Воккха-Дада а, Iаж а (Дийцар)

PDFПечатьE-mail

Дадаев

ДАДАЕВ С.

Воккха-Дада а, Iаж а
(Дийцар)
– Дакъаза ма бала хьо делаI, тахана, мела догIа хилла, ма чIогIа боьлхуш бу
хьо, хIун хилла-те хьуна? Юхаберзахьа... Хилларш, лелларш дийца вайшимма, дагна
синтем лохуш, – аьлла, Iожан къеначу гIодах шен хебаршка дахна, къанхьегаро
шагдина куьг хьоькхуш, къамеле велира Воккха-Дада. – Ма дукха хан ю-кх вайшиъ
хIокху кертахь деха. Ганза а, ланза а хIун ду? Хьуна дагадогIу а хир дац. Жима
синтар долуш беара ас хьо хIокху беша. «Веза Дела, беркате стом бе Ахь кхуьнах
сан доьзална а, юьртана а – массарна а! Хьан дуьхьа сагIийна дIабоь-кха ас хIара
Iаж. Хьо ву-кх массо а хIума а дендеш, кхиош верг!», – аьлла, бисмилла а даьккхина,
латта самсадаьккхина, хьандина, дIадуьйгIира ас хьан синтар. Цкъа а хьогалла ца
хааялийтира ас хьуна. Аьхкенан бурконехь хьан гIаш маргIаладола доьлча, кест-
кеста хьан экам орамаш хих Iабадора, ткъа цо-массо а га, гIа... Iаьнан муьрехь, хьо
шелонах лардеш, хьан гIодах тIаргIа хьарчабора. Шелонан а, хьогаллин а, мацаллин
а къаьхьа чам сайна бевзина хиларна, деш дара ас иза. Хьо царах лардеш. Кхелли а
цундела юьллура хьуна гонаха. Хьан орамаш хьандан...


Сан чIогIа самукъадолура хьуна юххехь, хьо хьоьстуш. Дукха сиха кхиира хьо,
гIад стамлуш. Дуьххьара хьуна шатайпа исбаьхьалла луш, хьан генаш кхолуш заза
гучудаьлча, ма чIогIа кхаъ хиллера суна. Заза стоьмашка – кегийчу Iежашка дирзира.
Циггахь чекхъелира хьан – синтаран – оьмар. Хьох, хила ма-безза, Iаж хилира.
Къона Iаж, туй тесний бен, бIаьра а хьожур воцуш. ХIора денна вогIура со хьоьга
хьажа. Ма чIогIа ларбора ахь хьайн генаш тIе латийна х1ора а 1аж, суна ца гучу
куьйгашца ондда дIалаьцна, цхьа а охьа ца божуьйтуш, хьайн пхенашкахула лела хи,
хьайна кхоийна а, царна дIакхачийта лууш. Цундела кхиир-кха уьш, цIен бос а
лепаш, муттанах дуьззина. Ношделча, ахь дуьххьара белла стом а эцна, лулахо волчу
вахара со. ЭхI, ма хазахеттера цунна! Дуьненан берриге а бахам ас шена беача санна,
ма воккхавера иза.
«Хьан да-нана схьаделара хIинца, ма хазахетар дара царна ахь дина гIуллакх!
Хьан да, Мохьмад, ма вара къаьсттана стом дукха безаш. Шена дезар ца деш,
берриге а Iаж, кхор, хьач нахана сагIийна дIабала гIертар вара хьуна. Стом ношлучу
хенахь, тоьл-тоьлларг хоржий, некъа йисте, боги чохь, охьабуьллура: тIехволучуьнга
схьаэцийта, баийта. Ма чомехь а хуьлура цуьнан уьш, хIара санна!», – элира
лулахочо.
... ХIаъ. ХIора а шарахь мерзачу муттанах дуьззина Iежаш латадора хьан генаш
тIе. Стоьмаша тIехдаздой, лаьттах а хьекхалуш, «букар» а доьлхий, хуьлура хьан
генаш. Уьш хьалаайдой, хьостий, кагдаларх лардеш, гIортораш хIиттайора. ТIаккха,
ахь доккха садоккхуш санна, хеталора. – ДагадогIий хьуна? – къамел дора Воккха-
Дадас, Iожан диттах дайн куьг хьоькхуш. Иза доьлхучуьра жимма юхадирзина аьлла
хийтира цунна. Оцо кхуьнан дагна гIеххьа хьаам а бира. – Хьан IиндагIехь,
ойланийн урх малйой, вехха Iара со, хилларш, лелларш дагалоьцуш, бералла
карлайолий. Сайн къаьхьа бералла. Хийрачу махкахь дIаяхара иза. Хийрачу
адамашна юккъехь. Новкъа дIасаваха ваьлча, кхерсташ лелачу жIаьлина санна,

тIаьхьа тIулгаш кхуьссура, дастаме багаеттара бераша, шайн цIеношна тIехьа а
лечкъаш. Жимма а дуьхьалойича, я царна дуьхьалвистхилча: «Iа-ле-лай!», олий,
орца доккхура, гIовгIа оьккхуьйтура берийн дай-наноша. Тхан дега я нене дов
хьедан богIура: «ДIадехка и шайн берзан кIеза! Тхан бераш арадовла ца дуьту цо.
Нагахь аша иза саца ца вахь, Iедале чуволлуьйтур ву... Шу – ямартхой!», – олура.
Цара дуьйцучух хIетахь башха кхета а ца кхетара. Суна тIаьхьуо бен ца Iемира церан
мотт. Цундела ца хаьара, цара хIетахь хIун дуьйцу.
Воккха хила воьлча, кхийтира со а: тхо дерриге а царна бIаьрга дан дезаш
цахиларан бахьанах. Со а, тхан да-нана а, йиша-ваша а ца деза оха царна дина хIума
доций-м хаьара суна, со мел жима хиллехь а, беран кхетам бен сайн ца хиллехь а.
Хаьара, тхо цкъа а, цхьанна а ямарт ца хиллий. Ткъа воккха хилча, дерригенах а
кхийтира. Дахар хьехамча – дарс ма ду.
... «Вай цIа дохуьйту боху!» – аьлла, дукха хазахетта, лаьттах ког ца кхеташ,
цIа веара цхьана суьйранна дада. Дукха чIогIа самукъадаьлла, и дахьа-декъа меттиг
йоцуш, воьлуш, бер санна кхиссалуш, хелхавуьйлуш, цхьана меттехь ца сацалуш,
Далла хастамаш беш, тхо, шен бераш, маракъуьйлуш, хьийзара иза, юхаверза ца
туьгуш. ХIетахь кхеташ ца хиллехь а, хIинца кхета цуьнан синхьолах а, беро санна,
цо лелийначух а. Iойт-яI-кх – ма чIогIа сатуьйсуш хилла-кх иза хIокху махка кхача!
Амма, байттамал, Нохчийчоь ган доьгIна-м ца хиллера цунна! ШолгIачу Iуьйранна
иза вижинчуьра хьала ца гIаьттира.
Оцу а, цул тIаьхьарчу шина-кхаа дийнахь а, дукхе-дукха адамаш ихира вайга.
«Кхин гур вац шуна шайн да. ТIаьххьара хьовса цуьнга», – аьлла, цхьана децас дада
волчу чу дигира тхо.
Юьхь бен кхин гуш хIума доцуш, кIайн киса хьарчийна, Iуьллуш вара дада,
велааьшна а хилла. «Хазахетар тIехдаьлла хилла цунна. Цуьнан даге ца ладелла иза.
Деллахьа вацара хьо, хIумма а ледара къонах», – элира тхуна тIехьа лаьттачу стага.
Цуьнга хьажавеллачу суна гира хебаршка яханчу юьхьа тIехула охьахьаьвдда
бIаьрхиш. Со а вилхира тIаккха, чIоггIа...
Цкъа а ойланех ца воккхура ахь со. Хьайга къамел деш волуш, стом
охьабожийна а, новкъарло ца йора. Иштта дукха шераш дIаихна. Со а къанвелла.
Хьо а бац къона. Гой хьуна, хебаршка дахна хьайн дитт? Ткъа хIара моьнаш. Дера
чевнаш. Тахана а, цара хьайн дегIан мутт лешош, боьлхуш бу хьо. ХIун хилла
хьуна? Чевнаш лазаевлла? Я, соьга ладоьгIуш, цхьаъ дагадеана? – юха а хаттаршка
велира Воккха-Дада. Моьнаша хи лешадора, дечигашна хи хьоду хан яцахь а. Шен
къена корта Iожана тIе а таIийна, вист ца хуьлуш, ладоьгIуш Iара къано, цо шен
гIайгIа-бала ялхоре сатесча санна. Шена иза хезар ю аьлла, хетара цунна. Хаза
лаарна, хаза а хезира. Я моттаделира-те? ХIан-хIа. Иза, гIийлла са а ийзош, дийца
болабелира: «Пхийтта шо хьалха хилларг карладаьллера суна. Ма-дарра хIетахь
хилла сурт дуьхьалхIуьттуш... Iаьнан оцу шийлачу Iуьйранна, неIарш кегъеш, хьо
волчу цIа чу лилхира тIеман барзакъ дуьйхина, герзех боьттина нах. Хьо шайна
дуьхьалваьлча, автоматан хен тоьхна когаш тIера галвоккхуш, тIехлилхира уьш.
Цхьана чуьра вукха чу лелхаш, ишкапаш чу, маьнгеш кIел хьуьйсуш, массо хIума
тIекIелтосуш, цхьаъ лоьхуш бара. Чохь вижина волу хьан кIант, ласттийна лаьтта
вахийтира цара. Юха, хуьлучух кхета ца вуьтуш, Iункар-бертал ветташ, араваккха
волийра.
– Кхуьнгара хIун даьлла? Вита хIара! Со ву хIокху кертан да. Ас жоп лур ду

кхуьнгара даьллачух, – аьлла, тIечевхира хьо хьалхаваьллачу эпсарна, некъ а
боьхкуш.
– Уйди с дороги, старый! А не то!..
– А то что?.. ала кхиира хьо, кхетамах валале. Коьртах, букъах а автоматийн
баххаш диттира хьуна. Къоьжачу коьртах цIий а оьхуш охьавоьжна хьо, арахь герз
долуш хезча, кхетамчу веара. Халла гIаьттина, даима а хьайн гIевлангахь хуьлуш
йолчу шаьлтана тIехьаьдда, цунах дезза катоьхна, къоналлехь санна, араиккхира хьо.
Сан гIодах дIавихкина хьайн кIант гира хьуна. ДегIах са къаьстина, цIийх вуьзна,
хIоллам санна, лаьттара иза. Цунна диттинчу герзан шокъалеш сан дегIах яханера,
сан дог морцуш. Инзаре чIогIа мохь-цIогIа хьокхуш, шаьлта а яьккхина, оцу
цIогIано Iадийна лаьттачу эпсарна чукхоссавелира хьо. Айхьа лелочух кхеташ
вацара хьо. Хьераваьлча санна, шаьлта лестайора. ЦIий Iенира. Ши-кхо салти
воьжна ца Iийра... Юха а къорра герз делира. Бух хадийна поп санна, хьо лайла
вуьйжира...
ТIемалойн барзакъахь хилларш дIабахара, шайн накъостий шайца дIахьош.
Амма, шаьш кертара арадовллалц, воьжна Iуьллучу хьуна тIера бIаьрг дIа ца
боккхура цара. Сайн дегIах дIавихкинчу хьан кIантана а, иттех гIулч генахь Iуьллучу
хьуна а орца доьхуш, сайн дегIана хилла дера чевнаш а йицйина, тийжамца маьхьаре
белира со, ма-хуьллу сайн генаш а лестош.
Мичара вели ца хууш, Делан орцанца, цхьа кхо стаг кхечира. Уьш цкъа хьалха
хьуна тIехьаьвдира, юха – кIантана. Ахьмад сихха чуваьхьира. «ХIара кIант вайн гIо
оьшучуьра ваьлла. Кхунна дан гIо дац вайн. Дала гIазот войла-кх хIара! Делора
вацара хьо, хIумма а ледара къонах!», – аьлла.
Хьо сайна кхин цкъа а гур вац моьттуш, гIайгIанехь хилла ца Iаш, боккхачу
балехь бара со. Хетарехь, сан пхенашкахула-гаьннашкахула, орамашкахула лелаш
долу хи а сецнера. Сайх дог диллинера ас. Чевнаш Iийжара. Уьш йоьрзуш яцара.
Йоьрзург а хир яцара, бIаьстенан цхьана хазачу дийнахь хьо, Iаса а луьйзуш, беша
ца ваьллехь. Ма хазахеттера суна! Сайн когаш хиллехь, хьуна тIебодур бара со. Тоха
са доцуш, хьуна тIекхача лаьара. Цхьадика, доккха са а даьккхина, меллаша суна
тIеволавелира хьо, тIунделла бIаьргаш сох лечкъо а гIерташ. ТIевеана, Iаса охьа а
тесна, со къевллина марабоьллира ахь... Вехха лаьттира. Вист ца хуьлуш. Дешнаш
оьшуш киртиг яцара иза. Тезет дара. Вайшиннан тезет. Вайшиъ доцург, кхин теш а
воцуш. Да кIантах ваьлла тезет. Шен дегIе кхаьчна кIант кхалхарал боккха бохам
бац, боху, дена хила... И дерриге а карладаьлла, боьлхурий со-м», – хазийра Iожо. Я
Воккха-Дадина моттаделира-те?
Iожан моьнех Iийдалучу хино куьйгаш, юьхь яшийна, лаьттара Воккха-Дада.
ХIокхо дагарадуьйцу «нийса накъост» ма вара хIара Iаж. Тахана боьлхура иза.
Къаьхьа боьлхура. Цуьнан сатедан гIерташ, и хьоьстуш, цунна куьг хьоькхуш,
«бIаьрхиш» дIадохуш, вехха лаьттира иза. «Ма белхахьа, юхаберзахьа. Iийжаш йолу
вайшиннан чевнаш ма даръехьа. Ца го хьуна, хIара маьрша, екхна аьхке.?! Дитахьа
хилларш, лелларш, вайшиннан лазам вайшинна бен хууш ца хилча, цо вайшиъ бен
лазош ца хилча! Дитахьа. Ма бехьа хьайна а, суна а ницкъ. Кхин а мел дуур аьлла
хета хьуна хIара маьлхан дуьне. Даккха дисинарг цхьа де бен дацахь а – дика
даржадехьа, хьайн беркате, токхе стом латтабехьа...
Iожо доккха садоккхуш санна хийтира Воккха-Дадина. Цуьнан шеддашка
дирзинчу моьнех Iийдало хи соцуш дара.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика