Сел сийлахь «юккъера стаг»

PDFПечатьE-mail

Мамакаев Арби Шамсуддинович

МИНКАИЛОВ Эльбрус

Сел сийлахь «юккъера стаг»

(Мамакаев Iаьрбин дахарх а, кхоллараллах а ойланаш)

 

 

ХIара могIанаш Мамакаев Iаьрбин дахаран а, кхоллараллин а некъ леррина таллархьама яздина дац ас. Сан Iалашо – цуьнан кхоллараллах, дахарх сайна гергадерг а, мехала хетарг а къастор ю.

 

 

Мамакаев Iаьрби, шеко йоццуш, нохчийн литературехь сирла, цкъа а йоврйоцу лар йитинчу поэтех ву. Иза кхолараллин болх бан волавелла хан – дIадаханчу бIешеран 30-гIа шераш – вайн литература когаметтахIотта йолаелла зама ю. Дуьххьарлерачу вайн поэтийн – Бадуев СаьIидан, Дудаев Iабдин, Нажаев Ахьмадан, Айсханов Шамсуддин, Мамакаев Мохьмадан – зеделлачух пайда а оьцуш, язъян волалуш дуьйна, шен, керла поэзехь некъ лоьхуш хилла Iаьрби, оцу тIехь цуьнан аьтто а хилла. Хьехамийн, кхайкхамийн хилла вайн къона поэзи кIорггера адамийн синхаамаш гайта йолаялар Мамакаев Мохьмадан цIарца доьзна ду.  Оцу новкъа – шен шатайпаналла даима лар а еш, схьавеъна Iаьрби а. И бахьна ду цунах бакъволу Поэт винарг а.

Нохчийн поэзин масех Лакхе ю, иштта ала мегар делахь: церан цIераш – Мамакаев Мохьмад, Мамакаев Iаьрби, Сулейманов Ахьмад, Арсанукаев Шайхи ю аьлла, тешна ву со. ХIораннан а – шен зама, цуьнца доьзна – хIораннан поэзин а шен-шен башхаллаш…

Мамакаев Мохьмад а, Мамакаев Iаьрби а вовшашна чIогIа герга хета суна шайн поэзин коьртачу билгалонашца. Хетарехь, нохчийн поэзехь и шиъ бен вац, шайн произведенешкахь шаьшшиннан кхолламах дуьйцуш, дерриге а вайн халкъан кхолламах дерг гайтина. Иза уьш бакъ Къонахий хиларца, шаьш баьхначу заманахьлерачу коьртачу хиламашна юкъахь а болуш, оцу хиламийн деза дукъ шайна тIе а эцна, мел хала киртиг тIехIоттарх, узарш ца деш, яхь дIа ца луш, шайн сий ца дойуш, дахарехула и ший а чекхваьлла хиларца доьзна ду. Иштта нисделла-кх, кхолламо зиэраш цушинна сов дукха тIехIиттор, уьш беха зама сел буьрса хилар…

Мамакаев Мохьмад а, Мамакаев Iаьрби а вовза луучарна хаа дезаш цхьа хIума бен дац-кха – оцу Iалашоне кхачархьама, церан произведенеш леррина еша езар бен.

… Мамакаев Iаьрбин поэзи къаьсттина герга ю суна. Цуьнан масех бахьана ду. Цкъа – делахь, кхечарел хьалха евзина суна цуьнан произведенеш. Иттех шо кхаьчна вара со, «Теркан тогIи» цIе йолу поэтан книга сан каракхаьчча. ШолгIа-делахь, суна хIора дийнахь гуш долу Терк, цуьнан тогIенаш, Теркан рагI яра поэто юьйцуш ерш – поэтан хьоме Лаха-Невре Теркаца хьала иттех километр бен гена яц со кхиъначу Галненна. Накъосташца цхьаьна лийча я ловза, деций, вежаршций чIерий леца воьдура Терка тIе… РогIехь хилча, жа дажо а воьдура. Хетарехь, ког биллал меттиг ца йисна оцу тогIенашкахь, со кхачанза. Суна и дерриге Iалам Iаьрбин бIаьргашца гора хIетахь; хIинца а, наггахь бен цига кхочийла ца хуьлу дела, кхузахь, гIалахь я генарчу меттигашкахь – кхолламо кхоьс-кхоьссинчохь – хьоме юрт дагаеъча, цуьнан васт даима а тIедузу сан кхетамехь Iаьрбин стихаша:

 

Ма хаза ю-кха хьо, шера тогIи,

Хьайн бай тIе цIен зезаг даьлча,

Ма хаза ю-кха хьо, Теркан гIайре,

Хьайна тIе баьццара къаж яьлча.

 

ДIо варшахь къоркхокха бека,

Мархашлахь кIайн куьйра техка,

Суьйренца чудерза кечлуш…

                           («Сарахь Теркан тогIехь»)

 

Чолхе хIумма а дац хIокху стихашкахь: цкъа бIаьргашна гина сурт, хаздархьама тIетоьхна цхьа дош а доцуш, ма-дарра гайтина цо. Поэт дуьнена тIе валале а, и вехачу заманахь а, хIинца а иштта ду и сурт. Амма Iаьрбис санна доггаха а, къеггина а хIоттийна дац и цхьаммо а…

Iаьрбис дукхахйолу шен поэтически произведенеш къоначу шерашкахь язйина – иштта нисделла-кх. I942-чу шарахь, поэтан 24 шо кхаьчначу хенахь, иза лаьцна. Деха дейтта шо даьлла, кхоллараллин болх бан цуьнан аьтто ца хуьлуш. Юха паргIато яьлча, цIа а вирзина, шен болх дIаболийнера цо. Амма ницкъ ца биснера – I958 шеран 26 августехь кхелхина иза – поэтан шовзткъа шо а ца кхаьчнера хIетахь. Амма стеган – къаьсттина, поэтан – дуьненахь яьккхинчу хенаца ца къастайо мехалла, ткъа и дан кхиъначу гIуллакхашца…

Къоналла тайп-тайпанчу сирлачу синхаамийн, къаьсттина, безаман хан ю, ткъа кIорггерчу ойланийн хан тIаьхьо йогIу. ХIораммо а шен безамах, езаеллачуьнга сатийсарх ала тарлуш хета хIара поэтан дешнаш:

 

Буьйса ю башха,

Цхьана лаьтта вайша.

Терк лепош, беттан

И сурт гой хьуна?

 

Иштта хьо, хазниг,

Сан даг чу хьаьжча,

Куьзган чохь санна,

Хьуо гур яра хьуна!

                     («Буьйса ю башха…»)

 

ХIокху стихотворенехь безамах цхьа кIеда-мерза дуьйцу поэто. Безам цхьа сирла бу, ломах ша бухдолучохь шовда санна, хетарехь, хIеттахь кхоллабелла, зиэрашкахула чекхбаланза… безам цабезаме а боьрзу атта – дахарехь иштта а нисло-кх:

 

Нагахь сан амалца

Дог шийла хьо хилахь,

Езначу суна хьо

Ца еза а хуур ду!

                    («Ч.М. –не»)

  

… Шен безамах йолчу стихашкахь коьртачу декъехь дIасакъастарех дуьйцу Iаьрбис – иза го вайна «Баркалла хьуна», «ХIумма а дац, и цатам…», «ХIинццалц лечкъийнарг нахах…», «Майе» цIераш йолчу а, цхьацца кхечарна тIехь а. Чекхъяланза йисинчу «Лар ца дина ирс» поэмехь а ю изза тема. Лаамца а, лаамза а алсам хиллачух тера ду-кх уьш поэтан дахарехь…

Иштта ду адамийн дахар: вовшехкхетареххий, дIасакъастареххий лаьтта. Коьртаниг – тешам цабар, ирсах дог цадиллар ду-кх. I957 шарахь яздина ду поэто хIара могIанаш:

 

Стаг кхолург – и стаг бакъ

Хилар ду хьуна,

Бакъ хила Iамалахь,

Йоккхаеш, йоьлуш.

Сайга а харц цалер

Луур ду суна –

Ша-шех дог ца кхаьрдарг

Даим ву тоьлаш.

 

IиндагIаш дахделла

Акхтаргийн диттийн,

Сайний бен, кхечунна

Хьо гарна кхоьруш,

Лаьтта со тогIи чохь,

Теркан хи йистехь,

Хьо йогIур ю моьттуш,

Миноташ лоьруш.

                              («ЙоIе»)

 

… Нохчийн лирика Iаьрбин поэзи тIера йолалуш ю аьлла, тешна ву со даима а. Дуьххьара оцу тайпана произведенеш цо язйина я ца язйина – и бен-башха а дац. Юккъехь алархьама аьлла цхьа дош а доцуш, дуккхаза а хIораммо а дийцинчу дешнашца буьйцу цо безам. Хеталу атталла кхузахь поэтан кIорггера говзалла ю…

 

…Ас хьалха, волалуш, къастийра Мамакаев Iаьрбин Iаламах йолу стихаш. Цу хенахь, тешна-а, даима хилла а, хир ду а моьттура цунна и исбаьхьа Iалам шен бIаьргашна хьалха. Амма кхолламо кхин кховдийра – махках валар, вайн дерриге а халкъал хьалха геналлехь хан такхар. Ткъа ишттачу хьолехь гуттар а ирло, чIагIло кхетаме хилча дуьйна даг чохь болу Даймахке безам:

 

Ирхенаш,

Охьаненаш,

Шера некъ нислуш,

Яьккхинчу заманан

Моьнаш ду дегӀехь, –

Доьддушехь, олхазар

ГIорочу шелехь,

ГӀамар тӀехь хӀоаш а

Доттучу йовхехь

Лелаш со, экханна

Толлучохь вицлуш,

Адамо хьаязчу

Хьаннашкахь сирлуш,

Дог дара, Кавказ, хьо

Ган даим сихлуш!

                            («Кавказан латта»)

 

Стаг шен Даймахкахь ваха веза, цхьаннен а бакъо яц иза цунах ваккха, хераллехь иза ирсе хуьлийла дац  – и маьӀна ду оцу а, ткъа иштта «Кавказе маршалла» цIе йолчу а вай цӀадирзинчул тӀаьхьа язйинчу стихотворенийн. Оцу тайпана произведенеш Ӏаьрбин а, кхечу нохчийн поэтийн а (масала, Мамакаев Мохьмадан) хилла ца Iа – вайн халкъ санна, махках даьхна хиллачу кхечу къаьмнийн поэзехь а ю уьш – балкхархочун Кулиев Кайсынан, гӀалмакхочун Кугультинов Давидан, кхечеран а...

 

Ерриге а нохчийн поэзехь дикачех цхьаъ хеташ ю суна I957 шарахь Ӏаьрбис язйина «Даге» стихотворени. Цу тӀехь поэтан кхоллам, цуьнан дахаран некъ бевза йоьшучунна – иза цхьа чкъор ду, ткъа шолгӀаниг – поэзех а, поэтан балхах а йолу авторан ойланаш. Шен дахаран а, кхоллараллин а жамӀ до поэто, шатайпа весет до тӀаьхьа буьсучаьрга. Хетарехь, хӀинццалц поэтан дахарх а, кхоллараллех а язбинчу массо Ӏилманан белхийн чулацам, уьш дерриге вовшахтоьхча а, хӀокху кӀоргалле ца кхочу:

 

Яздан ницкъ боллушехь,

Ца яздеш дисна,

Дагахь дерг дӀаяздан

Таро ца хилла,

Безаман алонна

Хьо юьстахътилла,

Лаамца,

Лаамза

Некъаш тIе дийлла.

Кхолламо гамдинарг

Ницкъ боцуш нисдан,

Хиллачу гӀелонна

Хьо кӀел ма дислахь!

 

Ткъа поэзех дерг аьлча, xlapa дешнаш ду-кх массо а поэт ву ша бохучо дагахь латто дезарш:

 

Цкъа ца леш висна вац

Цхьа а стаг лаьттахь,

Сохьтан сий ца лоьхуш,

Халкъана язде.

Иллица ирсехьа

Къахьегар дазде.

Хилийта безаман

Беркат хьайн хьаьттахь –

Хи гӀур ду,

ТӀулгаш ду

Дуьсудерш меттахь.

 

ХӀорш а ду, ткъа иштта Мамакаев Мохьмада вайн литература когахӀуттучу шерашкахь шен «Пондар» стихотворенехь яздинарш а ду...

 

... Мамакаев Ӏаьрбин стихаш йоьшуш, таханлерчу дийнаца ца догӀуш, коммунистически идеологин цхьацца тӀечӀагӀдарш нисло, граждански лирикехь хьовха, безамах йолчарна а юкъахь. Шен цхьана стихотворенехь поэто ма-аллара, «зезагашна юккъе а баI болу аьлча, и бакъ ца моьттура – баккъа-м хиллера». Делахь а, цу хӀуманах нийса кхета веза, и зама мелла а йовза еза –  тӀаккха дерриге а шен-шен меттиге дӀахӀутту.

Поэт ваьхна зама – адмашна тӀехь дуьненан исторехь уггаре а доккха зиэр хӀоттош хилла зама ю. Керла юкъаралла, керла стаг кхолла, массо а ирсе ван Ӏалашо ю шайн бохучу коммунистийн идеологино бӀаьрзе вора стаг. Ӏаьрби санна, оцу идеологих тешна нах, шайна тӀехь таӀзарш дича а, юха ца бовлура. Царна шаьш билггала тиладелла олий а хеталора, парти бехкеян ойла а ца кхоллалора – цхьацца бехке хир ву, амма Бакъдерг, мацца кхаьчна а, тӀекхочур ду бохучу дегайовхонца бехара уьш.

Оцу хӀуманах кхета дуьххьара дас дира суна гIo – I939 шеран I-чу майхь Ростоверчу набахтин массо а камершкара схьахезаш «Интернационал» яра аьлла, дийцира цо. Иза ша а хиллера оцу хенахь цу чохь...

Дуккха а шерашкахь университетехь нохчийн литература хьоьхуш ву со. Деша дӀахӀуьттучу хенахь школашкара схьадаьхкинчу бераша Мамакаев Ӏаьрбин дахарх а, кхоллараллах а дуьйцуш, хӀинца дашна бохуш а доцуш, дог лаза долура, ма гена ду-кх кхарна хьехнарг а, бакъдерг а олий, ойла кхоллалора. Амма школашкахь Ӏамош дерг дахарехь долчунна гена хилар хьехархойн а, учебникийн авторийн а болх ледара хилар хилла ца Ӏара.  Дийца мега долчуьнан барам Ӏедало къастош бара, ткъа Ӏедалца къийса ницкъ цхьаннен а бацара хӀетахь...

ХӀинца, и Ӏедал а, цуьнан идеологи а йоьхна итт шо а сов хан яьлла, ткъа керла Ӏилманан белхаш чӀогӀа кӀезиг бу, Мамакаев Ӏаьрбех хьовха, массо нохчийн яздархойх a. ХӀора яздархочун дахаран а, кхоллараллин а некъ талларна тӀера вайн литературин истори кхолларна тӀекхача дезаш ду вай...

Леррина юха талла езаш а дукхахйолу Мамакаев Ӏаьрбин произведенеш а, къаьсттина, «Нохчийн лаьмнашкахь» поэма. Паччахьан заманахьлерчу халчу дахарх, Ӏадаташна дуьхьал и язйина ю бохучунна тӀера дӀа а девлла, Шота Руставелин «ЦӀоькъалоьман цӀокалахь турпал»,

Низамин «Хосров и Ширин», Навоин «Фархад и Ширин» поэмийн, Европан къаьмнийн литературашкахь йолчу Ромеон, Джульеттин, кхечу царех терачу безамах йолчу сюжеташца юстуш, талла хьакъ ю, аьлла хета суна, АслагӀин, Селехьатан безамах йолу сюжет...

Иштта, керлачу хьажарца талла езаш ю цуьнан «Винчу юьрта» повесть а.

Мамакаев Ӏаьрби, шеко йоццуш, доккха похӀма долуш, говза яздархо хилла, лакхахь ас къаста ма- дарра, бакъ Къонах а. Шех-м цо иштта деза а ца аьлла:

 

Сан лекхий,

Я лохий

Хила ца деза.

Юккъера стаг ву со,

Хьан Ӏин чохь кхиъна...

 

Ма сийлахь ву-кх иштта «юккъера стаг»!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика