ХIун бехк бара сан?

PDFПечатьE-mail

         3

САРАЛИЕВА ТАБАРИК

                                                          

Шераш дIа мел оьху а бераллехь хилларг дика дагадогIура йоккхачу стагана Хьапина. Цхьаъ вукхунна тIаьххье суьлхьанийн гуо а боккхуш, бIаьрнегIарш тIекъевлина Iачу кхуо, юх-юха а луьттура шен дахар. Дуьххьара дагадогIург: диллинчу корехула  чуйожар. Ша лазийна цахилар а, амма шен нана чIогIа лазийна хилар а дика дагадогIура. «Нана яла хьан, да чохь хилча, цо бIаьраIуналла дийр ду аьлла ма хIоттийнера аса хьо кора йисте, паднара тIе», – бохуш, елхаран къурдаш а деш, йоьIан цхьа а меже лазийний хьоьжучу ненан аьхна куьйгаш хIинца а шен дегIа тIехула хьоькхуш санна, хаалора кхунна. «Шек а вуй ду-кха, йоI стенга яхана хаьттича, айхьа дIахIоттийначуьра хьалаэца ахь, боху-кх», – дена йина яппарш а ненан озаца кхочура Хьапин лере.

 

Бовхачу малхана дуьхьал куьг лоьцуш, гIелъеллехь а, меттах яла ца яьхьаш, деваша Юнус дIавахана ков ша ларийна а ма-дарра дуьхьалхIуттура.

БархI да вехачу йоккхачу уьйтIахь, Iаьмнийн томмагIашна лулахь хьалакъеддачу бацалара баппаш лехьош, уьш «хIуп-п» олий тIомадохуш, ловзуш лела Хьапи схьалаьцна, шерачу метте дIа а хIоттийна, кхунна гонаха гIожца гуо а бина: «Со юхаваллалц, кхузара меттах ма яьллахь!», – аьлла, дIавахана ваши сарралц гучу ца велира. Юха а кхунна гонаха  хьийзара нана: «Эхь ду-кх иза, берана муха дийр ду иштта таIзар?!», – марвашас динчунна резаяцахь а, йоI кIелхьара ца яьккхира нанас.

  Малхо еттина, цIийелла лаьттачу вешин йоIана тIекхачча, деваша воьхна хьавзира: «Со вицвелча, хьо еллера, ва зуда, нана яц хьо?!», – нус човхийра цо. Хьапи кара а эцна: «Дукха яха хьо, сел кIеда, багахь мотт боцуш хила мегар ма дац, кху дуьнено дIакхоллур ма ю хьо», – бохуш, кхин а дуккха а цхьацца дуьйцуш, Шу кIела, баккхал юхку туьканаш йолчу урамах, кхечира хIара шиъ. ЭхI, ма мерза яра уьш, девашас цхьацца бага а юьллуш йиъна, кегийра аьттачу шекарца ийна хилла цIен, можа, сийна кампеташ!

Къаьсттина гIайгIане хуьлура йоккхастаг, Iа чаккхене лестича. Гуттар а хала доккхуш де а догIура. И хуучу кхуьнан доьзало ларйора хIара, амма йоккхачу стеган деган рузмано тIех ца туьлуйтура и хан. Тахана а, Iуьйкъанна гIаьттина ламазаш деш, суьлхьа доккхуш, мел дIалуш Iен хIара юха а бералле кхечира: «Хьапи, Iами, хьалагIитталаш сихха!  Селхана саьнгарш яха вигина шун да цIахь вац, вайга сихонца кечло боху», – ненан дегало аз кхечира кхунан лере. Мегарг набарха а далаза долчу берашка шайн ненан йоьхна хьийзар кхечира. ХIара шиъ а, дахьийча санна, шайн тIелхигаш тIеийзо доладелира.

Пешана тIехула кхозу дакъийначу жижиган коржам а, йоьхь а цIенкъа юккъехь лаьттачу гали чу тесира нанас.  Юха, дIа катоьхна, шина берана тIетесна хилла цIен юргIа даржийна, аганан чуьра исс бутт кхаьчна кIант хьалаэцна, иза цу юккъе хьарчийра. Дехьа чу хьаьдда, шайн цхьацца бедарш чукхиссина, можачу телатан чамда а галина улле дIахIоттийра. Цул тIаьхьа, ятIош-ца ятIош, паднара дуьхьал тесна кIадин кийсак схьа а яьккхина, цунах шуьйро кийсакаш яьхна, Хьапин а, Iамин а гIодаюккъе йихкира. Бухайиснарг, юргIанна юккъе хьарчийначу кIантана тIехула а, шен гIодаюккъе а йихкира. Iами паднара тIеваьккхина, цунна тIехула шен доккха боьмаша кортали а тесна, ша охьа а лахъелла, корталин тIемаш озош шад бина, кIант шен букъа тIехь дIакъевлира нанас. Самаваьлча, паргIата ца валалуш, резавоцуш, «иъ-миъ» деш волу  жима ШаIрани Хьапин маравоьллира. КIантана тIехула халла ваьштакхаьчна ши куьг вовшахтесна: «Нана, вай хIун до?», – Хьапин хаттарна дуьхьал: «Пошли», – хезира.

НеIаре схьайирзинчу йоIана, нанна тIелаьцна тоьпан юьхьиг а йолуш лаьтта лулахойн хьаша Кола вевзира. Даима а ийна волу иза тамашийна вара тахана, вистхила а, велавала а ца хууш санна.

Кхин шаьш стенга доьлху хааза йолу, кIант марахь волу Хьапи хьалха а йолуш, гихь дIавихкина кIант а, шина куьйга хьалалаьцна гали а, чамда а йолу нана тIаьхьа а йолуш, шайн цIенна букъ туьйхира кхара.     

Даккхийчу чимашца ло дара тIедогIуш. Кху масех дийнахь ихна, гIороза дисинчу цунах ткъарш хилла,  тIехь ког ца сацалуш, шера бара некъ. Хала-атта эвла йистерачу Нуьттах-хин тогIе схьакхечира хIорш а, иштта кхиболу юьртахой а. Дешачу лайла охьакхиссира галеш, тIоьрмигаш, бераш.    

  Селхана саьнгарш яха бигначарех цхьаццаберш делкъал тIаьхьа тIебалийра. Вукхарех дерг цхьанна а ца хаара. Луларчу боьлакера дечиг-чIеш гулдина, цIерш латийна, доьлху бераш Iехийна гIуллакх дина баккхийнаш бовлале, керлачу Iуьйренан синбилгалонца схьатеттира яккхий машенаш. БIаьргаш тIететтина лаба йолу хураьшка тиллина, чоэх хьаьрчинчу эпсаро дIадийшира кIайн кехат. Махкахдахар бакъ хилар тIе ца лоцучу адамийн белхаршца, маьхьаршца машенаш тIе хьалабехира шаIми-юьртахой. «Во-о, адамаш, Дела воцучу ца дуьгу шуна вай, Делан цIе яккха, цунна тIе болх билла», – даьржира машенаш тIехула. Жим-жимма йовш дIаяйра адамийн гIовгIа.

Дукха ца хьелуш, аьчканекъа йисте охьабиссийна хIорш, шаьш лелочух ца кхетачу адамашца цхьаьна, бIаьрго схьа ма-лоццу еха лаьттачу шалонна тIелаьхкира. Гихь кIант а, шина куьйгахь мохь болу нана а, жима ваша марахь волу Хьапи а хьалха-тIаьхьа йогIура.  ГIелъелла, вовшахтесначуьра ши куьг хецадаларна кхоьруш, хьалхара некъ цагарна, цхьацца ког айбеш, иза лерина охьабуьллуш, халла йогIу Хьапи нанна тIаьхьайиснера, амма «Аьчканекъах ког ларбелахь», – цуьнан аз кест-кеста кхочура кхуьнан лере.

Цхьана маьIаргонна малъеллачу Хьапин  карара кIант хецавелира. Дукха кхераеллачу йоьIан луьра мохь хезна, нана юхайирзира. Цу минотехь аьчканекъа тIехь Iуьллу ШаIрани а, цунна тIекхетта Хьапи а  гира цунна. Сихха шен букъ тIера кIант охьашаршийна, иза гали тIе а хаийна, чамда буьйнахь а йолуш, тIекхиира нана. КIант хьалаэца тIекхевдинчу  цуьнан куьг мелачу цIийла дахара. Коьрта кIелара куьг хьала ца доккхуш, вукху куьйга кIентан жимачу хьаж тIе яьхкина хьийзина Iаьржа месаш яйн дIатеттира нанас. Гуш лаьтташехь бос хийцалучу юьхь тIе оьгу лайн чимаш сихха дешара, амма юргIин тIома тIера цIен хьоькх гонахара ятайолаелла, Iаьржачу басе йирзира. К1ентан юьхь т1ехь лайн чимаш ца дешаш а гина, корта хьалаайбира нанас… Мохь ца элира, цхьа гIаргIаш бира, кхоьлина тIейоьлхучу  стиглана а, уллехула тIехдуьйлучу адамашна а бала бацара кхеран. Дуьне доьхнера, кхунна хьовха, доллучу а халкъана а.

ЮргIин екъачу агIонах хьаькхна, цIийх дуьзна шен куьг цIандина, чамди тIома тIехь кхозу догIа схьадаьккхина, цу чуьра цхьайолу тIелхигаш охьа а кхиссина, бухайисинчарна юккъе диллира нанас кIентан  шелделладалаза ховха  дакъаХьалха санна, догIа дIатоьхна, цхьана буьйна чамда а, вукху буьйна йоьIан куьг а лаьцна, дIанехьо йолчу шен х1уманашна тIе яхара.     

Хьекъало хилларг схьа ца лоцу Хьапи ма-хуьллу юхахьоьжура аьчкан некъа тIе, амма Iаьржа хьоькх йолу цIен юргIий, нанас охьакхиссина кхеран цхьацца хIумнашший, кечлуш, шарахь цкъа-шозза цо т1еюхуш хилла баьццарчу памбархат коччий, хийра, бен доцуш хьоьжура кхарна тIаьхьа.

Оццу хенахь хазахетар а хилира кхарна: шалон йолаялале хьалавелира да. Вистхилла хIумма а ца олуш,  мосуьйттаза а бIаьргашца теллира цо шен доьзал. Эххар а цецваьллачу хьажарца ненехьа а вирзина: «КIант, ШаIрани, ма ца го суна», – элира.  Шина а куьйга, богу кийра къевлина Iачу нанас, вагонан  нари кIел соне теттинчу чамди тIе хьажийра ши бIаьрг. Цуьнан хьажарца дIахьаьжначу ден юьхь т1ера бос хийцабелира. Юха а, цецваларан озаца: «Вай, хIун хиллера цунна?!» – хаьттира. «Махкана а хилларг», – жоп делира нанас.

Хиллачух кхин цхьа а дош ца хазош, шалонан боларца мохк бустуш, цуьнан шакарца орца дохуш, ши кIира кхочуш, Казахстанерчу Семиозерни к1ошта кхечира хIорш. Кушмурун станцин эвлайистехь,  махкахбаьхначеран кешнашна къастийначу меттехь, доккха диллинчу лай кIелхьара халла гучудаьккхинчу лаьттах, дуьххьара жима каш даьккхина, дIавоьллира ШаIрани. «Хийрачу махкахь,  кIур ца болучу кIотаран дуьххьара вахархо хили-кх хьох, ШаIрани», – гIийла элира нанас, кхин елха а ца йилхира, некъахь даьхкинчу шина кIирнах, каш-барз боцуш, лайла кхиссинарш а бара…

ДIаделира кхойтта шо. Оцу хенахь дукъаделлачу кешнашкахь цхьалха ца вуьсура ШаIрани, амма новкъадовлале вешин Iодика ян еъначу Хьапина ца бевзира вешин барз: «ДIуьдин Iелин кIант ШаIрани. Кхелхина 1944-гIа шеран 24-чу февралехь»  тIехь яздина а долуш, лохо тIулган чурт дара кошан коьртехь. «Дада», – гIийла элира Хьапис, юха, шен вешин жима барз мара а къевлина, доггаха йилхира: «ХIун бехк бара сан, ворхI шо кхаьчначу беран тIорзанан, Iаьнан Iуьйранна набарха а яьккхина,  меттара гIаттийна, махкахъяккха?  Сайн вешин ага техкош со йитина хиллехь, кхуза кхочур ма дацара тхо, хIинца жима стаг хилла хир ма вара цунах. Дада, суна бевзара хьуна хьан лазам. Iами  я кхузахь вина Рамзан вон лелча, «шух-м нах хир яцара, ШаIранех дегайовхо яра сан», – ахь моссазза олу а сайх бехк боккхуш санна, ма-хетара суна. Цкъа со йилхича: «Хьапи, Делан кхиэл ма ю лелаш, цхьацца бахьница», – со тееш, ахь аьлча а, ШаIранин валаран бахьана хьо хилла-кх, аьлла, ма кхийтира со…»

Йоккхачу стеган узар хезна, неI йиллина чуваьллачу кIантана гира ненан буьйнара суьлхьанаш охьаоьгуш. «Нана, ахь хIун до?», – хаьттинчу цунна къаьсташ хезира: «ХIун бехк бара сан… я АллахI…». Шена тIекхевдина кIант вовза санна, шуьйра схьадиллина Хьапин бIаьргаш цхьаьна меттехь севцира. БIаьрхин тIадам ненан бесни тIе а бужуш, цуьнан бIаьрнегIарш тIекъевлира кIанта. Кхузткъе дейтта шарахь Хьапин даго хуьйдина вешин бала дIабелира…  

 

24.02.2018шо

ШаIми-Юрт

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика