Ойланаш, ойланаш

PDFПечатьE-mail

АбдулаевЛ

Абдулаев Леча

Ирс-бIарлагI

 

Тхов тIехь жайна долу кибирчиг. КIайн кира тоьхна лоха цIа. Сийна басар хьаькхна гIурашца къовлу «неIарш» йолу кораш. Еха учи. Юьйцина керт. УьйтIахь бай. Акказин патарш цIийзош хьоькху дуткъа, ира мехаш. Когех эха Iемина кIохцалш. Iуьйрачу когийн нана пIелгаш дIадеттадала Iемина урам-некъийн йистошкара коьллаш хьекхна бухайисна юьхкаш. ТIера хIума ятIо дIайоьлла юьйцинчу кертийн хьокхий. Шишша цхьаьна йоккхуш, хазчу жимчу йоьIан лергех охкийта цIийлуш хилла баьллаш. Шуьга, берашка, кегийчу кIенташка, шех бустамашший, шаьлтий-доьхкий дайта кхуьуш хилла сугIа. ГIундалгIийн куллах маса «дин» балун хан. И текхош, гIиттийна некъан чан.

 

 

Къаршкъули хIара ю,

ДогIа даийта, Дела.

ХIай-вай, кIентий,

Даьттан чохь йоькаш, –

 

олий, догIа «доуьйтуш»

 

Малх, малх хьажийта,

Къийган бIаьрг балийта,

Хьозан хье кхехкийта,

Дехкан корта лазийта,

Жуьгтийн молла валийта, –

 

олий, малх «хьожуьйтуш»

Комарш а юий, лийча воьдуш.

ЦIа вирзича а, чу верза цакхетар, ткъа эххар а чу вирзича, цу хьайн даккхийчу гIуллакхашна гIаролехь лаьттина, когаш Iуьйра дийнахь сарралц царна

хьаьддий-веддий лелла, дукха чIогIа хIоттарна, генарчу некъо гIелвина динахь волушшехь набкхета динбери санна, дIатаьIIинчохь, хьеначу набаро хьо лацар. Оцу хенан:

«ХьалагIатта, куьг-ког дилий, вижа, хIума яий, вижа!» бохуш, нанас хьо меттахваьхна и набарх долчун а, самах долчун а шеддаш хуьлу, шеддаш хеда мIаьргонаш…

Дилинчу милт йолчу чиркхан шишанахь санна, серладаьллачу цхьана бIаьстенан дийнахь ненан кучах тасавелла вогIу хьо, хьайн ойла шайна уллешха яьлла яхначу лулахойн кхеначу йоьIан дашочу кIажаршна тIаьхьа яьлла хIунда яха, ца кхетта хан…

Ахь хIетахь ирсан ойла ца йора.

Хьуна хIетахь, «ирс» боху дош дуй а, ца хаьара.

 

                                                                                                                                             I993 ш.

Иза а - изза

 

Цхьана билггалчу барамашкахь долу хIумий бен дац даго далхориг.

Барам тIехбаьлларг даге ца дийцало, ца далхало.

Сийна цIе шех хьалакхарстийна хьал ца далхало.

Кийра буто ша биллина хьал а ца далхало цул башха.

Ма-дарра аьлча, даго гуттар а далхориш моьнаш ду, моьнаш хьовза дуьйладаллалц, лебен мотт бицлуш, алхха лаза бен ца хаьа цунна.

 

Лозу иза.

 

Лозушшехь, и лазам а боцуш, цхьа кхидерг, хIинцца шегахь долчу хьолана аьттехь а доцург, дийца-м тарло цо.

Яхъеллачу боданечу буьйсанна – маьлхан дешийлахь гIотточу чилхьеса Iуьйренан исбахьалла…

я маьлхан чилхьеса Iуьйранна (я дийнахь) – садукъаме яхъеллачу буьйсанан буто йозалла, хало…

 

…Суна хьо бIаьргаян ца еза!

ТIаккха хIунда лаьа цкъа а ца аьллачу эсалчу дешнашца сайна хьо мел чIогIа дукхаеза ала?..

 

Аьлча а, безам а, цабезам а цхьаъ ду, цкъа а цхьанаэшшарехь, цхьаъ хилла лаьтташ а доцуш…

Цкъа безам хуьлуш шех, юха цабезам хуьлуш, деха деган хьал.

 

Суна хьо езар я цаезар а ду-кх тIаккха цхьаъ.

Цкъа ишта олу, тIаккха – вуьшта.

Ший а бакъ а долуш, хIетте а ший а харц а долуш.

 

ТIаккха а хIумма а харц а доцуш…

 

«Суна хьо еза! – боху ас хIинца хьоьга. – Суна хьо хьерехиллал дукхаеза!..»

Суна чIогIа атта ду хIинца хьоьга иштта ала, хIунда аьлча, суна хьо бIаьргаян ца еза.

 

«Суна хьо б1аьргаян ца еза!» – и дош, цкъа мацца а хьерехиллал хьо дукхаеза деган хьал юхадагIахь, цу хьолехь хьоьга ала дуьту ас …

 

 

ГIиллакх

 

Хьайн керта вуо-дика кхаьчча, кхайкхахь бен вогIун воцург ца веъча, вас хир елахь, халахетар делахь, ахь цуьнга кхойкхийла-кх.

Ца кхайкхайкхича, цавеънарг, ца веънера аьлла, нахала ма воккхийла-кх, хьо а нахала ма волийла-кх.

Кхайкхича а, цавеънарг юха а, иза ца веънера аьлла, хьахор велахь, ма кхойкхийла-кх.

Дехна даьккхина гIиллакх гIиллакх дац.

Амма гIиллакх дац, гIиллакхе а дац сагIина, совгIатна гIиллакх дехар а.

 

ГIиллакхан метта леларг а гIиллакх дац.

ГIиллакхан шена хьалхара хьажош хьадалча, геланча хуьлуш вац.

 

ГIиллакх дIа а ша лела, схьа а ша лела.

Дуьхь-дуьхьалкхетча, куьйгаш лоцу цара, мар-маракхета.

Шен дика-вуоне нехан гIиллакх кхачаре хьоьжуш Iачу гIиллакхо деънарг марахьарчадо, ца догIуш диснарг, хиъна хир дац, цхьаъ хилла, дисна хир ду олий, бехказадоккху, бехказа дуьту.

 

Декъалхуьлда-кх гIиллакх!

 

Амма гуттар а ца хуьлчу даьлча, гIиллакхе доцуш ца лелчахьана, дерриге а ду гIиллакх.

 

Массо хIума а ду гIиллакхе, хIора а ву вуьззина гIиллакхан да...

гIиллакхе доцург мукъне а ца лелийчахьана…

 

                                                                                                                                             I999 ш.

Ши йоза

 

Бамбин кIайн кехат, заIпаран шекъа, гIезан пиэлаг…

БIаьргашна яйна, куьйго зийна йозанан коьчалш.

 

ЭхI, ма гена ваьлла йозанан пхьар, ойланан охIла, хьекъалан да!

 

Къоламан метта компьютер…

цкъацкъа – коьртана метта а.

Йозанан гIирс тобелла.

 

И гIирс хилча тоьа, хIума дIаяздан, зорбане даккха.

ДIаяздо, зорбатуху догIу-доьдучун, хилла-лелачун, долчу-доцчун – массо хIуманан мах хедош.

 

Мотт а бу гIирс, адаман маргIал мотт.

 

Хабар а ду йоза, матто ден аьзнийн йоза, адаман лерсица дIадоьшуш.

 

Маттера лергашка, лергашкара – юха а матте…

Даьржа дийцарш, хабарш.

 

Хабарш-эладиттанаш…

Хабарш-бухтанаш…

Хабарш-гIийбаташ…

 

Цу дийцарийн а ю иштта цхьацца шайн жанраш.

 

Тоьпо цхьаъ вийна, матто – цхьайтта…

Мотт – и герз а ду.

Йозанца я барта (аьзнийн, эшаран йозанца) адамаша вовшех тептарш яздо.

 

̶ Хьажахьа!..

– ЛадогIахьахьа!..

– Хьенеха хIун аьллий?!.

– Минеха хIун диний?!.

 

Денна дузу и тептарш, стамдо.

Дукхахьолахь, хьалхарчу агIонийн чулацаман Iаьнарехь, хьунехь язйо тIаьхьа тIейогIурш.

 

Иштта цIе туьллу…

Иштта цIе йоьду…

 

Стаг шаьш яздечу «тептаран» хIонера, Iаьнарера вала воьлча, нах реза ца хуьлу. Царна иза ца деза. Уьш ца кхета, иза ишта хила муха тарлуш ду.

 

̶ Хьажахьа кхуьнга…

селхана къелла «къикъ» бохуш Iийначу!..

селхана къаркъа муьйлуш леллачу!..

Селхана…

Селхана…

 

Уой, селхана а вайна хеттарг, вай вийцинарг ца хилла хила а там бай хIара-м аьлла, шаьш хьалха тиллинчу цIара тIера, шаьш хьалха хадийначу меха тIера юхабовла ца туьгу, цкъа шаьш дина «йозанаш» нисдан ца гIурту. Цул а ша ма-дарра (я тхуна ма-хетта!), дукхьахьолахь, шайна хила ма лаъара диса дерриге а…

 

Шен бIаьргаш бехкедечул нехан сибаташ галдевлла, сакхте, айпе ган атта ду.

 

Амма цхьана а ден дан хIума ца хуьлу адаман оьмаран тептаран тIаьххьарчу агIонна.

Адаман оьмаран тептаран тIаьххьарчу агIон тIехь шайна хета зил бан гIорасиз хуьлу нехан мотт а, йозанан гIирс а.

 

Хетачарний, моьттучарний тIетовжа меттиг ца буьту ДЕРГ дукха бIаьрла схьахIоттаро.

 

Нах цецбовлу.

 

Аларе я йозане дерзо бегIийла доцу цецдовлар хуьлу и.

«Ванах, хIара муха нисло, хIара ишта дика ма вацра (ма яцара)!» ̶

муха бохур ду цу дийнахь?..

И тIаьххьара де (я буьйса), стеган, адаман дIадерзаран, дIакхалхаран, ша дуьненахь новкъа мел хиллачеран новкъара дIадаларан мIаьрго, лимхьат, Кхоьллинчун Кхелан хьалхарчу могIанан хьалхара дош, хьаьрк, Дуьненан тIаьххьарий, Эхартан хьалхарий ши агIо хотталун шу, тIаьхьабуьсучийн, Дуьненца дуьстина, нисдина, я, Эхартан хьакъ девзина, цхьа хьаьрк хийца йиш йоцу бакъ (я ДЕРГ).

И ДЕРГ ма-дарра ду аьлла, мукIарлодар бен тIаьхьабуьсчийн дийца хIума доцу, хадо мах боцу, даккха гIерта маьIна доцу хилам.

 

Адамийн хетарш, моьттурш совций, тийналла хIутту лимхьат, мIаьрго. Кхоьллинчо (Веза-Лекха ву Иза) Йоза бамбин кехата тIехь, заIпаран шекъанца дашош, гIезан пиэлагца деш цахиларан бIаьрла, дурсъаьлла билгало.

Цуьнан (СТ)I Кехат кхин кехат хиларан, Цуьнан (СТ) Шекъа кхин шекъа хиларан хаам. Цуьнан (СТ) Йоза…

 

Аьлча а, Веза-Лекхчу АллахIан Йоза-Къадаран хьокъехь хоьттуш хазахь, хьайн мотт сацабелахь аьлла, муъма нахе болу хьехам бевзарг цу новкъа кхин дIагIертар вац.

 

Амма хастам бийр бу…

 

Хастам бийр бу Веза-Лекхчу АллахIан Йоза тIеяздийриггий, адамийн йоза тIеяздийриггий цхьатайпа кехат цахиларна…

Хастам бийр бу, Веза-Лекхчу АллахIа Йоза яздийриггий, адамо йоза яздийриггий шекъа а цхьатайпа цахиларна…

Хастам бийр бу хастам бина ца валлал, Веза-Лекхчу АллахIан Къинхетаммий, адаман къинхетаммий, тIаккха Веза-Лекхачу АллахIан Кхеллий, адаман кхеллий цхьаъ ца хиларна…

Хастам бийр хастам бина ца валлал, хастам бина вала ца хаъал…

 

РамадIан баттахь, пIераскан дийнахь цуьнан кхалхар дукха атта хилира.

̶ Декъалхили-кх, декъалхиларан кхо билгало йолуш, ̶ элира хуучех цхьамма.

Хуучуьнгара хиъна ХУУРГ дара иза, хетарший, моттарший ХУУЧУННА некъ буьтучу лимхьатехь аьлла…

 

Ткъа хетаршна хетарехь, моттаршна моттарехь, иза ишта хуьлийла дацара.

 

                                                                                                                                 2000 ш.

 

Бакъ а, бакъ а

 

Ша-шех долчу бакъдолчун мохь ишта беза а бац, цу бакъдолчунна, цкъа хьалха и бакъдерг довза хьекъал а хилла, даредан, мукIарлодан, къера хила доьналла, деган гIора тоьъчахьана.

 

И бакъдерг хьан боккъал а бакъ, боккъал а нийса делахь а, цунна тесна а архаш хила еза.

 

Дуьрста а новкъа хир яц, гаьллашца – дуьрста.

 

Цу бакъдолчунна шен хан а, шен меттиг а хаийта оьшу урх а, дуьрста а, дуьрстанца – гаьллаш а.

Ткъа шен билггал меттиг а, шен билггал хан а ца хуу бакъ иштта бакъ а дуй, хьовх?!

Урхалла доцу бакъ шен некъ хууш хирий, хьовх?!

Шен къилба ларо хууш хирий техьа иза?!

 

Чай марздо бохуш, туьха туьйсучохь чайне туьха харц лер дац, туьха туьйсу куьг ду харц луьйриг.

 

Боккъал а долу бакъ, дуьззина бакъ – и бакъ ша а, и бакъ керахь долу куьг а бакъ хилар ду.

 

Нис ма ло бакъдолчо бакъдолчунна некъ бита безаш меттиг а.

 

«Иза бакъ делахь а, со а ма ду бакъ, ас хIунда буьту цунна некъ!» – аьлла, ши бакъ чуччугIоьртинчохь некъ буьтуш юхадаьлла бакъ эвлаяалла долуш хиларан шеко яц.

Дуьненан хьесапашна, дуьнененехьа девллачу дегнийн хетаршна тIехкIедалла, тIехъэсалалла, кхин а дуьззина аьлча, осалалла (!) хета там-м бу и.

 

̶ ХIай хетарш-яI-кх! Хийла бакъ шен амалах дохийна хетарш дай шу-м!

 

Хетарш ца гал бIарзбала безара-кх боккъал а бакъ лоьху бIаьргаш…

Цу хетаршана везара-кх къарвала…

Мотт ца керчаш виса везара-кх царна…

Цу хетаршка, моттаршка ца кхийда, га, патар доцу гIад дойна гуьйриг хила хIотта везара-кх уьш лелачу новкъахь…

 

Везара-кх, цу хетарша, моттарша, дагон дорс дина, кхе туьллур велахь а!..

                                                                                                                       2003 ш.

 

Сирла IиндагIаш

 

Массо хенахь а дика хуьлу диканаш дукха доцчух тера ду дуьненан. Делккъалц бен хан йоцу хIума делкъал тIаьхьа шен меттехь цахилар хаалуш хуьлу.

Къоналлина лерина дерг къоналлица чекхдаларан шен нийса хьукма ду. Воккхаллин я къеналлин декъа тIе даьлча, жималлах диснарг, жималлица кхачадала цакхиънарг беламе долу.

– ХIай, сан дог! – бохуш, хийла дас далхийна и.

– ХIай, сан дог, IадъIахьара хьо:

жимчахь санна, хьо деттадаларх,

жимчахьлераниг ша вацара-кх!..

 

Дайна доттагIаллаш…

Шелбелла безамаш…

 

Цхьа IиндагIаш дуьсу.

 

Сирла IиндагIаш.

 

Малх кхеттачу дийнахь маьлхан серло дIо-о цхьамма хьежочу куьзганан экъанахь кхин а сирла, кхин а бIаьрла хуьлу-кх.

Цунах тера.

Дайначу доттагIаллийн,

ширбеллачу безамийн

сирла,

нуьре

IиндагIаш.

 

Сирла, нуьре,

хIетте а – IиндагIаш!

Деккъа цхьа IиндагIаш!..

 

Ма корта ба́р, тиларчувахар дара-кх, шена тоьхна хан йолу хIума шена тоьхначу хенаца чекхдаларна, дегбаамашка вийла гIертар!..

Жайна долочу агIонаш тIехь дерг жайнин юккъерачу я и дерзочу агIонаш тIехь кароре догдахар!..

 

ТIаьхьало йоцуш ду лехар а…

Iеса ду и каро лаар а алхха…

                                                                                                                                 2012 ш

 

Адамаш-куьзганаш

 

Вай ваьшка кхечийн бIаьргашкахула хьуьйсу,

ваьшна гург цхьаъ долуш, кхечийн бIаьргашкахула вайна вешан гун суьрташ эзарнаш долуш.

Оцу нехан бIаьргаш чохь хIуьттучу эзарнаш суьрташа цкъа а цхьаъ хила а ца дуьту вайна куьзган чохь гун вешан и цхьа сурт.

Цхьаннан бIаьргашкахула хьаьжча, хьуна и хьайн сурт хьайна долучул тоьлашха, товш хета.

Кхечун бIаьргашкахула хьаьжча, – мелхо а эшна, эрчадаьлла карадо.

 

Стагца Iаь я́р а я цая́р а иза хила там беца – цуьнан бIаьргашкахула хьаьжча, хьуна гун хьуо хьайна та́р я цата́р.

И сурт хьайна товчохь хьан саца дог догIу…

Ца тов меттиг йита дог догIу.

 

Тоьшийла дуй, цхьанна ша везаш, шена иза ца везачу я, шена цхьаъ везаш, цунна ша ца везачу хьолах?

ХIан-хIа!

Шена цхьаъ везар – иза, цуьнан бIаьргашкахула хьаьжна гун ша а шена везар, та́н мукъне а та́р хила деза.

Ткъа шена цхьаъ цавезар цуьнан бIаьргашкахула хьаьжна гун ша шена цавезар ду...

Эша а цаэшар…

 

Суна иза, аьлча а, хьан бIаьргашкахула хьаьжна гун суо ца веза, тан а ца тов. ТIаккха хьуна иза тов бохучух а ца теша со…

                                                                                                                                  1997 ш

 

 

Зиэделларг

 

Муьлш хилла уьш?..

Дуьненан муьлхачу маьIIера?..

Муьлха мотт буьйцучу нахах?..

Цхьанна лаьттах эчиг схьакъасто хаийтина Веза-Лекхчу АллахIа…

Вукхун иза цIаре лаца хьекъал кхачийтина...

Кхечунна цо кеп оьцуш хилар хаадалийтина.

Ткъа хаадалар хаттаре доьрзу.

Хаттаро зиэрна тIе валаво.

Зиэро кароре кхачаво.

Карийначух хаар хуьлу…

 

Цу новкъахь цхьаъ ву хIара: эзарнаш я эзар эзарнаш шераш хьалха, тIулган дагарца хадийна, генех цIанбеш, чIанабаьккхина, юьххьехь ирбина хьокха дерриге а ниIмат шех схьадолучу лаьттах охьатухий, юха иза хьалабаьккхича, баьлла кIаг тергалбой, цо дуьххьара ойлайо: кхузара латта стенга дахна?

 

Декъалхила-кх иза – и дуьххьара хьокха охьатоьхна, лаьттах кIаг баьккхинарг, юха и сурт тергалдина: «Кхузара латта стенга дахна?» ̶ аьлла, хаьттинарг!

Декъал хила-кх вуьйш а!..

Цхьаерг ирх йоьгIна, кхиерг цу тIе пурх йиллина, тхов-кхало йинарг!..

ГIов бина, цу тIехь гар (кор) дитнарг!..

Кхеран чоь (кхерч) аьгна, цу чохь цIе латийнарг!..

НаьI (неI) оьллина, кхерчан йовхо чуерзийнарг!..

Коч-мача тегна, адаме тIе-кога дохийтинарг!..

Кад-Iайг дина, адаман даар-малар атта динарг!..

 

Декъалхила дуьненна цIерш йовзаза, дуьнено сийлахь цIерш тахказа баьхкина-бахна, шайн хьекъалечу масалшкахь, гIуллакхашкахь баха бисна кху Латта цIе йолчу сайратан дуьххьарлера и хьекъалчаш, хьикматчаш, и… бакъ болу академикаш!..

 

Ирбина хьокха лаьттах охьатоьхна, цо баьккхина кIаг тергалбина: «Кхузара латта стенга дахна?» – аьлла, хаьттинарг – боккъал а цо ца биллина тIаккха дуьненан Iилманан бух буттучохь дуьххьарлера чхар?..

Аьлча а, хьекъалан юьхьиг яц, ткъа, и хаттар?..

Хаттаро ца йоккху ойла сама?..

Ойлано ца валаво зиэрна тIе?..

Зиэро ца вуьгу хьесап тIе?..

Хьесапан жамI дац хаар?..

 

Декъалхила-кх тIаккха дуьххьарлера йилбазалла доцу и хаттар!..

 

Декъалхила-кх дозанаш ца детта ойла!..

 

 

                                                                                                                                 2007 ш

 

ТIехдериг а, дуьсург а

 

Эрна арахь, ца кхета техьа, ца кхочу техьа бохуш, ахь дукха ладегIна, кхетар ю, кхочур ю ала меттиг боцуш, хIетте а ца кхетахь, ца кхачахь, дуьххьалдIа хьайн дан амал цахиларна, хьо дукха хьежна, цхьаъ тилахь, шолгIачуьнга хьежар хьан дукха тIаьхьало йоцчу долу и чехка, и сиха конка ма чехка, ма сиха тIехъели, тIехъиккхи, тIехтили!

 

Ма йоккха тийналла а хIоьтти-кх тIаккха ишта а къоралла шорта лаьттачу кху пана арахь!

 

ХIинца хIун де?

 

Хьежначул кхитIе а хьежа, ладегIначул кхитIе а ладегIа зама йисний, хьовх, собар а тоьарий, хьовх?

Ткъа тIехдаьллачунна а ма атта хийти иштта тIехдала, тIехъэккха, тIехтила… Иштта гуттар а тIехъэккхаш гун сурт ма атта а хета тIехъэккхачунна тIехъэккхачу новкъахь шех дита…

 

ТIехдаьлларг-тIехъиккхинарг-тIехтилларг тIехдаьлла, тIехъиккхина, тIехтилла даьлча, догдилла йиш йолуш, паргIатволуш, IаддаIийча волуш велара хIетте а!

 

Ца волу…

 

Ца волу дела, ладийгIи хийла…

Хьийжи веха…

Дукха…

 

Хийла бIешерахь ладегIна бIешо а дели иштта тIех. ТIехъиккхи, тIехтили, кхин а ладегIа, хьежа бIешо дуьсу техьа кхуьнан я ца дуьсу техьа боху сингаттам, чотъяр шегахь доцуш.

 

Ткъа базарш-м яра…

Духкург а, оьцург а дара…

Кхечу агIор шен хуьлийла а доцуш санна, лаьтташ дара, хьийзаш дара дехаш дара дуьне…

Самадаьллачу син цIахь хуьлу цIа шен доцу, цIахь волчун дагна хаалуш хуьлу синпаргIо, аьхналла шенгахь йоцу дуьне…

 

Адамийн дуьне…

хийра…

                                                                                                                                  2013 ш

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика