Жима хилаза цхьа а ма ва

PDFПечатьE-mail

2320-proshlovechnoe-detstvo-chast-dvenadcataya-rezinoostraya-0

 Джунаидов Аюб

 

Кхойтта шо Сибрехахь а даьккхина, цIа дирзира нохчийн къам. 1957-1959-чу шерашкахь дукхахберш цIа кхаьчна, гIеххьа дIатарбала а ларийра. И кхойтта шо зама ГIиргIизерчу Чаувай юьртахь а яьккхина, баьхкира ТIехьа-ирзернаш а. Тутаран некъен цхьаберш, цIа ма-боггIура Гуьмсехь севцира, ткъа масех доьзал ГIансолчохь севцира баха.

 Нохчийн мехкан куц-кеп, кIотарийн хьожа евзина, Iаламан а, хIаваан а шатайпа чам тайна – дерриге а карладаьлла, гIадбахара нах. ДогIмашка а, синошка а гIора деана, гIуллакхна-балхана чIогIа сутардаьлла, де-буьйса ца тоьуш, юхацIиндаларна чудуьйлира адам. Биэнйоцчу кога хьешна латта энжаде хетара, къинхетам ца бевзачу куьйгашца кхоамза цистина Iалам эрчадаьккхина дара. Дайша кхоьллина, шайн цIершца Iалашдина шовданаш, къулланаш, пха букъуш, лакъийнера. Хьаннаш сакхт йинера, ирзош хьулделлера. Къух хьийкъина мохк шен дайн куьйгашка сатесна дара. Къацахетаршкахь йисина Нохчийчоь кхемано Iийшинчу гомашан неIарх тарьеллера. Дан дезарг дукха дара. Еххачу заманчохь хьастаза, догьэцаза болу Нана-мохк, дай юхабоьрзу ларбеш, сингаттаме Iуьллура. Шен бакъволчу ден ховхачу куьйге сатийсина мохк, г1айг1анехь 1ийна, билхина, худабеллера.

Човхош, тухуш, Iуттуш, д1авахийта дийзира кхайкхаза веанарг. Доггах а, дегаза а «Нухь битIаги!» бохуш, дIахьийсийра «хьеший». «Некъ дика хуьлда шун!» бохург дара иза церан маттахь. Цхьаболчара, «гена мел девли а» олий, тIе а тухура. КIотарахь йитинчу дукхахйолчу хIусамийн чираш бен ца йисинера, хьайбанийн ур-атталла цхьа маIа а, цхьа берг а ца карайора. Ткъа цIерадохуш хIор хIусамехь йисина ахьарх юьзна сайранаш, гарсех кхозучохь дисина дакъийна лахьанаш, черманаш дуьзна цу, кхораш, хIусамашкахь йисина йийбар, берийн аганаш, дешначу нехан жайнаш, Къуръанаш. Царах хилларг дийца стаг валлане а ца велира.

 

 

 

 Хан-зама ца етташ, жима-воккха ца бохуш, массо а, юкъ йихкина, аравелира. ГIаж таккхол мел хилларг доггах хьийзара. Диттина, моданах цIандина истанг санна, самсабелира нохчийн мохк. Доссо дуьгу нускал санна, кечйина дIахIоттийра Нохчийчоь.

 ТIехьа-ирзера Тутаран некъен нах а бара хIайт-аьлла тохабелла. Юьртахь долчу гIуллакхна катухуш, тIаккха, меттиг баьл-баьллачу хенахь, Уьди-гIала ирзошка дIабоьлхий, цигахь куьгIуттуш, шайн ма-хуьллу цIинбала, нахах тарбала гIерташ, сацам-тем боцуш, хьийзара уьш. Олуш ма-хиллара, аганара мел доьссина бер а хуьлура юххедоккхий. Сибрено къиза кадиттина, нохчийн къам жимделлера, белхан куьйгаш ца тоьура. Ткъа дан дезарг, дагардина цаваллал, дукха дара. Иштта, муха дели а ца хууш, масех шо дIаделира цIа дирзинчул тIаьхьа. Керлачу дахаран новкъахь дIашаръелира ТIехьа-ирзе а. Пачхьалкхан белхан меттигаш кIезиг яра, цундела даьхни кхабар а, латта лелор а дара, коьртачу декъана, адамашна рицкъ латториг. Етт-бежана а кхобуш, кхоь-хьаьжкIа а, гIабакх-картол а юьйш, тоъал шайн амал беш, когахIиттира нах. Амма чIогIа къахьоьгура. Кегийчу берашна а дазделлера белхан дукъ. Йоькханечу дийнахь, са мел го, мукъа ца дуьтура бераш: асарахь я жехь-бежехь хуьлура. Амма йочане де, самукъане де хуьлий, дIахIуттура берашна. Буьйсанна самаваьлча я Iуьйранна гIаьттича, арахь тIедогIу догIа хааделча, берийн долу самукъа дийцина вер а вацара. СадаIа а, ловза а хьогий хуьлура безачу балхо хIиттийна бераш.

 …Масех дийнахь-буса тIедеара догIа. Эххар а, делкъхан хуьллуш, мархаш екъа а елла, царна юкъара сехьабаьлла, дуьненна къежа болабелира малх. Аьхкенан хенахь, иштта марш баьттIа денош, берашна дукха ца догIура. Даима а санна, дIаса маьхьарий а тоьхна, юкъа-кара шакаршца вовшийн тIедехна, ЗаIаре дIагулделира бераш. Воккха-жима ца къестош, массо бер а арадаьккхира къегинчу малхо. Басах чу сацкъарш кхуьссуш цхьаберш хьийзара, поппарх йина чхьоппалгаш лелхийта вуьш хIиттира. Юьстахбевлла, тIассех ловзуш баккхийнаш а гора.

ДIадоькхургех ловзуш, вовшашна тIаьхьахьоьлхуш, гора кегийнаш. Маьхьарий хьоькхуш, йоккха гIовгIа эккхийтира цара.

 –Iа-а-а-ай! Схьало сан шок! Схьало сан шок! – бохуш, жимачу кIанта хьоькху мохь хезара.

 – Собардехьа, цкъа-шозза лакхийтахьа!.. Сир даларна-м ца кхоьру хьо?! – боху хезара кхечо.

 – Схьало сан шок! Схьало сайниг!.. Хьайниг лекхахьа! – мохь хьоькхуш, тIетийсалора жиманиг.

 – ДIасацаехьа и хьайн цубуу!.. Ахь хIун йо, гай яьтIча санна?! – олуш, кхоьссина, ЗаIаре-басах чуяхийтира кIентан шок. – Хьайн ги йоллахьа хьайн яхкаелла шок! – олуш а хазийра.

 – Хьуо санначух лата, хьуо стаг елахь! – аьлла, шен шакарна тIаьхьа басах чухьаьдира жима кIант…

 Моллин кертан сонехь долчу доккхачу бIара кIел гулбелла, цхьаъ деш бохкура уггар а баккхийнаш: Байсалу, Билал, Паша, Iаьнди… Шаьш церан хенара доццушехь, царна юкъагIертара Соьли, Парукъ, Наиб… Сиражди вацара цаьрца тахана: иза Гуьмсехь доьшуш вара. Церан 13-14 шераш дара. Шайн-шайн ловзарш берийн. КIотаршкахь берашна дукха хаьара ловзарш: гала-гIожамех, куьлланех, буьрканех, шовзткъа гIожах, арсех, лечкъаргех, лаьнганех а ловзура. Цул сов, масалла уьдуш, гена кхиссалуш, тIулг гена кхуссуш, вовшашкахь къуьйсура. Масане дара уьш!..

 Ботт хьокху тапчанаш лелош бара баккхийнаш. Сирникаш тIера схьадоккхий, саьмгал чу а духкуш, юлура цара тапча. Цхьанхьа йоьзан биргIа а карайой, цунна дечиган мукъ бора. Банкин негIарх даьхна доьхкарш а тухуш, кегийчу хьостамашца макъарна тIехь дIакъовлура биргIа. Цхьанхьара ахча карадора сирникаш эца. ТIаккха, биргIана чу саьмгал а духкий, цунна тIе ондда кехаташ чу а та1адой, кхуссура тапча. Тхо, кегийнаш, къайлах, тебаш, гергадоьлхура, цара дечуьнга хьовса: кестта тхуна а оьшур ма ду иза. Сихвелла воллура массо а: сирникаш тIера саьмгал доккхуш, цуьнца биргIа юзура, тIаккха шортта кехат чу а дуллий, шен ма-хуьллу чIогIа саьмгал датадора, дечиган чIу биргIанан бертехула чубетташ. Мукъа волчо кхечунна гIо а дора.

 Iаьндин тапча яра, чIогIа оьккхуш ю аьлла, гIараяьлла. Цо тIе ботт хьокхучу хенахь, дитташ тIехьа дIа а ловчкъий, лерга пIелгаш духкура оха, лерга паттарчий ца хIиттийта. Тапчанаш лелхийта буьйлабелира уьш. Шайн ловзарш а совцийна, царна гергаоьхура кегий бераш. ХIеттахь схьакхаьчна Дехьа юккъера АммагIеран Iалавди а воллура шен «бирданг» юлуш.

 – Iалавди, хьоьгахь маса ботт сирникаш ю? – хаьттира цхьамма.

 – Ас хIун йо сирникех? – аьлла, шен коьртара узбекийн биъсаболу пес лаьтта аркъал а йиллина, чиэтара цхьа хIума схьаийзо хIоьттира иза. Цо лелочух ца кхеташ, хьуьйсура берриге а. Ца кхоош хьерчийначу газетийн йоккха бог четара схьаяьккхира Iалавдис. Яьстина ваьлча, аркъал Iуьллучу песа чу охьайиллира цо и бог. Цу юкъахь бакъдолу тоьпан молха дара. Гонаха болчара шен молханах тамашбар тайна, Iалавди, сихвелла, тапча юза хIоьттира. Iалелай!.. Тоьпан молха хIетахь атта карош ма дацара!.. Берашна муххале а!..

 – Iалавди, хьуна мичара даьлла иза? – хаьттира сакIамделлачу берех цхьамма.

– Стиглара даьлла-кх… ХIаъ!.. ХIинца хьуна дийца-м ца деза ас?!

 – Аммин лачкъийна деанера цо и-м: церан Iаппин хилла, дан ма ду цаьргахь молха, – айкхвелира кегийчех цхьаъ.

 – Ас оцу шина кога юккъе тапча тухур ю хьуна, ахь суна моттохахь, – аьлла, кIант човха а вина, биргIан чуьра молха дато хIоьттира Iалавди.

 Тапчанийн гIара-тата хаза йоьлча, Iодара ваьлча санна, веана Даштар а дIахIоьттира.

 – Даштар, хьо жехь вацара тахана? – хаьттира Пашас.

 – Хьахь-хь-хь!.. – аьлла, шеха-а велавелира иза.

 – Ас сийсара рагI шуьга дIа ма еллера?!. Жа а дитина, цIа веана хир ву хьо?!.. Iаладина и хаахь, ма декъаза ву хьо, – бала кхаьчна, юха а хаьттира Пашас.

 – Со-м, хьуна ма-моьтту, Iовдал ваций!.. Шу цIингаш детташ лелачу хенахь, шуна хьалхара же со хIунда лела?!. – дагахь хIума доцуш, даима шена марзъелла забарш йора Даштара. – И хьан рагI-м Апина коча йоьллира ас: малх хьаьжначу дийнахь шен ваха йиш хир яцара аьлла, тхоьга рагI еха веанера иза. Шега и елча, цхьа чIогIа хазахетта, дIавахара Апа, – сихвелла, дуьйцура цо.

 – Къанвелла волу БIаьтIа хьажийна хир вара ахь же-м, хIинцца дуй биъча?!

 – И-м хабар дара!.. Со хьо ву-м ца моьтту хьуна?.. Хьо лелар ву, хьуна, же!.. Со Iовдал ма вац: Iелас, Куржас, варийлахь, ма дешалахь боххушехь, аса-м сайн хеннахь дешний… – забарш йора Даштара. – И дитийша!.. Шайн Делан дуьхьа, цхьамма кхоссийтийша соьга а и «бирданг»! – бохуш, тIевирзира иза.

 – Хьо ваьхьар вуй ткъа кхосса? – хьовзийра иза Байсалус.

 – Тимергериев, цо со вехь а, хIумма дац-кха, кхоссийтахьа соьга… вайша цхьаьна парти тIе хууш а ма вара, – хьесталора Даштар.

 Байсалу цуьнга тапча кхоссийта сих ца велира.

 – Оццул бIаьрмециг ма хилахьа, хIай Байсалу!.. Хьо муха ву-у?! Шун сирачу виро ослик йина аьлла, ас кхаъ баьккхинчу хенахь а, цхьа хIума ца елира ахьа-м суна… – бохуш, тIегIертара Даштар.

 Башха Даштарна деза гIуллакх хуьлуш дацара. Iаьндис а ца кхоссийтира. Iалавди а шениг юлуш воллура. Iалавдица къовса дагахь лаьттара Iаьнди. Таро йоьхна, дIасахьийзара сакIамделла Даштар. «Цхьадика, гена гIур ма дац шун хIара «бIов», хIинца гучу ма-девлли, цхьамма лохкур ду… Дала мукъалахь. Дависа, Iела велахьара тахана цIахь!.. Шен гIуллакх доцчухула дукха лелий иза-м, балхахь хилча а!..», – бохуш, массарна а оьгIазъоьхура иза. Массарна, Даштарна а цхьаьна, хаьара, и вон ловзар дуйла, цундела баккхийчех озалора бераш. Тешна а, тахана директор Iела цIахь цахилар тосаделла хир дара берашна а.

 Берашна оцу тапчанаша чевнаш йина меттигаш а яра. Цкъа Мовладис ботт хьаькхча, мукъ буйнахь а буьсуш, дIаяхана цуьнан тапчин биргIа-м кхин кара а ца йира. Ткъа Соьлис, ша арентIа хьошалгIа воьдуш, пеша чуьрачу ширачу кехаташ юкъа дIалачкъийнарг, кхано, гуьйранна пеш латийча, иккхинера, аьчкан пеш а ятIош. Саьмгал даточу хенахь, схьа ца баккхалуш, тапчанна чохь бисина болу шифаран хьостам, пешана Iуьрг а доккхуш, аратоьхна, хьулбаллалц пенах чубаханера. Вон герз-м дара-кхий иза…

 Iалавди тапча юьйлина велира. Юха а цунна тIевирзира Даштар:

 – Iалавди, хьайн Устазан дуьхьа кхоссийта соьга и тапча: хIокху ТIехьа-ирзерачу нахана йоккха топ яьлла моттуьйтур дара ас, – къар ца лора Даштар.

 И къарцалойла хиъча, Пашас тапча кхоссийтира цуьнга.

 – Ботт нийса тIехьакхалахь… Цкъа хьаькхча, ца ялахь, шозлагIа кхоссуьйтуш яц, хьуна, ас, – аьлла, чIагIвира Пашас иза.

 – ХIе-хIе-е-й!.. Нана ма дала хьо йинчун!.. Тимергериев! Лерга пIелгаш дохка: ас и лергабад ятIор ю хьан хIинцца!.. – олуш, ша шалха а воьдуш, тапчанна тIе ботт хьаькхира Даштара. Тапча ца елира.

 – Э-э-э, велла ма вала хьо дела-I!.. – цунах там хилла Байсалу вела хIоьттира. – Берашна ма ца хаьа герз лело!..

 – Дала Вазвинчу Элчанора, Паша, дош ма дацара, хIара хьан яхкаелла тапча цIерга ца кхоьссича! ХIокху ТутаргIарна хьалха юьхьIаьржахIоттий-кх ахь со! – моха еанера хIинца Даштарна. – IадъIе шу, цкъа Сиражди цIа ваийта аша: цо суна Гуьмсера поезд тIера биргIа йохьур ю аьлла, тIаккха хьовсур шу!.. – уьш шех хьего гIерташ, доцург дуьйцура Даштара.

 Пашас, Даштар хьовзо дагахь, ботт хьокхучу тIилтIиг юкъа сирник ца йоьллинера. Ткъа Даштар-м ша цу балхах ца кхийтира. Жимма иза хьийза а вайтина, Пашас юха дIаелира цуьнга тапча.

 – ХIинца мукъане а ботт нийса хьакхалахь, велча санна а ца лелаш, – элира Пашас.

– Са ма гатдехьа, мой Пашка! Со-м Шелара ТIелхаг вай!.. – деза детта велира Даштара.

 – Даштар!.. И мила ву… Шелара ТIелхаг?! – юкъаиккхира цхьаъ.

 – Ца хаьа суна… ДIа тхан Iеле хаттахьа: цо даима а вуьйцуш ву-кх иза… цунна хаьа-кх и… Шелара ТIелхаг, Шелара ТIелхаг аьллачохь висина-кх иза… Шелара ишколан цхьа директор хир ву-кх иза а… – биэндоцу жоп кхоьссира Даштара. И дуьйцучохь ма вац иза хIинца!..

 – Валахьа, лелий!.. Витийша иза тапча кхосса!.. – маьI-маьIIера аьзнаш хезара.

 – Дала Iалашве хьо, Пашка!.. Ма кIант йина-кх оцу ХIубис, ян-м ткъа!.. Тимергериев!.. ХIинца хьажалахь, Кампос хьайна хIун до?!. – аьлла, тапчан тIе ботт хьаькхира Даштара. Тапчано даьккхина тата, Йокъалнехула дIа а дахана, варшахь дайра. Там хиллера Даштарна оцу балхах.

 – Дала Iалашве хьо, Кампо, ма кIант ву хьо!.. Iале-е-е-лай, цо динарг!.. Шуна хезарий?! Ма чIогIа елира иза, яла-м, ткъа, хIай!.. – там хилла, дIаиккхина вахана, юстахваьлла, хьоьжуш Iачу шен доттагIчунна Билална тIекхийтира иза: «Бикеш, хьо кхера-м ца велира?!.» – аьлла.

 Iалавди тапча юьйлина валаре хьоьжуш, тIехIоьттина лаьттара Iаьнди…

 – Iалавди, цкъа юззал молха лохьа суна, – дийхира цо. Тоьпан молха муха оьккху хьажа сакIамделлера Iаьндин.

 – ДIавала, дIа… суна сайна а тоьий ца хаьа хIара, – реза ца хилира Iалавди. – Суна сарралц кхийса ма деза хIара!..

 Юха а дийхира Iаьндис.

 – ХIай, Iаьнди, хIай!.. Ас санна, цIера дахьа хьайна а, шун БIаьчакан цхьа пачка юьззина молха ду, хьуна… хьуна дуй а хаьа, – ца делира Iалавдис, юха а дехча.

 – ХIахI!.. Цунна со гучувалахь, хIун хир ду хаьий хьуна?! Юха цунна ган ца веза со?

 – Гучувалахь, суна хIун хир ду, хьуна хаьий, тIаккха?.. Сайгахь дисахь, лур ду ас, – цхьаъ аларан дуьхьа, элира Iалавдис.

 Массо а вара тоьпан молха дагадоьхна, ткъа царна массарна деккъал Iалавдигахь дацара и.

 Iуьллучу Iалавдин песа чохь гуш цхьа кана хиллал дара молха. Цунна хIун дагадеанера хаац, цу тIе а лоцуш, шен тапчанна тIе ботт хьаькхира Iаьндис. Тапчанан тата хIинццалцчул шозза чIогIа делира: цуьнца цхьаьнаийнера иккхинчу песа чуьрачу тоьпан молханан тата а. Массарна а лерга паттарчий хIиттош, чIогIа делира тата. ДIа катоьхна, шен пес схьаийцира Iалавдис. Оцу минотехь песан юкъ яьгна яьллера, гонаха цхьа хIоз бен ца буьсуш. Цхьаболчарна новкъадеара иза, амма хIинца дан хIума дацара… Iаьндин шен а чIогIа чамбайра: и дагахь ца тоьхнера цо цу чу тапча.

 – ХIан!.. Хьан гIуллакх хIинца дIанисдели?.. – аьлла, Iаьндига хьаьжира Iалавди. Цо кхин бехк ца баьккхича, гуттар а чIогIа 1алавдина хьалха бехкалавахана хьаьвзира Iаьнди. Вовшашца уьйр-марзо чIогIа йолуш а вара и шиъ. Цул сов, Iаьнди шегахь цхьана а тайпана юхахьаралла доцуш, эсала кIант а вара. ХIинца а ву иза иштта. Жималла яра хIорангахь а, кийра буьззина… тIех а Iенаш…

 Жима хилаза цхьа а ма вац!..

 – Iалавди, гой хьуна… соьга тапча кхоссийта ца мегара ахь?.. Со хIинца хьоьгахьа хир вара, хьуна, – накъостах дог а Iаьвжина, шена хуъучу кепара цунна там бан юххевелира Даштар.

 – Оцу Iаьндегахьа хилахьа, хьайна ма-луъу… суна хIумма а ца хуьлу, хьуна… – тIетайра Iалавди.

 … Бикъин Ахьмад гучувелира шайн кетIарчу зIарехь.

 – Молла ву, шуна, дIаловчкъае тапчанаш!.. – мохь белира Парукъан.

 – ДIа витахьа… цунна-м хIумма а хаза а ца хезара… – элира цхьамма.

 – ВаллахI, хеза, хьуна, цунна, буьйсанна хьечаш даа беша девлча-м… Охьавоссал хIинца!.. – олий, дитта буха дIахIутту-кх, – дуьйцура Парукъа, Билална хезаш хилар дицделла.

 – И маца ду?.. Хьо маца ваьлла моллин беша, тхуна а ца хууш? – аьлла, хаьттира юххерачех цхьамма.

 – Къемат-дийнахь дIатакха хала хир ду шуна… Стенна лечкъадо аша Вашин хьечаш? – аьлла, массаьрга а бехк боккхуш, вистхилира юхахьаралла ца девза Билал. Цхьаьнгга а кхин жоп доьхуш а дацара цуьнан хаттар... – Хьовсийша, къа ца хета шуна Iалавдих… цо хIун дина шуна? – балда ийзо велира, вас хилла, къевкъина Iен Билал…

 Iалавди-м башха воьхна хьийзаш а вацара, делахь а, Билала шегахьа гIо даьккхича, дог дешира цуьнан. БилалагIаргахь элпаш Iамош а вара Iалавди хIетахь…

 Вовшашка кIеззиг «иъ-миъ» а дина, и «дов» чекхделира…

 Моллех къайлаяьккхина шен тапча четара схьа а яьккхина, ботт хьаькхна, эккхийтира Байсалус. Iалавдис а изза дира. ТIаккха Парукъе элира Байсалус:

 – Парукъ, меллаша четара схьа а яккхий, кхосса хьайниг а!.. Четахь эккхахь, цо и гай-тIоьрмиг ятIор ю хьан!..

 Парукъа а, ботт хьаькхна, эккхийтира тапча.

Цкъачунна и «тIом» чекхбелира…

 Делкъа-ламазан хан хилира. Курсума шега мохь бетта а хезна, Билал а ламазна дIаваха гIаьттира.

 – Iалавди, хьастагIа Юнуса Гуьмсера еана узбекийн цIена пес ю сан, ас и лур ю хьуна… Вало!.. – аьлла, Iалавди тIевийхира Билала. Накъостан дог эца гIертара иза.

 – Билал, тIаккха, ваьшшиъ цхьаьнакхеттачуьра, таханенна догIу элпаш а деший вайша?! – тIетайра Iалавди.

 Ша динчунна (аьлча а, шайтIано шега дайтинчунна) чам байна, ша хIоьттина, цIехьа волавелира Iаьнди. Билггал бакъдолуш, Iалавди, шайга а вигна, къинтIераваккха дагахь вара Iаьнди. И Билалца дIаволавелча, чIогIа вас хилла, дIавахара.

 – Iаьнди, тхо дIадогIу хIинцца: Хьаваэ вайна х1оадуттургаш яйталахь! – аьлла, генавалаза волчу Iаьндина тIаьхьа мохь туьйхира Байсалус.

 Паша, Соьли, Парукъ, Байсалуца цхьаьна – ЗаIaрехь бисира…

 «…Сан хIун гIуллакх дара и дан?!. Тоьпан молханна бIаьрмецигвалар бен, Iалавдис суна цкъа а вониг ма ца дина… Кхин-м дийр дац, хьуна, ас цунна ишттаниг, – холчахIуьттуш, гIийла воьдура Iаьнди. – Церан Аммас-м хIумма а эр доцийла, хаьара суна. Мел генаяьлча а: «Iалавди, ахь и тоьпан молха деллехьара цунна, хIумма а хир ма дацара, – аьлла, соцур яра иза-м. Хьаваъ Iийр яц-кх, со велла дIаваллалц, и дуьйцуш, дов деш бен… БIаьчакна хаарх Дала ларвойла… Цо ду, хьуна, кит хьаллалц, доьхка деттар суна… Лазаварх-м, шеквер вацара со… вуьшта, БIаьчака сайна цхьаъ дахь, новкъадогIур ду-кх… Ца детта а мегий цо-м!.. Жима хилаза цхьа а ма вац…» – ойланаш кегаелла воьдура Iаьнди…

 Иштта и ловзар ширделира, аьлча а, кIордийра…

 – Насин беша воьдагаш яа вогIург суна тIаьхьахIотта!.. – аьлла, мохь а тухуш, Найбарха бердашкахьа Насин беша охьаведира. Тхо, кегийчийн арданг, тIаьхьахьадира. «НецагIеран баьллаш даа «йино-о!» – бохуш, берийн цIогIанаш а дара хезаш.

 Маситта дийнахь йочана лаьтташ, кхин тIе стаг кховдаза дара Iаьржа хьечийн дитташ. Кхиъначу стоьмаша саттийна, Iункар а даьхкина, кхозура гаьннаш. Iанаяхана воьдагаш яра тIехь. Тхайх йиссалц уьш а йиъна, Наси-берда йисте схьадаьхкира тхо. Дуткъа серий а даьхна, царна буьххье а духкуш, хоттан овголгаш кхисса дуьйлира тхо. Цул тIаьхьа сацкъарш а кхиссира, гена кхосса къуьйсуш. Берда кIеллахь, Iинал дехьахь ехаш йолу Найпроз а, Пирдоз а орцадаха елира:

 – Ва-а, ма кхисса и тIулгаш!.. Дала къардарш, дIадовла эццера!.. – бохуш.

 – Оха шун беша кхуьссуш дац хIорш!.. – элира тхох цхьамма. – ХIорш тIулгаш ма дац, хатташ ма бу! – кхечо а элира.

 – Уьш бамбин цуьргаш елахь а, ма кхисса, боху ас!.. – тхо къахко гIертара уьш. Диканиг дохьуш тхо ца даьхкинийла хаьара царна.

 Хьера юххехь, АмхьадагIеран хиллачу цIеношкахь, пхьалгIа яра. Iаьндара веана Хьаьбиб, цIестапхьар, вара цу кертахь Iаш. Иза карзах ца ваьккхича, дIа ца дахалора тхо, цкъа Наси-берда тIе даьхкича. Хьаьбиб, юьртарчу нахаца тар а луш, церан гIуллакхе а хьожуш, ша Iаш вара. Масех шо дара иза юьрта веана. ЦIестан пхьегIаш йора цо: гIумгIанаш, тесаш, шаннаш, кIудалш. Йоьхнарш тIеяьхьча, эшахь, йома а латайора, гIумгIанна цIуза, кхабина тIам буьллура. Юьртахь оьшуш стаг вара иза. Шайн Iаьндийн меттан хотIе а теIош, буьйцура цо шена шера ца хуу нохчийн мотт. Ткъа, тхайна и беламе хеташ, тхан цунах дийла дог догIура. Тхешан жималло кийрахь гулдинарг дассо меттиг болура-кх тхуна… Жима хилаза цхьа а ма вац!..

 …Оцу муьрехь юьртара кхиъна богIучу кегийрхошна цхьа хIума дара марзделла: «финка» олуш долу арсаш лело   р. ЧIепачу кевнах, я болатан эчиган кийсиках дора цара урс. Шина агIор дуткъадеш, куьйгахьовзочу чорха тIехь юьхьиг ирйора, тIаккха ялпаран кехат а хьоькхуш, шардора. Цхьаверг-м цхьана кIиране а волура урс шардеш. Цул тIаьхьа, шогачу истанга тIе а хьоькхуш, къагадора. МаьIан мукъ бина, кечдича, чIогIа товш хуьлура «финка». Дечиган ботт йой, цу чу а дуьллий, четахь я кисанахь леладора. Урс дан гIирс кIезиг бара: ондачу эчигах ца дича, хатт санна, буьйда хуьлура урс.

 Байсалу, Сиражди, Паша, Даштар – берриге а «финканаш» долуш бара. И шена а дезаш бIарзвелла лела Парукъ (царах уггар а жима вара иза) цхьана дийнахь, массaрах а лечкъина, Хьаьбиб волчу гIоьртина хиллера, цуьнга шена «финка» де ала дагахь. ЗIарал чоьхьа иза ма-воллура, вуно доккха, месала жIаьла чухьаьдира. Цунах ведда, берда тIе юха хьалавелира Парукъ.

 – Ва-а, Хьаьбиб!.. Ва-а, Хьаьбиб!.. – бохуш, ша баккхийчех ву моттийта гIерташ, аз стамдина, мохь бетта хIоьттира Парукъ. Хьаьбиб вист ца хуьлура: левси кховсуш, варзап етташ, къап-къарс эккхийтина, хьийзаш хуьлура иза. Бехха мохь биттира Парукъа, Хьаьбиб кхин гучу ца волуш.

 Цунах кхин гIуллакх хилла а ца даьлла, ша хирг-хир аьлла, гондIа лехна, карийна мокхазан тIулг кхоьссира цо пхьалгIин тхов тIе. И тогIе а ятIош, йоккха г1овг1а яьккхира тIулго. Чехка араиккхина, Хьаьбиб цIенна тIехьа гучувелира.

 – Мила да тIулигаш кхийсаш дариг?! – аьлла, дикка оьгIазвахана, мохь туьйхира Хьаьбиба.

Цунах кхаъ хилла, кхин дагахь хIума а доцуш, Парукъа сихха цуьнга дуьхьал мохь туьйхира.

 – Ва-а, Хьаьбиб, со хьо волчу вогIуш вара, цхьа гIуллакх долуш, хьайн жIаьла дIадехкахьа, – аьлла, хьаставелира Парукъ.

 Амма Парукъана моьттург хила доллуш дацара: гIам-гIим деш, гIовгIа эккхийтира цIестан пхьеро. Жимма яппарш а йина, юха хаьттира цо:

 – Хьан хIуьн гIуьллакх яра соцай?! – аьлла.

 – Ва-а, Хьаьбиб!.. Ахь суна «финка» дийр дарий, ас ахча делча?!. Со Хьал-тIера Парукъ ву, хьуна!.. – и чувахале аьлла, сихвелла, шен гIуллакх дIадийцира цо.

 – Перукъ, дIадала… дIадала сона гуьчара, Перукъ… со пинка деш дац… Со гIумагIина-а цIуза-а дуьллу-ш ду… – бохуш, телхинчу стагах тарвелла, шен гIовгIанца къайлавелира Хьаьбиб. Урс дезаш сакIамделлачу Парукъана, ша арадаьккхинчу гIуллакхан цхьа йист ца йоккхуш, дIаваха ца лиира. Юха а, ласттийна, тIулг туьйхира Парукъа пхьалгIин тхов тIе. Хьалха санна, гучуиккхинчу Хьаьбиба мохь туьйхира берда тIе хьала а вирзина:

 – ДIадала, Перукъ!.. Ма кхойса тIулагиш!..Хьан ворхI валлайла хьакхайца!.. – бохуш, гIовгIа йора цо. ОьгIазъоьхура Парукъ. Делахь а, чIогIа шена «финка» дезарна, къарцалора иза.

 – Ва-а, Хьаьбиб, «финка» дехьа суна… ас хьуна ахсом лур дара!..

 – Перукъ, масайза ала деза хьога?!. Суна пинка де ца хаа… Ас сайна а Мончига дейтина пинка… Мончига дейта хьона пинка!..

 – Ва-а, Хьаьбиб!.. И а ца бохуш, баккъаленна а, дехьа суна финка!.. Вайша ши доттагI а хир ма ву!.. Со хьуна левси кховса а вогIур вара!.. – хьаставелла, дийхира Парукъа.

 – Хьадола, далахь, Перукъ, ас пинка дера да хьуна, – аьлла, резахуьлучуха, Парукъ охьакхайкхира Хьаьбиба. Самукъадаьлла кIант, ког лаьттах ца кхеташ, берда-басах чутилира. Хьера хьалхахь долчу шен жимачу ринжехь лаьттара цIестан пхьар, Парукъ ларвеш. ЗIарах чоьхьа а валийтина, иза схьалаца гIоьртира Хьаьбиб. И-м бакъдацара, аьттехьа а!.. Парукъ лоцу Хьаьбиба?!. Схьа-м муххале а ца лецира цо, оьгIазвахийтира-кх. Карараваьлла, дIаиккхина Парукъ, бIаьрганнегIар тохале берда тIе хьалавелира. Iин чуьра ша даьхьна тIулгаш пхьалгIин тхов тIе кхисса велира иза:

– Ва-а, Хьаьбиб!.. Финка дой ахь суна?! – бохуш.

 – Перукъ!.. Цкъа сан керадагIур да хьо!.. – бохуш, орцадаьккхина Хьаьбиб а хьийзара…

 Парукъ юхахьара вацара… цхьацуьрг а… Жимма декъаза вара иза.

 Цул тIаьхьа оха, берда йисте ваьл-ваьллачо, пхьалгIи тIе тIулгаш кхуьссура:

 – Ва-а, Хьаьбиб! Суна пинка дехьа!.. – бохуш.

 – Перукъ, цкъа сона керадагIур да хьо!.. – бохуш, дуьхьал мохь беттара цIестанпхьеро хIоразза а.

 Берашна синкъерам болура, ткъа бехке Парукъ хуьлура… ХIумма дац, иза-м жима волушлераниг дара… Жима хилаза цхьа а ма вац!..

 Цул тIаьхьа дикка хан яьлча, ишколера цIа догIуш дара бераш. Хьера хьалхахь шина керта юккъехь некъа тIе дIахIоьттина лаьттара Хьаьбиб. Цунах бIаьрг ма-кхийтти хиира Парукъна, цо шена гура боьгIнийла. Чехка ког боккхуш, тобанна дикка хьалха а ваьлла, майрра Хьаьбибна тIе волавелира иза: башха, юхь-сибатца цунна вевзаш а вацара Парукъ. Хьаьбиба хаьттира цуьнга:

 – Перукъ милхарниг да? – аьлла.

 – И дIо-о-гарниг, сийна хеча юьйхинарг, ву-кх Парукъ, – аьлла, тобанна хьалхахь вогIучу Цакина (Хункарпаша ю цуьнан бакъ цIе) тIе пIелг а хьажош, дIаиккхира Парукъ.

 Цициган кIорни санна, эсала волу Цака, кхин дагахь хIума а доцуш, хьаьккхина Хьаьбибна гергавеара. Катоьхна, схьалецира цо Цака. КIентан цхьа пхьарс а лаьцна, цунна, шен гIаж а уьйуш, хичаш ян велира цIестан пхьар:

 – Сан керадеай хьо, Перукъ!.. Ас лецанай хьо, Перукъ!.. – бохуш.

 Хуьлучух ца кхетачу Цакин бIаьргаш хье тIе девллера. Ткъа Iинал дехьавала ларийначу Парукъа схьа мохь беттара:

 – Ва-а, Хьаьбиб, нехан кIант дIахеца!.. Парукъ лаца иштта атта дац, хьуна!.. Со хIокху меттехь ву, хьуна!.. – бохуш.

Доллучух а кхийтира цIестан пхьар.

 – Перукъ, схьадола!.. Ас пинка дера да хьуна! – бохуш, тIевоьхура цо кIант.

 – Ас Мончига дойтур ду сайна «финка»!.. – бохуш, дуьхьал мохь а бетташ, Парукъ дIавахара.

 ХIинца а, тхайца Парукъ воццушехь, иштта и болх а бина, Наси-берда тIера дIадахара тхо…

 …Тхо IамархагIеран беда болччу кхаьчча, цхьа мерза хьожа кхийтира, иэраш санна, мацделла догIучу тхуна. ХIубигIеран баба (Эсимат) яра нохчий-пешахь хьокхамаш доттуш. Тхуна дезий хууш, тIе а кхайкхина, цо хьокхамаш делира тхуна. Тхаьшна даа довха хьокхамаш нисделча, цIа дахар тхуна кхин дага а ца деара.

ЗаIаре хьалакхечира тхо… Базе-гу тIехь бара баккхийнаш. Цхьа говр-бере а вара цигахь гуш.

 – ТIаьхьависинчо еттина пхьид яийла!.. Цаведдачо кхехкийна зу яийла!.. – тхаьш Iемминчу кепара къевсина, уьш болчухьа дIахьаьлхира тхо.

 КъайсаргIеран Iийса вара говрахь веана. Тахана ЦIоьнтарарчу базарахь эрсаночуьнгара шайн дас эцна ю, бохура цо, и говр.

 – Беа аттах луччул ахча делла хIокхунах, – бохуш, говр хестовелира Iийса. Ян а яра иза хаза говр: буткъа-беха когаш, гIезан санна, деха лаг а долуш, хохку говр яра иза.

 – Цунах хьан ло оццул ахча?.. Ши бIе туьма дала говр ю иза?.. Лаг деха хиларх ца хуьлий говр-м!.. – Iийсан дог этIо хIиттира цхьаберш. ХIуъa дича а, Iийсас говр хохкур яцара-те бохуш, шайн дагахь, и кIамвеш бохкура уьш. Цаьрга ла ца дугIуш, Iийса дIавахара. Амма бухабисинарш бара говраш хахка кIамбелла.

 … Баргол а тоьхна, бай тIе яжа лаьллина йолу БIаьчакан говр схьаялийра Байсалус. ДегIана жимо елахь а, чIогIа хьуьнар долуш яра цуьнан говр. Колхозехь дохнан лор вара ШахIид (гергарчара БIаьчaк олура цунах). Генарчу ярташка ша балхана дIасалела веза дела, говр диканиг лелайора цо. ЧIогIа хаза йоргIахьокхуш яра цуьнан говр.

 – Ас Iийсан говрах лур яцара хIара, – элира Байсалус, ша тIе ма-кхоччура.

 – Биъ етт белла бохуш, ца хезира хьуна цо?.. Хьайчух-м лур дац эса а, – Байсалу кIамвичхьана тоьуш, тIевирзира Даштар.

 – Хьайчух-м лур дац, хьуна, и котаман кIорни а, – къовсам болабала гIертара.

 – И-м хабар дара!.. Сайниг-м, хьайчунна юххехь, эмкал санна, говр яй, Байсалу!. Хьайниг санна йолу говр-къечIалгаш, итт тIаьхьа а тесна, оцу дукъах хьалаер яра-кх сайниг… БIаьтIас онда говр бен цкъа а ма ца лелайо. Хьуна хууш ма ду иза?!… Сайчунна гай кIелхула а ер ю хьайниг… Говр бу иза?! – меттахвелира Даштар.

 Цхьаъ хастош, важа аьшнаш еш, къовсам марсабохуш бохкура гонахаберш. Дукха бах ца белира къовсам. Даштар говр схьаяло цIа вахара. Доккха дегI долуш, паргIат говр яра БIаьтIиниг. Ворда-готанна а южуш, ургIал такхо а юьгуш, гIора долуш яра иза.

 …ЗаIарера дIа Базе-гу тIе хохкуш яра говраш, ткъа иза-м эзар гIулч хиллал бен юкъ яцара. Итт ботт сирникаш яра юкъаехкина. Даштар схьавоггIушехь аьлла, ЗаIаре дуьхьалвахара Байсалу а, цуьнца кхин масех а. Хьаькхначу сиз тIе дIа а хIиттийна, Пашас шиннен а дирстанаш дIахийцира. Ши говр дIаиккхира. Яхъелла лаьттинчу йочано баьккхина хатт, чхьаппалгаш санна, лелхара говрийн бергашна кIелахь. ДIа ма-оьккхура, каде йолу Байсалун говр, дикка хьалхаелира. Говран ленаша тIехьакхуьйсучу хатташа Даштар тIаьхьаваха ца вуьтура.

 – ХIе-е-й Тимергериев!!! Ма бетта и хатташ… и нийса дац, хьуна!.. – бохуш, мохь оьхура Даштаран. Хьаьки-беша кхаьчча, йолалуш йоккха ирхонан лерг яра. Байсалу ирхонах хьалаволалуш, Даштар ДикалугIеран кетIахула сехьаиккхира. Ирхонан лергехь Даштар Байсалуна дикка тIекхиира, делахь а, гу тIехь хьаькхна долчу сизал Байсалун говр хьалха дехьаелира.

 Баккъал а, гена хаьхкина, ницкъбича санна, говраш дIасаийзо бевлира кегийнаш. Говраш хохкучохь ишттаниг гина, куц дара, царна.

 – И нийса а дац… и, данне а, лоруш а дац!.. Стенна бетта ахь хатташ?! – бохуш, арздан велира Даштар. – Вуьшта… Къемата-къиг йогIуш а, говр аьлча а, оцу хьан Iаспаро сайниг юьтур яра тIаьхьа?!. ХIара-м ломмал говр яй-й!..

 – ДIаяккхахьа дIа… И хьан IонтIаз !.. Ас бехира хьоьга, ма хахка… Хьаьжк1аш яорах ма ца тоьа… дегIехь гIора ца хилча, – Байсалу а ца Iара.

 ДIасадиттира… кега а дира – хаьржинчу кхааммо а Даштаран говр тIаьхьайисина лерира. Шена юьхь дуьхьал хатташ ца биттинехьара, ша тIаьхьавуьсур вацара бохуш, Даштар реза-м вацара. Делахь а…

 – Хьан маца хилла сайниг эшо я говр а, я кхин хIума а?!. Стохка, хеца а делла, сан Барза шун юккъе деанчу хенахь хьан толлу-зуд, кхераделла, дедда, дукъал тIехьадаьлла, цул тIаьхьа доьшан тIе дан ца даьхьаш, Iийна дагадогIий хьуна? – къар ца лора Даштар.

 – Делахь-х1ета, хIинца схьабалабехьа и хьайн кенийн палс. Хьайчо эшадахь, ас хьуна ло-кх сайниг… Давай!.. Схьадаладе!.. – сихвелира Байсалу.

 – Суна-м ца оьшу сегалша диъна хьан муцIа-зуд… Ас далор ду, хьуна, Барза-м… ТIаккха, хьожур хьо…

 Байсалуниг, цкъа доьхкуш, тIаккха достуш – иштта лелош жIаьла дара. Ткъа Даштарниг, даима а беданна юххехь дихкина кхобуш, доккха жIаьла дара. Доцца аьлча, вовшахлатийта мегар долуш ши жIаьла дара и шиъ.

 Хьаьки-бешахь лотуьйтуш дара жIаьлеш. ЗаIаре ма-кхеччи, мохь бетта велира дарвелла воьду Даштар:

 – Ва-а-а Тимергериев!.. Охьадаладе хьайн къорза зуд, – бохуш.

Байсалун дог детIадолу хIума лело гIертара иза. ДикалугIеран кевнашна юккъе нисвелла воьдура Даштар. Доккхачу жIаьло дIаийзавора иза. «Барза, ахь со юьхьIаьржа хIоттавахь, ас, топ тоьхна, и йоккха корта, кхоьссина, дIайохуьйтур ю хьан!.. Хезаш дуй хьо?!.», – бохуш, жIаьлега а луьйш, дIа сихвелла воьдура иза.

 – ХIе-е-ей, ТIехьа-ирзера тутаргIар!.. Ларлолаш!.. Дерриге а дитташ тIе хьаладовла!.. Ас хала сецош ду, шуна, хIара Барза!.. Шайн харанашна чудуола!.. ХIара сан карара хецалахь, хIокхо дерриге а цоьстур ду шу!.. Шайн Делан дуьша, бераш ара ма довлийта!.. – мох санна, чехка догIура Даштара доху орца…

 Тхо, кегийнаш, билггал кхераделла, дитташ тIе хьаладевлира. Маситтазза жIаьлеш леташ гинера тхуна. – Эрча сурт хуьлу цигахь. Цул тIаьхьа буьйсанна вижа а кхоьрура: гIенах а жIаьлеша хьийзавора…

 – ХIара ду хьан майра Барза?.. Доьша даийний ахь хIокхунна?.. – хоьттура Байсалус.

 – Схьахьовсал дерриге а!.. – элира хьуьхьвоьлла схьакхаьчначу Даштара. – Сайчо Байсалун хIара жIаьли-кIанцIар ехь, со бехке вац, шуна… Ас дIабоху, шуна, шуьга… Варийлаш, суна тIаккха, тIуртIагIар-тутаргIар бохуш, хабарш а юьйцуш, чIиэIа ма хIитталаш!..

 – ДIаяккхахьа дIа, жIаьла бу и?!. Диларийн гуй!.. Цо сайниг эшадахь, ас, шуна а гуш, топ туху-кх сайчунна… Тоьий хьуна?.. З1енаш кочахь а йолуш, лoтуьйтий вай?.. Схьадаста!.. – сихвелира Байсалу.

 Кочара зIенаш дIаяьстина, латийта барт хилира.

 Юкъа цхьа дечиган юьхк кхоьссина, «Суь!.. Суь!» аьлла, чуччатесира ши жIаьла. Летира и шиъ, вовшах кенаш а туьйсуьйтуш. «ГIарх-гIирх» деш, вовшашна кIомсарш етташ, хьерчара ши жIаьла. Тхо, дитташ тIехь дерш-м, чуоьзна са дIахеца а ца даьхьаш, дIатийнера: сайн ворхI шарахь суна гиначех уггар а иэрча сурт дара иза. Хьерчара ши жIаьла, тIекIелдуьйлура… Багара цIийш оьхура. Вовшийн кардигаш туьйсуьйтура. Ткъа жIаьлеш лотуьйтурш шек дIа а бацара.

 – Жулбарс… Давай, Жулбарс… давай, схьаэца цуьнан бат, – бохуш, хезара цхьаъ. – Барза, катоха!.. Лерг лаца!.. – бохура кхечо. – Кийра дуола, схьаяккха цуьнан дог-пах!.. Суь-суь… суь-тIекхета!.. – марсадохура ши жIаьла.

 Лиэтара жIаьлеш… ЖIаьлина латар делла!..

Эххар а Даштаран Барзас Байсалун Жулбарсан лерг лецира. Дарделлачу Жулбарса Барза бухадиллира. ЦIеххьана, Жулбарсан лерг дIа а хоьцуш, тохаделла Барза юха хьаладелира…

 Дукха къийсира, муьлха ду тоьлларг ца къаьсташ: лерг лаьцнарг тоьллий, бухадиллинарг эшний бохуш. ЖамI дан хаьржинчара ший а жIаьла цхьатерра лерира.

 Летта даьлла ши жIаьла шайн-шайн цIехьа дIасахьаьдира. Тоьлларг муьлха ду, шайн жIаьлийн терзан тIехь оьзча, цаьршинна шаьшшинна дика хуучух тера дара: вовшашна кхин «гIигI» дар а доцуш, дIасаделира и шиъ. Байсалу шениг дIадехка вахара. Шен жIаьло цхьанна зулам дахь а аьлла, шечунна тIаьххье ведда, Даштар а ЗаIарел тIехьавелира. Бухабисинарш и гIуллакх дийца хIиттира. Дитташ тIеранаш, цхьацца вуссуш, охьабиссира. ЖIаьлеш леттачу меттехь, бай цIийбина, Iенна цIийш дара гуш.

 …И хIума дечул, куьлланех я тIассех ловза ца мегара?!.

 Дикка хан елира цул тIаьхьа. Малх а хаъал лахбеллера: суьйре яра гергагIерташ. Дийнахь сарралц ТIехьа-ирзе маьхьаршца сийсош хилла бераш а дIасадевллера. Тап-аьлла дара куьпахь. ЦIеххьана и тийналла йохош, ЗаIарехь юха а Даштаран мохь белира:

 – Ва-а-а Байсалу!.. Ва-а-а Байсалу!.. Сан нIаьнех латийта майра нIаьна юй шун юккъехь?.. Кечье шайн нIаьна, – аьлла.

 ДикалугIеран кетIа кхаьчнера Даштар. Пхьаьрса кIел йоьллина йоккха нIаьна яра цуьнгахь. Иза схьалаца гIерташ, хьевелла хиллера кIант. Хечин кисанашка доьхкинчу хьаьжкIан буьртигаша волавала новкъарлойора. Юха а мохь туьйхира цо Байсалуга. Сарралц бераша лелориг гуш-хезаш Iийна Хьавраъ дуьхьал йистхилира:

 – Ва-а-а Даштар, хьо хIунда вогIу?!.

 – Дера вогIу, Тимергериевн нIаьнех мас тасийта, боргIал йохьуш! – дуьхьал хазийра Даштара.

 – Дашта-а-а-р, ма волахьа, наниниг!.. ХIуна бохуш, лелош и цхьаъ бен яцара Хьаваин нIаьна… ХIокху «телхинчу» кIанта хIаллакйойтур ю сан иза… НIаьна цIахь а йитий, волахьа… хьо дика-а вара!.. – дехаре елира Хьавраъ.

 Важа-м и къамел хезачохь вацара!

 – ХIе-хIе-е-ей! ТутаргIар, кхераделла!.. Кхераделла шу!.. – там хиллера Даштарна Хьавраа аьллачух. – Схьалаца, ала, Байсалуга шен, нIаьна аьлча а, и бероза меъ!..

Веана, уьйтIа схьакхечира Даштар. Хьавраъ, хьастаелла, дуьхьал елира.

 – О-о-ввай, Даштар, дIавала… ХIокхунах лата нIаьна-м хIокху махкахь а хир яц!.. ХIара-м нIаьна хилла а ца Iа!.. – бохуш, цецъюьйлу сурт хIиттадора Хьавраа. НIаьнеш летийтарна дуьхьал яра иза: кхераеллачу нIаьнин хIу духу олуш дара. Дохнан лоьран болх беш волчу ШахIида а олура иштта.

 – Хьавраъ, шуна хIун моьтту?!. Сан Барзас шун Жулбарсан лерг муха дии?.. Ас хIинца хоуьйтур ду, хьуна, шун нIаьна хIун ю а!.. ХIара-м Гирбинскера ЗармангIеран бурунашкара Куржас еана ногIийн хIух йоккха нIаьна яй!.. – шена марзделлачу кепара, орца дусуш, деза деттара Даштара.

 – Даштар! Наниниг!.. Суна гуш ма ю иза. Оцу хьан нIаьнех бIаьрг ма-кхийтти, едда, тIап-аьлла, хи чу тесча санна, яй-кх и тхан нIаьна… Суна хаьа-кх, оцу хьайчунна цкъа кхаллал бен яц, хьуна, тхайниг… ХIокху махкахь а тоьлла нIаьна ма ю хьайниг, – кIант леван гIертара Хьавраъ.

 Цу къамелах там хилла, Даштар ваставелира. ЦIийна тIехьа цхьа гIуллакх дан хIоттийна волу Байсалу а, Iаьнди а схьакхайкхира Хьавраа. Царна томанна цхьацца забаре хIуманаш а дуьйцуш, бераш а эцна, тховкIел яхара иза. ХIинцца схьаевллачу далланийн текх царна хьалха а диллина, кхача баа ховшийра цо уьш. Церан ловзарш а дуьйцуш, самукъадаьлла, текхана гонаха гулбелла, цхьаьна хIума юуш бохкура уьш. Даштарна шениг дийца лаьара. Байсалун говро дуьхьал хатташ биттина дела, висира ша Байсалул тIаьхьа а, бохура. Шен жIаьла делкъана доьша дааза дара, хIетте а чIогIа летира иза, бохура. ТIаккха Хьавраа а, Даштар толош, хабар дуьйцура. Байсалун говре хьаьжча, Даштаран говр, лам санна хета, бохура Хьавраа.

 – Хьажал, Байсалу: аса боххург боху-кх хIокхо а… Байсалу, хьол дуккха а хьекъал долуш ю, хьуна, хIара Хьавраъ, Дала Iалашъярг!.. – тохавелира Даштар.

 – ТIаккха ткъа?!. И-м сол йоккха яй..., – Байсалу а тIетайра.

 – Витахьа, Даштар, и Байсалу… Цуьнга хьуо ле а ца войтуш, далланаш яахьа, шелъялале… И къарлур вац: цхьа хIума схьалацахь, шен да санна, хала стаг ма ву хIара а…

 ХIинца массо а Даштарна там лоьхуш, хьийзара. Даштар массеран доттагI вара. ХIоранна – жимачунна а, воккхачунна а – дукхавезара иза: самукъане, догцIена, цхьа а саьхьарло йоцуш, дика кIант вара иза. И волчохь даима а гIара-гIовгIа алсам хуьлура: накъостий меттахбохуш, шовкъе хуьлура Даштар гуттар а. Дукхахдерг, бегашена леладора цо шен хIуманаш. Нохчийн маттахь ден къамел а чIогIа «къена» хуьлура цуьнан. Иза дIавахханчу кертахь синкъераме аьзнаш, беларш а хуьлура хезаш…

 Тутаран цIийнах волчу ТIуртIин тIаьхьенах коьрттера вара Даштар: дукха генабовлаза цуьнан вежарий бара хIокху куьпахь берш.

 Жима волуш дех-ненах къаьстинера Даштар. Верасашка дIа ца луш, БIаьтIас шайга дIавигира иза: ненан метта хилла дIахIоьттинчу йоккхахйолчу йишица, Куржанца, иза хилийтархьама. Жима волуш дуьйна дика бер дара иза. Бакъ цIе Мохьмад яра цуьнан, гергарчара Даштар олура. БIаьтIина а, Куржанна а (и шиъ доккха ши стаг дара) тIеоьхучара, догъоьцуш, тIеийзавора Даштар, шайца охьахийшавора. Цундела жимма экама кхуьура иза. Массара а, дог оьцуш, вохвора. Юьртахь цуьнан нийсархойн дайша-наноша шайн берашка, Даштарца дукъ ма къийса, олура. Шен йишин кIант волчу Iелица а жимма «хецавелла» хуьлура иза. Даштар ишколе волавеллачу хенахь дуьйна, Iела ишколан директор вара. Нехан берашна хьалхахь кIеззиг кеп хIоттаяхь а, Iелас даггара лорура шел дуккха а жима волу шен ненан ваша. Иза а Даштарна шера хаьара. Цундела, цIахула дар-дитар меттахъхьадича, Iелас бинчу хьехамна «инкарло ян» а тарлора Даштара.

 – ХIай Iела, хIай, IадъIехьа… Хьо директор хиларх, суна хьуначул дика хаьара: со-м хьан ненаваша вай!.. – шеха забарш йора Даштара.

 Йишин кIанталла тIехь долу Iела-м, «Маржа, Даштар-яI!» олий, велалора.

 Шен ма-хуьллу, хIинца берийн «къовсам» дIанисбеш йоллура Хьавраъ. Далланаш йиъна бевлла, гIевттира уьш.

 – Хьавраъ, оцу Веза-сийлахь волчу Дала, Джебара-сагIа санна, къобал хуьлийтийла ахь даьккхина сагIа. Тахана Iуьйранна дуьйна юучух цхьа цинц кийра бахана ма бацара суна: хьуна ма-гарра, болх сиха бара… ХIара Байсалу лартIевало Дала бахьана дойла кхунах, – аьлла, вукхаьрга бIаьрг а таIош, бехкбоцчу Байсалуна «коча вахана», юха а уьш белийра цо. ДIаса а хьаьжна, тIетуьйхира:

 – ХIан, хIинца сан нIаьна схьалол, Iаьнди! Кампо дIа ца водахь, тхан куп яьсс-сса лаьтташ ю.

 – Делахь-х1ета, дIа а гIой, хIинца хьайн куп юза ахь, – элира Iаьндис.

 – Байсалу, тховса шаьш Охьа-чу кино долхахь, тхоьгахула довлалаш, Курже со а воьхуш, – аьлла, шен нIаьна пхьаьрса кIел а йоьллина, Даштар, хIайда-аьлла, дIавахара…

 Шеко йоццуш, хIокху чекхдаьллачу дийнан «турпалхо» хилира Даштарх… Кхане хьаьнгахь ю а, кхана хуур ду-кх…

 ХIор дийно шен-шен цхьацца «турпалхо» кхуллура тхуна юкъахь. Ша-ша хила гIерташ, къа а хьоьгура. ТIаьхьа ца виса гIерташ, цхьана хенахь, ма-хуьллу, хьийзира со а, Аба а. КIеззиг бахьана охашимма лелийчахьана, турпалхо а хуьлий, дIахIуттура тхойшиъ тхешан заманахь. Кест-кестта хьаха а вора, куьпахь цхьа доьхнарг ма-делли, муххале а. Хьаьки-шовданера ной чуьра хи бехдича а, Килаб-Аба олура; шовданехь дашийта доьхкина Ажин черманаш басах чудевдча а, тхойшиннан цIе йохура; Бабин я Жима-БучIин наьрсийн хеса тIекIелдаьккхина карийча а, Аба-Килаб олий, дIадоьдура. Куьпан зIар диллина карийча а, цунна тесна болу хIоз байча а, куьпал чоьхьадаьллачу дохно цанаш йохийча а, изза олура; цхьаннан коран бIаьрг боьхнехь а, лулахойн котаман ког бойнехь а, тхойшиъ бехке вора… Шайна а хIунда ца хаьа, оццул болх дIакхехьа шиъ ларор воцийла?!. Доккха хIума а ма ду и-м: Башлам тIехь аьхка ло даша доьлча а, Аба-Килаб ма олу хIокхара-м?!. Тхойшиъ хьалакхиъчхьана, бахьана делира тхол баккхийчарна: шаьш доьхнарг дан а дой, и тхойшиннан коча дуллура. Ткъа шаьш, масс-маликаш а хуьлий, дIахIуьттура. ТIекхоьссинарг ловш, дIахIоьттира тхойшиъ. Тхан а хIун бехк бу, хетий: тхойшиъ а вара-кх цара Iамийна… Хаттал, делахь, цаьрга – бешар а бац хIинца!.. Къоьжачу коьрта пес а тиллина, можах ка а хьоькхуш, кара суьлхьанаш а эцна, Iасaн тIе а теIаш, кетIарчу гоьрга тIехь хиъна Iачо хIинца аьттехьа а дуьтур дац и: доцург ма дийца бохуш, хьо къарвийр ву-кх. Да-м иштта дара иза!..

 Дагадаийта, делахь-хIета!..

 ТIехьа-ирзерачу Дадин кетIахь лаьтташ йолу, хIинца а йина ялаза йолу, колхозан бугIанийн ворда Iинчу хьан хаьхкинера?.. БугIара чутоьхна, Iаьршаш-м, дера, кегдинера!.. СоврагIаьрга веана Iийса валаза а волуш… Iаьлвин ирзора элан хоьлах цIе хьан теснера?.. Моллин пурхара телатан цIена эткаш а лачкъийна, уьш а ягош, ЗаIарехь буса лечкъаргех муьлш левзинера?.. КIуьро батош Iаржйинарш шолгIачу дийнахь Iуьйрре, шайн модашца схьа-м лийцира!!! Цхьадика!.. Тхойшиннан коча догIур дара иза а…Со а, Аба а буса аравала а ма ца ваьхьара хIетахь…ХIинца шайн цIерш яьхча, лата гIертар бара… Лата гIертачул, шаьш лелийнарг дагадаийта!.. Уьш-м…кхин-кхин а дарий!..

 Юьртарчу колхозан стоьмийн бешан хехо делкъа-ламазана дIахIутту а ларвина, цуьнан меракIелхьарчу дитта тIе а ваьлла, гаьннаш лестош, ношдалаза Iежаш охьадегийнарг мила вара, ткъа?!. Схьадийца!.. Хехочунна тIеххула кхозучу гаьннаш тIера Iежаш охьадегийнера, цуьнан букъах а детталуш. «АллахIу Акабар! АллахIу Акбар!» – бохуш, ламаз тIехь воллушехь, цо барта орцадахарх, дIа а-м ца сецира. Хехо тIехсуьпа стаг вара. Цо ламаз юкъахдоккхур доцийла хууш вара «зуламхо». Хехо ламаз дина валале аьлла, дIаиккхина, вахара. Амма ша ламазан салам делла ма-велли, катоьхна, шен ши этка схьа а эцна (тоха кхин хIума лоьхуш Iен йиш яцара), цунна тIаьхьахьаьдира хехо. Кертах дехьавала гIертачу кIантана тIаьхьалестийра цо шен эткаш. Оцу ворти чу кхийтира цхьаъ. Тентаквалаза висина зуламхо, кертан Iуьргах а иккхина, д1авахара. Хехо шен эткаш лоьхуш висира. ОьгIазвахана, вехьаш волчу хехочо:

 – Суна хьо мила ву хаахь, хьол декъаза са дац-кх, хьуна, хIокху лаьттан букъа тIехь… Иймансиз!!! – бохуш, кIантана тIаьхьа яппарш йора.

 – Ахь, хьайга хаза дехча, луо-кхий Iежаш!.. – бохуш, дуьхьал а луьйш, къайлавелира кIант.

 И мила вара, ткъа?!.

 ШолгIачу дийнахь, Охьа-чу, эвлаюккъе а вахана, кегийчу берашка шех тамаш байта гIерташ, ша цадинарг а цхьаьна тIедетташ, дийцинера. Кино юьйцуш санна, тIамарш а лестош-м, дера, дийцинера. Дукха хан йоццуш ша ешна «Тимур а, цуьнан тоба а» боху Гайдара язйина йолу киншка а хьехийра. Цу тIера юхахьара хиларца билгалваьлла кIант Мишка Квакин хила Iемаш вара ша бохуш, бераш инзардаха гIиртинера. Цундела, шолгIачу дийнахь, хаза нехан санна, дика бишка а кхеттера-кх. ЧIерий лоьцу бой хьарчийча санна, винера воккхахволчу вашас, дукха букъах сара биттина… Къар-м ца велира, хIетте а…

 Бакъду, бишка-м кест-кеста тхойшинна а кхетара… Цкъа Жима-БучIин хесан чу ваьллера со а, Аба а…цхьацца-шишша гижу а даьккхина, аравала дагахь. Гижуш дара хуталшна юккъехь, ведаршкахь схьалаххьол, цундела бIаьрмецигваьлла хир ву-кх тхойшиъ!.. Тхойшиннал тIаьхьа ТIуртIин жа дахана, моьттур дара, хуталш юккъехула.

 Жима-БучIина, шен бIаьрг ма-кхийтти, хиъна хиллера, арз хьош хьенан керта яха еза… Бишка кхийтира суна. Тхан беда болччу яьлла, сан шийла мохь а хезаш, дIайоьдучу Жима-БучIас, юха а хьаьдда, тхан ненера схьа ца ваьккхинехь, гIибавоккхур вара со… Хьажахьа… Башха адамаш-м ду-кхи и къена зударий!.. Хьалха ша тхан нене арз а дина, тIаккха, хьаьдда еана, кIелхьарваьккхи со. Кхетар а вац нанойх!..

 – Велха ма велха, хIумма а хир дац… кхин дIадуьйцур дац ас, – аьлла, къайлаелира иза…

 Дукха хан ялале, ВавагIеран кертахь Нуржанан гIовгIа хаза юьйлира. Вагийча санна, Абас доху шийла орца а дара схьахезаш.

 – Дики!.. Нехан хеса а ца кегош, IадIийнехь, тоьллера!.. – дагадеара суна. – Хьо-хьуо ву бехке… Со атто дина мимша ду-кх, хьуна, со хьоьца кхин ловзахь…

 Ишттачу «гIуллакхна» тIах-аьлла накъост вара Аба, жима волуш. Доьхнарг дан кархдолура тхойшиннан, амма и хьулдан хIилла ца тоьура. ХIилла ца тоьура аьлча-м, башха нийса а хир дац иза. Кино ваха шена ши шай я эппаз эшча, бIаьрган негIар ца тухуш, Аба ша айкхволура-кх тхойшинна.

 СарIелагIеран Зубайр вара оцу хIуман тIехь бегIийла накъост. Доьхнарг дича, айкх ца волура иза, ала ца воллу со… ХIан-хIа!.. Ахь мел корта лебарх, ахь мел лерехь зурма лекхарх, ишттаниг дан берта ца вогIура иза, цундела даза дуьсура доьхнарг…«Валохьа, Зубайр, воьду вайша», – шега аьлча, «ДIавала, со ца вогIу!.. Аба вигахьа, и вогIур ву, хьуна», – олура цо…

 Гуттар а зуламна арадовлий а ца хуьлура тхо. Шеран коьртехь, цкъа мукъане а, мегаш дерг а долура тхоьгара…

 Цкъа цхьана гуьйренан дийнахь ЗаIарехь ловзуш дара тхо: жима а, воккха а – дерриге а. Iаьдиз вара шайн бешахь, цхьаъ деш, волавелла лелаш. Аьтту куьйга суьлхьанаш а хьийзош (уьш цкъа а охьадохкуш а дацара цуьнан), аьрру куьйга хьаьжкIийн лоьдигаш лехьош воллура иза. ДIаиккхина вахана, керта юххе а хIоьттина, Iаьдизе вистхилира Парукъ:

 – Iаьзи, хьо хIун дан гIерташ ву?..

 – Хьаькхначу хьаьжк1ийн, хIара баххаш дIадаха гIертара со-м… ХIинца ахка йоло езаша яра беш… ХIумма дан-м ца ло соьга, Парукъ, – аьлла, вистхилира воккха стаг.

 – Iаьзи, тIаккха, оха бухъяха ца мега уьш? – хаьттира Парукъа.

 – Мегара, хьаха, дукха мага-м!.. Хьаъа яха а-м, дера, мегара.

 Парукъа дIакхайкхира тхо.

 – УьйтIахула-а дуьйла! – бохуш, Iаьдиза мохь бетташехь, керта тIехула а лилхина, беша даьржира тхо.

 Баккхийчара бухйохуш, кегийчара керта юххерачу ор чу кхоьхьуш, сихделла, хьийзира тхо. Оцу балхах воккхавийна Iаьдиз къежначохь висинера. Олуш ма-хиллара, толкхачу стага «хьамц» алале, бертал куьзга хьаькхча санна, шарйина, цIанйира оха Iаьдизан беш.

 Дукха самукъадаьлла, дегадора Iаьдизан аз. Церан Моллин бешахь (Iаьдизан ваша вара Ахьмад. Оха Молла олура цунах) цхьа дика Iаж бара тхуна массарна а бевзаш. Цу бухара лахьийна долу, хIоин буьйра санна, можа даккхий Iежаш делира тхуна Iаьдиза. Уьш цуьнан сагIа а дина, тхо тхайн гIуллакхе дIадахара…

 Бийца болийча, дукха бара хIетахь тхан куьпахь «турпалхой»: Найбарха, Мовлади, Наиб, Байтарха, ХанIела… Кхин баккхийчийн цIерш яха бегIийла ца хета суна… Ма-дарра аьлча, ца ваьхьа-кх…

 ХIинца, тап-аьлла, IадъIен деза дерриге а: гучудевли вай!!!

ХIумма дац!.. Дохковала ца оьшу: кегий долуш ма дара иза… Жима хилаза цхьа а ма вац!.. Оццу балхана елла ма ю и жималла!.. Жималлица цхьана а ден чIир ца хуьлу!..

 … И хаза зама яра, олу вай!.. Бакъ ду иза: ян а яра!.. Амма, аьрхачу, мерзачу жималлина дуьхьал шерийн стомма кирхьа узуш, гуттаренна а дIаяхана-кх и зама…

 Тахана иштта дац. Тхуна юкъара цхьаберш Iожалло дIабаьхьна. Царна Дала гечдойла!.. Биснарш дика бохку, амма къежбелла. Тхуна юкъара лоьраш а, дохнан лоьраш а, экономисташ а, механизаторш а, даьхнилелорхой а, гIишлошьярхой а, шопарш а бевли. Масех стагах инженер а хили. Iела къарвеллехьара, иштта хир дацара. Хила ма-веззара директор вара иза. Дала сийдойла цуьнан!.. Ши-кхо молла а ву тхуна юкъахь… Сох, дагахь а доцуш, хьехархо хили. Сан Абех «министр землетрясения» хили. Лулахь, сан шуца, вехаш ву иза. Сан уьйтIахула бохург санна, боьдучу новкъа денна тарахторца дIасалела иза, мохкбегош санна, чIогIа цIенош а дегош. Цхьа хIума тергалделла суна: буьйсанна къаьсттина а чIогIа дегадо цо латта. И хIун ду аьлла, шега хаьттича, олу Абас:

 – Чуйоьттинчу хIуманах дозуш ду иза: мехкадаьтта диканиг нисделча, ша тIехь салаз санна, гIара-тата йоцуш, йоьду тарахтор, бакъду, боьха мехкадаьтта доьттича, вовшахъяла гIерташ, латта дегадо кхуо…

 Бакъдерг муьлха ду-м хаац…

 Йисина хан ягарьеш, дIаIийр ду-кх!.. Дала ваьш мел дуьту…

 Даима жима а хир ву, гуттар вехар а ву аьлла-х, даций?!.

Хьомечу жималлин сурт сих-сиха дуьхьалхIиттарна, ма-хиллара яздина ас.

   Жима хилаза цхьа а ма вац!..

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика