Аьхкенан догIа

PDFПечатьE-mail

orig

 

ИСМАИЛОВ Абу

 

Аьхкенан догIа

 

Юха а карийна бицбелла могIа,

Бераллин урамехь уьдуш ву со…

ЦIеххьана долало аьхкенан догIа,

Дагахь а доццушехь вашаво цо.

 

Уьду со бер санна, Iаьмнаш чу лелхаш,

Iаламан беркато цIандина дог.

Ткъа стигал? Стигал ю суна

                                   тIе йоьлхуш.

ХIун бала бу-техьа балхориг цо?

 

 

Хетало, вайн латта мара а къуьйлуш,

Къеначу наношка хьоьжуш ю и,

ГIийлачу бIаьргийн аз

                        дагах чекхдуьйлуш,

Шега цо гулдина цу бIаьргийн хи.

 

Тахана елхалахь, елхалахь стигал.

ДогIанца яйалахь бохаман цIе.

ТIеман суй хIаллакбеш, кхиийта цигахь –

Машаран лаьтта тIехь, зезагаш цIен!

 

 

ГIатта, ойла

 

Мерза гIенаш гуора суна гIенах.

Моьттуш вара – дахар хала дац.

Амма, хьийзаш кху чехкачу хьерахь,

Хаьа хIинца, суо хиллийла харц.

 

Шуьйра тIемаш тохий, гIатта, ойла,

Дуьне толлуш дIасайолало,

Лаьттах мотт беш, тIулгех еш хьайн гIовла,

Iама, йовза, иэшае хало.

 

Дагийна тIай

 

– Хьо жима, жима ву, – элира ахь.

Ткъа суна-м хетара суо воккха къуонах,

Моьттура, эшначохь ахь хаам бахь,

Айса хьо ларйийр ю массо а вуонах.

 

ХIунда ца хьовзийра букара дарц,

ХIунда ца хезира стигалан къовкъар,

Цу сарахь хьайн даге хьо лийча харц,

Хьо яхча цIеххьана хаьржинчу новкъа?

 

Ма атта, ма атта хадийра вай

Бераллин догцIенчу безамах ловзар.

Вай цуьнца дазийна чиллана тай.

Иза а хедира, ма хиларг гIоза!

 

Мохо дIаядийра заманан йист –

– Хаьдда тай айира, хIаваэхь хьовзош.

ХIунда ца хилира со хьоьга вист,

Лаьттачохь сайгара тен юьхьиг ловзош?

 

… Хийламмо хийлаза лехна и тай,

Шад бина, ши юьхьиг вовшахтаса гIерташ.

… Овкъарлахь Iуьллу ахь дагийна тIай,

Къестадеш вайшиннан дахаран бердаш.

 

Безаман лазам

 

Хьолан да ву, аьлла дац ас хьоьга.

Дегайовхо – берриг бахам бу.

Ирсан дари шалха тайца тоьгу,

Цхьалха хилча, иза хедар ду.

 

Вайна юккъе ма йолийта херо,

Хиэ а доькъу лаьмнаш къестадеш.

Хила вайша шина куьйгах терра –

Цхьаммо важа дуьлуш, доладеш.

 

Хила вайша цхьаьна деган лазам.

Шиннех цхьаьний бен

                        ца болуш дIа.

Хир ю тIаккха

                        хIора бIаьсте хаза,

Атта ловр ду шийла догIу Iа.

 

Лаьттан йиш

 

Хезний хьуна, хьоме доттагI

Лаьтто лоькху башха йиш?

Хезар ю, хьо хьалхе гIаттахь.

Тергалдахь ахь лаьмнаш, хиш.

 

ХIора дийнахь хеза вайна

Цуьнан мукъам дегнаш чохь.

Цу мукъамца ойла тайна,

Мерзаш декош хьоькху мох.

 

Олхазарша вовшийн хьестар;

ТIулгаш цIубдеш доьду хи;

ХIора бецан хелиг лестар;

Цунна тIера лепа тхи; –

 

– Дерриг иза, кхин а дукха,

Дийцина ца валлал а,

Лаьтто лоькху эшарш ю-кха,

Ткъа хезаш-м яц хьанна а.

 

Кхолламан совгIат

 

Хьаьж юккъе, сиз хуьлуш, дижийта шо.

Хилийта хIора васт сан дагахь лаьтташ.

Дахаро доIанна ца делла жоп.

Замано готуьйсу, чехка берг етташ.

 

Дийр дац ас тахана кхолламан арз,

Цо суна даларна хьо санна совгIат.

Хазийта сан лерехь хьайн мерза аз,

Хуьлуьйтуш бIаьстенан гIа-бецан гIовгIа.

 

Мерзачу набарха со хьуна гур ву,

Довхачу лазарца хьан дагчохь вуьсуш.

Бу вайшиъ дIалаьцнарг безаман гура.

Цхьаний гIур ду вайша, хенаца къуьйсуш.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика