Ден доттагI

PDFПечатьE-mail

304025a9436286c1cd61fb75ee4771ed

БЕКСУЛТАНОВ Муса

 

Дикка хан ю со гIалахь Iашволу, ткъа-ткъе итт шо-м хIетте а ду, институт чекхъяьккхинчул тIаьхьа, болх нисбаларх, кхузахь иштта дIависина. Сих-сиха юрта вахар а ца нисло, цхьана воне-дикане бен, дукха хьолахь – вонехь а хуьлуш.

Нана реза ца хуьлу.

Нана юьртахь Iаш ю, жимахволчу вешица.

Да тхан хьалххехь кхелхинера, нах Казахстанера цIа а бахкале, долу лазар а кхетта.

ЦIадахкар-м дагадогIу суна шера – со ялх шо кхочуш вара.

ВорхI шо кхаьчча ишколе а вахара цIахь – Нохчийчохь, – хьалхарчу классе.

 

 

Нанас дегабаамаш бо, лулахо санна, чу а хIоьттина, со юха гIала охьаваха воьлча.

– Дукха оьхур вац хьо а, нана йолчу воьду, бохуш, дера вац… и гIала-м цигахь лаьттар ю хьуна, со дIаяьлча а! – олу соьга, ша-шега санна.

Со велало, улло охьахууш, ненан белшаш мара а юхкуш.

 

Тахана, пIерасканан дийнахь – кхана мукъа де а хилча, – нана йолчу буьйса йоккхур-кх, аьлла, хьалавогIу со сарахьуо.

Юьртан йистерачу кешнашкахь нах бохку цхьаъ дIавуллуш.

Ма дукха ле-кх нах хIинца, мозий санна, леш ду-кх адамаш кху махкахь, жима-воккха бен а воцуш, кегий нах а, бераш а тIехь.

Хьалха, хIинцачул ткъе итт, шовзткъа шо хьалха, стаг валар доккха далатохар дар-кх, ткъа тахана, бен а доцуш, дIабоьлла-кх нах цунах, дей-буьйсий хийцадаларх санна.

 

– Хьо ма тIаьхьа веана, кIант, ахь хIун леладо, – олу нанас, – бусаIуьйккъехь юха охьаваха веана-кх хьо? – олий.

– Со-м буьйса а йоккхур, аьлла, веанера, нана, – олу ас, – хьо резаяцахь, охьа ца вахча а вер вац, – олий.

– Вай, тIаккха-м… Дела реза хуьлда хьуна…, – ненан юьхь екхало, ша Iачу меттара соьга куьйгаш схьа а кхийдош: цамгарца ю нана тIаьхьарчу хенахь, гуттар а маттах хьерчаш, цхьа ца тору гIуллакх хилчий бен, чуьра ара а ца йолуш.

Цхьацца дуьйцуш, дагалоьцуш, хIума кхоллуш, чай муьйлуш, дикка хьеделча:

– Ваша, ас хьуна дехьа чохь мотт биллина хьуна, – олу несо, – буьйса декъала йогIийла, – олий, ша рагIу кIелхьарчу цIа  чу жимачу кIантаца йижа дIайоьдуш: кIант ца Iа, воьлхуш бен.

Хан ялале, со а хьалагIотту, нене суо дукха Iуьйре вахавезар а хоуьйтуш.

– Нанина, эцца эвлайисте тезета ца хIуттуш ма гIолахь, – олу нанас, – хьуна нах цабовзарх, хьо нахана хьенан-мила ву хаьа хьуна… со хьоьга ала йицъелла Iа, мила вара иза… Дала йицъе-кха цуьнан цIе аьлча…

– Асхьаб ву, – олу вашас.

… – хIаъ, Асхьаб… дика стаг вара, нахана новкъа воцуш…мела хир бу хьуна, хаза гучу а валий, Дала гечдойла, ала, – соцу нана.

– Дика ду, нана, гIур ву со, са ма гатде… мила Асхьаб? – хотту ас юха, цхьа хIума-м дагадан гIерташ, саца а лой.

– Эцца Iина йистехь Iийна хилла волу стаг, – кхетаво со вашас.

– Дера велла, тахана делкъа-хан хуьлуш… дIа-м воьллина, моьтту суна,  иза сарале, луларчу Йисихьата дийцарехь, – корта ластабо нанас.

– ХIаъ, воьллина, – вистхуьлу ваша.

Суна кешнаш дуьхьалтосу, цигахь хилла нах а, сарахь со юьрта чу вулуш.

«Асхьаб…муха, иза суна иштта вицвалар, цIенна дагара дIа а волуш…» – хьоду коьрте.

– Иза Iаш мичахь вара, ва нани, суна иза дага ца вогIу я ца го…

– Юьрта йистте охьа ма вахара иза, ша чохь Iийна цIа долу нах цхьа ши-шо даьлча Казахстанера цIа а баьхкина… хьо жима вара, хьуна дагадогIур дац, – хададо нанас, цхьа а шеко а ца юьтуш.

Суна догIу-у-уш дагадогIу, ша ма-варра, ма-хиллара и Асхьаб дуьхьал а хIуттуш, цо ша сан ден доттагI вара алар а цхьаьна, сан да чIогIа тIахъаьлла, леташ стаг вара а, бохуш.

– Дадин доттагI ма вара иза, нани, варий? – хотту ас.

– Мича дадин? – хьожу соьга нана.

– Сан ден – Арсанакъин, хьан майрачуьн доттагI!

– Иза муха хуьлу хьан ден доттагI, цкъа а вовшийн гина а ца хилча! – цецйолу нана.

– Муха, ца гина?

– Иштта ца гина-кх, – олу нанас, – вай Повладарехь дара дIадохийча, уьш Киргизехь хилла-хиллера – оцу стага дуьйцуш хезна ма ю со, – ТIехьа-МартIантIера дIабигина а болуш… хьан дай, сой хIучIинчIаьнчIуьра – лам чуьра дигна ма ду дIа, ва кIант… суна а кху юьртахь гина-кх и стаг дуьххьара…

 

Хьалакарчийна кучан пхьуьйшаш а хуьлуш, ткъе итт я шовзткъе шаре гIоьрташ, тоьлло стаг иэхьало суна, йоцца хьалатоьхначу можа юккъехь сира чоьш а къаьсташ. Цуьнан зудий, кIант цигахь, дIадохийча, гIу чу доьжна, делла бохуш а дуьйцура бераша, баккхийчаьргара хезна.

Со цуьнан керта уллехула ишколе оьхура, иза гуттар а цхьацца деш а хуьлуш, я керт тоеш, дечиг хьокхуш, кхин я важа.

Цо газетех хьерчийна цигаьрка а го суна хIинца, маттаца тIе шеташ а хьоькхуш, иза кертал арахь охьахууш хилла гуьйриг а тIехь.

 

Со, нене кхин хIума а ца олуш, дехьа чу волу, дIавижа дагахь, цуьнан буьйса декъал а йой.

Наб ца кхета. Суо сайна оьгIазъоьху, и стаг айса иштта вицварна, и Асхьаб, соьца оццул дика хилла волу, да а, ваша а санна.

Дерриг а сурт дуьхьалхIутту, и зама а, хIетахьлера, буоберан бералла а.

Меца хан яра, тхуна хIетте а, тIехь да воцчу байшна, наха еллачул совнаха яьлла башха яа хIума а йоцуш.

ТIе-куога а дацара цхьа а. Бен-бен нах бара юьртахь севцца – хиллера-кх, бара аьлча а, – гергара я вовшийн бевзаш а боцуш, вокзалехь санна, Iаш. Бераш а дара жIуганашца лелаш, йоьжна-йисина хIума лохуш, шайн а, нехан а керташкара стоьмийн хилаза тIуьхкаш юуш.

Ишколе – цIа даьхкина шо даьлча – нанас вигира со, куьг а лаьцна, ворхI шо долу кIант, пхеа шерачуьн дегIалахь а воцуш, дог доккха хилар бен.

 Дуккха а бераш дара, со санна, тIехь беркъа а долуш, кортош а даьшна. ХIетахь, мухха делахь а, боьрша берийн кортош даьшна хуьлура масссеран а, бIаьштигаш тIера – дIадашаза – дехха кIайн чоьш а кхозуш.

Тхо дIаяздира, хIораннан  памили а, вина де а, шо а яздеш.

Суо воккхахилла дагадогIу суна цу дийнахь, сайна суо цхьа воккха хетта, ишколера тхойша цIа догIуш, нене куьг а ца лоцуьйтуш.

 

Ишкол Iинал дехьа яра, тхуна дукха гена а йоцуш, биъ урам, Iин дитича.

Ишколе цхьайтта сахьт даьлча ваха везара, кхо сахьт даьлча, цIа а хоьцуш.

Нанас тIаьрсиган Iаьржа кIархаш эцнера суна, белшех уллу кIадин тIоьрмиг а тоьгуш.

Тхо – бераш – вовшашка хьуьйсура, цхьа а цхьаьнгге а дист а ца хуьлуш.

Нанас суна хIора дийнахь тIоьрмиг чу – хIинцца бой – сискалан мижарг буьллура, мацлур ву хьо, олий.

Уьш дукха а берашкахь а хуьлура, цхьаццаболчаьргахь хьокхам а хуьлуш.

Тхо юьрта йисттехь Iаш дара, тхуна лакхахь кхин урам а боцуш, Iина йисттехь лаьтта цIа доцург. Цу цIа чохь Iаш вара и Асхьаб а.

Iин дикка кIорга дара, чухула охьа жима хи а догIуш.

 

Цу Iин чохь гуттар а шишанийн тIассех ловзуш бераш хуьлура, сан хеннара, сол даккхий а, ишколе а ца доьлхуш: суна церан киншкаш а, тIоьрмигаш гуора бай тIехь Iохкуш.

Бераш а хьийзадора цара, шайл кегий бераш: сих-сиха цхьацца кIант гуора суна, къурдаш а деш, воьлхуш лаьтташ.

Со а кхоьру-у-уш волура цигахула тIех, генаваллалц юха а хьоьжуш.

Цхьана дийнахь, цаьрга дIа а хьоьжуш, со ишколе дIа воьдуш:

– ХIей, хьо йоьду мераIуьрг, оцу тIоьрмиг чохь хIун ю хьан? – мохь туьйхира соьга цхьамма, берашна юкъера схьа а кхайкхина.

– Хьан хIун бала бу, хьо ю-кх мераIуьрг! – элира ас, майра хила гIуртуш.

– Схьавоьл кхуза! – элира цо, куьг а ластийна.

– Хьо волахь иза схьа! – дуьхьал кхайкхира со.

Иза лакхара ведда охьа тIе веара:

– Схьалол тIоьрмиг! – аьлла, суна тIе а чевхаш.

– ДIаялахьа, – элира ас, – и бат харцахьайоккхур ю хьан! – аьлла, сайн тIоьрмиг тIехьа а лоцуш.

Цо тIоьрмиг дIаозийра, Iад схьа а лаьцна.

Ас дIа ца хоьцура.

Iад, тегначуьра, схьаиккхира, тIоьрмиг цуьнгахь а буьсуш.

 Со цунна тIекхийтира: «Хьан да хьакхийца!» – олуш.

 Соьга иза меттах а ца ваккхавелира.

Иза воккха вара, сол воккха.

Со цо вожийра, чоже буй тоьхна, са а ца даккхалуш.

Со дIасакерчара, шина куьйга чож а лаьцна.

Иза сан тIоьрмиг ченашла охьа а кхоьссина, мижаргах церг а етташ, дIаволавелча, со цунна букъ тIехьа тIекхийтира, къа а доьхуш.

Со букъа тIера дIа а кхоьссина, настаран дукъа тIе мийра тухуш, суо воллучохь охьахаийра цо со.

Ас цунна дена элира, дена а, нанна а.

Иза суна тIекхийтира, буйнаш а детташ.

Сан бетах цIий делира.

– Ас хIинцца сайн нана схьа а ялийна…хьан да хьакхийца… ас хьан болх… и хьан бат, – со воьлхуш, басех хьалатасавелира, сайн нене орца даккха.

– Ялае, хьайн нана а, хьайн ворхIе да а валаве! – кхайкхира иза сан букъатIехьашха.

Со ведда-ведда, басех хьала а ваьлла, новкъа дIавирзича, стаг дуьхьалвелира суна, и цхьа стаг, Iина йистехь Iашволу, ши куьг дIасадохуьйтуш, со мараволла санна, вела а велла:

– ХIун дина цунна, хIун дина кIантана…схьавоьл кхуза, ваша волчу! – олуш, со къевллина мара а вуллуш.

Ас воьлхуш, хиъ-хиъ деш, дIадийцира, бIаьрга чу буй а хьекхош.

– Суна гира хьо цунах леташ, дика летира хьо, кхера а ца луш, – элира цо, сан бат а цIанъеш.

– Со кхера ца велла, – элира ас, Iовгаш а уьдуш, – иза воккха вара, ас сайн нене…

– Хьо муха кхерало цунах, хьуна эхь ма ду! Хьан дена хьо кхеравеллийла хиъча…хьан да сан доттагI ма ву, дера ву, дика доттагI-м…

– Сан да вац, – элира ас, – сан да Казахстанехь велла, – аьлла, велха а озалуш.

– Хаьа суна, веллийла… сан доттагI вара иза… майра стаг вара! Казахстанехь хьан дех ваьхьаш цхьа  стаг вацара-кх хьуна! Со а кхоьрура цунах… ХIай, даьдисарг-яI, ма корта а тухур-кх цо, ма буй буьллура, ма леташ вара – иттанна еттара цо, дера еттара… схьавоьл, вайшимма хIинца уьйтIа дIа а вахана, хаза хьан юьхь а йилина, тIаккха вашас мерза Iаж а, кхор а белла, – цо со белш тIе куьг детташ, дIавигира шен керта.

Дуккха а Iежаш дара, сийна кхораш а.

Со Iаж баа охьа а хаийна, сан тIоьрмиган Iад дIатийгира цо, сиха-сиха суна вела а луш.

Со цIа ваха хьалагIаьттира, Iаж биъна ваьлча.

– ХIан-хIа, хьо цIа ваха мегар дац иштта я ишколе ваха а тахана… нанна гучувер ву хьо – балда дистина ду. Вайшимма хIун дийр ду хьуна аьлча, тIеда горгам тIе а Iуьттуш, хьан балда хьоуьйтур ду цкъа хьалха, тIаккха бераш ишколера цIа догIуш, церан тетрада тIера – тахана цара яздинарг, схьа а яздина, тIаккха хьо цIа вохуьйтур ву-кх вайшимма, – элира цо, – юха кхана, оцу хьайна тоьхначу кIантах лата а веза… со хьо ларвеш хир ву хьуна, кхузара охьа а хьоьжуш. Къар а ца луш, юха-юха а леташ, летар ву хьо цунах, воьддушехь тIе а вахана, буй а, корта а, мийра а тухуш, дика дуй?

Ас, дика ду, элира.

Со делкъа-хан хиллалц иза волчохь Iийра, хIума а юуш, бераш ишколера схьахеццалц.

Со иштта цIа а вахара, цо ма-бохху, цхьана кIентан тетрада тIера – нанна гучу ца вала – йоза схьа а яздина.

Иза вашас дира, и кIант чу  а кхайкхина.

 

Со сихха дIавижира сарахь, нанна гучуваларна кхоьруш, наб йогIу сайна а, аьлла.

Суна наб ца кхетара, вашас кхана оцу кIантах лата веза а, аьлла, суо цунах муха летар ву я айса цунна хIун дийр ду а ца хууш: и кIант сол воккха ма вара, дIатеттича, соьга меттах а ца ваккхалуш.

 «Ас воккха хилча, – элира ас айса-сайга, суо тевеш, – еттар ю-кх цунна, и бат-марш цIийх юзуш, хIинца ца йиттича ца мега, хIун бен ду мацца йиттича а, йиттичхьана!».

Ас цу Iуьйранна – суо самаваьлча – ишколе ца ваха сацам бира, я водахь а – гуобаьккхина ваха, Iин чухула а ца воьдуш.

Со кийра а лоцуш, дIасакерчира, нана гушшехь, боккха-боккха узар а беш, суо цомгаш хилча санна.

Муха, мичара, хIун лозу хаьттинчул тIаьхьа:

– Вижий Iилла, и ишкол-м цхьанхьа а гIур яцара! – элира нанас, со хьостуш.

Цхьайтта даллалц вижина Iилла хала дара чIогIа, арахь кхетта малх а болуш.

ШоллагIчу дийнахь а изза бала бара соьгахь, юха а, гIуо со цу ишколе я ма гIуо со, бохуш, ойланаш еш.

Нанас гIаттийра, ша хьуна чIепалгаш а дина, шура тоьхна чай а кечдеш, аьлла.

Ишколе ваха дийзира.

Буйнахь тIулг а ийцира ас, суо кертал араволуш. Юха, дIахьаьжча, ваша ву-кх, шен туьппалг тIехь хиъна Iаш. Со сихха – суо цунна гойтуш – юха а ваьлла, гуобаьккхина болчу новкъахула вахара ишколе, эхасахьтана тIаьхьа а вуьсуш.

Хьехархочо дов дира суна, кхин хьо тIаьхьависахь, ша нана ишколе кхойкхур ю, хьан, олуш.

КхоалгIачу дийнахь, тIоьрмиг чу нене мижарг а ца буьллуьйтуш – цу мижаргах хиллера суна хIара бала, – ишколе ваха, аьлла, со кертал араваьлча, ваша вацара гуьйриг тIехь.

Со сихха дIахьаьдира, иза чуьра аравалале, аьлла, ведда-ведда тIехъэккха. Со шен кертаца дIанислушшехь, ваша меллаша гучувелира, соьга хьоьжуш Iийча санна.

– Схьавоьл, схьавоьл…суна хаьара, хьо кечам беш вуйла, хьо кIант вуйла хаьара суна, вуьззина кIант, – элира цо, варий хьо, хьайна динарг дIадекха кечлуш?

– Вара, – ас пуьташ боьттира, бакъдерг ала а ца делла.

–Хьан да чIогIа воккхавийрвара хьох тахана, дера вара, – элира юха, – хьан да санна, доьналла долуш цхьа стаг вацар-кх хьуна цу Казахстанехь, дера вацара, цхьа лом дара-кх хьан да! – аьлла.

Сан дог деттадала доладелира.

Дог къамкъаргахь сецнера.

Суна лата лаьара, со лата ца ваьхьара, оцу кIанта юха а суо эшорна кхоьруш.

 

Со кхоьрура, суо тIе а вахана, цу кIантах лата.

Со иза вашига дIаала а кхоьрура, суо кхоьру, аьлла, цуьнга дIаала..

Вашас – юха-юха а гойтуш, – муха лата веза гайтира суна, тIехьахула тIекхетий, ворта лаца, кхин дIа а ца хоьцуш, аьлла.

– Со кхузара хьо ларвеш хир ву хьуна, дера хир ву, кхера ма лолахь, – велавелира ваши, со майраваккха, соьга куьг а делла, – мохь а хьоькхуш, латалахь цунах, лоьмо санна, мохь а бетташ!

 

Со меллаша, чIогIа садеIа а ца ваьхьаш, сайн тIоьрмиг охьа а биллина, – бен а доцуш санна хила, – гондIа а хьоьжуш, тIехьара тIевахара ловзуш дохкучу берашна, со иштта дIа, царна тIех а ваьлла, дIавоьдуш санна хетийта..

И кIант, цхьа гуола лаьтта а хIоттийна, тIассаш тIе тIулг бетташ воллура, тIассаш цхьацца тIекIелкхуьссуш.

Со тIехьара тIекхийтира цу кIантана, шина а куьйга, къоввлуш, ворта лаьцна, мохь а хьокхуш – вашас иштта аьллера соьга, хьуо леташ мел ву мохь хьекхалахь, тIаккха и кIант хьох чIогIох кхералур ву хьуна, аьлла.

 Тхойша лаьттахь керчара, ас мохь а хьоькхуш, цунна со мила ву а ца хууш.

Бераш, девдда, дIасалилхира, кхераделла.

КIанта куьйгашца сан коьртах каеттара, со лаца гIерташ. Ас ворта дIа ца хоьцура. ТIаьххьаре а цо, куьг тIехьа а даийтина, бага пIелг тесира суна, бат ятIо санна.

Сан куьйгаш маллуш дара, цо бат дукха озийна.

Иза карараволуш вара.

Со кхеравелира. Ас цIеххьана, сайн бат цуьнан пIелг тIаьхьа дIа а ядийна, пIелг цергашца лецира цуьнан, гIорий гIоддах – сайн ницкъ мел бу – цергаш тIеттIа а таIош.

Соьга мохь оьхура, велха а воьлхуш.

Бераш девдира, шайн тIоьрмигаш а, тIассаш а дитина, шай-шай хьалхавала а гIерташ.

КIант нене кхойкхура:

– Ва-а, наний, устаз! – бохуш.

Со цхьамма тIера хьалаайвира, кIантана тIера.

Ас вортий, пIелг ца хоьцура.

Со воьлхура, аххIинехь, хIун хилла а, я хIун ду а, суо мичахь ву а ца хууш.

Со вашин буйнахь вара, цо вортана тIера а лаьцна, кIантана тIера хьалаайича.

КIант лаьттахь керчара, пIелг лазийна куьг вукху куьйга хьала а лаьцна, кIеза санна, угIуш, нене кхойкхуш, дега, вешига.

 

Цу Iин чохь – тхан Iин чохь, бераш кхин – и бераш, – кхин тIассех а ца левзира.

 

ВогIура дера, дагавогIура, сан да санна – ден метта гергара хилла, ден доттагI ву ша, аьлла, со – бер шех тешийна волу бераллин да, ваша сайн – ден доттагI – Асхьаб… кхин дагара а ца велира, суо мел вехха цул тIаьхьа цкъа а…

Июнь, 20I8 шо

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика