Гуртуев Салихан – 80 шо

PDFПечатьE-mail

images 2

 

ХӀокху шарахь хӀутосург (май) беттан 28-чу дийнахь 80 шо кхаьчна балкхаройн халкъан поэтан, гочдархочун Гуртуев Салихан. Тахана Кавказан яздархойн клубан сийлахь президент волчу цуьнан цӀе дика евза шен цӀахь а, луларчу мехкашкахь а, дозанал арахьа а.

Нальчикна юххерчу Белая Речка олучу юьртахь 1938-шарахь вина ву Гуртуев Салих. Хьалакхиар а, школа чекхъяккхар а аренца нисделла цуьнан – Сталинан Ӏедало балкхаройн къам, вайн къам а санна, махках даьккхина, Юккъерчу Азехь бала текхначу хенахь. Винчу мехкан а, къоман а бакъонаш меттахӀиттийча, ГӀебартойн-Балкхаройн университет чекхъяьккхина, тайп-тайпанчу даржашкахь белхаш а бина цо.

 

 

Гуртуев Салихан 30-х книга араяьлла, царах дукхах ерш поэзин жанрехь а йолуш. Цуьнан кхоллараллехь йоккха меттиг дӀалоцу кхечу меттанашкара шен, балкхаройн, матте цо яьхначу говзарша. И бахьанехь а бу балкхаройн гочйинчу литературина юкъахь Пушкин, Лермонтов, Мицкевич, Шиллер, Карим, Айтматов, Маяковский, Есенин, Тихонов, Евтушенко, Рубцов, ткъа иштта Кавказерчу а, Россин дозанал арахьарчу а къаьмнийн литературийн дуккха а векалш. Гуртуевс гочбинчу баккхийчу белхех бу Руставели Шотан «ЦӀоькъалоьман цӀокалахь турпал» а, Пушкинан «Евгений Онегин» а. Гуртуевн шен стихаш а гочйина кхечу меттанашка, масала: белорусийн, венгрийн, гуьржийн, гӀиргӀазойн, нохчийн, оьрсийн, полякийн, сербийн, туркойн, туркменийн меттанашка.

«Дружба народов» журнало 2008-чу шарахь вайн республикехь вовшахтоьхначу Кавказан яздархойн кхеташонехь жигара дакъалоцуш а вара Гуртуев. Цигахь юкъадаккхарца кхоьллинчу Кавказан яздархойн клубан президент а лаьттира иза иттех шарахь. Клубан болх бахьанехь Кавказерчу хьовха, кхечу мехкашкарчу а яздархошца керла уьйраш йозаелира яздархойн. И уьйраш вовшийн гочдаршка а йирзира, вовшийн зорбанебахаршка а йирзира. Литературехь хьанал къахьегарна, литературашна а, къаьмнашна а юкъара уьйраш чӀагӀъярна дуккха а совгӀаташ дина Гуртуев Салихна. Царах ду, масала: ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин халкъан поэт, Кхарачайн-Чергазийн Республикин халкъан поэт, ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин культурин сийлахь белхахо, Тбилиси-гӀалин сийлахь вахархо.

Гуртуев Салиха балкхаройн матте динчу гочдаршна юкъахь нохчийн литературера гочдарш а ду – стохка Айдамиров Абузаран цӀарахчу Нохчийн Республикин къоман библиотекехь цо ша йовзийтинчу книги юкъахь бу: Мамакаев Мохьмад, Мамакаев Ӏарби, Ахматова Раиса, Ахмадов Муса, Бексултанов Муса, Минкаилов Эльбрус, Нохчиева Марьям, Мусаев Зелимхан, Мусаев Сулиман, Абдулаев Леча, Довлеткиреева Лидия, Цуруев Шарип, Ахматукаев Адам, Талхигова Роза, Межиева Роза.

Лакхахь ма-хьахадарра, Гуртуев Салихан говзарш нохчийн матте а яьхна. Цуруев Шарипа гочйина «Хьалхара нохчийн тӀом» боху цуьнан поэма араелира вайн зорбанехь дукха хан йоццуш. Ткъа тахана, Гуртуев Салих винчу денца декъал а веш, оха йовзуьйту поэто, гочдархочо Ахматукаев Адама гочйина цуьнан цхьайолу стихаш.

 

«Орга» журналан редколлегин декъашхой

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика