Ешапан пенси дахар

PDFПечатьE-mail

Закриев

Закриев Iиса

 

ТIаьххьара дарс чекхдаьлча, хьехархочо, у цIандеш, класс чохь гIуллакх де аьлла, сацийра Хьовраъ. 4-чу классан староста хаьржинера йоI, дешарехь кхуьуш хиларна. «Дика ду», – аьлла, хьехархо паргIат а йитина, гIуллакх дан хIоьттира Хьовраъ. Сихха, уьн тIе тIуьна горгам а хьаькхна, кехат-хIума схьагулйина, гIанташ нисдина, лаьтта горгам а хьаькхна, малх санна класс серла а яьккхина, цIа яха кечъелира хIара. ЦIеххьана, корах цхьаъ кхеташ санна, тата делира. ДIахьаьжча, кхин хIумма а ца гира. Корах арахьаьжча, хаалуш хIумма а яцара. ТIаккха, дехьа корах кхийтира цхьаъ. Хьоза детталуш санна, тата дара иза. Дехьаяьлла, бIаьрг тоьхча, тамашийна кхокха гира корехь, цхьаннах кхерабелча санна, Iаш, алла бос а болуш, ишколан тхов тIехь дехачарех тера а боцуш. Хьовраана бевзира иза – хьуьнхара къоракхокха – киншки тIехь биллина гинера цунна хIара. Кхокхина дехьа, кора кIелхула, букар а таьIна, гихь боккха ши тIоьрмиг болуш, дIайоьдуш йоккха стага яра. Сихха класс дIа а къевлина, догIанаш техничке дIа а делла, араелира Хьовраъ. ХIара яха езачу новкъа йоьдуш яра йоккха стаг.

 

ТIаьхьа а кхиъна, йоккхачу стеган де дика дира Хьовраа.

– Схьало, баба, цхьа тIоьрмиг, ас гIо дийр ду хьуна.

– Далла йоьзийла хьо, йоI, Далла йоьзийла! Ма боккха мела баккха йоллу-кх хьо, дукхаяхарг! Хала йогIуш яра хьуна со. Некъ нисбелла… Э-э-э, баркалла хьуна, – бохуш, шегара цхьа тIоьрмиг кховдира цо йоIе.

Йоккха стаг ирча яра: коьртах хьарчийна доккха мокха чечакх йолу кортали, чух-чухула юьйхина къорза халаташ, кучамаш, царна тIехула стомма, алла хуьтан пхьуьйшашдоцург, тIергIа пазаташ тIехула юьйхина яккхий ризянкин калош, тхов тIе кхоьссина жIоммагI санна, боккха мара, аьрру бесни тIехь йоккха чинт.  Амма, хебаршкаихначу юьхь тIера бIаьргаш къегаш дара, беттасина кIела хиъначу цициган санна. Уьш гича, дегIе зуз деара Хьовраана.

– Суна хьалха гина а ма яц хьо, Баба… ХьошалгIа йогIу хир ю хьо? – саготта хилла, хьаьттира йоIа.

– ХIаъ, я-те. ЙоьIан бераш долчу йогIу-кх, царна совгIаташ дохьуш. Жимахволчуьнан пхи шо кхаьчна селхана. Цо, машен эца бохуш тилпо етташ, амал кхачийна, кху сайн доцчу денца, схьагIерташ ю-кх. Вай, сан Дела Хьо! – саца а сецна, доккха садаьккхира йоккхачу стага.

– Муьлш бу уьш, хьан гергара нах, Баба? Юрт башха йоккха а яц, массо а вовшийн вевзаш ма ву.

– Дера, церан памили-м ца хаьа суна. ЙоьIан цIе Малкан ю. Цуьнан йоI яц, виъ кIант ву – уьш-м баккхий бу, гIалахь цхьаццанхьа болх беш, ткъа ас вийцина жимахверг – Iалихан – ишколе вахаза ву, – дийцира цуо, цхьацца ког а боккхуш. – Иза хьуна вевзар вац, башха чуьра ара ца вуьйлу и. Даима тилвизар хьалха Iа, киношка хьоьжуш.  Къаьсттана «Корпорация монстров» дукхаеза цунна,– ша оьрсичо санна, цIена мультфильман цIе яьккхира йоккхачу стага. Иза тамашийна хийтира Хьовраана, кхидолу оьрсийн маттахь долу дош  хала ма олурий цо.

– Эвла йистехь ехаш ю сан йоI, – кхин дIа а дуьйцура йоккхачу стага. – Iедало керла дакъа деллера царна, цу тIехь цIа дина. ХIораннан шен-шен чоь а ю, массо хIума дина ца даьллехь а.

Луьйш-олуш, эвлах а бевлла, дакъошна юккъехь хьулбеллера хIорш. Нах хIусамаш йина ца бовлуш, кол а яьллера кхузахь, хьун санна, юькъа. Дина даьлла цIа наг-наггахь бен ца гора. Бабин а, шен а тIоьрмигаш текхош йогIу Хьавраъ кIадъеллера. Йоккхачу стеган «хIинцца дIакхочу, хIинца дIакхочу» бохучу къамеле ла а доьгIуш, йогIура иза. ЦIеххьана дитташ юккъехь керт гучуелира. Луьста кхиъначу акказин керт яра иза, кIохцалш юккъехула хьоза а далалур доцуш. Кертал чоьхьа леташ жIаьлеш а дара.

– Кхера ма кхера, Хьовраъ, уьш дIадихкина ду, – элира Бабас, бIаьлланган серах дина зIара дIа а доьллуш. ЙоIанна дага ца догIура, ша цуьнга шен цIе йийцина хилар. Йийцина хир ю-кх, ца йийцича, муха хуур дара цунна? – аьлла, ша-шен тейира йоIа. – Чоьхьаяла, хьейийр яц хьо, хIинцца дIайохуьйтур ю, хьуна лаахь. Лаахь, Iен а мегар ду, – бохуш, уьйтIа елира Баба.

УьйтIе йоккха яра, можа бай болуш. Дитташ а, гIа мажделла, лаьттара, арахь аьхке елахь а.   ЗIенашца дихкина жIаьлеш малхехь Iохкура, цхьа а IиндагI доцуш. ГIуна тIехула даккхий, баьццара мозий хьийзара, цу чохь уьшала йолуш санна. СадаIа хала дара кху кертахь. Юхахьаьжча, зIара ца гира Хьовраана – ерригге а къохцалгийн керт яра.

– Баба, со дIайоьду, нанас сагатдийр ду, – аьлла йистхилира йоI, тIоьрмиг лаьтта охьа а хIоттош. Цу мIаьрагонехь, тIоьрмигах ахкарг а хилла, ирх а дахана, хIаваэхь дайра иза. – Баба! – елха ийзош, кхераелла,  мохь белира йоIера. – Со дIаяхийтахьа!

Кира тоьхначу цIийнан дечиган лами тIехь сецира йоккха стаг. ХIинца-м башха букартаьIна яцара иза, тIах-аьлла яра, пхийттараяьлча санна. Букъ нисбеш, хьала а таьIна, элира цуо:

– Схьайоьлла суна тIе. Хьуна хаахь, ирс долуш хилла хьо. Со мила ю ас дуьйцур ду хьоьга, елха ца ийзош, ладогIал. ЙоI, елхар ца сацош, тIееара. Малхехь лаьттина йохъеллера иза. – Со Ешап ду, кхо бIе шо а ду со дуьненчохь деха. ХIинца кIадделла, кIорда а дина, пенсе даха лаам бу сан. Ткъа хьо сайн метта Ешапан дарже хаьржина ас. Шовзткъе итт шарахь ас Iамор ю хьо, цул тIаьхьа, ала дезачу ала а аьлла, хьо Ешап дIахIоттор ду. Реза юй хьо?

– Яц! Суна цIа яха лаьа. Хьо йоккха стаг ю моьттуш, хьуна гIо динера ас, ткъа ахь суна тешнабехк би. Дадас хьуна могуьйтур дац, цуо бийр бу хьан болх, – бIаьрга буй хьийзабора Хьовраа.

– Эс-сай! ЙихI-ЙихI, – аьлла, куьйгаш а ластош, ца ешаш, елаелира йоккха стага. – Хьан дадина а, нанина а вай цкъа а карор дац. ХIара меттиг, суна лиъча бен, нахана гучу а ца йолу. Кхуза тилпо ца кхета, тилвизар а ца гойту, интирнет а яц, хьокха хьала ца айбича. Бакъду, хьалаайбича, зIе дика-м хуьлу. Интирнет пхийтта мегабит хуьлу… ЛадогIахьа, Хьовраъ, ас вониг ма ца боху. Хьуна мел лиънарг хир ду хьан – ахча-бохча, могашалла, яха-ян маршо, хьайна мел луург дан, мел езнарг хила. Хьоьга ца далуш хIума хир дац. Ткъа ахь дан дезарг хIун ду? Эцца, наггахь берашна а, баккхийчарна а юккъе питана тесчхьана, хьуьнах вахнарг тилийчхьана, дарже кхаьчнарг талхийчхьана яьлла-кх хьо. Ирс дац иза?

– Дац дера иза-м ирс! Суна сайн гергара нах ган лаьа, цаьрца яха а лаьа. Ас бийр бац нахана вуон болх. Суна ишколехь деша лаьа, доттагIашца ловза а!

– Ас уггар тIаьхьаяьлла компутар а, массо канал лоцуш тилвизар а, мерза мел долу даа-мала хуьлуьйтур ду хьуна. Хьуьнхахь мел волу хьехархо валийна, Iилма Iамор ду. Дохкоер яц хьо.

                  ***

Хьовраан нана, Кемси, кетIа а яьлла: «ХIара йоI ма хьеели», –  бохуш, ойла еш лаьттара. Сахьт даьлча цIахь хуьлуш йолу йоI, кхоъ даьлча а янза яра. Жимма латта а лаьттина, меллаша ишколан агIор яхара иза. ДIакхаьчча, ишколехь цхьа а ца карийра. Цецъяьлла, Кемси Хьовраан хьехархо йолчу цIа яхара. Цул кIезга цецъяьлла яцара важа а, уггаре а дика йоI цIа янза ю аьлча. ЙоI лаха цхьаьна араелира ши зуда. Дукха хан ялале йоллу юрт яра иза лохуш. Хьовраан дас Ильяса а, нанас а, дог эккхаш даллахь а, уьйтахь гулделлачу адаме «карор яра иза-м» олура. Iедал а деанера. Хьовраъ цхьана йоккхачу стагаца эвлах йолуш гира, дакъош долче яхара  а боху, аьлла хабар а деара. Юьртарчу кегийчу наха сарале эвлайист теллира, амма лар а ца карийра.

УьйтIахь нах лаьтташ а болуш, чу а еана, охьа а лахъелла, коре хьаьжира Кемси. ДегIера гIора дIадаьллера. БIаьрахьалха Хьовраан юьхь лаьттара, селхана човхаяр Iеткъара, дагахь бала лаьттара.

Диллинчу коре кхокха хиира, алла къоракхокха. Иза бен шех кхеташ а ца хийтира Кемсина. Цуьнан бIаьра а хьоьжуш Iара иза, олхазар эккхо дагахь а йоцуш.

– Суна хаьа Хьовраъ стенгахь ю! – хезира зудчунна. Иза, тохалуш, дIасахьаьжира. Гуш стаг вацара. – Коре хьажа, – ас боху иза. Цец ма яла, дуьне ма ду хIара…

– Дела вала Хьо орцах! – хьалаиккхира Кемси. – Тиларчу йоьдуш ю-кх со.

Чу а беана, стола тIе хиира кхокха .

– Кемси, хан яц тиларчу эха а, цатешамаш кхаба! Хьовраана орца оьшу, цуьнан ойла ехьа!

– Со яла елла! Муха эр ду ас нахе, кхокханца къамел деш ю? Хьераяьлла эр ма ду суна…

– Теша мел хала делахь а, хьан йоI Ешапо лен а йина, шен хIусаме йигна. Шен метта иза хилийта лууш ю иза, шен хьал-бахам а, шен бозбуунчаллин корматалла цуьнга кховдо Iалашо ю цуьнан. Хан кIезга ю, корта хьовзийна тIеерзаяхь, яйна яьлла иза…

– Вай, сан Дела, ас хIун дан деза?! Муха йоккхур ю йоI цуьнан карара? Йоллу юрт гIаьттина, аре теллича, цхьа а Ешап а, я цуьнан ков-керт а ма ца карий. Цул сов, туьйранахь бен ма ца хуьлу ахь юьйцу йоккха стаг, – Кемси, ша хIун дича бакъахьа хир ду ца хууш, чухула дIасалелара.

– Пхийтта шо кхачанза кIант ву Хьовраъ кIелхьараяккха ницкъ болуш. Хьан кIант Акхберд ву ас вуьйцург, – элира къоракхокхано. – Ас некъ гойтур бу, накъосталла а дийр ду. Цхьаьнгге а ма дийца. Же, маса кечве Акхберд, кхана делкъе хиллалц бен хан яц. Шийтта шо дуй цуьнан?

– Ду. Ас муха вохуьйтур ву кIант хIун ду ца хуучу бодане? ЙоI яйна Iаш йолу со, кIантах а ялахь, хIун дийр?

Кхокха телевизор тIе хиира. МаьIачу яьшкех зIок тоьхна, стоьла тIехь Iуьллучу пультанна тIе хиира олхазар. Телевизор латочу цIечу тIеданна тIе зIок туьйхира. Ангалина чохь суьрташ гучудевлира. Кхоьлина чоь яра, мокха палс тIетесначу дечиган маьнги тIехь, йоьлхуш Iаш Хьовраъ яра, цунна гонах хьийзаш Iаьржа цициг а, къена зуда а йолуш. 

– Нана яла хьан…, – елха озийра Кемси.

– Хан яц! – «гIур» дира Кхокхано. – Схьавеха кIант!

–Муха кечван веза и?

– Кога яйн мачаш юхийта, дукха бедарш а ма юха, буьйса ю алий. Кара чиркх ло, тилпо а хилийта, хи туху тапча а ло. Хина метта туьханан берам кечбе, дуткъа телат а ло, муш, шатлакхаш… Чувалаве и кIант, иза а ма ву вай лелочух тешо везаш.

Акхберд уьйтIахь вара, наха дуьйцучуьнга ладугIуш. Дукха нах гулбеллера кхеран кертахь. БIарана кIелахь баккхий нах Iара, царна гонах кегий нах лаьттара. Iедал а дара кхузахь.

ЦIеххьана гира Акхбердана нанас корехь лесто куьг. Сихха чувеара иза.

– ХIун боху ахь, нана?

– Акхберд, хьо воккха кIант ву. Ас бохучуьнга ла а доьгIна, Хьовраана тIаьхьа ваха веза хьо…

– Стенгахь ю иза?! – схьаэккха боллуш санна, шорбелира кIентан бIаьргаш.

– Хьоьга и дийца гIерта со, амма цхьаьнгге а хаийта йиш йолуш дац. Сихха кечло…

Нанас дийцира кIанте,  къоракхокхано шега мел дийцинарг. Мелла а хан елира, Акхберд ца тешаш, ца кхеташ, амма, тIаьххьара а барт хилла, новкъаделира хIара шиъ, мел оьшург эцна.

Эвла йисте волуш, Леча дуьхьалкхийтира, Акхбердан хенара вара иза, цхьана классехь доьшуш а, цул сов, Хьовраан хьехархочуьнан кIант а вара.

– Акхберд, ахь хIун до, стенга хьаьдда воьду? – хаьттира цо.

– Йиш яц, Леча. Цига вайн керта дIагIо, со, хьен ца луш, юхавоьрзу хьуна.

– Йиша яйна хьийзаш вац хьо? Стенга воьду? Накъост оьший хьуна?..

– Ца оьшу, Леча! Сиха ву со, гур ду вай, – дIаволавелира Акхберд.

– Схьаваийта, кхерам даг чохь болуш вацахь, – гаьннашна юккъера аз хезира кхарна.

– И хIун яра? – аьлла, цецвелира Леча. Боданах кхералуш вац аьлла, цIе яхана вара и жима волуш дуьйна. Ткъа Акхбердна а накъост новкъа вацара. – Стенга ваийта боху цо?

– Леча, со йишина тIаьхьа воьдуш ву, иза Ешапо ядийна. Кхераме ду хьуна, дийна юхавоьрзий а ца хаьа. Цхьаьнгге хаийта а, орца деха а таро йолуш некъ а бац ас арабаьккхинарг. Цундела, ас аьлларг хьайгахь а дитий, дIагIо. Хьайна со гира а ма ала.

– ХIа-а-а, иштта цхьа ловзар хир ду хIара, – велавелира кIант, дIаоьхучу Акхбердна тIаьхьа а ца вуьсуш. –ТIаккха, хIета вогIу со хьоьца. Сан нана а яра йоьлхуш, ша бахьанехь Хьовраъ яйна бохуш. Класс цIанъян ша ца йитинехь, хIумма а хир дацара, аьлла хета цунна.

Ши кIант, къамел а деш, дакъойн кулана юкъа велира, Кхокхано некъ а гойтуш. ЦIеххьана Акхбердан белш тIе хиъна: «Собарделаш!»– элира цо.

                  ***

Ешапан уьйтIахь хьаргIийн гIовгIа елира. Буьйсана дIахевшина Iаьржа къийгаш, цхьамма кхерийча санна, маьхьарий хьекха юьйлира.

– ХIа-а-а! ИтI-яI, мила ву-те доза сан хадийнарг?! – гIам-гIим деш, пенах тоьхначу кузана тIе йолаелира Жоьра-Баба, юург йо ша бохуш пхьегIаш кегош йоллучуьра юкъах а яьлла.

Куз, керчина, хьалабахара, кIайн пен, киноэкран а хилла, серлабелира. Цу тIехь масех экран хилира. Цара гойтура кертал арахь а, чохь а дерг. КIохцалийн кертана генавоццуш лаьтташ ши кIант вара. ЙоIана галле, сихха куз охьабахийтира йоккхачу стага.

– Ма бале а баьлла-кх и Кхокха, – ша-шена меркIела «бур-бур» деш неIаре йолаелира и. – Хьовраъ, елхарх юзур яц хьо. Яло, хьуьлла кедара картол цIанъе. Со, хьецалуш, схьайогIу.

– Суна ца еза хьан хIумма а, – элира йоIа, «хIиъ-хIиъ» деш. – Ас юур яц хьан хIума, мацалла лийр елахь а.

– И-м олура аша, – аьлла, тIе неI туьйхира Ешапо.

Учахь саца а сецна, мара махе а озош, хьаж тIе куьг диллира йоккхачу стага. Малх кертал тIехьа боьрзуш бара. Муьргийн мутт Iанийча санна, цIийеллера анайист.

– ГIомалг, – аьлла, кхайкхира цо Iаьржа цициге. Важа, когахь хьакхаделла, озаделла, лекхачу дегIехь, куц хаза йоI хилла, дIахIоьттира Ешапна хьалха. – КIордийна суна хьан кепаш, карахдолу хьа-м, – човхийра йоккхачу стага шен накъост. – Дитал хьайн ловзарш! Дало, цу берашна дуьхьал а гIой, тила а бай, чIоже бига уьш.

«Ур-р-йауу», – аьлла, резадоцу хичаш а йина, юха и цициган хьесапе дирзира ГIомалг. ТIаккха, дедда-дедда, керта тIехула кхоссаделла, къайладелира. Дукха хан ялале, юха а дирзина, элира:

– Къоракхокха ма бу цаьрца, ва Баба, ахь соьга ала ма ца элира! – ша резадацар гайтира ГIомалго. – Цуьнан накъосто, Ламан Лечано, йиттина зIок, хенахIоттам хийцалуш, хIинца а хаалуш ю суна.

– ХьаргIанаш ю хьоьца йогIуш, цара гIо дийр ду. Леча генахь ду – ворхI ломал дехьа. Цуьнан йиша, речIано лаьцна аьлла, ас хабар дахьийтина, цига хьаьдда доьдуш ду и. Ма латта, сихо е!

Цициг новкъа а даьккхина, керта уллера бецаш гулъян хIоьттира Ешап. Ша баьхна нитташ, гIундалгIеш, чIимаш боги чу боьхкина, гIу чуьра хи царна тIе а доьттина, уча дIахIоттийра. ТIаккха цIийнан маьIIерачу Iуьргара моьлкъа схьабийхира:

– Гучубала, Моьлкъаз, гIуллакх ду дан дезаш!

Корта гучу а баьккхина, бистхилира моьлкъа:

– Де шелделла, суьйре ю. Шоьлаха ас болх ца бой ца хаьа хьуна? – бIаьргаш беттара цо.

– Ас и моьлкъан ши бIаьрг схьабоккхур бу хьан! – дера дистхилира Ешап. – Шу ма дукха лен девлла! Же! маса Тентак-орам схьаба.

Моьлкъаз кхин а чIогIа цецбелира, бIаьргаш кхин а баккхий хилира, баьццарчу кедара охьабожа санна:

– ЦIе хала кху белхан! ХIун дан доллу хьо цуьнах?  Кхо бIе шо ма ду и меттахбаккхаза! Цунах мотт Iоьттича, со а бу пхеа шарахь тентакбаьлла лелар…

– Ас хIицца хьо, лаьтте Iовдийтина, тентакбоккху-кх! Сацае хьайн бат! Къийго шозза «къа-акъ» алале, суна хьалха орам ца хилахь, хьайн дегIе ладугIур-кх ахь!

– Собарде, собарде, ва Ешап! Схьабохьу хIинцца, ма сиха ду хьо, ша ворхI ломан паччахь санна, – олуш, Iуьргахь къайлабелира моьлкъа. МIаьрго хьовзале, багахь орам а болуш, «хе-елхар бал баккхий вай, ме-ерза пондар лакхий ва-ай…», – бохуш, лоькхуш эшар а йолуш, гучубелира кеп хилла Моьлкъаз.

– Хьан омар кхочушдина, накъост кIохцалийн кертан инарла! ХIа-хIа-хIи-хIи, – аьлла, боьлуш куьг коьрте даьхьна, тIехьарачу когаш тIе хIоьттира хьадалча.

Катоьхна, Тентак-орам схьа а эцна: «ДIакхехьа хьайна!» – аьлла, учехьа дирзира Ешап.

– ЛадугIу, Ешапцалг! КIомалг орам ца беза хуьна? – техка а техкаш, боьлура моьлкъа.

–ПтIуоцI! хьан хотIана, – деладелира Ешап а.

Сихонца чу а еана, чIижаргIан дечигах кIурз тийсинчу пешахь цIе а латийна, яй тIехIоттийра цо. Цхьацца шабарш деш, бецаш чу туьйсура. Тентак-орам буйнара дIа ца хоьцура. Хаьара, иза дехкашна мел чIогIа беза а, охьабиллахь, цу минотана дIахьур буйла а.

– Со цIа яхийта, – юха а дийхира Хьовраа. Йоьлхучура соцуш яцара иза.

– Ва йоI, хьо елхарх тодала хIума дацара, соьга ладогIахьа. ХIинцца ас чорпа йийр ю, тIаккха хIума а кхаьллина, ас хьо новкъайоккхур ю. Чувеана хьаша юучух ца кхоьтуьйтуш, вахийта аьтту ма бац. Ас бегаш бинера, со хьо йийсаре лаьцна Iаш а яц, жимма сатохахьа.

Хьовраъ сецира, амма бабин къамелах ца тешара, теша лаахь а. Ткъа Ешап шен пхьор кечдеш доллура.

Дечиган маьнги бухахь шур-шур хезна, дIахьаьжча, йоIана жима дахка хаабелира. ХIара дехкех кхоьруш-м яра, делахь а иза, пIелг а луьйцуш, боьлуш санна хетта, цец-акъ а яьлла, хьоьжуш Iара цуьнга. Дахка, маьнгин кога тIехула хьала а баьлла, Хьовраана улле хилира, шех кхерало я ца кхерало а хьожуш. Юха куьг ластийра, шена тIехила бохуш санна. ЙоI, кIадъелча санна, пенах букъ а товжош, дIатаьIира. ГIайби тIехула хьала а баьлла, кхуьнан лерехь бистхилира дахка:

– Ешапо еш йолу чорпа ма яалахь, тентак а яьлла, айхьа хIун леладо ца хууш, Iийр ю хьо пхеа шарахь. ТIаккха, юха а малор ю хьуна, иштта 50 шо дер ду, цу хенахь хьо къан а лур ю. Вайн Ешап а ю кхо бIе ахбIе шо хьалха кхечу Ешапо ялийна. Ас хIинцца цхьа буц йохьур ю хьуна, ахь иза чорпа малале яа, тIаккха цо хIумма дийр дац хьуна. Амма хьо тентакьяьлла моттийта, цул тIаьхьа цхьаъ дан хьовсур вай.

– Ахь хIунда до суна гIо? – хаьттира Хьовраа.

– ТIаьхьа кIархаш кхуьссуш, кху чохь даха ца дуьту тхо Ешапо. Мача тоьхна, сан деваша а вийна цуо.

– Цициг ма ду кху чохь…

– Ахь хIумма а элирий? – аьлла, йоIехьа дирзира Ешап.

– Цициг ма ду кху чохь, бохура аса-м, – хьанна делахь а, аьшпаш биттар дезаш яцара Хьовраъ. Нанас иштта Iамийнера, дадас боху олуш.

Дахка йоьIан коьрта тIехьа гуш бацара.

– И Iаьржа цициг, ГIомалг, башха цициг аьлла болх бац.Тамашийна экха ду иза, цу тIе, уьнтIепхьидан жижиг бен дууш дац. Дика ду… Собарделахь, буц схьайохьу ас.

Бакъийначу оччам чам  болуш яра буц. Дукха цахиларна йиира иза Хьовраа, Ешап дIа мосазза дирзи, Iовша а Iовшуш.

                  ***

Кхокхане хьаьжжинчохь сецира ши кIант. Геннара йохьуш цхьа гIовгIа яра. Накхармозийн доккха вай декаш санна хетара. Улле кхочуш яра и гIовгIа.

 – Беркема-м дац-те иза? – лерг оззийна, ладуьйгIира Лечас. – Дитташ юккъехь-м хеза и. Беркема муха догIур ду, генаш а хедош?

– Акхберд, сихха схьаэца тIоьрмиг чуьра телат, тIетаса вайна, – элира Кхокхано, кIентан белш тIе а хууш.

Акхберда сихха, четар санна, даржийра шайна тIехула телат. Дукха хан ялале, цIоз санна яккхийчу чуьркаша, гуобира кхарна. ТIеетталуш, телатах цIом чекхъяккха гIертара уьш, кхеран цIий мала.

– Сел яккхий хIорш мичара евлла? – ши бIаьрг горгбина Iара Леча. – И ма доккха хIума ду, дийцича, стаг тешар воцуш.

– ГIомалго яхкийтина и чуьркаш, – жоп делира Кхокхано. – Ахсахьт бен хан ца хуьлу церан, иштта яккхий йича, амма вайн цIий дIаэца царна оццул хан ца оьшу. Вайн телат дукха лаьттар дац, цхьаццанхьа Iуьргаш дохуш ду…

– Сан телефон тIехь чуьркаш къахкош цхьа хIума ю – ультро-аз. Кхарна хIун дер-м ца хаьа, делахь а хьажар зене дац, – кисанара телефон хьалаяьккхира Акхберда. Цхьацца тIеданаш а таIийна, ладогIа хIоьттира. Халла хаалуш, «цIур-цIур» дора цо. Чуьркаш, ягийча санна, евдира кхарна уллера. Амма, минот ялале, юха а тIегIерта юьйлира.

– Телатана бухара араяккха еза телефон, цо аз дика ара ца долуьйтуш хила мега, –  дагадеара Лечина.

Телатан маьIиг хьалаайина, телофон арайиллира Акхберда, цхьа чуьрк и къовзо а кхуьуш. ТIаккха хьераевлира чуьркаш. Вовшах, диттех етталуш, лелхара уьш, кийрахь тоьпан молха долуш санна.

Телат дIа а тесна, паргIат садаьккхира кхара.

       – ЭхI, ма дика ду, уьш вайн кочара евлла! – воккхавера Леча. – Акхберда, телефон тIе-м ца ехира ахь уьш?

– Кхузара хIумма а телефон тIе а, камер тIе а ца яккхало, – хаийтира Кхокхано. – ХIара-м хIумма а дац, кхин а яккхий халонаш ю вайна тIе хIуьттур йолуш. ХIинца, катоьххана, Iома йисте даха деза. Кертан догIа цигахь карор ду вайна. Акхберд, хIара патар чуьрко къовзийначу метте дилла.

Патаро сихха хьаийра, лоппаг санна, дистина кIентан куьг.

ХIара Iам шина кIантана цкъа а гина бацара, жима волуш дуьйна кхузахь ловзуш леллехь а. Гобаьккхина тайп-тайпана коьллаш яра, пхьидаш екара эрза юккъехь. Хина тIехула лацабелла Iеха кхоларшкахь Iаьржа хетара. Iома йистехь уьнтIепхьидан бен гайтира Кхокхано. ГIамарна юккъехь бара иза, котаман бенал боккха а боцуш.

– ГIамарна кIелахь ду уьнтIепхьидан хIоаш. Сихонца кху бенна гонахьа серех, коьллех керт е, и  цо муха йосту гур ду шуна.

Керт а йина, генавоццуш охьахиъна, тергоян вуьйлира ши кIант. Кхокха Акхбердан белш тIехь Iара. Дукха хан ялале текхна-а схьаера хIоьийн нана. Керт а гина, ойлаеш санна, латта а лаьттина, дIаяхара иза. Ши кIант Кхокхане хьаьжира: «Вай хIун леладо?» – боху хаттар бIаьргаш чохь а долуш.

– Сатоха, хIинцца юхайогIур ю уьнтIепхьид, – элира олхазаро.

Важа ян а еара, багахь бецан хелиг а долуш. Хелиг кертана тIе Iоьттича, хила а ца хилча санна, къайладевлира серий а, коьллаш а. Буц охьа а кхоьссина, бенах хIун хилла хьоьжуш йоллура нана.

– Схьаэца и бецан хелиг! – Акхбердан лерехь элира Кхокхано.

КIант кхийтира, и хIунда оьшу. ХIара тIеволавелча, корта а, когаш а шен гIагIана чуоьзна, къайлаелира уьнтIепхьид, ткъа Акхберд, буц схьа а эцна, юхавирзира.

– ХIинца Ешапан керта а гIур ду-кх вай. ЛадугIуш хила деза, цхьацца гуранаш  хир ду вайна кечдина.

ХIорш пхонан хьунна юкъа буьйлира. Дитташа латточу IиндагIо бода букъийнера. Алссам охьаэгначу гIашна тIе байн ког боккхуш, вогIура ши кIант. Хьалхахьа а болуш, тIаьхьа а буьсуш, ха деш, Кхокха а бара.

– Дукха тийна ду. Сагалмат меттаххьовш а ца хаало суна, – элира олхазаро.

– И-м суна а ца хаало, – велавелира Леча. Къоракхокха резабоцуш, хьаьжира цуьнга.

Мох цIеххьана хьаькхира, дитташ тIера гIа а эгош. Хьуьна юккъехь иштта мох хьакхар тамашийна дара. ШайтIан-мох хьаьвзира, шен кIуркIамане гIаш хьовзош. Хан мел ели а чIагIлуш бара и. Цул тIаьхьа кхин а, кхин а шайтIан-мехаша хьун яьккхира. Акхбердан белш тIехь Iачу Кхокхано ша чета а боллий, лачкъабе элира:

– Со махо дIахьур бу, диттана букъ а тохий дIохIотта ший а, сихха муьшца дIавехкало диттах.

Кху шимма, ойла ца еш, дира цо бохург. Кхин а марсадевллачу мехаша гIаш айдина, син тIадам ца гора, лаьттахь мел Iуьллу патар хIаваэ даьллера.

– Ешапан болх бу хIара, кхера ма лолаш, – бистхилира Кхокха. – ГIомалгин цIийзар хеза суна, вайна аьрру агIорчу диттан га тIехь Iаш ду иза. Акхберд, туьхан берам схьаэца тIоьрмиг чуьра, хи туху тапча цуьнца юла, цо ГIомалг улле доуьйтур дац. Ткъа Лечига шатлакхаш дIало, хIинца шайтIан-махехь хьийзачу гIах бIобанаш хилла, вай схьалаца гIуртур ю уьш. Амма татанах а, цIарах а кхоьру уьш.

Олхазаро ма-бохху, кхоккха метр лекха а йолуш, инзаре ирча хIумнаш хилира доьжначу патарех. Ши ког а, ши куьг а долуш, пIелгийн метта генаш а долуш,  ирча корта а болуш яра уьш. Дегаза «ша-ш-аш» деш, тIегIертара бIобанаш, кхеравелча а бехк буьллийла доцуш, хьал хIоьттира.

Лечас шатлакх латийра. ЦIерш етташ гича, мелла а болар лахдира патарийн бIобанаша, амма ца совцура.

– ДIакхосса, Леча, карахь эккхар ю хьуна, – мохь туьйхира Акхберда. Вукхо сихха дIакхоьссина шатлакх, уллерчу бIобина когаш кIела юьйжира. Саца а сецна, цуьнга хьоьжуш лаьттара иза, шен накъостийн боларо йохийна. Ши кIант а вара, Iадийча санна, бIаьрг биллина хьоьжуш, хIун хуьлу хаа лууш. Шатлакх иккхира, хьун екош. Иштта тата дер ду, кхарна а ца моьттура. БIоба, мохь хьокхуш, кхоссаелира, тIаккха хIаваэхь хIор а патар, ша-ша даьлла, лаьтта дуьйжира, вуьш, и сурт гина, кхин а сиха тIе юьйлаелира шина кIантана.

– Леча, катоххий дIакхиссалахь вуьш а! – мохь беттара Акхберда.

– Со суо-м вац кIадоян дагахь, – бохуш, сиха летайора вукхо шатлакхаш. – Со лара ца во, ахь а гIо де, Акхберд!

– Лараве! – элира Кхокхано. – Акхберд, ахь дитт ларде! Цуьнан бохь. Хьалахьожуш хила, ГIомалг лакхара чудуссур ду. И хьайна гахь, туьхан берам тоха цунна.

БIобанаша шатлакхийн гIовгIа ца ловра. Суй кхетча, ирхкхоссалора, тIаккха, яьржий, йовра. Амма, кхача ца луш, тIеоьхура.

«ГIур-р», – элира Кхокхано. Акхберд кхийтира: хьалахьажча, метр бен ца йиснера ГIогмалг тIекхача. Диттан хена тIехула текхана охьадогIуш дара, буьйса санна, Iаьржа цициг. КIанта, шен герз хьаладерзийна туьхан берам туьйхира цуьнан бетах. «Юь-я-у-у!», – аьлла, мохь белира ГIоьмалге. Чо а, чкъор а мерцира цуьнан, цIийелла эчиг Iоьттича санна. Мерцина хьожа а елира. Iодара даьлча санна, ирхдедира иза. Берамах масех тIадам Акхбердан юьхь тIе а буьйжира, амма, дуьра хилар бен, кхин хIумма а дацара цуьнца.

Ткъа Леча шен тIом дIахьош вара. ТIаьххьара шатлакх чекх а яьлла, тIаьххьара бIоба тIекхечира цунна, амма, Акхберда гIо а деш, лаьттара хьалаайбира цу шимма ча-кеп санна яйн йолу иза. Лаьттаца йолу соз хаьдча, ницкъ дIа а баьлла, бIоба йоьхна, гIаш охьаийгира. ТIаккха доккха садаьккхира кхара. Муш дIа а баьстина, паргIатбевлира. Хааделира шаьш кIадделла хилар, мацалло кийра бекош, мохь бетташ.

– Жимма садоIур ду вай, амма набъян хан яц. Ешапан хIусам генахь яцахь а, кIелонаша хан  йойур ю.

– Са-м доIур дара, кхалла хIума елахьара. Шекар-м дара соьгахь, – вистхилира Леча. – Нанас шекар эца туькана вахийтинчуьра вогIуш ма варий со.

– Юург хир ю, – аьлла, Кхокхано, «гIур-р» олуш, шен хьуьнан накъосташка кхайкхира.

Схьаеана ши тарсал, Кхокханца шабарш а дина, къайлаелира. Лаьтта хиъна, зингатий а гулдина, царна а омра дира. Къоркхокхий а даьхкира. Уьш а ижу лаха хьовсийра. Дукха хан ялале бочабIараш а, бIаьлланган бIараш а  деара тарсалша. Зингаташа хьуьнан цIазамаш а, мангал-комарш а еара, кхокханаша – акха кхораш, Iежаш. Шина кIанта, резахилла, биира и кхача. Iин чохь болчу IаьIан  дегI хадийна, чуьра хи а мелира.

                  ***

Ешап кест-кеста куза тIехьа хьожура. ТIаккха: «Кхисс-с-хIай! ХIумма а дац, шайна луург-ам хир ма дац шуна!», – олура. Хьуьнхахь боьду тIом гора цунна.  ГIомалг эшар а гира. Юха шен «чорпи» тIе йоьрзура. Цуьнан тидам а беш, маьнги тIехь Iара Хьовраъ.

– Воккхачо бохург  дан деза. Ишколехь а, цIахь а ца Iамийна хьуна? – олуш, йоIана хьалха кеда чохь балгаш ехкира Ешапо.

Йист ца хуьлуш, уьш цIанъян йолаелира Хьовраъ. Амма урс тамашийна хийтира кхунна. Чохь са долуш санна дара и, чIогIа ира а долуш.

– Хьан цIий тIадам безаш ю Ешап, – лерехь дехкан аз хезира. – Ларло уьрсах, тешнабехк беш ду хьуна иза.

– Суна хаьа, кхунна хIун дан деза, –  олуш, маьнгин аннийн херонна юккъе а доьллина, саттийра иза йоIа. «Iа-а-ай!», – олуш, мохь белира уьрсан. Ешап схьадирзира.

– ХIара урс мохь хьоькхуш ма ду хьан. ЛартIехь урс лохьа соьга, хIорш цIанъяйта лууш хьо елахь! – аьлла, тахана дуьххьара елаелира Хьовраъ, ша дуьххьара баьккхинчу толамна. ШоллагIа толам а бара дагахь – Жоьра-Бабин чорпа кхунна хIума дан ницкъ болуш цахилар.

– ГIо  дан гIерташ-м яцара хьо, йолаелчахьана, – бохуш, гIам-гIим деш, урс а, кад а схьэцна, дехьаделира Ешап.

Кестта чорпа кхихкира. Чам тобеш хIума тоьхна чорпа, бошхепаш чу а йоьттина, хадийна кIайн бепиг  охьа а диллина, стол кечйира Ешапо.

– Схьайола, Хьовраъ, хIума кхалла вайшимма, кампет-хIума а ю, Iаж-кхор а бу. Ахь аьлларг, тилпо а тоьхна, схьа а йоуьйтур ю. Барзо лу доттур ду. Амма чорпа дика хуьлу лунан жижиган. Цхьогало, хьуна езахь, акха котам а мерцхалдигаш а дохьур ду, эльхьаьмцаш дохур ду кондарийн баххьаш тIера. Схьаала хьайна езарг. Пицца езий хьуна?

– Бен а яц суна-м кхалла хIума. Нанас юург хержа Iамийна яц со.

Кхин йист ца хуьлуш охьахиъна, хIума кхаьллира Хьовраа. Ткъа Жоьра-Баба кIелдIахула хьоьжура йоIе, цуо чорпа моссазза молу ела а къежаш.

НеI туьйхира. Араелира йоккха стаг. Арахь, мерцана хьожа а йогIуш лаьтташ, ГIомалг дара. Кога тIе а, тIаккха бетах а мотт хьоькхура цициго.

– Суна кIордийна и ши кIант а, хIара йоI а! – дера элира цо. – Уьш хIаллакбан пурба ло суна, кхерабелла юхабовла туьгуш бац уьш.

– Собарде, ГIомалг! Хьовраа чорпа йиъна, хIинца иза дIаюьжур ю, хьалагIаьттича, хIумма а дагадогIуш хир яц. ТIаккха паргIатдер ду хьо. Ас хIинца Iаьржа-Хожига схьавола олу, цуьнан эрчонех хьалхабовла ницкъ тоьур бац цу берийн а, церан накъостан Къоракхокхин а. Iаьржа Талун кхеташоно пIелг ма Iотта аьлла Къоракхокхех. Серлонан БIаьхошца бина барт бу шайн боху. Вайшимма лелочунна башха реза а бац уьш, делахь а мелла малбелла, со мацца а цкъа пенсе яха езий хаарна. Дало, «Боккха Чхар» уллехь собарде, цига вогIур ву хьуна Iаьржа-Хожа.  Ларор ду шу, йиснарг йоккха хан а яц.

– Хьан чорпа а мела, йоI иэсах юхуш хилча, вай стенна ларло цу берех? Iаддабита ца мега уьш, хIаллакбан йиш ца хилча?

– Ца мега! Ма де Iовдал хаттарш! Кхана шийтта далале йоIанна уьш гахь, доллу хIума дагадогIур ду, мел лелийнарг эрна хир ду.

Ешап чудеара, «цIа-акъ» аьлла, неI йоьллуш. Хьовраъ хIума йиъна яьлла, маьнги тIехь Iара, юьхь тIехь цхьа а сингаттам боцуш.

– Дика йоI ю, бабин йоI ю, – делакъежира Ешап. – Наб йогIий хьуна? Ас мотт буьллур бу, зезагийн хьожа йогIу кIайн мотт.

– Дера дика-м хир ду, наб тIегIоьрти-кх суна, –дуьхьал куьг лоцуш, бага гIаттийра Хьовраа.

Дехьа чохь биллира Ешапо мотт. Боккхачу маьнги тIехь кIеда гоь а, назбарш а, стомма юргIа а Iуьллура.

ЙоI дIайижира, «буьйса декъала йогIийла!» – аьлла, араделира Ешап.

Жимма хан яьлча, хIусамехь массо а гIовгIа дIатийча – Ешапан боларан гIовгIа йоцург – дахка беара Хьовраан гIовле.

– Буьйса юккъе яхча, Ешапо уьйтIа а йолий, гIу чуьра хи оьцу. Циггахь хи цIера тIехь кхехка а дой, чу къийган месаш тосий, цу чу когаш бохкий, сохьтехь Iа. Могашалла чIагIйо иштта.  Цу хенахь, набкхетий, хIумма а ца хезаш хуьлу Ешап, массо къиг маьхьарца гIаьттича а ца хаало цунна. Цу хенахь араялахь, Ешапна карараяла аьтто хир бу хьан. Сан воккхахволчу вешина хезнера, кертал арахь атйокхаша дуьйцуш: хьуна тIаьхьавогIуш хьан ваша Акхберд, цуьнца накъост а ву, хьан хьехархочуьн кIант Леча.

– Хьо соьца дIабогIур буй? Ас дика лелор бу хьо…

– ЦIур-цIур-цIур, – гIадбахана, белабелира дахка. – Со туьйранера дахка ма бу, сан мас шо ду хаьий хьуна? ШоллагIа бIе шо доладелла-кх. Сан цIа кхузахь ду.

– Кхуза мел йогIу йоI кIелхьарайоккхуш Iийна бер буй хьо? Ешап мацца а цкъа дIадала дезаш дац?

– Шек ма яла, дуккха а мехкарий бу хьуна кхуза кхача лууш а, кху меттигна хьакъболуш а. Оьшург гучуяьлча, суна хуур ду.

                  ***

БIов санна ондачу, Боккха Чхарана, буьххье а даьлла, Iаьржа-Хожа боданехь гучуваларе хьоьжуш Iара ГIомалг. Шен букъ тIехьа мела хьоькхучу махе ладоьгIура цо. Евзачу хьуьнан хьожанал сов, ши кIант а хаалора, цаьргара маьIа хIумнаш а, шишан чохь бисина туьхан берам а, когара мачийн неI а, ризянкин айраш а. Къоркхокхин хьожа яцара хаалуш. Цунна хаара и, ца хаайолуьйтуш, лачкъо. Буьйса юккъе яхале хийцалур болуш бара мох, юьхь-дуьхьал богIур бара иза, тIаккха гур ву Iаьржа-Хожа, цуьнан «IатIар-м» хьеннан мераIуьргаш зийзор йолуш дара. Буьйса Iаьржа яра, бIаьрга Iоьттича пIелг а гур боцуш. Дитташ, кхераделча санна, дегадора, наггахь дужучу гIанна сингаттаме тIаьхьа а хьоьжуш. Мох сецира, хIаваъ лаьтта доьжча санна. Юха лаьттара масех гIа хьалаойуш, ГIомалгана дуьхьал хьакхира. ТIулга тIехьара меллаша хьалабелира Iаьржа-Хожин  боккха кIунзал-корта. Боккха Чхар санна, лекха вара иза. Шен хийра йолу мокха цергаш можа юккъера гучуйохуш, велакъежира и, ша Iадийначу цицигах самукъадолуш. Ча санна ваьлла, кIомалган кIадех тегна коч юьйхина, когахь тIаьрсиган кIархаш болуш вара Iаьржа-Хожа.

– Цкъа а ца дулу-кх со хьан хIуьмалгех, Iаьржа-Хожа, –тIулга тIера охьа ца дожа юьстах тасаделира ГIомалг. – ЛартIехь ван мегаш вац-те хьо?

– Дуккха хан яра со, сагатлуш, хьехахь веха, жимма бегаш бан лиънера. Хазачу йоьIан кеп эцахьа, – воьлура важа.

– ГIуллакх чекхдаккха ахь, тIаккха дуьйцур вай захало. Ца го хьуна сан юьхь тIехь цара динарг.

– Вай марах-м доккхур ду хьуна царна и.

– Марах-м соьга а даккхалур дара, Ешапо пурба деллехь. Iадо беза уьш. Толкхабаха а мегар ду, хьуьна юккъе ца боггIучу хьоле. Ишттачу гIуллакхийн пхьар вац хьо?

– Цхьа а проблема яц. Ю-туб чуьра тIаьххьара ролик гиний хьуна?

– Муьлха? – цецделира ГIомалг.

– Хьуьна юккъехь мотоцикл хаьхкина вогIу стаг Iункар эккхаш ерг. Мотоцикл цхьана диттах кхеташ, тIехь Iаш верг вукху диттах кхетта, коьллаш юккъе а воьдуш. Мел хаза ю хаьий хьуна?! – гIадвахнера Iаьржа-Хожа.

– Ма алалахь, айхьа цуьнан чкъурга юккъе хьокха боьллира?

– ХIаъ, со вара и. Хьа-хьа-хьа-а…

– Хаза-м ду. Лакхахь дIахаахь, гIуда тухур ду хьуна. Дика ду, кхана хьожур ду со. Цкъа кхаьрца дерг къастаде вай.

                  ***

Экхан тачанахула вогIура ши кIант. Кхокхано некъ гойтура, вуьшта-м фонарик а яра кхаьргахь.

Тийналла ятIош мохь хезира, микрофона чухула воьлхуш а, воьлуш а цхьаъ волуш санна. Ши кIант охьалахвелира, гIовгIано когаш лахийна.

–Iаьржа-Хожа схьакхаьчна. Вайна дуьхьалвогIуш ву иза, ГIомалг а ду цуьнца. Некъ хийца беза. Леча схьакхаччалц хан еза вайна, – элира Кхокхано.

– Со схьакхаьчна. Кхачаза велахьара, хIумма а дацара, – вистхилира Леча, велааьшна дан а гIуртуш.

– Хьо ца вуьйцу ас, Леча. Олхазар, Ламанан Леча, ду иза, вайн накъост, Iаьржа-Хожица ларор долу. Боккхачу Чхаран тIе доьлхуш дара вай, ткъа хIинца аьтту лоцуш, гу буьххье а девлла, майдане дисса деза. Хьуьна юккъехь Лечина Iаьржа-Хожица лата хала хир ду, цундела шерачу ара бохур бу вай уьш.

– Iалелай, ма доккха хIума ду хIара! – цецвуьйлура Леча. – Тхан лулара Лечий, Хожий а ма летира стохка вовшех. Бакъду, и шиъ-м мелла вара. Дажаллий, олхазаррий леташ кино чохь бен ца гина суна.

– И дов-м цхьанне а магерга хир ду хьуна, – сингаттаме бара Кхокха.

– Цунна муха хиъна, вайна орца оьший? – шекваьлла, хаьттира Акхберда, хьуьхьавоьлла, са а доьIуш.

–Ешапо аьшпаш боьттина, ворхI ломана дехьа дахийтинера иза, амма сан дехарца, ТIам-шера чIегIардиг тIаьхьа а кхиъна, юхадерзийна.

Гу тIе довла хало дара, охьаэгначу гIаш тIехь когаш шершарна. Са а кхачийнера, делахь а Iаьржа-Хожа ган ца лааро ницкъ лора берашна.

                  ***

Ешапан пенах кхозучу сахьто I2-за «къа-а-къ» олуш, хан кхайкхийча, меттара а гIаьттина, неIаре йолаелира Хьовраъ. ХIара иштта атта хир доций йоIана шена а хаьара. КхозлагIа ког баьккхича, кога кIелахь «тIох» элира. Хьовраъ сецира. Иштта тата мино доккху, шена тIера ког хьалаайбича, эккха бохуш, дийцинера берашна школехь. ЦIа чохь мина хуьлийла дацара. Ешапна, мел ирча елахь, шен хIусам хьоме хир юйла хаьара цунна. Кхера а ца кхоьруш, кхин а цхьа гIулч яьккхира йоIа. ЦIеххьана, мохь тухуш, ша пожарни машен йогIуш санна, стогарш летира. Тхов кIелара чиллан бой Хьовраана тIе юьйжира. Маьхьарца цу юккъе яхана йоллу йоI юха а дехко кIелхьараяьккхира. «Со хьоьга ала биц ма белира», – бохуш, сихха цистира цо чиллан бой.

– НеIаре ма гIо, цигахь а ю Ешапо кечйина кIело. Корехула араяла. Кора кIелахь лаьтташ хин ведар ду хьуна. Iана ма делахь. Сонехь лаьтта Ешапан четар схьаэца, хьо къийгех ларйийр ю цо. Ешапна чIогIа хьоме ду и четар, цунна тIехь зил бан а яьхьар яц цхьа къиг. Гали чуьра масех балг хьайн тIоьрмиг чу йилла.

– Дика ду. Балгех хIун до? – кор диллира Хьовраа.

– ТIаьхьа хуур ду хьуна.

Мела мох юьхь-дуьхьал хьаькхира буьйсано. Меллаша, тата ца даккха гIерташ, араелира йоI. Лаьтта дIахIоьттира. Цу минотехь кертахь мел йолу къиг маьхьарца гIаьттира, жIаьлеш лета дуьйлира. Ешап наб еш дара, когаш боги чу а бехкина. Сихха, четар шена тIехула а лаьцна, кертехьа едира Хьовраъ. Шена тIаьхьа богIу дахка, катоьхна, схьа а эцна, кисана биллира цо. Керта улле кхаьчча, четар тIехула а лаьцна, охьалахъелира Хьовраъ. Къийгаш стигалахь хьийзара, буьйса самаяккха гIерташ санна.

– ХIинца хIун до вай? – хаьттира Хьовраа дехке.

– Хьан букъ тIехьа лергъяхаран бен бу. Лаьттах даьккхина шуьйра Iуьрг гой хьуна, аннийн горга неI йолуш? Меллаша пIелг тоха цунах. ЧIогIа тохахь, реза хир яц лергъяхар.

Яраш дIасатеттина, неI гучуяьккхира йоIа. Жимма ойла а йина, неIарх пIелг туьйхира.

– Мила ву цигахь? – аьлла, резадоцу аз схьахезира чуьра.

– Тхо ду. Схьаелла неI! – аьлла, бистхилира дахка.

– Буьйса юккъе яхча, кертахь мел йолу къиг гIаттийна, цхьаъ леладо хир ду-кх ахь, – бохуш, «бур-бур» деш, масех догIа даьккхира лергъяхаро.

ТIехь копастан суьрташ а долуш, мокха бос болу  пижама яра пхьагална тIехь. ЦIен бIаьргаш лепара карарчу чиркхан серлонехь.

– Лаа лелий шу? – хаьттира цо, «марша догIийла» меттана, чиркх коьртал лакха а боккхуш.

– ХIара йоI кертал дехьаяла езаш ю-кх.

– Суна Ешапца дов оьшуш дац, кхин некъ лаха шайна.

– Кхоьру хьо цунах?

Пхьагалан балда тохаделира. ТIаккха, соцунгIа а йина, элира цо:

– Кху кертахь Ешапан йоллу бакъо сан а ю. Сан гIуллакх дац цунах кхера. Цхьогалш, чагIалкхаш кху кертахь ян а яц.

– Оха мах лур бу.

– Мах? ХIун ю шуьгахь?

– Нисъелла балгаш ю-кх.

– Йиъ!

– Шиъ лур ю…

– Дика ду, схьало кхоъ.

– Мегар ду.

Хьовраа шегара кхо балг дIаелира. Дехьаяла еза Iуьрг готта дара, йоI ялалур яцара цу чухула.

– Са ма гатде. ГIарипийн (волшебники) кертахь ма ю хьо, неI пхьагало хIинцца шорйийр ю.

Буйнахь перфаратор а йолуш гучуелира лергъяхар. Цецъяьлла,  бага а гIаттийна, цуьнга хьоьжуш лаьттара Хьовраъ. «ХIара-м сахиллалц болх бан йоллучух тера ду», – ойла хьаьдира цуьнан коьрте.

– Хьа-хьа-хьа! – елаелира пхьагал. – Хазахета сунна, адам цецдоккхуш. БIаьргаш сайчул а баккхий хуьлу церан.

Перфаратор охьайиллина, шен тIодаш лестош, неI а, чоь а шорйира цо.

– Чоьхьаяла. ДIо неIарах араяьлча, кертал дехьа хир ю хьо, – аьлла, пIелг хьажийра лергъяхаро.

Хьовраъ дехке хьаьжира. Кхуьнга  гIийла схьахьоьжура доттагI.

– Дависа, соьца дIабан аьтто белара хьан!

– ХIумма а дац, Хьовраъ. Хьо дика йоI ю. Дика адам а хир ду хьох. Ган доьгIнехь, гур ду вай. Кертал дехьа ву хьуна хьан ваша а, Леча а. ГIомалгах ларло. Iаьржа-Хожа а, Ламан Леча а леташ гур ду хьуна. Цу юкъана Акхберд каро веза ахь. Кху панаро гIо дийр ду хьуна, – аьлла, жима фонарик кховдийра дехко йоIе. – Iаьржа-Хожа толахь юхайола пхьагалан неIаре, ГIомалган карайоьдучул а гIоле хир ду хьуна иза. Марша гIойла!

Кертал дехьаяьлча, бодане кхечира Хьовраъ. БIаьргаш мелла а буьйсанан боданах боьлча, аре а, цул дехьара хьун а хаалора. Кхуьнан дегI эгадора, гобаьккхина бIобанаш ю моьттуш..

                  ***

Гу тIера чу а воьссина, хьуьна йистехь сецира ши кIант.

– Стенгахь ду Ламан Леча? – аьлла, хаьттина, Кхокхане вирзира Акхберд.

– Схьакхочуш ду, шен хенахь даьхки вай кхуза а. Бутт стиглахь латабе ала деза, – стигала а бирзина, шен къора илли элира олхазаро.

Илли чекхдалале стиглахь бутт гучубелира, аре а къагош. Майданна юккъехь, йоккха варзап белш тIе а йиллина, лаьтташ Iаьржа-Хожа вара, цавашаран велар юьхь тIехь а долуш. Леча схьакхачаре хьоьжура иза. Ткъа важа-м хьен ца делира. Дарц даьлча санна, мох тухура цуьнан кхо метр шуьйрачу тIемаша, Iаьржа-Хожа а когаш тIера галвоккхуш. Ши гIат йолу цIа санна лекха дара, лаьтта доьссина Леча. Майраллах дуьзна дара бIаьргаш, терс-маймал тур санна ира яра зIок. Бакъ дацара, и гича, Iаьржа-Хожин дог тоха ца делла бохург.

– Iаьржа-Хожа! – кхайкхинчу Лечин озо дитташ ластийра. – Хьан дIаваха аьтто бу, могашалла совъяьлла вацахь.

– ТIаьххьарлерачу шина бIе шарахь дегI лацаделла сан, меттахдаккха мостагI воцуш. Деттина олхазар даанза а дикка хан ю, хьо санна доккханиг, – аьлла, бIе шо долу поп санна онда варзап сара санна, лестайора Iаьржа-Хожас.

– ХIинццалц Iаьржа-Хожа вара хьо, кхин дIа Цхьа бIаьрг болу Хожа хир ву хьох! – олуш, тIехьаьддачу Лечано коьртах тIемаш тоьхна, лергаш къардина, тентакваьккхира Iаьржа-Хожа. БIарзвелла, хьераваьлча санна, варзап лестош вара Iаьржа-Хожа, цIийзадеш, хIаваъ а хедош. Юха тIехьаьдда Лечано тIаьхьашха белш тIера лаьцна, лаьттара айвина, хьовзавина, лаьттах туьйхира шен мостагI. Лам иккхича санна, мохь белира Iаьржа-Хожин кийрара:

– Бакъдац хьуна моьттург! Аьттехьа а дац!

Сихха когаш тIе а хIоьттина, варзап а лаьцна, дуьхьалвелира иза олхазарна.  Цунна орцах дедда ГIоьмалгах шен бIаргкхетча, Лечина накъосталла дан хьаьдира Акхберд, цунна тIаьхьа Леча а.

– Ма гIо ши кIант! – бохуш, мохь беттара Кхокхано.

Ламан Леча лахделла, Хожина тIелата кечделлачохь, тебна, тешнабехкаца кхоссаделла олхазаран тIомах тасаделира, цIеххьана, лом санна, доккха хилла цициг. Цу мIаьргонехь, ластийна вукха тIомах варзап тоьхна, дожийра Iаьржа Хожас Леча. Дог гIелделла лаьттах кхеттачу Кхокханах исбаьхьа хаза йоI хилира. ТIекхаьчна вогIучу Акхберда шен тапчи чуьра туьха-берам беттара ГIоьмалган бетах, селханлера чевнаш Iийжош. Ткъа Лечас ша дечиках йина гоьмукъ Iаьржа-Хожина варех Iоьттира. Цецваьлла, юхахьаьжира важа. Ткъа цицигга-м маьхьарца, сардамаш а доьхуш, дедира.

– ХIара хIун зингат ду со къийзош дерг?– элира Iаьржа-Хожас.

Баккхий бIаьргаш лепош, хьалахьоьжуш лаьттара кIант, гоьмукъ дIа ца хоьцуш.

– Схьавада, Леча, схьавада! – дIаозийра иза Акхберда.

– Акхберд, уьнтIепхьидан буц Ламан Лечин тIемах ца Iоттахь, толур дац и! – мохь туьйхира Кхокхано.

«ТIаккха, Ешапан керт ясталур ма яц соьга», – ойла хьадира Акхбердан коьрте. Iаьржа-Хожас шен варзап олхазарна тIехула айбира. «Цхьаъ дийр ду-кх», – аьлла, буц Лечин тIемах Iоьттира кIанта.

  Ламан Лечина меттадан и кIеззиг хIума тоьира. ТIемаш охьа а кхиссина, лекхачу ондачу дегIехь къонах хилира цунах. Цуьнан карахь гоьрда тур дара. Цеста йолийра цо Iаьржа-Хожин варзап, дечиг доккхуш санна, чIеш дIаса а кхуьссуш. Ешапан гIоьнчин бIаьрг тIаьхьа ца кхуьура лесточу туьрана. Хедийна, верина, мела цIийх вуьзнера иза. Стелахаьштиг санна, чехка тур хьаькхна, Iаьржа-Хожин бIаьрг баьккхира турпалхочуо.

Ге ятIийначу гомашо санна, мохь хьоькхура Iаьржа-Хожас. Шех къинхетам бахьара бохуш, доьхура, кхин цхьанне а ша зуламе вер вацара бохуш, чIагIо а йора.

– ДIавала суна гучура, хьайн болх ахь буьтур боций суна хаьа! – элира Ламан Лечано.

Лаьттахь цIийн тачанаш а юьтуш, ГIоьмалган тIаьхьа дIавахара Iаьржа-Хожа  Ешапе шен чевнаш ерзаяйта.

Ши кIант Iадийначу йоIанна гонаха хьийзара, иза меттаяло гIерташ мох а бетташ. ТIевеана Ламан Леча вистхилча, елаелира Кхокха (цуьнан цIе иштта хиллера).

– Леча! – олуш, маракхийтира и цунна.

Ши кIант, цецваьлла, хьоьжура.

– ХIара сан ваша ма ву! – аьлла, елаелира Кхокха.

– ХIа-а?! – аьлла, велавелира хIара шиъ а.

– Акхбе-ерд! – генара мохь хезира кхарна. – Ва-а, Акхберд!

ДIахьаьжча, фонарикан серло а гира.

– Хьовраъ! – сирла майда хадош, дуьхьалведира ваша. – Со кхузахь ву хьуна.

Дукха хан ца ийшира цу шинна вовшахкхета. Къевллина маравоьллира йоIа Акхберд. БIаьрхиш совца ца лора цуьнга:

– Дийцича, цхьа а тешар а ма вац… Хиъ-хIиъ, – бохура цо.

–Дерриге а чекхдели, Хьовраъ. Вай хIинца цIа гIур ду. Соьца Леча а ву, Ламан Леча а, Кхокха а ю. Леча, стенгахь бу уьш? – хаьттира цо тIевеаначу кIанте.

– ДIабаха, Акхберд. Ешапца и сурт хилла алий, баккхийчарна гIо ца деш ма Iе бохура.

– Со царна баркалла ала гIерташ ма вара.

– Цара, шайна хаьа, бохура.

Акхбердан тилпонан горгали беттабала буьйлира. Ягарйина цаваллал дукха жоп даланза горгалеш дара тилпо тIехь.

– Карийна, нана, цIа догIуш ду! – элира Акхберда.

Шортта фонарикийн серлонаш гира кхарна дакъошна юккъехь. ХIорш лоьхуш леларш бара уьш. Ткъа Ешапан керт яйнера.            

ХIара кхоъ серлонна тIе дIадоладелира, «хIумма а ца хиллера, йоI цIа йогIуш, хьуьна юккъехь тилаелла хиллера», – ала барт а бина.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика