Алиева Зарина

PDFПечатьE-mail

Зарина

Редакторан агlо

Нохчийн литературин-исбаьхьаллин альманах дуьххьара арадала доладелла нохчийн къам махкахдаьккхинчуьра цIадирзича, 1958 шарахь, «ДоттагIалла» цIе а йолуш. Цу заманахь цуьнан тираж 3000 яра. Цул тIаьхьа догIучу шерашкахь тираж хийцалуш ю, 1500-1250-не кхаччалц. 1968 шарахь тираж 3500 хьалаяьлла, 1971 шарахь 5850 экземпляр тIера 8050 тIе кхаччалц. 1980 шерашкахь 5960 экземпляр. Советан Iедал чIагIделла зама ю иза, нохчийн мотт а, нохчийн истори а Iамо, йовза луучунна дуьхьал хилла, къоман культура хьаьшна хилла йолу зама. 

Ахмадов Муса «Орга» журналан коьрта редактор волчу шерашкахь (1990-93 шераш) журналан тираж 5000 яра. «Ерриг тираж журналана йиначу подписки тIехь яра. Соьга кхин а алсамъяккхалур яра тираж «Остановись», аьлла, лакхара кехат ца деанехьара», – дийцира Мусас. Оццул хьагам болуш хилла нохчий шен матте а, шен къоман культуре а.

Оцу подписки хьокъехь хIун болх бора аша, Муса, хIинца а къахьегийтахь вайга иштта, ас шега аьлча, Мусас доцца жоп делира: «ХIетахь кхин нах бара…». 

 

 

Ши миллион гергга долчу нохчийн къоман цхьаъ бен доцчу журналан тираж 1000 ю. 2017-чу шеран декабрь баттахь журналана язвелла 300 стаг вац хIокху денна. Ойлаян дуккха а хIума ду кхузахь. Мича яхана нохчийн яхь, нохчийн сий? – боху хаттарш а кхоллало. ХIора нохчи ву ша бохуш, цIе лелочуьнгахь хIунда яц-те и яхь, вайн ворхIе дайшкахь дуьйна нохчичух нохчи вина йолу, шен къомах доглазар хIунда дац-те хаалуш?! 

Шина тIамах хьалхадаьллачу къоман иэс дан ца дайта, синъоьздангал- лин бух кхолла чIогIа оьшуш а, мехала а ду нохчийн маттахь арадолуш долу журнал, киншка, газет. 

«Нахехь ахча ма дац» – бахьана хIоттор ду цхьамма. Бакъ дац. Денна телефонаш тIе а, мел ца оьшучунна а ца кхоадо вай соьмаш, амма нохчийн маттанна кхоадо. Чохь еза йийбарш, пхьегIаш, духарш оьцу вай, амма киншкаш ца оьцу. Киншкина, журналана доьхкина ахча шозза сов юхахир ду. Адамна кхиарехь, хIума довзарехь, ойлаярехь гIодо дешаро. 

Кхечара олу, лакхара тIедожо, тIедилла дезара журналана а, газетана а язвала. Цунна а жоп дала лаьа: нохчий, яхь йолуш хила, нохчийн йоза Iамаде, аьлла тIедожичий бен вайх нохчий хуьлуш дацахь, вайх дан а хIун до, кхидIа даха а хIунда деха, деза хабарш а дуьйцуш. 

«Нохчийн мотт беза, оьшу» – боху къамелаш до, хабарш дуьйцу вай, амма гIуллакхца ца чIагIдо аьлларг. Бехказлонаш лоьху, амма бехке вай ваьш ду, нохчий. Кхечу къаьмнех болчу нахана оьшур бац вайн мотт, вайн журнал, газет; цара шайчеран сий-ларам бийр бу. Цундела ду церан меттан а, культурин а хьал-де дика. 

ХIора нохчочун доьзалехь, доьшуш цхьа а вацахь а, нохчийн маттахь газет а, журнал а хила дезара. Нохчийн маттахь долу йоза-дешар хууш-м хIора а нохчи хила везара. Нохчийн маттахь деша ца хиъча, эхь дуй хаъал синкхетам хила а безара хIораннан а. Вайн дайша весетана битина вайн Нохчийн мотт доьза ца байта оьшу нохчийн маттахь арадолуш долу журнал, газет, киншка.

Шен ненан мотт халкъо,

Сий ойбуш, Iалашбахь,

Цу халкъан паргIато

Цхьаммо а хьошур яц.

Ша вехачу а, тIейогIу йолчу а заманийн дикка ойла а йина, къоман историн некъ, цуьнан дика-вон шен ойланех, сих чекхдаьккхина, аьлла хIара маьIне дешнаш поэто-къонахчо Мамакаев Мохьмада. Уьш вайн дахаран къилба ца хилахь, мотт а боцуш, сий а доцуш, синна паргIато а йоцуш, вай муьлш хилла а, муьлш ду а ца хууш, диса кхерам бу вайна тIехIоьттинарг.

Мамакаев Мохьмада, Ошаев Халида, Сулейманов Ахьмада, Айдамиров Абузара кхин а яхь йолчу къонахаша шайн дахар ца кхоош, луьрачу Iедалца къийсина йолу нохчийн меттан паргIато ю вайгахь тахана, тIаккха хIорамма а доладе вай вешан меттан, оьздачу дайн тIаьхье а хилий даха вай!

Р.S. ХIокху журналан мужалта тIехь долу сурт 1971 шарахь арадолучу «Орга» альманахан мужалт тIера схьаэцна ду, цу заманахь альманахан коьрта редактор Мамакаев Мохьмад хилла. Мамакаев Мохьмаде болчу лерамца редакцин кхеташоно барт бина, и сурт меттахIоттийна.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика