АРЦКХИН ГАР

PDFПечатьE-mail

dombai1

***

ЙоI, хьо суна йиш яц езаяла…

ХIара дуьне даа оьший  тIаккха?

Реза яц сох кхета, соьца яха,

Хьайца Iалашвина, сан цIе яккха.

ЙоI, хьо суна генаяла гIерта,

Лаьмнел дехьа хIусам йогIа хьайна,

Соьца доцург дахар ирсе хетта,

Соьца боцург кхоллам мерза тайна…

ЙоI, хьо езар – цхьа бехк соьга кхаьчна,

Дуьне дохарх дIабаккхалур боцуш…

Хьажа тIаккха кхалла и стом аьрга,

Даг чохь  дицдай цIеран хаьштиг догуш?..

 

 

***

ГIоза хуьлда некъаш, доьхна некъаш, 

Декъалхила оьшуш, лехнарш доггах,

Дахар кIордош, динарш, кIадлуш деха,

Дохк тийначу дийнахь генавоккхуш!

ГIоза хуьлда ойла, хуьлург сокха,

Ойла,– денна, хьоьца  веха  мостагI,–

Хьан гIаддойуш, дахар дийриг мокха,

Дуй биина хьан ца хуьлуш доттагI…

Дакъазалла еца хьуна цхьалла,

Аьтто бохош, гуттар тIаьхьалелаш,

Къоьлла санна гIертарг хьо дIакхалла,

Цхьа а воцуш висча, хьо шех теша…

Ма дош дац-кха  ишта долу дахар,

Деган доттагI воцуш, Iеткъа доьлча,

Гергар хила хьоьга кхин ца  баха,

Со кIелвуьтуш, бала тола боьлча!

Дазло дахар, къахьло мел дерг мерза,

Хьаьнца екъа еза цхьалла кхузахь?

Саца ца ло техка деган терза,

Синтем  бохьуш  цхьаъ  ца хилча уллехь…

 

Сан хьоме юрт

 

Шира юрт хебна Iа лаьмнашна юккъехь,

Шен къена хатI лардеш,  арц болуш уллехь,

Iин чу ца шаршийта бердашца лаьцна,

КIоргачу Органо гIайренаш хьаькхна…

Кху кIайчу лайлахь  ло цIандечу Iаьнан,

Жима юрт хьаьрчина нилхачу Iаьнарх…

Кешнаш тIехь хеза сан ден-ненан аьзнаш,

БIаьргех хи кхачийна со хаза хьаьгнарш.

Кхузахь дIаяхна сан бералла мерза,

Кхузахь сан гергарчех къеста а дезна,

Кхул арахь ца дека мерза кхин аьзнаш,

Са лаьцна лаг къовлуш, со везаш хьаьрчаш.

Беттасехь мокха хьун аьрцнаш тIехь тийна,

Сан юрт соьх къастарна хетало шийла,

Кхузахь цкъа соь кхойкхуш дIуз даржо аьзнаш,

Къастаман шелонехь тов яйна, даьгна.

Кху юьртан ков дожош тIетаьIна хьаннаш,

Ширачу хIусамех тарйина баннаш…

Кху юьртан кIажанехь сан хорам битна,

Сан гIенаш ирсе дан беттан лар йисна…  

 

Хазъелла гуьйре

 

Гуьйренан можа гIаш баьццарчу басешкахь,

Хьерваллал куьцечу дитташ тIехь  даьржина…

Гуобинчу раьгIнаш тIехь, басенийн лахешкахь,

Мохь тоьхна дог тийжжол,  хIора Iин  хьаьрчина…

Уггар а хьомениг, уггар а ирсениг,

Ламанан аганахь суо хиларх тешарна,

Дуьненан канашкахь сайн вахар  хьистина,

Кху бай тIехь дIавижна, шога буц хьешна  ас…

Дахар мел дезало, мел вехха воккхавен,

Мел вехха кхул боккха бахамаш ца леха…

 Мох ловзу  басешкахь, мацделла  дохк дайдеш,

Буьзначу тоамо маршо  луш, са дехна…

Кхузахь, кху  синтеман чам бовза ца кхиъча,

Стигланах бIаьрг кхетта, цхьа гIайгIа хьаьрчича,

Кхета, кхин  дуьне дац  цхьа дитт а тIехь кхиъна,

Вайн бIаьрго лаьцна ирс азаллехь  девзина!

Кхин маьлхан  дуьне дац шовданех Iебина,

Баца тIехь гезгано цхьа маша буьйцина,

Безамо дагийна  дог мерза  хьаьстина,

Дахарна  бIаьллингах цхьа хIусам  юьйцина…

Ирс долуш кхоьллина АллахIа адамаш,

Цу ирсан пусар деш, ца доьлхурш,  хастам беш!..

БIаьрг хьоьстуш кечделла  гуьйренан Iалам а,

Вайн Деле  тхих  дуьзна  куьйгаш  шен  даржадеш!

 

***

Маршалла ду хьоьга, сан лозу ГIайгIа,

Со висна цхьаллица, синтемах  къаьсташ!

Ницкъ кхачош  кхетта сайн  и цамгар  лайна,

Белшаш тIехь, даш санна, язъелла хьаьрчаш.

Самукъне аьзнаш ахь ца лоьцу лере,

Ца хьоьсту дог ахь сан, са паргIатдоккхуш,

Массо сан дешнашца ахь лоьцу херо,

Сан хорам карзахе меттахабоккхуш.

Хьо марша йогIийла, сан  ГIайгIа, мерза,

Къахьаллехь евза хьан бакъйолу амал!

КIадвелла вуьсу со, къарделла лерса,

Хазаре сатосий хьан кIеда алар.

ГIайгIа, сан уггаре тамаше хьаша,

Хьо цхьаъ бен дагара вац цхьа а дийца.

Синтем бац сан дагна, къахетта, хьаста,

Хьо цхьаъ бен адам дац ирс чевнах хийца.

Дерриг а дIахаьдда, суо-сайца висна,

Юх-юха къовсарехь со тола гIерта,

ХIоразза бехкбоцчу  къаьхьа кхаж бисна,

Маццах ма-хиллара, со хуьлу эшна…

ГIоза ма хуьлда, хьо,  мацъелла ГIайгIа,

Ма йоккха гIело ю ахь соьца къуьйсуш,

Гуттар а лай вина кIелвитча хьайна,

Ахь хIунда ца вуьту  къиза  цIий муьйлуш?

 

***

Гуттар суна лулахь ехаш йолуш,

Цкъа а йицъян дагна луур доцуш,

Хьо сан дагна езна, уллехь сецна,

Ахь со вицван мерза шеко хецна.

Вайна юккъехь буьйсанаш ю ехаш,

Суна ирсе – хьуна хийра хеташ,

Кхузахь ловзу меца, аьрха мехаш,

ГIенийн марахь хьоьх къурд банза вехаш…

Вайна юккъехь Iаьржа стигал язло,

Ахь хьайн куьцах иза суна хазйо,

ДегIан цIийца сан садеIар лелош,

Со сахиллалц хьан гIенаша лечкъош…

Вайна юккъехь кIорга Iин ду, шуьйра,

Дехьавала соьх хир делахь куьйра,

Хьо дадийна, ненан хьоме кIорни,–

ДIалачкъадан кху сайн

                                цIийнан кIоргехь!

Лулахь ехаш, генахь хета езаш,

Хьоьца гуттар сан садеIар деIа,

Кху дуьненчу со ван везаш хилла,

Хьуна даг чохь сайх цхьа кица дилла!

 

***

Iай-бIаьсте къаьстина, Iаь гIуьтту,

бай бала сенлуш,

Арц макхбеш, хьун тийна,

гIа-патар дIахеца кечлуш,

Бахархой белхаш беш, хьийзаш го,

бошмашна куц луш,

ЙогIучу бIаьстенна маршонца

ГIулч яккха  некъ луш.

 

***

ТIуьначу хIаваэхь, бIаьстенан

олхазарш дека,

Бохбала кхиазачу  малхана

мукъамаш хьеха,

Къаьстинчу шелонийн ца хуьйдда

                               коча лар лехна,

ГIа даккха Iаламна наб яцъян

                         шовкъе йиш лекхна!

 

Зазанца стоьмашна кечлур ду

                              дитташ а  сирла,

Зезагаш хоьржучохь моз доккху

                             мозийн хир тилла,

ЦIандала кхиинчу хIаваан

керла  мутт мелла,

Кху муьран белхаш бан хан йоцуш,

Iаба ца делла.

 

Буьйсанна седарчий

бIаьцаш еш, нур керчо доьлча,

Беттаса бIарзделча,

ца карош шен маха боьжна,

Бодашкахь сагатлуш,

олхазар шун бешахь дека,

Наб яйна Iаш волчу

соьцанна шен лазам бекъа.

 

Маржа, хьо мел чIогIа

дог долуш, аьрха йоI хилла,

Кху бIаьста кхии хьо

сан даг чу мерза цIе йилла,

Ойланехь кест-кеста

хьан хаза васт сайца доцуш,

Сан деза бIаьсте а

тIеэца хьан ирсах воцуш…

 

Хала ду безамна

догдика хьан хуьлуш дацахь,

Гуттар а лозучу

хьан чевнна тем хуьлуш бацахь.

Кхоьру со цу къина

цкъа маццаъ бехке а хилла,

Кхолламо хьан даг чу

ерзорна  Iа дицден чилла.

Лаьара бIаьстено

Вайн дегнаш хьоьстийла ирсе,

Вайн уьйраш херйина,

Хадаеш, де ца гуш, ирча!

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика