Дерказан Джокъал

PDFПечатьE-mail

Бексултанов

Дерказан Джокъал

Бексултанов Муса

Обарг воцуш, лам а ца хилла,

къу воцуш, буьйса а яц

ламаройн алар

 

Гурара яьлла гила борз хьо ю, ма бохура, ва Джокъал, махца къуьйсу сухара леча хьо ма дуьйцура кху ламанца, гуьржаша элийн кад хьуна тIера ма ийбора – шайн мостагIчунна тIера, – сел кайоцуш, хьан вий-кх хьо, сина дуьхьал са доцуш, хьан йоьхки-кх хьан Iожалла, мила тийши-кх чагIалкхах, дешан да хьан Iехий-кх… ву, бохуш, декна иллеш, хилла бохуш, ма доьлху хьох, и бохь лекха ламанаш тезетахь ма лаьтта тахана, хотерачу къорачу хьаннаша хьан Iожалла ма тийжайо, дош даьккхина теший-кх хьо, хьох дешан да веш, я дош делла, Iехий-кх хьо, хьайн дешан меха дош хетта…        Джокъал, хьо къу ма вара, къера къу ма вара хьо, къал1 доцург, кхин бахам а, хьал а доцуш, буьйсий Iаьржа, майраллий – хьайн сай – дегI вовшах дузуш, динан бергаша некъ гезбеш, ира бIаьрса цIарах догуш,и гуьржийн ламанаш дийнахь пхиъ баьккхича, буьйсанна кхоъ боккхуш, кера юккъехь дуьсург бен, зорханна рицкъ ца дууш, некъан шакарца ойла идош, динан йоргIанца хIонс хьоьгIуш, буьйсанах доттагI вича, Дзоьдорих ваша вина, кога акха лела цIокъ ма дара хьо, Дерказан ва Джокъал… «Пхьу – берзан, ваша – вешин», – кицанна юьйцу берзан буьйса, каш санна, таьIна ма хIуттура цу бохь ира лаьмнашца,  докх санна, юьжуш, лаьхьа санна, тебна. Буьйса накъост вара хьан, Джокъал, Iаьржа латта санна, тешаме ваша, деган доттагI Дзоьдори а волуш.

 

Дзоьдори кхечу къомах вара, лам-керста вара Дзоьдори, тIулгана корта беттачу пхейн махкара лам-керста, бераллехь кхунна вевзина, кхуьнца къийсавелла, летта, вилхина, кхунна цкъа а къарвелла воцу тешаме ваша, нийса накъост, ТIуьшан Воварга сий деш волу пхейн воI-ваша Дзоьдори.

Дас – Дерказа – шеца къолах кхуьйлура кIант, жа маьхьарца тIаьхьара лахка, къуйн декъа а ца вуьгуш, барзо шен кIеза санна, къуйн къу ван, къал Iамо, воI къалах дIаволийта, хало лайта, са дезийта, Iожаллин букъа тIе цкъа байн ког ца левзича, хIонсан кхаж цаболийла шен воIанна дIахаийта.

Къал  хала дара, тIом санна, хала, герз буйнахь дан деза къал, кIелонах са идош, орцанна тIом юхатухуш, некъан бохалла некъ маьрша боцуш, дей-буьйсий вовшах а ийна, мацалла а, хало а ловш, даьхнийн дайн тоьпах ваьлча, Iедалан гуро лоцуш, моттабеттачийн меттанаша хьайн цIийнах а, цIарах а воккхуш, хийла майра кIант Iожална воьжна, лаьхьа санна готта ломан некъ ша йиллал тешаме боцуш, накъост вуьйш, галволуш, дой терсаш, гор оьхуш.

 

КIанте некъ ца балора, цIоратIоьрмиг чкъураца ийна, беран бос банза волчу цуьнга ца дахалора лекха ламанаш, кIорга Iаннаш, хала ирхеш, муцIар ира охьенаш а.

Да кIанте ца хьожура, дас тергал а ца вора кIант, дена шен кIант ган а ца гора.

КIант хийлазза вовра тIаьхьара, гIенакхоьлахь жа лоьхкуш, некъан бохалла набарна тхьуьйсуш. Ша меттавеъча я меттавогIуш – динан берг кIаг чу кхетча, – кIантана ша нуьйрахь гуора, нуьйран хIоьънах къуьшлахь цхьамма чIорбалца2, къовллуш, дIавихкина, кIентан аз тIехьара дайча, бIарлагIийн мукъа вахний а хиъна.

КIентан бералла къуйша шаьшлахь, дех – Дерказах – къайлакхоьхьура, хиъинчохь набарна вужуш, кIант сих-сиха леха дезар.

Дас тесина вуьту шен воI, да цуьнга цкъа а вист а ца хуьлу, дена шен воI ган а ца го, я коьртах а ца воккху цкъа а, кхиадоьлла кIеза барзо санна, тIекIавар а, хьастар а доцуш.

КIентан дог дузура тIаккха, шех дузура, ден тешамах, ша мила ву кхиа гIертарх, кхета воларх, кхетарх шех.

 

Цкъа цхьана буса, догIий-дохк цхьана таьIначу Iам-Баьрчан лам буххьехь, хьалхе талла хьалха ваьлла, цхьа накъост воь кхарах, кIелонна тIе а нисвелла, хьан, муха вий а ца хууш, цу къаршехь3 къематан.

Шедалой шаьш майра нах бу, хаьштиг санна,  тIахъаьлла, бIокъажор, кIадо а йоцуш, шайн вежарий, бацой санна, цамгарца йогIу Iожалла санна, къуйн лорах луьра тIаьхьабевлла, шайн даьхний ца дигийта, юхадерзо, тIамца схьадаха, кхарех стаг вийний хиъча, берззане а юхабоьрзур а боцуш.

Дакъа новкъа хуьлу, сов хуьлу дакъа, докъо некъахьовзам бо, накъостална – тIамна доцуш, динберей, дин дIалоцуш, оццул хала бан беза некъ, масеххазза маса лам боккхуш, чIаж хедош, буьйса хуьйцуш.

Йоцца кхеташо, хаттар хилча, дагадовлар, хьесап эцча, дакъа хьулдан деза, олу, цхьамма, жагIашлахь къайладоккхуш, лар яйа, жа тIехула лохкуш. Кхечо – докъан ден хиллачу дина тIе, дакъа дIа а дихкина, дин эккхо беза, хазадо, дин некъах ца туьлуш, цIа кхочур бу, олий. КхозлагIчо – кIентан дас Дерказа – нуьйран кхуьй а бухка къовлуш, дакъа нуьйра чу бертал дехка, дуьрста чIорбалца яхъяй, и кIента-хIума дIахьалха яккха, язделлачунна дуьхьало а яц, цадоьгIанарг хир а дац, олу.

Дейттара ваьлла, пхийтта дерзаза, церг-кхела хийцар бен, юьхь тIе чо тохаза волчу Джокъалан дегI хоршах хьоду, ден жамIах кхетам кхиъча – дийнахь лечкъаш, буса некъ беш, бацойн лаьмнашкара Нохчийчу кхача везар шен бIаьрсинна дуьхьалхIоьттича.

– Джокъал! – ден аз хеза кIантана бусаIуьйккъехь, эрна ламанца, каш санна, таьIна дохк а долуш, серий санна, долчу догIанехь дазделлачу жана юккъехь ша лаьтташ.

– Со ву! – вистхуьлу кIант, кхерамо Iадийна шен йишхаьлла аз а стамдеш.

– ХIара лам чу а баьккхина, хих волуш – некъ цхьаъ бен бац хьуна, – дуьхьларчу ломах хьалавирзича, урх нуьйрах дIа а ехкий, дин паргIат биталахь, хьуо тIехьа а волуш. Дин сецначохь – соцур хьо, дин болабелча – вола а ло, тIера бIаьрг а ца боккхуш, хIунда аьлча дин карча там бу, дин керчича – нуьйр а керча.

КIант шолгIачу буса кхочу цIа.

Буьйса Iадош гIотту кIотар, дехьа-сехьара герзаш дуьйлу, стаг вийнийла хоуьйтуш, велла а воцуш, наха вийнийла.

 

Къал цIа а кхаьчча, хIонс йоькъуш, докъанна ши кхаж ло: къуьн дакъий, байн дакъий – бер, зудий дуьсу вийначун.

 

Шедалойн юрта, ламанца, божала чуьра буса дин бостуш, хIусамда гучуволу, карахь цхьа гIаж а йолуш. Вортан чу тоьпан бух тухуш, вожа а вой, тIаккха гIаттош, хьалхавоккху.

ХIорш цIа чу лилхича, чохь зудий, кхо бер ду, гIеметтакхиъна, цхьа кIант а волуш.

КIант дечиг-пондарах пIелг туьйсуш Iа, тIаьхьа узам а балош.

Массо а цIенкъа охьахааво, когаш нийсса схьабоуьйтуш, гIаттарна ка йохийта.

ХIусамден кIанте, пондарах пIелг тасахь, олу Дерказа, мукъам ма хаза бара хьан, олуш. КIанта байн мерз хьабо пондаран, гIийлла мукъам а балош тIаьхьа. Дерказа, чухула дIаса а волалой, къуьдан серлонехь халла къаьсташ, дечиган кедахь гучу нехчанах шозза-кхузза церг тосу. Шедалочо – доьзалан дас – орца кхаьчча санна, кхаъ боккху шен доьзале шайн маттахь, оцу сохьтта хьала а оьккхуш.

Къуьшлахь цхьамма, тIечевхаш, лога кIел топ хIоттайо цунна.

– Тхуна шайгахьара кхин къал а я зулам а дан бакъо яц шун шайн Iадатехь, – олу шедалочо, – сан хIусамехь юучух кхетта шун воккхах, – олий, шен доьзал хьала а гIаттош.

– Тхо хьуна муьлш ду, хIета, шун Iадатехь? – хотту Дерказа.

– Суна хIинца хьеший а ду, сан махкана къуй а ду, – олу шедалочо, – хьеший хиларна, лардан а деза, къуй хиларна, къал ца дойтуш, махках даха а деза, – олий.

Дош дашах тешош, шен хIусамехь кхачанах а кхетуьйтий, шедалочо къуй новкъабоху, ша тIехиъна дIайигна говр – хIорш лачкъо гIиртина йолу – Дерказна совгIатна луш, къуйн воккхох лерина.  

Дерказа шен шаьлтий, патармех юьзна гIаппий кховдайо шедалочунна, коча веа-кх хьо шена, олуш, иза шен воIан метта нисвеш.

 

Де батте, шерашка кхийдаш, шен зама къоьжалле леста йоьлча, дас кIентан тидам бо, къуйн баьччанна вогIу-ца вогIу талла хьоьжуш.

КIант майра ву, тIахъаьлла, собарца вац, хьесапца а, кайоьхначохь кхане йоцуш, мIаьргонан майраллица бен. Къуйн некъаш тайпа-тайпана ду, берзан санна, йиш тайначохь – тIелеташ, ца тайначохь – кханенга тоттуш. «ХIун хаьа»,  бохург, дац къуьнан, «чекхдала мега» бохург а, «чекхдер ду» ала йиш йолу цIенна гушдолу букъсурт бен.

Дерказа шен кIант зуьйш, масех къал юхатотту, даррехь чекхдердолу къал: цигахь, дIогахь шек ву ша, кIелонаш хила мега, олуш.

КIант кхехка, сийна цIе санна, массарлахь марсавуьйлуш.

 Дас тидам а ца бо, ца гуш санна, Iадда вуьту кIант, хIара-важа, аьлла, юхабохьучу новкъахь цуьнга дош ца олуш.

 

Цхьана гурахь, бацойн жаш Iаьнна кечдала новкъадовлуш – жаш дукха ду, Iаламат дукха, – уггар а тIаьхьа новкъаболу жамотт лоцу турмало. Виъ Iу ву, ши говр, вир а, жен-жIаьлеш а соьцу тIаьхьа, механ хьожанашна корта а уьйуш. Жа тIаьхьуо долу новкъа, малхбузарал генна тIаьхьа, буьйсанна совца меттиг харжа ши Iу хьалха охьа а воьдуш, говраш, вир а оьций.

Жеца ши Iу вуьсу, шина гIожаца, гуш герз а доцуш.

Кхара жа юхадерзадо, ирах хьала, ламанца, пурх новкъа лоьхкучул, лакхара охьалохкуш хилча, лам бацбан атта хилийта.

Буьйса юкъе юлуш, ши Iу юхавоуьйту.

ЖIаьлеш дIа ца доьлху, жаца Iемина жен-жIаьлеш.

Сахуьлуш, орца герга гIурту, кхара дуьхьлара лам тIебоккхуш. Орца дукха ду, итт-пхийтта стаг, кху веанна дуьхьал дукха. Лам шуьйра бу, готта боцуш, цхьа-цхьацца волуш, орца декъалахь, кхеран дан хIума а доцуш.

– Вай, жа а дитина, тIамна кечдала деза, жа лаьхкина дахалур дац, орцано лоцур ду, – олу Дерказа, – сан сихачохь са дезна, вай виъ стаг бен вац, лам буьххье ши-кхоъ веза, дехьа-сехьара орца юхадаккха, дукъ лардан а, жеца кхо стаг а хила веза… жа а, ваьш а кIелхьара довла, лата деза вай цкъа хьалха, тIаккха хилларг гуш хир ду-кх, – олий.

– Кхаанна метта орца сацо со ларор вара, Дерки, шу кхаанга жа къайладаккхаделча, – олу Джокъала  шен дега, дуьххьара шен ден сацам шеконе буьллуш.

– Со говраца жана юьхь лалла хьалха волу шуна тIаккха, цхьамма юкъ ларъе, вукхо жа тIаьхьара лахка, – Дерказ кхин вист ца хуьлу, шен дагахь тIаьххьара, аьлла, кIантах бIаьргтохар бен, дагца цунна къинтIераволуш. ТIом болало.

 Бахло тIом, дехьа-сехьа дуьйлу герзаш а хезаш, тIом беш цхьа бIо болуш санна.

Жа дикка дIа генадаьлча, да юхавоьрзу кIант волчу, герзан тата лахлуш а хезна, шен кIантах хилларг хаа.

КIанта орца къахкийна го, белшех хилла чов а йолуш.

 

Цигара шаьш цIа дирзича, Дерказа шен къал дуьту, воI кхиъний а хууш шен, ша къолана къанвеллий а.

 

– Схьавийнарг – дIа а ве, маьршачу стеган са а ма даккха, къал юха а ма дерзаде, хьайн воI кхиъча – къано а хила, – олу Дерказа шен воIе, шех дуьсург ша цунна дуьтуш.

 

Дерказ Делан Iожаллах ле, дагаволлучарна хорам а хуьлуш, Джокъалх къуйн баьчча а хуьлу, нийса накъост Дзоьдори а волуш.

 

Дзоьдори суй бу, хаьштиг санна, доьвнна ира, мостагIчунна дIаьвшах Iаьткъаш, доттагIчунна – вешил герга.

Къал юха а долало тIаккха, хьалхачул луьра, дехьа-сехьара, цхьана бекхамна, девна санна, къал доцург, кхин некъ а боцуш, я декхар а, Iалашо а.

Джокъалан цIе сардамца йоху, иэс эзар Iожалла  йоьхуш, ГIебарта а, Гуьржех чу а, ДегIастана а яьржина цIе.

 

«БIе сов кIелонах, вен ца вуьйш а ваьлла ша, ворхIаза топ а кхетта шена, – олу бохура Джокъола, – лечу дийнахь ка йоцуш валарна а кхоьру-кх», – олуш.

 

Ка йоцуш, вен а воь.

 

Дохк таьIча, дахкарца уьйш, догIа дилхича – татол хуьлуш, хила йиш яц, аьлла хетачохь, къал а дина, вахна каравеш, божал чуьра дин боккхуш, лам тIера стерчий дуьгуш, метта-меттара жа лохкуш, я цIаро а, тоьпо а, Iожалло а ца лоцуш, Джокъала шаьш холчухIоттийча, нах бохкуьйта кериста наха Джокъална тIе хаттар дохьуш:

«ХIун мостагIалла ду хьан тхоьца – тхан нах хьан доттагIий а хуьлуш – хIун чIир йоллу тхох хьан, хIун хаттам бу хьан тхоьца, хьуна тхоьгара хIун деза?» – олуш.

 Джокъала шена Iам-баьрче цIе йолу лекха лам беза, олу, шен махкахь  – МIайстахь – юрт йилла, хьовха, аха латта а, хьакха цана а я даьхнина дежийла а яц, ша цундела къал деш а ву, шен тайпанна сискал яккха.

Кериста наха кхеташо йо, цхьаболчара лам дIабала беза, олуш, кхечара дуьхьало юьйцуш, вукхара – берриг а мохк гIаьттина а – Джокъал вен дуьйцуш.

– Моссазза вийна вай иза, шай-шай вийна, бохуш, топ а моссазза тоьхна, цIий карийча, дакъа доцуш, дакъа карийча, Джокъал воцуш… къонаха вуьйш ма ца хуьлу, цхьана чIиран дуьхьал бен, Джокъал къонах а ву, къу велахь а – къонах, къонаха бен, къу а ца хуьлу… вайна бахьана хаа деза, цо лелочу некъан бахьана, и бахьана цхьаъ а ду – лаьттан къелла, – дерзадо воьалгIачо. Дукха-кIезга къийсинчул тIаьхьа, лам дIабала сацам хуьлу, вийча, Джокъал вуьтур а вац, къонах вен там а бац, олуш.

 

Къийсам мел  боьду – схьакхетта малх дIабуззалц, – цкъа а вист а ца хуьлуш Iийначу бIаьрса доцчу къеначу бацочо, шен шина куьйган пIелгаш хьалхахьахь хьала а лоцуш: «ХIара пIелгаш санна, Iам-Баьрчин басешкахь хьалагIерташ жен-даьхнийн маIаш го суна… Iам-Баьрче бала йиш яц цхьа кериста дийна а волуш, – олу, – кхин меттиг ала деза, церан дозанца йоцу меттиг, вайн мехкан дегаюккъе…»

Алазани цIе йолчу хин ахк къастадо, юрт йиллал меттиг яла.

Джокъала шен цIийнан нах –  ворхI дех охьадогIу гар – цига дIа а хьовсабо, меттигана шен цIарах – Джокъалан-Юрт – цIе а туьллуш.

 

Къал дIадоьрзу, биъна дуй а, йина чIагIо а йоцуш, дуьххьала дош далар бен, чIагIонал а, дуйнал а деза – къонахчуьн сил деза дош: «Соьгахьара, сан тайпанехьара, сан тайпан махкара дIа – гуьржийн мехкан лаьтта тIехь кхин къал хир ма дац!» – олуш.

Къал дирзина ахшо гергга зама а яьлла, даьхни Iаьнна чудирзича, Дзоьдорис Джокъале:

– Тхьоьгахьара къал дерзарх, шун мохк ма бу вайшинна маьрша, биъна дуй а я делла дош а доцуш, ойла акха лаьтта-кх сан, чуерза ца туьгуш, шеран коьртехь цкъа-шозза мукъна а къал деш ца хилча, цIеххьана бита хала бу-кх шерашкахь идийна некъ, – олу шен доттагIчуьнга, – цхьана-шина-кхаа шерачохь наг-наггахь араволуш хилийтахь вайша, – олий.

Джокъал резахуьлу, гуьржийн махкахь ша мел дина къал дага а догIий, тахана ша Дзоьдорис бохучунна тIе ца тахь, ша харц хир вуй а, доттагIа шеца эгIа там буй а хууш.

 

Бацара шайн кхозлагIа волу накъост схьа а кхойкхий – нохчашна ша къал юхасхьаэцнийла ца хаийта, – шеца бацой, пхе4 волу Дзоьдори а волуш цхьаьна, Сандакъа къолах воьду Джокъал, сандакъойн лам боккха буйла а, церан стерчий хила дезий а хууш.

Новкъадовла кечлуш:

– Кхуьй а цхьаьна ма хьаштдоцуш доьлху-кх вай къолах, – олу бацачо, – цхьаъ мукъна тIаьхьа ца соцуш, шиъ вехь, чIир эца а.

– Вер-ваккхар ма хьехаде, – ца дезало Джокъална, – тахана санна, кечам боцуш, къал дан воьдуш вац-кх со, – олуш.

«Шен цIийнада, шех тера воцуш, иштта бос хьаьшна ца гинера шена цу Iуьйранна санна»,  – олу бохура Джокъалан цIенанас а цул тIаьхьа.

– ТIаьхьависинчо къаьстинчех чIир оьцур-кх вай, – аьлла хиллера Дзоьдорис, – бакъду, шу тола ца толахь, сан чIир шуьга Туьшан Воварга кхочуьйтур моьттуш-м вац со, – аьлла.

 

Малхбузале сандакъойн ламанца совцу къуй, турмалца кIотарш толлуш, бежана-хIума хьенан-хIун ю, дукха-кIезга мичахь ю, хьожуш.

Цхьана кIотарарчу гIалин пенах карраш хьоькхуш стерчий го, цIен, бордагI5, Iаьржий, тайша6 басахь кхин шиъ а болуш.

Къуй боданца герга гIурту кIотарна, стерчий мича чу лохку хьажа – кхай чу я гIали чу.

Стерчий гIали чу лохку, тIоьхлахь, шоллагIчу гIат тIехь Iаш хIусамдай а болуш. ГIалин ши гIат дуйла хаьа кхарна кхаанне а, тIера охьа чу а, бухара хьалаволуш а тIали7 дуй а хууш.

Буьйсанан цхьа дакъа чекх а даьлла, шоллагIа дакъа юкъе долуш, гIалин гIуй боккху къуьша.

Стерчаша вовшашна маIаш Iуьтту, шайна хьаьвда дохьуш стаг вогIу моьттуш. Цхьана старе мохь болу, лакхарчу гIат тIера доьзалан нана сама а йолуш. Стерчийн тем бов,  цабевзачу нехан хьожанна меттахъхьуьйш, когаш бохуш, мерах шок етташ.

Зуда тIалех болчу лами тIехула охьайолало, стерчашка хьажа къуьда а соьгуш.

Къуйх бIаьргкхета зудчуьн.

Зудчуьнга мохь болу.

Зуда дIалоцу къуьша, тIалих хьала топ а хьажош, гучуваьллачунна тухур юйла хоуьйтуш, хаам а бой.

Къуй чIагIло гIали чохь, шаьш чоьхьадевлла гIалин неI цу гIовгIанехь хIусамдас къевлина гича, кхин юхадовла некъ а боцуш.

Юрт гIотту. Доккха сахуьлу. ГIалина ха тосу гуобоккхий, чохь верг Джокъал вуй хиъча, дехьа-сехьара орца а доккхуш.

Нах гулло, ловзарга баьхкича санна, масех кIотарара зударий, бераш, баккхий нах.

 

Кхел-хаттам болало дIаса, де делкъанга долуш. Сандакъоша герз схьадоьху Джокъалера, герз арадаийта шайн, шаьш хьох ца теша, хьо къу лелла стаг ву, олуш.

Джокъала дош кхийдадо, дош ло ша, бохуш: сандакъой сонта нах бу, даьхнишца сонта, хьолаца а, тешнабехк бан гергахь а болуш.

 

Джоькъал ца теша, сандакъой шех кхоьру бохучух, масех юрт кхаа стагах, гуобаьккхина ха а долуш, герз карахь хIоттийна лаьтташ.

Чуьра стерчий Iеха дуьйлало, нехан гIовгIанна карзахдуьйлуш.

Стерчий Джокъала арахоьцу чуьра, цхьана хIумана-м йохуш санна, маIех уьрсаца шоьттигаш8 а йохий.

ГIалин гонаха йол тосу, тIе хьаьрдаш а, чIемаргаш9 а йохкуш, цIе тесича, кIур балийта.

ЦIе латайо.

Чуьрчу зудчуьнга мохь болу, са дукъдай ма е ша, бохуш, хIусамдега маьхьарца кхойкхуш.

Зуда арайоккху Джокъала, шадерриг а хIара гушдерг гIенакхоьлахь долуш санна хеташ, ша гIенаш гуш волуш санна, самах шеца хила йиш йоцу иштта Iовдал гIенаш.

ЦIе ца лета, ца йогу цIе, цIе дIайов ша-шах.

Цхьа Iелам а валаво тIаккха сандакъоша, шайн дешан тоьшаллина, шаьш дешан дай хIуьттуш:

– Ахь шайн долу герзаш арадаийтахь, хьо а, хьан ши накъост а, зен-зулам доцуш, тхайн махкара дIаваллалц новкъа а воккхуш, шун герзаш дIа а делла, юхадоьрзур ма ду тхо, – олуш.

– Дашах а, сих а дезох муьлха ду хьуна? – хотту Джокъала сандакъочуьнга.

Сандакъочо, дош дезох ду шена, олу.

Джокъал юха а ца теша, ша гIан гуш вац, бохучух, цхьа де а, доьналла а долуш лелла волу стаг кайоцуш лийр ву, бохург, хезна волу.

 

Шен къоман нахаца вер-ваккхар ца дезаш (оццул ша къал деш, цхьа маьрша стаг  вийна ца хуьлу Джокъала), накъостий ларбан а, юхахьабаьллачу некъан цIа маьрша верзар а некъ дика хилар ду-кх, лоьруш, сандакъочуьн дашах а тешна:

– Дешан да вехийла-кх, хIета! – олуш, шен а, шен накъостийн а долу герзаш арадоуьйту Джокъала, жима шаьлтанаш тIаьхьа юьтуш.

Джокъал хьалха араволу, ши накъост тIехьа а лоьцуш, шаьлтан макъарна тIе куьг а дуьллий. Нехан беснеш бос баьхьна гича, Джокъална шен герз дагаоьккху, шен гIалатах кхета кхиале, накха оьккхуш санна хеташ, – герзаш цхьабосса довлу, кхо накъост цIела а керчаш, шаьлта а юьссу озийначохь, шина пIелггалц баттара йолуш.

 

Сандакъочо, накха бохош, дог схьадоккху Джокъалан. Дог тIехь чо болуш го, гуобаьккхина нилха чо баьлла.

Сандакъо вегаво, шех хIун хир ца хууш.

ТIуьйллахь ваьхначу ТIуьшан Воварга – Дзоьдорин доттагIчо – Дзоьдорин чIир оьцу, ша вийначу сандакъочуьн куьг, Дзоьдорин дайн гIалех дIатоха,  пхейн махка дIа а хьош, ша лехнарг Дзоьдорин чIир юйла махкана дIахоуьйтуш, Джокъалан, бацочуьн чIир леха къонахий йохье баха.

 

Джокъала шоьттигаш яьхна хилла долу стерчий сандакъочуьн докъа тIехь дойу, Джокъала иштта лийрича санна.

 

– Сан да Моьсаг ваха, и куьг сайн бIаьрга гина ма ву хьуна со цу гIалех дIатоьхна доллуш, – олу бохура тхан дас шега Моьсаган Бисанс, – болшевикаша дIадаьккхинера-кх, советан Iедало чIир эцар ца магадо, олуш, юха и куьг нохчичо пхечуьн чIир лехна куьг дуйла шайна хиъча, Тиблисе охьа а хьош, – олий.

 

Р.S.

Суна – авторна – кху дийцарна чаккхенан дош ца карадо ала, къонахий – къонахий бу-кх, ца аьлча, кхин ала хIума а доцуш.

Къонахий бехийла-кх, къу а, Iелам а бен а воцуш, дешан дай болу къонахий... кхин хIумма а кху дахарехь, дешан меха – цхьа хIума а.

 

19.02. 2018 шо

 

 

_____________________________________________________________

1. Къола;

2. Нуьйрах мохь чIагIбо бахтар;

3. ДогIа, дохк, бода цхьаьнаийна хан (диал.);

4. Хевсур;

5. ЦIен-кIайн;

6. Ал;

7. Бухарчу гIат тIера шоллагIчу гIат тIе хьалавала йитина еса меттиг;

8. Уьрсаца маIана тIехь еш йолу билгало;

9. Даьхниша тIера патарш дIадиъча, гIодмех юьсучех чIемаргаш олу (диал.).

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика