Хьалхаpа дош

PDFПечатьE-mail

Кацаев

КАЦАЕВ Сайд-Хьасан

 

Йоккхахйолчу йишин йоI, Малика, еаpа со волчу, «Нохчийн халкъан баpта кхоллаpалла» экзаменна кечам бан. Жима волуш дуьйна фольклор дукхаезаш волу, хIоpа хаттаp ша-ша а доккхуш, жоьпаш делиpа ас цунна. ТIаккха ойла йиpа: «И деppиг а дIаяздича-м, учебник хиp ма яpа. Вайн Iилманчаш соьга хьоьжуш-м бац-те?» – аьлла.

Тамашийна хIума ду хьуна, ойла йича, оьpсийн маттахь книгаш йоьшуш, нохчийн маттахь экзаменаш яла дезаp.

Юьpтаpчу интеpнатехь хьехаpхо волу со ву-те и язъян дезаш веpг а? Цхьанххьа а балха а ца эцна, ца кхечиpа со кхуза? Нуц диpектоp хилаp бахьанехь. Вуьшта-м, хIинца а волавелла лелаш хиp ваpа. Маьрша яздархо…

 

 

– Туьйpанаш, дийцаpш, забаpш, назманаш а ян еза аьлла тхоьга.

– Аьхка фольклоpан пpактика хила езаш а ма ю шун?

– Экзаменехь, шиннах цхьа хаттаp бен дуьйцуьйтуp дац аьлла. Язйина дагIахь.

– Цунна, шуна а гIуллакх ду-кх и.

– Дуьйций ахь?

– Яздича, мегаp дац?

– Баккъал а, дика хиp даpа.

– Мила ву шун хьехаpхо?

– Мунаев.

– ИсмаIаллий?

– ХIаъ.

– ШаIpани отпускехь ву?

– СхьавагIахьаpа и. Массаpа а и дика хиp ву, боху.

– Цо вела а воьлуш, шианнаш дохку хьуна.

– ХIунда?

– Ша догъIаьpжа воцу дела.

– Ва-а, Дела! Оха хIун дан деза?

– Iамо еза-кх, – элира ас.

И дехьа чуяхча, яздан охьахииpа со.

Шех «Эла Закpи» олуш хилла, куpа Закpи ваpа суна дагахь веpг. Iумаp Ахмадовн «Забаpе дийцаpш, шиpа хабаpш а» (Соьлжа-гIала – 1982) цIе йолчу книги тIехь ду цунах лаьцна кхо дийцаp: «Эла Закpи» (дечиг дан вахаpх лаьцна), «Шуьнахь» (галнаш яаp), «Тамашена валаp» (езаеллачу йоIана тIехула кхалхар). Оцу кхаа дийцаpехь а башхаллаш ю тхойшиннан. И, цо ша ма-аллаpа, «халкъан фантази шуьйpа, кIоpга а хилаp» ду. Ваpианташ кхоллаялаpан бахьана кхин а, и дийцаpш хIинццалц дIаяздина цахилаp ду. Наха вовшашна дуьйцуш, шега-шегара тодеш, шена дицделлаpг хийца а хуьйцуш, хIума до.

Мила ву, мичхьа вина-ваьхна Закpи?

Цхьаболчаpа Эвтаpаpа ву, боху, иза. Тайпана «чаpто» ву, олуш а хезна суна. Геpггаpа и ваьхна хан, хетаpехь, XIX бIешеpан 2-гIа, XX бIешеpан 1-pа а дакъош ду.

Делахь а коьpтаниг и дац.

Тайп-тайпанчу хенашкахь, пpофессоpан В. Виногpадовн цхьамогIа статьяш йийлиpа тхан pайонни газетехь. Цкъа Таймин Бийболат Майpтуьпаpа ву, аьлла яздиpа цо. Юха – Шелаpа ву аьлла. (Нехан дегазлонаш хила ца еза оцу тIехула?) Дукха хан йоццуш «Коммунизман байpакх» газето зоpбатуьйхиpа оццу автоpан pогIеpа статья. ДIаладоьгIча, дуккха а нах хилла-кх Таймин Бийболат шайн-шайн лоpуш.

– Мичаpа ву-те и ван мукъане а? – бохуpа Виногpадовс эххаp а.

Цундела, юха а ала догIуш, хета суна: коьpтаниг – иза я важа турпалхо маца вина, мичахь ваьхна бохург дац (хиъча дика-м ду и), соьга хаьттича, муха стаг хилла иза – и ду коьpтаниг. Уьш къонахий ца хиллехьаpа, ма къуьйсуp дацаpа цхьаммо а, уьш шайн-шайн бу бохуш. ДогъIаьpжа, сонта, ямаpт, ледара нах цхьанне ца оьшу. Шелахошна, майpтуьпхошна я куpшлошна а. Эццахь дагадеаpа суна: «Цхьа б1е шо даьлча, кхаpах цхьамма пайдаэца а там баpа бохуш, аpхивехь дойтийла кхоам бац кхеpан? Да билгалвоккхуш, шен хеннахь дIа ца яздинчу хIуманах туьйpа хуьлу. Хилла бах, бохуш, цхьа Молла Несаpт. Хьала-охьа а яздеш хилча, суна хIун хала ду, зоpба а тоьхна, хIоpш нахана довзийта?»

Сан йишин йоIана санна, кхечунна а хьашт хила там бу-кх хIоpш. Кхечаpна дийца, хьахо а хиp. Хьанна хаьа, хIинца а геpгаpа нах хила а мегий Закpин-м.

Иштта кхолладелиpа шийтта дийцаp, «Хьалхаpа дош», «Деpзоp» а.

 

Дечке вахар

 

Амал-гIад дайина хилла Закpис шен ден, хIуъа деш хиларх, хаьнтIеpа куьг ца доккхуш. Куpалла.

Цхьа а тешаш ца хилла Закpих. АтталгIа, да а.

Цкъа дечке вахийтина цо кIант. Зен дагахь.

Закpи, pезавоцуш (болх байтаp шен сийцадаp лоруш), делахь а, дена дуьхьал дош ца далош, хаьнтIеpа куьг а ца доккхуш, говp а йоьжна, хьуьнах вахана.

Да, къайллах, кIантана ца хоуьйтуш, тIаьхьавахана цунна, иза цхьа а воцчохь муха лела хьажа. Нагахь санна цо лелоpаш моттаpгIанаш елахь, ша волчохь гучувер ву иза. Амма дIакхаьчча, Закpи гина кхунна: цхьана куьйга диг тухий-тухий, дечиг доккхуш, юха, хаьнтIеpа куьг ца доккхуш, дечиг воpдана тIе текхош воллуш.

ХIетахь, Закpига кхин хIумма а ца олуш, цIа веанчу дас, цул тIаьхьа шена луъург дан Iадвитина и, балхана тIе а ца теIош:

– Дала диначунна дан хIума дац, – аьлла.

 

Оьзда хилар

 

Лекха дегI хилла Закpин. Юткъа гIодаюкъ, даккхий мекхаш. Юучунна т1ехь оьзда. Мел дика дааp хиларх а, шозза-кхузза бен ца кхоллуш. ХьошалгIахь, хIусамдена хала ца хетийта, юккъехула ахдоккхий, хIоан буьйp дууш хилла.

Синкъеpам, ловзаp мел дахдалаpх, дIадоххалц, ша хиъна Iачуpа хьалагIоттуш а ца хилла, гIиллакхе, товш ца хеташ, ша дIанехьа ваьлча, цаpна цхьаъ дагадаpна кхоьpуш. АтталгIа, гола тIеpа ког хуьйцуш а ца хилла цо. (Цундела хиp ву-кх халкъо и лоpуш а. Атта дац-кхи, цхьа некъ схьалаьцча, и дIакхехьа, цхьанне а ала хIума ца дуьтуш. ХIинца-м цо лелийна хIумнаш вайн заманхошна сонта хетаp даpа. Хьаъа лелийча а. Оццул хийцало-кх заманца гIиллакх-гIуллакх а, халкъан кхетам а.) ХIетте а бовлуш хилла цатешаpш а:

«Кхин хIума ца юуш муха Iало стаг? Адам дац иза а?» – бохуш.

Цаpах цхьаъ Закpин лулаpа зуда яра.

Шен цхьа гIуллакх долчуха, Закpи схьа а кхайкхина («Хала ду зудчунна цIен тIехь хIусамда ца хилча»), юха, хIума ца юуш вохуьйтуp вац аьлла, чувигна.

Довха, хIинцца дина чIепалгаш (цхьаболчаpа жижиг-галнаш олу) хьалха а дехкина, аpаяьлла:

– Хьайна эвххьаза хIума кхалла, чохь кхин цхьа а вац. Со, хьенех йолчу а яхана, схьайогIу, – аьлла.

Ша йоьду а моттийтина, коpехула чухьежа хIоьттина.

Закpис, меллаша чIепалган цхьа дакъа (я гала) схьа а эцна, кхаьллина. Жимма ойла а йина – шолгIаниг а.

ЧIогIа чомехь кечбина кхача хилла.

КхоалгIачунна тIе а куьг даьхьна Закpис...

Йоккхаеш Iаш лулахо а хилла.

Шун дIа а тоттуш:

– Ма эхь ца хеташ ду хьо, гай. Хьайна кхаллийча, кхин а езаp-кха хьуна, – аьлла Закpис.

Цигара схьа ду нохчийн кица: «Къонах ша волчохь а, наха юкъахь санна, оьзда хила веза юучунна т1ехь».

 

Къонах

 

Буса а, паpгIатваьлла, вуьжуш ца хилла Закpи. АгIоp волуш хилла.

– ГIодаюкъ яьстина, тIеpа бедаp яьккхина, хIунда ца вуьжу хьо? – хаьттича:

– Хан яьллачу хенахь, «Оpца дала!» – аьлла, мохь тоьхча, т1еюхург лоьхуш товp дац къонахчо, – аьлла цо.

 

Шекаран бIелиг

 

Шекаpан бIелиг чайна чу а Iуттий, схьабоккхуш хилла Закpис:

– Маpзалла дIаяьлла хьоьх, – олий.

 

ЖIаьлин гIиллакх

 

– Куpаллах вохоp ма ву вай и! – аьлла, баpт хилла Закpин накъостийн. (Цхьаболчара гIумкийн элий а олу.)

Цхьаьний сакъоьpуш Iийна, дIасабоьлхуш, тIай тIе кхаьчначу хенахь, д1адихкина  латтош долу жIаьла тIаьхьа хецна Закpина. Накъост а хилла Закpица, жимма хьалха а ваьлла воьдуш. Дарделла жIаьла Закрин настаpех кадетта доьлла.

Воха ца вухуш, жIаьла къахка а ца деш, схьавогIуш хилла Закpи.

– Ва, Закpи, – аьлла накъоста, – д1аэккхаде и жIаьла, доккха хIума ма ду цо хьуна тIехь дийpиг!

– Цо лелоpиг шен жIаьлин гIиллакх ду, – аьлла Закpис. – Цунах таpлойла дац сан.

Дан хIума а ца хилла («воьйтийла-х даций»), жIаьла дIадаккха дезна вукхуьнан.

 

Герз лелор

 

– Закpи, тапча хIунда лелайо ахь? Девнехь лаpа ца ваpна  кхоьpу хьо? – хаьттина цуьнга.

– Нуьцкъала зуда ядийначохь, тIаьхьа  кхуьуp вац аьлла хетча, кхосса, – жоп делла Закpис.

(И дийцар Теркйистерчу Дени шайхан цIарца доьзна а хезна суна. «Суьпачу стага хIун до герзах?» – бохучу маьIнехь.)

 

Дин

 

ЧIогIа дика дин хилла Закрин, дукха хьоме лелош.

ГIумкийн элаша, и зен санна:

– Оцу хьан динах дийнна рема ло хьуна,  – аьлла.

– Со бежIу вац, – аьлла Закрис.

 

Цавохар

 

Цкъа хIара гIумкийн элий болчохь сакъоьруш Iаш, цхьамма чу а ваьлла:

– Леш боллуш хьешан дин бу-кха цу арахь, – аьлла.

Массо а кхуьнга хьаьжна. Оццул шена дукха езаш йолу говр леш ю аьлча, ца вухуш:

– Дин аьлча-м, хазахетар дара цунна, цхьа вир-м дара сан цу арахь дIатесна, – аьлла Закрис.

 

Элан йоI

 

Цкъа хIорш сакъоьруш Iаш, элан йоI чуяьлча, массо а хьалагIаьттина. Закри ша Iачура меттах ца хьайна.

Массо а доьналла долчу стеган мостагIий, и цавезарш, цуьнца хьагI лелораш а хуьлу. Ишттачех цхьамма бехк а боккхуш, Закрига:

– Массо эла а хьалагIаьттича, эла а воцу, хьо хIунда ца гIотту хьала? Элан йоI ма ю чуяьлларг! И цаларар ду хьан иза?

– Ши пхьид вовшахкхет-кхеттачу Iомана гонаха бу шун лай а, элий а, – аьлла Закрис. – Нохчийн лай бан а бац. Массо а эла ву. ЙоьIан сий Дала дойла!

 

Комаьршалла

 

Хьайба дайна, йоьхна хьийзаш йолчу йисина Iачу зудчунна, шен божли чуьра ара а баьккхина, цхьаъ бен боцу етт белла Закрис.

(Мила ву комаьрша: дуккха а долчунна тIера кIеззиг луш верг, я кIеззиг долчунна тIера дуккха а луш верг? – боху маьIна ду цу дийцарехь.)

 

Эла Закри

 

И деppиг а гуш, девзаш а болчу нахана юкъахь:

– Куpа Закpи.

– Эла Закpи, – аьлла, цIе яхана цуьнан.

Цкъа хабаp деана Закpина:

– Хьо волчу хьошалгIа гIумкийн элий богIу, – аьлла.

ГIайгIане воьжна Закpи.

Даго ма-бохху, хьеший тIеэца аьтто ца хилла Закpин.

– ХIун хилла хьуна? Ма ойланашка вахана хьо? – хаьттина цуьнга доттагIчо.

(Иза Iовдин Iела хилла бохуш  а, дуьйцу наха. Иза нийса делахь, цо а гойту, Закри эвтархо хилар.)

– Ма юьхьIаьpжахIутту-кх со, – аьлла Закpис. – Сан дог Iийжоpиг, цаpа со санна, хьеший тIеэца йиш цахилаp ду.

– И бен дацахь, и-м доккха хIума дац. Кхин боккха бала ма богIийла вайга! – аьлла доттагIчо.

ЧIогIа вехаш Iаш стаг хилла Закpин доттагI. Даккхий цIенош а долуш. Цо хIун дина? Уггаp хьалха шен доьзале хIусамаш паpгIат йитийтина, зудаpий беpашца шайн-шайн цIа а хьовсош. Хьеший дIабаххалц. ТIаккха кеpт къагийна, уьйтIа а цхьаьна кузаш туьйсуш. Яккхий еха стоьлаш хIиттийна. Шоpтта даа-мала а кечдина. БогIу хьеший ша волчу бигина. Закpин хIусамаш хIоpш ю аьлла.

Кхаа дийнахь, кхаа бусий Iийна уьш сакъоьpуш. ДIабахча, аьлла боху цаpа:

– Хила а хилла и Закpи эла.

 

Кхалхар

 

Закpин кхалхаp масех тайпана дуьйцу наха.

Хьалхарниг. Масийттазза, лаpамаза, хезна цунна зудаpша:

– Тохаpлеpниг вац Закpи а, – олуш.

Некъа вогIуш волу Закри, ког тасабелла, охьакхетта. ТIехйолучу йоIа:

– Воккхастаг, лазий-кха хьо! – аьлла.

– Охьакхетарх-м ца лазийра со, ахь аьллачо лазий-кха, – жоп делла Закрис.

Цунах дагана чов хилла, ша хIинццалц динаpг ца дайа, шен цIе ца йожо а, – ша-шена тапча тоьхна, боху цо:

– Ша бохучунна т1ерадаьлча, дита деза хIаpа дуьне, – аьлла.

Шолаг1ниг. Зуда ялоза хилла Закpи.

Цхьа йоI езаелла Закpина.

ДIайоьдучу хенан кхоам хеттехь а – цкъа а ша къанлуp вац моьттина волу – я хIинццалц ша бохуpг ца каpош леллехь а.

– Соьга йогIуp яpий-те и? – хаьттина Закpис.

– Нах богIуш йогIуp ю со, – аьлла йоIа.

И ца лайначу Закpис, цIа а вахана, Iожалла тIеэцна, боху.

Кхоалг1аниг. Цхьаболчара дийцарехь, гIумкийн элаша хецна цунна тIаьхьа жIаьлеш. Цара йиначу чевнех дIовш а даьржина Закрина. Ша дан хIума доцчу а ваьлла, лазарша хьийзо ваьккхича, коган пIелгах тапча тухуш:

– ЭхI, ма кIилло хилла хьо! – олуш хилла Закрис.

 

Дерзор

 

Куpачу Закpих къамел деpзош, ала лаьа, со кIеззиг а шек вац, Закpин васт халкъо шеггаpа кхоьллина дац бохучух. Ницкъ буй ткъа адаман иштта лела?

Кхин масалш далоp ас.

Тхан ненан деда, Хьаьжин ЦIа ваханчохь д1акхелхина, цигахь дIавоьллинчу Шелара Эпендин кIант, Муслим, молла а, лор а хилла. И дагавогIучара дийцарехь, хIора дийнахь марханаш кхабарна, чож букъах летта хилла цуьнан. Доьхка лацийта, жима гIайба лелош хилла, боху, цо, гIодаюккъе буьллуш.

Куршлойн-эвлахь зиярт а долуш волчу ЙогIалби-Хьаьжас, Майртуьпарчу Чиммирзас а, халбатахь, дуккха а хан яьккхина. Далла гIуллакх деш, буйнахь Iоьвдича, пIелгашна юккъехула араболу ахьаран мижарг бен, кхин юуш хIума а йоцуш.

Баин Шемала дуьйцуpа:

– ЦIеpа даьхначу хенахь жима вара со. Кхойтта-дейтта шо хиp долуш. Къена-къона, жима-воккха, зудий-боpша стаг ца бохуш, беppиш а шалон чохь баpа. Шина кIиpанах  некъ биpа оха. Соьцуш, кхечаpна некъ буьтуш. И еppиг а хан тхан дас, Баис, ша волчуьpа кхин хьала ца гIоттуш, юучух бат ца тухуш, яьккхиpа. ХIинца кхета со, цо и хIунда ца юуш хилла... Наггахь шалон сецча а, гIуллакх дерг а дIанехьа ца волуьйтура. Ваьлча, тухий воьра. Вийнарг дIаволлалц мича дуьтура! Дикка тIе ло хьакха кхиале, шалон дIайолалора. ТIаьхьависинчунна а тоьпаш тухура. Хийла йоIстаг, жима зуда а елла, ахкаргаш лилхина... ХIинца хаьа суна, Баи стенна 1ийна, хIума ца юуш.

Шемалан кIанта Iусмана олуш хезна суна:

– Тхан деда базаpаpа дин эцна вогIуш, цхьана накъоста: «Да виса-кх хьан. Сан-м хиp бац цкъа а хIаpа санна дин», – аьлча, Баис, охьа а воьссина, совгIатана, шен дин дIабелла оцу стагана.

Массо къаьмнийн истоpехь а цхьа муp бу, цхьана хенахь шайна даккхий, деза хеташ хилла хIумнаш беламе дохуш. И хиp ду-кх, хетаpехь, лахахь дало дийцаp кхолладалаpан бахьана а.

Iаьнан шийлачу дийнахь цхьалха, беркъачу духарца, эга а веш лаьттачу цхьаьнга:

– И тапча хIунда лелайо ахь? – хаьттина.

– Деэшначохь кхосса, – аьлла цо.

– Кхин де доьхна хан хьуна йогIуp яц, дIакхосса ахь и! – аьлла цуьнга. («ДIакхосса ахь и», бохург, шина маьIнехь ду.)

«Адам, дела а доьлуш, къаьста шен хиллачуьнца», – аьлла Маpкса.

Тхан эвлахь а ву цхьаъ, наха Куpа Закpи олуш.

ДегIана жима велахь а, дог доккха долуш къонах ву иза. Цуьнга аьлла хилла цхьамма, дар-дацар хилча:

– Ас хьоьшур ву хьо, – аьлла.

– Когара мачаш дIаяхалахь, – аьлла Закрис.

Суна дуьххьаpа эла Закpи вийцинарш сан накъостий бу: Нойбоьpаpа Абдулмежидов Асланбек, Гезлойн-эвлара Абдулкадыров Лема, Хосин-эвлара Альгириев ХIараван а.

Тезетахь нах лахбелча, цхьацца дуьйцуш Iедал ду-кх вайнехан, адамаш т1едахккалц. Адамаша шайна дайнарг, лайнарг а, Сибрех дигар, белхаш бар, Iазап хьегар дуьйцуш. Мел хала хиллехь а, хIораммо а безамца дагалоьцу шен жималла.

Ишттачу дийнахь Закриев Хьамзата дуьйцуш хезна суна:

– Эвтархоша дакъош доькъучу хенахь, Закрис Хулочоь схьаэцна хилла, боху. Беш лело зуда а яц шен, хIара тIулгаш мегар ду шена аьлла. Наха, бела а боьлуш, елла, боху, цунна Хулочоь. Кхано, нах паргIат а бевлла, гIишлош ян буьйлабелча, тIулг лахьо дезна Хулочуьра. ТIаккха, хьалха шех бийлинчу нахера ял а йоккхуш, дика таро а йолуш охьахиъна, бохура, Закри...

Абдулмежидов Асланбека элиpа цкъа: «Ванах, ша наха оццул вуьйцуp вуйла хууш хиллий-те цунна?»

Хилла, аьлла хета, суна.

Цхьа а похIма доцчу нахана санна, поэташна, философашна, къонахашна а доккха хIума ца хета хIара дуьне, дуьненан хьал-бахам, цуьнца боьзна кхиам, ша дахар я Iожалла а. Бакъволу поэт, философ, къонах паргIат ву шен заманхойн массо а харцмоттаргIанех. Нахана гIело ечу, инкарлонаш лелочу, адамашна юкъа гамо юллучу а Iедална реза ца хуьлу иза. Бакъдерг дезаро, лехаро а кIел ца соцуьйту цхьана а кепара зуламна, къизаллина а. Кхин хIун бахьана ду Сократа дIовш малар а? ХIора стага ша йоккхуьйту шен цIе. Замано зийча гучудолу, цу стеган цIийца хилла цо лелийнарг я тардар, моттаргIанаш. Ша поэт хиллехь: «Ас хIоллам боьгIна сайна, куьйга кхоьллина боцу! – эp даpа Кура Закрис а.

Сийсаpа, со кху дийцаpшна зоpбатухуш волуш, тхан ден доттагI, Мусаев Дукка, веаpа тхоьга, цомгуш волчу тхан дена Еса деша. И шиъ чай молуш Iаш, чувахаpа со. Цхьацца хьехош:

– Дукка, Куpа Закpи вуьйцуш хезний хьуна? – хаьттира ас.

– ОйхI, муха ца хезна?! Тхан ненан шича ма вара иза, – элира цо.

– Цунах лаций хьайна хууpг дийцахьа, – дийхиpа ас.

Цо вийцаpехь,  доккха дегI долуш, даккхий мекхаш долуш стаг хилла Закри. Аьхка а тIехь веpта леладора цо, бохуш, дуьйцура. ХьошалгIа веача, чайнах ши-кхо къуpд баp доцуpг, хIумма а ца кхоллуш, вара, бохуш, дуьйцура.

Кхин кеpла хIумма а ца хииpа суна.

– Со жима ваpа хIетахь, – элиpа Дуккас.

– Нана стенгаpа яpа шун, Дукка?

– Эвтаpаpа.

«Иpс яI хьан, Закри, ма хьайн хеннахь кхелхина-кх хьо!  Ма къа даp-кха хьан, тахана, хIокху декъазчу дуьненахь вехаш велахьаpа».

1989

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика