Берзинчу когийн лар

PDFПечатьE-mail

 

Бексултанов

Бексултанов Муса                                        

 

Сайн денанна Хантотин безамна

 

– Даба, во-о Даба! – кхойкху нани кху чуьрчу кӀанте, – хьада, дӀавада, дукхаваха иза, эса мичахь ду хьажий вола, – олуш.

Дуьхьал аз ца хеза.

– Ва, хӀокху сохьтта кхузахь вацара и кӀант, иза стенга ваха? – гондхьа хьоьжу нани.

Со велало, кӀентан хӀилланаш а девзаш.

– Оцу кӀантана эхь ца хета, – олу нанис тӀаккха, рагӀу кӀелахь, машенах шура чекхйоккхуш Ӏаш йолчу, – жӀаьлел тергал ца йо-кх цо со, – олий.

Суна кӀентан берзинчу когийн баххьаш го, цӀийна маьӀӀехь тебна лаьттачу.

– Во-о, Харц-Мирциг! – нани юха а кхойкху, ша оьгӀазъяхча йоккхуш йолу цӀе а йоккхуш кӀентан.

КӀант меттах а ца хьов.

– Хьуна ма яла Дала жоьжагӀати, ва харцахь ирбина хьокха! Нелан мел велларг хьакхийца воллийла сан, со кхузара цкъа хьалагӀаттахь, ас хьуна хӀара гӀаж…, – шегара Ӏаса лаьттах туху нанис.

ДӀогара кӀант, кхин гучу а ца волуш, воду.

 

 

Берийн аьзнаш дека.

– Схьало кхуза, схьало! – мохь оьху цхьаьнга.

«Долоп!» – буьрка тӀехьарчу пенах кхета.

Тата эккха.

– Вахьа-хьа-хьа! – важа воьлу.

– Ванах, ванах, эхь хета а хетий цунна! – ша Ӏаччохь дӀасахьоьжу нани.

– Ас хӀинца схьавалаво хьуна иза, нани, – олу ас сайн нене, ков долчухьа дӀа а волалуш: «Ма тера ду-кх, ма тера!» – маццах айса бабина – сайн денанна – лелийнарш дага а оьхуш.

 

ЭхӀ, ма вон а лелар-кх со, лела-м ткъа – хӀинца дагадеъча, эхь ма хета, – харцахьа мел дерг бен , цхьа дика хӀума ца долур-кх соьгара цкъа а.

Казахстанера цӀадаьхкина хан яра-кх иза.

Исс-итт шо дара-кх сан хӀетахь.

Тхоьгахь дукха нах соьцура, цкъацкъа бархӀ-итт а нислуш, Сибрехара цӀа вогӀу-вогӀург: тхан дас , рагӀу санна, дехха цӀа динера, масех чоь а йолуш. Суна хӀетте а вижа меттиг а ца кхочура цкъацкъа, поднара кӀел ца вижича.

Нохчийн хӀусамашкара суьйлий дӀа ца боьлхура. Девнаш хуьлура, лиэтаршца, милици а йогӀуш.

Оха, бераша, суьйлишна иштта йиш локхура:

Горы и долины,

Уходи талбины,

Русский тоже

Собирает шмотки, – олуш.

Нах буьйлабелла лелаш хуьлура, марабетталуш, буьйлуш, боьлхуш. Синкъерамаш а хуьлура дукха, хӀора буса бохург санна, зударий а кхуьйллуш.

Ков-керташ а дацара. Цхьа зӀуй хуьлура, керт ю, бохуш, тӀекӀелдоьттина, коьвна метта – гӀуркхаш а.

Пенаш поппарх хьаладуттура, белхи а бой, дехьа-сехьа аннаш а лоцуш. Тхоьвна тӀе эрз буьллура я Ӏаьржа кехат тухура, тӀехула охьа реканаш а етташ.

Хьаьаш хуьлура массеран а керташкахь дӀайийна, ятта гӀабакхаш а.

Дукха варраш а дара, дӀаоьхучу суьйлишкара схьаийдина.

Дерриг а тхуна – берашна – ма-дезза дара-кх, ядо хьаьжкӀа а, гӀабакх а хуьлуш, ма-луъу хехка варраш а.

 

Цхьана гӀулкхана доьлхучуха, урамехула цхьаьний хьаладуьйлалора тхо, берзинчу когашца чан а гӀиттош, кхо-виъ цхьаьна а кхетий. Юккъера цхьаъ лулахойн керта эккхара цӀаьххьана, хьаьжкӀаш яха.

Кхано юха, иза чет дуьзна ваьлла хир ву, аьлла, хеттачу хенахь, юхадоьрзура тхо, лечкъина Ӏаш волу накъост тхайх схьакхетийта.

ТӀаккха дуьйлуш, даккхийдеш, тхайн хьаьжкӀаш а оьций, Ӏин чу дӀадоьлхура. Цигахь йоккха цӀе а латайой, хьаьжкӀаш йоттуш, ловзуш, лиэташ, ши-кхо сахьт а доккхий, Разор чохь луьйчура, геш тӀулгех а хьекхалуш: хи жима дара, хьаккхолгел лакха а ца долуш.

Юха сарахь дов а хуьлура-кх кертахь, вир чу ца деъний, аттанна сух ца даьккхиний, котамийн куьркан неӀ дӀа ца къевллий, бохуш, бабас суна тӀаьхьа Ӏаса а кхуьйсуш.

Ӏаса схьа ца кхетара – со раз-пурх уьдура, нийсса дуьхьал дӀа а ца водуш.

– Куьркан неӀ тӀекъовла, хьуна Дала жоьжагӀати ма яларг! – мохь тухура бабас тӀаьххье а, шен девнех гӀуллакх ца хилча.

Буса-м дӀадоьрзура девнаш, баба ламазан кхакхан тӀехь набарна а теӀаш. Со а хуьлура тоххарехь гӀенаш гуш, чохь сискал аьтта шурин кад сайн дегӀах дӀа а тухий.

Ӏуьйрана юха бабас ша сецавора со, хӀума яъалц чуьра ара ца волуьйтуш: «Сарралц мацалла ваьлла лелар ву кӀант, лелий яла!» – сан нене мохь а бетташ.

– ДӀавахийта, дӀавахийта, эхь дац хьуна цунах! – олура нанас.

Да суна ган а ца гуора буьйсанна бен я Ӏуьйранна – иза цхьанхьа балхахь ву, бохуш, дуьйцура, суна мичахь ву-м ца хаьара.

Цуьнан когахь хуьлуш хилла керзови эткаш, тужуркий, лергаш долу куй-м дагабогӀу суна тахана а. Эткийн бертигаш охьакарчийна хуьлура, дехьа-сехьара лоламаш а гуш.

 

Ас сиха-сиха пуьташ буттура бабина а, нанна а: кхела лазаяьллий, чуо лозий, кхин-важа олуш. Цкъа-м, бакъдерг аьлча, бабина гучувелира со, ас сайн корта богу, аьлча, бабас хьаьж тӀе куьг а диллина. ТӀаккха бабас арз дуора суна дадига, кхин чӀогӀа хӀума а ца олуш, мелла а шега ладогӀийта дагахь.

– Схьавоьл цкъа кхуза! – тӀечевхара дада – хьий мурзавец хьо, вон мурзавец, – олуш.

– КӀанатана ма тохалахь! – мохь болура бабига, цӀей-молхий ца оьккхучу дуьненан тӀаьххьарчу тӀамехь туьраца гӀазот даккха дезаш ву бабин кӀант! – олуш.

Дадас лерг хьовзош санна – лерг буйна а лоций, – буй хьовзабора:

– ХӀинца муха хета хьуна! – олий.

Ас мохь хьокхура, баба дадех лата а хьодуш.

Церг я кхела лозу, аьлла, ас куьйгашца бат къовллушехь:

– Нана яла цуьнан, хӀун де ас, хӀун еза хьуна, кхела хӀун йиъча соцур яра? – хоттура нанас, сан хӀилланаш девзаш, ас церг лозу моссаза олу.

Ас гуттар а юучуьн цӀе йоккхура: нитташ чубоьхкина ахьаран галнаш, цӀий а йолуьйтуш, кхерзина картолаш я хингалш, олий. Дукхахьолахь, картолаш кхорзура суна, уьш а – гӀуллакхаш дукха долуш, нана йиц а лой – цӀияларна метта, яьгна а хуьлуш.

ТӀаьхьуо и кхидолу «лазарш» дӀадехира ас сайца долу, кхела лазар Ӏадда а дитина – иза атта гучу ца долура: массо а кхела Ӏуьрг даьлла я яхкалуш хуьлура сан, вукху берийн санна.

 

Цхьана Ӏуьйранна иштта, кхела лозу аьллехь хӀун дара-те, бохуш, хьала а ца гӀоттуш, Ӏуьллуш вара со, ойланаш еш: сан классерчу кӀанта итт соьмах вилспедан ши педаль, руль, зӀей, тӀехьара охьахуург лур ю аьллера суна. Рама сан йолуш яра, ши чкъург Гехи-чуьрчу сайн шичин Хьатойн юйла хаьара суна. И шиъ ас, суо нанас цига вигча, автобусахь схьайохьур яра.

– Хьо хӀун деш Ӏуьллу, хьалагӀатта цигара, мотт дӀабаккхийта! – элира нанас, цхьана хӀуманна-м чу а еъна, ша юха арайолуш.

«ХӀан-хӀа, лур дац нанас итт сом. Бабас-м дала мегара, ала эхь ца хетча», – хьаьнгара-муха доккхур дара-те и итт сом, бохуш, дӀасакерчаш Ӏуьллучу суна, гӀайби тӀехула таттабелла ирхбоьдуш и нана боккха меза ги-кх, кӀарула-Ӏаьржа, берстина баттӀа боллуш. «Вай-й, кхунах хӀун дийр дара-те хӀинца, цхьаъ дан-м ма дезий кхунах хӀета а, вета а!» – дагадеанчу ас, оцу сохьтта шина пӀелга юкъе ма боьллий меза-м, берашна цхьанна чета кхосса я цхьа къулхьоза дан дагахь.

Катоьххана дӀа арахьаьддачу суна, баба ги-кх, малхе а хиъна, гуттар а санна, шен месашна машадаьтта хьокхуш, юха ахкарца уьш шаръеш, Ӏаш. «ХӀа-а, йита ахь, меза хьаха бу ас бабин коча кхуссур!» – велар иккхира сан:

– Баба, Ӏуьйре дика йойла хьан, хьо хӀун деш ю! – ма эли ас тӀаккха, цкъа а ца аьллачу беса, эсала, кӀеда.

– Со хӀара ши-кхо чо нисбан гӀерташ йоллу-кх, – элира бабас.

– Собар, собар… меза бац суна гушберг…меза бу хьуна, баба! – цецвелира со, бабина охьа тӀе а таьӀаш.

– Ахь хӀун дуьйцу, ва бабин бурсакх, меза муха хуьлу бабина! – баба шек а ца елира.

– Пхьа буьллий ахь соьца, баба, итт соьмана, суна меза карабахь, ахь суна….

– Итт туьмана-м буьллу, хьуна лаахь – ткъа туьманна а! – элира бабас, – суна Казахстанехь а ца бина меза, нах мезаша буучу хенахь а! – аьлла.

Аьтто куьйга бабин месаш а кегош, аьрро куьйган пӀелгашна юкъехь Ӏаьвдина болу меза бабин коьрта тӀе кхоьссира ас:

– Хьажал, баба, кхуьнга! – олуш, меза дӀа а гайтина.

– Гайтал, гайтал, – меза соьга бӀостанехьа дерзийначу куьйга тӀе а биллийтина, – вай, хӀара-м цхьа бӀотӀа ю, меза аьлча а… дера бабин кӀентан цӀий дика-м ду… со бер долуш, цӀера дахале бина-кх суна кху тайпа меза, – элира бабас, «пухӀ», аьлла, аркъалчу куьйга тӀера меза дӀа а кхоьссина.

Сан хӀилла чекх ца делира – со ийшира.

 

Туьма-м иштта а делира суна бабас, дерриг цкъа схьа а ца луш, пхи сом луш, юха кхо сом, тӀаьххье а ши сом а делла.

Ас оцу сохьта доьхкира-кх, дисинчух пистонаш лоьлхуьйту тапча а эцна сайна.

Оцу тапчанах цул тӀаьхьа, йоккха ӀалагӀож а хилира-кх, со дӀавига милици а йогӀуш.

 

Шаладина йиший-ваший дара тхан классехь, цкъа а цхьаьнгге а дист а ца хуьлуш, ӀиндагӀ санна, цхьаьнцце а уьйр а йоцуш, шаьшшиъ лелаш. Памили Шалаев яра церан – Шалаев Межид, Мелижий.

Да воккхо стаг вара, сельсоветехь болх беш а волуш. Сикиртар олура цунах наха. Иза а вара-кх иштта, и Сикиртар, шен ши бер санна, ахь Ӏуьйра дика я дедика дарх, бӀаьргашца хьо вустар бен, дуьхьал цкъа а вист а ца хуьлуш.

Церан бен хӀетахь ков а дацара тхан юьртахь – догӀа туху ков я церан санна, лекха керт а.

Ков дийнахь а тӀехь, догӀа тоьхна а хуьлу бохура церан, мила ву, аьлла, хаьттиний бен, цхьанне а схьа а ца доьллуш.

 

Вон хӀума шайтӀанера ду бохург, бакъ ду-кх хьуна, ца хилча, суна мича дагадогӀур дара ШалаевгӀарна хенакӀур ян ваха, юккъера уьш а къастийна, дехьа Эдал-Солта воллушехь, и шен вир – хӀуьттаренна санна – гуттар а тхан саьнгал чу дӀадоьхкуш волу, тхуна буьрканах ловза меттиг а ца юьтуш.

Вир, аьлла, цхьа хӀума хилла делара и вир а, юхе ваха, хьовха, уллохула тӀехвала а йиш йоцуш, цхьа саьрмик бара-кх.

ВаллахӀ, суна сайна а-м ца хаьа, и ШалаевгӀар сайна дага хӀунда баьхкира цу сарахь, ша оцу шина берана а, церан дена а дог эттӀа ца баьхкинехь…

 

Катоьхна хьаьдда – дӀавижа хан тӀекхачале – сайца Батаев Русланний, Шамсий а эцна, ШалаевгӀар дӀабийшшалц церан бешахь тебна а Ӏийна, коран уллерачу дитта тӀехула тай сехьадоккхуш, буьхье тӀулг а оьллина, тӀаккха, меллаша: «ТӀак-тӀик» – шозза тухуш, собар деш, юха а шозза тухуш, хенакӀур ян йолий хьуна оха царна, хӀинций-хӀинций церан да тӀаьхьаволу-кх тхайна, моьттуш, дӀадовда кийчча, охьа а таьӀна.

Цхьа а ара ца волу-кх. Я стогар а ца лета, гӀовгӀа а яц-кх!

«Ай-й, хӀара хӀун ду-у!» – цкъа цец а девлла, юха хаддаза хенакӀур лаьллийн хьуна оха царна, хьо хӀун деш ца воллу, саццане а саца ца еш.

ЦӀийна маьӀӀехь цхьа хӀума хьовш санна хийти-кх суна бодашкахь, гучуйолуш, юха дӀайовш, бӀарлагӀа санна. ХӀа-а, хӀара Межид ву-кх хьуна тхан классера, дагадеъна, хьалхий-тӀаьхьий чуйолла ши пистон а кечйина, цхьаъ чу а юллуш «тӀох-тӀох», аьлла, тапча ма яссий аса-м тӀаккха, виснарг а Межид кхеро дагахь. Цхьа гур-гур даха-кх дӀа, ханъялале чохь маьхьарий а довлуш.

Оха кӀур бира, церан хьаьаш а кегъеш.

 

ШоллагӀчу дийнахь, канала чохь тхо луьйчуш дохкуш, тӀехьа цӀа долу машен хӀоьтти-кх схьа, шопарна юххехь Ӏаш милцинер а волуш.

ТӀехьа чохь дада а хиллера. Лаххьийна даьхьна машен чу ма-кхиссий тхо-м, уьстагӀий санна, лестош, юха сельсовета хьалхахь охьа а дохуш.

Тхо чудигира, сельсовета чу, цхьацца вуьгуш, вуьйш сени чохь а латтош.

Дада чу ца ваийтира.

Бухахь кхин ши милцо а хиллера, ШалаевгӀеран да а волуш.

– Тапча хьенан яра шун? – хаьттира.

– Сан ю, – элира ас.

– Мичара яьлла хьуна тапча? – хаьттира.

– Кхо сом а делла, туьканара эцна-кх, – элира ас.

– Муха кхо сом а делла?! – тӀечевхира.

– Цунах кхин деха-м ца доьхура, – элира ас.

Милцо Шаламовн дега хьаьжира.

– Бакъдац, – элира Шалаевн дас – я знаю этот звук, ни раз слышал, – олуш.

– ХӀинца мичахь ю хьан тапча? – хаьттира милцочо юха соьга.

– Чохь ю-кх, – элира ас.

Дада чукхайкхира.

Дадий, милцой тапча схьаян вахийтира.

ТӀаккха со – вуьйш сельсовета чохь а буьтуш – ШалаевгӀеран керта дӀавигира милцоша, Межидан да а волуш цхьаьна.

Иза цкъа а вист ца хуьлура.

– Дийцал, хьо мичахь лаьтташ вара я Ӏуьллуш…тапча стенга хьажийра ахь, хьуна хӀун гира?

Ас дӀадийцира, тапча хьажийна меттиг а гойтуш, сайн дайна урс а дуьйцуш цу буьйсанна.

– Моссазза кхоьссира ахь? – хаьттира цо, баца юкъехь цхьаъ лоьхуш а волуш.

– Кхузза, – элира ас.

– Цхьа а охьавуьйжирий?

Ас «хинтӀ» дира, велар хьодуш.

Баца юкъара цхьа хӀума схьа а эцна:

– ХӀара ду-кх хьан урс, – аьлла, сан коьртах тӀара туьйхира милцочо, – яхийтта кхузара, кхин вон ма лелалахь! – олуш.

– Сан тапча?

– Хьан тапчий… тапча оьшу хьуна? Къонахчун масех ма хуьлу тапча! – сан тапча схьа а кховдийна, вукху милцочуьнца дехьавелира иза: «Да нет, – хезира суна, – не было, у вора шапка горит… какой пистолет, ахь хӀун дуьйцу…» – олуш.

 

Сарахь дада волчу нах баьхкира, тхан гергара нах, юьртахь ас боккъал а йолу тапча кхиссина, боху, мотт-эладита а даьржина.

Со-м бабас гучуволуьйтуш а вацара, дадех ларвеш, шен букъ тӀехьа къайлаваьккхина.

– Ван хьанах, мича тайпана ву и Къур-Махьма? – хаьттира тхан дешичас.

– Къур-Махьма яц цуьнан цӀе, Махьма ю, – элира дадас, – тайпана нашхо ву ша-ма боху цо, – аьлла.

– Хьан-сан десар вац-кх иза-м цхьа а нашхо, велахь, эцца дехьа – Рошничу, Гихчу, Шалаже, Янди-кӀотара я СемаӀашка шен нашхой болчу Ӏаш а хир ма вара, ворхӀ юрт а хадийна, цхьа пӀелг санна, ша цхьаъ, кхечу тайпанашна юкъехь а ца Ӏаш! – карзахвелира тхан дешича. – Цхьа йовсар ю-кх, бийца лам а я гайта кха а доцуш. Со иза мила-хӀун ю, мичара яьлла хьожур а ма ву, Дала мукълахь!

– Бехк вайн бу-кх, – элира дадас, – нах шайн чохь Ӏаш бара, вай битинехь, – аьлла.

– Бераш ма ду уьш, бераш! – дешичас тӀе а ца дитира.

 

Юха, бутт баьлча – бутт кхочуш а бацар-кх, ши кӀира дара моьтту-кх сунна, цхьана Ӏуьйранна ШалаевгӀеран цӀийнан корех раз-пурх диттина аннаш тхуна гича: уьш цхьаьнгге а ду-дац а ца олуш, дӀабахана хиллера буьйсанна, юьртдега шайн цӀа дӀадохка а аьлла.

– Цхьа боьха хӀума хилла, да хьакхийца валларг, – элира тхан дешичас, мелла а ханъяьлча, – вай цӀера а дахале Ӏедалан цӀарах нах бойуш лелла, ша гучуяларна кхера а елла, едда кху юьртара, – аьлла.

Дада цул тӀаьхьа сох лата а ца гӀоьртира, кхано юха, ас лулахойн синкъерам бохийча, дешичас кӀелхьара ца ваьккхинехь, сайх хӀун хир дара-м ца хаьа суна, бакъдерг аьлча.

Сан бехк болуш хӀума а дацара хьуна уьш цхьа а, и баккхийнаш бац, уьш лартӀехь цахилар дара-кх, цара догъэтӀор… со синкъераме хьажа ца мега, лулахойн чохь а хилча, я, гуттар а, тхо буьрканах ловзу меттиг дӀайоккхуш, Эдал-Солтас шен вир хӀунда доьхкуш ду тхан саьнгал чу дӀа!

И дара-кх и дерриг а, оцу ШалаевгӀеран дас, шен дедика дича, дуьхьал «бур-бур», аьлла, цхьа а дош цаалар а долуш.

 

ХӀара Ӏай дара, ло догӀучу буьйсанна; цхьа тӀеда ло дар-кх иза, хи санна, тӀеда.

Лулахойн чохь синкъерам бара.

Со чу ца вуьту-кх.

Шозза-кхузза, лерг а лаьцна, чуьра аракхоьссира со церан кӀанта, тӀаьххьар а – ластийна ваьхьна – лай юкъе бертал а тухуш.

Ас къа-м дийхира цунна, гена а ваьлла, цо тергал а ца дир-кх, со ван а воцуш санна. ТӀаккха ас Ӏуьргара цхьогал даьккхира-кх царна, неӀ дӀакъовлуш, туьнталгах чу кӀур а хецна.

«Дарга-дирга, дарга-дирга!» – синкъерам уггар а мӀакабаьллачу хенахь, ас, меллаша вахана, неӀарний, гуранний тӀера ши чӀуг яц – догӀа тоха оьллина йолу, – и шиъ сераца къевллина, чӀоггӀа дӀа ма йихкин хьуна, церан чуьра стаг ара ца валийта. Юха, йол яц, горгам еш, иза лайла а хьекхна, хатт санна, тӀадийначул тӀаьхьа, таӀӀийна яьхьна туьнталга чу ма-йоьллий ас и йол, туьнталгах кӀур ара а ца болуьйтуш, цӀа чу хьовзийта.

Ӏалелай, цигахь даьллинарг тӀаккха, цӀе яьлла моьттуш. Цхьа гӀовгӀа иккхин хьуна, цхьа маьхьарий девлин хьуна цаьрга, ва Делий, Пайхамар, бохуш, коран бӀаьргаш а кегдеш.

Со, ведда, тхан божал чу а иккхина, аттанна хьалхахь, хьаьвди чу охьавижира.

Массо а кхойкхуш вара, цхьаьнга кхойкхуш, юха вукхуьнга.

ТӀаккха къа деха долийра, хӀара диначуьн ворхӀе а да хьакхийца, бохуш.

Нана а яра соьга кхойкхуш.

Массо а со лохуш вара.

Суна Ӏуьллу-уш, цхьа ханъяьлча, набкхетта хилла хиллера. Шел а велла, самаиккхича, со ведда, дешича волчу хьалавахара.

Царна а хууш хиллера синкъерамехь хилларг – дада веъна хиллера цаьрга, со лоьхуш.

Дешичас тӀаккха шен йоӀ яхийтира тхоьга, со тховса шайгахь хир ву, аьлла, дӀаала.

Вай-й, Дела, ваша ма чӀогӀа вийлира-кх цу буьйсанна, иза дага муха деара хьуна, бохуш, юха-юха а воьлуш:

– Цхьа кӀант ву-кх хьо, цхьа кӀант хилла а ца Ӏа-кх – цхьа борз ю-кх! – элира вашас, къевллина со маравуллуш, суна кхо сом а делла.

Юха, со цӀа валош а веара иза Ӏуьйранна, дадига суна дов ца дайта.

– Кхуьнах стаг хир ву хьуна, – элира цо дадига – пурба дац хьуна кӀантах пӀелг Ӏотта… Со лолда хьан, ала, изза ца дича, кхин хӀун дан догӀура кхуо? Бакъ дина-кх, хӀара вац тӀаккха жима стаг, шен кийрахь дог а долуш! Кхул а вацар-кх со, сайл пхи шо йоккха лулахо а езаелла, буса церан корах чухьажа оьхучу хенахь!

– Цхьа суй бу-кх бабин кӀант, цхьа суй, – элира тӀаккха бабас, ваша дӀавахча, – бовр а ца хаьа я богур а ца хаьа! – аьлла.

 

Юха, кхано, денош девлча, дадас цкъа дов а дина, тӀаккха хьаьстира со, ишттаниг кхин ма делахь, олуш.

Юха и вир… хӀа-а, вир диц ма луора суна, цхьа минот ца яьллехь.

Ӏалелай, сийдоцуш дари-те и вир аьлча, ВаллахӀ дар-кх, дукха сийдоцуш-м иза!! Тоьара говрахь я вираца – тӀехиъна а, гӀаш а – тхан урамехь стаг гучувала, ша ма-даддалу додий, гӀаьттина бага а хуьлуш, «Хьо-окъи, хьо-къи!», – мохь а оьхуш, тӀекхетар-кх иза царна, жӀаьло санна, ка а етташ.

Саьнгал чохь буц сийна хуьлу, бохуш, доьхкура иза Эдал-Солтас тхуна хьалхахь дӀа, тхан буьрканах ловзу меттиг дӀайоккхуш. Цундела оха къиза де а хӀоттадора-кх цу вирана, тхан кертал чоьхьа дӀа а левчкъий – нахана ца гайта, – цигара схьа тӀулгаш детташ.

ТӀулг моссазза кхета, карзахйолура ишак, корта охьатаӀабой, раз-пурх мийраш а кхуьссуш.

Цкъацкъа дужура вир, мийраш дукха лакха кхоссарна, перс а оьккхий.

Цкъа иштта – я аса хеда, я хьокха схьаболу, хиэташ – тхо виранна тӀулгаш кхуьссуш дохкуш, коьртахь холхазан куй а болуш, кечвелла, вета болчу чоийца – хаьн тӀехь жима шаьлта а кхозура, – говрахь цхьа стаг вели-кх хьуна гучу, цхьана курачу, сеттачу говрахь.

Вире мохь бала безий хьуна тӀаккха – иштта а оха хьийзина долчу, – эмкалан санна, бага а гӀиттош. Вир меттахдалале охьахьаьддачу ас – цуьнан тидам артбеллачуьра, – хьокха болччохь дикка урс тесира асанна, вир тохаделча, аса хедар а йолуш.

Вир: «Хьо-къи-хьокъи-хьокъи!» – аьлла, говрана тӀехьаьдира, жӀаьла санна, кхисса-кхиссалуш, чами санна, гӀаьттина бага а йолуш.

Аса хедира, пуржин санна, хӀазарш а хуьлуш.

Говрахь верг, шек а воцуш, хьоьжура, говран чаболехь гӀодаюкъ дӀаса а сеттош. Вир, ма-даххалу, жӀаьла санна, кхоссалуш, накха некхах тӀекхийтира говрана, хьерадаьлча санна, ка а етташ.

Говр тӀехьарчу когаш тӀе юьйжира, стаг охьа а кхеташ.

Вир тӀера ца долура.

Говр агӀор керчира, стеган ност бухахь а юьсуш. Тхо массо а кхеравелира, довда дагахь, хьала а лилхина.

Стаг говрана уллера схьатекхаш гира тхуна, вир, говр хьерчаш а долуш. Эххар а, хьалагӀаьттинчу стага – коьртахь куй а бацара, – цкъа вужуш, юха гӀоттуш, гӀеххьа гал-гал а вийлина, озийна, халла схьаяьккхина шаьлта, вирана гайх Ӏитта йолийра:

– Хьо диса хьайн да велла, Сталинан лагершкахь пхийтта шо доккхуш а ца лайна ас хӀара гӀело! – бохуш, юха-юха, юха-юха а Ӏуьттуш.

Стаг верриг а къарзавинера, цӀеш схьа тӀедеттаделла.

Вирах кӀелхьараяьлла говр, дуьрстан цхьа га а хаьдда, мераӀуьргех хур а деш, иза хӀун дара-а, бохуш санна, цецъяьлла лаьттара, ерриг эгаеш, бӀаьргаш а къарзийна.

Нах а бара маьӀ-маьӀӀера тӀегуллуш. Тхо, декъалуш, кхаа-еа агӀор дӀасадевдира, гучудовларна кхера а делла.

 

Эдал-Солтас цхьана баттахь лелийра и шен аса, урс тоьхна, хадийна ю аса, тешнабехк бу шена бинарг, бохуш, массаьрга а аса дӀа а оьхьуш.

Тхо а лиэдира, цхьацца воккхуш, юха вовшахтухуш, цкъа чехош, юха а хьоьстуш.

Руслана:

– Сан ден-несар, ваши, и хьан вир цкъа а гина ма дац суна, – элира, тхан кхелахо Изновр, кӀаж вахана, вела а луш.    

Эдал-Солтас шена керла вир ийцира цул тӀаьхьа, цициг санна, эсала а долуш. Бакъду, тхан саьнгал чу дӀа-м ца доьхкура цо иза цкъа а, шен хьалха хилла вир санна.

 

– И ша эцна вир шух ма чӀогӀа лардо-кх цу Эдал-Солтас, – олура тхоьга Абраила кест-кестта.

Абраил аьчк-пхьар вара, говран ленаш а, пеша чу хьакха аьшкалш а, зӀе а, кхин хӀумнаш а еш.

Оха цкъа ленаш лачкъийнера цуьнан. Юха, царех хӀун дан деза а ца хиъна, дӀа а даьхьна, дӀаделира, оха лачкъийнера, аьлла.

Абраилна тхо дукхадезара хӀетахь дуьйна.

– Ца хаьа, Ваши, – олура оха, – хьалхалера вир сийдоцуш-м яра цуьнан, – олий.

– Дера яра-кх дукха сийдоцуш-м и ишак, – олура тӀаккха Абраила, тхуна тӀетовш, – цундела шен керла вир лардо-кх Эдал-Солтас, саьнгал чу дӀа а ца доьхкуш…иза хӀун ду-те цуьнан? – хоттуш тхоьга.

Тхо дист а ца хуьлура.

Абраил велалора:

– Ээ, Дала дита-кх шу, шу дита Дала, барт хилалаш вовшийн, хӀинца санна, барт хилалаш, – тхан коьртех куьг хьокхуш, месаш яхъелла я ца яхъелла толлуш: еха месаш гича, хьенан-мила ву ца хоттуш, корта бошура цо оцу сохьтта, ша моз дууш воллуш санна, воккха а веш.

Маржа, ма дика нах а бар-кх уьш бан-м, чӀогӀа дика нах, ткъа хӀинца, ма … хӀинца дерг ма дийцалахь, дӀадиталахь хӀинца дерг….

 

Бераш буьрканах ловзуш го суна, кӀанте кхайкха кевл араваьлча.

Кху чуьра и кӀант а ву, кӀур эккхийтина хьийзаш.

– Схьавоьл, хӀей, хьо леларг! – куьг ластадо ас кӀанте.

КӀант схьахӀутту, лаьтта а хьоьжуш.

– Хьий, мурзавец хьо, вон мурзавец! – олу ас (и дош дех дисина суна,) нанина хазийта санна олу, кӀантана чӀогӀа тӀе а чевхаш, – хьада дӀавало чехка, бабас хьайга хӀун боху хьажа! – олий, лаьтта охьа ког а тухуш.

КӀант цкъа велавала гӀурту, юха велавала а ца хӀуттуш: тхойшиннан юкъера барт гучубаларна кхоьру иза, ден-кӀентан ша-шах санна, дегнашца хуьлу къайлаха барт, ден-кӀентан дегнийн уьйр, маржа, ден-доьзалан вовшашца хьерча цхьа шатайпа аьхна марзо…

 

20.11.2017

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика