Лаьмнашна майраниш беза

PDFПечатьE-mail

250px-Шейх Мансур на коне

Макалов Шамсудди

 

Лаьмнашна майраниш беза

(Кхаа декъехь, барх1 суьртахь драма)

 

Дакъалоцурш:

 

1. Батакъ – Шотойн наиб – 45шо

2. Халисат – цуьнан нана – 65шо

3. ХумпIар – наибан гIоьнча – 30шо

4. Сурайп – коьрта къеда – 46шо

5. Залуба – Сурайпан зуда, – 40шо

6. Бикату – йисна зуда – 55шо

7. Iайшат – Бикатун йоI–I9шо

8. Асет – Бикатун лулахо – 20шо

9. Сийна-БIаьрг – муртазекъийн бIаьнча – 35шо

10. Буота – наиб, оьрсашкахьа ваьлла – 42шо

11. Имам Шемал – 60шо

12. Сайда-Хьажа – таллархо – 40шо

13. Дуга – чIаьнтийн тхьамда – 45 шо

Эпизодашкахь: муртазекъаш, бIаьхой, нах.

 

 

Хилам дIабоьду Шемалан заманахь.

 

 

Хьалхара дакъа

 

Хьалхара сурт

 

Аьхкенан хан. Iуьйре. Ламанан юрт. Наибан резиденци. Кертахула герз карахь лела муртазекъаш. Зрительни зала чуьра го тоъал хаза кечйина наибан белхан чоь. Аьтту агIорхьа стол, стоьла тIехь ши-кхо тептар, горгали. Стоьла тIехьа, пенан бахалла, хьалатоьхна гIазотан баьццара байракх. Стоьлана аьрру агIорхьа хIиттийна гIанташ. Сценин кIоргехь кор. Аравала неI-аьрру агIорхьа. Кирхьа делладалале гIийла назма йолало:

Субхьана раббика, веза ву Дела,

Ва раббил Iийзати, цIена ву Дела,

Возаллин, цIеналлин да хилар бакъ ма ду,

Хьо цунах тешалахь, я ибна Адам!

Маликех тешалахь, Делан лайш хиларна,

Элчанех тешалахь, дин кхайкхош бахкарна,

КIорIанах тешалахь, я ибна Адам!

Кирхьа деллало. Стоьла хьалха Iаш ву Батакъ, гIеметтахIоьттина, дегIана хесаро стаг. Цуьнан коьртахь чола куй бу. Даккхий мекхаш ду, сирдала доьлла, йоца маж… Цунна уллехь хиъна Iаш ву ХумпIар, карахь шедан кхаж а къуьйлуш.

 

Ӏ

Б а т а к ъ: Цхьа-ши кIира хьалха вайша дийцинчух хIумма а диний ахь? Маса стаг ву хьан оьрнаш чохь?

ХумпIар: Цкъачунна кхоъ бен вац.

Б а т а к ъ (Резавоцуш): Сов кIезиг. Хьан уггар йоккха гIалатло, хIума юккъе доккхий, и дитар ю. Вайн шийтта юрт ю. ХIора юьртах чекхваьлла хила везара хьо.

Хумп1ар: ВаллахI Iазмор, со сайн ма-хуьллу ахь бохург дан ма гIерта, амма вайнехан Iедалехь шайн сий дойуш хIума хета-кх иза нахана. Иэхь лору. «И ворхIе а стигал, ворхIе а латта цхьаьнакхетахь а…» олий, дIахIуьтту. Суьйлийчохь хIара гIуллакх чекхдалахь а, нохчо – нохчо хилаза ма ца вуьсу. Цхьана аьршанца дуста ма ца деза. ЦадогIург хета нахана вай долийнарг. Беккъа цхьа борша нах белахьара-м цхьаъ хила а мегара. Зударша йоккха IалагIожа йоккху. Оф-вай! Ма хьаштдоцург ду-кх аша суна тIетеIориг.

Б а т а к ъ: Нохчашна юккъехь лелаш нохчийн гIилакхаш дуйла хаьа суна.

Ас къобалдеш хIума дац иза. ХIетте а, имаман омра кхочуш ца дича ца довлу вай. И лакхара охьа омра дуйла дIахаийта деза. Нах кхето беза. Чов ца еш, даг тIе ца кхочу. Озабезамаш хила ца беза. Вай ледара хила мегар дац. ЧIирхой бу суна цергаш хьекхош. Амма со ца кхоьру. ТIом – тIом бу. Шотой резабоций хаьа суна. Амма имамо бохург ца дича вай ца довлу. Цу гIуллакхо вай де а дохо оьшуш дац.

Х у м п I а р (доккха са а даьккхина): Дика ду. Со кхетта.

Б а т а к ъ: И гIуллакх кханнехь дIадоло деза. Хьуна ма-хаъара, гIина

диллина кIант ву вай долчу вогIуш. Кхузахь шен омра кхочуш муха до хаа луур ду цунна.

Х у м п I а р: Хирг хир! Тховссехь уьш дIаязбан аравер ву-кх со. Цхьана агIор, чIогIа доккха ирс хета суна цу нехан.

Б а т а к ъ: ХIунда?

Х у м п I а р: Цу ор чохь майрра шайна езачун я везачун цIе яккха йиш

ю-кх церан.

Б а т а к ъ (велалой): И бакъ ду. Вукха агIор – доккха таIзар делахь а.

Чуволу муртазекъ.

М у р т а з е к ъ: Сурайп схьакхаьчна.

Б а т а к ъ: Дика ду. Чувола, ала. (ХумпIаре) Цуьнца цхьажимма къамел дара сан.

М у р т а з е к ъ: ХIокху сахьта олу. (ДIавоьду)

Х у м п I а р: Со араволу. Чам бац сан цу стагаца. И сира, ира бIаьргаш …

Б а т а к ъ: ГIуо, хIета.

(ХумпIар араволу. Жимма хан яьлча чоьхьаволу Сурайп. Доцца дитина маж-мекх, коьртахь кIайн куй, карахь Iаса)

С у р а й п: Ассалам Iалайкум!

Батакъ (хьалагIоттуш): Ва Iалайкум салам, марша вогIийла хьо! Схьанехьа вала, охьахаа.

С у р а й п: Маршалла лолда везачу Дала! Халисат хIун деш ю? Могуш юй хIара?

Б а т а к ъ: АлхьамдулиллахI! Далла бу хастам! Нана дика Iаш ю.

С у р а й п: Ахь со кхайкхийтирий схьа?

Б а т а к ъ: Хьо эшнера суна. ХIара кехат дешал, цул тIаьхьа дер вай вешан къамел. (Тептар юккъера схьаоьций, кехат дIакховдадо.)

С у р а й п: Бакъахьа хир ду. (БIаьргашна хьалха лоций, кехат деша хIутту).

Б а т а к ъ: Деша ахь, хаза паргIат…

С у р а й п (цец а волуш): ХIахI? Шемал вац Шуьйта ван гIерташ?

Батакъ (корта таIош): ТIаккха ткъа.

С у р а й п: Вайн дог ахка гIерта имам. Ша ТIатIин зурманаш лекхчий а, шена хетарг хуьлучуьра даьллехь а. Цуьнан тIатIарий ма ца оьшу мацаллах бецашца хьалхабуьйлучарна…

Б а т а к ъ (резавоцуш): Нохчи мацалла велла олуш ца хезна суна, я сагIа дехна олуш а ца хезна вайн къомах волчу стага цкъа а. Иза вайн Iадат ду. И мацалла хIотто лерина, вайн ялташ, докъарш, хьаннаш ягош оьрсий бу. Вайн даьхни дIакхуьйлу. Цаьрца тайна болу зуламхой а бу лергана уллехь шайн зурма лоькхуш.

С у р а й п: Мухха а делахь а, дош дац, Батакъ, вай лелош дерг. ТIехь бедар, когахь мача яц. Даа рицкъа дац, меца, дера бу нах. ХьошалгIа воьдург а долчуьнга коч-хечий доьхий воьду. Iай, аьхка а когашIуьйра лела вайн бераш. Иштта дуй иза? ХIун дика дина Шемала вайна? Паччахьца бо тIом цунна марзбеллехь а, нахана Iаламат базбелла. ЦIийнах-цIарах ваьлла хийла да, ваьлла бевза-безарех, хаьдда безамах-ирсах. Кестта дика дехар ду аьллий имамо цкъа а? ТIом, тIом… кIордийна тIом. Карахь-куьйгахь дац нехан. Къоьлла «къикъ» бохуш бу. Балано сийсадо лаьмнаш. Доьзалш дIауьдуш бу оьрсий болчу. Аларх-бахарх гIуллакх хуьлуш дац. Цхьа Делан лаам, орца хьалха ца далахь, ас ма элира алалахь…

Б а т а к ъ (карзахе): Собар, собар, Сурайп! Хьан бага шера юй хаьа суна. Ма дийца, деца хьуна, хьаштдоцург. ЗарзъеллайогIу хьан ойла. Каш ахка гIерта шу имамна. Имам вохийна, шекаран гIайракхех бердаш лешо гIерта шу? Хьоьца кIалдаш яар хир дац сан. Хьайн багадеънарг дуьйцу зама ма яц хIара. Ахь дуьйцург марах ма долийла хьуна.

С у р а й п: Далахь а, ца далахь а, валлахIи-биллахIи, ас дуьйцург бакъ-м ду. И суьйли дIавалахь, ялсаманин суьртахь го суна хиндолу вайн дахар. Хьоьга ойла яйта а дуьйцу ас хIара. Дерриг вайн къам, са малхадала ца дуьтуш, кегориг ву имам. Иза кестта вужуш гIан го суна. Гуттар а ца хуьлу моллина мовлад. Цунах кхета веза хьо.

Б а т а к ъ (меттахъхьовш): Иштта ма ала. Нийсачу новкъа ца уьйзу ахь. ХIун берзан гIулг даьлла-техьа вайшинна юккъехула? Хьо-м Iедало хIоттийна коьрта къеда вай. ТIехула тIе, ахь а иштта аьлча, нехан хIун бехк бу, Iад санна булабелла Iаш болчу? Ир-бир аьлла, царна юкъахь ма делахь хIара тайпа къамел. Ахь со цецваьккхина. Варе-варе, Дала ларвойла хьо! Инналиллахь, хьо боккха болх! Иштта а истангах топ йина Iаш бу хьуна нах. Хьалха санна, дагах дог тоьхна, агIонах агIо а тоьхна, цхьа барт болуш хIунда вац вайшиъ? Вовшийн багара сискалш а йохуш, хаза хан текхна ма вара вайшиъ. Хьо-м кийчча хилла, зIок санна, дуьхьалверза. Ма Iовжий ахь сан дог! Шемал сан воккха хьаша ву. Цуьнан доьзал шина шарахь Iийна сан хIусамехь, ГIуш-коьртахь. Ташу-Хьаьжа, наибаш: Шоип, Iийса, Iалха, масане кхиберш кхаьчна меттигаш ю хIорш. ХIинца, имаман когашка цIе яла йоьлча, и дIатаса веза ас? Ца веза. Ямарт хила бакъо яц шотойн Батакъан. ГIуллакх Делан карахь ду. Тахана дерг кхана дац. Дала мукъалахь, Дала ша цхьана хорша дерзийна, юхакогахIотта мегий иза-м. Хьажал кху кехате. (Кехат дIакховдадо). Ша дуучу ялтин а, дIадуьйчу хIуманан а гIо дийр ду боху имамо. Цундела, лар йохий ма хьийзахьа...Хьо-м вайн лаьмнашкахь шарI чIагIдан дезаш волу стаг вай.

С у р а й п: Батакъ, со дика кхета. Со воьхна вац. Кога-ирахIоьттичахьана цхьаьна ву вайша. Со кхетамах ца ваьлла. ТIехула мухха велахь а, дагца хьан накъост ву хьуна со! (Кехат а доьший, ша-шега: шен когаш хьалабина Iаш волчу имамо нахана гIо дийр ду бохург бакъ дац. Балди тIе дума хьекха Iемина имам.)

Б а т а к ъ: Дагаяийтал ДаьргIа. Воронцовн эскаршна кIелонаш еш, царах даммар-дарц деш, вайшимма йиттина йорт. Дагалацал, Слепцов вай сацийна, Iалхина гIо деш. Ма зама яр-кх иза (шен голаш тIе куьй гаш а тухий.) Везан Дела, хьуна бу-кх хастам! Ца яхна хьуна вайн жималла эрна. ДаьргIара, Делан Iад хIоттийна, эккха ма дира вай и йовссар. Нохчмахка дина тIелатар мерах даьккхира оьрсашна. Иштта Шелан агIо ларъярехь а гIара ма бевлира шотой. ДагавогIий хьуна шелахойн ТIелхаг?

С у р а й п: Хетта а хоьттий ахь?!

Б а т а к ъ: Оьрсийн эскаран боккхачу ницкъе дийнахь-буса а са ца доIуьйтуш, ас мел доккха гIо дира цунна. ХIетте а, со санна волчу кIанте шен йоI ца йоуьйтуш, Шемал шен захало хила лиира цунна. Оьрсаша Ахульгохь амалтана вигначу цуьнан кIанте, Джамалдине, яхийтира. Иза а вара хьуна, гуьржийн эластунех хийцина, цIавалийна.

С у р а й п: Сара ярий цу йоьIан цIе? ДагайогIу суна.

Б а т а к ъ: Яра-те. Со ваъал везаш ма яра иза. Дуьйцуш товш дацахь а хийла соьга хи тIе кхайкхина яра иза. Ткъа хIинца хIун хили. Имаман кIант цамгарх вели, йоI, жоьра йисина, тишъелла лелаш ю.

С у р а й п: Дуй-деца хьуна, хьо санна нуц хиллехь хIун оьшура цунна! Имаман кIант велахь а, оьрсаша кхиийна вара.

Б а т а к ъ: Со хIун ала гIерта аьлча, хIетахь вай цхьаъ дара. И дара хьуна дош! Ткъа хIинца херо хаало. Ас терго йина.

С у р а й п: Хьо-м, гарехь, экха тергалдо иччархо санна, суна тIе турмал ерзийна, со тергалвеш Iаш хилла. Вай цадезачара дохучу ловсакх хабаршка ла ма дегIа.

Б а т а к ъ: Хьуна хала ма хета. Вайна дIабоьдуш тIом бу. Суна хIора стагах хIун доллу хаа деза. Маршо новкъахь Iуьллуш яц. Иза цIийца йоккху. Назвай ваьлла вехаш цхьа а вац хIинца. Хуьлу-хуьлуш хилла хелиг.

С у р а й п (коьртара куй схьа а боккхий, хьаж тIехула хьала куьг а хьокхий):

Э-хIай, гIабакхан тIам лаца цу хабаро! Ас-м хьоьга сайна маршо ца еза ца бохурий! Ма мотталахь, со оьрсашкахьа узуш ву. Суна, хьуна санна, дукхабеза хьуна уьш. Хьан санна, сан а бу хьуна уьш мостагIий. Кхетий хьо? Сан хьох лачкъийна хIуммаъ дац. Со, машар хилийта, гечо лоьхуш ву. Вайн Мехк-Кхиэл ю некъ лоьхуш. Кху чохь вайшиъ бен цхьа а вац, цундела хьоьга-хьайгга боху ас: имам хьан хьаша, доттагI велахь а, иза коьртехь мел ву и машар хир бац.

Б а т а к ъ: Машар хилийта, оьрсий къарбан беза. Ахь имам дукха бехкевеш, реза вац со. Иза-м имам вай! Цуьнан ала, дан, хаа, дерзо дезарш корта буьззина дукха дай. Цхьабакъду, нохчех тIаьхьарчу хенахь башха тешаш-м вац иза. Дош аьлча а ца могуьйту. Шеко ю.

С у р а й п (аз айина): Гой хьуна. ХIинца вовшах кхеташ лаьтта вайшиъ! И ала ма гIерта со а. Ша нохчаша вина имам хилар а, Ахульго а сиха йицъелла цунна. Хьанеха-минеха аьллера бохуш, хьапур-чупар кегош, вайнах дIа а бохуш, гобаьккхина шен суьйлий дIахIиттош ву. Хьо кхузахь наиб воллушехь, цIийнах хьийса суьйлий богIу. Дош дуй, нийса дуй иза?

Б а т а к ъ: Ткъа бехк буй цуьнан? Цуьнан гIуллакх тишлуш дуй хууш, бIаьрга тIе бIаьрг а боьгIуш, дуьхьалбуьйлу цхьаболу вайн гаурш. Соьца церан маслаIат хир дац. Уьш – зIуганан бен, хьан, сан тайпана белахь а. Шемална кIел ког туьйсуш, бартбан гIерта оьрсашца. И ца хилийта ма гIерта Шемал, массо нохчийн наиб, тхьамда а гулвина, кхеташо ян. Вай ницкъ ма-кхоччу сийдеш, тIеэца веза вайн имам. Дала Iалашвойла иза. Ас вайн тIемалошца къамел дийр ду, ткъа ахь вайн кIоштахь бу боху Iеламнах вовшахтоха беза.

С у р а й п (ша-шега): ХIора шолгIаниг вейтина имама. ХIора шолгIаниг дуьненна тIе ца валийтина. ХIара бала беана. Стенна оьцуш ву, сел вазвина, тIе? (Батакъе) ХIета а, вета а иза-м ца дича ца долуш гIуллакх ду. Иза-м вай цу стиглан Iаьрчашка воккхур ву, айина.

Б а т а к ъ: Варе, хьожуш хилахь! Имам ца лерича а, вай долчу гулбала безаш дехьа-сехьара уггаре а бу боху кIентий бу хьуна, ша-ша эвлаяъ вац аьлча, лата чугIертар болуш. Царна юкъехь хир ву хьуна бенойн БайсагIар, шелахойн ТIелхаг, гиххойн Сайдулла, мичкахойн СоIду, веданхойн Эдал, чIаьнтийн Хьамзат, иштта кхин а. Доцца аьлча, ву аьлла мел хета къонах.

С у р а й п: Уьш Мусин гIожмел дукха хилахь а, тIеоьцур бу-кх вай. Шотой даима хилла хьаша комаьрша тIеоьцуш. Цхьабакъду, закатна хIума яккха еза йолчаьргара. Амма йолуш берш тахана дукха-м бац. ХьаьжкIан кана баккха а хала ду.

Б а т а к ъ: Цунна са ма гатде ахь. Цу гIуллакхна арабаьхна нах бу.

С у р а й п (велалой): Делахь-хIета, нана денцIера йогIу, схьагулло эр ду-кх вай. Iе, хIета. Кхин хIума дацахь, со дIа араволу. (Араволу).

Б а т а к ъ (хьалагIоттий, чухула волалой, нахехьа а воьрзий): Йокъа хIоьттинчу махкана догIа санна, тахана вайна оьшург цхьабарт бу шуна!

 

Кирхьа.

 

ШолгIа сурт

Суьйре. Урам некъ. Бикатун керт. Аьтту агIор цIенойн пен бу. Аьрру агIор, хасбеш дIакъастош аннийн керт ю, дуьххьал серийн ринжа а долуш. ЦIийнан маьIIера гучуйолу Iайшат. ТIехь божарийн барзакъ, коьртахь куй, юкъах йихкина йоккха шаьлта. Цунна тIаьххье гучуйолу Бикату.

Б и к а т у: Ахь хIун до, ва йоI?

I а й ш а т: Сайн говрана тIаьхьа йоьду-кх, суьйре ма ю вайна.

Б и к а т у (резайоцуш): И хIун духар ду хьуна тIехь дерг? Ас мосазза аьлла хьоьга?

I а й ш а т: ОхI-вай, нана, ахь соьга хIун де боху-теша? (дегабааме)

Са легашка кхачийна-кх ахь сан. Сайна тIехь товш делахь а, дацахь а, ас лелор ду-кх хIара духар. Ма хьийзаехьа со. ХIун вон дина хьуна кху духаро?

Б и к а т у: Цу Делан Вазлора лелор дац-кха! (ЙоIана тIе а йоьрзий.) Хьо ма яха еха! Оьзда, батта чохь хила ма еза йоI. Суна-м нахах эхь хетий, хьо иштта лелаш. Ванах, хьо Iовдал ю? Iовдалчунна маIаш йовлуш хилча, хьуна уьш тоххарехь евлла хир яра. Дош-м, КъорIанора, дацара уппада яллалц хьуна бишка ца оьзча! Хьайн кхо ваша дийна хилча, айхьа цалелор дерг хIунда леладо ахь? Къа ца хета хьуна сох? Хьо-м тIаьхь-тIаьхьа телхаш лаьтта. Хьо маре ца ло бохуш, яла а, йола а ца юьтуш, хьийза ма йо со Iедало, имаман цхьа луьра омра ду бохуш. Хьо Дала ма нисъярг, цаьрга хьуо ор чу кхоссийта йоллу хьо? ХIай, дуй гIуо хьох! Иммансиз!

I а й ш а т (ца ешаш): ХIичIийчI! Кхаж балахьара шайн! Ма хабар дар-кха иза! Со хIунда кхуссуш ю ор чу? ТIам тIехь вийна сан кхо ваша ца тоьа царна?.. Сан вежарий, Дала гIазот къобалдойла шун! Шун хIуманаш ю ас тIеюьйхинарш, сайн са шуьца долу дела. Кхара гIора, ницкъ ло суна. БIаьллангах таьлланг санна, сан дегIах аьхна хьерча хIорш. Ва нанас йинарг яла шун, ваша волчух хьоьгуш лела йити-кх аша со, ма хеназа дити-кх аша хIара маьлхан дуьне. Шун чIир эццалц, хIара духар суна тIехь хир ду, я со маре а гIур яц. Цу везачу вайн Далла тоьшалца дуй буу ас. Нана, ахь бехк ма билла, хIара суна тIера барзакъ хьоьга лалуш дацахь, Дала гIоли йойла хьуна.

Б и к а т у: Вай, хастам хила хьуна, ахь дийриг хIун Iовдал къамел ду?! ЦIоз санна дукха болу гIазкхий хьоьга муха бало хIаллак?

I а й ш а т: Со тIаме гIур ю. Гур ду хьуна, со цхьана дийнахь, тIап-аьлла йовш, гIамарла боьжна хин тIадам санна. ХIетталц ас гIо дийр ду хьуна дуьйш, хьокхуш, оруш.

Б и к а т у (йоIе къаьрззина хьаьжна): Ахь хIун дуьйцу ?! ДIаяла дIа, и хьайн Iовдал бегаш а ца беш. Ца го хьуна хIаллакьхилла хьайн кхо ваша. Iехийна, дIавигна. ХIинца мила ву, вайшиъ йоцург, уьш дагабогIуш? Нана яла церан. Шелахь и кхоъ вийна аьлла, шийла кхаъ кхаьчча ца иккхина сан дог стенах дина хилла-техьа? Мел эсала кхо ваша вара хьан, ма дукха езара царна хьо!

I а й ш а т (нене хьоьжуш): Ас доькхур ду хьуна иза-м, ас бекхам оьцур бу. Сан тешамечу герзо лоцур бу мостагIий.

Б и к а т у (йоIана тIечевхаш): Хьий, дIаэца Дала хьо, гIам! И тайпа хабар хьоьгахь бен хезна дац суна. Хьуна моьттучу кепара эцалур бац бекхам. Ахь иттех гIазкхий вийча а, дац кхин толур хIума. Бекхам Дала ша оьцур бу. Цунна дика го бехкеверг а. Цунна го юьхьиг а, йист а ца гучу кху тIамо хIаллакдеш долу вайн къам. ДIахьажал, вайн эвлахь наггахь жима стаг ца висна. Машар безнарг паргIат ваьхна, йоI, ткъа дов дезнарг – хIаллакьхилла. Сатоха. Вежарий-м нехан а байиний, хьуна цхьанна тIекхаьчна Iаш бац хIара бала. Леш бу хIинца а, дужу гIа санна. Шорта ду кешнийн баьрзнаш.

I а й ш а т (корта а ойуш): Ас чIагIо йина, ас дуй биъна, нана. Ас дуй биъна дуьнен чу са кхуллуш гIоттучу малхах, дIо лекхачу Башломах, хенал хьалха лаьтта эгначу сайн вежарех. Сан йиш яц, хьан кучан юх а лаьцна, Iен.

Б и к а т у: ХIаъ, йоI, ма лее эрна бага. Хир доцург ду хьуна ахь дуьйцург. Ас юха а боху хьоьга, хьо-м, Дала дIаэцарг, йоI яй, хьан меттиг суна юххехь я хьайн цIийнадена уллехь ю. Хьуна Сурайпе а аьлла, жайна даккхийта деза. Хьо тилла стаг ю. ХIара дуьне, кхин тIе а, суна Iарждеш, къахьдеш ю-кх хьо денна.

I а й ш а т: Нана, ма алахьа иштта. Суна хьо дукха ма еза. Шек ма яла хьо, сайга ца лалун болу мохь бац хьуна ас сайна тIеийзориг. Ахь бохург а деш, кху цIахь ца Iело-кх со.

Б и к а т у: Елин хьо дийцина? ХIай, ма сатта хьо хьала!

I а й ш а т (йиш локху):

Маржа яI, сан миска, нана,

Хьо сох хIунда ца кхета?

Со – хьан йоI – ю кийча тIамна,

МостагIчун кан тийсийта.

ТIаме гIур ю, бекхам эца,

Суна тIаьхьа ма елха.

Сарахь, корах хьоьжуш ара,

Везчу Деле со еха!...

Б и к а т у: Хьайн и йир эций, къайладала лачкъаза дисина шайтIа. Корта хьере бина ахь сан. Хьо тIаме йиггал кIелвисина ца хета суна Шотойн Батакъ, хезий юхайогIу).

…бай тIехь байракх ва етташ,

БIо ловзу Шемал.

БIона хьалха ва вуьйлуш

Дин ловзу Шемал…

Ой…дай…я-да-да, дай-да…да-дай…

(ХумпIар хьалха а волуш гучубовлу муртазекъаш. Бикату а, Iайшат а цаьрга хьожу).

Х у м п I а р (ринжа а доьллуш): Де дика хуьлда хьан, Бикату.

Б и к а т у: Далла воьзийла.

Х I у м п I а р: (леррина Iайшат бIаьргаш Делора, ян а ма ю! Делан КъорIанора, кхуьнан шерачу, хазачу юьхь-чкъуьйригах бен хIара евзар ма яцара суна. ХIара куьйса стаг мичара ваьлла-те бохуш, хьоьжура со кхуьнга.

I а й ш а т: БIаьрг сирла хи а ю!

Б и к а т у: ХумпIар, шу лаа дуй?

Х у м п I а р: Гой хьуна, Бикату. Шуьйта вогIуш имам ву…

Б и к а т у: Дика ду-кх, тIаккха.

Х у м п I а р: Дика-м дара иза… цуьнца дуккха мехкадай а, мурдаш а, суьйлийчуьра хьеший а хир бу. Ткъа имам, къамкъарг лаьцна вай буйнахь латтош волу, Батакъна а, вайна а реза вац. Реза вац, шен омра кхузахь дуьззина кхочуш ца до бохуш. Дала тIехIоттийнчу Iедало бохург дан ма деза ас, ахь, вай массара а. Цундела, ка ма-йоллу Iуьргаш дIадукъа аьлла, арадаьхна тхо наиба.

Б и к а т у: Ткъа кхин хIун дан деза вай? Цхьаъ санна кхоъ дIа ма веллера ас.

Х у м п I а р: Бикату, ахь суна бехк ма билла, цу гIуллакхна, кху керта ца ван ас хIуъа а дийр дара. Лаьттан буха гIойла со, и бакъ дацахь!

I а й ш а т: Татин гота а йитий, доцца алал, хIун оьшу шуна.

Б и к а т у: ЙоI, сацаел хьайн багин кIаркIар.

Х у м п I а р: Пхийтта шо кхаьчначу йоIана тIехь маре яхар ду. Зуда цаялориг я маре цагIуриг ор чу бухку, чохь даьккхинчу хIора денна тIера гIуда а тухуш. Бикату, хIара хьан йоI, Iайшат, царна юкъахь а ю. Тхо Батакъан омра кхочушдан даьхкина, ткъа хIора цуьнан буьйр – Имаман дош а, гIуллакх ду. Имам схьакхачале, цхьа тап-марха ян гIерта вайн наиб. Шен дерг а, доцург а хьалха дилла ма деза цуьнан.

Б и к а т у (оьгIазе): Шайн белхан кIайдаргаш къайлайохуш ду-кх шу?

Х у м п I а р: Бикату, ма хьежахьа соьга иштта. Деллахьа, ма хьежа. Сайга де аьлларг кхочуш ца дича ма ца волу со. Со-м Iедалан стаг вай. Азаллера схьадогIуш ду хIара иштта: цхьамма омра до, ткъа вукхо – кхочушдо. ХIара бертахь я бертаза дIа а йигна, кхуьнга ша маре яха резайолчу стеган цIе ца яккхийтича ца довлу тхо, ткъа оцу стагана тIехь хIара дIайигар ду.

1 - м у р т а з е к ъ: (воьлуш). ЙоI, хьайн десара, сан цIе ма яккхалахь. Хьо санна коча тесна шиъ ю хьуна вайн цIахь.

2 - м у р т а з е к ъ: (сакъераделла). Со-м вац, хьо санна, вухур волуш. ГIаз тIаьхьа хьаьдча, Бека а ца воьхна. Цхьабакъду, и сайн бухарниг кхуо, шаьлта йиттина, атарна-м кхоьру со.

3 - м у р т а з е к ъ: Дали КъорIанор, хIара яло ваьхьаш верг майра стаг хила-м веза. ДIо стигал тIе харцийла суна, хIара сте я боьрша еле а, сан ков ягIу елахь.

(Цабашарца буьйлу).

I а й ш а т: Сацийтал! Чам боцуш ду шу. Шайна со ца карайо эр ду аша.

Х у м п I а р: Ой, муха эр ду, тхуна хьо гуш хилча?! Хьокхий кхиссахь а, хIара болх бан безаш ду-кх тхо.

Б и к а т у: Селхана-буса цхьа гIан гира сунна. Цо дог дегош яра со. Дала тоьхначунна наха а, ца кхоьруш, тухуш хилла-кх. Ва Везан Дела! ХIун гIуда ду Ахь сох хьарчийнарг? Кху кертахь цхьа боьрша хIума йисна елхьара, лелор дацара аша хIара. Хьо доккха хIума! Убар санна, кху кертахь суо йиса еза со?

I а й ш а т: Нана, шек ма яла хьо! Со цхьаъ тоьар ю хьуна кхеран пес йохъян. Кху кертара, лар йоьхна, гIур бу хьуна хIорш. Кхин шапаIат дац. ПирIуна лаьмнаш хьалха хIиттадарх, со кхаьрца дIагIур яц, я цкъачунна маре а гIур яц. Стиглара седа баккха санна, хала хир ду со кху кертара араяккха.

Х у м п I а р: Ватта-пхьид! Цо дуьйцург! Iовдал ца лелаш, тхоьца дIайола, цигахь къастор ду вай.

I а й ш а т: Со ен а йийна, исс дакъа дарх, йогIур яц. Йигал! (оьгIазе ) Мила ву шух майра? Делан КъорIанора дийр дац аша цхьа хIума!

Б и к а т у: (куьйгаш лестош). IадIехьа, йоI… Везан Дела, хьо орцахваьллахь. ЙоI, хIара хьаьхна лелаш хилла-кх хьо!

Х у м п I а р: (воьхна). ХIинца кхуьнца тIом муха бийр бу?

I-муртазекъ: Ас-м юьгур ю! Да хьакхица воллийла сан, юьгур яцахь (шед карахь тIеволало).

2 - м у р т а з е к ъ: Уой, цо дуьйцург! ХIара-м имам яла гIерта.

Х у м п I а р: Тохий, тохий, дIабехка и лаьхьа

Б и к а т у: (урам новкъа хьодий) Вай-вай, нана бусалбанаш! Орца дала! Орца…

3 - м у р т а з е к ъ: Далин язу хилла-кх иштта. Оха хIинца болх дIаяккхур ю кхуьнан.

Х у м п I а р: Шун хIун деш лаьтта?

(Iайшата, тIехьодий, ХумпIарна цIеххьана тIара тухий, и дIакарчаво. Муртазекъаша шен букъах шодмаш етташшехь, I-чу муртазекъна белшах шаьлта Iутту. «Йо-АллахI», – олий, цо шен белшах катуху. Ткъа йоьIан коьртара куй охьабужу, кIозарш охьаохкало. Оцу хенахь, орца хезий, гучуволу Батакъ, шеца муртазекъийн бIенча Сийна-БIаьрг а волуш).

Б а т а к ъ: Сацийта! Шу хьерадевлла? Я эгIийна? ЙоI, шаьлта батта чу йиллал! ХIара хIун ду? Сийна-БIаьрг, хьан муртазекъаш бац суна гушберш?

Х у м п I а р: (хьалагIатта гIерташ). Батакъ, со ву хьуна кхаьрца. Лерган дуьхьиг ухьур доцуш ю хIара.

Б а т а к ъ: Чов-м ца йина хьуна?

Х у м п I а р: ТIара кхеттачу метте куьгметтаваза ву-кх.

Б а т а к ъ: (гIадвахана воьлуш). Iайшат, шеко йоцуш, майра стаг ю. Ас цхьаболчу кIентех лур яцара хьо. КIант велахьара, суна уллехь хир яра хьо.

I а й ш а т: (шаьлта батта чу юьллуш). Баркалла, наиб, лергана там хуьлу дош аларна. Хьо сайх тешар ца дайа хьожур ю со.

3 - м у р т а з е к ъ: Iа дешначу КъурIанера, яхь йолчу кIантал оьшуш ма яц из, ша тоьлаш яце.

С и й н а - Б I а ь р г: Да ветIана хуьлда и ор ! И ор бахьанехь ма вийра шен шичоша ШоIайп-молла.

Б а т а к ъ: (Iайшате хьожий). Ас сайн омра юхаоьцу. Ор чохь ялло йоI яц хIара. Кхуьнан вежарий а бара майра тIемалой. И турпала кIентий бицлур бац шотошна. Къаьсттана кхераме а, жоьпалла а долу тIедиллар кхочушдира цара, шайн дахар ца кхоош. И кхо кIант бахьана долуш, хьуьнхахула арабала ларийра имаман бIо.

I а й ш а т: (безамца елалой). Наиб, хIинца кхоччуш хьоьх бIаьргбуьзи сан. Баркалла. Со карор ю хьуна.

Б и к а т у: (ши куьг хьала а лоций). Делан орца кхочур дуй хаьара суна. Батакъ, хьайн ши кIант ваийтахьа со йолчу. Ас шортта вайн бешара стом лур бара царна. Ахта-м кест-кеста со йолчу кхочуш ву хьуна.

 

Кирхьа

КхоалгIа сурт

 

МаьркIаж-хан. Сурайпан юккъера цIа. Богу къуьда. ДуьххьалдIа гуш неI , цхьа кор а. Кора кIел нар, тIетесна куз а болуш. Цу тIехь Iаш ву Сурайп, карахь суьлхьанаш а долуш. НеIарехьа, сонехь, лаьтта жима стол, ши гIант. Чоьхьайолу Залуба.

З а л у б а: Хьо тховса буьйса мичахь яккха дагахь ву?

С у р а й п: Ас хьоьга моссазза аьлла. ШариIатехь ма доггIу Iийр ву. Цхьа буьйса хьоьца, важа – вукхуьнца. Ца ваьлла бен йохор яц ас рагI. ХIор зудчун кийрахь лечкъина Iаш шайтIа дуй хаьа суна, эмгаралла карзахйохуш.

З а л у б а: Сан кийрахь-м дац цхьа а тайпа шайтIа

С у р а й п: Вай даха ду-кх, хьо юкъараяккха йиш йоцуш, олуш ма-хиллара, гоьжи чохь саллар санна Iаш-м. Вуьшта, цхьаъ-м эр ду ас хьоьга – хьуна тIе зуда ялор ца ваьлла нисделла сан. Нисделла, кхин дан амал доцуш.

З а л у б а: И бохург хIун ду? Бераш доцуш вара хьо, я лазаро лаьцна яра со? Иштта олура аша-м.

С у р а й п: ЛадогIал ахь. Хьуна и ала бен ца хаьа. Со-м Iедалан стаг вай. Сайна иза бIаьрга ван ца веззашшехь, со цкъачунна имаман омра кхочуш ца дича ца волу, иза мел Iовдал делахь а. Хаалахь, тIамехь дуккха а божарий хIаллакьхилла вайн, Шемалан омрица зударий, жоьра ца бисийта, цхьана стагана цхьаъ, шиъ, кхоъ, доцца аьлча, шен тароне хьаьжжина масех зуда ялор тIедиллина. Къедас шен цIенна тIера дIадолийча, и низам дика дIагIур дара аьлла, дайтина соьга и.

З а л у б а: (ца ешаш) Ой, хьоьга жима йоI ялае бохура цара?

С у р а й п: Ас хIунда ялайо жеро, сайга къонаниг йогIуш хилча? Цу тIе, жерой дукха хууш хуьлу.

Забура: Ткъа вайн жоьра бисинчу зударшна хIун дийр ду аша?

С у р а й п: Да ватIа цуьнан делаI! Со воцург, кхин боьрша стаг воцуш ю-те хIара Нана-Нохчийчоь?

З а л у б а: Ткъа кхузахь муха висна хьо, сагатдеш хир ма ю хьан заббари?

С у р а й п: Цхьа нах бу тховса кхуза бахка безаш. Ахь вайн чохь долу жижиг, къаркъараш аьлла, яй чу дахийта деза. Чомехь пхьор кечдан деза. Кхин цхьаъ ду хьуна: варе-варе, кху чохь хезначух ахь арахь дош хазадахь, мегар дац хьуна. Варе, хьайн бага хьайгахь кхобуш, IадIелахь. Цергаш – меттан догIа.

З а л у б а: Багахь дина хIоаш ма хилахьара цунах.

С у р а й п: Хир дац, Дала мукъалахь…Хьажал, сени чохь цхьа татанаш ду хьуна. (НеI йоьллий, чохьаволу чIаьнтийн Дугий, Сайда-Хьаьжий)

Д у г а : ХIей, цIахь дуй шу?

С у р а й п: (хазахеташ) Ду, къорIанора, тхо-м цIахь. (ХьалагIотту).

Д у г а : (тIе а волалуш) Ассалам Iалайкум! Дика мел деррш хIокху чу.

С у р а й п: Ва Iалайкум салам! Далла дезийла шу!

З а л у б а: Хьеший, шу марша а догIийла!

Д у г а : Маршалла хуьлда шуна а!

Залуб: Шу паргIат хила (арайолу).

Д у г а : Сурайп, соьца хьаша ву хьуна. Сайда-Хьаьжа ю хьуна кхуьнан цIе. ХIара Соьлжа-ГIалахь а, Чехкар-ГIопехь а дика вевзаш къонах ву. Цхьа кIира хьалха Евдокимовца къамел хилла кхуьнан.

С у р а й п: (хаза а хеташ). И чIогIа дика ду. Хьо ваха, иза дош ма ду хьуна! Схьанехьа валий, охьахаа.

Д у г а : Муха ду шун гIуллакхаш? Батакъ хIун деш ву.?

С у р а й п: Дера ву, Шуьйта имам вогIу бохуш, са бага а кхаьчна, хьийзаш.

С а й д а - Х ь а ь ж а: Иштта, сацар-хIоттар доцуш, са чу диллина, муьтIахь ву иза цунна.

С у р а й п: Кхоьру, Сайда-Хьажа, кхоьру молланах шайтIа санна. Соьга а тIаьххьарчу хенахь бIаьрг гома хьежабо. Дала хьеха дацарий! Ткъа хIун деш ву Евдокимов? Цунна хIун лаьа?

С а й д а - Х ь а ь ж а: И гIуллакх дохьуш веъна-кх тхойшиъ. Веана вай цхьа барт болуш хила лууш. Цхьана чIегIардиго бIаьсте яхьац.

С у р а й п: Бакъахьа веана.

С а й д а - Х ь а ь ж а: Ас эр ду, Сурайп, паччахьца беш болу тIом дукха бахбелла. Коьртаниг, махкахь хIоьттинчу хьолаца вайн кхин дIа и тIом бан йиш цахилар а, халкъ кхачалуш хилар а ду. Цхьадика, хIинца вайн Мехка-кхел ю оцу гIуллакхна орцахъяьлла. Дукха хан йоццуш, нохчийн наибашка бен ца кхойкхуш, кхеташо йина цо. Цо сацам бина машар бан а, Нохчийчоь, веччалг санна, тIелеттачу Шемалах дIакъасто а. Имамна и гIуллакх чIогIа новкъадаьлла. ТIелхаг цига вахана аьлла, цуьнан меттана дегIастанхойн наиб Абкар-Дибар вахийтина имама. Шун цхьа Батакъ воцург, массо а наиб вара цигахь. Ша гира ваккха гIертий хууш, шен доцчу денца, вогIуш ву Шемал Шуьйта. ГIирмахь тIом болийна Хонкара оьрсийн паччахьца машар а бина Iаш хилча, вай Шемална шен метта мIара богIа беза. Дала вазвина ваийтина ма вац иза вайна. ХIун хета шуна?

С у р а й п: Шен Делан ницкъ бар-кха и хьуна хетарг а, тхуна луург а хилийта. Ас аьлларг дийр долуш бу дукхахболу шотой. Иштта а денна оьрсашна тIеуьдуш бу уьш. Батакъ царна дан хIума доцуш, кIелвисна.

Д у г а : Сан нах а, сан чIаьнтой а, ас аьлларг дийр долуш бу. ГIовтта гIерташ, карзахе хьийза. Иза бакъдерг ду, Сурайп, аьшпаш а боцуш.

С а й д а - Х ь а ь ж а: Никалай Евдокимов Шуьйтахь шен чIагIо ян дагахь ву. Цо шуьга, тешаме нах а гулбай, шегара хаам хиллалц, собарде боху, амма – кийчча вовшахтоьхна тоба а йолуш. Наибна резабоцурш, цуьнца хьагI ерш хила беза коьртехь. Евдокимов тохарлерачу инарлех тера вац шуна. Суна цуьнгахь товриг: иза майра хилар, шечух вухацавалар ду. Цу тIе, шен дешан да ву иза. ТIеман гIирс а, тIедуху, когадуху хIума а схьахоьцур ду ша, боху, вайна. Цхьа хIума боху цо вайга: шайна тIера, нахана бале даьлла долу Шемалан Iедал, кхоссий дIадахийта. Шайн мохк а, шайн латта а каралаций, Россин пачхьалкхана кара а гIой, машаре Iе, боху, шайн доьзалш а кхиош.

Д у г а : Деллахьа, ма нийса а, ма-дарра а къамел ду-кха цо деж дерг! Шемал вац нах бохайтург болж, нахана гIодерг долж.

С а й д а - Х ь а ь ж а: Кхин цхьаъ ду шуна: цо-м ша дукхахболу наибаш буьтур бу, боху, шайн даржехь, уьш шена муьтIахь хилахь. Ткъа вайн массо а наиб шайн хьаькамалла дожарна кхоьруш ма ву. Цу тIе, ша ма-ярра Iадъюьтур ю, боху, нохчийн къепе, Шемала динчунна тIе куьг ца кховдош. ШарI юкъара дIадоккхур дац ша, боху, долуш дерг Iалашдан ша чIогIа лаам болуш ву, боху. Доцца аьлча, хIаллакьхуьлуш верг веккъа цхьа имам ву. Инарлин политика, вайн дегнашка хьаьжжина, болх беш хир ю шуна. Цундела, вайн наибех дукхахберш имамана дуьхьал гIаттам бан ойла йолуш бу. Йийсаре вахана Нойбоьрара Эска а, БоргIанехь меттиг елла, ваха хаийна инарлас. Доцца аьлча, кIентий, имамана беш болу го гатлуш бу. Кестта иза вохийна, цуьнга палс бегабойтур бу.

С у р а й п: Цхьа къайлах «нун» долуш меттиг-м яц-те оцу гIуллакхан? ХIара диканца дIадерзахь, дика дара. Юьхьанца налха а хьаькхна, вай маIашна юкъалаца гIерташ вуй-те инарла?

С а й д а - Х ь а ь ж а: Сурайп, мух-мухха а стаг вац хьуна иза. Новр-гIалахь вина а, кхиъна а ву. Вайн гIиллакхаш, Iадаташ дика девзаш ву. Иранехь, ДегIастахь, вайн ВаларгтIехь, кхечу меттигашкахь тIом бина, догмайра тIемало ву. Хьуна хаа лаахь, ледара хилар бахьанехь Шемала наибийн даржах мукъабитинарш даржехь лакхабаха дагахь вац иза. Вовшийн, пхи пIелг санна, дика бевзаш хиларна, вовшийн Iехо йолу ойла ца кхоллайолуьйту «кхо бIаьрг» болчо. Цу тIехь хIилла дац, Сурайп. Доцца алча, вайца тIом беш вац иза, вай эшо гIерташ а вац. Цуьнан Iалашо – вайн лаьмнашкара и имам эккхор ю. Тахана хьуна а, суна а, вайна массарна а луург ду-кх иза. Дала вайга машарехь Iе боху. Машар шех цатешачаьрца а лелабе, боху цо. Буц, орамаш, диттийн гIаш дууш бу тахана вайн нах. Къа дац церан? Катоьхнна эккхо веза имам. Цо вайна бина цхьа а дика болх бац. Вайн махкахь сел хала, сел ирча хьал хIоттар хIун бахьана ду аьлча, цхьана хенахь вай, вазвина, и имам тIеэцар ду.

С у р а й п: Со хаъал хилчахьана дуьйна, сецна бац хIара тIом. КIорда а вина, хьех чекхваьлла и имам, цуьнца цхьаьна хIара тIом безарш а. Батакъна тIаьхьа хIоьттина, айса лелийначунна дохковаьлла со. Далла дезаш долу сийлахь гIуллакх ду, бусалба тоьлла доьрзур ду бохуш, леллера со. Корта боцуш хуьлу-кх жималла.

Д у г а : Сурайп, бакъ баьх Iа хIонза! КъорIанер, хера хьана сона хьо тхоьца хир вуй.

С а й д а - Х ь а ь ж а: Хьалхалера ницкъ бац шуна имаман. Хир хаьдда виран. ХIара вай долийна гIуллакх вайга чекхдаккхалахь, цуьнан букъ а кагбеш, вайна боккха кхаъ хуьлуш, дуьненна дийца хIума а долуш болх хуьлура кхунах. Дика гIуллакх цкъа а леш ма дац.

Д у г а : Дала мукъалахь, иштта хир ма ду хьона аз.

Сурайп. Дала мукъалахь, вайн ницкъ кхочург дийр ду-кх вай. Соьца тоба дина, ас аьлларг дийр долуш нах бу шуна сан. Иштта дIаала инарле. Веза хинволчу Дала аьтто бойла.

С а й д а - Х ь а ь ж а: (шен мекхех пIелг а хьаькхна). Сурайп, со хьуна чIогIа реза ву. Дугас соьга ма вийццара хилла хьо. Хьо дохковер вац хьуна. Маш-я-аллахI, вайн гIуллакхаш вон хир дац шуна. Вайх хIораннах воккха хьаькам хир ву. ХIара мохк вайн карахь хир бу. Хир ю таро, хир ду хьал. (Хьала а гIоттуш) Кхин хIун оьшу вайна…Сурайп, марша Iойла, кхин Iен таро яц. Сатасале ЧIишка кхача везаш ву тхойшиъ.

С у р а й п:Вай даха, ца воьду хIума яаза-м. Зуда, хезий хьуна…

 

Кирхьа

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика