Иллийн ницкъ

PDFПечатьE-mail

Сейлмуханов

СЕЙЛМУХАНОВ Муса

Нохчийн халкъан яздархо – Сейлмуханов Муса вина Ӏ948-чу шеран 25-чу мартехь Казахстанехь. Ӏ957-чу шарахь МусагӀеран доьзал Нохчийчу цӀа боьрзу. Шен дай баьхначу юьртахь Элстанжахь юккъера школа чекхйоккху Мусас. Оццу школехь, эскарера цӀавеанчул тӀаьхьа, хьехархочун болх бан волало иза. Балхахь мукъа а ца волуш, Нохч-ГӀалгӀайн хьехархойн институт а чекхйоккху Мусас. Цхьана муьрехь «Даймохк», «Голос Чеченской Республики», «Колхозан дахар» газеташкахь жоьпаллин секретаран даржехь а, масийтта шарахь Наур кӀоштан «Терская правда» газетехь коьртачу редакторан заместитель волуш а белхаш бина цо. Стихаш язъян волавелла 80-чу шерашкахь. Уьш зорбане йийлина республикехь арахоьцуш долчу газеташ тӀехь а, журналаш тӀехь а. Стихийн масех гуларан автор ву Муса – «Уьдучу шерийн лорах», «Жима доттагӀ», «Иллешка дирзина дош», «Черчийн доьзал». Муса вина 70 шо кхочуш НР-н яздархойн  Союзо зорбане яккха кечйина «Бералла – хаза хан» цӀе йолу берашна лерина стихийн гулар. Цуьнан цхьайолчу байташ тӀехь иллеш даьхна нохчийн иллиалархоша. 20Ӏ5-чу шарахь Ӏ0-чу апрелехь Нохчий Республикан Куьйгалхочо Р.А. Кадыровс шен Указаца «Нохчийн халкъан яздархо» аьлла, сийлахь цӀе тиллина Мусана.

 

Цуо вуно жигара дакъалоцу белхашкахь а, тайп-тайпана мероприятеш вовшахтухуш. Бераш патриотически дог-ойланехь кхетош-кхиоран балхахь дуккха а шерашкахь беркате къахьегарна а, кхоллараллин балхахь билгалболу кхиамаш бахарна а НР-н Парламентан цӀарах а, Правительствон цӀарах а, ткъа иштта дуккха а министерствийн а, ведомствийн цӀарах а сийлаллин грамоташца совгӀаташ дина Мусана. Тахана а Невран кӀоштан тӀетоьхначу дешаран учрежденехь Берийн-кегийрхойн туризман а, мохкталлархойн а Центрехь методистан болх беш ву Муса. Цуьнан хьехархочун белхан стаж – 45 шо ю.

 

 

 

 

Иллийн ницкъ

Иллийн я эшарийн хилла бац цкъа а тоам,

Дахаран некъаша хийцарх шен амат, куц.

Боккха бу дуьненчохь дехачу адамийн лаам, –

Иллеша ло царна кхин дӀа а вахаран ницкъ.

 

Пондаран мукъамо керчаеш тулгӀенаш хьалха,

Эшарийн аз кхийда стигланан есалле, хьекъа…

Иллеш ца хилча, хир дара хӀара дахар цхьалха, –

Цо бен яшор яц даг тӀера зарзйоьлла мекха.

 

Шерийн къаналле доьду дӀа къоналлин гӀора,

Деган апаре дерзош шен гӀелделла пхенаш.

Пондаран мукъамо гӀаттаво меттара хӀора а,

Самайоху шераша дӀа мел ихна хенаш.

 

Иллийн я эшарийн хилла бац цкъа а тоам,

Дахаран некъаша хийцарх шен амат, куц.

Боккха бу дуьненчохь дехачу адамийн лаам. –

Иллеша ло вайна кхин дӀа а вахаран ницкъ…

 

Хьо юхаелча Дала

Юхаелча, цхьана минотана хьо, Дала

Дийцаза диснарг хьоьга делхон дӀа.

Серлайохуш сайн ойланийн кхане,

Хьан когашна барташ дохуш Ӏен.

 

Белхо хьоьга кийрахь ӀаьӀна бала, –

ГӀалатех сайн буьзна шерийн дуо.

Юхаелча, цхьана минотана хьо, Дала –

Боьрзур бара сан массо чевна муо.

 

Хьай оьзда васт дуьтуш тхоьца даха,

Цуьнца цхьаьна буьтуш кошан барз,

Хьо дӀаяха, кешнийн хьармехь яха,

Суна юьтуш корехь зӀаьнарш яжа.

 

Сагатдо хьуна, жимчохь санна, нана!

Муха лачкъор дӀа и дегаӀийжам ас?

БӀарзлуш хилча, тӀе мел йогӀу кхане, –

Ца гуш хилча, дагна хьоме васт…

 

Ларделахь дош

(КӀанте)

Юьхь дуьхьал аьллачух ма вала дохко,

ТӀаьхьашха олучух ларделахь дош.

Харц цӀе кхоьллина, вийцарх а махко, –

Бакъдерг дуьсур ду, вилларх а коша.

 

Халахетар, хазахетар лоьхуш ца догӀу,

Хьо цунна хилалахь даима кийча.

Диканна диталахь даьккхина догӀа, –

Оьзда мотт хир бу хьан цуьнца бийца.

 

ДӀадевлларш дӀадахна, даьржина пана…

Уьш леха ма гӀерта, дагна беш ницкъ.

Хастамбеш вахалахь яьккхинчу ханна, –

 Дела ву латтош верг шен лаьшна рицкъ.

 

Ойланаш кегошшехь, дӀауьду вайн хенаш,

Керчабеш къаналле зарзбелла хӀоз.

Цо денна хьекхош вайн синан пхенаш, –

ДӀаяхна яьлла хан хоьтуьйту моз.

 

Барз буьтуш дӀадоьрзу мел деха дахар,

Коьртте доьгӀна чурт – вахаран теш.

Мел дукха гулбаларх, буьсур бу бахам –

Вахалахь, хьаналчун сий-ларам беш!..

 

Генахь хиларх

Могуш-маьрша хьо хилийла лууш,

Ваьлла хиларх хьуна гена со, –

Хилла безам, де мел дели, кхуьуш,

ЧагӀлур бу, ларъеш вонах хьо.

 

Со Ӏехийна, сирла шовдан коьрте…

Хено хьоьстуш, цхьа кхин лаьттар ву.

Дагна хьоме хьо кхиъначу кхерчан

Сийдеш, иэсехь безам лаьттар бу.

 

Хьан ирсана денна аьтто боьхуш,

Генахь хиларх, Деле йоьхур ю!

Синхьаам а хаьдда, кхоллам лоьхуш,

Синтем байна, балехь хьийзар бу.

 

Вайшинна юкъа йоьлла хиларх херо,

Хиларх шога вайн къастаран некъ,

Валор ву со, мацца а цхьана дийно,

Сатийсамца, ирс левзинчу керта.

 

Холча ма хӀитта

Холча ма хӀитта, йоӀ, дахар ду доца.

Ойланаш дукха ярх а, цкъа деза къаста.

Цхьана дийнахь безаман гуро хо лацахь,

Елалой, екхалой, ахь дуьне хьаста!

 

Ойланийн мазлагӀахь дог дита лела,

Марзонан дургал цуо гулдийр ду тӀе,

Дита и бацалахь сирла тхи мийла,

Иэшахь цуо йойур ю шеконан цӀе.

 

ГӀенаха мел гинарг хилийта кхочуш,

Елалой, екхалой, малхаца гӀатта!

Дуьненчохь хӀумма дац безаме кхочуш,

Цуьнца хьайн ирс хьуна карор ду атта.

 

***

Цхьанненна а со ца уьду тӀаьхьа…

Амал а ца йогӀу сан цхьаьнцце, цхьаьна.

Воккхачуьнца гӀиллакх лоций, вогӀу со тӀаьхьа,

Сайл жиманиг кхиийта вайн гӀиллакхашна тӀаьхьа.

 

Ахьмад-Хьаьжа

Лайра къомо луьра хенаш –

Кегий, бакхий баланаш.

Амма гӀаьттира Къонах хенан,

Серлайохуш ойланаш.

 

Ахьмад-Хьаьжа хьалха волий,

Нийсачу новкъа долу къам:

Нохчийчоь вайн паргӀатйолу –

Машар чӀагӀбеш, йоьду хан.

 

Халкъан тешам – Сийлахь лакхе!–

Къонахчуьнга кховдий дарж!

Нохчийн байракх ойуш леккха,

Лаьмнийн коьрта тилли таж.

 

Маржа яӀ хьо, дуьне-дахар,

Хьан чохь кхуьу тешнабехк:

Зулам дезаш болчу наха,

Делхий адам, нохчийн мохк.

 

Вилларх Къонах лаьттан кийра,

Хих дӀаидарх зама, хан,

Дегнаш мел ду нохчий кийрахь,

Вехар ву и вайца цхьаьна!

 

Бовр бац цуьнан нуьре Седа,

Йовр яц мехкан кхерчахь цӀе:

Тодеш, хаздеш къоман дахар,

ТӀаьхье мел ю вайн дикчу ден!

 

Хьо хьалхавелира

Нохчийн Республикан Хьалхарчу Президентан,

Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина.

 

Нохчийчохь тӀеман кӀур базбала боьлча,

Адамийн къизалла совйийла йоьлча,

Декъазчу синошка мохь-орца даьлча, –

Хьо хьалхавелира, халкъ паргӀатдаккха.

 

Бакъдинан мостагӀий Ӏилманца эшош,

Ийманах галваьлларг эхартах тешош,

Бакъонехь лела дош хӀорангга  кхачош,

Хьо хьалхавелира, халкъ паргӀатдаккха.

 

КӀеззигчу тобанца, шен даг чу чӀагӀо

Йиллина, дӀахӀоьтти хьан кӀентан агӀо.

Къоначийн дог-ойла иркарахӀиттош,

Хьо хьалхавелира, халкъ паргӀатдаккха.

 

ГӀевттира хьан кӀентий, ца бовлуш юха,

ГӀазотехь эгначийн, байинчийн дуьхьа,

Зуламдай эшийна, сий-лакхе йоккхуш,

Толамца, Нохчийчоь ахь паргӀатъяьккхи.

 

Барт чӀагӀбеш, халкъана маьрша некъ баьккхи,

Хийла да Ӏожаллах кӀелхьараваьккхи,

Кхуьучу тӀаьхьенна Сийлахь ЦӀе йитна,

Турпал-да дӀаваха, кӀайн дуьне дитна.

 

Вайн ярташ, гӀаланаш юха дӀахӀиттош,

Исбаьхьа майданаш малхаца гӀиттош,

Массо а къаьмнашна маьрша неӀ йилли,

Яхь йолчу хьан кӀанта ирсан тӀай тилли.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика