ИДИГОВА Жанна

PDFПечатьE-mail

0 6bfc6 28fd7136 orig

ИДИГОВА Жанна

 

 

***

ХӀай! Нохчо-Къонаха,

Яхьйолу Къонаха,

Сан дехар ду хьоьга,

Ларъелахь Нохчийчоь.

 

 

Къизаллин бага кхин

Яха ца йохуьйтуш,

Дераллин куьйгашка

Яра ца йоруьйтуш.

 

Ларъелахь Нохчийчоь

Кхайкхаза вогӀучух,

Хан йолуш, йоцуш а

Баьрче ша хьийзачух.

 

Ларъелахь цабезам

БӀаьргаца хьоьжучух,

ХьагӀ-гамо, тешнабехк

Шен четахь кхобучух.

 

Ларъелахь харцонан

Маша а бузучух,

Бакъ иэшош, харц толош

Дош ала ваьхьачух.

 

Ларъелахь буоберийн

Рицкъанаш хедочух,

Хьанал а, хьарам а

Иэдина дуучух.

 

Ларъелахь генарчу

Хазачу эшарех,

Дайн гӀиллакх емалдеш

Екачу зурманах.

 

Ларъелахь «аса, со»

Дезачийн кураллех,

Десачу хабарех,

Осалчу дезарех.

 

… ХӀей, Нохчо-Къонаха,

Сан весет ду хьоьга, –

Ларъелахь Нохчийчоь

Массо а вонах.

 

***
Сан де а хилийта тоьлла,

Дагана эшарш а тайна,

Оьшуш ю кхузара бецаш,

Оьшуш ду кхузара дитташ,

Аренаш, лаьмнаш а, хиш а,

Олхазарш, некъаш а мархаш.

 

… Сан мехкан хӀуо доцчу махкахь

Хуьлийла дац де а тоьлла,

Дагана эшарш а тайна,

Сан мехкан хӀуо доцчу махкахь…

 

***
Олу дош даггара олура,

Даггара булучу безамца,

Безамо хьоьхучу мукъамца,

Мукъамца йогӀучу эшарца.

 

ДогӀу де беркате лорура,

Дезарш а беркате дерзадеш,

Туху куьг диканна тухура,

Боккху ког байбина боккхура.

 

Олу дош даггара аларца,

Дезарш а беркате дерзорца,

Денна а доьзална яцарца,

Сийлахьчу дарже а кхочура.

 

Сийлахьчу дарже а кхочура,

«Нана» цӀе хьанала лелаян,

Цул деза дарж а ца оьшура,

Дуьненан доккхаллехь карадан.

 

 

Хаало суна

 

Хаало суна,

Йолуш хан-хене,

Амале ненан

Сайн амал ерзар,

Мацах цо сайга

Далхадеш хилларг,

Доьзалшка тахана

Далхош а хилар.

 

Гуш ду-кха суна,

Долуш де-дийне,

Амате ненан

Сайн амат берзар,

Мацах цо санна,

Сирделла гиччош

Йовлакха кӀела

Гулдеш а хилар.

 

Хастам бо аса,

Гуьйренан бешахь

ГӀа тосуш дитташ,

Ӏаьнна шаьш кечлуш,

Мацах сан нанас

Бийцинчу матто

Марздина дешнаш

Доьзалшка олуш.

 

***
Хилла а ца хилла-кх…

Хиллехь а

Йиса а ца йисна-кх…

Йиснехь а,

Малха кӀел деша ло хилла,

Со-м яша езаш а хилла.

 

Ала а ца кхиъна-кх…

Аьллехь а,

ЛадугӀург ца ваьлла-кх…

Ваьллехь а,

Мархашлахь лечкъа малх хилла,

И-м лачкъа кийча а хилла.

 

Дика а ца хьегна-кх…

Хьегнехь а,

Цуьрг цунах кхачарх дог

Тешнехь а,

«ХӀуп» аьлча яьржа чан хилла,

И-м даржа доьгӀна а хилла.

 

Яха а ца йитна-кх…

Йитнехь а,

Харц кхел еш, чехийна-кх…

ХӀетте а,

Лам санна лекхачу собарца

Дог даьгна-кх, со хилар бакъдарца.

 

***

«ХӀинццалца а ларийна,

ХӀинца а ларор ю,

Доьналлех ца юхуш,

Дика, вон ловр а ду.

КӀелъяха тхов боцуш,

Йиса йоьгӀнехь ана а,

Со тӀулган экъан тӀехь

Яха а хуур ю.»

 

…Дог иштта тедина,

Кхин дӀа а тедийр ду,

Муьлхха де, салт хилла,

ТӀе а ас оьцур ду.

«Ларор яц», – олучийн

Луург сайх ца доккхуш,

Ас тӀулган экъан тӀехь

ГӀала а юьллур ю.

 

***

Махкана ийшира ненан кӀант,

Махко а вийхира нене кӀант,

Махко а вехча ша вина кӀант,

Махкана велира нанас кӀант.

 

… И иштта хилла ду Нохчийчохь,

Хуьлуш, схьадогӀуш ду Нохчийчохь

Махкана эшча ша вина кӀант,

Махкана дӀалуш ву нанас кӀант.

 

… Сийлахь ю, хир а ю Нохчийчохь,

Турпала кӀант вина нана, хьо,

Махкана кӀант велла нана, хьо,

Сийлахь ю, хир а ю Нохчийчохь!

 

***
Ларамаза нисделла хила а тарло,

Сан коьрта тӀехула къегина серло,

Лерсина хааялар карзахе гӀар,

Дог огуш гӀаьттина зевналлин йир.

 

Ларамаза карадеана и дика эцна,

Сан яьлла лелар а хирг хир-кха эрна,

Делахь а, хастамбеш, ас хьехаер

Дог огуш гӀаьттина зевналлин йир

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика