Оьзда стаг яра иза

PDFПечатьE-mail

hqdefault 4

ШАИХИЕВ Ӏалвади

Оьзда стаг яра иза

 

Эхъаца, даггара богӀург

Кхин хъуна оъшуш бац безам.

Амма ас: «Хьо веза!» – бохуш,

Кхин хъуна хезар дац, теша!

 

Ахматова Раиса нохчийн поэзе муха еана?

 

Оцу хаттарна жоп цхьаьнгге далалур дац аьлла хета, хӀунда аьлча, муьлххачу поэтан санна, иза цуьнан шен къайле ю.

Бакъдерг аьлча, тхо язархойн Союзехь, Ахматова Раиса правлении председатель а йолуш, цхьаьна болх беш долуш, цкъа Анзорова Балкан, нохчийн дуьххьарлера поэтесса, тхайн къамелехь юкъаяьлча, оцу хаттарна т1екхиа-м гӀоьртира со.

 

– Раиса, – элира аса, – дийцахьа тхуна, хьо поэзе муха еана? Хьалхара гӀулчаш йохуш, хӀун дуьхьалонаш нислора хьуна хьалха?

Сан хаттар жоп доцуш ца дита делахь а, цо ела а елла, иштта дӀахадийра:

– Массарна нислурриш. Хьоькхнех боьттина бу поэзе богӀу некъ. Ткъа хьо поэзе вар муха нисделла? – дуьхьала хаттар дира цо.

Цо санна, вела а луш, белшаш саттийра аса. Оцу тӀехь тхан къамел хедира.

Нагахь санна сан хаттарна хӀетахь Ахматова Раисас кхоччуш жоп делла хиллехьара, тахана, цунах хӀара могӀанаш яздеш, дешархошна дӀадовзийта дуккха а хӀуманаш хир дара сан. Мел халахеташ делахь а, и къайле цо шеца дӀаяьхьна. Амма вайна бухадисина Ахматова Раисин, хӀорш санна, дуккха а лийр доцу могӀанаш:

 

Массо а хӀуманан

            ю шен-шен зама.

Шен-шен бу xlopa а

                  хӀуманан мах.

Ткъа дийцал, ахь мичахь,

          мел мах схьаэцна,       .

Доьхкира хьайх тешна

                 нехан дог д1а?

Тешнабехк бина хьо,

             муха лов лаьтто?

Ткъес муха ца тоьхна?

               ца лекъна хиш?

Сийначу стиглара,

              массарна санна,

Хьуна а къежи-те

              нур сирла малх?

Гечдийр ду хьуна-м и,

       ду вай цхьа адамаш,

Кхул тӀаьхьа хьоьга и

                   ас хьахор дац.

Ткъа дагна.. .цунна-м и

            дицлур дац цкъа а:

Цунна ахь дӀалур бу

                       буьззина мах.

 

Волалушшехь билгалдаккха лаьа цхьа хӀума. ХӀокху йозанийн коьрта Ӏалашо турпалхочун кхоллараллин aгlo йийцаре яр а, цуьнан мах хадор а яц. Иза вайн литературоведаший, критикаший хадийна а, нохчийн литературехь цуьнан хьакъ йоллу меттиг билгалъяьккхина а дукха хан ю. Сан Ӏалашо Нохч- ГӀалгӀайн республикин халкъан дуьххьарлерачу поэтессин Ахматова Раисин адамаллин агӀонна тӀе дешархойн тидам бахийтар ю, сайн цунна юххехь дуккха шерашкахь болх бан кхаж баьлла хиларна.

Со Соьлжа хийистехь, цхьана нехан шайн долахь долчу цӀеношкахь Ӏаш вара. Цкъа, цхьана дийнахь цӀа вогӀу со а, шен гӀуллакхера йогӀу Ахматова Раиса а тхан урамехь цхьаьнакхийтира. ХӀетахь иза Нохч-ГӀалгӀайн яздархойн Союзан правлении председатель яра. Со – эскарехь гӀуллакх дан ваханчуьра ц1а а вирзина, цхьана ханна болх боцуш, мукъа вара. Ткъа тхойша вовшашна девзаш долу дикка хан а яра.

Маршалла а хаьттина, цхьацца дар-дацар а аьлла, дӀаяха тохаелча, цӀеххьана саца а луш, Раиса юхайирзира:

–  Ӏалвади, – элира цо, – яздархойн Союзехь оха схьайоьллуш цхьа керла штат ю. Хьо цига балха вогӀур варий?

Яздархошна юкъахь хила лууш даима хилла волчу суна иза боккха кхаъ бара. Цул сов, белхан меттиг лоьхуш волавелла лелар а тӀера долура. Цундела аса, кхин ойла а ца еш, сихха, цхьалхадаьккхина жоп делира:

– Дера вогӀур вара! – аьлла.

– Делахь барт хили вайшиннан. Кхана хьайн аьтто баьллачухула Союзе дӀакхета. Цигахь дуьйцур ду вайшимма.

Айса буьйса муха текхна ца хаьа суна, и «кхане» тӀекхачаре ладоьгӀуш. Цундела аса итт сахьт дала герга дахарций яздархойн Союзе юм йира.

ДегӀастанарчу яздархойн Союзехь хиллачу исбаьхьаллин литературин пропагандин Бюрон филиал хиллера кхузахь схьайоьллуш ерг (дукха хан ялале цунах, цхьаннах йозуш йоцуш, шакъаьсттина Бюро хилира).

Раисас кхетийра со керлачу балхахь дан дезачух: цхьацца предприятешца, организацешца, школашца, оьздангаллин кхерчашца барт а беш, яздархойн цхьаьнакхетарш вовшахтохар.

Билгалдаккха оьшу: оцу хенахь кхечпхьара яздархой а, поэташ а кест-кеста хуьлура Нохч-ГӀалгӀайчохь хьошалгӀахь. Царна республика а, кхузарчу бахархойн Iep-дахар довзийта а боккха аьтто а бийр бара ишттачу цхьаьнакхетарша.

– Ларор вуй хьо хьайн керлачу декхаршца? – елаелира Раиса.

– Хьожур ву со, – элира аса, дуьхьала вела а луш.

Цу тӀехь барт тайра тхойшиннан. ТӀаккха цо со балха дӀатарвала Махачкала хьажийра.

Иштта нисвелира со Ахматова Раисиций, Мамакаев Мохьмадций, Боков Ахьмадций, Яндиев Джемалдинаций цхьаьна балхахь. И мур сан дахарехь шатайпа маьӀна лелийна а бу.

 

Вуьшта со а, Ахматова Раиса а девзаш долу-м дикка хан яра. Амма цо со яздархойн Союзе балха кхойкхур ву аьлла-м цкъа а дагадеана дацара суна. ТӀаккха тийшира со вайн дахар дагахь йоцчу мурстех доьттина хиларх. Тхан болх а эвсаралле д1а а бахара.

Яздархой кест-кеста цхьаьнакхетара шайн дешархошца предприятешкахь, организацешкахь, школашкахь, иштта дешаран лакхарчу заведенешкахь, оьздангаллин учрежденешкахь.

И тайпа цхьаьнакхетарш вовшахтухуш суна г1о дора яздархоша шаьш а. Со цхьаъ-м ларор ву аьлла а ца хетара суна.

Цигахь болх беш волуш, яздархойн рогӀерачу гуламехь правленин декъашхо а хаьржира со. Ткъа иза боккха тешам а, доккха жоьпалла а дара, хӀунда аьлча, кест-кеста Москох СССР-н а, РСФСР-н а яздархойн Союзашкахь цхьацца гӀуллакхаш листа дезаш нислора. Ткъа со массарел жимахверг хиларе терра, цига вохуьйтура. И командировкаш бахьанехь сан гергарло тасаделира цигарчу дуккхачу яздархошца. Аса тӀедаьхьна гӀуллакх цара сихха чекхдоккхура.

Тахана вайн литературехь дика къахьоьгуш схьабогӀуш а бу шен хенахь СССР-н яздархойн декъашка тӀеоьцуш со орцахвийлина цхьамогӀа яздархой. Церан цӀераш йохур яц ас, цаьрца гӀиллакх а лаьцна. Вуьшта, цхьа-цхьанна дина дика дуьйцуш лелар товш а дац. Царна шайна хиъчахьана кхачаме ду. Ас иза кхузахь хьахор а Ахматова Раиса бахьанехь ду. Цо яздархойн Союзе балха вигна ца хиллехьара, сан кхечарна иштта аьттонаш бан йиш хир яцара.

Ахматова Раиса декъаза стаг яра. Цхьа кӀант Марат бен, кхин доьзалан ирс ца гуш, бакъ дуьнене дӀаяхар нисделира цуьнан.

Иштта байт а ю цуьнан:

 

Хууш яц хӀун хилла сайна:

Ницкъ кхачац йовза хьан къайле.

Я сан дог кӀаддела техьа?

Я хьан дог шелделла техьа?

БӀаьргаш чохь гергарло кхайкхош,

Лийцира вай вовшийн куьйгаш.

Дегаза хилла-те довзар?

Я хилла хьо харц дерг дуьйцуш?

Сайн хӀусам шелъелла хета,

Декхна де хетало буьйса.

Хьо ца гуш сагатло. Кхета:

Безамо даг чохь кӀеж туьйсу.

Дог паргӀат лелачу хьуна

Хаац, со сагатлуш лелар.

Хууш яц хӀун хилла сайна:

Лалац-кха хьо сайца эгӀар.

 

Вай лакхахь дийцинарг дац Ахматова Раисин доттагӀий я гергара нах бацара бохург. Уьш-м, массеран санна, цуьнан а бара. Цуьнан шатайпанчу поэзин охӀланаш а тӀехь. Амма...

Веза-Воккхачу Дала цунах нана йинера. Ненал деза а, хьомсара а адам дац муьлххачунна а. «Ялсамани вайн нанойн когашкахь ю», – иштта аьлла ду дезачу хьадисехь. ТӀаккха мел доккхачу декхарлахь хилар тӀедужу вайна наношна хьалха?

Лаа ма дац вайн нохчийн Ӏедалехь боьрша стаг вийча цхьа цӀий, зуда йийча бекхаман ши цӀий оьцуш хилар.

Вайн нанойн доккхачу хьекъална а, собарна а, оьздачу гӀиллакхна а тӀехь лаьтташ ду адамийн дахар.

Наной хьахийнначуьра, дало лаьа Ахматова Раисин «Нене» стихотворени тӀера могӀанаш а:

 

Цхьа сингаттам баьлча,

Хилча хазахетар,

ЙогӀур ю хьо йолчу –

Ахь дӀакхайкха со.

Со йоьлуш – хьо ела,

Елхахь – сан дог эца,

Ларъе къаьхьчу балех,

Хьехар суна деш.

Дахаран цу цӀергахь

Тоъал со а яьгна,

ХӀетте ю вайн дуьне

Хазахеташ со.

 

Ахматова Раисех сайн къамел дерзош:

 

ГӀиллакхна сихло хьо,

Дош ала ларлуш:

Дахарна гӀалаташ тӀехь

Ӏемаш ду вай.

Ахь бехке-м, и лиъча,

Малик а дийр ду,

Ткъа Ӏора – тешнабехк

Бинарг бен ваккхац.

 

Ахматова Раисин зорбанехь арайийлина гуларш хӀорш ю: «Хьоме республика» (1959 шо), «Нийсархошка» (1963 шо), «Сан седа» (1966 шо), «Шовданан йистехь» (1969 шо), «Стихаш» (1972 шо), «Дикалла» (1975 шо), «Цхьаьнакхетар» (1978 шо), «Хаьржинарш» (1987 шо) и дӀ.кх.

Цуьнан дахар хедира 1992-чу шарахь. Веза-Воккхачу Дала декъалйойла иза йирзина меттиг!

Оьзда стаг яра Ахматова Раиса. Иштта шен оьздангаллех ца юхуш бакъ дуьнене д1а а яхна...

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика