Ойланаш

PDFПечатьE-mail

natalija 55846

Хабаев Исмаил

 

 

«Селхане йицйинчу къоме тахане а кхоллалур яц, тахане йоцчу къоман кханенах даха дог а дац» – аьлча, вай харц хир дац. Вайна гуш, вай теш а долуш, lилманца кхиа а кхуьуш, хийцалуш ду дуьне. Наха стигланийн хlаваашкахула некъаш дехкина а, нах беттан букъа тlе биссина а ю дикка хан.

 

 

Шайн синхьашташний, шайн догlмийн аьттонний адамаша ца беш, ца кхуллуш а гlирс битина а бац. Цу тlера дlадоладелла lер-дахаран хатl хийцадалар а, адамийн ламасташ хийцадалар а, юкъаметтигаш хийцаялар а.

 

Чкъуьйригана хилла зиен цкъа мацца а тlамаре кхочу. Делахь а, адам адам хилла дисна. Адамийн догlмаш тlехь керла меженаш ца евлла. Адам адам хилла диса дезаш ду, сийна цlе яьлла дуьне догуш лаьтташ делахь а. Адамалла дlаяьлча, адамана ша адам хилар дицделча, гучуйолу акхаралла. Акхаралла гучуяьлча, оьздангалла а дlайолу

 

Адам галдолуш хуьлу, адам тиллуш хуьлу, гlалатдолуш хуьлу. Амма дикачух, нийсачух масал эца а, цуьнца нисдала а декхар ду хlора адам, Дала и экханах къастош, цунна делла хьекъал долу дела.

 

Ша мила ву-те, ша хьенан тlаьхье ю-те, ша хlун дохьуш, хlун дан веана ву-те дуьненчу, хlун дитина, хlун эцна воьду-те ша дIа а аьлла, ша-шега хаттар делла, оцу хаттарна жоп лахар ду стаг хилла ваха а, стаг волуш вала а lалашо йолчу хlора стеган декхар.

 

«Нанас дена ма войла тешаме воцу кlант», – баьхначу нехан тlаьхье ю вай! «Нанас дена ма войла яхь йоцу кlант», – баьхначу нехан тlаьхье ю вай!

 

Хьо дlаваьллачу дийнахь хьох бухадуьсучу тоьшаллин даш тlера гlуьттуш lаь а хир яцахь, оцу lаьнаро дохдеш хьан верасийн дегнаш хир дацахь – хьо шозза велла хьуна. Хьуна бевзаш, хьо вевзаш мел хиллачу нехан, хьо хьахийча, хьо дагавеача, цIоцкъамаш тlунлуш хир дацахь, хьо кхузза а велла хьуна. Хьох эца дисина нахана цхьа а дика масал ца хиллехь – хьо бlозза а велла-кх хьуна.

 

Дикане сатуьйсург диканах теша веза. Вай тешна ду-кх диканах. Дикачу тlаьхьенах тешна а ду-кх вай. Дикачу наха деш ду къомах къам.

Къомах дика цlе йоккхуьйтурш а бу къоман дика нах, хьекъал долу нах. Дика нах бахьана долуш лаьттина бу хlара мохк, дика нах бахьана долуш латта безаш а бу хlара мохк!

20I2 шо

 

 

Жайнаш

/ эссе /

 

Оцу хьайн къоман вуон хIуманаш ма чIогIа гойту ахь оцу хьайн йозанашкахь, и дан хIун ду аьлла, шега хаьттича, и - суна сайн къам дукхадезар ду-кх, аьллера боху цхьана яздархочо. «Нанас хастийна йоI нахала а ца яьлла, дас хастийна дин хьалха а ца баьлла», – олуш ду. Шен ледарлонаш хьахош хила а деза къам, яханчу хенашкахь шегахь дийлинарш гIалаташ хиллийла а хиина, кхин юха уьш ца дийлийта, цунах хьехар а хуьлуш. И хьехар хуьлуш доцчу къоман сатийсам эрна бу. Хьекъал долчу стага уггар хьалха шегахь лоху хиллачунна бехк. Вайн къоман мостагIий дукха хилла даим. Тахана а бан а бу. ХIинца а ден букъахь, ненан кийрахь а боцуш, дуьненчу бахка безаш а бу. Гушволу мостагIа-м хала а вац, оцу гушвоцчу мостагIчо кIелонна боьгIначу гурах ларвала хала хуьлу, синан само ца хилча. Ткъа и синан само хьекъална гIийла хилча, ца дешча, хуьлуш яц.

Хьуна а, хьан чкъурах болчу нахана а, аша шен дуьхьа синош дIа а луш, оццул и Испани еза хетар хIун дара-те, аьлла, шега журналиста хаттар дича, де Голльин накъост волуш, фашисташна дуьхьала Мадридехь турпала чекхваьлла волчу французийн яздархочо Андре Мальрос доцца жоп делла цунна: «И дера ду - Дон Кихот кхоьллинарг испанхо хилар», аьлла. Кхидолчу къаьмнашна «яздархо» бохург, «хьекъалча» бохург мел деза ду, мел сийлахь ду гойту оцу масало, и яздархо шайн къоман а воцуш, кхечу къоман велахь а. Цхьанна дагада тарло: «Вай цаьрца хIунда дусту, уьш даккхий къаьмнаш ма ду», – аьлла. Шаьш муьлш ду а хууш, нах муьлш бу а хууш, ойла а, кхетам а лаккхара болу муьлхха а къам ду доккха, цхьа юрт йиллал бен и дацахь а. И санна долчу къаьмнех хилла а ду и «даккхий къаьмнаш».

 

Дешарца а, ешарца а долу гергарло чIогIа гIийла ду вайн къоман, къаьсттана кегийрхойн. Таханенан а, кханенан а лазам и бу. Шен мотт а, нехан мотт а, шен къоман барта кхолларалла а, литература а, бIешерашкахула кху дийне кхаччалц шен къомо бина некъ а бевзаш, дуьненан истори а евзаш, шен Дела а, дин а девзаш хила веза къонах. ХIуманна хьесап дан хууш, хIуманна сакхуьуш, мостагIийн кIелонашна тIекхуьуш хир ву и тIаккха. ТIаккха иза, шех пайда а оьцуш, шен Iалашонаш кхочушъян, цхьаммо а шена хьалхара вала а, вохка а, цIерга кхосса а вуьгур вац цкъа а, тахана Iеха а беш, нохчийн кегийрахой ма-биггара. «Хьекъал долчо Iовдалчуьнан куьйгашца лаьхьа лоцу», – баьхна. Эццехь ю и кIело. Цунах цакхетар – боьхна болх бу. Хьекъална эшна а хилла, ша нахана атта а, ворах а хетийтина, шех нахе пайдаэцийтар – эхь ду къонахчунна. Лазамна дуьйцуш ду кхузахь мел дуьйцург, дийцар декхар а долу дела, хьан къоман кхане хьох йоьзна а йолу дела, хьан лазам – вайн юкъара лазам а болу дела, миччахь хилча а хьо хIокху къоман юьхь йолу дела, хьоьгара даьлларг массаьрга а кхочу дела, вайн къомах волу хьо цхьана муьлш бу а цахуучу наха левича, Iовжаме долу дела. Юха оцу наха, хьо яхье воккхуш, карзахвоккхуш, хьуо майра лом ду аьлча, хьан са а къералуш, хьо хьуо-хьайх воккха а вуьйш. Майра делахь а, лоьмехь синан само хуьлу. Я цкъа а цхьогало Iеха а ца до лом. Цундела ду и лом. Цхьогалшна тIаьхьа а хIуьттуш, церан хIиллано ледеш лелаш делхьара – и лом а хир дацара, наха дустарна а далош. Цундела лоруш хилла нохчаша барамал тIехйолу майралла – Iовдалалла. Хьо-м сох нийса ца кхета а мега.

 

Бусалба пачхьалкх уггар хьалха шен дегIаца, шен цIийнан беа пена юккъехь, шен доьзалехь дIахIотта хьажа веза къонах. Шена худар дан а ца хууш, нахана хьовла дан воьдуш ца хуьлу. Ша цамогуш волчо нахана дан цхьа а дарба дац.

 

 – Зеламха, цкъа а тIамехь эша ма ца оьшу хьо? – аьлла, шега хаьттича, – «Суо тоьлур воцу хIума долош вац со», – аьлла, боху, Харачойн Зеламхас. Латарой, майраллой, тIом барой веш вац къонахчух къонах. Лата-м жIаьла а, экха а лета.

 

Кхоьруш а волуш, девнехь ка ца йолуш хила йиш юй къонах, аьлча, хила йиш ю. «Хьо кхоьруш хIума дуй, Бийболт?» – аьлла, шега хаьттича, «Ду, Делан Возалора, – аьлла, боху, Таймин Бийболта, – цхьа дала цадезарг а даьлла, сий дарах кхоьруш ву-кх со даим...Даим кхоьруш ву-кх со, аьлла.

 

Хьоьца майралла къовса веана ша аьлла, цхьа къонах шена тIевеъча, «Хьо тоьлла хьуна», – аьлла, боху, цуьнга Харачойн Зеламхас, – со нахаца майралла къийса араваьлла вац.» Иштта хилла нохчийн къонахийн амалш.

 

Оцу масалша а гойту юха а, тIаккха а, къонахчух къонах вешдерг – хьекъал, кхетам хилар. Вайн къомана тахана а, кхана а, кхана Iийча а коьртаниг Iилма дара, майралла яцара. Майралла даим ца оьшу дахарехь. Даим хьаштдерг – хьекъал ду. Майралла оьшуш цхьа мур богIу, оцу муьрехь хьоьгахь и хилчхьана. Нехан цIенте яха (маре) арайолучу йоIанна совгIатна бархI бIе шо хьалха ваьхначу шайн поэтан Шота Руставелин «ЦIоькъалоьман цIокалахь турпал» поэма луш ламаст ду гуьржийн. «Къам» бохучу дешан шуьйрачу маьIнехь кхиъна къам хилар ду и, шен дерг дуйла а хууш, цуьнан мах а хууш. «Жайнаш дагорал даккхий а хуьлу зуламаш. Царах цхьаъ: уьш цадешар ду», – аьлла поэта Иосиф Бродскийс. Оцу зуламах хьалхадовллалц, вайн къоман мостагIаша кIелонаш еш, къам а хилла, дIадаха дуьтур дац вай цкъа а. Цуьнан ойла ян еза. Ойла еш хила боху вайга Дала.

 20I6 шо

 

Къоман барт

 

 

Хьалха заманахь юрт яккха бIо богIуш, оцу юьртахь бежан рагI ю-яц хьажа стаг вохуьйтуш хилла. «РагI елахь – юьртан барт бу, юрт атта яккха а лур яц, юьртан низам ду, кечам чIогIа хила а беза», – олуш хилла баьччано.

Барам бац коьртаниг, – дукхий, кIезгий хилар, коьртаниг барт бу. «Барт болчу цицигаша барт боцу жIаьлеш эшийна», – олуш ду вайн халкъан.

Цкъа цхьана заманчохь цхьа ламаст лелла вайн махка чохь...цхьана билггал йолчу меттехь, шена билгалйинчу хеначохь тайпанаш вовшакхеташ, боккха яй боккхуш, оцу цхьана яй чохь кечдинарг цхьаьна даа а дууш, мехкан той деш. Доккха маьIан ду оцу белхан! Къоман барт латтийна цо. Вовшийн дезарой, вовшийн дашарой бен ца латтабо къоман барт. Ша-ша баьккхича, хIора а пIелг бу, уьш цхьаьна дIакъевлича, буй хуьлу пIелгех.

Цхьа зама яра...вайна дага цаяллал гена а яц и...вало, гIой, лулахошка дехий, бепиг даийта ала: белахь, хох баийта ала, туьха даийта ала, олий, эвххьаза бер дIа а хьажош. Куьпахь, лула-кулахь цхьа доьзал, цхьа йиша-ваша санна, бертахь, мел мерза бехара нах. Мел хазахета тахана, и хIуманаш дагадаьхкича а! Дуьненан аьттонаш сов мел бевли а, адам гIиллакхашна гIеллуш хиллера, тIера бала а, сингаттам а дIаайбелча, лайнарг дицлуш. Шога а, къиза а ду адам тахана вовшашца. Синцамгарша нехан дегнех тIулгаш дина. ХIора стага цуьнан бахьана шегахь лаха а дезаш, и шегахь карийча, цунах дIацIанвала а везаш. Вайна ваьшна вовшех къахеташ а ца хилча, вай вовшийн дезаш ца хилча, вайх къахета а, вай деза а вац кху дуьненчохь цхьа а. Воций вайна хаа а хиъна!

Эзарзза ягийна Нохчийчоь, эзарзза метта а хIоттийна!

Эзарзза дийна нохчийн къам, эзарзза ден а делла!

Дела воцург накъост воцуш, болх Деле а белла, дIагIиртина ду вай даим.

Ца вича, вешех а ца хуьлу ваша. Ваша ван везаш ву. Хьекъал долчу стага шен мостагIчух а во шена ваша. «ГIалат доцу ваша ма лехалаш, бераш, ваша воцуш дуьсур ду шу», – баьхна Хьаьжас, Дала къайле тойойла цуьнан. Шен ши мурд шина куьйгах тера ву шуна, баьхна, цхьана куьйго важа куьг цIан а деш.

Дуьненчохь дукха хан яьккхина ваханчу дедас шен цхьаъ бен воцчу кIентан кIантанна иштта веса-кехат дитинера:

«Массо а хIума, хан тоьхна, хенаца а ду, хан йоьдуш ю. Сан хенан сахьт сецна. Ша лехнехь – дика а, ша лехнехь – вуон а карон долчу хIусамехь кхачалуш бу хIора стеган некъ. Цундела, хIара кехат кара а лаьцна, доьшуш Iаш волчу хьоьга весет ду сан: набаро Iехаво хьуна, набаре хьуо Iеха ма вайталахь. Далла муьтIахь воцуш, Далла еш Iамал йоцуш, Делан къинхетаме дог дохуш, Делан дикане сатуьйсушверг – дIатесна хIу а доцуш, кха тIе ялта даларе сатуьйсучух тера ву хьуна. Дала бохург а дитина, Дала бихкинчу некъаца ирс лоьхушверг – боданехь зингатан лар лоьхучух тера а ву хьуна.

Стаг маьрша хила везаш ву. Маьрша хилалахь! Хьо маьрша хир вац хьуна, кхечуьнан маршо хьо лоруш вацахь, хьо цуьнан маршонна тIекхийдаш велахь. Дуьнено хIара дегI доккхуш, бекхам боцуш дисина хIумма а дац хьуна, цундела шен маша бузуш йоллучу гезгана а новкъарло ма елахь.Уггар майраниг ву хьуна нахана цатам а бина, нахана мотт а бина, нахана вас а йина, чу а вахана, ша сахуьлунга вер ву-вац ца хууш, набарна дIатовжа ваьхьарг. Цул майра стаг вац хьуна хIокху малх схьакхетачу а, малх чубузучу а дуьненахь.

Хьайн гIалатах а кхералахь. Шех кхоьручух бен ца кхоьру хьуна гIалат.

Хаза дош сагIа дац хьуна, хьан кийрара хьаладаллалц.

КъинтIераволуш хилалахь, къинтIеравалар де долчу стеган амалех ду хьуна. Наха дора алий, наха шайн догIмашна магош долу мегашдоцург хьайн дегIанна а магадай, нахаца а ма нислолахь, сий хир дац хьан. Вуочух ларлучух бен ца озало хьуна вуониг.

ГIиллакхах ца воха гIиллакх а, собарах ца воха собар а хьоьгахь ду хьуна, ахь цунах пайдаэцчахьана. Собарна гергахь цхьа а хало а хало яц хьуна.

Хьайн дегIал воккха мостагIа карор вац хьуна, хьайн сил дика а болуш хьехам карор бац хьуна, ахь цуьнга леррина, дикка ладогIахь.

Кхин башха доккха хIума а дац хьуна хIара хIора сахьтехь дIа генадуьйлуш долу дуьне, кхуьнга ша Iеха а вайтина, хIара бахьана долуш нахаца эгIа а эгIна, коша вижжал.

Сий долуш вехийла хьо, сий долуш воьрзийла хьо!»

 

Иштта ду тIарикъатан хIума – хьикматах дуьззина а долуш, хьо гIиллакхца, догдикаллица кхиош, дегIанна тIехь тола Iамош. Шен дегI цакъарлучуьнга цхьа а къарлур вац. Цундела тIарикъат – тIом бу. Цу тIамах чекхвала чIогIа хала а ду! Цу тIамехь лаьтташ мел верг эла а ву. ЭЛА бохуш долчу дешан маьIан шуьйра ду нохчийн кхетамехь. Деккъа, долахь, чухIиттина лай бу боху маьIан дац цуьнан. ЭЛА – иза тIедухучуьнца а, леларца а, маттаца а, даарца а, маларца а оьзда а волуш, осалчу хIуманах ца вешаш, ша-шен а лоруш, наха а лоруш, нах лоруш, ша волчу меттехь билгала а волуш стаг ву. «Элах эла вешдерг – гIиллакх ду», – баьхна.

ТIарикъат бахьана долуш дин а, гIиллакхаш, мотт, духар а, кхидолу мехала хIуманаш а ларделла вайн къомана. Шелонна жIаьлеш цIийзачу генарчу пана махка а даьхьна, даа а доцуш, мала а доцуш, эрна ара охьакхиссича а, динах, оьздангаллах а ца духуш, ваьш дIадаьхьнарг лардина, юха а деана вай. ХIара доллу уммат лардинарг а, цуьнгахь ницкъий, гIорий латтийнарг а ду тIарикъат.

МоттаргIанаш йоцуш, дин даггара а, Делан дуьхьа а, Iилманан бух тIехь леладойтуш йолу шариIатан тIум ю тIарикъат. Ихьсанний, тIарикъаттий цхьаъ ду. Дела вовзарца, Дела везарца, Дела хьахорца, Делах бен цакхерарца хьох вуьззина бусалба стаг во тIарикъато. ТIаккха хьуна деши а, хоттан гIорзолг а цхьатерра хуьлу. Хьо дуьнено ца Iехаво тIаккха, тIаккха иблисе а ца лацало хьо, кIелонаш яккхий елахь а. Мел долчу хIуманан бух – Делах кхерар бу. «Хьо Делах кхерахь – кхин цхьаннах кхера дезар дац хьан», – баьхна Турпал-Iелас, Дала юьхь лоьрийла цуьнан.

Лаккхарчу лакхене хьекъаллий, Iилмий даккхалц, къомах къам хир ду бохучух дог дилла мегар ду. Хьекъал долчу стеган хуьлу гIиллакх хаза, хьекъал долу стаг хуьлу динца уьйр-марзо йолуш. Къонахчух къонах вешдерг – хьекъал ду. Хьекъал хилча, ларло къам а, цуьнца цхьаьна цуьнан мотт а. Хьекъал хилча, эхь а хуьлу, яхь а хуьлу, кхидIа адамана синна маьIне, кхетаме мел долу хIума а хуьлу. Хьекъал доцу стаг хуьлу Iеса а, осала а, лела ца хууш, дош дош доцуш, лен амал йолуш а.

 

Салахьуддин Аюбис, жIарахойн баьчча хилла волчу Ричардах цамгар кхетча, цунна стоьмашший, даа-малий а эцна, цуьнга хьажа шен лор вахийтина хилла. ГIиллакх хаза долуш а, са оьзда долуш а, тIарикъатан стаг хилла и. Иштта и хиларна Дала тола а вина. Цунах Европерчу керста наха а яздина, и вазвеш, и хестош. Цуьнан эскаршна юккъехь жуьгтий а хилла, керста нах а хилла, оцу жIарахойх леташ. Шена тIе карабаьхкинчу йийсархойн наной баьхкича, цара шайгара бала шена балхийча, бIаьргаш тIунделла хилла Салахьуддинан. Шен бIаьхошка лаха а лахийтина, кIентий дIа а белла, дIабахийтина цо церан наной. ДIабахийтина а ца Iаш, махках бовллалц, уьш ларбеш, дехьа-сехьа ха а хIоттадайтина царна. Цундела яьккхина цо Иерусалим жIарахойх маьрша а! И Пайхамаран гIиллакх тIехь хилар бахьан долуш. Ша Макка йоккхучу дийнахь, шен асхьабаш къиза байъа а бойъуш, харц-пайхамар ву хьо бохуш, ша сийсазвинарш, шен некъаш хедийнарш, шена бакхий кхерамаш тийсинарш шен куьйган зуламах маьрша битинарг ма вара вайн Пайхамар, шена дукхавезна шен деваша Хьамзат вийначунна а, массарна а къинтIера а волуш.

 

Шеца къиза хиллачаьрца а къиза цахилларг вайн Пайхамар ма вара!

Шеца шога хиллачаьрца а шога цахилларг вайн Пайхамар ма вара!

Делера салам-маршалла хуьйла цунна!

Ша Зайдица ТIоифе дин кхайкхо а вахана, цигарчу бахархоша: «Хьо воцург, Пайхамар а вина, ваийта стаг ца карийра-техьа Далла?» – бохуш, аьшнаш веш, тIулгаш детташ, эккха а вина, йоккхачу гIайгIано лаьцна, чевнаш цIийх Iийда а луш, ша Iаш, «хьуна лаахь оцу шина лома юккъехь Iовдур бу хьуна ша уьш, Дала хьан омар кхочушдиэ аьлла, даийтина ду ша» аьлла,

Джабраил-Малик шена тIе доьссича, «ХIан-хIан, Джабраил, церан баккъашкара Далла бен Iибадат ца деш, Цуьнца накъост ца веш долу охIла даларе сатесна ву хьуна ша», – баьхнарг ма вара вайн Пайхамар!

Делера салам-маршалла хуьйла цунна!

 

Нах дине ца богIу агIо лелор ма яц динан мостагIчо бен!

Шега мотт ца луьйш долчу хьайбано а бала а балхош, чохь садолу а, содоцу а хIума шена елха а йоьлхуш, Къинхетамениг, lаламаш кхолла а кхоьллина, уьш кхиош-кхобуш волчу Дала Шен lаламах къинхетам беш, къинхетамца ваийтинарг вайн Пайхамар ма вара!

«Деза-доккхачу гlиллакх тlехь ву хьо! Хьо цаьрца дашца кIоршаме а, шога а, дог-буьрса а хиллехь, хьуна букъ тоьхна, хьох дlабирзина хир ма бара уьш», – аьлла, Дала хастийнарг вайн Пайхамар ма вара!

«Дин доцург динца къарвелаш (дин марзадарца, хаздарца, гIиллакхца къарвелаш и)», – ма баьхна Делан гергарчу наха а.

Пайхамаран суннат – хаза гIиллакх ма ду.

Хаза гIиллакх – Дала толадо!

Де долуш волу стаг цкъа а къиза ца хуьлу.

ТIе куьг кховдийча а, коьрта тIера мас цуьнан хьайича а, чIире диллал зулам лоруш, дийнначу тайпана тIе эхь дужуш, хьаша лоруш хилла Нохчийчохь, и хьаша мостагIех велахь а.

ТIамехь дуьхьал нисвеллачу мостагIчуьнан говрана герз тухуш ца хилла нохчаша цкъа а. И хууш болу салтий даима а говрашна тIехьа лечкъаш хилла. Къинхетам бу и, цаьрца баьхна болу. Къонах къинхетаме хуьлу садолчу хIуманца а.

Лермонтов букъ берзийна лаьтташ хилар бахьана долуш, ца вуьйш витина ву, боху, нохчаша. Цунна юьхь-дуьхьал ерзийна лаьтташверг вийна, хIара Iожаллах хьалха а вуьтуш.

Ушурмин заманахь, Алдахь хиллачу тIамехь, лазийна, нохчашна каравеана хилла цIарна а цIе яххана волу турпалхо Багратион. Тийналлин мур беанчу юкъана, барми тIехь дIа а ваьхьна, нохчаша шайн мостагIашна дIавелла иза. Дуьхьал веанчо хаьттина кхаьрга, мел мах беза шуна, аьлла. Тхуна цхьа а мах ца оьшу, тхо къонахчух мах оьцуш дац, аьлла, буха а бирзина, дIабахна нохчий.

Далла дуьхьал бахна и нах, шайх яккха еза цIерш а юьтуш, шайх эца даккхий масалш дуьтуш, хьо тахана шайн доьналлах воккха а вевеш…шаьш дайъа веанчу мостагIчуьнца а шайн гIилкхах ца бухуш, нийсонах ца бухуш…къена вахана, къа дисарна а кхоьруш, хьаша вахана, бехк бисарна а кхоьруш, шайна схьадинчу диканна дуьхьал дан дика а долуш, вуонна дуьхьал дан вуон а долуш, тIамехь каравеанчу мостагIчунна (йийсархочунна) тIе куьг кховдор эхь а долуш, тешнабехкаца букъ тIехьашха тохар – осала а лоруш,

къизалла – кIиллочуьн амалех лоруш, да вийна, ваша вийна мостагI юьхь-дуьхьала нисвелла, иза герзаца вацахь, цунах чIир а ца оьцуш,

иза меттахь цамгарца велахь, товелла, маьршаваллалц хьен а ца веш,

шаьш къардан веанарг толамца а ца вохуьйтуш, хьаша-да хилла веанарг дог эшийна, са хьастаза а ца вохуьйтуш, лелла хIумнаш ду уьш вайн ламанца. Уьш ду Iадаташ! Осала долу цхьа Iадат – нохчийн Iадат дац! Цундела лардина Дала вайн къам. Иштта амал йолу нах эша ца ло цхьаьнгге а! Нийсо Дала ларъеш ю, Дала толош а ю даим.

20I5 шо

Маттах дош

 

Ден, деден хилла, цIарах лелош йисина, я ворхIе а дегара дуьйна, безам хеташ, ларъеш цхьацца хIума хуьлу-кх нохчийн доьзалехь: шаьлта, тур,  суьлхьанаш, пIелгах дуллу мухIар... Иштта, вайн ворхIе а, бархIе а, иссе а дас вайна дитина совгIат, хазна, весет, дика ду нохчийн мотт. Оцу маттал деза дац царах дисина тур а, шаьлта а, мухIар а, я кхин цхьа а хIума а. Мотт бу беза, цара бийцина, вайна бисина! Оцу маттаца уьш муьлш хилла а хууш, хьуо мила ву а хууш, нах муьлш бу а хууш ваххал, хьан хьайн къоман кхетам мел бу, ву хьо нохчи…

Шен дайшца йолу зIе хаьддачу мIаьргонехь доьза дан хьаьхна ду къам.

 

Нохчийн мотт – са ду хьуна, тIум ю хьуна иза, хьан къам, дага а ца йогIучу заманашкахь дуьйна, кху дуьнен тIехь, къам а долуш, латтийна йолу!

 

Нохчийн мотт – тептар ду хьуна, хьан къоман селхане а, тахане а, кхане а юьйцуш долу, хьо нохчи хилар чIагIдеш долу.

 

Нохчийн мотт – Iаь ю хьуна, хьан дайн багара йийлина йолу! Иза хьан цIе ю хьуна, цара «тIаьхьенашна» боху дош моссазза олу догдохаллийца, боккхачу сатийсамца хьехийна йолу!

 

Нохчийн мотт – коьчал ю хьуна, хьан дендайшкара дуьйна схьа Делан гергарчу нехан беркатаца хьоьга бусалба дин схьакхачийна йолу!

 

Нохчийн мотт – дош ду хьуна, дуьненан дахарехь дуьххьара хьуна хьайн ненан кийрара хьала хезна долу, юха цо хьо хьистина а, хьуна дика а, вуон а цо хьехна а долу!

 

Нохчийн мотт – маслаIат ду хьуна, вийна шен ваша, къинтIераваьлла, гечдина, хийла вашас витина долу.

 

Нохчийн мотт – машар бу хьуна, буьрсачу девнехь юкъаметтигаш тойина болу, шина мостагIчух ши доттагI вина болу!

 

Нохчийн мотт – гIиллакх ду хьуна, хьуо велла дIаваллалц нехан диканехь, вуонехь латтар хьуна тIе а дожош, хьо нахах вазош долу!

 

Нохчийн мотт – тоьшалла ду хьуна, нохчийн мотт – кадам бу хьуна, хьо дIаваьллачу дийнахь хьан тезетахь хьох наха бийр болу!

 

Нохчийн мотт – бехк бу хьуна, ахь и бицбахь, тIаьхьено хьуна гечбийрбоцу! Хьан сий ду хьуна и, ахь лардахь, лардийр долу, ца лардахь – хьо сийсаз хир волу!

 

Нохчийн мотт – доIа-весет ду хьуна, хьан дайша хьоьга дина, дитина долу. Нохчийн меттан хIора дош хьох тешна а ду-кх!

 

Вайн халкъан иэсехь бисинчу хиламех цхьа башха хилам бу Ширди-Махкахь ваьхначу Iеламстагах, маслаIатан дех Махьмудан Мохьмадан хьокъехь. Стаг вийна дов хилла, ца доьрзуш, шерашка даьлла. «Хьо вагIахьара, Мохьмад, маслаIате, дIадоьрзуш дац-кх тхан дов», – аьлла, наха дехарш а дина хиллера Мохьмаде. МаслаIатдар Далла дезаш гIуллакх дуй хуучу Мохьмада сацам бина машар бан ваха. Мохьмад волчу бахний хиъначу довхоша хабар дахьийтина: «Мохьмад, кхана маслаIате ма вагIахьара хьо!» – аьлла. ХIара хьалха а волуш, хIорш вийначу стеган нахана дуьхьалхIиттинчу заманчохь, « Оха ма вола, аьлла, хабар ца даийтира хьоьга, и хабар даийттиншехь, хьо хIунда веана, шайга стаг витахьара аьлла?» – бехк а баьккхина, церан нахах цхьамма юьхь тIе туйнаш туьйхира, бохура, Мохьмадна. Са а тоьхна, ша маслаIатана деш долу къамел ца сацош, кхин совдаьккхина хIума а ца олуш, шен юьхь тIе куьг хьаькхна, туйнаш дIа а даьхна, «Детта аша хIара туйнаш. Шу тахана хIорш детта ду, тхо хIорш дIадаха бен дац», – аьлла хиллера нехан дов дIадерзо ваханчу Махьмудан Мохьмада. Оцу меттехь наха и пхьа битина а хилла. И бу-кх нохчийн мотт, шен дашо цIокъболатал чIагIделла дегнаш даьстина болу.

ГIийла ву-кх шен къоман маттаца йолу зIе хаьдда я уьйр малъелла стаг! Шена шен маттахь Iоттар йича а, я, ловц боккхуш, хастам бича а, кхетар вац и. Цу тайпанчу стаге вистхуьлуш – хьуна хьуо мотт ца луьйш хета, я хьуо дIалуьйшверг къора хета.

Делахь а, кхин цхьа хIума а ду: цхьа а лазам бац, тахана бийца цалуучо а, цабезачо а нохчийн мотт цабийцар, я и цаIамор. Нохчийн мотт нохчаша бийцина бу, нохчаша, буьйцуш, кхидIа дIахьур болуш а бу, кешнийн хьаьрма, эхарта кхаччалц. Нохчий болчу нохчаша! Нохчийн мотт дIа а бер бац! Цунах тешаш мел ду нохчий а хир ду-кх вай, Дала мукъалахь!

 

Воккха Дада

 

 

Стаг дукхох шен дагалецамашкахь веха. Хьуна безнарш, хьо везнарш, хьан марзонаш, хIинцца хьан бIаьрахьалха хьийзинарг, хьан юьхь тIера бос хено дIахьо. Ахь дукха хьолахь тидам ца бо хIуманна. «Нисса цхьана эхасохьтана юхаерзо йиш елара и хан...» Иштта ойла дуьххьара йинарг ас со ву аьлча, дуккхачу нехан сох дог кхаьрдар дара. Цундела, «хIума дицдича бен, леш дац», – ала бакъо ю сан.

Дикка хан ю Воккха Дада дуьненах дIакъаьстина. Амма Воккха Дада сох дIа ца къаьста, хан мел йолу а со цунах дикох кхета дела, суна иза дикох вевза дела. Воккха Дада со велла дIаваллалц соьца ваха везаш ву.

«Къу таьIча, охьатаIа хьо, къу айвелча, айло хьо, къу хир ву хьо», – олуш Iедал дара цуьнан кест-кеста, хьуна цкъа а диц ца далийта санна. Дош меттара, дош хьекъале долуш, хьуна цкъа а кIордор воцуш, эрна дош эр доцуш, шен маттаца дерг дегIаца а долуш, хьуна цкъа а вицлур воцуш, хIумнаш хаза долуш стаг вара Воккха Дада. Цуьнан амал а, цуьнан куьг хьадар а, ког ловзар а, цуьнан лелар а дара доккха хьехар.

Сан модех юьзна бедарш а, даим сан харцхьа юьйхина хуьлуш хилла йолу ши мача а, ас хихкина ког-салазаш эцна дIаяхана хан Воккха Дадин туьйранашкахь йисна.

«Ламанан басе дIа а лаьцна, цхьа буьрса, бахбелла бижина Iуьллуш хилла кхо корта болу саьрмак..,»– олий, доладора Воккха Дадас даим шен туьйра. Юха цхьана турпалхочо, тур детташ, и саьрмак бен а боьй, цо нахана дихкина некъаш достура. И саьрмак ша бийча санна дуьйцура Дадас. Юха, и бийча, ас доккха садоккхуш хаалой, «нахана лерина зулам шега кхочу стаге. Хьекъал доцу корта дегIан мостагI бу.» – олура. Юха дерзадора, вела а лой, «ладоьгIначунна – мезан Iайг, цадоьгIначунна туьханан Iайг «, – олий.

Воккха Дадин хIора туьйра а хуьлура дикано вуон эшош, къинхетамо къизалла эшош. Туьйра дIа а доладалале хаьара хьуна цуьнан дерзар муха хир ду. Турпалхо догдика, эсала стаг хила везаш вара, зуламна бен зулам ца деш...махкана хьалхара махина шен сих-дегIах сагIа дина а, гIийлачуьнан дог эшош, нах бацош, нах балехь бахкош, эла тIехIоьттича элана гIатта а ца веша кура эла, къиза эла шен олаллах а вохийна, паргIато яккха араваьлла....

Дала чу са кхоьллина долчу цхьана а маьршачу дегIана зуламна куьг айъа хьо ца вахьийта, хьуна и турпалхой дагахь бисийта, цаьргара ма дер дацара хIара хIума бохуш, цаьрга а дуьллуш, царах эхь хеташ, хьайн дегI ца къарлахь, хьоьга мила къарлур ву бохуш, айхьа-хьайх бехкаш дохуш, хьо осалчух ларвалийта, беран хенахь дуьйна хьоьца синцIеналла, дегадикалла, доьналла, къинхетам кхиош хиллера Воккха Дада. Хан-зама дIа мел йолу, кхета хьо цунах...

 

P.S. Ницкъ болчо ницкъ эшначунна гIело еш яйча, сайн хуьлуш йолу дог-ойла сайн ваша вийначу мостагIчуьнан а хуьлуьйтур яцара ас.

Суо кху дуьненчу сайн дегI эшо веана вуйла хиъначу дийнахь дуьйна, кхетта со беро мача нийса юьйхича, дуьне духур ду хIунда олуш хилла.

Дуьненан кийрахь адамо дуьххьара дийна адам – вашас вийна ваша вуйла хиъначу дийнахь дуьйна, кху дуьненах а кхоьру со.

Воккха Дада баккъал а Делах кхоьруш, дуьненан гIиллакхаш дика девзаш къонах хиллера.

Воккха Дадин туьйранаш – туьйранаш а ца хиллера.

20I3 шо

 

Нохчийн мотт цабезачуьнга

 

Хьо дуьненчу волуш, хьуна хIун мотт беза, хIун мохк беза хьуна, хьуна муьлхачу къомах хила лаьа, дегIан чкъуран бос муьлханиг беза хьуна, аьлла, хьоьга харжийтина хIумма а дац.

Шун меттанаш, беснаш баш-башха хиларехь Дала Шен билгало ю аьлла, КъорIанчохь шен къеггина бух болуш, сецна, Делан билгалонех билгало ю хIара мотт!

Дала кхоьллина а бу, Дала белла а бу, Дала ларбеш бу.

Нагахь санна къам долчу къомах хила а хьо лууш вацахь,

дIабаханчара шайн синош ца лардеш а, лардинарг мехала а хьуна дацахь,

къам дезаш хьо вацахь, мохк безаш хьо вацахь, яхь бохуш долчу хIуманах хIума а хьоьца дацахь, махках сийна цIий хьалаяьлча а бен дIа хеташ а хьо вацахь, пурба ду-кх хьуна хIара мотт ца бийца а, ца хаахь, ца Iамо а.

Мотт ларбан нах боцуш дац хIара къам! Нах болчу наха мотт ларбо, мохк ларбо, къам лардо!

Шайн берийн цIерш яхар а бехк хеташ, оцу бехках ца бухуш, къам ларделаш бохуш, весеташ деш, бакъдуьненчу бирзинчу оьздачу къонахийн мотт бу хIара, церан оьздачу Iаьнаран мотт, царах дисина дика дош лардина, цуьнан мах базбина мотт!

ХIара къам Дела вовзаре, Дела везаре, Делах кхераре кхойкхуш, чIогIачу эшарца дин гучудоккхуьйтуш, нах нийсонна тIе а нисбеш баьхкинчу эвляийн Iаь хазачу хьехамийн а, царах бисинчу хьекъалечу хьехамийн а мотт бу хIара.

 

Ахь ца бийцинера аьлла, хIара мотт сий дайлур долуш, къелур болуш,

я белла дIабер болуш бу моьттуш хьо велахь, хьайн моттарех Iехавелла хьо, тIаккха хIара бийца пурба а дац хьуна! Ахь и цабийцар гIолехь а долуш ду хьуна.

ХIара тIаккха хьан мотт бац. ХIара нохчийн мотт бу!

Хьуна и ца безча, тхо цец а ца довлу! ДогIано яшош, малхо якъош кхаш тIехь кхуьучу бецан хелиган болччул орам бац хьан кху махкахь!

ХIокху къамелехь хьуо вевзича, хьан юьхь тIехь юьхьIаьржо къаьстарйоцийла а хаьа суна – Iаьржачу кехат тIехь Iаьржа шекъа къаьсташ ца хуьлу.

Цхьа хIума-м ду: хIокху къоман цIе а, хIара мохк а, хIокху мехкан ког биллал йолу меттиг а хьуна хьакъ-м яц. Я хьан тайпа дог-ойлий йолу къонахий хьашт хIокху махкана а ма бац! Я суо хьоьга хIунда луьйш ву а ца хаьа суна...

Нохчи мила ву а, нохчи мила вац а къасто нохчийн мотт болуш ду-кх дика!

«Моттий, цIий ларделаш!» – баьхна Хьаьжас. Дала къайле тойойла цуьнан!

 

20I4 шо

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика