Лаьмнийн хӀайкална

PDFПечатьE-mail

ФЕЙСАЛ ФАРИДАН Жанара (Иордани) 

Дог, чоь, хӀара берриге а нехан мохк а гатло, жайнан тӀаьххьара агӀо ахь дӀахаьрцича...

Хьан кийрара орцанна гӀаьттина йилбазмох арахь Къилбаседанехьа хьоькху, хӀара мохк, такхийна, Кавказана гергабига санна...

ГӀеххьачул ницкъ хуьлий, стигала Ӏанаоьху хьан комаьрша бӀаьрхишца...

Ткъе итт шара чохь Ӏамийнарш кӀезга дешнаш хилла-кх, цкъа гатделла дог даста йоьлча...

Амма и туьйра, аьлча а – и Хилларг дӀадерзаза ду-кх! Маьхьшаран майданахь хиллачух, дегнаш Ӏаббалц, вайн бекхам эццалц!

 

 

«Сино Дайн орамашка бо хьогаме некъ», – юха а юьхьарлоцу ахь. Эзарнаш шераш хьалха Кавказан лаьмнийн тептаран Тарханийн агӀонаш тӀехь турпалхойн цӀийца яздина бакъ хилларш шена чохь кхобу жайна дешна яьлча, хӀоразза а, карлабаккха безаш хуьлу и некъ... Оцу некъах тилаяла ца лаахь кест-кеста мийла деза и тайпа хьоста, ломара сирла хиш а санна цӀандайта хьан са а, цуьнца хьайн некъ а...

Некъан накъост хьан тешаме доттагӀ хир ю, шен ненан-ненан-ненан... Ненана, Маьлха-Аьзнин, хьакъйолу йоӀ, турпала Нахчон хьанала тӀаьхьенах кхиъначу кӀентан Абузаран Машар! Хьо цуьнан лорах дӀагӀахь, Машаран новкъахь хьо лаьттан кийра йирзича, ламанаш, стигланаш делхош хьайна тӀаьххье, оьзда чакхъер ю хьо, сан жима йоӀ!

Шен сил дукхадеза Латта лардан болчу лаамо кхиболу массо а лаам эшабо. Хьан дахаран еккъа цхьа Ӏалашо къега бӀаьрахьалха, жимма а са сема хилахь ирсан ирс хуьлий, шена тӀейоьху цо хьо – Даймахке болчу безамна хьанал хиларе.

Оццул дезачу мехкан къайленан хазнех уггаре а деза-сийлахь Адам хилла-кх – хьанала Адам. Вайн турпала лаьмнаш а шех кхийрина Ислам динан деза аманат дӀакхехьар шена тӀелаьцна долу Адам. Ӏесачух, ямартчух мохк-халкъ лардеш, буйнахь, алу санна къовлуш, эхарте дӀакхехьа АллахӀа шена тӀедилларна и, Далла хастам беш. Ийманехь шаьш санна долчу адамашца барт-марзо эца кхиъна долу Адам!

«Нашха – нахийн дуьненан дог» хилар санна бакъ а долуш, хьо, сан йоӀ – Лаьмнийн хӀайкал хилар бакъ ду-кх!

АллахӀах хьо кхийринчул тӀаьхьа, хьайн деган орам хадарна хьо цкъа а кхоьрур яц хьуна!

Дуьне доьхчий а, хьо ма йохалахь!

Ийманан таж бен, хьан сий айба, дуьненахь хӀумма а доций хаалахь!

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика