«ЦIазамех а догIу цIий, лазийча…»

PDFПечатьE-mail

3999866

Магомаева Марем

 

 

«ЦIазамех а догIу цIий, лазийча…»

 

– Баба! Ахь, цхьамма олу-кх сох ПетIамат, – елакъежа, йоккхачу стагана уллехь, лохачу гIантахь хиъна Iа жима йоI. – Кхечара – Фатима, Фатима, Фатима…

         Цхьа хаза догIучу, жимачу, дагна хьаам беш, ловзуш Iеначу шовданах тарло цунна Бабас и цIе йоккхуш.

– ПетIамат... Мел хаза ю-кх хьан цIе! Бабига кхечу кепара ца алало. Къан ма елла со хIинца. Далла дуьхьалйоьду хан ю сан.

Фатимина хаьа, Веза-Воккхачу Дaлa, цкъацкъа, адамаш Ша волчу дIадуьгий. Делахь а Баба дIаяхийта-м ца лаьа цунна.

– Со а яийтахьа хьайца! – боху цо, – суна а лаьа хьоьца хила.

 

 

– Вай!.. Дала ма гойтийла суна и де! – кхераелча санна, маракъевлира Бабас йоI. – Хьо дуккха а, ирс долуш а яха езаш ма ю.

– Ма тамашийна ю хьо, Баба! Оцу дуьненахь иштта хаза а, дика а хилча, хIунда ца мега массо а адамашна цигахь даха?

– Далла лиънарг бен кхача йиш яц цига, – элира Бабас, – хIораннан шен-шен хан ю Цо йиллина.

Амма иза Фатимин кхетамехь цкъачунна къаьстина даьлла дац.

Диллинчу корехула доьлхучу беран аз хезира. Цунна тIаьххье:

– Фатима..а..а... – аьлла, ненан мохь беара.

ЙоьIан да дехачу дийнахь балхахь ву, ткъа мамига болх ца бало, иза цомгаш ю. ХIора шарахь дадас шен йоккхачу, киралелочу машенахь, больнице юьгу иза. ТIаккха дукха хан ялале, лоьраша жима кIант а лой, цIа йоуьйту. Кху шарахь, больнице йигначу мамина кIентий кхачийна а хилла, Хадижа  цIе а йолуш, йоI еллера цара. Фатимина-м дика хета иза. КIенташа месаш ийзош, цергаш юьхкуш, хьийзайора, я ла а ца дугIура. Ткъа Хадижа иштта яц, цунна дукхаеза Фатима. ХIинцале а ялх церг яьлла цунна. ЙоIа ша ягарйо уьш хIора дийнахь, керланиг яьллий хьожуш, ларъеш, мамина хазахетар дан лууш. Бакъду, иза дан а атта дац, самукъадаларал сиха оьгIазъяхар нисло цуьнан.

Хадижа ялийчахьана, Бабина уллера дIайигна, шена юххе йижайора иза мамас. Буьйсанаш хала йогIура. Пена йистехь, цкъа шеллой, церга тIе церг ца кхетара, тIаккха йовхонна са ца деIалора. Наггахь бен гIайба а ца кхочура. Буха тесначу дуткъачу юргIанах чекхдовлий, декъачу аннех диттина даккхий хьостамий Iитталора цуьнан озачу, жимачу дегIах. Бакъду, оцу цатемех ойла ян хан хиллане а хила-м ца хуьлура. Сахиллалц йоьлхура Хадижа. Дийнахь, дукха кIадлой, мама сама ца йолура, цундела, ага техкош, худар даош, чай мийлош, сахуьлура йоIанна. Малх схьакхетачу хенахь жимачу йишина наб кхеташшехь, чохь са доцуш санна, южура иза шен бекъачу метта.

Iуьйранна, вуон дIасатухий, озачу дегIах къаьстачу, ирачу пIендаршна юккъехула чудохуьйтучу мамин пIелгаша мерзачу, хазачу набаран туьйранах йоккхура иза. ОьгIазе, тIехIоттийна ши бIаьрг гуора цунна, ца кхетара шегара хIун даьлла а, мама оьгIазе хIунда ю а. Катухий боккха нуй схьаоьций, иза дIасабетта я пхьегIаш кегаян йолалора иза, ша хIун дича нийса хир ду ца хууш. ТIаккха самаволий, маьхьарца араводура ши ваша, схьахезара цара самаяьккхинчу жимачу Хадижин аз... Иштта дIадолалора Фатимин хIор керла де.

ТIаьхьарчу хенахь цуьнан тидам хуьлу, мамас бераш кара ховшош, хьоьстуш, церан  лерехь цхьацца хабар дуьйцуш. Фатимига олу дош даима а дера, оьгIазе, кIоршаме ду. ГIийла хьоьжу иза ненах хьерчачу Хадижига. Иштта гIийла хьоьжу йоIе Баба. Кхин тоха са а ца хуьлий, къахетар совдолий, елхаран къурдаш сецош, дехьа чу йолу иза. Наггахь Фатима йилхича, цо олу:

 – Хьо йоккха ма ю. Воккханиг хьоьстуш ма ца хуьлу...

Йоккханиг хила ца лаьа цунна. Цунна жима а, харцахьа а, Хадижех тера а хила лаьа. Цуьнан догъоьцуш, Бабас хьосту иза. Фатимин санна, кегийчу эзарнаш дегнаш чуьра ша башо тоьар яра Бабин бIаьргийн йовхо, цуьнан безам. Делахь а, хIинца а дикка шена а ца евза, цхьа шатайпа гIайгIа яра цуьнгахь.

Суьйренца Дада вогIу ларвора цо. Сагатдора. Сатосура, хьалха санна, кисанахь хьирчинчу йовлакхна юккъехь кампет я тIунъелла вафли цо яре, шен шагделла, цигаьркано маждина пIелгаш коьртах хьакхаре. Хьоме ду и куьг. Цхьа зама яра, Дада цIа ца веъча, Фатимина наб ца кхеташ, Бабас йиш локхуш:

   Волалахь сихонца,

   Хахкалахь хьайн машен,

   Хьан кIорни доьлхуш,

   Набарна бIаьргаш ца къовлуш,

   Хьоь хьоьжуш ду хьуна...

ЙоIера мохь болура. Елхаро са хададора. Дукха жима йоллушехь, хан яьллачу хенахь, юьрта чу йогIучу йоккхачу машенан гIовгIа хазаре сатосура. Цуьнан гIовгIа шена хезча, доллу дог а деший дIадолура, тохалой, кийрара схьаэккха мотталора цунна. Дада, воьлуш, тIевогIура. Шен шагделла, даккхий, цигаьркано маждинчу пIелгашца месаш ловзайора, коьртах куьг хьокхура. Эццахь, гIайгIано дIахьоьций, набкхетара цунна. ХIинца дукха хIуманаш хийцаделла. Дикка когаш тIехь техкаш, галвуьйлуш, шеца кIайчу хинан къаьхьа хьожа а  йохьуш вогIу хIинца Дада чу. IиндагIе санна, хьожу Фатимига. Цунна тIехдовлий, Хадижина тIехь совцу бIаьргаш. Хьирчина йовлакх кисанара схьа а доккхий, цу юккъера кампет дIало цо жимачу йоIанна. Бабина го Фатимин бIаьргаш чуьра гIайгIа. Иза лан а ца лой, юха а дехьа чу йоьду йоккха стаг.

Дадас чувогIуш тIоьрмиг беача, самукъадолий хьийза мама. Доьзал тIегуллой, къамеле болий, кегайо цу чуьра мерза хIумнаш. Мама, йоьлуш, Дадина гуонаха а хьийза, тахана бераша дина «диканаш» дуьйцуш цуьнга. ТIаккха Дадас уьш хьоьсту, шен караоьцу, барташ боху. Жим-жима улле хуьлу цунна Фатима а, амма Дадина иза ца го, тидам ца хуьлу, иза йоцуш санна, кегийчу берашца ловзу…

Бакъду, цхьатера ца йогIу хIор суьйре а. Карахь хIума а йоцуш, куьйгаш а ластийна чувеъча, оьгIазйоьдий, лен йолало мама, цу шиннан дов долу, берийн маьхьарий довлу. Дадас мамина туху, иза охьаюжу, Дадас когаца маьнги кIел кхуссу. ТIаккха, Баба сехьа чу йолий, церан барт бан гIерта, дехарш деш йоьлху, Дада сацо гIерта. Дадина иза а ца го. Кхералой, бераш а доьлху, Баба а, Бабех къахеташ Фатима а йоьлху.

ШолгIа де кхин а хала догIу. Мамас дов до цунна, дегI а дагош, туху. ЙоIанна хаьа, ша бехке юйла, амма ца кхета стенах боьзна бу и бехк.

 – Хьо йоккханиг ма ю, – олу юха а Бабас. Амма, юха а, юха а йоккханиг хила ца лаьа цунна.

Лаьа, жимма бераллах ловза, уьдуш, Iеначу шовданан хи чохь лийча, полларчий леца, догIучу аьхкенан мелачу догIанехула ида, тIаккха мерзачу набарна товжа… Лаьа, даима а тайнигех ловза. Массо а хIуманал уьш езарна, цаьрца де а, буьйса а даккха. Бабас, ша, наггахь тоьгу цунна уьш, тех еха месаш а еш. Цаьрца ловзуш самукъадолий, хан дIайоьду, дерриге а дицло. МоггIара Iачу тайнигашна цо дуьйцу тайп-тайпана туьйранаш, хьехарш до, дуьйцу шена хиллачу хазахетарех, халахетарех. Циггахь, диттах тевжжинчохь, наб а кхетий, дIайоьду генарчу, хазачу туьйранах терачу паналле… Юха а хеза мамас кхойкхуш, мохь бетташ, циггахь иза сама а йолу.  

Де делкъанга ластале туькана йохуьйтура Фатима. Ахча дагардан а Iеминера цунна. ДIасайоьдуш, шен цхьацца ойланаш еш, чIогIа самукъа а долура. Цхьана туьканара гIуллакх сихха чекхдоккхий, иза берийн тайнигаш а, ловзо хIуманаш а юхкучу туькана йоьдура. Йохкархочо араяккхалц цу чохь лаьттара, цаьрга хьоьжуш. ТIаккха цIа йоьдура. Иза яра цуьнан «къайле», цхьанна а ястаза йолу. Иштта, дукха хан йоццуш, туькана керла тайнигаш еанера. Царна юккъера цхьаъ гичхьана, синтемах яьллера иза. Буьйсанна юьжуш а, дийнахь сарралц а дагахь кхин хIума дацара йоIана, и тайниг йоцург. Цуьнан исбаьхьа хазалла дагара ца йолура: сийначу басахь ши бIаьрг, кIайн еха чIаба, тIера хаза сийна коч, иштта хаза мачаш… Туькана чоьхьайолий, ехха хьоьжуш лаьттий, цIехьа йоьдура Фатима, шен лаамаш цхьаьнгге а бийца ца хIуттуш.

Къегинчу гуьйрено цхьа хаза хийцамаш беара Фатимин дахаре. Иза школе деша яхара. Ялх шо кхаьчна дукха хан яцахь а, йоза Iамо лууш, книгашца гергарло долуш, кхетам сирла болуш иза хиларна, Бабас дехар дира дадига, йоIе дешийтахьара аьлла. Шен дагахь Баба-м иза жимма паргIатъяккха лууш а яра. Дуккха а хаза, керла хIуманаш ийцира Фатимина Бабас а, Дадас а. Уьш цуьнга тIеюхуьйтуш, доьлуш хьоьжура и шиъ, амма мама чу а ца еара, оццул йоIа сатийсарх, я хаза ю а, гIоза лелайойла а ца элира. ТIаьхьуо цунна хезара мамас Дадига: «Суна хIуьттаренна йохуьйтуш ма ю хьан нанас и йоI школе, хьалхе доллушехь. Суна чохь накъост оьший хуъушшехь…», – олуш. Цул тIаьхьа, и дешнаш дагара ца довлуш а ехха лийлира иза. 

Кестта дуьйладелира шийла догIанаш. Стигал Iийдалучу деноша, дог-ойла а шелйора йоьIан, сингаттам бохьура. Цул сов, дукха хан йоццуш, марахь Хадижа а йолуш, чуйогIуш, ког а шершина, охьаюьйжира, ност хадийра. Иза ца гайта, тиша горгам хьарчийра цо цунах. Жимачу йишин а куьг лазийра. Лоьрашна тIе йигча, цара куьг кагдина элира. Оцу буьйсанна дукха йилхира Фатима. ЧIогIа ност лозура цуьнан, цIий а ца соцура. Тишачу шаршух аса а яьккхина, дIайихкина, гIийла хьоьжура иза цIечу басе йоьрзучу шаршуга. Лозучу настаран бIаьрхиш хетаделира цунна цIийн тIадамаш. Ма чIогIа хила деза-кх и лазар… ШолгIачу буьйсанна, иштта, йилхира Хадижа а. Сахиллалц иза техкош, хьоьстуш, теян гIертарна гIора а кхачийна, йисинера йоI. Эххар а, дада веара чу. Цунна гира гIаддайначу Фатимин бIаьргаш а, йихкина ност а. Мамина дов а дина, иза самаяьккхира цо. Катоьхнна, Фатимин карара Хадижа схьа а эцна, мамига дIакховдийна, мохь хьаькхира:

– Нана ю хьо я яц?!  Дог дан а дац хьан? Елла Iуьллуш яций хьо?

Цу шиннан дов дала далларх кхетта йоI, меллаша голаш тIехь аратекхна, Баба йолчу яхара. Сихха цунна улле хьала а яьлла, бовхачу метта а керчина, Бабин мерзачу йовхонах дIахьаьрчира. Дерриге а вуонаш дицделира. КIедачу меттахь дегIанна там а хилла, елакъажар даьржира юьхь тIехула. Ши бIаьрг хьаббелира. Цуьнан доцачу дахарехь мел хилларг а дуьхьалтосуш, наб озийра, ойланаш вовшахъийна, дIахьулъелира… ДуьхьалхIуьттура школа, хаза кIайн, бабас эцна бантикаш, керла бес-бесара къоламаш, йоьлху Хадижа, оьгIазъяхана мама, бабин къинхетаме бIаьргаш, ченах ийна некъаш, цIенош, урамаш, туьканаш, тайнигаш… ши бIаьрг схьабиллира цо. Тайниг… Цо сатуьйсу хаза тайниг. ЦIеххьана, цхьамма дIаэцна хиларх кхераелира, амма юха а даго хьоьхура, иза шен хир ю бохуш. Наб яйра. «Хар» дечу бабас ойланаш кегайора цуьнан, цундела йоIа меллаша пхьаьрсан гола а Iоьттина, муьшка йира цунна.

– Баба… – кхайкхира иза. – Баба, хезий хьуна?

– ХIу-у-у? – ца кхийтира Баба.

– Баба, самаялахьа…

– ХIун хилла? – цецъелира Баба.

– Вайн берийн туькана керла тайниг ма еана.

Баба йист ца хуьлура.

– Хезий хьуна, Баба?

– Еана? Ма дика ду…

Фатима а тийна Iуьллура.

– Мел хаза ю хаьий хьуна иза, – Бабин дог детталуш хаалора йоIанна. – Хезий хьуна, Баба? ЧIогIа хаза а ю, хаза кечъелла а ю.

– ХIа? Дика ду. ДIайижа.

Фатима Бабина тIетаьIира.

– Эцахьа суна иза! Оьцур юй ахь? Баба, йистхила!

Бабас, набарха ца ялалуш, балдаш вовшахтуьйхира.

– Эца? Дика ду. Оьцур ю, пенси схьаделчахьана. ДIайижахьа, ПетIамат.

Хазахеттачу, хезначух там хиллачу йоIанна набкхийтира.

ХIор а догIу де лардора цо. Маца тIекхочур-те и пенси схьаоьцу де? Шел хьалха эцна, тайниг цхьамма дIаяхьарна кхоьруш, сагатдеш, сих-сиха Бабина тIе а йогIуш, олура цо:

– Баба, схьа ца ло хьуна цара пенси? Хьожуш хилалахь, йиц ма лолахь.

Иштта дIаоьхура денош. ДIаделира Iа а, цул тIаьхьа бIаьсте а. Аьхкенан тов хаьвзира. Цхьана Iуьйранна хьалххе хьалагIаьттина, цхьацца кечамаш бан йолаелира Баба. Дог диллина Iачу йоьIан тидам а ца хилира оцу тIехь. Чуеанчу мамига ша пенси схьаэца йоьдуш хилар хаийтира цо. Эццахь дог-ойла юха а карзахе хилла, гуонаха хьийза йолаелира Фатима Бабина. Шен тишачу тIорказа чуьра баьццарчу хуьтан коч схьаийцира цо. Цуьнца цхьаьна, сийна-къорза, чечакх йолу кортали а, дукха лелийна, гIеххьа басабаьлла ши кIарх а, овкъаран басахь ши пазат а. Иза дара Бабин арайолуш а, белхаре я хьошалгIа йоьдуш а тIедуху духар.

Шен карара нуй дIа а кхоьссина, цунна тIеедира Фатима, амма Баба иза шеца йига ца хIуттуш, ойланашка елира. ТIаьххьара а мамига дийхира, накъосталлина йоI яийтахьара шеца аьлла.

Бабас чIогIа хала бора некъ. Сих-сиха шен дечиган Iасанна тIетевжий, садоIуш соцура я некъа йистехь, нехан кетIахь лаьттачу гIанта я юьстахо Iуьллучу тIулга тIе лахлора. ДIакхочучу хенахь, Бабас дицдина паспорт схьадан юхаяха дийзира Фатимин. Эххар а, де делкъанга лестинчу хенахь, и шиъ почте дIакхечира. Йоза-дешар цахуучу Бабас, кехат тIехь ручканца масех билгало а хIоттийна, ахча схьаийцира. Почти чуьра араяьлча, туьканаш йолчу агIорхьа а ца йоьдуш, цIехьа боьду некъ юьхьарлецира цо. ЙоьIан дог тохаделира. Шегахь йолу ерриге а майралла гулйина, цо элира:

– Баба, вайшиъ туькана ца йоьду?

– Муьлхачу туькана? – цецъелира йоккха стаг.

– Тайнигаш юхкучу туькана. Хаза тайниг эца.

Баба сецира.

– Вай-кх, ПетIамат, ма оьцур яра хьуна иза бабас. Делахь а, со чIогIа цомгаш ю, лела ца ло. Лоьраша молханаш оьшу аьлла суна. Уьш ца хилча, Баба лелалур яц. Юург яа а деза, хьан йишин куьг а чолакх дисса кхерам бу, боху, дарба ца леладахь, ткъа вайгахь, хIара пенси доцург, кхин ахча ма дац.

– Ахь оьцур ду ма-аьллера… Дукха хан ма ю… – гIийла хезира йоьIан аз. Шен бIаьргех девлла хиш цхьанна а ца гайта, корта охьабахийтира цо.

Бабина, яллал, къахийтира цунах. Юха а йирзина, туька йолчу агIор дIайолаелира иза. Чоьхьаяьлла а ялале, йохкархочун гIопастанна тIеедда,  мохь белира Фатимин.

– И ю хьуна иза, Баба! Хьажахьа! Гой хьуна?! Гой хьуна, мел хаза ю иза!

Бабас меллаша къамел долийра йохкархочуьнца, наггахь йоьIан агIор гIийла схьа а хьожуш.

– ПетIамат, – тIаьххьара а тIейийхира цо йоI. – ПетIамат, и чIогIа еза тайниг ю. Цунах сан доллу пенси дIадала дезар ду, ткъа вайн иза дойла яц. Сан аьтто бац иза хьуна эца. Хьо кхетий ас дуьйцучух?

ЙоIа меллаша корта таIийра. Йист ца хуьлуш, юха а бIаьргаш чу хIиттина хиш ца гойтуш, Бабина тIаьхьа араелира иза.

– Ас хIуш эций хьуна?

– ХIан-хIа, – меллаша элира йоIа.

–  СегIаз?

Фатимас хьалха санна, гIийла корта ластийра.

Базаран керта улле кхаьчначу Бабина, корта а хьаьвзина, цIеххьана чIогIа вон хилира. Халла гIантана тIехилла, охьалахъелира иза, бевзачу зударша гIо а деш. Цуьнан когашка гIийла лахъелира Фатима а. Бабас хих къурд а бина, ши ког дIахийцира, амма цIеххьана йоIах ка а тоьхна, маракъевлира иза. Буйнаш а дина, юлаелла, озийна пха санна, дIахIоьттира Баба. Дуьххьара хуьлуш дацара цуьнгахь иштта хьал. Цунах кхетта йоI а дIасахьежа юьйлира. Дукха хан ялале и сингаттам хьовзаран бахьана гучу а делира. Дехьо лаьттачу шина зудчух цхьаъ евзира цунна. ЧIогIа тайна а, хаза а яра иза. Тойина, кечйина еха месаш а, сийначу басахь, бIаьрхишца цхьаьна дуьйлуш, хьоьжуш, сирла даккхий бIаьргаш а, лекха дуткъа дегI а долуш. Иза иштта исбаьхьа йоллушехь, Баба чIогIа кхоьрура цунах: эго а, огIазе а, кIоршаме хила а йолалора. ЙоIанна лаахь а, цуьнан агIор дIахьажа а ца магадора цо. Фатимина хазахетара и зуда. Къаьсттана, и шега схьа а хьожуш, цуьнан сих-сиха елакъажар.

Гонаха цхьа шатайпа «гIугI» доладелира. Зударийн цхьана тобано Бабина гобира, ткъа важа тоба дехьо сецира, улле схьа а ца хуьлуш, кIелдIахула цуьнга схьа а хьоьжуш. Шена вон хилла хилар дицделла баба, халла, керт лоцуш, тIаккха Фатимех тасалуш, хьалагIаьттина, йоьIан куьг дIа ца хоьцуш, цIехьа йолаелира.

– Сиха… Сиха… – олура цо, цхьанхьа тIаьхьаюьсуш санна, – сиха йоьллахь, ПетIамат!.. Сиха йоьллахь!..

Болар сихдинна йоьдучу цу шинна тIаьхьа цхьамма мохь туьйхира. Бабина иза ца хезира. Юхахьаьжначу Фатимина гира, куьйгаш лестош, шайна тIаьхьаедда йогIу цхьа зуда.

– Баба… Баба… Кхойкху хьоьга… Баба… – бохура йоIа, дуьне а ца гуш йоьдучу йоккхачу стаге.

Эххар, шега бохучух кхетта Баба юхахьаьжна, резайоцуш, сецира. ЙоIанна цуьнан юьхь тIехь оьгIазалла а, гIайгIа а хааелира. Йовхонехь, юьхь тIехула охьаоьху хьацар куьйгаца дIаса а хьоькхуш, некъан чан гIаттийна, уьдуш йогIура зуда, буйнахь боккха кехатан тIоьрмиг а болуш.

– ХIун боху ахь? – аьлла, зуда тIе а кхачале мохь туьйхира Бабас. – ХIун ала йогIуш ю хьо?

– Собар дехьа цкъа, – бохура зудчо, – тIекхачийтахьа… ХIан!.. – Фатимига дIакховдийра цо тIоьрмиг. – Схьаэца, догдикахиларг! Яа хьайна…

ЙоI Бабига дIахьаьжира, схьаэца ца хIуттуш.

– Схьаэца! Схьаэца! – ела а къежаш, цуьнан кара дIабелира зудчо тIоьрмиг.

– ХIун ю цу чохь? – оьгIазе хаьттира Бабас. – ХIун ю ахь цу алмазера схьаэцнарг?

– И хIун бохург ду!? Сан бала бац, алмаз шуьшиннах муьлххарг делахь а… ЦIазамаш ду цу чохь…

– Оьшуш дац кхунна цуьнан цIазамаш. Со уьш ца эцалуш ю моьтту цунна!?

– Суна ца хаьа, цунна хIун моьтту, амма хьо хIинца харцо юьйцуш юй-м хаьа суна. Бер ма ду иза… даийта мегар дац ахь цуьнга уьш!?

– Хьан бала бац! – мохь белира Бабин. – Оьшуш дац кхунна цуьнгара я цIазамаш а, я цхьа хIума а… Кхийтирий хьо!? Иштта дIаалалахь цуьнга, хIорш дIа а луш.

Оззийна Фатимин карара тIоьрмиг схьа а баьккхина, зудчуьнга дIакховдийра цо.

– ДIало!

– Сан-м гIуллакх дац иза дIабала, хьайна лаахь, айххьа дIало! Бакъду, хьайх къа латош-м ю хьо.

Зудчо тIоьрмигах ца тоха, ши куьг букъа тIехьа лецира. Ткъа Бабас иза, ласттийна, некъа йисте дIакхоьссира. Ястаеллачу бертигехула аракерчира масех цIазам. Лазийначу церан мутт, Iаьнначу цIийх тера, кехатан тIоьрмиг цIечу басе берзош, ченах дIаийра. «ЦIазамех а догIу цIий, лазийча», – йоьIана коьрте хьаьвзира. Къахийтира царах.  Цхьана мIаьргонна тийналла хIоьттира. Iадийча санна, бIаьргаш цIазамашна тIе а боьгIна лаьттара уьш. Фатима меллаша цкъа зудчуьнга хьаьжира, тIаккха – Бабига. Цара тидам ца бира, цуьнан хих дуьзначу бIаьргийн. Мелачу махо схьаеанчу цIазамийн мерзачу хьожано цергех хи а далийтира цуьнан, амма уьш ченалахь, шайн «цIийлахь», Iехка дисира.

Денош дIаоьхура. Хиллачух кхин дош ца олура я Бабас, я Фатимас. Кхин тайниг хьахо а ца хIуттура йоI. Хьахо хьовха, туькана яхча, иза ган а ца гора, цхьа тамашина дегIе зуз догIий, вон хетара. Гуьйре тIеера. ШолгIачу классе Фатима школе яхара. Стохкалера яцъелла, белшашкахь гатъела, басана макхъелла коч а, кога юьйхина, шен йоIанна кегий а хилла, лулахочо елла мачаш а дара цуьнан «керла» духар. Шина вашас къоламаш а хьекхна, цхьа агIо ятIа а йина, Бабас дIатегна бара портфель а. Дуьххьара, дIадаханчу шарахь школе йоьдуш санна, дог-ойла а яцара самукъане.

Цхьана дийнахь чIогIа догIанца мох а баьлла, сагатделла Баба школе тIаьхьа яхара цунна. Массо а бер арадаьллачул тIаьхьа елира йоI школа чуьра ара. Лами тIехь сецира. Бабех бIаьрг ца кхетара цуьнан, амма йоккхачу стагана гира иза цIехьа ян сиха цахилар. Стигала хьожуш, догIучу догIане хьожуш, лаьттира йоI, берриге а дIасабовллалц. Бабас, мохь а тоьхна, тIейийхира. Меллаша цIехьа йолаелира и шиъ.

«ХIаъ…», «ХIан-хIа…» дара йоIа хаттаршна луш долу жоьпаш. Кхечу Бабин къамелана дуьхьал: «Дика ду...» олура, ела къежара. Эххар а, Бабас элира:

– ПетIамат, суна диц ца делла и тайниг хьуна езар. Ас оьцур ю хьуна иза.

– Дика ду, – корта таIийра йоIа.

– Дукха дехахь а, оьцур ю.

– Баккъал а оьцур юй? – жимма соцунгIа а хилла, хаьттира цо. – Маца?

– Хьан бархI шо кхочуш.

– Маца кхочур ду сан иза? Маца хир ду иза?

Бабас шен мерах куьг хьаькхира.

– Дадига хатта деза. ХIун де ду ца хаьа суна. Iа дарий-м хаьа суна. Диллина доккха ло а долуш, чIогIа шийла яра.

– Ло деача, хуур дуй?

– Хуур ду, – жоп делира Бабас.

Цул тIаьхьа хIор де, Iа тIедаре, ло дилларе сатуьйсуш, доьдура Фатимин. Дадас а элира, и муьлха де ду, амма тIе ца кхочуш дIайолура хан, цундела ло дуьллу лардора цо, шена билггал хуур ду аьлла, хеташ.

Цхьана дийнахь мама мерза яахIуманаш еш, цхьацца кечамаш бан йолаелира. Самукъадаьлла а яра иза. Хадижа а яра самукъадаьлла, цунна мамас хаза коч а эцнера. Суьйранна дада а веара, жимма когаш тIехь техкаш, боккха тIоьрмиг а бохьуш. Стоьла тIе биллира иза. Бераш тIедевдира. Вежарша Фатима, дIа а теттина, охьайожийра. Ша хьалагIоттуш, цунна гира тIоьрмига чуьра дадас схьаоьцу кампеташ, печенеш, лимонад. Мама йоьлура, гонаха хьийзара дадина, бераш а дара, иштта, самукъадаьлла хьийзаш, вон лелаш, маьхьарий хьоькхуш. Дадас уьш хьоьстура, Хадижа кара а хаийна, маракъуьйлура. Охьаюжуш гIантах дIакхетта куьг, цIелетта догура. Охьахьаьжча, гира цунах цIий даьллий. ЦIеххьана, аьхка Бабас дIакхоьссинчу тIоьрмига чуьра цIазамаш дагадаьхкира цунна. Иштта цIечу басахь, цIийх тера дара-кх царах даьлла мутт а.

Цхьа тамашийна сахьийза доладелира цуьнан. Меллаша Дадина улле а яхана, дIахIоьттира иза. Жимма тIетаьIира. Дада ца кхийтира цо лоьхург йовхо, дог хьастар дуйла. Цо тидам а ца бора, ойла а ца йора цуьнан.

– Ялол, Фатима, куршка юззий хи дал Дадина. Арара далахь. Шийланиг. Тахана вайн Хадижа йина де ду. Деза де ду. Даздийр ду вай, – элира цо

– Йина де… – делира цуьнгара.

– Хи дал Дадина, – юха а элира дадас, гIеххьа аз ойуш.

Мамин тиша тужурка тIе а кхоьллина, яккхий калош а такхийна, кертарчу чIинта  тIе яхара иза, йоккха куршка а эцна. Хи ца Iано гIерташ, меллаша йогIура юха, цхьацца ког а боккхуш. ЦIеххьана, цхьа гезгамаша хьакхалуш санна, хийтира цунна. Юха а, юха а. Фатима сецира. БIаьргаш стигала хьалахьовсийра цо. Гезгамаша бацара иза. Уьш даккхий лайн чимаш дара, хьийзаш, луьстадовлуш, стигалара чухецаделла, охьадогIуш. «Ло!.. ло!.. ло!..» кийрахь мохь белира цуьнан. Куршка охьаюьйжира. Сихха чоьхьаедда, Дадина тIеедда, катоьхна цуьнан куьг схьалаьцна:

– Дада… дада… Ло догIу… ло догIу вайна… – элира цо. 

Дада, цецваьлла, вистхила кхиале:

– Дада… сан йина де… маца ду сан йина де? – аьлла, мохь белира цуьнан. – Бабас ма бохура ло диллича, хир ду…

Дада, ойлане а хилла, сецира.

– Сан бархI шо кхочур ду ма элира цо, ло диллича.

– БархI шо? Хьан бархI шо кхаьчна-кх, йоI, бутт хьалха, – элира дас.

– Муха?! Муха кхаьчна?! Суна ма ца хиира иза… – елхаран къурдаш кхин сеца ца дора цо я мамин оьгIазе хьежар тергал а ца дора. – Ло хIинца бен догIуш ма дац, дада.

Шен холчухIоттар дахьа меттиг йоцуш, Бабин чу хьаьдира иза.

– Баба!.. Баба!... Ахь ма элира тайниг оьцур ю, бархI шо кхаьчча… Баба…баба… – сацаелира, аз лахдеш. – Баба!..

Лаьтта охьакхаьчна кхозура бабин ши ког. Коьртарчу йовлакх бухара гучуевлла, кегаелла къежъелла месаш а, къарзийна тIебаьлла ши бIаьрг а, йоккха гIаттийна бага а йолуш, шен маьнги тIехь ирчачу суьртехь Iуьллура иза. Цуьнан ши куьг шуьйра дIасадаржийна дара: – Со бехке ма яц!.. Сан бехк ма бац!.. ПетIамат!.. ПетIамат!.. – цо бохуш санна.

Массо а дIасауьдуш бара. Доккха охьадиллинчу а, тIеоьхучу а лайлахь, шелонна хебаш, лаьттара боьрша нах. Царна юкъахь воьхна, лаьтташ дада а вара. Чохь боьлхучу зударийн маьхьарий хезара. ГIийла лайне хьоьжуш лаьттара Фатима, сих-сиха тIунлучу бIаьргех буйнаш а хьоькхуш. Баба дехьа чохь яра. Цу чу ца йитира иза зударша. НеIIаргара араяьккхира. Геннара цхьа хаза узам беара диллинчу кевнех чу. Кестта, олуш назма а йолуш, йоккха тоба еара керта. Оцу назман мукъам дагах а кхетта сахаьдда, йилхира йоI. Уьш Баба дIайига богIуш бара. Дукха хан ялале, баьццарчу куза юккъе а хьарчийна, дIаяьхира цара иза. Берриге а боьлхуш, тIаьхьабевлира. Массара а, новкъара дIайоккхуш, тIехьатеттина Фатима ша йисира лайлахь латта. Шелоно къийзадора куьйгийн а, когийн а пIелгаш. Стигала хьалахьаьжира иза. Ло догIучуьра сецнера. ГIийла кхеттера шийла Iаьнан малх.

Дуккха а лаьттира иза туьканан кора хьалха, чоьхьаяла ца хIуттуш. Эххар а, Iен ца елла неI схьайиллира, чоьхьаелира. Ша кху чохь хилаза эзар шо даьлла хеталора цунна. Дан а дара иза иштта. Йохкархо, елаелла, тIееара цунна. Марайоьллира.

– Хьо, ца йогIуш, ма хьееллера, – элира цо. – ХIун деш ю хьо?

Фатима елакъежира, йистхила эхь хийтира цунна. Хьалха тайниг лаьттинчу агIор дIахьаьжира иза. Цу хенахь санна, хаза, тайна лаьттара иза шен меттехь, кхунна сагатдеш хилча санна. Юха а, дерриге дицделла, хьоьжура йоI цуьнга. Ша ирс долуш хетара, и шена юха а гуш.

– ПетIамат! – аьлла, Бабас санна цIе а йоккхуш, вистхилира цхьаъ йоIе. – ПетIамат!

Меллаша юхахьаьжначу цунна, мацах цкъа цIазамаш эцна зуда гира. Цуьнан сийначу, хазачу бIаьргех шен бIаьрг кхетча, юьйхира иза, кхераелла, дIасахьаьжира. Амма зуда сих ца луш, ела а къежаш, улле еара. Бабех кадам а бира цо.

– Са-м ца гатдо ахь? – хаьттира. – Дала иштта шена везарг дIа ма вуьгий, – элира. – Елха ма елхалахь. Баба паргIатъяьлла хир ю, хIумма лаза а ца лозуш.

Йохкархо йилхира цу шинга а хьаьжна. Ша хIун эр ду а я ша хIун дан деза а ца хууш, охьахьоьжуш лаьттара Фатима. Зудчо шен хазачу куьйгашца схьалецира цуьнан ши куьг, цунна хьалха когаш тIе охьа а лахъелла, кегий куьйгаш шен юьхьа тIе даьхьира. Хьалахьаьжначу йоIанна, дукха хан йоццуш делакъежна сийна бIаьргаш хих дуьзна гира, тIаккха, даккхий тIадамаш юьхьа тIехула охьахьовдуш. Шена хорам бинарг а, ша йохийнарг а хIун ду а ца хууш, йилхира Фатима а. ЧIоггIа йилхира, мохь а болуш. Цхьа тамашийна гергара хетара и зуда, цунна уллехь хеталора дог паргIата а, токхе а.

– ПетIамат, – элира цо, – хIун езара хьуна хIокху туьканара?

ЙоI йист ца хуьлуш, лаьтта хьоьжура.

– ПетIамат! – юха а йисхилира зуда… – Ала соьга! ХIун еза хьуна?

ГIийла корта ластийра цо, елхар юхатоха гIерташ, шена ницкъ а беш.

– ХIумма а ца еза… ХIумма а ца оьшу, – элира меллаша.

– Суна хаьа, – йистхилира йохкархо. – ЧIогIа дика хаьа, цунна хIун еза а, хIун хазахета а. Ши шо зама ю иза хIокху туькана а йогIий, дIогарчу тайниге хьоьжу.

Фатимин куьг дIа а ца хоьцуш, зуда хьалагIаьттина, гIопастана улле яхара.

– Муьлханиг? – хаьттира цо. – Схьагайтал!

Йохкархочо, схьа а эцна, хаза тайниг тIееара. Иза улле а кхачале, дог цхьа тамашийна деттадала доладелира Фатимин, схьаэккха гIерташ санна. Сийна бIаьргаш долчу зудчо, каралаьцна, хьажа а хьаьжна, схьакховдийра цуьнга тайниг.

– Схьаэца!

Куьйгаш меттах а ца дохуш, хьала а ца хьожуш, лаьттара иза.

– Схьаэца, ПетIамат! Схьаэца! – карайиллира цо тайниг. Юха, йохкархочунна тIе а яхана, кхин а цхьа тайниг а, гIутакх дуьззина берийн пхьегIаш а ийцира цунна.

Боккха тIоьрмиг маракъуьйлуш, берриге а дуьненан лазам а, бохам а бицбелла, дахаран а, дуьненан бахам ша карахь хьош бу моьттуш, дIайолаелира йоI.

– Нана – нана ю-кх… – йохкархочо олуш хезира цунна.

НеIарехь сацаелира, юхахьаьжира. Сийна бIаьргаш хих дуьзна дара. Делахь а, бераллин амалехь ма-хиллара, кхин шена хезначунна ойлаяр а доцуш, араяьлла, дIаяхара иза.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика