Даймохк

PDFПечатьE-mail

semya-kak-osnova

ГУБАЕВА Тумиша

Даймохк

 

Даймохк, хьан хазалла йийца,

Тоьар дац кехат я шекъа.

Хьоь болу безам дIабийца,

Дешнаш а карор дац суна.

Даймохк, хьан сий лардеш хийла,

Эгна вай турпала кIентий.

Нохчочун яхь, гIиллакх, сий,

Шайн цIийца лардина цара.

 

Уьш бицбан бакъо яц вайн,

Даг чохь вай латтор бу даим.

Доьналлех буьззина кIентий,

Шу сий деш, гIовтту тхо тахна.

ХIусаман йовхо

 

Дуьненан хьан бахам  да-нана ду,

Хьан кертан гIортораш вежарий бу,

Ткъа цIийнан кораш – йижарий хьан,

ХIусаман неIарш доттагIий бу.

 

ДIахьажахь, геннара хIусаме хьайн,

ХIусаман чIагIалла мел онда ю.

Тхевнан а, кхерчан а да хилла хIоттахь,

Ондачу бIаьвнал и онда ю.

 

Церан ахь сий дарца, хьайн сий ахь ойу,

Уьш безар гайтича, хьоь безам сов.

Нахалахь лаккхарчу даржехь хьо ву,

И бахам хьан кхерчахь мел лаьтташ бу.

 

Да-нана дIадалахь, хьан кхерчахь шело,

Вежарий дIабовлахь, керт яьсса хьан.

Йижарий эшна хьан, хан хьуна ягIахь,

Хаалахь, кораш а чIаг1делла хьан.

 

Цхьа чIогIа доттагIий бисинехь хьан,

Хаалахь, хIинца а хьо цхьалха вац,

ХIусаман неIараш йиллина ю,

Кхерчара йовхо а дIаяза ю.

 

И яйна, хIусамаш ма гойла цкъа,

Цхьа а ма вуьсийла царах дIахаьдда,

Ша висна ма лела лаьтта тIехь цхьа,

И дерриг дIадалахь, хьан хIусам йов.

 

Бахам

 

ХIара зама сихъелла йоьду,

Бахамаш гулбеш ду вай.

Гергарло тесна вай дитна,

Бахам бу гергарло вайн.

 

ГIишлошца лакхалла къуьйсуш,

Кортош а уьйу вай ирх.

Бахамах дерриге тарлой,

Гергарло дIатоьтту вай.

 

БIарзвелча бахамаш ца гуш,

Гергарнаш лоьху вай схьа.

Бахамо гIо деш ца хилча,

ХIунда цо тилош ду вай.

 

Бахаман да хилла вац цхьа,

И цхьанхьа бахьалуш бац.

ХIетте а, дерриг дIатосий,

Бахам бен гуш хIумма дац.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика