Истори

PDFПечатьE-mail

1679

Абдулаев Леча

Истори

 

Истори еш бохку нах.

Нах бохку истори юттуш.

Историх дIалуш бу мах, –

Эхартах бала цахIуттург.

 

Дуьненан терза ду узуш,

Тоьллачун кеда мел буьллуш,

Эшначун кад къинойх бузуш,

Историн кхел кхочушхуьлу.

 

 

Историн тоьлларг ву бакъ.

Истори – тоьллачийн джаннат.

Харцверг вац, эшнарг ву хьакъ

Историн жоьжагIатанна.

 

Истори лохуш бу нах,

Цунах луш дIабоьхху мах…

Истори – Iесачу нехан

Эхарт ду.

         Бехк а бац лиэрх.

 

 

 

***

 

Дог, хьо хьулдан гIертар эрна деца

И хьайн тийна, гIийла назманаш.

ХIара дуьне дукха мел а деза,

Дукха бевза дегаэшамаш.

 

Декъал муха хила веза хиънарг

Цкъа а декъалхилла дIагIур вац.

Цунна делхахь, делхийтахьа илли,

Цунна хилахь, хилийтахьа вас.

 

Амма уггар гIийлачо ирс ларрал,

Ирс ду лаьттахь хIора стеган а –

И ду Даймохк олу сийлахь латта,

И ду Ден кхерч олу сийлахь цIа.

 

И ял еца, бицбан массо эшам,

Эккхо массо ойла, гIайгIане…

Со дуьнене эзар бIаьрга хьежна,

Цхьана дагах хьежна Даймахке.

 

***

Хьан йи хьо, Нохчийчоь,

Хьуна дай хIитта,

Хьо оьшурш, цаоьшурш

Бохуш, нах литта?

 

Мила ю хьан нана,

Мила ву да а?

Мила ву, хьо екъна,

Кхаьчнариг да́къа?

 

Мила ву гергара,

Мила ву хийра?

Мила ву каш хьарам

Хьан лаьттан кийрахь?

 

Мила ву юкъархо, –

Хьуна тIевало?

Муьлш бу и устазаш, –

Хьо еза Iамо?

 

Мила ву уьш эшнарг, –

Хьан сих са дага?

Мила ву уьш лехнарг, –

Хьан сих са къага?

 

Милла а ву, амма вац

Шарипан Леча.

Цхьа а вац цунна дарс

Хьеха я эца.

 

Суна ца эшна хьан

Дозаллийн дареш.

Сан дог ов хилла хьан

Иэшамийн, да́рийн.

 

Суна хьо, Нохчийчоь,

Еза ца езна,

Иэша а ца эшна,

Суна хьо

                   лезна!

 

 

 

 

***

БIаьсте, хьо стенгара йогIу?

Iа мичахь даьккхира ахь?

Бераллехь хьан мотт хуьлура

Юьйцинчу керташ кIелахь.

 

Юьйцинчу керташ бухара,

Ког хьокхий, котамаша

Хьо «бен» чу яхна и лараш

Схьахьокхура меллаша.

 

Хьуо гучуяларх а кхетий,

Лечкъаргех ловзучуха-а

ГIоттура хьо, хьайга оьций

ЗIаьнаре маьлхан чуха̀1.

 

Кхин яц и юьйцина керташ,

Ткъа хIетахь дуьйна со кхин

Я Iа дIадаларх ца кхета

Я – бIаьсте я́рах а тIе.           

 

 

                   ***

…Серех юьйцина керт.

КIайн кир тоьхна цIа.

Бай сийна уьйтIе.

Хецна лаьтта ворда.

Ежаш йоллу говр.

– Буьнан неI дIакъовла…

– Аттана гIад дилла…

– ЖIаьлина доьша дотта…

 

ДоттагI, доттагI,

дукха хан еца

                   суна и сурт ганза,

Эвлахь ян ма-еззара

                   суьйре тIеяза…

Ас ненан маттахь

Даймохк биэшаза!

                  

                           

                   ***

Сан БЕРАЛЛИН

         Iуьйренийн –

шурин чам бара;

         суьйренийн –

         бецан чам;

         буьйсанийн –

         туьйранийн.

 

 

                   ***

Диканиг хьахадан кхоьру со.

Хазаниг хьахадан кхоьру со.

Диканах, хазачух хьаьгна хьо

ГIаггIъаьлла елхарна, кхоьру со.

 

Да-нана хьахадан кхоьру со:

Буо виснарг велхарна, кхоьру со.

«ЙоI» ала, «воI» ала кхоьру со:

ХIухаьддарг велхарна, кхоьру со.

 

Гуо талла, бIов йоцуш висначохь,

Букъ тоха берд боцуш висначохь,

Куьг делла, белш гIортош, гIаттийна,

Хьо латто гIо доцуш висначохь

 

Хьан лекха лам хьахо кхоьру со,

Хьан Орга, Терк хьахо кхоьру со.

 

Нохчийчоь, хьо йийца кхоьру со:

Къонахий белхарна, кхоьру со.

                                                        2002 ш.

 

 

                   ***

Эцца сехьа керт ю еш,

дехьа юттуш лард ю,

Масех аьрша охьаваьлча,

жIаьлех лета герзаш.

ЖIаьвнийн тата гIийла ду,

герзийн тата къардан,

ХIетте герзаш тоьчу юкъна

жIаьвнийн тата хеза.

 

Мел дукха а некъ бен бац,

мел дукха а куп бен, –

Цу валарний, вахарний

юккъехь ду цхьа парду.

Нохчийчоь, хьо тарло иштта

кешнашкарчу къуббах:

Валар, вахар – ший а ахь

цхьана керта тардо.

 

ТIамца юкъахь оху ахь,

тIамца юкъахь ору,

Шокъалеш дIакъестаеш,

чудерзадо чIана.

Хьо коч яра хиинчохь

марчо хуьлу дорург,

Сарахь той ахь гулдинчохь

тезет хIутту кхана.

 

Машар аллал маршо гуш,

ахь дуьне ца диъна,

Шен-шен аьлла

диканан,

вуонан

мотт ца хилла.

Дакъа тоттуш маьнги кIел,

хьешана той дина –

Цунах Iаьмма хир ду-кх хьуна

и хьан аьрха гIиллакх.

 

ТIАЬХХЬАРА БАЛ

   (ширчу мукъамехь)

 

Той хьанна дина ду?

ЙоI хьаьнца къоьруш ю?

ДIахилал,

схьахилал,

хIай, кIентийн ковра!

Бакъо сан алсам ю.

Таро сан шорта ю:

Со тахна волуш ву,

со кхана вовр ву.

 

Некъана теба сан

тоьллачех чIирхой.

IиндагIна лета сан

Iедалан иэраш.

 

                   ДIахилал,

                   схьахилал,

                   хIай, кIентийн ковра!

                   Со тахна волуш ву,

                   со кхана вовр ву.

 

Ас хьеян ца йоьху

кху тойнан бакъо.

Ас кхачо ца доьху

шу кIентийн собар.

 

ДIахилал,

                   схьахилал,

                   хIай, кIентийн ковра!

                   Со тахна волуш ву,

                   со кхана вовр ву.

 

Йиллина яьлла и

«тешаме» хIусам.

Биллина баьлла и

«тешаме» мотт.

 

                   ДIахилал,

                   схьахилал,

                   хIай, кIентийн ковра!

                   Со тахна волуш ву,

                   со кхана вовр ву.

 

Дийцина даьлла и

да оьцу хабар.

ТIебаьхьна баьлла и

да вухку мотт.

 

                   ДIахилал,

                   схьахилал,

                   хIай, кIентийн ковра!

                   Со тахна волуш ву,

                   со кхана вовр ву.

 

…Той хьанна дина ду?

ЙоI хьаьнца къоьруш ю?

Схьа юккъе яккхал и –

син бIагор бовза!

Бакъо цкъа соьгахь ю:

зама сан шорта ю –

цкъа пхьаьрсийн чIагарехь

тайна йоI хьовззол!..

 

                   ДIахилал,

                   схьахилал,

                   хIай, кIентийн ковра!

                   Со хIинца волуш ву,

                   со хIинцца вовр ву!..

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика