Иэшам

PDFПечатьE-mail

Гацаев СаьIид

Боккха иэшам хилла нохчийн литературина а, къоман культурина а – шен 75 шо кхочуш бакъдуьнена вирзина поэт, драматург Гацаев СаьIид.ХIХ-чу бIешеран 60-чу шерийн юьххьехь нохчийн литературе баьхкинчу яздархойх вара Гацаев Саь1ид. Иза вина Веданан районан Дишни-Веданахь I938-чу шеран декабрь беттан 2-чу дийнахь ахархочун доьзалехь. 6 шо кхачаза волу жима СаьIид дерриге а нохчийн халкъаца цхьаьна Юккъерчу Азе кхалхаво. Генарчу махкахь, Казахстанехь, дIадахна цуьнан бераллин а, кхиаран а шераш.

Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа, 1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн-филологин факультетехь оцу шарахь дуьххьара схьайиллинчу къоман отделене деша воьду. 1969–1973-чуй шерашкахь Москвахь М.Горькийн цIарахчу дуьненан литературин институтан аспирантурехь доьшу СаьIида. Белхаш бина Веданан районерчу школашкахь, «Колхозан дахар» районан газетехь, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь, кхечу меттигашкахь а.Поэтан дуьххьарлера стихаш зорбане евлла 50-гIа шераш чекхдовлуш. ХIетахь дуьйна цуьнан говзарш зорбане йийлина меттигерачу зорбанехь, юкъарчу гуларшкахь.

Нохч-ГIалгIайн киншкийн издательствос арахийцира Гацаев СаьIидан поэзин гуларш: «Iуьйре», (1969), «БIаьстенан гIара» (1973), «Хазахетар» (1981), «Суьйренан Iеха» (1989), «Мекара цициг» (1991). 2003-чу шарахь зорбане яьллачу «Нохчийн поэзин антологина» а, 2011-чу шарахь Нохчийн меттан денна лерина Нохчийн Республикин яздархойн Союзо арахецначу «Нохчийн поэзи» гуларна а юкъаяхна поэтан цхьайолу стихаш.Таханлера нохчийн поэзи билггал а къиэн хеталур яра шен халкъе, Даймахке, дахаре безамах юьзна йолу Гацаев Саь1идан поэзи яцахьара. Поэтан къаьсттина кхиам лара догIу Нохчийчоьнан исбаьхьчу Iаламах йолу стихаш. Цаьргахь хаало Даймахке болчу безаман йовхо, исбаьхьаллин сурт хIотторан говзалла, Iаламца хуьлуш йолу нийсо, цо хьоьхуш йолу догдикалла авторна езар.Гацаев Саь1идан вевзара похIме драматург санна а. Хьовсархоша езаш тIеэцнера цуьнан пьесаш тIехь Х.Нурадиловн цIарахчу театро хIиттийна «Пелхьонаш», «Бале ваьлла нуц» спектаклаш.Дуьненан хьал-бахам ца лоьхуш, нохчийн исбаьхьаллин дош кхиор шен дахаран коьрта гIуллакх лоруш, цунна хьанал вецаш, Дала шена дуьненахь яккха елла хан текхна, бакъдуьнена вирзи СаьIид. ПохIме поэт, нохчийн хIума деза хеташ, яхь-юьхь йолуш оьзда къонах санна, тхан дегнашкахь вуьсур ву иза даима а, нохчийн литературехь даха дуьсур ду цуьнан исбаьхьаллин дош.Дала гечдойла СаьIидана, Дала ийман долу собар лойла цуьнан доьзална, гергарчарна, халахетаран дакъа мел долчунна!

Нохчийн Республикин яздархойн Союз

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика