Безамо йина чов ерзалуш яц

PDFПечатьE-mail

1

ДЖЕБИЕВ Хьусейн

 

Безамо йина чов ерзалуш яц

 

Безамо марзонца

Латийна цIе

Яйначохь ирс хеда,

Дегнаш а ле.

Бодано кхоладо

Массо а де,

ГIайгIанца кхачайо

Буьйсанаш тIе.

 

 

Ша висча, кхолламан

Ойланаш йо,

Сатийсам даханчу

Деношка хьо.

Геналле мел хьийжи

Дайна ирс го,

Сингаттам совбуьйлу,

Дог делхадо.

 

Iаламан хазаллин

Терго ца йо,

Эшарийн аьзнаша

Шовкъе ца во,

Тишделла дахар а

Къага ца ло,

Массо а диканех

Цо хадаво.

 

Велаво, велхаво,

Стигланийн Iаьршашка

Цо кхачаво,

СабIарздой, дийнаха

Тардо цхьа шо,

Цкъа хьостий, дуьненан

Ирс хьоьга ло.

 

Маржа яI, безам, хьан

Ницкъ онда бу,

Ахь хьостуш, догIу де

Ма ирсе ду!

Лакхаллехь хоьтуьйтуш

Латтийна гу,

Лахбина, тетти ахь

Бердаха чу.

 

 

Къаьхьа кхоллам

 

Вайн безамаш серлонца багийна аьлла,

Жималло вайн дегнех латийна цIе.

Йовхонца яьгначохь суй леха ваьлла,

Ойлано вузийна къурдашца Iа.

 

Мел хаза дара хьо, гIийла сурт, хьалха!

Велавеш догIура массо а де,

Дахаран некъаца вацара цхьалха,

Ахь хIунда хийци вайн бIаьстенца Iа?

 

Гайтахьа жовхIарийн карийна майда,

Безам ахь бухкуш, са яьлла пайда.

БIаьрзечу механна дохко а юьйлуш,

Елха-м ца лиънера, кхолламна луьйш.

 

Кхетий хьо, къастаран бехк хьенан хилла,

ХIунда ю дегнашца шийланиг чилла?

Харцонаш хьулйина, ца дезаш хIилла,

Безаман гIаролехь лаьттира со.

 

Ма хьийза, йовлакхца бIаьрхиш а лехьош,

Хьо гаро вагийна лаьттачу со,

Iийжа дог шекдоцчу кепе а долуш,

Хала ду хьан елхар, ца вухуш, лан.

 

Ца хезна аз

 

Мерзачу набарха хеназа йохуш,

Безаман ойлано хьийзиний хьо?

Суьйренца шовданехь гой-техьа, бохуш,

Сатийсам гулбина, ларвиний со?

 

Серлонца стигланан сийналла кхолуш,

Iаламе шен зIаьнарш малхо а ло,

Ирс эца хазаллех дахаран олуш,

Даймехкан сибат а кхелина го.

 

ГIийлачу ойланийн йийсарехь йоцуш

Хьаьстина дикано биллинехь го,

Карийнехь миноташ, со дагца воцуш

Билгало къастаран бирзина муо.

 

Безачу баланийн мохь сайга оьцуш,

Гулйина шерийн чот ас сайца хьо,

Сох кхета, догъэца, хьаста стаг воцуш,

Къоналлех дIадели масийтта шо.

 

Дахаран хьесапаш цецеха луьйсуш,

ГIалаташ замано гулдина схьа.

Харцонан гIулчанна дохко а вуьйлуш,

Яханчу къоналле сатуьйсуш Iа.

 

Баркалла, ойланаш ирсехьа кхоьхьуш,

Хаз а деш, дахарехь хиларна хьо.

Кхоьру, сайн лааме кхача йиш йоцуш,

Хьоьгарчу безамах хадарна со.

 

Керла шо

 

ДIахила, шорбе хелхаран гуо!

Боьлачийн ирсе яххьаш го,

Хьовсийша, догIу керла шо,

Дахаре лаам ойбу цуо.

 

Даггара дезаш, оха хьо

Лерамца тхешан хьаша до,

Марша да, маьрша керла шо,

Вонех хьо лардеш хила тхо.

 

Ма гайта нанойн бIаьргех хи,

Iийжаме дегнаш, бала кхин,

Вонех Iабош, харцо ги,

Зезагца гайта жовхIарш-тхи.

 

Дегнашка сирла безам луо,

Собарца даха кхетам луо,

Дицдина дерриш, берзош муо

Доьдучу шаре ахь дIа луо.

 

Даймахке ийман, беркат да,

ХIора а виэхьа ирсан да,

Эцахьа гIайгIа дегнашкара дIа,

Деана совгIат кховдош схьа!

 

Кхолламан некъаш

 

Юха а диканца къега сан денош,

Безамо шегара керла ницкъ луш,

Шелделла даг тIе маьлхан нур Iенош,

Йийшина ойланаш лакхенга хьуш.

 

Сан миска ойланаш кхоьлина хилла,

Хетало сов башха, самукъне сирла.

Кхолламан ирсечу некъах а тилла,

ДIаели дилхинчу дагтIера чилла.

 

Толаме дирзина ямарта хIилла,

Къаста вай лиъначийн лаам а гуш.

Баланийн гуонехь со-м йийсар а хилла,

Ма холчахIуьттура вайн безам леш.

 

Тешамца кхолламе керла некъ буьллуш,

Сирлачу дахаре даржийна тIемаш,

Шовданах цIанделла дегнаш а доьлуш,

Сох кхета юьйли хьо, амалца Iемаш.

 

Къахьонца кечбина къастаран кхача

Биъначийн йиш хили безаме кхача,

Юха а латийна цIе марсаяха,

Ирсанна хастаме баркалла баха.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика