Делера салам-маршалла хуьлда цунна Мухьаммад-Пайхамар дуьнен чу ваьлла денна лерина!

PDFПечатьE-mail

ЭЛЧАНАН ХАЗА ГIИЛЛАКХАШ

Шех тера кхин цхьа а хир воцуш, комаьрша хилла Делан Элча: шега дехначу хIуманна цкъа а хIан-хIа аьлла дац цо. Массо а нахал комаьрша хилла иза, къаьсттина чIогIа Рамазан баттахь а волуш.

Цхьана стага шега дехча, шина лома юккъера жа дIаделла цо. ТIаккха оцу стага, шен махка дIа а вахана, аьлла: «ХIай нах, имадиллийша, боккъал, Мухьаммад, къоьллех ца кхоьруш, совгIат луш ма ву».

Масийттанна цхьацца бIе эмкал елла хилла цо.

Цхьана дийнахь иза волчу деана дезткъе итт эзар дирхIам (дато ахча). Черта тIе охьадиллина, иза декъа хIоьттина Элча (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ахча кхачадаллалц доьхушверг цхьа а юха ца тоьхна цо.

Цхьана дийнахь Бахрейн бохучу махкара ахча деана Элчанна. Цо аьлла: «Охьадилла». Мухьаммад волчу деанчух уггар дукха ахча а хилла иза. АллахIан Элча, оцу ахчане дIа а ца хьожуш, маьждиге дIавахана. ТIаккха, ламаз дина ша ваьлча, схьа а веана, улло охьа а хиъна, шена схьа мел гиначунна дIадоькъуш хилла. Хьала а ца гIаьттина (Делера къинхетам а, маршо а хиларг), хьашто мел йолчунна иза дерриге а декъна валлалц.

 

ХЬЕКЪАЛЕ ЭЛЧА

Элчанан (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцарийн, цо лелийначу гIуллакхийн, цуьнгахь хиллачу Iилманан ойла йича, яздан а, деша а хууш воццушехь, жайнаш дешна а воццушехь, хьуьжарехь Іамийна а воццушехь – шеко юссур яц иза массарал кхетам болуш ву аьлча, массарал хьекъал долуш ву аьлча. Тамаш а бац. Шен уммат нийсачу новкъа ма даьккхина цо, оцу умматах болу нах ша дукхавезаш, шех баккхийбеш, шех Делан дуьхьа шайн синош а, догIмаш а дIалур долчу хьолехь кхиъна уьш дIахIитталц.

 

ЭЛЧА ДУКХАВЕЗАР

Ухьудан гIазотехь ансарех йолчу цхьана зудчун да а, ваша а, цIийнда а вийна хилла. Шега иштта хабар кхаьчча, аьлла цо: «Делан Элчано хIун дина техьа?». Цара аьлла: «Далла хастам бу, хьуна дукхавезаш ма-хиллара (могуш-маьрша) ву-кха иза». Цо аьлла: «Схьагайтийша суна иза, цуьнга хьожур яра-кх со». ТIаккха шена иза (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гича, цо аьлла: «Берриге бала хьо гинчул тIаьхьа жимбели-кх суна, хIай Делан Элча».

 

ЦУЬНАН ТIЕКАРЕНАШ, ГIИЛЛАКХ

Делера салават а, салам а хиларг массо а нахал догдика хилла, массарал бакълуьйш а хилла, массарал дика тIекаре йолуш а хилла. Нах дукхабезаш хилла − уьш шех дIакъахкош ца хилла. ХIора къомах лоруш волчу стеган сийдеш хилла цо. Цунах шен къомах жоьпалла долу, тхьамда веш хилла (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Шен асхьабийн терго чІогІа еш хилла цо. Шеца цхьаьна мажлисехь болчарах хIораннан а лерам беш хилла цо, хIоранна а шел чIогIа лоруш цхьа а вуй-те кхуьнан аьлла хоьтуьйтуш.

Нахана къинхетаме да хилла ву иза. Цунна гергахь бакъонаш нийса йолуш хилла массо а. Нахана елаеллачу юьхьаца дуьхьалкхетар долуш хилла иза, амал кIеда йолуш, берта вогIуш, тIетовш хилла. Шога ца хилла, шена ца деза аьлла, хIуманан тидам ца беш, цуьнан лерам боцуш ца хилла. Шега кхайкхинчунна жоп луш хилла, шена делла совгIат къобалдеш а, цунна дуьхьал совгIат деш а хилла иза (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна).

Анаса аьлла: «Элчанан гIуллакхехь лаьттина со итт шарахь, цкъа а резавоцуш хІума ца аьлла цо соьга. Ас динчу хIуманна цкъа а и хIунда дина ца аьлла, ас ца деш дитинчу хIуманна цкъа а и хIунда ца дина а ца аьлла».

Шен асхьабашца забар еш хилла цо, цаьрца даггара къамелаш деш хилла. Мел генахь велахь а, цомгашчунна зиярт дан воьдуш хилла. Бехкцабиллар доьхуш волчуьнгара бехказло къобалъеш хилла иза. Шена дуьхьалкхеттачуьнга салам хьалха луш хилла цо, шен асхьабашка салам луш, куьг хьалха дIакховдош хилла. Шена тIевеанчун лерам беш хилла, шен бедар цунна дIаяржайой, ша тIехуу цIока, гIайба цуьнга лой, цунна хьошалла деш хилла. Цхьаннан а къамел хадош ца хилла цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна).

 

ЭЛЧАНАН СИЙЛАЛЛА

Делера салават а, салам а хиларг массо нахал дика нийсо еш хилла, массарал тешаме а, цIена а, бакълуьйш а хилла ша кхоьллинчу дийнахь дуьйна схьа. Оцу хIуманна тIехь къера хилла цуьнан мостагIий а. Иза Пайхамар хилале а, Амин (тешаме верг) аьлла цIе тиллина хилла цунна. Лекхаволчу Далла аьлла: «Хьо харцвеш бац уьш, шаьш зуламхой, Делан аяташ (Къуръан) харцдеш бу».

(Къуръан, 6 сурат, 33 аят)

Вуьшта аьлча, шаьш харцахьа хиларна, дегнаш чохь хьо бакъвеш болуш, меттанашца харцвеш бу уьш бохург ду иза.

Хьарисан кIанта Надрас аьлла къурайшийн нахе: «Мухьаммад ша жима волуш дуьйна а шул массарал бакълуьйш вара, шул массарал тешаме вара, цуьнан къоьжа гиччош шуна галлац. Делан омранца иза Пайхамар хилла веача, аша бозбуанча ву элира цунна. ХIан-хIа, валлахIи, бозбуанча ма вац иза».

Абу-ТIалибан кIанта Турпал-Іелас дийцина, иза (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) массарал а бакълуьйш вара бохуш. Цхьаьнггара а цо динчу хIуманна бехкбоккхуш ца хилла Делан Элчано. Ша волчу мажлисехь массарал а сийлахь хилла иза. Вист ца хуьлуш Iер дукха хилла цуьнан, гIуллакх доцуш къамел деш ца хилла цо. Цуьнан велавалар – къажар хилла, цуьнан къамел – хьукма (сацам) хилла, иза волу мажлис (кхеташо) эхь-бехк долуш, тешам болуш, беркат долуш, кIеда-мерза мажлис хилла. Лекхаволчу Дала кхиийна иза, Цо дика а кхиийна иза. Шен дашехь хаста а вина цо Мухьаммад: «Боккъал а, Хьо ма ву сийлахь доккхачу гIиллакхехь», – аьлла.

                 (Къуръан, 68 сурат, 4 аят)

 

ЦІАНО ЕЗАР

Пайхамар волчу цхьа стаг веана, хьирчина, ченах юьзна маж а, коьртара месаш а йолуш. Пайхамара омра дина цуьнга, месаш къепе ялае аьлла. Цо аьлларг дина, юхавеана и стаг. Пайхамара аьлла тIаккха: «Хазадерг хІара дац, шух цхьаъ корта (месаш) гIаьттина вогIучул, ша шайтIа долуш санна?» ТIехь боьха бедарш йолуш стаг гина Элчанна (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Цо аьлла тIаккха: «Шен бедар йитта хIума ца карош ву те хIара?». Элча (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) низам дезаш, цIано езаш хилла. Хаза куц-кеп дезаш хилла, хаза хьожа езаш хилла. Низам дацар а, хатI цахилар а, мода а, вон хьожа а ца езна цунна.

Ислам-дино вай кхойкху дегI а, дог а цIена хиларе, бедарш а, хIусамаш а, некъаш а цIена латторе. Иза дуьхьал ду боьха хиларна, гIаланашкахь а, ярташкахь а нехаш урамашка кхиссарна.

Тахана вай кхайкхош йолу цIано Ислам-дино дейтта бIе шо хьалха дуьйна схьа кхайкхош ю.

 

ЭЛЧАНАН ІАМАЛ

Элча (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) лаккхара масал хилла шен вахарехь. Шен дахаран хьаштана даггара Iамалъеш хилла цо. Шен дегIаца а, дагца а, сица а Далла тIе воьрзуш хилла иза, Цунна Iибадат дан ша дIахIоьттича, Лекхаволчу Делан дашо бохург деш: «Ахь лаха Дала хьайна деллачуьнца (хьолаца) эхартан цIа (Дела реза волчу хIуманаш тIехь харжъеш), дуьненан хьайн дакъа а диц ма де. Нахана дика а хила (сагIа даларца), Дела хьайна дика ма-хиллара».

 (Къуръан, 28 сурат, 77 аят)

Шен бусалба умматна дика хьехар дина цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен дашехь: «Хьайн дуьненан Iамал е, хьуо даим вехар волуш санна, хьайн эхартан Iамал е, хьуо кхана лийр волуш санна», – аьлла.

Исламо кхайкхам бо, дуьненна а Iамал е, эхартана а Iамал е бохуш. ХIокху буха тIехь толам баьккхина бусалбанаха, Исламан юьхь йолалуш, Iаламан баьччанаш хилира уьш ойланашкахь а, Iамалшкахь а.

 

ШЕН УММАТЕ ЭЛЧАНО ДИНА ВЕСЕТ

Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бусалбанашка дина Лекхаволчу АллахIа шега дина исс хIуманца долу весет: «Къайлах а, гучохь а догцIена хила, резаволуш а, оьгIазвахча а, нийсо еш хила, хьалдолуш велахь а, къен велахь а хIуманан сий-пусар деш хила, хьайна зулам динчунна къинтIеравала, схьалуш воцчунна а дIалуш хила, хьайца гергарло хадош волчух а дIа ма хада, гергарло леладе, хьо вист ца хуьлучу хенахь Iалам кхоьллина волчу Делан ойла еш хила, хьайн вистхилар – Дела хьехор хилийта, хьайн лелар – нахана эца масал долуш хилийта», – аьлла. ХIара дика весет Дала шен Элчане (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхочушде аьлла. Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вайга кхочушде а аьлла.

 

Муртазаев С.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика