Кхаа дашах дийцар

PDFПечатьE-mail

Хасан Седиев - Очаг

Кхаа дашах дийцар

Ахмадов Муса

 

XIX бIешарахь, ткъе пхеа шарахь лаьттина Кавказан тIом дIабирзича, ламанан къаьмнийн дуккха а нах Хонкара Туркойн махка, дIабахара, паччахьан Iедална кIел совца ца лууш. Царна юккъехь бара нохчех пхи эзар доьзал а. Туркойн дозанал дехьабевлча, ламанхой цхьана ханна эрначу арахь совца дезаш хилира, шайна цигарчу Iедало гуттаренна а даха меттиг билгалъяккхалц. Цкъа кавказхой севцначу цхьана туьшахула схьавогIучу цхьана туркойн Iедалан стеган тидам хилира, уллехь воккхачех цхьа а воцуш, волавелла лелачу ши-кхо шо кхаьчначу кIентан. Юххерчу нахе цу кIантах дерг хаьттича, гучуделира иза да-нана дIа а кхелхина, масех де хьалха байлахь висина хилар, шена  уллехь доладан цхьа а гергарниг а воцуш. Оцу хьаькамо и кIант шена дIавигира, шен бераш санна, хьоме а хеташ, хьала а кхиийра. Дикка воккха хилча, оцу кIанта хаьттира ша кхобучу туркочуьнга, шен бакъдолчу дех-ненах лаьцна. Къеначу туркочо дийцира, шена и мичахь карийна а, муха карийна а. Цо иштта элира:

 

 

– Суна хьан дай-наний мила хилла-м муххале а ца хаьа, ура-атталла хьо муьлхачу къомах ву а ца хаьа.

ТIаккха оцу кIанта аьлла, шена хаа лаьа ша муьлхачу къомах ву, шена довза лаьа шен орамаш.

Туркочо аьлла:

– Бакъду иза, орамаш доцуш дитт ца лаьтта ирахь. Иза дакъало… Иштта оьшу хIора стагана а шен орамаш. Со хьожур ву хьуна цу тIехь гIо дан.

Хьо суна карочу хенахь, мотт Iама воллуш вара. Хьайн дас-нанас буьйцуш хиллачу маттах цхьа а дош дагадогIий хьуна?

– ДогIу! – аьлла кIанта. Ши дош дагадогIу суна: дех дада олура, ненах нана олура ша.

И дешнаш-м дуккха а меттанашкахь ду. Уьш доцурш, кхин хIун дешнаш догIу хьуна дага?

Кхин кхо дош дагадогIу шена – элира кIанта – хи, цIе, сискал… Церан маьIнаш-м ца хаьа шена.

ТIаккха и къена турко хьалха а ваьлла, Кавказера баьхкинчу нахана   тIехIитта волавелира и шиъ. Чергазий болчу а вахара, абзой болчу а вахара, лаьзгий, жIай, абхазой болчу а кхечира. Амма кху кIанта дуьйцу дешнаш девзаш нах бацара царна юккъехь. Эххар а нохчий бехачу цхьана туьша кхечира и шиъ.Озаца довзийтира кIанта шена жимчохь дуьйна дагахь дисина дешнаш.

Хазахетарх къегира  туьшахь бехачу нохчийн яххьаш. Царах воккхачо элира:

     – И дешнаш нохчийн меттан дешнаш ду. Хи молуш дерг ду, Дала догIанца лаьтта доссош дерг а, ломах чууьдуш дерг а ду. ЦIе иза хIора хIусамехь дIа ца йойтуш, хIор а нохчийн доьзалехь Iалашъеш ю, цуьнца хIусам йохъеш я кхача кечбеш пайдаоьцу. Сискал – иза хьаьжкIийн ахьарх бина нохчийн кхача бу, иза малх санна горга хуьлу.

Самукъаделира оцу кIентан а, и хьалакхиийначу туркочун а: и шиъ шаьшшима лоьхучу Iалашоне кхаьчна. Царна хиира и кIант нохчи хилар. ТIаккха цигахь бевзинчу нохчийн гIоьнца аьтто хилира кIентан гергара нах бовза а, цуьнан орамаш билгалдаха а.

Оцу ширачу дийцаро гойту, мел деза, мел мехала ду нохчийн меттан хIора а дош, мел чIогIа лардан деза уьш хIора а нохчичо, кху дуьненан букъ тIехь доь доцуш ца ван, шен орамаш довза. Шен дай баьхначу латтах а хаьдда, цхьацца бахьанашца хийрачу махкахь Iиэн-ваха дIаваханчу стагана къаьсттина чIогIа хаа деза иза.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика