Стихаш

PDFПечатьE-mail

image 86060315125114581908

ЦУРУЕВ ШАРИП

ГIайгIане

Маржа-яI,

Хьо гIайгIа, юха а марша я,

Аса хьо тIеоьцу, гIайгIа.

МаьркIажан

тийналла кора кIел яьржича,

Суна хьо ца йолу къайла.

 

Беттаса

схьакхийти экаме, дегаза,

Седарчий хьагаме догу.

Бертаза

Хьо гIайгIа, ас хала детта са,

Чидаме кхойкху сайн дог а.

 

ГIерта со

вицвала, дIавижна бертала,

Мара а къевлина гIайба.

Леррина

кхетамна ас йинчу кертана

ЧугIерта, чугIерта гIайгIа.

 

Цундела

Лаамза со хIинца ву къера.

Хьайн йийсар – со мараволла,

ХIун дер-ткъа,

Сатухур-кх… хьо къаьхьа-м ю дера,

Къахьбан а сан мерза кхоллам.

 

Ахь марзди дIадаьлларг,

            хиндерг а ахь хазди,

Ткъа тахна самукъа дайи.

Маржа-яI,

хьо гIайгIа, хIун дер ткъа, марша я,

Аса хьо тIеоьцу гIайгIа!

 

 

Суьйренца

 

Яьсси хин бердашца евллачу кондарийн

IиндагIаш лестало тулгIенийн рожехь,

Мох цIийза, лахара мерз санна пондаран,

IатIарал тамехь ю зезагийн хьожа.

 

Суьйре ю цIийелла – малхо рагI кхийдайо

Буьйсанна хехь латта богIучу батте.

Хьомечун цIе тухуш,

                        къестийна хийламмо

Седарчий гуллур ду, бода беш гатте.

 

Набаран тар тосуш, дIатуьйш ю аренаш,

Варшашкахь хьозарчийн мукъамаш бека.

Iаламан тидам бо, ладоьгIу лорий ас –

Сайн сина цхьа къайле хаалуш хета.

 

Ас хIунда лоьху сайн байташкахь чулацам?

ХIун маьIна дан гIерта,

                        хьоькхуш сайн къолам?

Дависарг, цулла а гушдерг цкъа чулаца,

Дависарг, и дерриг цкъа маракъовла.

 

 

***

Хьажал хьо, историк,

                        сан дадин куьйгашка…

Сан ворхIе дайн хилла и санна куьйгаш.

Хиллехь а меттигаш

                  шаьлтан мукъ къуьйлуш а,

Хаалахь, дечиган нох ийзийна дуй уьш.

 

Латта цу куьйгашна ду хьуна хьанала –

И куьйгаш махкана Iуналлехь лаьттина.

Вайшимма хIун дина?

                        Вайн юй-те, алал ахь,

Сан ворхIе дайн хилла

                        бакъо кху лаьттана?

 

Сан дадин куьйгаш –

                        цо лайначийн куьзганаш.

Ахь-м хьайна цахуург ма-хетта дуьйцу.

Хьажал цкъа, историк,

                        сан дадин куьйгашка…

Сан ворхIе дайн хилла и санна куьйгаш.

 

***

Мел баьIIаш IаьIна сан зезагийн арахь,

Зезагийн цу арахь ченан кIур гIуьтту.

Къобал ца ви со ас къобалбечара –

Ас къобалбечара со юхатуьтту.

 

Ченан кIур муьйлу ас, цIена хIуо лардеш,

ЦIена хIуо лардеш, и кхачийта шуна.

Зезагийн цу арахь ас юьту лараш –

Сайн лараш сайл тIаьхьа

                        вогIуш волчунна.

 

ВорхI басахь ю аре, стелаIад санна,

СтелаIад санна, ду ворхI басахь дахар.

Биэза бос схьакъасто йиш яц-кха сан а,

Йиш яц сан ца деза беснаш дIадаха.

 

Сан новкъарлонаш дIаюьйлу кху арахь,

Юьхь-дуьхьал къарбелла

                        мох тIаьхьа хьоькху.

Тахна со къобалван ца лиъначара

Шаьш дохкодовлар цкъа

                        къадор ду соьга.

 

 

 

***

Сайн ойланаш кхоларх, кIора санна,

Кхоларх, стигал санна, йочанна,

Со ца воьлху дIаяханчу ханна,

Со ца воьлху йогIур йолчунна.

 

Бакъду, хийла байттамал ас баьхна,

Тасавелла воьжча бертала.

Кху дуьнен чохь со мел,

                        мухха ваьхнехь,

Со ца ваьхна цуьнца бертаза.

 

Бере санна говрахь, йоцуш дуьрста,

Лаьттан дахар идош замано,

Теш а хилла, со ца лаьтта юьстах,

Хено дечун ву со декъахо.

 

Амма хенан юкъаллах со Iаьбна,

Хьогах ву со мийла тийналла.

Лаьа суна, хIай, мел чIогIа лаьа

Восса дуьрста йоцчу динара.

 

Кху дахаран нийсса бIаьра хьаьжна,

Лууш ву барт хатта мацца цкъа:

Стенна ду хьо дестечух догъIаьржа,

Латтош нахехь ирсан мацалла.

 

            Къеначу илланчин

            тIаьххьара дош

 

ДIагIолахь, сан илли, дIагIолахь, аьрзу,

Маршонан Iаьршашка ас хьо дIахоьцу.

Со вуьсур ву кхузахь, дIагIолахь, аьрзу,

Сан гIайгIа ю хьоьца, сан ирс ду хьоьца.

 

Къар ца луш шерашна,

                        кIад ца луш новкъахь,

Ас хьо дIакхачийта

                        ницкъ кхочург деш ду,

Сан илли – хьо стом бу сан

                        деган шовкъан,

Сан деган арз ду хьо, сан хенан теш ду.

 

Хан еъча, юьртана тIехбовлучара

Хьенехан, минехан ду иза бохуш,

Тидамбеш сан чуьртан,

                        сан кошан борзан,

Цу борза тIехула са стигла дохуш,

Сан чуьртан эмгар хьо хилалахь, аьрзу.

 

Ца воха, Iожаллин

                        шийла бIаьрг къаьрзаш,

Маршонан стиглане ас хьо дIахоьцу.

ДIа тIемадала хьо, сан илли-аьрзу,

Iожаллах лардина сан са ду хьоьца.

 

***

Дицлур дац, дицлур дац…

Ас дагалоьцур ду,

Некъ билгал ца болуш,

                        вайн тилла лелар.

Мерзаниг, къаьхьаниг –

Дерриг сан хьоьца ду,

Хьо – ирсан лакхе, хьо –

ГIайгIанийн гIело.

 

Девзина хилла вай йоцачу заманна,

Девзина некъаца некъ марзахболуш.

Вайн кхочуш хиланза дисина захало,

Хан яларх, дац суна дагара долуш.

 

И хиллехь, сан дахар шера-м хир дацара,

Цундела баккъал а тамашен дай и-м.

Хуъушехь хьоьца «тIом-гIовгIа»

                                   тIелацар а

Кху хьолал сан сина хир дара пайде.

 

Тембацар беркат ду ишттачу синтемал,

Ирс дара сан хьоьца синкарзахалла.

Хьо йоцуш маргIала дуьйли сан синтар а,

Зезагаш дIадай сан некъан бохалла.

 

Ткъа хIинца чекхдаьлла

                        дерриге хьоьца дерг,

ХIетте а, эрна дуй хууш и хьехор,

Цхьа гIийла, цхьа хаза ас дагалоьцур ду,

Некъ билгал ца болуш, вайн тилла лелар.

 

 

***

Дицлур дац, дицлур дац…

Ас дагалоьцур ду,

Некъ билгал ца болуш,

                        вайн тилла лелар.

Мерзаниг, къаьхьаниг –

Дерриг сан хьоьца ду,

Хьо – ирсан лакхе, хьо –

ГIайгIанийн гIело.

 

Девзина хилла вай йоцачу заманна,

Девзина некъаца некъ марзахболуш.

Вайн кхочуш хиланза дисина захало,

Хан яларх, дац суна дагара долуш.

 

И хиллехь, сан дахар шера-м хир дацара,

Цундела баккъал а тамашен дай и-м.

Хуъушехь хьоьца «тIом-гIовгIа»

                                               тIелацар а

Кху хьолал сан сина хир дара пайде.

 

Тембацар беркат ду ишттачу синтемал,

Ирс дара сан хьоьца синкарзахалла.

Хьо йоцуш маргIала дуьйли сан синтар а,

Зезагаш дIадай сан некъан бохалла.

 

Ткъа хIинца чекхдаьлла

                               дерриге хьоьца дерг,

ХIетте а, эрна дуй хууш и хьехор,

Цхьа гIийла, цхьа хаза ас дагалоьцур ду,

Некъ билгал ца болуш, вайн тилла лелар.

 

 

 

 

 

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика