Ромеой, «Джульеттий»

PDFПечатьE-mail

1-45-474x300

АХМАТУКАЕВ Адам

 

 

Чоьхьаваьлча, шина даггахь неӀарехь сецира хӀара: шен хенара я шел воккхох хеталун цхьаъ мукъне а цу чохь хилахь, соцур ша, ца хилахь – юхаваьр, аьлла.

Шейк бохучу хелхаран чарп яра, «Бони-М» тобанан эшаран мукъамехь, чоь яьккхина, ийалуш. Ӏаьржачу буьйсано седарчех дуьззина бога хӀокху чу Ӏанийна хоьтуьйтуш, бӀагорехь санна, сирла ӀиндагӀаш дӀасауьдура чухула: пенийн бохалла а, тхов тӀехь шершаш а, хелхарехь болчеран догӀмашна тӀехула а.

Хелхаро шовкъ яийтинарг гонна юккъе волура, шена дуьхьала болчарна – лата санна – чухьодуш; тӀаккха, цигахь жимма чинк йоккхуш я ца йоккхуш, цӀеххьана юхавоьрзура, гонна юкъахь гуо хьовзош, я ша хиллачу метте юхавогӀуш.

 

Гонна юкъахь йоӀ яра, – юкъ ларъян юкъанна йоьгӀча санна – говраш лахка шед ласточу кепара аьтто куьг а хьийзош коьрта тӀехула, цхьана кога тӀера вукху кога тӀе а теӀаш, хоттала вахнарг санна. ХенамаьӀиг тӀера важа куьг хьалаойуш, куьйгаш кхуьнгахьа кховдийра йоӀа, «схьаюкъавала» бохучу маьӀнехь. Шен шеконашна бехказло санна тидира иза кӀанта.

КӀентан болар, жим-жимма доьрзуш, хелхаран боларе дирзира.

ДегӀ, хецаелла пуржен санна, хьалий-охьий ловзош, хелхаран гуо цоьстуш, схьатӀейолаелира йоӀ. ТӀаккха, цунна меттиг паргӀатйоккхуш, кӀанта шен болар даьхьира нийсса цунна дуьхьала. ЙоьӀан бӀаьргаша кӀентан ши бӀаьрг лецира, чуьрк санна – гезгмашин гуро.

РогӀера хелхар танго хилира. Ша юкъаваьккхинарг а йитина, кхечунна тӀеваха товш ца хийтира кӀантана. Ткъа, цхьа а йоӀ хелхаре ца кхойкхуш, зудаберашха юьстахволург мехкаршна а ледара хетар зиэделла вара хӀара.

ХӀокхо ша ледара ца хетийтира.

ХӀокхуьнан ойланаша ткъех шо юхалистира – сахиллалц къоьруш а лелий, Ӏуьйранна экзамене вахалуш хиллачу хене хӀара юхавуьгуш; кӀира йистте даьлча, юкъараӀойлехь хӀутту дискотека ларъеш хиллачу хене; цигахь и «Бони-М» а, «Спейс» а, «Сьюзикватра» а хьийзош; тӀаккха – и важа эшарш а, оцу хьаьрсачеран кӀужалша беснех гилгаш а дохуш…

– ЦӀе муха ю хьан? – хаьттира йоӀа, чагӀаран хьожа а хаалуш озаца.

– Бехк ма биллалахь, иза ас хатта дезара… Жимма ойлане а ваьлла…

– Сингаттам болуш хӀума-м дац?

– ХӀан-хӀа, хӀумма а дац… Ромео ю сан цӀе.

– ТӀаккха со Джульетта ю-кх, – элира кӀентан жоп шен жималлера «дежурни» забар хеттачу йоӀа.

– ТӀаккха со, – цо ма-аллара, олуш, –  нийса кхаьчна-кх, – забарна тӀетайра Ромео а.

– Бакъду, Ӏожаллица ловзарш-м ца деза суна. Бегашийна а. Халла яьлла цуьнан багара…

 «Иза хила там бара хӀара, – шеквелира Ромео. –  Дера оцу ӀиндагӀийн серлонашлахь схьакъеда аматаш тера-м ду цуьначех: йоца месаш (уьш-м, лергина, яцъян а тарлора), хьалабирзина меран буьхьиг (хӀокхарех хӀора шолгӀачун а бу иза-м иштта)… Амма лергахь йохку чӀагарш?..»

Ромеона дуьхьалхӀоьттина цуьнан сурт агӀонца даьккхина дара, –тӀехьара схьа – лергаюх, марий бен ца къаьсташ. Бат, бӀаьргаш ца гора суьрта тӀехь. Лергах даьккхина Ӏуьрг а ца хаалора. ХӀокхунна цкъа а ца гинера иза, йистхуьлу а ца хезнера. Амма мацца а цкъа шаьшшиъ вовшахкхета бахьана хӀуттург хилар хьоьхура даго. Вукхо иза тӀе ца дитинехь а, интернетехула шена тӀаьхьакхиа хӀара гӀоьртича…

– И бохург хӀун ду?

– ТӀамехь хилла ю со... Ши даьндарг ю дегӀах йоллуш хӀинца а, синпхенна юххехь хиларна, схьаяккха лоьраш а ца хӀуьттуш.

«Дуьххьара гушволчу суна йийца оьшурий-техьа и «къайленаш»?.. ХӀара санна йолчу меттехь чӀогӀа лар ма лора хӀорш, къаьсттана – тӀамехь хилларш. Белхан накъостех а шекьхила Ӏамийна, лакхарчунна муьтӀахь а, лахарчуьнца шога а хилар тӀамарх доьлла, стешха нах ма бу кхузахь хуьлу дукхахберш. Ткъа хӀокхуьнан – лачкъийна хӀума дац, схьагарехь… ХӀан-хӀа, хӀара хир яц иза».

– Новкъарло еш ца хилчхьана.., – алар гӀолехь хийтира Ромеона.

– Цкъачунна ца йо.

Хелхаран эшаран мукъам чекхбелира.

ЙоӀана баркалла а аьлла, церан гӀиллакхехь иза дӀакхето вахара кӀант цуьнан «накъостий» лаьттачу оганна тӀе. Буйнара йоьӀан куьг паргӀатдалале, «кӀайн хелхар» кхайкхийра, иза тховса тӀаьххьарлераниг хилар а хоуьйтуш. Кхуьнга схьайоьрзуш, кхунна елакъежира йоӀ:

– Ромео дуьхьал вацахь.., – олуш.

– Вуно чӀогӀа резаволуш.., – аьлла, тӀетайра кӀант.

Юха а геналлера мукъам баьржира чохь, амма кӀентан ойланаш оцу геналле ца кхевдира хӀинца.

«ХӀара Джульетта, тешна а, Нохчийчуьрчу тӀамехь хилла. Афганехь а хилла хир ю аллал йоккха-м ца хета…»

– Стенгара еана хьо? – хаьттира Ромеос, йоӀа цунах а къайле йийр яц моьттуш.

– Генара, – аьлла, ойлане яьллачух, бӀаьргаш хьаббина, корта аркъалтесира йоӀа. ТӀаккха, хелхаран мукъамца аз озош, корта ловзош, тӀе а туьйхира: – Хиш тӀера гӀура ца ясталучуьра... Лай кӀелара бай-латта зезагех дендала хьоьгучуьра... Адамийн дегнаш малхе кхийдачуьра...

– Иза ма чолхе хӀетал-метал ду…

– Ткъа хьо? – юкъахваьккхира иза йоӀа, хӀокхо аьлларг ца хезча санна.

– Нохчийчуьра. Соьлжа-ГӀалара, – элира кхуо.

– ТӀом бан а, курорташкахула лела а ма дика ларадо шу? – Ромеос тидам а беш, аз хийцаделира йоьӀан.

– Са а доӀуш, бан ма беза и, – забар йира кӀанта. – Хьуо стенгара ю, элира ахь?

– Чукоткера… Малхбалера гӀала. Малхбузера урам... – «ДӀалаца хьайна! Лало болий хьуна!» – Тхов боцу цӀа. НеӀ йоцу петар… – «Аша охьааьттачу тхан махкахь лаьттина сурт!» –  Номер юьйций? – «…собаро лам баьккхина!»

– Ца оьшу, адрес ма-дарра хиъча, кӀантана хӀун дагадогӀу а ца хаьа, – къамел забарийн хорша юхадерзо гӀоьртира Ромео.

– «КӀантана», тов? Паспорта тӀе хьаьжча, хуур дара-кх.

 «Дара дера-кх… Джинс-хечин кепа чохь «шардинчу» хьан шерийн а хир ма дара дийца хӀума…»

– Паспорт шуьйрачу хечин кисанахь дисна сан.

– Маяковский дагавогӀучух тера ду хьуна.

– Цхьаьна дешна ву тхойшиъ.

– Айса хелхаре кхойкхург оццул къена вуйла ца хаьара суна.

– Хиънехь..?

– ДӀакхайкхор вара-кх, иза динозаврийн хенара ву шуна, мехкарий, цунна аьттехьа ма гӀолаш, бохуш.

– ХӀай-хӀай… «Яьккхинчун ю гӀала», – олуш ду хьуна тхан.

– Бандиташ а забаре хуьлий ца хаьара суна, – хӀокхо Нохчийчоь хьахийнчул тӀаьхьа дуьххьара елаозийра иза. – Дукха хан юй кхузахь волу? Суна ма ца гина хьо кху чохь?

– Ши де дисна. Ткъа хьо?

– ШолгӀа кӀира. Хелхаршка лелаш вацара хьо?

– Сан шовкъ йолу музыка ца хуьлура кхузахь. Амма тховса... Жимчохьлера  эшарш а хезна, Ӏехаделлачу даго чуозийна.

– Тховсалера музыка-м ян а ю дика вовшахтоьхна. Диджей кхин ву. Хьалха хилларг цхьа беран тӀорза дара, шена санна, массарна а рэп еза моьттуш. Шун цӀера хьал муха ду? ТӀом бан кӀорда ца дина шуна?

– ТӀом дӀабаьлла хӀун хан ю…

– Баьлла дера?.. – цецйолу кеп йира йоӀа. – Цхьанхьашха чубаьхкина, вукхузахь эккхар дина, хӀоккхул лазийна, оццул вийна, бохуш, тилвизаро дуьйцург хӀун ду тӀаккха?

– Цу чохь дуьйцуш хазар бен, тхуна гуш хӀуманаш-м дац уьш, цхьа наггахь хуьлург бен. Шун каналашна чӀогӀа марзделла-кх и эладитанаш даржор: дина дуккха а диканаш а ца гуш, бӀенна юкъара галдаьлла цхьа хӀума схьа а лоций, иза дестийна дуьйцуш.

– Командировкера юхабоьрзучара тхуна цигара схьакхоьхьу хабарш а кхин даладелла ма дац?

«Юй-техьа хӀара иза?»

– Казармаш чохь бохкучу царна хӀун хаьа? Шайн кертахь я оццу тилвизар чохь дерг бен гой царна? Тхан меттигера каналаш-м царна гойтучух тера а дац.

– Ца гайтахь а, эпсаршкахула хезна а, цигахь дерг ца хууш хуьлийла дац шуна юккъехь Ӏаш болчу царна.

– Эпсарш декъахь а болуш кхуллуш ду цхьадолу туьйранаш. Цакхеттал хӀума-м дацара и... Церанаш бацахь а, церан лакхарчу хьаькамийн хьалакхиъна доьзалш а ма буй, дешна бевлла, «хьуьнаршна» декъаозо безаш… Оцу берийн погонаш тӀехь седарчий гулдан а бахьанаш ма дезий…

– Шун цигара цӀаоьхучу тхайчара дуьйцучух теша со-м.

– Цул атта дацара, хьо-хьуо цига яхча, хьайн бӀаьрга гича цигахь дерг? Дукха экскурсеш ю хьуна тхан махка лелаш – Россин массо маьӀӀера. Нохчийчохь тӀемаш бинарш а оьху цига-м – туристаш санна… шаьш ца довзийта. Ша зулам динчу метте юхаваха хьаьгна хуьлу, боху-кх, зуламхо а…

– Со яц хьуна зуламхо, – делира йоьӀан багара.

– И дац вай дуьйцург. Стеган амалера ду и, зуламхо велахь а, вацахь а.

– Со хьаьгна-м яц цига яха, – «юхаяха» ца ала само тоьира.

– Мацца яхна а, цкъа гӀур ма юй хьо. Ӏалур ма яц. Сиха мел йоьду а, хьоьгахьа ду. Кисанна йорах а хир ду, кхузахь йолччура йодахь. Автобусахь деа-пхеа сахьтехь бен некъ а бац хьуна цига.

 

Хелхарш дӀадирзина, арадевлча а, и «захало» дуьйцуш, гӀеххьа хан уьйтӀарчу гӀантахь а яьккхира цу шимма. Эххар а:

– Билетан ахмах ахь хьайна тӀелацахь, – элира йоӀа, ахча хьахийча, хӀара тӀаьхьаравер ву, аьлла, тешна а йолуш.

– Къамел дац! – куьг кховдийра Ромеос, чӀагӀонна куьг доьхуш...

ЙоӀ чуяха хьалагӀаьттира. КӀант тӀаьхьаволавелира. ТӀаьхьавахара кӀант, «ца оьшу» ца олуш йоӀа.

– Бехк ма билла, чай мала чу а ца кхойкху ас хьоьга, – элира йоӀа, неӀаран тӀам лоцуш, Ромеос шина даггахь а доьшуш и дешнаш цуьнан балдаш тӀехь.

– Пхьуьйрал тӀаьхьа и мелча, дика а ца хуьлу, – элира кӀанта. – Наб ца кхеташ, буьйса яхло, – аьлла, тӀе а туьйхира, бӀаьрга тӀе бӀаьрг бугӀуш.

 

Ромеона Джульеттех таръелларг кхин яра. Джульетта санна, погонаш лелочохь балхахь яра иза а. ЦӀей, цӀарна дерггий дезаш, доккхачу даггара хеталора ший а. Джульеттас и хабарца гойтура, ткъа вукхунна – сурташ айкхдуьйлура: юьхь лечкъаяхь а, некха хьалха кхозу мидалш схьаоьхьуш, даьхна, цо интернет чу дехкина сурташ.

Нохчийчохь тӀом бина а, нохчий бӀаьрга бахка ца безаш а яра и важа. Шена уьш тоьпан турмал чухула бен гина а боццушехь, царна луьйш, хӀуманаш язъяр марзделлера цунна. Цо мел язйинарг йоьшуш Ромео а вара, йоьший – вукхунна а хаьара.

Цаьршимма вовшашца дукха къийсинера, цунна хӀара, ша санна, эпсар вуй а ца хууш, ша вуй хаийтар кхунна дола а хеташ. Юьхьанца-м кӀанта бохучунна тӀе а товра йоӀ, хӀара нохчи хир ву бохург дагахь а доцуш. Хилар хиъча – хӀара а хьакхийра ченала.

Хьуна луъучу метте дӀавогӀу хьуна со, бехира кхуо, парггӀат къамел дайта вайшинга, бехира. Хьо цхьамма тилийна, Ӏехийна, маттарйина, лелош хета шена, бехира. ТӀе ца тайра иза. Кхоьручух тера дара, хӀара шена цхьана бекхамна тӀаьхьаван воллу моьттуш.

ТӀамо йина яздархо яра иза. Амма – псевдонимца лелаш. Дика а язйора цо, ешархо тӀемарзвеш, дуьйцучух тешош. Цундела кхераме а яра, тесна юьтийла доцуш.

 

ШолгӀачу дийнахь кассин берте дахара Ромеой, Джульеттий.

Нохчийчу йоьдучу экскурсина эцна, шега дӀакховдийначу билетах ахмах схьабала гӀоьртира Джульетта. Ромеос аьттехьа а ца дитира.

– Барт ма бара вайшиннан, – ца кхийтира йоӀ.

– Чукхайкхина, богӀучарна хьошалла тхайн чоьтах до оха, – элира кӀанта, йоьӀан буйнарчу бохчин дакъош тӀекъовлуш, цуьнан ши куьг шен куьйгашца меллаша тӀеттӀатаӀош.

 

Малхбале серлаяьлла ялаза яра, Джульетта тӀехь йолу такси экскурсин автобусна юххехь, чкъург такхош, сецча. Автобусан неӀ лаьцна, лаьтташ Ромео а вара – некъ лаьцна, лаьтташ санна.

– Хьо а..? – ца кхийтира Джульетта.

– ХӀан-хӀа. Хьо новкъаяккха веана.

– Соьца цхьаьна хӀунда… такси тӀехь..?

– Хьо яьхьар ярий… бодашкахь? Чай мала чувита а ца хӀуттуш йолу?..

– Чай-м хала дац… Тховса, тхо юхадирзича...

– Баркалла. Шу юхадирзича, со а цӀахь хир ву. Экскурсих хьайна дийца лууш хилахь, яздер ахь, – йоьӀан тӀоьрмиг чу визитка тесира Ромеос. – Ткъа ас… хьоьга Чукотке яздийр ду, – аьлла, забар а еш.

– ХӀаъ, до востребования, алий, – забарна дуьхьала елакъежна, хьалаелира Джульетта, автобус чохь Ӏачеран резабацар а хаалуш – ша тӀаьхьайисарна.

 

Ахшо а, шо а делира, Джульеттигара цхьа а хаам боцуш.

Ша-шена дог этӀара Ромеон, ша лелийнарг эрна хеташ (Цунна ца хаьара, Джульеттас шен визитка, тӀе а хьажале, ларамза йожийнийла – новкъахь севццачохь тӀекхолла тӀоьрмиг чуьра йовха хӀума хьалайоккхуш).

Амма цхьана дийнахь…

Ша мел лелийнарг эрна ца хийтира цунна цхьана дийнахь…

Цу дийнахь оцу вукхуьнан керла дийцар дийшира Ромеос интернетехь – нохчех хьакхалург хьалха дийцинчунна нийсса бӀостанехьа а долуш цу тӀехь.

«Чукотка, до востребования» яра дийцаран цӀе.

 

2018

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика