Сатасар гӀаьттина

PDFПечатьE-mail

Ахматова Раиса Солтамурадовна

Ахматова Раиса

****

Сатасар гӀаьттина, зарзлуш бу бода,

Хиндолчун шоралла ю суна гуш.

Моттало, хӀинцца со йоллу дӀайоло

Дахарах, вайн ирсах эшараш сайн.

ХӀинцца бен ца бевзи попан ницкъ суна,

Гушбоцчу пондаро хьоьсту сан дог,

 

Ткъа стиглахь, жаӀуьно шен жа а санна,

Мохо дӀалоьхку и мархаш а го.

Дохк даьржа лекхачу бердийн йистошца,

БӀешерийн тӀадмашца Ӏийдало и.

Де гӀотту, сирла де малхаца доьлуш,

Махкахой, вайн ирсан цхьа де ду и.

Ткъа цхьанхьа-м жима йоӀ, сатасар кхойкхий,

Схьахьоду, дуьтий и шен жима цӀа...

Пондарчин поэтан похӀма а хӀинца

Божаршна санна ду цунна муьтӀахь.

Зевне а, ирсе а ду цуьнан елар,

Сан метта дӀахӀотта сихъелла йоӀ...

БӀешераш дӀаихна, поп тийна лаьтташ,

Ткъа хӀинца мотт бийца Ӏемина и!

***

Шийла мох, со шельеш,

Сан дегӀах хьерчалахь,

Меженаш егаеш,

Со къарьян хьажалахь,

Нуьцкъала шок етташ,

Сан лергаш къарделахь,

Хьайн суйнаш сан цӀийца,

ДегӀ шелдеш, кхарстаде!

Нагахь со хьан ницкъо

Харцаяхь бертал,

Нагахь со ницкъ боцуш

Йисича сел холчохь,

Сан голаш лахийна,

Ца гӀоттуш йисича,

Сох къа а ца хеташ,

ДӀашаръе лаьттара,

Даймахке, хьомечу,

Халкъе сан безам

Таллахь, барамал

И кӀезиг хилахь,

Хьомечу махкана

Сан ницкъаш дӀабала

Со кийча ца хилахь,

ДӀаэца лаьттара.

Нене

Цхьа сингаттам баьлча,

Хилча хазахетар,

ИогӀур ю хьо йолчу –

Ахь дӀакхайкха со.

Со йоьлуш – хьо ела,

Елхахь – сан дог эца,

Ларъе къаьхьчу балех,

Хьехар суна деш.

Дахаран цу цӀергахь

Тоъал со а яьгна.

ХӀетте а ю дуьне

Хазахеташ со.

Нислора, тӀам бойна

Олхазар а санна,

Со южуш а, амма

ГӀоттура хьала.

Ахь до суна хьехарш,

Ларлуш хила бохуш,

Даима сагатдеш,

Ларйо хийла со.

Йина мохк, хьо, нана –

Шу ю-кх сан гӀортораш,

Шуьшиннах а яьлла,

Лелалур юй со?

Ас сайн халчу хенахь

Лайнарш диц ца делла,

Гина буьйса къагош,

Кхетта шовзткъа малх.

Дахар – и ду дахар, –

Нисло дагахь доццург,

Текъамаш яц безаш,

Кхаьрда дозаллех.

Лор яц хьо, делахь а,

Дарба деш, ахь хийла

Когаш тӀе хӀоттий со,

Дагна гlopa луш.

Ахь ницкъ а лой, майрра

Йолий гена ара,

Буьрса дарц а эшош,

Бора ас сайн некъ.

БӀаьрса хьан артделла,

Эшна дегӀан гlopa,

Къежъелла месаш го

Кортали кӀелахь.

КъинтӀера а ялий,

Доьху хьоьга, нана,

Дарбане куьйгашна

Баккхийта цкъа барт!

***

ДоттагӀий, я седа, я малх гур боцуш,

Дуьнен чохь со шайца йоцчу хенахь –

Декийта сан иллеш, со карлайохуш,

Кхерстийта даима вайн лаьтта тӀехь.

Безаман шабарш сан иллешка дайта,

Лепийта, хилла шайх  Ӏуьйренан тхи.

Адмашка даима хаза ойла яйта

Лууш ю, со цаьрца цахиларх кхин.

Дахарехь дерриг дан ницкъ

                                     сан ца кхаьчна,

Хийла ас, гӀо эшна, Ӏений бӀаьрхиш...

Иллешка дайта сан дан ницкъ

                                              цакхаьчнарг,

Халкъана гӀуллакх деш, декийта уьш!

***       

КӀайчу даькхнийн         

ӀиндагӀашлахь              

Ойланехь цхьа                           

Лела со.             

Цхьа кӀайн марха

Техка стиглахь,                            

ГӀургӀаз санна                

ХӀорда тӀехь.               

Сайн дагахь ас,

Буьхьар хӀуттий,           

И кӀайн мархаш,           

Лоьцу схьа.                   

Уьш, марахь ас              

Эвла яьхьна,    

Берашна                          

Йоькъур ю д1а.

Лоллур ю д1а               

Ас сайн гӀайгӀа,                            

Мохе яьлла,                            

Лаьттар ю.                            

Бераш ловзуш,                                 

Самукъадаьлла,            

Со а цаьрца                         

Ловзур ю.                               

Царна, дог сайн             

ПаргӀатдаьлла,                                 

Эзар ловзар                         

Ӏамор ду.                         

.. .КӀайчу даькхнийн      

ӀиндагӀашлахь

Ойланехь цхьа                               

Лела со...                                  

***                                                 

Сайн шераш дӀаэхарх, кхерац,                             

Гиччош сайн къеждаларх, елхац, –

Жималлехь сатуьйсуш лехнарг            

Карийна. Харц хастам лехац.                

Бес-бесар хилла сан денош...                              

Мел халчу новкъа со яларх,   

Суо йина юрт йицйой лелаш             

Хилла яц минотехь цкъа а.                 

Пепнаш го дийнна цхьа бода,

Хиш хеза эшаршца декаш,

Казбек лам го лепаш дӀогахь,

Ойланехь кӀадбелла хета.

Шена тӀе кхоьллина гӀовтал,

Кхузахь цкъа Ӏуьйренаш кхехьна

Пушкина. Сан махкахь башха

Поэмаш Лермонтовс яьхна.

Нохчийчоь! Сан хьоме Даймохк,

Хьан уьйтӀа кхаьчнарг ю бӀаьсте!

Со, кхоллам хьайчух дӀаийна,

Къоналло шозлагӀа хьаьсти.

***

Ас бехк ца буьллу

Со йолчу цаварна,

Со оьгӀаз ца яхна

Хьан кехат цадарна.

ХӀуммаъ дац, хьомениг,

Суна там ца бича,

Хийцамаш ма хуьлу –

Со царна ю кийча.

ХӀинца а хьалхара

Дац суна дӀадолуш

Хьан бӀаьргийн схьахьежар

Вайша цхьаьна долуш.

Ахь дина къамелаш

Сан лерехь лаьтташ ду,

Юьхьа тӀера цӀена бос

ХӀинца а лепаш бу.

Хийла де дӀадахна,

Хьоьга ас сатуьйсуш,

Хийла ас ларйина

Яхъелла буьйсанаш.

Ас бехк а ца буьллу

Хьан кехат цадарна,

Со оьӀгаз ца яхна

Со йолчу цаварна.

Х1ун хилла суна?

Хууш яц, хӀун хилла сайна:

Ницкъ кхачац йовза хьан къайле,

Я сан дог кӀадделла-техьа,

Я хьан дог шелделла-техьа?

БӀаьргаш чохь гергарло кхайкхош,

Лийхира вай вовшийн куьйгаш.

Дегаза хилла-те довзар?

Я хилла хьо харцдерг дуьйцуш?

Сайн хӀусам шелъелла хета,

Декхна де хетало буьйса,

Хьо ца гуш, сагатло – кхета:

Безамо даг чохь кӀеж туьйсу.

Дог паргӀат лелачу хьуна

Хаац, со, сагатдеш, хьегар.

Хууш яц, хӀун хилла сайна,

Лалац-кха хьо сайца эгӀар...

***

Наб кхетац ехачу буса,

Седане наб йоьху аса.

Сох къа а хетта, цо суна,

Безаме хичаш йо лакхахь.

Бовзазчу новкъа со йоьду,

Юьртана йолу со генна.

ТӀулгашна юккъехь цхьа шовда

Дистхуьлу, дош олуш хьоме.

ГӀоьнна со кхайкхира хьоьга,

Йовхо а йийхира жимма,

Амма хьо хьаьжира соьга...

ТӀехвелира юххешха шийла.

***

Хетара – дӀаяхча,

Вицлур ву сайна,

Тешара –

чим хир бу безамах вайн.

ХӀинца вай генахь ду,

ХӀетте а суна

Вицлац хьо,

ХӀун дер ас, со хууш яц.

Амма со Ӏемар ю

Хьо вицван, теша,

Даг чуьра эккхор бу

Хьоь безам ас.

БӀаьргаш а сан хир бац

Даим хьо лоьхуш,

Я, хьуна сагатдеш,

Боьлхур бац уьш.

Лелар ву хьо тӀаккха

Ма-луъу хьайна,

Новкъарло йийр яц ас,

Дехарш хьоь деш,

Амма синтем карор

Буй-техьа суна?

Ас муха суо ларъян

Еза-те хьох?

***

Сан кӀант, хьан ирсана, нанна – суна

ХӀун лаа деза хӀоьттинчу кхиэлехь?

Хьайн кӀантана лаьа дерриг хьуна.

Сан кӀант, хӀун совгӀат луо аса хьуна,

Иэделлачу хьан некъашна юьххьехь?

Хьайн кӀантана лун дерриг ахьа.

Со хьуна нана ю, ден метта ю –

Хьехар дан, кхаъ лаа сан декхар ду,

Ткъа хьо дӀахӀоьтти къонаха хилла.

***

Соьгара совгӀатна дӀаэца

Сахуьлуш гӀийлачу серлонца

Бовш болчу седанан и йовхо,

Беттаса – сан деган безамца.

Буьйсанна яьгна дӀаяйна

Йовхонан гӀийла цӀе цуьнан,

Ткъа сан дог, йовхо луш суна,

Безамца догу-кха тайна.

Хьайн ойла елахь а шийла,

ДӀаэца сан дог ахь тийна,

Безаман цӀаро дагийна,

Везначун айпаца дагца ийна.

***

Кест-кестта буьйсанна йог1у-кха нана,

Бераллехь санна, цо тӀехь тодо юргӀа,

ХӀинцца бен со кхета

                            ца йоьлла цунах,

Дерриге дийнахь и ца тоьу суна.

Сан уьсанг ю йоккха,

                                        ю стол шуьйра…

Ткъа цунна, тешна ю, дерриге хаацара.

Цуьнан кучан юх лаьцна, елха-кха

                                                      даггара, –

Со тӀаккха, къар ца луш,

нуьцкъала хир яра.

ЭхӀ, мама, сан нана,

                                    хьо цхьаъ ю кхетар,

Хьайга дӀацааларх,

                               кхетош ца дийцарх,

Харцдолчо, дог лазош, дагадо гуттар

Дегала хиларца латточу къийсамехь.

Ерриге буьйсанна, дош алар доцуш,

Вай къамел даро а синтем бо дагна,

Иштта гуш долчу сан хазачу гӀенаша

Ерриге халонаш яц-кха дӀайохуш.

 

Юха а...

Юха а наб ца кхеташ

Чекхъели буьйса, со хьоьстуш,

Сан дог ду къахьегар дезаш,

Адамна вон дарах кхоьруш.

Маржа-яӀ, велар хьо хууш

Ac хьуна сагатдар тховса! –

Хьо хила тарлора лууш

Сан деган ойланаш хьаста.

Со йоьлхур яц

ХӀан-хӀа со йоьлхур яц хӀинца,

Лалур ю соьга тийналла.

Ирсо дӀатесначу цӀийнан

НеӀ санна, бӀаьргаш хьабдина.

Со сахьте кхерарца хьоьжу,

Цхьамза бац шен болар лагӀдеш.

Шиъ даьлча хьо новкъа волу,

Ма сиха йоьду-кх хьо, зама!

Тхо вовшехкъаьстича-м, зама,

Хаьа, хьо меллаша гӀур ю...

Дерриг а гӀан долуш санна,

Хетало – вай кхин гур дуй-те?!

Ахь соьга дуьйцур дац хетарш:

Эшац сох къахетар хьуна.

Къастаран къахьо а эшош,

Сайн даго гӀо дийр ду суна.

***

ХӀан-хӀа, хир яц со сапаргӀат,

Синтем а суна карор бац.

Кхин керла лакхе яккха гӀерташ,

Со лаьмнийн новкъа оьхур ю.

Кхачор бац и некъ – чан цкъа а,

Со некъ кӀордийна соцур яц...

Ткъа генахь суна гуш ю нехан

ХӀусамехь йогу керла цӀе.

Атта некъаш ас ца хоьржу,

Халонашна леткъац со.

Генна хьалхахь сирла йогуш,

ЦӀаро суна шен ницкъ ло.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика