1944 шеран 8 март

PDFПечатьE-mail

800xpicturecontent-pid-62263

1944 шеран 8 март

Ӏийдан дийнахь чевне буьйлу бохам…

Кхагардоьлла балане дуьне а.

Лаьттан юьхь тӀе жимма серло тоха,

Лай кӀелара, денлой, гӀотту зезаг.

Ӏийдан дийнахь чевнаш юхъхьаюьйлу…

КӀур ца гӀоттуш, къоръеллера керташ.

Бажа санна, мархаш а цу дийнахь

Яьржинера, йоьхна дӀасакъехкаш.

 

Дегнаш хьега девлча ирсан чомах,

БогӀург уггар лазаме бу бохам,

Олхазарна – иза долуш тӀомахь –

Тоьхча санна, бала тӀаьхьабогӀуш.

ЦӀерадаьхна Ӏаьржа де тхан нанойн

Кийра дижна, хьу дӀайоьрзур йоцуш,

Винчу махках къаста елла хан а

Хадам бина яра – сихха, йоца.

Бехке дира вай, цахиларх бехке,

Ӏалам делхош, зуда санна, атта.

ХӀетахь дуьйна, лазар хуьлий мехкан,

ДогӀу – Ӏийдан – борхӀалгӀа де мартан.

***

Хуьлуш лаьттарг хӀун ду техьа?!.

Ва сан дитт, хьан гӀаша лекхна

Аьхна эшарш, евлла ехьа,

Шабарш хаьлла, дӀа ма лекъна?..

Хьуна йочанах тӀекхала-кх,

Хьовза-кх гонах механ хӀонах, –

Орам ларбанбелчахьана,

Доккхуш хеталуш хьо вонах.

            Саьнгар

ГӀебартойн-Балкхаройчоь…

42-гӀа.

Лам бегош, тӀегӀергӀа

МостагӀийн гӀовгӀа.

Божарий,

Берриш а тӀам тӀе дӀабахна,

Экханах саьхьарчу

Цуьнан дукъ ловш бу.

Пхьоьханийн майданаш яьсса го тахна,

Некъаш а, цанашлахь дисина, довш ду.

 

Тхо-м цунах кхеттал а дац,

Тоьуш – хилча

Уггаре Ӏаьржачу баьпкан цхьа юьхк, я

Ловза – ма-луъу –

                        тхаьш эвлйистехь дитча,

БӀаьрг стигла хьежабеш –

Цкъа маьлхан юьхь ган…

 

Юьртахойн дегнаш ду гӀайгӀанах тенза,

Зударийн духарш ду – ч

                        охь, арахь, кетӀахь.

Дерзо-дан несаршна ца дисна дезарш,

Дехкий а даьссачу сайрех ца лета.

 

Махкара жил-Ӏалам йовхонах хердан

Гуьйрено мох-дорцан шок-моха ялош,

Немцой тӀегӀоьртира Нальчикна гергга –

Цунна тӀе Ӏоврашха карчо цӀе-алу…

 

Йишйоьхна, ца кхеташ,

Хьаьвзира къаной…

ГӀебартой, балкхарой

ГӀевттира цхьаьна…

 

Ерриг а юрт

Араелира тӀаккха –

Зударий, бераш а,

Къанбелла нах а.

 

Белашца – буйнахь,

Ткъа гихь – бераш дохкуш.

Некъ боьхкуш немцошна,

Саьнгар ю охкуш.

 

Латта хир танкашна

Дуьхьало. Хи а. –

Уьш буха яхарг,

ТӀе орца ма кхиарг…

 

Маржа, тхан дин-береш –

Муьлхачу цӀергахь?

Оьшура-кх орца шун –

ГӀенан кхиэл ерг а!..

 

ЦӀе герга гӀертара,

Анайист йоккхуш.

Нах а ма бохкура

Охкуш, ва охкуш…

 

Саьнгар чохь бохку уьш,

                        лаьттах дӀаийна,

Сихбелла бохкура, шаьш довлуш хетта.

ЦӀаьххьана мостагӀийн сур,

                        могӀа бинна,

Схьагучудаьлла

Ца лардинччу меттехь…

 

Саьнгар чохь хиллачех цхьа а, къахетта,

МостагӀчо витна вац – воккха я жима.

Ялх бӀе са

Дийна дӀадоьллина лаьттах…

Иштта сурт цкъа а

Кху лаьттахь ца гина…

 

Шаьлтанан юьхьигах сан даг чу дижна

Дийна со висна и де –

ХӀетахьлера…

Цу дийнахь саьнгар чохь ма дукха дисна

Деашерера сан нийсара бераш…

 

***

Мох тӀаьхьакхии-кха суна,

Юккъе а балале некъ.

Дуьхьала Ӏуьллу и гу а –

Тап и шá лилхина неӀ.

 

Хьомечун бӀаьргаш – ши марха…

Тергалдахь – дӀаоьцур хье…

ДӀо беттан тӀамбоцу марс а

Кхозуш бу, базбелла тӀе…

 

 

            Бералла

 

Батта кӀел Ӏуьллучу ӀиндагӀах тарлуш,

Бералла схьадуьхьалхӀуьтту –

Долчух и, тӀамо шен сов къиза лар хьуш,

КӀоргга хьулдинчуьра гӀуьттуш.

 

ТӀом суна-сайнна-м кхин зене ца баьлла –

Човхийна, чов яр бен синна...

Да тӀеман арара ара ца ваьлла-кх,

Нана тхо деанца йисна-кх.

 

БӀаьрг-тӀуьна хьоьжу со ловзаре берийн –

Бераллехь сайна ца гинчу…

Цу шерийн эшамех чекхваьлла дела,

Веца со догцӀена, догкӀеда хӀинца.

Стов-диттан гIан. 1944

 

Дорца кӀел яхначу буса цкъа диттана гӀан го:

Стом цуьнан боьлхуш бу, Ӏийдалуш тӀадамех цӀийн.

Шá хила хьаьхначу бохамна ирча кхаъ санна,

Лайн цӀен хӀур мох-дарцо хӀаваэ уьйуш а гин.

 

Муха и тида ткъа: хьийзаш бу цӀечу лайн бода –

Дахарна даьссачу лаьтта тӀехь ов детта чов?

Юххе стаг гӀортахь я ларамза цунна тӀеводахь,

Гур дара, цӀаьххьана тӀепаза иза дӀавовш.

 

Къеначу диттана хьегӀара шеконийн бала:

Шен бу-те лаьттара массо а къа летта бехк?

Стом шен ца кхиъна-те беркате мутт оьзна бала?

Шо-шаре заза а айп долуш даьхна ду-те?

 

Лай тӀе цу стоьмех схьаӀийдалун цӀий а-те – хьенан?

Безамца синтар дӀадоьгӀначун-м дац-техьа и?

Стов-дитт къандаллалц кхиийначу адамо шена

Бала тӀебалабан кхиийна хилла-те и?

 

Диттан синпхенаш чохь, лах-лахлуш, хин болар гӀелло.

Диттана гӀенах ша дакъалуш, кхачалуш го.

…Март беттан буьйсанна, аз доцуш, юрт а къаръелла.

Толамал шо хьалха.

***

Шекар суна дуьра хета хӀинца,

Татол тарло бух-кӀоргачу хих.

Беттасих а буса бос ца бисна,

Тем а байна сан – Ӏуьйренан тхих.

 

Къиза-м ду и – къаьхьа хилар бакъдерг,

Дахар чолхе до цо кхин а тӀе.

ХӀетте вайна товш а дац, и цхьаъ бен,

Ирс а лоьхуш дац вай – цуьнца бен.

 

Безам! Хьуна юххехь ца тов Харцо!

Эшо иза ницкъе барий хьо-м.

Амма стенгахь – бутт а теш хиларца –

Хьаьстинарш ахь, къаьстинарш а хьох?

 

ДӀасакъастар, тӀаккха Вовшахкхетар –

Беттан чиркхан ший а агӀо еца.

Гочйинарг – Ахматукаев Адам

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика