Шираллера йогIу зIенаш

PDFПечатьE-mail

093d386155a0daed7b046c8b7c5d9547b906a5307592733

АХМАДОВ Шарпудди

 

/ «Игоран полкан хьокъехьчу дешан» 800 шо кхачарна /

 

Хууш ма-хиллара, кху шарахь 800 шо кхочу «Игоран полкан хьокъехь дош» аьлла долчу оьрсийн ширачу литературни жовхIаран. Дуьненаюкъарчу ЮНЕСКО организацин сацамца и терахь дерриг а дуьненахь билгалдоккхуш ду.

 

 

1185-чу шарахь половцашна дуьхьала новгород-северски эла Игорь Святославич тIамца вахаран хьокъехь язйина ю и исбаьхьа произведени. Игоран боламехь дакъалоцуш цуьнан ваша трубчевски а, курски а эла Всеволоддий, Путивлера воI Владимиррий, Рыльскера йишин воI эла Святослав Ольговиччий а хилла. Ипатьевский, Лаврентьевский шертептаршкахь а бу и болам буьйцуш. «Игоран полкан хьокъехь дош» 1185 шеран чаккхенний, 1187 шарний юккъехь кхоьллина ду. Цуьнан авторх дерг хIинца а къаьстина даьлла дац. Амма цхьаъ ду билггала хууш: и стаг черниговхо я киевхо хуьлда, дружинник я эло шена гергаозийнарг хуьлда, –  иза дешна а, шен заманан литература, халкъан барта кхолларалла дика евзаш а хилла. Цунна деза хилла дерриг а оьрсийн халкъан хьашташ, оьрсийн массо а мехкийн дезарш. Вовшашца тIемаш бечу элашна нийса кхетам баларан Iалашонехьа дерзадо «Дешан» авторо Игоран эскарийн эшаран масал. Вовшашца бен тIемаш дIа а баьхна, оьрсийн латта балех хьалхадак- кхарехьа кхойкху цо уьш.

«Игоран полкан хьокъехьчу дешан» лекхачу патриотизман чулацамах К. Маркса ша Ф. Энгельсе дохьуьйтучу кехата тIехь яздора: «Поэмин маьIна – дуьххьалдIа монголийн сур тIелеттачу муьрехь оьрсийн элий цхьаалле кхайкхар ду».

Хетарехь, XVI-чу бIешарахь схьаязйина а, оьрсийн ширачу произведенийн гуларехь хилла а долу «Дешан» куьйгайоза XVIII бIешеран 90-чу шерийн юьххьехь гоьваьллачу оьрсийн шираллаш гулъярхочо графа А. И. Мусин-Пушкина Ярославлехь эца а ийцира, цо иза Москвахь I800 шарахь А. Ф. Малинозскийций, Н. Н. Бантыш-Каменскийций цхьаьна зорбанехь ара а хийцира, керлачу оьрсийн матте а даьккхина. Наполеон тIелеттачу I8I2 шарахь «Дешан» хьалха арахецначу экземплярех дукхахъерш хIаллакьхилира. «Дош» гучудаьллачул тIаьхьа дукха хан ялале цуьнан куьйгайозанна тIера Екатерина II-нна копи яьккхина хилла куц дара. Цунна дуьххьара зорба I864 шарахь а туьйхира.

Бовлаза ца буьсура «Дош» боккъалла а хилла произведени хиларх ца теша шекончаш а (масала, О. И. Сенковский, М. Т. Каченовский, кх.). Амма кхидIа хиллачу талламаша тIеттIа бакъйора иза. И исбаьхьа жовхIар кIорггера теллина а, деза хеташ а хиллачу А. С. Пушкинан а яцара цунах цхьа а тайпа шеко. «Дашал» тIаьхьа девллий, цуьнан чулацамаш а, васташ а долий кхин куьйгайозанаш а девлира гучу («Задонщина» а, кхидерш а).

50-чу шерашкахь, славянийн историца доьзна, К. Марксий, Ф. Энгельсий а бахийтира «Дашна» тIе тидам. XIX бIешеран юккъехь цу произведенин хьокъехь гIарабевллачу оьрсийн Iилманчийн талламаш а бевлира ара. Царна тIехь маьIна деш дара хьалха кхетийна ца хиллачу истори хьал довзуьйтучу дешнийн.

Делахь а «Игоран полкан хьокъехьчу даша» тIера цхьайолчу меттигийн кхачо йоллуш маьIнадар хIинца а тIехь ду талламхошна. Иштачу «боданечу меттигех» цхьаъ кху тIаьхьарчу хенналц цу тIехь эла Игорьна половцийн йийсарера вада гIo дина волу турпалхо Овлур схьаваьлла къам билгалдаккхар лорура. Уггаре хьалха а, мелла а нийса а, чIагIдан йиш йолуш а ду хIинца вайна юкъахь воцуш волчу профессоро Д. Д. Мальсаговс Овлур Кавказан къаьмнех цхьаннах схьаваьлла хиларан хьокъехь юкъадалийна шена хетарг. Тахханалц йолчу ханна цо дало тоьшаллаш кхечерачел маьIне а, нийса а хилла схьадогIу. Вайнехан меттанийн лексика кIорггера талла а теллина, иза цхьана жамIе кхаьчна: оьрсашний, Къилбаседа-Кавказан халкъашний, иштта церан меттанашний юкъахь лелла герггара уьйраш генна шираллехь бух болуш а хилла, цундела цу къаьмнийн этнографино «Игоран полкан хьокъехьчу даша» тIера цхьайолу «бодане меттигаш» – делахь-хIета, Овлур цIе а цхьаьна – нийса кхето аьттонаш а ло.

ХIетталц схьа цхьа а шеко хилла вацара Игорьна половцийн йийсарера вада гIo дина а, ша цуьнца Русе ведда дIавахна а волу Овлур «половчин» хилла хиларх. «Даша» тIехь цу турпалхочун цIе Овлур я Влур олий йоккху. Шертептара тIехь оцу майрачу «половчинах» Лавор а, Лавр а аьлла ду.

Мила ву, тов, и Овлур, Влур, Лавор, Лавр? Муьлха ю цуьнан бакъйолу цIе? Муха вадийтавелла цуьнга сел билгалаволу йийсар, ша а цуьнца цхьаьна дIа а воьдуш, половцийн ханийн дераллех, церан бекхамах оза а ца луш? Церан бекхамо, и ша кIелхьараваларх, цуьнан тукхамера, гергарчаьргара чIир оьцур ма яра.

Оцу дерриге а хаттаршна жоьпаш карадо вайна профессоран Д. Д. Мальсаговн «Игоран полкан хьокъехьчу дашехь» цхьайолчу цакхеташ йолчу меттигех лаьцна» аьлла йолчу статьяхь.

Овлур боккъалла а «половчин» хилча, цо, Игорь кIелхьара а воккхуш, вадарца шен доьзал а, тайпа-тукхам а хIаллакдора. Ткъа, шайн ханаш хиларх, половцаша тайпанийн юкъаметтигаш лерина лелор шератептара тIехь вайна гуш ду.

Кхузахь ша-шаха хIуттуш ду цхьа хьесап:   Игорь вада а водуьйтуш цуьнца дIавахарца Овлуран я шен доьзал, тайпа дарбеллачу половцийн ханийн къизачу кхиэла кIел дита дезара я иза ша, гергара нах а, тайпа-тукхам а доцуш цхьалха стаг хила везара, я, эххар а, цуьнан доьзаллий, тайпий половцийн бекхам тIецакхоччехь хила дезара.

Цул совнаха, къайленах юьзна йолу Овлур (Влур, Лавор, Лавр) боху цIе муьлхачу къоман ю а, цуьнан транскрипци нийсачунна герга шератептаро ялайо я «Дешан» авторо ялайо а ду вайна къасто мехала.

Таханлерчу денна Iилмано шеконза лоруш ду «Дешан» автор ша сел нуьцкъала, тоьшуьйтуш язбинчу леламан дакъалацархо хилла хилар, цундела вайн бакъо ю цу хиламийн теш а, дакъалацархо а хиллачу цо Игорь йийсарера кIелхьараваьккхинчу стеган цIе мелла а нийса яьккхина хила езар чIагIдан.

Ткъа Овлур «половчин» а воцуш, цунах иза шератептарчас и половцийн кIоштахь, церан куьйгалли кIел хиларна аьлла а, я половцийн аьлларехь хиллачу этнотобанех ишта аьлла а хиларрий, Овлур ша половцийн ханийн бекхамо цалоццехь, Кавказан лаьмнашкахь даьхначу къаьмнех стаг хила магаррий вай тардалийтича, – тIаккха вайна кхеташ хуьлу Игорь кIелхьараваккха юкъ йихкинчу Овлуран сел хецна йолу майралла а, хьалха цунах тешна воцчу элин цунах тешам бахар а.

Къилбаседа-Кавказан ламанхо половцийн кIоштахь нисваларо вай цецдаха цхьа а бахьана дац, хIунда аьлча цу муьрехь ламанхой, половцаш болчохь хьовха, оьрсийн элий болчохь а хуьлуш хилла. Эла Андрей Боголюбовн ков-кертахь хилла волу цхьа Ясын Анбал дагалаьцча а тоьур дара.

Ламанхо Овлур, хила мегна а ца Iаш, хила везаш ву керста, хIунда аьлча, лаьмнийн меттигашкарчу вайнахана юкъахь малхбалехьарчу славянийн Iаткъамца – VIII бIешеран шолгIачу эхенгахь-м хьала а охьа а – керста дин дикка даьржина хилла.

Революци хилале хьалхалерчу литература талламхочо академико В. П. Татищевс Овлуран нана оьрси а, и ша керста а хилла хиларан хьокъехь бина хаам вай бухе биллича, кхеташ хуьлу, Игора Овлурах шен цатешар эша хIунда до а, вукхо гIараваьлла оьрсийн эла йийсарх хьалхаваккха сацам мича бахьаница бо а. Ша В. П. Татищевс цу хьокъехь ишта яздо: «Россин  шератептаршкахь цунах (Овлурах. – Ш. А.) Лавер, «половцийн чиновник», аьлла ду, цуьнан нана оьрси хилла. Лавера эле ша цунна вада гIo дийриг хилар хьахийча, важа цунах цкъа хьалха ца тийшира, амма тIаьхьа, шен говрашлелорхочо а, тысяцкис а и шена тешамей, тIах-аьллий хилар дийцича, цуьнца дIаваха резахилира».

ХIинцалерчу талламхоша оьрсашна кIезиг евзаш а, царалахь лелаш йоцуш а йолу Овлур цIе шератептарчас, керстанийн цIарна гергаялош, Лазор-Лавр аьлла, хийцина хилар тардолуьйту. «Дешан» авторо, и цIе яккхаран башхаллаш шена хезна хиларе терра, хIетахьлерчу оьрсийн йозанан таронашка хьаьжжина, мелла а нийса йоккху иза. Оцу дерригено тоьшалла до «Дешан» автор ша цу леламехь дакъалаьцна а, хьаллий, турпалхой дика бевзина а хиларна.

Вай аьлларг бух боллуш хилийтархьама, половцийн Iаткъамехь хиллачу мехкийн къаьмнех Овлур цIе цхьаммо а лелош хилла я ца хилла а къастош, цу цIеран этимологи ю талла езаш. Гоьваьллачу лингвиста, профессоро: Д. Д.Мальсаговс кхачам боллуш гойту Овлур цIе вайнехан меттанашкахь йисина а, оццу меттанашкахь этимологин маьIна долуш а, «Дешан» авторо и цIе вуно нийса ялийна а хилар. ЦIе нийса ялийна хиларо, шен рогIехь, тоьшалла до «Дешан» автор Русан къилба-малхбале йистаца герггара зIе йолуш а, ша буьйцучу леламан дакъалацархо а хилла хиларна.

Овлур – иза вайнахалахь дукха хан йоццуш хьалха лелла цIе ю. Масала, хьалха Несарера гIап лаьттинчу меттигний, Гамурзиево юьртаний 2-3 чаккхарма юьстах Соьлжан лекхачу, пен хилла лаьттачу берда тIехь хIинца а болуш бу «Iовлурга гIала» олуш болу дукхагIаьтнийн бIаьвнан херцамаш. И бIов лаьмнашкара шерачу аренга охьабевллачу гIалгIаша XIX бIешеран юьххьехь йоьттина ю. Юьртахоша хIинца а «Iовлурга наькъий» олуш болчу Гамурзиево юьртарчу ОвлурговгIеран – МальсаговгIеран цхьана горан да хилла Iовлург. Хууш ма-хиллара, кхиаран лахарчу тIегIанаш тIехь долчу хенахь дуккха а къаьмнашлахь адамийн цIерш шайн цхьацца маьIна долуш хуьлу. Иштачех ю Iовлург цIе а. Вайнехан маттахь «Iай бина Iaxap» боху маьIна ду цуьнан. Бусалба дин тIеэцале хьалха вайнехан, Iовлург санна, кхийолу цIерш а хилла хьайбанийн, олхазарийн, кхечу хIуманин цIepex схьаевлла. Малхбузехьарчу вайнахалахь бусалба дин даьржинчул тIаьхьа и тайпа цIерш Iаьрбийчара юкъара дIаяха йолийна.

«Игоран полкан хьокъехьчу дешан» турпалхо Овлур мича къомах схьаваьлла къастор доккха маьIна долуш ду: Овлуран кхолламо къеггина гойту малхбале славянийн вайнахаца а, Кавказан кхечу къаьмнашца а ширачу заманашкара дуьйна схьа доттагIаллин зIенаш яьхкина хилар.

Андрей Боголюбскийн вельможа хиллачу Ясын Анбалал тIаьхьа исторехь Къилбаседа-Кавказан къаьмнийн векалех ширачу Русьца зIе еана шолагIа стаг хилла дIахIоьттина Овлур.

Вай лакхахь ма-аллара, академика В. П. Татищевс билгалдаьккхина, Овлур ша керста а, цуьнан нана оьрси а хилла, бохуш; делахь-хIета, Къилбаседа-Кавказехь олуш ма-хиллара, Овлур «оьрсийн йишин кIант» хилла-кх. Ткъа вайна хууш ду, мел еза лоруш ю нохчаший, гIалгIаший тахана а ненан aгIo. Цундела вайна хIумма а тамашийна ца хета, шен дахарна болу кхерам а ца лоьруш, Овлур шен ненан динаххий, къомаххий волчу стагна орцахвалар.

Хууш ду, Русе ша дIаваханчул тIаьхьа Овлура тысяцкичун Рагуилан йоI ялоррий, цунах цуьнан кIентий хилла а, ткъа царах хан-зама яларца Новгород-Северскехь вельможаш хилла хиларрий. Хетарехь, Овлур винчу лаьмнашка вуха ца воьрзуш, шен доьзалца цхьаьна Русехь ваха-Iен висина куц ду.

Вайна ма-гарра, Овлур цIеран буххий, этимологий къастор дуккха а агIонашкахьара а мехала хIума ду: цкъа-делахь, билгалдолу генна дIаихначу заманашкахь дуьйна малхбалерчу славянийн, Къилбаседа-Кавказан аренашкарчу бахархошца хьовха, иштта ламанхошца а лулахойн вежараллин зIенаш лаьттина хилар; шолгIа-делахь, «Игоран полкан хьокъехьчу дешан» турпалхой билггал хилла долу адамаш ду, боху ойла чIагIло.

Амма Кавказан а, цуьнан халкъийн хьокъехь оьрсийн ширачу хаамаший, шира тептарший дуьйцурш леррина, кIoрггepa талларо кхин керла агIонаш а йовзуьйтур ю «Дешан» турпалхочун Овлуран дахарера. Цуьнан цхьа а шеко яц.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика