Стиглара къам

PDFПечатьE-mail

WhatsApp Image 2018-04-02 at 10.43.52

                Баталова Хеда

 Ойланаш, ойланаш… Муьлххачу а даг чу бижначу баланах ваккхало шуьга, боцу бала кхолла а ло шуьга. Дукха ханна дацахь а, тIе куьг ца Iотталахь а, ког ца баккхалахь а, пIелгашна юккъехула мох чекхболуш ца хаалахь а, мерана хьожа ца кхетахь а – хьуна и дерриге го, бакъ а долуш, хьо цигахь лаьтташ санна. Вайн коьрта чохь ду-кха иза, цхьана дечиган яьшки чохь д1акъевлина, доккха догIа а тоьхна. И догIа схьадаьккхича, аракхета цу чуьра серло, бIаьргаш а Iийжош, сирла серло. БIаьргаш меллаша схьаделлалой, дIайоьдучу цу серлонна тIаьхьахьовсу – оццу минотехь хьо вайна, хьо дIаваьхьна, хьо вац…

 

 

         – Асет! Ва Асет! Хьажахьа, и йоI даима а ойланаша цхьанхьа дIаяьхьна ю-кха! Цунна хIун дан деза, хууш яц-кха со?!

         Зайнап, демах дуьзна куьйгаш стоьл тIехь Iуьллучу горгамах а хьаькхна,  чуяхара. Асет маьнги тIехь хиъна Iаш яра, коре а хьоьжуш. Корехула стигала хьоьжу цуьнан йоIбIаьргаш[1], тIе пардо[2] хIоьттича санна, дара. Цунна цигахь хIун го хаа говзалла йолуш стаг вацара, ша Дела воцург.

         – Асет! – аьлла, кхоазлагIа а мохь туьйхира нанас.

Асет, цIеххьана шен лерга юххехь мохь а хезна, хьалакхоссаелира, юха, маьнгин гIовланах ког а тасабелла, охьакхийтира.

– Ай! Вай! – бохуш, цхьана кога тIехь кхисса а луш, д1ахьаьжча, ненан хьаьжа юккъера шад а гина, сихха дIанисъелира иза.

         – ХIун боху, нана? – хаьттира цо, бехкала дахначу бIаьргашца лахара хьала а хьоьжуш.

         – Хьада, яло, МаретагIаьргара сирникаш я. Суьйре а ю, хьеший а бу вайга бахка безаш, со яй кхе билла йиш йоцуш йисна. И сирникаш стенгахь йов, хууш яц-кха со, – элира нанас. «Уьш стенгахь йов, хьуна хаийта йиш а яц»,– элира Асета шен дагахь. Кхин шена дов дан бахьана карадалле, сихха араелира иза.

КетIа яла дагахь, ков схьадоьллуш, когана кIелахь «гIарчI» аьлла, г1овг1а йолуш а хезна, кхин тIе яз а ца луш, ког хьалаайбича – бIаьрга серло кхийтира цунна. Сарахь латийначу стогарийн серло а кхетта, къегина куьзган гериг[3] хиллера иза. Гериган цхьа агIо горга яра, ткъа важа агIо – ира, еха.

– Цхьана хенахь доккха, горга куьзга хилла хир ду хьо, – элира Асета ша-шега, лаьттара гериг схьа а оьцуш. Цуьнан серло, цкъа кевна тIе ерзош, юха керта тIе ерзош, т1аккха, лаьтта тухуш, д1асахьийзийра цо. Юххера цициг а ловза делира, и серло схьалаца гIерташ. Ткъа ша цу чу хьажа ца яьхьира иза, кагделлачу куьзгана хьажа ца мега бохуш, дуьйцуш хезнера цунна луларчу бераша. ХIетте а, кхин Iен а ца елла, куьзгана хьаьжира иза. Гериг жима хиларна, шен цхьа бIаьрг бен цу чохь ца гира цунна. Юххера, леррина хьаьжира Асет шен бIаьрге – гериг къегира. Корта хьаьвзира цуьнан, ша а хьаьвзира,  саца ца луш. Ша лаьттачохь лаьтташ юй хаьара цунна, амма цуьнца цхьаьна, ша хьийзаш санна а, хийтира. Цхьанхьара хIордан тулгIенаш гучуевлира. Уьш шех хьекхалуш хаа елира цунна. Куьзганара хIорда чухула цхьанхьа дIахьош яра Асет. ТIада ца йора иза, хи чохь елахь а. Байн, ховха чкъурах хьакхалуш, шена чуьра аратеттира иза хIордо. Ши ког лаьтта тIе хIоьттира. ТулгIенаш дIатийра. Иттех метр хьалха, лекха, даккхий дитташ а долуш, юькъа хьун яра лаьтташ. Цу дитташна тIехьа цхьа «шах-ших» а хезна, кхераелла, юьстахъелира иза. Хьуьна юккъера араделира дитте ца кхоччуш лекха адам. Адам? ХIан-хIа, чекх са гуш ца хуьлу адам, сийна бос а ца беттало адамах, йиъ метр лекха дегI а долуш адам дайна дац Асетана. Дехьа кхин а цхьаъ гучуделира, цунна тIаьххье кхин а, кхин а. ХIорд болчу агIор юхахьаьжира Асет. Цу чохь, дехьа агIор, бердана юххехьо, фонтан[4] гира цунна. Фонтанна дуьхьал тIай а дара, цу тIай тIехь лаьтташ шортта адамаш а дара – дукхахдерш бераш. Беснаш а хуьйцуш, эшарца хелхаюьйлура фонтан, и лагIъелча, лагIлуш, хьийзаяьлча, хьийзаш, гуттар а гIараяьлча, хIинцца стигала кхочу-кха иза олий, хоьтуьйтуш. Гулделла адамаш самукъане хьоьжура фонтане, ткъа бераш-м даккхийдийна а ца довлура шайна хьалха хIоьттинчу исбаьхьачу суьртах. Амма, хьуьна юккъера арайовлучу хIуманашка хьоьжуш царах цхьа а воций, хиира Асетана.

Суна а бен ца го-те уьш? – дагадеара цунна. Шегахь мел йолу майралла гулйина, цхьана хIуманна юххе яхара иза.

– Шу муьлш ду? – хаьттира цо. Шен багара даьлла аз дукха гIийла хиларх кхийтира иза. Кхуо делла хаттар ца хезира хIуманна, делахь а схьа-м хьаьжира иза.

– Шу муьлш ду? – юха а хаьттира Асета, хIинца мохь туххуш.

Цу тамашеначу хIумано меллаша корта схьаберзийра. Дош а ца элира цо, амма Асетана шен коьрта чохь цуьнан жоп хезира:

– Маьрсакаш ду тхо.

– Маьрсакаш? – цецъелира Асет. – Суна цкъа а дуьйцуш а хезна дац шух!

– Хир дац. Адамийн ойланех кхолладелла ду тхо, – юха а жоп хезира Асетана.

Дог чехка деттадала доладелира цуьнан. «Самах ду-те хIара, я гIенах ду-те? Бакъ дуй-те суна гуш дерг? Х1ара бакъ делахь, цIахь со яйна бохуш, лоьхуш хир ю-кха нанас... – ойланаш хьаьвзира Асетан коьртехь.

– ХIун дан даьхкина шу? – хаьттира цо маьрсаке.

– Тхо сирла ойланаш ю. Iаьржачу ойланашца тIом бу тхан, Маьрсакийн махкахь боьдуш. Кхузахь уггар сирла ойланаш кхоллало меттиг ю. Тхан махкахь го кхузарчу ойланех схьаеттало серло. Цундела, царах ницкъ схьаэца, охьадиссина тхо. Гуттар а сирла хуьлу берийн ойланаш! – элира маьрсака. – Ша серлонах лепаш хуьлу уьш.

Асет берашка хьаьжира.

– Схьайола суна тIаьххье, – хезира Асетана шен коьрта чохь. Ша яха еза аьлла, хийтира цунна. Шега, хIинца хIунда яхара хьо цунна тIаьхьа аьлла, цхьамма хаьттича, кхетамехь дала жоп хир дацара цуьнан, хIетте а цуо шена хетарг дира.

Дикка тидам бича, уьш дитташ чуьра араюьйлуш хийтира цунна. Диттан са арадолуш санна хетара, уьш шайна тIаьхьа сийночу басахь алу а юьтуш, диттех дIакъаьстачу хенахь. Меллаша, цхьамма шайна новкъарло еш санна, шайн бехачу когашца лаьттах хьакхалуш а, ца хьакхалуш а долчу боларца хIорда чу дуьссура уьш. Асет а царна тIаьххье х1орда чу йоьссира. Юха а, ша куьзгана чухула йоьдучу хенахь шена хааделларг, карладелира цунна. ХIордан тIулгIенех, малхехь къегаш, хIуьттучу тIеданашна[5] бухара хьалахьаьжча, стигал гира цунна. ХIара хIорд чу юссуш арахь маьркIаже яра, хIинца-м къеггина малх бара схьагуш. Дукха хан ялале хIордо, хьалха санна, аратеттира иза. Охьахьаьжча, инзаръелира Асет – когаш кIелахь стигал яра! Гонаха дукха лекха, андий дитташ дара. Церан орамаш лаьтта бухахь дацара. Латта-м кхузахь дан а дац, цуьнан меттана стигал ю. Стигалх д1ахьакхадала цхьа миллиметр юкъ а юьсуш, хIаваэхь кхозура уьш. Цу орамашна юккъехула чуйоьдучу маьрсакан тидам бира цо. «Стенгахь чекхдолу-те оццул лекха дитт?» – бохучу хаттаречу ойланца орам тIера дуьйна хьалахьаьжча, диттийн баххьашкахь гIийла техкаш хIорд гира цунна. Тийна, гIайгIане бара иза.

– Хьалха цу чохь дехаш тайп-тайпана а, хаза а чIерий дара. Боданечу ойланашца тIом болабелчхьана, хIорда чуьра цхьаццанхьа охьаэгна уьш, шайн цIа кхин юха ца дерзалуш, дисина, – хезира цунна маьрсакан аз.

Цо и аьлча, аьрру агIор, генадоццуш, диттан орамна тIехьа Iуьллучу чIеро, хIорде хьала а бирзина, цхьа тамашена, дог Iовжош, гIайгIане узар дира. Цунна тIаьххье, цхьаццанхьара кхечу чIерийн узарш а хезира. Цаьрга ладоьгIуш, церан лазам, бохам, бала, сатийсам, гIайгIа – и берриге 1ийжам Асетан дагах хьаьрчира. ХIорд а меттахбелира, шен яккхий тIулгIенаш сингаттаме хьалакхуьссуш, шел т1аьхьа кIайн чопа а юьтуш.

– Соьга цхьана а тайпана гIо далур дуй шуна? – хаьттира Асета маьрсаке. – Суна гIо дан лаьа!..

Циггахь маьрсакан шерачу юьхь тIехь бIаьргаш дIахIиттира. Асетана тIе а дирзина, лерана цуьнан бIаьргаш чу хьаьвсира уьш. Асет, бIаьрг-негIар ца тухуш, дуьхьал хьаьжира. Иштта лаьттира и шиъ, цхьа хан яллалц. ТIаккха шен деха дегI хьаланисдира маьрсака. Меллаша корта а таIийна, аьтту агIор пIелг хьажийра цо. Цу агIор дIайолаелира Асет, маьрсаке баркалла а аьлла. Иштта ехха яхара иза. Новкъахь гучудолуш, хIара аьлла, хIума дацара.

– Нийса йоьдуш юй-те со? – аьлла, дагадеаначу хенахь, цIеххьана цхьа шело хааелла, хорша еара цунна. Цхьа а дитт, цхьа а дийна хIума доцуш, пана арахь нисъелира иза. Цхьа бодане яра и меттиг. Лаьттара стигал а кхоьлина яра. ДIо дехьа, цу яьссачу пана арена юккъехь, цхьа хIума яра. Ша дIакхаьчна хиларх кхийтира Асет. Юххе мел йоьду а, цунна цигахь ерг къаста йолаелира. Яьссачу арена юккъехь гIикх[6]гира цунна. ГIикх тIехула, хIаваэхь, аркъал Iуьллуш йоI яра. Цуьнан ехачу Iаьржачу месаш тIера цIечу зезагийн жаззаш[7]Iенара гIикх чу, цу чуьра лаьтта а. Цуьнан коьртана дуьхьал, шалабича санна, цунах тера а болуш, кхозура кхин а цхьа корта. Амма цу коьртаца дегI дан а дацара. Цуьнан месаш а яра, лаьтта жаззаш а Iенош, аре цIий а йина, лаьтташ.

– Схьайола... – йоьIан аз хезира Асетана шен коьрта чохь. Амма шиннах цхьа а корта меттах ца хьайра, я кхуьнга схьа а ца хьаьжира. Асет кхин а юххе яхара.

– ГIикх чу йижа... – хезира цунна. Кхоьруш, сиха деттадала доладелла шен дог сацо гIерташ, тIе куьг диллира цо. Когаш-м бегочуьра совца ца лора. Шелонна я кхерарна бегош бу уьш, ца хаьара цунна. ЧIерех къахетаро гIо дира цунна, шен ког хьалаайбина, гIикх чу йижа. ЙоьIан месаш тIера охьаоьху зезагийн жаззаш цунна тIеIена дуьйлира...

Дийна воцу шен да дагавеара цунна. Диъ шо хан бен йоцу ша дас шен гай тIе а хаийна, набкхетта кеп а хIиттош, гIенах «харр-харр» деш, цунах ша йоьлуш гора цунна, юха ша набкхетта цахиларх Асет кхетча, да воьлура; шен лулахочуьнца, шеца цхьаьна хьалакхиъначу дикачу доттагIчуьнца, Заремица, дуьххьара даьлла дов дIадоккхуш, ша маракхетар дагатуьйсура; ишколехь уггар дика стихотворени ешарна хьехархочо ша хастош, арахь доттагIашца ловзуш, нанас мохь а тоьхна, схьакхайкхича, кховдийна, леррина шена дина долу, кучан хьалхара кисана хоъал жимачу бепигах ша йоккхаеш, и доттагIашна гойтуш; ГIура-Дадас Керлачу шарахь шена делла, ша чIогIа сатийсина хилла долу тайниг. Юха цхьа тамашийна йовхо хааелира кийрахь. ТIаккха баьхкира цуьнга ша цкъа а хьалха ца лайна синхаамаш[8]. Лаьттах, стигалах, Iаламах д1аийна, дIахIоьттира иза. Массоа дийнатех, мел йолчу садолчу хIуманех д1аийра иза. Буц, мох, маьлхан зIаьнарш, зингато боккху ког, хIора садолчу хIумано доь1у са, зезагаша молу хи, Iаламан пхенаша, дитташа лаьттах оьцу ницкъ, церан лаьттаца а, стигалца а йолу уьйр, шен дегIехь лела цIий, оццул генахь йолу есалла[9], хьийза сайраташ, седарчий... Уьш х1инццалц шена ма моьтту цахилар гора. Эзар, эзар дакъа а хилла, массо хIуманах ша дIауьйш, хаалора цунна. Зезагийн жаззаш тIомадевлла, махе шаьш ловза а дойтуш, маьрсакийн мохк мел бу дIадаьржира.

Массо а маьIIера чIерий шайн цIа, хIорд чу, хьалаэха дуьйладелира. Церан хазахетар, дагна йовхо йохьуш, Асете схьакхечира. И тIом бахьанехь бала хьоьгуш долу дерриге а стигалара къам паргIатделира.

Доккха са а даьккхина, ши бIаьрг схьабиллира Асета. Шена тIеIена зезагийн жаззаш гира цунна. Оцу минотехь севцира уьш. Ша ца хилча санна, хIинцца ши бIаьрг схьабиллинарг, юха а, доккха са а доккхуш, схьабиллира цо бIаьргаш. Шен цIахь, маьнги тIехь, самаелира иза. Карахь куьзган ангалин гериг яра. И Iуьйдуш латтийначу куьйгах цIийн тIадам охьабеара. Хадийначу куьйган лазар Асетана хаа а ца лора, дог-ойла ерриге а айаелла яра, тIомаяллал самукъане.   «ГIенах хилла-те и дерриге?» – дагадеара цунна. Амма циггахь д1алаьхкира цо и ойланаш. ХIан-хIа! Суна хаьа, сайна гинарг бакъ дарий, хьанна а, хIуъа аьлла а, со къаръян дагадагIахь а, со къийса-м лур яц. Делахь. Суна. Хаьа. Сайна гинарг бакъ дуйла!..

Цу тIехь сацам а хилла, маьнги тIехь нисъелла, охьахиира иза, корехула ара а хьоьжуш, шена мел гинчу хIуманийн ойла а еш.

         – Асет! – мохь туьйхира нанас.

Асет, цIеххьана шен лерехь мохь а хезна, хьалакхоссаелира, юха маьнгин гIовланах ког а тасабелла, охьакхийтира. – Ай! Вай! – бохуш, цхьана кога тIехь кхисса а луш, д1ахьаьжча, ненан хьаьжа юккъера шад а гина, сихха дIанисъелира иза...


[1] зрачки

[2] пленка

[3] осколок зеркала

 

[4] Хьалаетта кочалла, хи.

[5] блики

[6]лодка

[7]цветочные лепестки

[8] чувство

[9] космос

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика