ТӀаьххьара урок

PDFПечатьE-mail

Доде

АЛЬФОНС ДОДЕ

 

ТӀаьххьара урок

 

Оцу Iуьйранна со ишколе ваха дикка тIаьхьависнера. Сайна дов дарна а кхоьрура со, тIехула тIе, тахана мосье Амела соьга причастех хоттур ду аьллера, ткъа суна цунах цхьа дош а ца хаьара. ЦӀеххьана суна дагадеара,  ишколе а ца воьдуш, паргIат кхерсташ лела. Цхьа довха, декхна де дара. Хьуьна йистера схьахезара олхазарийн шакарш а, Рипперсик бай тIехь, дечигаш хедочу чарха тIехьа, Iаморашкахь болчу немцойн салтийн гIовгIа а яра хезаш….Иза суна гIолехь хетара, причастин бакъонаш юьйцучул а, хIетте а ,  ишколе ваха сихвелира со.

Мэрина тIехъэккхаш, ас тидам бира хаамаш тӀехь болу кехаташ тӀелеточу уьн юххехь гулделлачу адаман. ТIаьххьарчу шина шарахь кхузара кхочуш дара тхуна ирча кхаьънаш: тIамера эшамех а, комендантан омранаш а, реквизициш а; воьддушехь дагатесира суна: «Керланиг хIун ду-те?», аьлла. Хаамаш боьшуш воллучу аьчкапхьеро Вахтера  соьга мохь туьйхира:

 

– Сих ма ло, кIант, ишколе ваха, парггIат дIакхуьур ву хьо!–  аьлла.

Суна иза сайх воьлу моьттура, цундела, дукха чехка ведда вахарна, вехьаш мосье Амелан цIенна хьалхарчу беша кхечира со.

ХIинццалц, урок йолаялале, арахь а хезаш, классехь йоккха гIовгIа хуьлура, партанийн негIарш  дIасадетташ, хIор а урок Iамо гIерташ хуьлура, лергаш дIа а къовлий, дикахо дагахь Iамо. Хезара хьехархочо стоьла тIе еттачу линейкин тата: «Ма е гIовгIа!», – олуш. Тахана а иштта хир ду моьттуш, оцу гIовгIанехула, къайллаха,  сайн метте кхача лерина вара со. Амма тахана тийна дара, кIирандийнан Iуьйранна санна. Схьадиллинчу корехула сайн накъостий гира суна, уьш шайн-шайн меттехь охьахевшина бара, ткъа мосье Амель, шен кхераме линейка пхьаьрса кIелахь а йолуш, дIасалелаш вара.

Ойлаел аш, мел хала дара суна, хIоьттинчу тийналлехула, неI йиллина,  чоьхьавала. Со  цIийвелла, воьхна, верриг а вегош вара.

Суна дов ца дира. Мелхо а, мосье Амель оьгIаз а ца воьдуш, эсала вистхилира:

– Вало, Франц, сан кIант, хьайн метте охьахаа. Хьо а воцуш, дӀадуьйладала дохкуш дара хьуна тхо.

Со, гIанта тIехула а ваьлла, сайн парти тIе охьахиира. Охьахиъна, сапаргIатдаьлча бен ца хиира суна, хьехархочунна тIехь кечлуш юху баьццара сюртук а, галстук а, тир яьккхина Iаьржа дарин пес а хилар. И духар цо тIедухура, ишколе инспектор веъча я  дезденош долуш. И доцчо а, ерриг а классо цецваьккхинера со, цхьана дезачу денна кечбелча санна дара чохь. Цул чIогIа со цецваьккхинарг, хIинццалц яьсса хуьлуш йолчу тIехьарчу партанашна тIехь, бист ца хуьлуш, хевшина бара:  воккха стаг Хаузер, цкъа а коьртара ца боккхучу кхо маьIиг йолчу куйнаца, цунна юххехь – хьалха мэр лаьттинарг, почтальон лаьттинарг а, юьртан кхиболу бахархой а. Церан массеран яххьаш кхоьлина яра. Хаузеран голаш тIехь, маьIигаш тишъелла, схьайиллина  абат яра, цу тIе дехкина даккхий куьзганаш а дара. Доллучух ца кхеташ, со дIасахьоьжжушшехь, мосье Амель, кафедри тIе хьала а ваьлла,  со чувогIуш соьга  ма-хиллара эсала, лерина вистхилира тхоьга массаьрга а:

– Бераш, со шуна тIаьххьара урок луш ву. Берлинера омра кхаьчна, Эльзассерий, Лотарингерий ишколашкахь немцойн мотт бен ма Iамабе аьлла. Керла хьехархо кхана схьакхочуш ву. Тахана вайн французийн меттан тIаьххьара урок ю. Доьху шуьга, шайн ма-хуьллу ладугIуш хилахьара шу.

Хьехархочун оцу масех дашо со Iадийра: «ЭхI, йовссарш яI, йовссарш! Цунах  хаам хилла-кх мэрин пена тIехь хьалатоьхнарг!

Французийн меттан тIаьххьара урок!

Суна-х халла бен язъян а ца хаьа. Схьагарехь, кхин Iемар а дац-кх. Делахь- хIета, цу тIехь чекхдер ду-кх дерриг! Ма дохковаьллера со, айса эрна хан яйарна, ишколе а ца лелаш, ас тIехтилийтина урокаш, хьозарчийн бенаш лоьхуш, я гIорийначу Саари тIехула хехкалуш. ХIинццалц суна сингаттаме хетта  йолу киншканаш,  сан куьйгаш шайх къихкина йолу грамматика, сийлахь-еза истори хIинца суна сайн гергара, хьомсара, дIасакъаста хала хир долу доттагIий хетара.

Мосье Амель! Сайна иза кхин гур цахилар дагадеъча, ас дицдира цо сайна дина девнаш, йиттина линейка.

Пекъар! Ша кечлуш юху костом а юьйхина веана иза шен тIаьххьарчу уроке; иштта кхийтира со, хIунда баьхкина хилла хIокху уроке тхан юьртара баккхий нах. Шовзткъа шарахь хьехархочо хьегначу къинна баркалла ала баьхкинера уьш, цуьнца цхьаьна шайн дохкодовлар а дохьуш, ишколе шаьш кест-кестта цадахкарна, шайн бовш болчу даймахкана тIаьххьара декхар дIадала.

Сайн цIе йоккхуш хезча, сан ойланаш юкъахъевлира, Iамийна урок дIайийца езаш вара со. Ма дукха хIума дIалур дара ас, хIара урок дика Iамийна хилийта, таса а ца луш, причастин бакъонаш дIайийцина хилийта. Амма , амма хьалхарчу даш тIехь вуьйхира со. Даг чу боьссинчу сингаттамца лаьттара со, цхьана кога тIера вукху кога тIе а вазлуш, охьахьаьжначуьра хьалахьажа а ца ваьхьаш. Суна хезаш дара мосье Амела сайга дуьйцург:

– Франц, сан кIант, ас хьуна дов дийр дац, хетарехь, вуьшта а Iаткъам хилла ву хьо. Даима кханенга туьттур ахь: со стенга сиха ву, кхана Iамор яра иза-м, бохуш. ХӀинца гой хьуна, хIун хуьлу цунах?

Вайн Эльзаса даима кханенга тоьттура Iилма Iамор – иза цуьнан йоккха дакъазалла ю. ХIинца церан бакъо ма ю вайга ала: И муха ду? Аш шаьш французаш ду ма боху, ткъа шуна шайн мотт ца хаьа, шайн маттахь язъян а, еша а ца хаьа! Цу тIехь кхечарел бехке вац хьо, Франц, сан кIант! Вай массара а ваьшкара  бехк баккха хьакъ ду. Шун дай-нанойн башха бала болуш а бацара шун дешарца. Аш миччахьа болх бичхьана, аш чу ахча деъчахьана, тоьаш бара уьш. Ас сайгара бехк ца боккху моьтту шуна?  Сайн бешахь шуьга сих-сиха зезагашна хи ца доттуьйтура ас, шуна хьеха а ца хьоьхуш? Сайна чIара лаца ваха дагадеъча, дIа ца хоьцура ас шу?!

Иштта дашна тIера дашна тIе а волуш, шен дагахь мел Iаьткъинарг дийца волавелира тхуна мосье Амель.

Французийн маттах дийцира цо, дуьнен чохь иза уггар хаза мотт хиларх, цIена мотт, доьналлин мотт, иза Iалашбан безарх, цкъа а биц ца беш, хIунда аьлча, лоллехь даллочу къомана шен мотт хаахь, ша чохь долчу набахтин догIа хир ду цуьнгахь. Юха, мосье Амеля грамматика схьа а эцна, дийнна урокехь йийшира тхуна. Со цецваьллера, суо иштта дика кхетарх. Хьехархочо мел дуьйцург а кхета чIогIа атта дара. Схьахетарехь, ас цкъа а иштта леррина ла ца доьгIнера цуьнга, ткъа цо  иштта собарца ца хьехнера тхуна. Со кхийтира цо лелочух. Пекъар, воккха стаг ша дIавахале  тхуна массо а хIума схьадала, шена мел хуург тхан коьрта чу дилла лаам болуш волчух тера дара. Грамматикин урок чекхъяьлча, йозанан урок дӀайолаелира. ХIокху денна мосье  Амеля тхуна кечдинера керла, хазачу, горгачу куьйгайозанца яздина дешнаш: «Франция, Эльзас, Франция, Эльзас». Партанаш тIе летийна уьш, лесташ дара байракхийн кочарш санна, ерриг а классехь. ХIор элп а хаза яздан гIерташ, тхайн ма-хуьллу дохкуш дара тхо.

Чохь хIоьттина тийналла яра, оха кехат тIе хьоькхучу къоламийн гIовгIа бен ца хезаш. ЦIеххьана корехула чуяьхкира бIаьстенан чхьаьвригаш, амма цхьаммо а уьш тергал а ца йира, уггар кегийчу бераша а цхьаьна, уьш а дара доггах элпаш дахка Iемаш, гIожмаш йохкуш, иза шайн французийн мотт болуш санна. Ишколан тхов тIехь кхокхарчий дара шайн гIур-гIур деш. Цаьрга ладугIуш, айса-сайга хаттар дира ас: «кхаьрга а немцойн маттахь эшарш лекхийта бохку-те хIорш?»,–  аьлла. Сихха-сиха мосье Амель волчу агIорхьа хьожура со. Иза, меттах ца волуш, хиъна Iара, шен хьажар чохь мел йолчу хIуманна тIе а доьгIна, цуьнца ишколан цIа дIадахьа лууш санна. Ойлаейша! Дийнна шовзткъа шарахь хиъна Iийна-кх иза цу меттехь, ваьхна-кх иза кхузахь, хIинца санна, шена хьалха хIара ишколан уьйтIе а, хIара класс а йолуш. Шира гIанташ а, партанаш  а хан-зама яларца къагийна; цIабалгийн дитташ а дахделла, хояхар, цо йийна хилла йолу, хьаьрчина кораш тIера тхов тIе хьалакхаьчн а. Ма чIогIа хала дара цунна хӀара къастар, лакха тIехь дIабаха кечам беш, чамданаш вовшахъеттачу шен йишин когийн татанаш а хезаш...

Кхана новкъа бовлуш ма бара хIорш, гуттаренна а хIокху махках къаста. Делахь а, цуьнан ницкъ тоьира, урок чекхъяккха.

Йозанан урок чекхъяьлча, историн урок йолаелира. Цул тIаьхьа уггар кегийнаш элпаш Iамо буьйлабелира, хIор а элпан аз дахдеш: ба, бе, би, бо, бу.  ТIехьа хиъна Iаш волу воккхастаг Хаузер а вара, куьзганаш доьхкина, шина а куьйга схьа а лаьцна, царна тIаьхьара олуш.

Шен ма-хуьллу воллура иза, воьхна хиларна аз дегодора цуьнан. Цуьнга ладоьгIучу тхан цкъа дийладала дог догIура, юха – делха.

 ХIан-хIа! Суна цкъа а йицлур яц и урок…

ЦIеххьана килса тIерачу сахьто делкъахан хиллий хаийтира.

Оццу хенахь корера схьахезира тIеман Iаморшкара схьабогIучу пруссакийн цIузанийн гIовгIа.

Мосье Амель, макхвелла, ша волччохь хьаланисвелира. Иштта воккха цкъа а ца хеттера суна иза.

– Сан доттагIий, – цхьаъ ала гIоьртира иза, – сан доттагIий…со…со…

Амма легашкахь шад болуш санна,  дийца ца лора цуьнга. ТIаккха, тхоьгахьа букъ а берзийна, мел кара а эцна,  уьн тIехь, шен ницкъ ма-ббу тIе а теIош, даккхий элпашца яздира цо: «Декъала хуьлда Франци!» Юха, ша волччохь дIатийра иза, пенах корта а товжийна, тхоьгахьа схьа а ца воьрзуш, цхьа дош ца олуш... куьйгаэшарца хаам бира: «Дерриг дIадаьлла хIинца… ДIагIо…»

Гочдинарг – Алиева Зарина

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика