Ненан мотт

PDFПечатьE-mail

Магомадова Резида

МАГОМАДОВА Резида

 

Ненан мотт

 

Ненан мотт, хьо бийца ца хилча,

Сан дахар хир дара цхьа ирча…

Цундела ас чӀагӀо йина,

Хьо ларбан со мел ю дийна.

 

Ненан мотт, хьан ницкъ бу шорта:

Дог дело, дог делхо, хьаста.

Хьох долу хӀора а дош схьа

Ма хуьлу-кх цхьа дагна тайна.

 

Дайх дисна и оьзда гӀиллакхаш,

Турпалчу къонахийн хьуьнарш,

ТӀаьхьарчу тӀаьхьешка кхийдош,

Ахь «некъ бо» кегийрхой кхиош.

 

Дуьххьара мотт бийца Ӏемаш,

Ас аьлла «Нана» дош гурахь,

Сан иэсехь даим ду дехаш,

Со латтош «нохчоллин гурахь»?

 

Ненан мотт, хьо бийца ца хиъча,

Сайн дахар го суна цхьа ирча…

Цундела ас нигат дина,

Хьо бийца со мел ю дийна!

 

Сан гӀала – сан марзо, яхалахь гӀоза!

 

Дуьненан хазаллехь хьох юста цхьа а,

Хир юй-те, тхан хьоме, хӀай Грозный-гӀала?

Хийлазза ахь лайна къизаллин бала,

ХӀетте а къар ца луш, хьо йисна яха.

 

Сийначу цӀаро хьо молханах ягош,

Хийла да бӀаьрхишца, дог доьлхуш, хьийзи,

ДоӀанна ийбина мискачийн куьйгаш

Къинхетам беш Волчо беркатах дуьзи!

 

Ткъа хӀинца и беркат вовшашца доькъуш,

Дуккха а къаьмнаш ду хьуна чохь дехаш.

Дайх дисна хьаша тӀеэцаран гӀиллакхаш

Ду лардеш, велахь и диканца вогӀуш.

 

Ураме ваьлла хьан сирла бӀаьрг тоьхча,

Гушдолчу суьрто хьан дог ловзадоккху.

Сутарчу хьекъало шега ладоьгӀча,

Дийлинчу гӀалатех «ондда» бехк боккху.

 

Атарийн баьрзнашкахь сауьйзу гӀала

Зезагах тарйина гӀаттийначаьрга,

Дахарехь шел сийлахь дош доцу ала

«Баркалла» дӀаэца, доьху ас хӀинца!

 

Къизачу кхолламо яккхарх со гена,

Сан деган баьрччехь хьо ехар ю денна.

Кхин цкъа а ца гойтуш дог доьхна гӀийла,

Хьо Дала ларйойла сан Соьлжа-гӀала!

 

Хьох яьлла геналлехь цхьакӀеззиг зама

Ас текхча буоберах таръелла, цхьана…

Дуй биъна кхин хьоьха ца къаста цкъа а,

Со цӀехьа йирзира, Дай баьхна ГӀала!

 

Генарчу туьйранех Ӏехалой, хийла

Боьлху нах ирс лаха хийрчачу махка.

Ирсе вац, хилла вац я хир вац цхьа а,

Ша доггах хьостучу Даймахках ваьлча.

 

Дас, нанас шайн цхьана доьзалхо санна,

Марзоша езаш, тӀе эцна нус санна,

Сан даго, тӀехъезаш, шена чу эцна,

Сан гӀала, яхалахь хьо гӀоза, маьрша!

 

Яхьйолчу кӀенташа мостагӀех ларъеш,

Оьздачу мехкарша гӀилкхашца хазъеш,

Хьаналчу куьйгаша беркатца токхъеш,

Яхалахь, сан ГӀала, замано къонъеш!!!

 

КъинтӀера ялахьа, нана!

 

Дерриг дуьненахь пана

Лела сан ойла сов акха,

Нанас шен вайна воӀ санна,

Доггах хьо лоьху цо, нана!

 

Безначийн марзонех баьхна

Бехк боцу тутмакхаш санна,

ДегӀ доьлла дахарца къийса –

Оьшу хьан «маршалла», нана.

 

Кхолламо кховдийча сайга

Доьзалийн хьаштийн и «жӀуга»,

Кхетарна тӀаккха хьайх, нана,

Доьху хьоь, къинтӀера яла.

 

Хиллехь, сох ледарло яьлла,

Халахетар дуьненахь хьуна,

ДоӀица доьху ас хьоьга,

КъинтӀера ялахьа, нана.

 

Шераша гонаш а дохуш,

Еха со цхьа эрна хӀинца,

Хин метта бӀаьрхиш а муьйлуш,

Догъэца йоцуш хьо, нана.

 

ДоттагӀий! Дехар ду шуьга –

Ларамца ларбелаш наной,

Къастаран байтамалх кхиъна,

Дуьненахь герз ма дац цхьа а!

 

Нохчийчоь – сан хьоме Даймохк!

 

Нохчийчоь, со хьоьстуш кхиийна ага,

Хазалла хьан йийца дош тоац цхьа а…

Делахь а, иэшац и арахьа лиэха,

Дагахьдерг дӀадийца тоьар ду похӀма.

 

Ламанаш, гуо бина, хьуна хехь лаьтта,

Ӏаламан кузаша кхелина хьаьтта,

Хьан хьаннийн ӀиндагӀехь шовданаш зиэрза,

Хьо гучохь, беркате ойланаш серса.

 

Хьан Ӏалам – сан деган безаман шовда,

Со гушшехь, делалой, декхалой хьаьвза…

Хьан суьртахь дуьненан хазалла евза,

И суна, нурдашо малх хуьлий, лепа.

 

Хьох яьлла геналлехь, цхьа кӀеззиг зама

Ас текхча, буоберах таръелла, цхьана,

Дуй биъна кхин хьоьха ца къаста цкъа а,

Со цӀехьа йирзира, Дай баьхна Латта!

 

Генарчу туьйранех Ӏехалой хийла,

Ирс лаха боьлху нах хийрачу махка…

Ирсе вац, хилла вац я хир вац цхьа а,

Ша доггах хьостучу Даймахках ваьлча…

 

Дас, нанас шайн цхьана доьзалхо санна,

Марзоша езаш, тӀеэцна нус санна,

Сан даго, тӀехъезаш, шена чу эцна,

Тхан хьоме Нохчийчоь, яхалахь гӀоза!

 

Вицлур воцу къонах

(Нохчийн Республикан Хьалхарчу Паччахьана

Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина)

 

Сан дайша, суо жима бер долуш дуьйна,

Со олуш хезна ю, хӀара дешнаш хийла:

«Эзарнаш шерашкахь цкъа бен ца волу,

И санна Къонаха, дуьнен тӀе вайна».

 

Сан иэсо листира и ойла хийла:

«И муха, мичара, хир ву-те, мила?»

Хьайн халкъан ирсана ахь дахар хийци,

Хьо хилла-кх и Къонах – со хӀинца кхийти!

 

Хилла хьо дуьнен тӀе ваьккхина Дала,

Нийсаниг, сийлахьниг дӀакхайкхо, ала,

ДӀаайба, хьаьрчина тхох тӀеман бала,

Йохаеш, жухаргийн «лаамийн гӀала».

 

Шераш мел дӀаэхарх, замано йорт етташ,

Вицлур вац тхуна хьо, тхан Ахьмад-Хьаьжа,

Вехар ву тӀаьхьенийн дегнашкахь хийла,

Бохур ду: «И къонах даим ву дийна!»

 

Со тахна ехаш ю, йоккхаеш дахарх,

Ахь шен са хийцинчу маршонан зовкхехь,

Хастам беш, Кхоьллинчу вай Далла даим,

Хьо Сийлахь Къонах Цо валарна тхайна!!!

 

Хьан дахар ца хилла эрна…

(Дена Ӏелина лерина)

 

ДӀахеди, сан дада, сан ирсан орам,

ТӀекхечи хьоьгарчу марзонах хьегар.

ТӀаьххьара дисна сайн дагтӀера зезаг,

Ца лало, эцна дӀа Ӏожалла яхар.

 

Вайн синош Кхоьллинчо Нана дӀаэцча,

Моьттура дерриг дуьне тӀекхетта,

Амма и хиллера техкина дисна,

Ткъа хӀетахь со цунах кхетанза йисна.

 

Хьан дахар, сан Дада, ца хилла эрна,

Юьртана хьайх дика тоьшалла дитна,

Къуонахчун амалца дуьненахь ваьхна,

Хьо ваха езачу Эртана Ӏилла.

 

Воккхачун, Дада, хьо беш вара лерам,

Жимачун терго яр – хеташ хьайн декхар.

Мискачун гӀортор а хилла, хьо ваьхна,

Цундела юьхь ю сан хьоьха дош ала…

 

Езачу Эртанан хьаша хьайх хилла,

Цу Хедин хьаьрмо везаш тӀеэцна,

Кхоьллинчу вайн Дала декъал а вина,

Хьан хӀусам хуьлийла беркате, сирла!

 

ХӀай сийна стигла, ахь Ден дола делахь,

ХӀай Ӏаьржа латта, ахь Наналла делахь,

Ден, ненан марзонах цхьабосса хаьдда,

Дуьненахь висинчу массо а дена!!!

 

Нохчийн мотт

 

Уьншеран заманан кӀоргене яхна,

Вайн халкъан дӀадахнарг со кего йоьлча:

Хилла хьо, нохчийн мотт, массарел сийлахь,

Хьо ларбеш иэгарна, вайн кӀентий цӀийлахь.

 

Дуьненахь уггар а мерза дош «Нана»

Вайн дайша, нохчийн мотт, хьан дашца аьлла.

Цул тӀаьхьа массарел сийлахь дош «Даймохк»

ХӀетахь ахь тесначу орамах даьлла.

 

Ткъа тахна хьуна тӀе зӀакарш а етташ,

КӀез-кӀеззиг схьабохуш, дӀакхуьйсуш, аьтта.

Къахеташ сов хьоьха, даге ов детта,

Ницкъ лойла Кхоьллинчо хьо кхио хиэцца!

 

Доьху ас: самадовла, дог-кура нохчий,

ЛадогӀий ойлае, со-м шуга кхойкхий!

Шу хила гӀертарах муьлхха а къомах,

Орама тӀера бен маргӀал а тосий?

 

Нохчийн мотт – вайн халкъан дахаран хазна,

ЙогӀучу заманан сурт гойту куьзга,

Сихое берзо шен бакъдолчу хорша,

Кхачале тӀаьхьенан дахаре хуорша!

 

Нохчийн мотт-ненан мотт, беза хьо суна,

Сайн дегӀан са санна безий-те, аьлла,

Цалуург, сий ойбуш, хьо берче баккха

Ца хетта, лаьттарчу хелиган меха!

 

Вайн дайша шайн цӀийца ларбина дайн мотт,

Наноша марзонца кхиийна оьзда мотт,

Безалаш, бийцалаш, мел керча шайн мотт,

И совгӀат Деллачо хаттале цунах барт!!!

 

Мехкан кӀанте

(Сийлахь Боккхачу Даймехкан тӀамехь вайначу

девешина Сайд-Ӏаьлвина лерина)

 

Езачу Эртанна юххера,

«Гуьна» шех олучу юьртара,

Хьо воьду Даймехкан декхарна

ГӀуллакхе Советан эскаре.

 

ЦӀахь юьтуш, хьаьстина эсала,

Хьуо вина, кхиийна нана,

Хаийта цакхиар уосала

ТӀаьххьара къаьсташ хьо езарх а.

 

Да воцуш кхиар хьан байлахь,

Сецадеш, ойланан къайлехь,

Кхоьруш, хьо леларна гӀийла,

Ненан дог къайлаха тийжа.

 

Моьтту, хьуо хан-зама яьлча,

Воьрзур ву хьомсарчу юьрта,

Дебар ду дахар хьан къуона,

Воккхавеш доьзалан гуонах.

 

Маржа-яӀ! Кхоллам хьо адаман!

Дасталац догӀа хьан къайленан.

МостагӀчун и аьтто бели –

ТӀеман кхаж Даймахке бели.

 

Кехате сатуьйсу нана

Цу кхоо Ӏадийна лаьтта.

Худахьа цуьнгара бала,

Хьайна тӀехь и лаьтта, Латта!

 

Сел чӀогӀа кхачаре хьежна

Хьан кехат деа сов дезна:

Боху хьуо вогӀур ву атта,

Доггаха мостагӀий аьтта.

 

Йоккхаеш кехатах экамчу,

Ирс кхаьчна даге сел ховхачу,

Ма гӀерта, йочанан марха, тӀе

Чекхдаллалц цу ирсан доца де.

 

И кехат тӀаьххьара хилира –

Цул тӀаьхьа, кхо шо сов, делира,

Ӏедало вай новкъадаьхна,

Нуьцкъашха Даймахках дехира.

 

Ненан дог! Ӏалац и ца лозуш,

Хьоьжу и догдилла ца туьгуш,

Сибаран махо шен иллица

Теди и, бина шех шийла ша.

 

Даймехкан сий лардан вахна кӀант,

МостагӀех, яхь ца луш, лета кӀант,

Тешалахь, лар йоцуш вовр вац хьо,

Дуьненахь къонахчун сий мел до!!!

 

Грозный-гӀала – тхан дозалла…

 

Грозный-гӀала, тхан дозалла,

Лаьа марахьарча хьан…

Хьан урамаш, хаза гӀишлош

Мел хьоме ду дагна сан!

 

Кхузахь деха къаьмнаш дукха,

Бертахь доьзал а хилла,

ГӀо эшначохь гӀовтта кийчча

Бу уьш, массо заманна.

 

Сирла школаш, берийн бошмаш,

Ирсе ду тхан бералла…

И даларна ала лаьа:

«Рамзан, Хьуна, Баркалла!

 

Маьрша, хаза ю хьо, ГӀала,

Хьеший лелаш генара,

Къонахаша совгӀатана,

ХӀоттийна хьо иштта дӀа!

 

Тхайн дайн ламаст лардеш, оха

Кхойкху шуьга даггара:

«Дуьненахь а уггар хазчу –

Грозне дуьйла хьошалгӀа!»

 

Дай баьхна хьоме юрт Гуьна

 

Сан са ду даим хьан хьаьттахь,

Дай баьхна хьоме юрт Гуьна.

Хиларх со мел гена панахь,

Хьуна бен меттиг бац дагчохь.

 

Дахаро чорда шед тоьхна,

Геналлехь сагатдан йоьлча,

ГӀено хьан сурт сайна оьхьча,

Дог ловзадолу сан, Гуьна.

 

Кхолламо яккхарх со гена,

Хан-зама дӀаэхарх денна,

Хьоьболу сан безам цӀена

ЧӀагӀлуш бу, доцуш шен доза.

 

Ӏалам ду хьан хаза, аьхна,

Къонахий – цӀейоккхуш, майра,

Яхьйолу мехкарий хийла

Схьабевлла, хьоме юрт Гуьна.

 

Замано шира таш тесна,

Хьуна тӀе богӀу некъ хаьдда,

Доьхна хьан куц-сибат тайна,

Ма гойла сан бӀаьрга цкъа а!

 

Ӏожалло соьга рагӀ кховдохь,

Каш-лахьта даккхалаш, тарлахь,

Езачу Эртанна хьалхахь,

ГӀуьна схьагур йолчу меттехь.

 

Дуьненахь хьох хьоьгуш заманаш

Яккхарна хир ю ял иза,

Ларйойла Везчу вайн Дала,

Дай баьхна, хьоме юрт Гуьна!

 

БисмиллахӀиррохьманиррохьим.

«Мухьаммад валарна, АльхьамдулиллахӀ! (Ӏ.с.в.с)

 

Дерриге жил-Ӏалам дуьненчу кхоьллина,

Стигланан, латтанан ха царна хӀоттийна,

Доллучу халкъана, дезачу СовгӀатна

Мухьаммад валарна, АльхьамдулиллахӀ!

 

Хьан Дезчу, Сийллахьчу Каламан аиташ

Ахь шега диссийча, Цо тхоьга кхачадеш,

Бакъдолу дин «Ислам» дуьненчохь даржадан

Мухьаммад валарна, АльхьамдулиллахӀ!

 

Эхартан къематехь ШапаӀат да хила,

Дуьненан къинойх тхо лардан Ӏу хӀоттийна,

Ялсамане боьду некъ тхуна схьагайта

Мухьаммад валарна, АльхьамдулиллахӀ!

 

Тхан къинош, Ӏамалаш терзан тӀе ехкина,

Вайн Делан маликаш омранна кечделча,

«Уммати-и!» ва бохуш, тхо Хьайга ва деха

Мухьаммад валарна, АльхьамдулиллахӀ!

 

Ша волчу заманахь Элчано ялхийна

Кегаре зама ю тӀекхаьчнарг вайна.

Я АллахӀ, доьху хьоь, тхан Ийман чӀагӀделахь!

Элчанан ШапаӀат декъахой тхоьх делахь!!!

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика