Махаева Жаужан

PDFПечатьE-mail

Махаева Жаужан

Генарчу а, хийрачу а махкахь…

(Дагалецамаш)

 

Бевзаш боцу генарчу, шийлачу махкахь, 1944 шарахь дӀадохийначу вайн къоман хилла дахаран суртхӀоттадо Махаева Жавжана хӀетахь ша хиллачу, гуттар а мацаллица къийсам латто дезначу беран бӀаьргашца. 

 

Махках даьхча, колхозе балха ца йоьдуш, цӀахь сецира тхан нана Жоврат. Ша а тӀехь, тхо ворхӀ адаман дахар а, кхиэл а цуьнан карахь, цунах тешна яра хӀинца. Юьртахь МТС-хь (Машино-тракторни станци) болх беш а волуш, юкъараӀойлехь (общежитехь) шен вешиций, кхаа йишиций Ӏаш вара тхан дешича Дода. Да я нана а дацара церан.     Нана, хӀара пхи бер кегий долуш, еллера. Да эзар исс бӀей ткъе ткъеесналгӀачу шарахь Ӏедало, хӀунда вуьга а ца дуьйцуш, дӀа а вигина, кхин цунах дерг а ца хууш, тӀепаза вайнера. ХӀинца-м хӀорш дикка баккхий бара, делахь а, массо а нохчий санна, хала бохкуш бара-кх хӀорш а. Кхин тӀетовжа а, кхин гӀо деха а стаг вацара Жовратин кху сохьта.

       Жоврата, Дода волчу юьрта а яхана, цуьнга дӀадийцира тхоьгахь долу хьал а, кхин шен, цу колхозехь Ӏаш мел ю, балха яхан йиш цахилар а, ткъа ша балха ца яхача, тхо ворхӀ адам мацалла лийриг хилар а.

 

 

       Додас цу колхозе а веана, тхо а ша Ӏачу дӀадигира. Тхой, ДодагӀеран доьзаллий боцург, кхин цхьа доьзал а бара цу чохь Ӏаш. Ткъех адам дара тхо оцу цхьана чохь Ӏан дезаш дерг.

Кху чохь мел дукха адамаш делахь а, Жовратта-м йоккхаеш яра тхо кхуза схьадалийна.

           ХӀинца коьртаниг болх карор дара. Цхьа-ши кӀира а дӀаделира болх ца карош. Тхо чӀогӀа меца дара. Цул совнаха, тхуна бераш лийчо а, я корта била а, тӀера хӀума йитта а саба а дацара, я ахча хилча а, иза эца меттиг а бацара.

             Цхьана дийнахь Додас Жовратига элира; «Нагахь хьуна эхангех хӀуманаш ян хуур делахь, хьуна бан болх карийна суна», – аьлла. Райздрав цӀарах цхьа фирма ю. Цигахь

эхангех хӀуманаш ян хаа деза: пазаташ, носкеш, жигеткаш… Цул совнаха, куйнаш а, валенкаш а йо цигахь. Цига балха яхара Жоврат. Цунна-м чӀогӀа дика хаьара эхангах хӀуманаш ян.

         Болх барах йолуш яцара Жоврат. Балхара сарахь цӀа еача тхан дезарш кхочушдора цо. ТӀаккха пеш лато, юург ян, чай кхехко дечиг оьшура. Иза-м дан а ма дацара. Ара а йолий, кхетилла мега йолу хӀума лаха йоьдура Жоврат. Екъа елахь, яраш а, къаххаш а, гӀий[1] а, яго мегаш мел йолу хӀума а лахьайой, чуйогӀура.

             Додийгара юхалург ахча а даьккхина, ши кийла кӀа эцнера Жоврата. Додас ша балхахь волчохь йина еана цхьа кохьар яра. Цу кохьарца кӀах а, хьаьжкӀех а жарж баккхалора. Ши кийла кӀех жарж а баьккхина, яй буьззина долчу хи чу цхьа кана жарж а тосий, чорпа йора Жоврата. Тхо ворхӀ адамо юура и чорпа. Чай а оха, баьллийн гӀаш, генаш а дохий, царах кхехкадора. Тхо Ӏалашдина ша яьлча, эхангах носкеш ян охьахуура Жоврат. Чохь стогар бацара. Ши носки, я цхьа еха пазат а йой, охьаюьжура Жоврат. Кхана балха йоьдуш, ша буьйсана йина и ши носки, я еха пазат балха дӀахьора цо. Шен белхан норма цхьаъ ах я шиъ кхочушйора цо. Цуьнца балхахь берш а, цуьнан куьйгалхой а чӀогӀа резабара цунна. Цунна дуьххьара алапа делча-м массо а цецваьллера, хӀунда аьлча масийтта шерашкахь болх бечарал а дикка алсам дара Жовратин алапа.

             Со а, сан ваша Деналбек а уьйтӀахула а, нехаш дӀакхуьссучу меттигашкахула а яа мегаш йолу хӀума лохуш лелаш хуьлура: яраш, бецаш, кхийолу хӀума а. Тхайна карийна хӀума юура охашимма, чохь болчарна а хьора. Цара а, резахуьлий юура. Цкъа нехаш дӀакхуьссучу меттехь картолийн чкъоьрнаш а карийра, уьш чудеара охашимма. Сарахь, ша балхара цӀа еача, тхан нанас кхехка а дина, оха массара а, дика а хеташ, диира и чкъоьрнаш.

             Цкъа цхьана дийнахь цхьана тишачу рагӀу кӀелахь лаьтташ дечиган яьшка гира тхойшинна. И яьшка лекха хиларна цу чу ца хьажалуш, масех де дӀаделира. Цхьа тиша гӀант а карийна, и гӀант оцу яьшкина юххе а хӀоттийна, тхойшиъ цу чу хьаьжча, цу чохь, цхьа хӀуш тӀера схьаяьхначу чкъоьргех йича санна йолу, плитканаш гира тхуна. Шоколадни плитканел яккхийра а, царел кегийра а яра уьш. Чам баьккхича, церан чам дика хийтира. Иза хиллера заводехь маьлхан хӀуьнах даьтта доккхуш бухайисина чӀоьргаш а, кхийолу хӀуьнах бухайисина хӀуманаш а – макуха. Ши-кхо ведар хиллал яра иза. Иза говрашна яош хиллера. Мухха а йисинехь а, оцу яьщки чохь йисина хиллера-кх иза. Макуха а юуш, цхьа-ши кӀира дӀаделира тхан, доьлех цӀий дуьйлуш. Чуяьхьча, чохьболчара а, дика а хеташ, яа-м юура иза. Кхидолчу берашна цу яьшки чохь юйла хиинчул тӀаьхьа, сихха кхачийра тхан макуха.

               Жовратана балхахь дуьххьара алапа-м деллера, амма оцу ахчанах эца цхьана а туьканахь а, базарахь а ялтех хӀума ца карийра тхан нанна. Тхо меца дара. Иза шадерг а гуш волчу Додас элира: «Оцу ахьа болх беш йолчу Райздраван цӀарах кхин цхьа фирма а ю, боху. Пастанаш а, хорбазаш а, копастанаш а лелайо, боху, цара арахь. Цигахь болх беш болчу белхалошна дийнахь цкъа, делкъехь, чорпа ло, боху. Хьуна лаахь, аса цига балха йохуьйтур ю хьо.» Схьахетарехь, иза гӀоли хила мегаш дара, кху сохьта ялта чӀогӀа къен хилар бахьанехь.

               Цига балха яхара тхан нана. Цигахь чорпа йора, жимма чу жарж а тосий, копастанан гӀаш а, кхийолу яраш а тосий. Цхьажимма шура а тухура цу чорпанах. И чорпа яр тхан нанна тӀедиллинера. Цхьа масех де дӀадаьлча, тхойшиъ шеца балха дигира Жоврата. Цигахь тхойшинна дика хийтира. Тхаьшшинна евзаш йолу, яа мегаш йолу бецаш карайора цигахь. ТӀаккха, делкъана белхалошна чорпа а йина, иза дӀасайийкъира Жоврата. ХӀора а белхалочунна цхьацца чами чорпа лора. И чорпа а юий, белхалой шайн балха дӀабоьлхура. Жоврат, шена йогӀуш йолу цхьа чами чорпа тхойшинна екъа а йоькъий, иза тхойшинга яа а йоийтий, ша хӀумма а ца юуш, балха дӀайоьдура. «Ахьа чорпа хӀунда ца юу, хӀума ца йиъча, болх муха бийр бу ахь?» – аьлла, шега хаьттича, аса копастан гӀаш дуур ду, элира цо. Иштта цхьана кӀиранах тхойшиъ шеца балха дӀакхийлира Жоврата. Кхана дуьйна шаьшшинна кхуза схьада хуур дарий шуна? – аьлла, хаьттира тхойшинга тхан нанас. Цара тӀехь болх беш долу кха эвлайистехь дара. «Хуур дара», – элира охашимма. Делахь, кхана Ӏуьйранна со балха схьайогӀур ю, шуьшиъ делкъна суна тӀаьхьа, кхуза, схьада дезар ду», – элира цо. Цул тӀаьхьа, делкъана, вовшийн куьйгаш а лоций, нанна тӀаьхьа доьдура тхойшиъ. Цигахь нанна йогӀуш йолу чорпа а юий, уьдуш а лелий, яа мегаш йолу бецаш а лехьайой, сарахь ненаца цӀадогӀура тхойшиъ. ЦӀахь берш а биц ца бора оха. Муьжгаш а, муьстаргаш а, ӀаьӀий а, нитташ а, кхийолу а яа мегаш йолу бецаш а лахьайой, уьш цӀа а йохьий, цӀахь болчарна дӀалора оха. Цара уьш, чӀогӀа реза болуш, юура.

Тхох «спецпереселенцы» олура. Наггахь бен чеченцы ала а ца олура. Бакъду, чеченец бохург а, меттигерчу къоман маттахь, «бандит» бохург дара.

«Всем главам семей переселенцев явиться в сельсовет!» – аьлла, хаам бира тхоьга. «О-о-о-о! ХӀинца вай цӀа дохуьйту боху. Вай цӀа дохуьйтуш ца хилча, вайга сельсовете дӀа а кхойкхур дацара», – бохуш кхаьънаш дохуш вара массо а.
Сельсоветехь тхоьга элира: Массо а доьзалан цӀарах шишша уьстагӀ луш бу шуна. Шайна лаахь, уьш даа йиш а ю шун, шайна лаахь, кхаба йиш а ю шун». Тхаьш цӀа дахийтаре сатуьйсуш Ӏаш долчу тхуна м башха хаза а ца хийтира, цара иза аьлча. Мацалла леш долчу тхуна-м боккха кхаъ бара, мацалла ца далийта, тхайна уьстагӀий делча. Делахь а, цӀа дахарца дуьстича, уьстагӀий тхайна далар башха иштта чӀогӀа дика гӀуллакх а ца хийтира тхуна. УьстагӀий схьадалийра оха. Бакъду, цхьа-ши де даьлча, тхан уьстагӀий дала дуьйладелира.

ХӀинца хӀун дан деза? ЦӀа-м муххале а ца дахийтира тхо, уьстагӀий а къен леш ду-кха тхан, аьлла, массо а холчахӀоьттина вара. Бусалба стагана къен еллачу хӀуманан жижиг даа мегаш а дац, ткъа тхо тхаьш а мацалла леш а дара. УьстагӀий-м дийнахь дика лелаш хуьлура, буьйса а яьккхина, сахилча, делла Ӏохкуш карадора. Къен леш дара уьш. Уггаре а вевзаш волчу моллина тӀе а бахана цуьнга наха хаьттинера: «Тхан доьзалш мацалла леш бу, тхан уьстагӀий а, дукхахдерш, къен делла. ХӀун дича бакъахьа дара-техьа оха?», – аьлла. «Шайн беллачу уьстагӀанна логах урс хьакха, нагахь цуьнан логах кхо тӀадам цӀий далахь, цуьнан жижиг даа магийна ду» – элира цу моллас. Ца хаьа суна, деллачу уьстагӀашна логах урс хьаькхна я ца хьаькхна-м. Бакъду, массара а цу къен деллачу уьстагӀийн жижиг даа-м диира. ЦхьакӀеззиг болчара, и уьстагӀий къен делла дӀадовлале, урс а хьокхуш, диира.Уьш доьалгӀа дакъий бен хир а дацара. Цхьабакъду, цу уьстагӀийн: урс хьаькхначийн а, къен деллачийн а чуьйраш тӀехь даккхий дерташ а, боьгнаш а яра. Оцу цхьана кӀираначохь урс ца хьокхуш ца диснарш а делла дӀадевлира. Цхьа шо даьлча хиира тхуна, и уьстагӀий бруцелёз цамгар хиларна жех дӀакъастийнера. Хьалха а тхаьш леш хиллехь а, хаттар хӀуттура: «Тхо делла дӀадовлийта, делла хиллий-техьа тхуна цомгуш долу уьстагӀий?» – олий. Хаац, тхуна тӀехь лелийначу а, хӀинца а лелочу а къизалле хьаьжча-м, иза хила мегаш хӀума дара. Массара а дийца а дуьйцура: «И цомгуш уьстагӀий а даийна, вай дайина дӀадаха гӀерташ хилла-кха уьш», – бохуш.

               Цхьана дийнахь, тхо Ӏаш долчу меттигна гена доццуш, ша лаьтташ цхьа жима цӀа (цӀа аьлча а, цхьа бун) гира тхуна. Цхьа а кор а дацара цуьнан. Цхьа метар лекха а, ахметар шуьйра а хир йолуш неӀ а яра цуьнан. Ва ВЕЗАН ДЕЛА!!! Цул хьалха а, я цул тӀаьхьа а гиний-техьа цхьана а адамана иштта хӀума? Оцу чуьра аратекхаш, аратекхаш аьлча а, шайна чохь са дуйла хаийта гӀерташ санна, куьйгийн а, когийн а меттана йолу даьӀахкаш меттаххьееш, текха сурт а хӀиттош, кхаа беран суьртахь даьӀахкаш яра. Сой, Деналбеккий кхераделла а,                      цецдаьлла а, царна тӀедаха а ца даьхьаш, я дедда дӀадаха а ца даьхьаш, лаьттара. Леш долу а, делла а, гӀийла а адамаш дуккха а гинера тхуна цу хенахь, амма хӀара санна инзаре хеташ, ирча хеташ хӀума ца гинера. Оцу цӀа чуьра, мухха а текхнехь а, Ӏуьйранна дуйна схьатекхначух тера дара уьш, хӀинца-м делкъал тӀаьхье йолуш хан ма яра. Шаьш текха гӀерташ, детталуш Ӏохкучу хенахь, шайна юххе нисъелла хӀума, иза бӀал белахь а, тӀулг белахь а, чӀешалг елахь а, бехчалг елахь а, иза схьаэца гӀерташ, куьйгийн даьӀахкаш а хьоькхуш, детталора уьш. Шайга халла схьаэцаелларг бага юллура. Чохь, лаьттан цӀенкъахь, охьатесна Ӏохкуш цхьа модуш юьзна тӀелхигаш яра. Цу тӀелхигашна тӀера дуьйна схьатекхна, биллина некъ бара. И некъ оцу берийн чуьйно тӀадабинера. Шаьш Ӏаьхкинчуьра цхьа-ши метар, арахьа схьатекхнера-кх уьш. НеӀарах цхьа ахметар сов арадевллера уьш. Царах йогӀучу хьожанна, царна юххе а ца гӀорталора. Кортош лергина дара церан. ТӀехь цхьа а тайпа тӀеюьйхина хӀума а яцара церан. Царах доккханиг а, жиманиг а къаста а ца лора. Бакъду, цхьана ненан дуйла хуур долуш-м дара уьш. Махо арахь и кхо бер (аьлча а, кхаа беран даьӀахкаш) лоькхура, малхо уьш доттура. Нагахь царна тӀе я цициг, я жӀаьла кхаьчнехь-м, цара билггал дӀаюур яра и даьӀахкаш. Сарралц тхойшиъ арахула лелаш, оцу берашна тӀедогӀуш а, я уьш тергалдеш а, цхьа а адам а ца гира тхуна. Цул тӀаьхьа дикка хан яьлча, хиира тхуна: цхьаболчу доьзалех санна, цу доьзалан да а, махках дохуш, царах дӀакъастийна, цхьанхьа дӀавигна хилар а, церан нана, уьш мацалла ца далийта гӀерташ, и бераш шаьш чохь а дуьтуш, балха оьхуш хилар. Кхин цул тӀаьхьа и бераш, аьлча а и даьӀахкаш, ца гира тхуна.

               Деналбекин ялх шо а кхаьчча, и деша вохуьйтуш вара. Со цул кхо шо йоккха йоллушехь, суна чӀогӀа деша лаарна, тхан нанас цуьнца цхьаьна классехь – хьалхарчу классехь – деша дахийтира тхойшиъ.

КхоалгӀачу классехь тхо доьшуш долуш, цхьа кӀант валийра тхан классе. Мел чӀогӀа цецдаьллера тхойшиъ, и кӀант хӀетахь тхуна гинчу кхаа берах, (даьӀахкех) воккханиг вуйла тхайна хиъча. ХӀетахь мила тешар вара, оцу даьӀахкех, ден а делла, адам хир ду аьлча? Важа шиъ цуьнан жимахйолу ши йиша хиллера. И шиъ, цул дукха хан ялале, елла хиллера. Цу кӀентан фамили Шатаев яра (цӀе дага ца йогӀу суна).

                Цул тӀаьхьа Деналбекан дика доттагӀ а хилира цунах. Цу кӀанта чӀогӀа дика а доьшура.

Вовшашна тӀекхаьчча, уггар а хьалха хоттуш дерг: «Вай цӀа дохуьйту ца боху?» – олий, хаттар дара.

Тхо дӀадигинчул тӀаьхьа, пхи шо даьлча, оха дукха кехаташ, заявленеш яздар бахьана долуш, тхан да а тхох схьакхийтира. Бакъду, шен нана ца гира цунна, хӀунда аьлча иза махках дахале дуьйна а цомгуш яра. ДӀадигна масех шо даьлча, и кхелхира. Дала гечдойла цунна.

        Цу хенахь дукха халонаш, ирча хӀуманаш гира нохчашна, цхьабакъду, оьздангаллах, гӀиллакхах ца дуьйхира нохчийн адамаш. Цундела массо а нохчийн адам а дуьненан меха хета суна. Дуьненчохь миччахьа уьш белахь а, царна вон хӀума аьлча, чӀогӀа хала а хета.



[1] Г1ий-дакъаделла, дакъийна кхо.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика