале лецира, дуьненна гIергIаш, лаьмнийн багара дуьйлучу Органан аре. Юьхьанца хIора нохчийн кевнера шарахь шаьш даккха долиийна кIен мазал кIезиг хийтира сутара бIаьрг къарза Iеминчу феодалашна. Iийна-а, и ясакх цара саяьккхира: нохчийн хIора доьзалан цхьацца уьстагIа, и бацахь – мангал балла эчиг дала дийзира вайнехан шайна тIебаьхкинчу элашна хьалхалерчу кIен мазалал совнаха. Хьаьхира харцо, кIордийра нохчашна шайн латта йолах лело. Нана-мIаар мел ерг бохург санна, гIевттира, дуьхьалбевлира уьш нехан феодалашна. Лехка болийра уьш шайн махкара.
ХIетахь аьлла хила герга ду нохчаша: «Аганара элан воI ма вуссийла, Iуьргара берзан кIеза а ма долийла!». 
ГIело са мел ели, оцу амало къуьйлуш, тIетIа ницкъ биссош, бартана чIагIлуш, гIиллакхашна хазлуш, базлуш, амма ирс, декъалаллий кIезиг гуш схьаоьху нохчийн заманийн йохалла.
Суо вешархо оцунах тешоран, сайна ма-хуъу кхеторан Iалашо ю ас хIара книжка язъян дагалоцуш, сайна хьалха хIоттийнарг. Со дукха дагавийлина исторех, цуьнан материалех а, документальни произведенех, архивех а, къеначуй, къуоначуй адамех, цхьацца дийца-аларех. Оцу хIорангара, цунна сан баркалла кхачор доцуш, доккха гIой, накъосталлий хилла, лаьттина суна. Хуург, хезнарг дуьйцуш, дуьсучун лар тIе хьежош, новкъа нисвеш.
Заманаша шайн йорт кхоьхьу. Церан йохаллехь шадерг ширло, къанло. ТIедетталучара, тIера оьгучара шайнначулла хуьйцу. Цхьадерг, керчий нисло, важдерг, лелаш, эрчадолу. Доккха хIума, Iаламате доьрзуш, даьржий дIадоьду. Лелла гIуллакхаш, уьш титтина адамаш хенаша хоьрцуш карладуьйлу, чулацаман чомана хийцало. Амма со, массо яздархочунна шен балхах ала ма-лаъара, цхьацца бердехдаханарш хетачаьрца меттахIиттораш данза ца ваьллехь а, бакъдолучарна хера ца вуьйлуш дIаваха а, чекхвала а дагахь ву. Вуола генара веллехь а, тешалахь, хьоме со вешархо. Дала ницкъ лойла суна цунах хьо дохко ца валийта! БисмиллахIир-рохьманир-рохьим…
 
Хьалхара дакъа
 
Ойт, горлера маьлха дуьне яI: ирс яI, хьан бос къаьстачун!
Ирс яI, хьан чам хуучун! Ирс яI, аьллар хилла хьо диъначун! Ма декъазий, гIийлий хьоьшу-кх хьо экханан бен лар йоцчу, цаьпцалган бен гIара йоцчу къу-берзан буьйсанех тешам байна, сема ладоьгIучо. Воьду-вогIуш хIор кол-кондар а, гуолабетташ хьийза готтачу некъан лар а бIаьргара ялийта йиш йоцуш кегочо. Ма доьллачу куьйга кадетташ, кочара мокхаза-топ юла кийча хьоьгу-кх хьох ламанхой. Ма ца бевллачу дийно Iамий-кх уьш бIаьрган негIар тухучу юкъана бохь лекхачу лома тIехула эккхий, бух боцчу Iинах туьлий, дин гIашъюккъехь къуьйлуш, саийа.
Керча, хийцало йоргIа-йорт кхоьхьу заманаш. Шайн гIиллакхаш, хIуманаш а, хорманаш, гIуллакхаш а доху цара. Динарг мега, тарло, Iалашо нийса елахь, и бакъахьа лаьцнехь!
Деба хьовх, атталла, самалхадала ца буьтуш, ша хьаннашний, лаьмнашний юккъехь бахкошшехь, шеца майра къийсинчу хенашкахь тиллина Россин империс нохчашна «обарг» боху цIе. Цуьрриг хазахетий, я цхьаммо шен дуьхьий даьккхина доцу и дош дIаийра ламанхочун дахаран хьелашкахь товчу цуьнан буьрсаллех.
Боьзан бодашкара, сингаттаман кIоргешкахула орамаш дIадоьлхучу цуьнан исторех хьо леррина чекхъхьаьжча, юкъараллин Iалашонан маьIна чIогIа цIений, лекхий долуш гIаттам бу и обаргалла цIе яханарг. Шайн ворхIи а  дайх дисина латтий, цара лехна нийсой, паргIатой шайна ма-хуъу, шайна ма-моггу йоьхучу адамийн цу айадаларан шолгIа агIо яц. Я хуьлийла а ца хилла.
Иза хаьдда чIагIдо ткъаесналгIачу шарахьлерчу харачойн Зеламхас аьллачо: «Со вешшехь хилла вац обарг». Шех вина обарг, бохург ду цуьнан иза.
Оьрсийн эпсарший, инарлаший шайн дагалецамашкахь, яздаршкахь ма-дийццара, ерриг Нохчех обаргяьлла лара мегар долуш хилла хIетахь. Цо хIун дийр дара, дей, деттий, саций, садаIий ша юьтуш ца хилча? Ткъа массо гIаттийнарг, хууш ма-дарра, хIоранна дагахьдоллург бен хуьлийла а, лорийла а дац.
Хьо хазаза а, ганза а вац, сан дешархо, цу мацахлерчу, шена долчу декъана турпалчу обаргаллин майрачу гIуллакхашка тахана мел лорий ладугIу кегийчара, баккхийчара а, стечара а, боьршачара а. Я мискъала-зарратал эрний, хазахетий а дац иза. Царна хаа лаьа шайн истори а, дуьненан ирс вайн дайша муха къийсина а, цуьнан орамийн юьхьигаш мичара схьаюьйлаелла а…
Обарг – иза, ала ма-даггIура, уьнашарахьлерчу заманан гIаларт, ламанхочун дегайовхонан, цуьнан салаьттачу боьду некъ лехна нуьцкъала гIаларт ду.
Дагалоцур вай халкъо шен иллешкахь тахана а хесто эвтархойн Ахьмаддий, Адин Сурхой, Зайтан Шихмирзий, иштта кхибершший.
Баккхийчара масане коша даьхьна, заманийн сихалла я гIуллакхийн дукхалла, дайшкара берийн берашка дуьйлуш, историн доладовлаза нехан багахь йисина хийла башхачу адамийн цIераш, цу халкъан турпалхойн хьуьнарш, доьналлаш…
 
***
Мацах- мацах дуьйна историс вицванза, адамаша веза вуьйцуш схьакхоьхьу Бийболат билтойн Таймина вина I779-чу шарахь Селимата. Элий хила безам баханчу цхьацца вайнахий, хIуъу дина а Кавказ шен кога кIел йолла гIертачу Россин паччахьан эскарой, шайна гIоленна схьачубалийначу гIебартойн, салойн элашна нохчий дуьхьалбевлла ткъе шуьйтталгIа шо дара иза.
Доккха хIума дара Таймин йижарий баханчу – Майратуьпарчуй, Чечанарчуй – шина невцо, вовшашца дагахь йохье а вуьйлуш, цу стунвешина воьалгIа кIант вар даздар: берриг детица кхелина дин, охьатесча, ирахь лаьтта вертий, тикманаш яьхна исхаран башлакх – кхо совгIат диллина, вархI гонна говраш хахкийтира. Махке аьлла, нах шуьна ховшош, вархI де-буьйса лаьцна, дуу-молучух дуьйлина, той латтийра. Цигахь «пIелг бетташ» хаьржира кIантана Бийболат цIе. Меламмо Деле хан яхъяр дийхира, тIемаший, мацаллой, уьйной деба ца буьтучу вайнахана тIекхетта и жима, адамо хержа ца кIордош цIе тиллина нохчо – цуьнан-м чот йина а вер вацара.
Ма бакъ ца хетадарий хIетахь дений, нанний, и шийлачу маьхьарца дуьнентIа яьлла, шайн цIийн син-цуьрг, цхьана хенахь, таьIано дегI зоьртал, белшашкахь шуьйра къонаха а хилла, Iаьржа мекхаш хьийзош оьрсийн воккхачу поэтца Александр Сергеевич Пушкинца, туркойн махкахь цхьана доккхачу шуьнехь Iийр ву шайга, аьлча. Цу шайн воьалгIачу кIантах Пушкина сийлахь Бийболат, Кавказ къекъориг эр ду, аьлча. Амма, адаман, мехкан гIуллакхана и, юьйлина топ санна, кийча дIахIоттар-м шайн доггах хетар дара, нанас цкъацкъа качвахь а, халкъана орцахваккха санна, кIант лерина кхиоволчу цу шинна. Цу тIехь Таймас, Селиматий, лелийнарш, дайнарг цунах тешош, доккха къахьега дезар дацара.
Уьш гархьама, кIеззиг юхадевр ду вай: боккхачу тешнабехкаца шайн латта тIе хевшина лулахойн элий «Кхайкхаза деанарг доттаза дахана», деш лаьхкина махках а баьхна, паргIатбевлира нохчий I757-чу шарахь. Амма, паччахьан лаамой, цхьаболчу вайнехан ямартчу тароной хьовзийна царна нуьцкъала юхакочабоьхкичхьана мел ихнера хаац хи охьа. Бакъду, лахахь хIинца хьалхачул гIоьртина делахь а, йочана хилча деста хиш, гаттехь даргIадаьлла ломара шерачу ара титталу адам вовшахдетталора, дагахь а, багахь а бартана тIеттIа чIагIдала гIертара.
– … Цундела, боху ас, мехкан воцу хьаша, тхан дайша лаа ца диллина борз, элий цхьана новкъа, – элира, «Iайла дайна, вежарий, Са а, пха а хаьдда, сарралц даьцча. Сахуьлунга довллал хIума ца кхочуьйту…» – МартантIехь далхочу гIебарточуьнга лерина ладоьгIучу къеначу нохчочо. – Шун цигахьа а, оцу ДегIастанахьа а, бевллачохь зебелла куц ду тхан нахана и элий, кху хьаннашкахь, Iаннашкахь шайна зенаш ден акхарой санна. ХIаа-те, шайн барт тайннарг де аша, Керам. СхьагIортар шун сацахь, вайн дерг, ницкъ кхочург вайн карахь, юкъахь ду. Массарна а оьшург цхьаьна атта лахало. Хьуна ма-гарра, эхIъаьлла дика белхаш бац. Бакъду, хIара тхешан комаьрша къоьллий, тешаме хьошаллий нийсса доькъур ду оха шуьца Iуьйрана а, суьйрана а. Хиндерг – и Дела ша воцчунна хаац. Иштта тIамна вежарий, маьхьарна йижарий бу ала, Керам, хIокху меттехь вайн гIебартошкий, балкхарошкий. Ас, къеначу къелиго, иштта боху ала, хьуо мел кхочехь ламанан вежаршка нохчийн цIарах.
Цига чохь мел волчо, ша-ша бохург санна, чIагIдинчу оцу дешан боккха кхаъ эцна цIехьа вахара, гIебартойн элех бовда дагахьчу ялхоша вайнахе хьошалла деха ваийтина ши ахархо. Амма, вочу маттах ларде и къокъийн боьрша дош, къайллах нехан ирсан орамана тебачу Соламгирин некъийн лерах кхетийнера цхьана хан яцъяларо.
Цу некъойх тIаьхьо лам чуьра охьаваьлла Хьатуй, Сатуй схьадаьллачу вон-диканехь виллина мехкан баьрче теIаш, дешан хьалхе лоьцуш, шаьш ца вевзехь, цхьаммо вукхунна цIе етташ, вовшашка маслаIате, кхеташоне кхойкхуьйтуш, бохь-муцIара чола куйнаш айина, IиндагIехь тур текхийлина араваьлла хеталора хьаьжаэвлахошна. Дехьий, сехьий хьошалгIа хIиттарш, цигара схьахьехарш лелийна, Хьатун йоI гIумкийн элан Чапалан некъашка а елла, Сатун воIана гIебартойн элашца заахало хьахадолийна теба, цунна маша бузийла леха ваьлла вара хIара йишин, вешин ши шича.
Оцу машин уггар стомма га – Керам МартантIе веана вахарх дан юкъйихкинера, шайн ма-торру махках ларлуш ГIебарта вуьссуш, цхьацца юкъараллашна таркхойх хоьхкуш хьийзачу Хьатус, Сатус.
Цу маргIалх, стамлуш, га хилла догIура. ЧеркасскигIара тIаьхь-тIаьхьа чIогIа ларбора шайн ялхой – сарахь а, Iура а шедаца багарбора уьш, шедаца, хьайбанаш санна. Амма, цхьацца юьстахбийларш, балхара тIаьхьабисарш кхача а, совца а ца лора церан. Иштачех цхьанахь-шиннахьа, адам кхерадалийта, лед-ледарчех вуьйш, меттиг ялийннашехь, цхьацца ялхой, дийнна доьзалшший бараш а, царех схьалецнарш крепостникаша вовшашна юхаберзораш а лелхара юкъ-кара.
Оцарех, цхьаъ иккхина, салоцекхеттарг леш, лазийнарг вуьсуш, ваханарг волуш, ялхоша йохийначу гуьйренан серса буьйса кхоалгIачу декъе йоьрзучу хена, шен захал гIумкийн эла-Айдемир хьалха а ваьккхина, мацах Керам Нохчмахка варах айкхалла дарна шена кхара беллачу борачу динахь веана ЧеркасскигIаьрга хьошалгIа воьссира Хьату.
Шайн даккхий маршалла-доьналлаш чекхдевллачул тIаьхьа, ялхошна дарвеллачу феодала Бековича шен ерриг тховсалера оьгIазалла охьаIеттийра нохчашна, къаьсттина Хьатуний, Сатуний багахь чу а гIерташ.
– Ахь дукха бехк ма биллалахь, мехкан воцу эла-Айдемир, – чуьравуьйлура Черкасский. – Ас мерах цIий далла хала садетта, вайна ма-хаъара сайн суь ала меттигаш йоллушехь. Суна лаахь, нохчех IалдаьIахк юьсур яц. Яц-те, вай хIоккхуза Iар санна, цIена бакъ долуш. Ма далийта хIара цига, вай цхьа бусалбанаш ду. Кху шинге – Хьатугий, Сатугий боху ас: совцабе, ма байта соьга, кхана Iуьйрре, шайна бацо оьшу болу нохчий хIаллак. Тхуна шера хаьа, аша дагабоьхна ца хьоьху хIорш цига дIа. Ца хьоьху. Оха хIара гIазакхий шайна тIе ма хийццинехь, цаьрга уьш хIаллакбайта дохку шу, шайчарна хьалхара. Ткъа тхан и хилийта амал дац…
– Ма дийцахьа, Девлатгира… – доккха садоккхуш, Айдемире а хьажалуш, коьртара бохь-муцIара чола куй шайна кIелхьарчу гIажарийн куза тIе тесира, зуда еха веанчу шаьшшинга дечу къамело хьацар тухуш кхохкийнчу Хьатус. – Тхо дIакхаччалц бен хан яц-кх цу ахь далхочун, эла.
– И-м кху шимма бехира, хIинцачул хьалха… – вай-йн велаозийра Девлатгира. – Ванах, шун лай бевллий, господин Айдемир, иштта очча? Мичара, хIун ун ду-техьа цаьрга деанарг? Хьажахьа, луллахь Iачу хIирийн алдаршна га а дохуш, нохчашна тIе уьду-кх, – куьйгаш дIасатосу. – Моьттур дац, шаьш а мацалла бала бохкучу цара дамий, думий кхарна оьхьу! Собарде ахь… Хи дал цигара, – Iачохь то а велла, кIедачу томкин цигаьрка хьарчо велира, эткаш цIийзачу жимачу стага еана хин куршка, ясса а йина юхаелла эла. Хьешо Айдемирачул тIаьхьа латийнчу цигаьрканан боккха кIур баьккхира цо:
– Цигара схьа мел оьху моьттахьа, шаьш нохчий хилар лечкъош! Белхан куьйгаш-м мел хили а сов дац. Амма лела хIун до?! ДIасаидарх карор а, я лаца а лур дуй Ницкъкхочучо хьуна ца догIийнарг? Цунах теша веза ша Дала кхоьллинарг.
Бековичан хаттаре шега хьажар тодеш, стомма балда даьккхинчу Чапалан хьалтIамех терачу шина чIишталга юккъехь яккхийчу цергийн тIехулара могIа хаъал белаойзийра соз-томкин куьран мархин чIагаршлахь.
– ХIети, – даздеш, элира гIумкийн эло.
– Хийца да дуьнен чохь воцчу АллахIан кхоьлах уьдург эхартан декъах валарна кхерамехь хилар чIагIдо Делан къайленех дагабуьйлучу динан дайша, Девлатгира. Бакъдолуш, ахь дукха хаза далий, цахиндолчунна тIаьхьа хоьхкуш, шайн гIорсизалла Iесайохучу адамех дерг…
Нукера, белшах гата а тесна, жима йоьза тас, цIеста гIумгIий хьовзийра чуьрачарна юкъа, цаьрга куьйгех хи кхоьрзуьйтуш. ТIаккха, маьнги тIе яржийнчу йоккхачу шаршу тIе юург хIотто йолийра цо, неIарге кхоьхьучу гIарбашера схьа а оьцуш.
Шуьнахь дара, гIебартоша паста олу, шийла хедийна, Iаьвнан худар а, хьокхамаш а, гедлибже цара олу тIайлахь кхаьрзина котам а, нихий, кхин цхьацца маларш-даарш а.
ХIусамден пурбанца, хьаша-эло, бисмилла а даьккхина, хьайн хьашт мел ду тамехь долийра шун.
– Даха, даха! – Эльмурзовичана чIогIа тайра хьешан оьзда шуьне кховдар.
Шеен Iалашоне боьдучу новкъахь шадолчунна хьаставаларе, дерриг хасторе хила кийчачу Хьатус, гIебартойн эло аьллачух ша кхетча, лоьман лан даьккхинарг веш, вазвира шеца веанарг:
– Беркатан бахьана, оьздангаллин дай бу Кавказехь гIумкийн кIентий, хьан возалла Черкасский! Дагна мел чам товш ю кхуьнан мерзачу меттан Iаь!
– ХIаа, нохчо, хIаа-те. Турпал-Iелас, ялсамане ийзош, лергаш дахдина вир санна, ламанхой бусалба дине балор Дала зен ма дойийла кхеран! – хьешашка нихана кедаш хьалаэца, самукъе бIаьца йира, шениг айинчу Давлатгирас. – Дала лардойла вай шен доглаьттачух хьегарх!
Дассаделира, вовшехкхеташ, чоь екийна кедаш.
Юучо совцийна шуьнера хабарш, дуьйлалуш, маларо хуьйцуш, заманийн бердаш кхоьхьуш, адамийн хIуманаш, къаьмнийн гIиллакхаш дустуш, дуьненан рицкъашка дуьйлуш, кхозлагIчу «котаме» девллера. ТIедузуш лаьттачу шуьнехь Iачийн гIеххьа кепаш хIиттинера, цара мел вовшех ларъяхь а. ЧагIар юкъадала доьлчахьана. Хьацца кога тIе а вазлуш, церан гIуллакхашна ваьлла лаьттачу нукеран хьал кхаьргарачунна гена дара. ХьегIа наб йицйинера, сатасале дуьйна эткаш чохь бохкуш, мегарг тIехь ца латталуш бистинчу когаша. Царех цхьаццанна тIе вазлуш, мосазза дIасатаьIи хIара хIокху хьаьхначу тховса.
Дазлуш, дайлуш – дIасатеIаш схьаоьхучу дуьненан хабарша башха ца хьестахь а, хила мегаш хеталучу захалоно лартIара мел дийраш новкъадерзориг хиларан дегайовхоно аьхна кIамве Хьату юкъ-кара велаозавора, Iойлехь толуш. Шаьш деана коьртаниг Айдемира юкъадаьккхича, важадерш дийшаре са чIогIа туьйсу Хьату, хIинца гуттар кест-кеста хьоьжура шеца веанчун бIаьра. Амма хоттуш да ца хилча, доладойла юй иза ламанхойн гIиллакха-Iедалехь! Ткъа цу шен декхарна хIусамда юьстах, тховса эвхьазадаьллачу маларо воху я шайн хIун куралло, баьхкинчаьрга и хатта даго ца вуьтура. Шеначулла дегалачу гIумкийн элана цунах мел ницкъ хилахь а.
– Ши-кхо буьйса йолуш араваьлла Кераман жимахволу кIант вайна. Вахана а, вайна а меттиг йоцуш, тIепаза. Ткъа тховса, шу схьакхаччале, евлла гIовгIанаш дIатийча, цуьнан воккхахволу кIант каравац. КIира а дац, церан да Керам чурт доллучу хотешлахь аьрташха вийна веана… ХIорш даккхий хIуманаш ду. Цхьацца меттигашка салт хIоттабайтина оха, – дера луьйчу Эльмарзовичан еха юьхь разъюьйлура. – Ахь боху белхалой бара и къоьнгий. Да-м къанвелла а вогIура церан. Уггар тешаме, хьуна муьтIахь вер-верг къаставо, Делан мостагIаша. Хьан воцуш цатер-терг хоржуш…
– Хьай гаурш яI, гаурш! ЦIога-м кестта, цигахьа нисвеллачо, теIор ду хьуна церан. IадIе хьо, Девлатгира. Вай дукъ дулур ду хьуна церан хецабала гIертаран, – дозалле корта тахкош, жижиг кхаьллина, хьена пIелгаш цIубдира, эла хилар марзделла, зIенаш туьйсучу Хьатус.
– Бакъ боху, нохчо, бакъ боху, – Айдемира. – Цундела, Девлатгира, катоьххана хIара шиъ чIагIвалар цхьалхадаккха деза. ТIаккха буржал кхетар ду адамийн дIасаидарний, вовшашна тIе лестаршний. Массанхьахь цхьаъ хIоьттича, шайн цIоган тIехь совцур бу. ТIехь да воцуш, нохчийн хецабелла леларо марсабоху. Уьш кхара буйна боьхкича, – Хьатуна тIе корта тесира салойн эло, – дIатуьйр бу. Хи чу гIаж тоьхча, пхьидаш санна.
– ХIети. Ас бохург и ду-кх, сих мел дин а вайгахьаниг, – рогI-рогIана элашка хьаьжира, дуткъийчу балдех  мотт хьаькхна, Хьату. – И ма ду, Iехош а, тилош а, цхьаболу нохчий вайн чоьн тIе нисбеш, тхойшиннан схьавар. Соьлжа тIе хIуьттуш шу а дохку Черкасски…
– Э-э, – хьовзорах шен Iаь таръеш, цуьнан хабар хадийра, цхьана самукъечу дагахь пIелг лацаре хуьлуш, Эльмирзовича, – Хьату, веза ма вел, веза. Соьлжан йист Делан ю. Оьрсийн бояраша-м захалонна мега ма-ярра шайн лаьттан дийнна коржам хадайо, ялхойх юззий.
– Оха хIун дина ткъа, оха, Девлатгира!? – хIусамден дешан маьIнех кхетачул сихвелира Хьату, ша цхьана адамашца вуьстинчу цуьнан забар хьаста. – Оха а, дера, хадийна! Хьажал, Хулхулу чу кхачча бохку АйдемирагIеран когаш-м. Тоьар дац, ой!..
– И-м аша, шайн чIогIалла, нуц бухваккха леладой хаац! Тамана шаьш хIун лур ю, дийцахьа, захал. Бакъ ца луьй со, ва салойн эла… – Айдемиран белшаш тIехула пхьарс бахийтина, воьлуш, цуьнца техкира Черкасский.
Невцал еза а ю, хьоме лелайо, бохура Хьатус, нохчаша нус. Цу тIера дуьйладелла, забаршла а хьекхош, даккхий къамелаш даьхкира кхеран. Россица шайн цIийнан дош-дезар лела Элмарзин воIа дозалле хьалха а дохуш. Къилбаседа Кавказехь дукха ду, бохура Девлитгирас къаьмнаш, амма империн, шайца санна, тешаме къамел, гIуллакхаш ца догIу. Иза хазахетий, тера-мерчу балханий доцийла хаа а, лара а деза ламанхоша. Ткъа хIара ши ваша – Хьатуй, Сатуй – Iедалан а, шайн олаллин а гIоьнца нохчашна тIе ховшаран йоккхачу Iалашонна шаьш лаьттах хоттавар цхьана цаторенна сецадора хIусамдас юкъа ца доккхуш.
– Шу диссинчу баьрче мичча хена а, мил-милла а ца кхочу, – дирзира цуьнан дахделла къамел.
Черкасскис, бисмаллин меттана бохург санна, шен дерригенна юьххье хIитточу оцу дешнашна нохчийн хала садетта, карийна кIеза санна, царна хьесталучу Хьатун кийрарчу дилхан даго. Махьаро цабелла ницкъ бара, куц хьарамчу, шен чорхах кхаьрдачу цунна цо бийриг.
Хьай, йовра дуьненан даьхни яI! Ма бIаьрг горгбоне, корта хьовзоне, стогаллех воккхуне ахь хьайх Iехавелларг. Маццах цуьнах шадерг хийцинчу  Айдемирна хоийла яц, шеца веанчуьнгахь дерг.
Амма Хьатуна чохь доллург доккха хIума ду. Мокхазан бердех дера леташ, лаьмнийн Iаьннашкахь бурошца угIуш, Гуьржера догIучу Органан кIуркIаманеш хьийза кхуьнан кийрахь. Хьолей, паргIатоней – ши саьхьаралла кхехка, къийсало цхьана дегIехь. Ала деза, хьекъалан хьоста хIинцале Хулхулу тIехь хьийзачу хьераший, гIеххьачу реманой сонтабаьккхина Хьатун, башха кхетамана «дIора» боцу корта, вайна ма-хаьъара, нехан паргIатонна, кисанахь буй къуьйлуш, таронна белайзабо. Ткъа беган кхардарш, цIазамах цIелла санна, тIехулара элалла чухуларчу пхенех доьлча, курадовла хьелург хир дац. И хилийта юкъйихкинчу нохчех ву Хьату. Кхуьнан гIуллакх дац, ламанан чIажжашкахь Орга санна, балин багахь нехан беттабаларан неIйоцчу, чохь чим тIехь ца соцучу товханарчу цIеран къуьдане маца тахане ялхош, кхане набарза йохучу нанойн, берийн, берзан буьйса, цергаца балда а Iуьйдуш, наха арахула хала ларъяран…
Ой, хIунда, нохчо вац иза?! Дера, ву! Йолчунна корта а тоьхна, хьаста ца вала, ерг лулахочуьнца а екъна, вукхуьнца кхане къовса Iемина, ницкъана яхь ца луш, велла дIавала кийча селханлера нохчо-м. Хаац. ХIара Хьатуй, Сатуй зударий балориг хила воллалц, гужам хуьлуш яьхначу кхеран дененан туьйранаш берахь тесначу зирхах нIаьна бина хир бу-кх кху шина шичина. Мацах къевсинчохь цхьа хьуьнар-м тоьллачу Солотгирин кIанте еллера таркхойн шовхалгIара и шайн йоI-йиша. Дехойн декъаша тIехула ваьлла а, цу дедайн ненахойн тарбалар юьхьаралаьцна кху Солотгирин некъаша.
– Вайн захалонан терзанан шун кад гIарчIъаьлла охьабуьжур бу-кх, Девлатгира, хIун дан воллу хьо!
Эццахь схьаэца безам хилла Хьату охьахьажаваларх деса дуйла хиъна нукера сиха дуьзира кедаш.
– Делахь, хIара эла теш волуш, – Айдемирах чIоггIа кад дIатуьйхира Черкасскис, – вайн захалу хилла ду-кх. Дала декъалйойла сан Гулэза.
– Амин!..
– Амин!..
Гулэза. Диъ шо кхаьчна, сурт санна, хаза хIара, ун деъча, миска дай-наний делла, байлахь йисира. ТIаккха йоI йоцчу Девлатгирин зудчо шена ялаяррах, хIинца уьш хьанна дисахь а, цунна сахь-закат деллачарний бен и муха дара ца хууш, кхеран ю иза. Я цуьрриг кху цIийнан дуьхехь хеталац. Амма шен цIийх даьлла са Гулэз хиллехь, эло цу захалонна и лур дара ала гIоьртина-м хетало, церан схьадаьхкинчу гIиллакхашка ладоьгIча. Кхиерш кхузахь леларан некъаш миччара дийлахь а.
ХIинца хьешийн хабар а, аьзнаш а, мукъамаш а туобелира. Къаьсттана Хьатун. ХIара сиха вара и элан дош нохчийн чухула даржо…
– Оцу ахь, Девлатгира, сиха стаг ву бохуш, вийцинчу къонахчун чIирхой карийна тхуна, кесталгIа, – волавелира Хьату, бошхепахь чайнан стака а хьийзош. – Цара вайна новкъара дIавоккхур ву иза. Ахь цхьа аьтто баккхийтинчухула.
– О-о, дIавала! Хьан чIирхой тIаьхьабисина. Цу нохчочун са гIазакхаша дIадахийтина хитIахь.
– Ой, муха, хIунда? И ма тамашийна ду!
– Бераш хилла Баксана йистехь чIерашна мIерий, дуой боьгIуш. Говраш лийчо хитIа баьхкинчу салташа-дошлоша чIерий дехна. Цара шайна ца делча, вукхара, бераш делха а деш, уьш дIадаьхьна куц ду цаьргара. Цига нисвелла нохчо берашкахьа гIо даккха воьлла хила веза. И вийна-кх салташа.
ЦIеххьана и ца дезаделла Хьату, оцу сохьта бос байна, верриг макхвелира. Юха, шек а воцуш, ладоьгIу Айдемир вайча, доккха са а даьккхина, меттавеара. «Ницкъаш-м хуьлу-кхи…» – ала дагахь хиллера Хьату. Амма элалла дезар тIеделира. Цо шенчулла эшийра нохчолла. «Шиъ цхьаьна лелалур аьлча а, тарлур дац», – боху Хьатун даго.
– ТIаккха? – чайнан къурд бира цо.
– Хаац суна-м, тIаккха. ЧIир лаха богIучарна некъ чохь буьсуш, и хьаштдоцу нохчо Далла дуьхьал вахана. Ткъа цуьнан пхийттараваьлла харцахьара кIант, цхьана адамех кхетта, Россехула дIавахана, бохуш, дуьйцу. Зудчан бахьана, коьртахъяьлла эмалк санна, эццашха лелаш ю. – Iожах ша цергтухучу юкъана Айдемир леере веъча, дерзийра Девлатгирас: – Нукер, луьйтанан кедаш дуза ахь тхан!..
Жимхас кедаш дуьзира. Элашлахь дош леле ша кхачаза вуйла дIавах-ваханчохь хаалу, амма цу зил-коьртах тIеттIа гIуллакхаша хьегаве Хьату таьIна тийна вегIара шен меттехь.
– Имий-беркаттий, хьешан ларрий ма оьшийла кху декъана! – кад айира бос ловзучу гIумкийн эло…
– Нускал дIа маца дуьгу оха, эла Девлатгира? – хаттар багахь ирахIоьттира, барт цхьаъ, тIаьхье беркатей шайн захалонан яр Деле доьхуш, боккхачу юьхькIоман да цуо шаьшшиннех варна, Черкасскина догах баркалла кхайкхош, хIумсаман Iодикаян ваьлла Хьату.
– ХIара, Хьату, – уьйтIахь, хьеший говраш тIе хевшинчул тIаьхьа дагадеара хIусамдена. – Хьажал, хоттур бохуш Iашшехь, цхьана мIаргона дицлора-кх суна иза юха а.
– ХIун дара иза, господин ротмистр? – цIа сихъелла говр юха а узуш, цу тIера охьа хаьттира Хьатус Девлатгирига.
– Вайн юьххьехь цкъа хьахавелира. Кхин мата тIе и ца нислуш гIевтти. Мичара, хIун стаг ву и Тайма? Алдара Ушармий, эвтархойн Ахьмад, баьчча Балуй, Адин Сурхой, цхьа жерочун кIант – и къонахий-м буьйцу хезна бара. ХIара Тайма мичара вели? ХIун леладо… И кхузара бевдда Кериман бисина доьзалш, шун-цигахь цо тIелаьцна, бохург хьахало.
– ХIаа, Девлатгира. И ахь дагардинарш бакъ ду, – элира нукера дин сецочу Хьатус.
– Шен а, нехан а таронан хама боцуш, адамах йина, цхьацца новкъарлонаш, шеен тарйолуьйтур ю аьлла хеталахь, вайна ца кхоо тамехь ву Тайма. Цул сехьа, вайгахьа тхайга ца ваккхалахь, кхин дан хьовсур ду тхо, са ма гатде…
– Мича хенара стаг ву иза?
– Нохчашна шаьш тоьлаш бирзи моттаделлачу тIамо вийначу ден чIир кхаьбна яьллиннашехь, зудчо хIу дебийна, тIахъаьлла къонаха ву.
Цхьа хаъал бIокъажоре теIара Хьатун леер.
– И-м, мухха велахь а, ас сацор ву, шу ца ларадахь… – эло кхидIа бохург дика ца къаьстира, дой доладаларан гIовгIанехь.
Анахь синбилгало тесний, тасазий хеталора гIебартойн Теркайистана, Нохчмахкарчу хьешийн дойша цIехьа чабол югIучу хенахь.
 
***
Хьаьжин-Эвларчу Соломгирин некъийн, къайлах-къулах лелла чукарешка йирзина луларчу элашцара тIекареш, дIай-схьай захалонаш тасаделла, гуттар чIагIлуш, мIаькьевлира.
КетIа-м, хала а, атта а кхечира ша, хIинца ахь чуяийтахьара нIаьне баьхна котам санна, эхь-бехк дайина, сетташ, схьатеIа гIебартойн, гIумкийн элий, шайх уьду адамаш тIелоьцучу вайнехан баьрче кхачча бохкура, шина а юьххьехула. Шеен ялхой балош веана Черкасски Элмарзин Девлатгира Гермчигий, Шелий дIа а лаьцна, охьахууш вара. Йоккха АтагIий, Мелчу-ХитIей, Жимий, Йоккхий ши Чечаней, Топли-Гечой – уьш Эндерерий, Ташкичерий, ЖIайрий баьхкинчаьргахь яра.
Оцу элаша бацочарна а, бевдда нохчашна хьошалгIа лилхина, кхузахь бехачарна а дика гора, шайн дайн цIий хуьйдина латтий, паргIатой вайнаха мел бертахь къуьйсу. Уьш хьоьгура нохчашна юккъерчу цхьабоссалех. Церан дахаран хьаьркашца кхолура шайн оьзда гIиллакхаш. Элаша бацош, бухкуш, дуьненан мерзачу декъах къаьхьа хьего и мисканаш тамаша бина ца бовлура таронаш цакъесточу вайнехан ловзар, пхьоьха а, шун, тезет а цига мел вогIучун юкъахь хиларх. Шайн декъерчаьргий бен салам дала йиш йоцуш, юьстах сеца, дуьхехь латта Iемина уьш цецбуьйлура хенан, кхетаман хастам чIогIачу нохчаша шайца ларъечу нийсонах.
Лай, элий воцу вайнах бовзар шайн кIарг мел дели дарлора, шаьш-шайна оьгIазъоьхура и тIеихна адамаш, оццул цIенчу нийсонан нехан лула а хевшина шаьш дайнчунна, хама бина ца бовлура церан догдикаллин, къинхетамаллин, шайгарчу церан марзонан…
Цу дерригено тIаьхь-тIаьхьа ирабоьгIура, майрабохура бевдда баьхкинарш хьовха, элаша шайца цIера кхуза балийна лай а. Лаьттана шорвалар совнаха, шен бевдда ялхой юхаберзор а дагахь кхаьбначу Девлатгирин мелхуо шена хеттачу тIера а дика хIуманаш яйа дезийтира, маьI-маьIIехь лелха девллачу ялхойн цхьацца резабацарша. ХIинццалц, чуьйраш текхахь а, шайна бан беза моьттинчу балхана хамталлаш ян буьйлура уьш. «Вай хIун оьшу, хала а, атта а шайна бехачу нохчел?..» – цара цхьаццанхьа аьлла, бохург даьллера.
Мел лехарх, хи чу яханчул башха, цуьнан юьхьиг ца кароро дегнаш шелде элий, шайн бевддачу ялхойх юхавеанарг бежанах хуттуш, вахарна толор ву шаьш бохург даржош леллашехь, адамаш кIамдан доьлларг тола гIертара.
Замано садаIий-долий ца битахь а, схьахетадаларехь, вайнахана юкъара демократии юьйцу а, цуьнга кховда Iалашо оьцу а куц дара кавказерчу лоллехь бохкучу ахархоша. Церан чIогIа дагах кхеттера, бIаьрг буьзнера, мокхазан бердаш даош, чопаш туьйсу Орга санна, цIийша а буьзна, заманан халонех, харцонех вайнехан летаро.
Оцу къонахийн доьналло, гIо эшначохь шаьш цхьан дуьтур дацарх тешна хеталора элан Девлатгирин Шеларий, Гермчигарий ялхой. Кхийолчу шайн хамталлашний, резабацаршний юккъехула, цара дарехь элан карарабийларш а, цунна гIеххьа дуьхьалбийларш а лелхуьйтура юкъ-кара. Ткъа царех схьанехьавала доьнала шегахь карийнарг нохчаша, шаьш тIера элашна маьрша-маха лучу лаьттан дакъойх цIахь а, арахь а, пIенда боккхуш санна, хала коржамаш хедош, шайлахь дIатарвора.
Нохчмахкана нуьцкъала тIехIиттинчу оцу нехан феодалаша юьхьанца нохчашкара кIен мазала доккхура, йолана. Цу тIехь вайнах шайна гIоленна – вежарий а, дай а, къоьнгий а – шаьш ма-тарллу цхьана кех чу гIертара. Цунах кхиъначу элаша ясакхан барам а, хорма а шайггара хийцира. ТIаккха дуьйна хIора кIуьран кIен мазали тIе уьстагIа тоха дийзира, и бацахь – мангал балла эчиг.
Дер-дерзор, делахь, деттар доцург дан а, дита а хIуммаъ доцчу, саюьйлуш лаьтта ясакх лан гIор доцчу нохчаша, даа-духа дацарний, лаьттан къоьллиний, хьаннашлахь а, коьллаш юккъехь а нуьцкъаш ирзош даха долийнера къайллах.
 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика