Халкъан хьехархо

PDFПечатьE-mail

IMG 9407

Халкъан хьехархо

Нохчийн Республикехь халкъан хьехархо вейтта ву. Царах цхьаъ ву нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Исраилов Iабдул-Хьамид.

Халкъан хьехархочо 1абдул-Хьамида ишколехь нохчийн мотт, литература а хьоьхуш болх бо 50 шо зама ю. Ишколехь а, берийн дахарехь а цхьа шатайпа меттиг дIалоцу нохчийн меттан хьехархочо. ХIунда аьлча, къоман мотт безаш, шен меттахь волу хьехархо шен урокашкахь нохчийн йоза, литература йовзийтина ца Iа, цо нохчалла йовзуьйту. Оцу урокашкахь къаьсттина дуьйцу гIиллакхах-оьздангаллах. Бакъволчу хьехархочо, белхан декхаршна юкъа ца дагIахь а, даима а ишттий бен хьоьхур а бац нохчийн мотт. Ненан мотт гIиллакхца цхьаьна бен товш а бац. Халкъ кхетош-кхиош верг ву Халкъан хьехархо.

 

2011-чу шарахь Нохчийн Республикин «Хьакъволу хьехархо» а, 2013-чу шарахь Нохчийн Республикин «Халкъан хьехархо» а сийлахь цIерш елира Iабдул-Хьамидана.

Хьехархочун схьавалар Шелан кIоштарчу БелгIатой-Эвлара делахь а, амма дахаран а, белхан а некъаш Шела шахьарахь хила доьгIна хиллера цунна. Шелан кIоштахь хьовха, республикехь а вевза Iабдул-Хьамид шен болх даггара дукхабезаш хиларца а, нохчийн маттаца доьзна мел дерг дика хаарца а. Дешархочунна программин тIегIанехь хаарш делла ца Iаш, «дахаран институтан» Iилма а лучу хьехархойх ву Iабдул-Хьамид. Нохчийн мотт цунна хаар а, цо иза исбаьхьа, хаза буьйцуш хилар а хууш ду иза вевзачарна массарна а. Иштта, цуьнца цхьаьна, цо дешархошца дIахьочу кхетош-кхиоран белхан мах хадийна вера вац. Нохчийн гIиллакхаш, оцу гIиллакхан бехкамаш, барамаш дика хаьа цунна. «Iабдул-Хьамидан хьехамаш хилла ца Iа беркат- цо ден дов ду беркат», – олу цуьнан хьокъехь.

Исраилов Iабдул-Хьамид вина 1948-чу шарахь ГIиргIизойн Республикехь. 1964-чу шарахь БелгIатойн-Эвлара барх1шеран школа чекх а йоккхий, Гуьмсерчу хьехархойн училище деша воьду иза. 1968-чу шарахь ша дешначу школехь юьхьанцарчу классийн хьехархо хуьлу иза. Цул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман декъехь доьшу. Цигахь дешча БелгIатойн-Эвларчу школехь вовшахтохархо а, лакхарчу классашкахь нохчийн меттан а, литературин а хьехархо хуьлу иза. Шела 1985-чу шарахь вогIу иза. Шелан кIоштан дешаран декъехь ишколийн инспекторан даржехь болх дIаболабо цо.ТIаьххьарчу 30 шарахь коьрта говзанча ву иза Шелан кIоштан дешаран урхаллехь.

Iабдул-Хьамида жигара дакъалоцу республикин «Грозный», «Вайнах» телевиденийн передачашкахь а, юкъараллин дахарехь а. Цунах яздина 2013-чу шарахь «Хьехархо», 2014-чу шарахь «Исламан зIаьнарш» газетийн агIонашкахь. «Исламан зIаьнарш» газетана ша еллачу йоццачу интервьюхь Исраилов Iабдул-Хьамида боху, шена масал хилла ваьхнарг шена Iаьрбийн йоза а, Къуръан а деша Iамийна хилла волу лулахо Сулейманов Султан вара (Дала гечдойла цунна). Кегийрхошна хIун хьекъал лур дара ахь аьллачу хаттарна цо иштта жоп ло: «Делах тешар, дай-наний резадар, Iилма Iамор».

Ша бечу балха тIехь цо пайдаоьцу «Орга», «Вайнах», «Нана» журналех а, «Зама», «Даймохк» «Хьехархо», «Исламан зIаьнарш» газетех а, ткъа иштта «Синмехаллаш», «Даймехкан аьзнаш» телепроектех а. Шелан кIоштарчу ишколашка ша кхаьчча, иза уггар а хьалха нохчийн меттан а, литературин а кабинетийн хьоле хьожу. Къоначу хьехархошна дала хьекъал а, довзийта зеделларг а долчу цо ца кхоайо шен хан а, ницкъ а. Цуьнан доьзалехь ши кIант а, цхьа йоI а ду. Ден лорах йогIуш ю Исраилова Луиза. Нохчийн моттий, литературий дукхаезаш ю иза. Цул сов, ша а ю литературин хьаьрмахь къахьоьгуш. Ишкол дашо мидалца а, университет цIечу дипломаца а чекхъяьккхина цо. Хууш ма-хиллара, ишкол дашочу мидалца чекхъяьккхинарг экономист я юрист хила лууш хуьлу, ткъа цо хаьржинарг шен дас шена марзбина нохчийн меттан хьехархочун болх бу. 2009-чу шарахь «Шеран хьехархо» кIоштан къовсамехь лауреат хилира.2010-чу шарахь нохчийн меттан а, литературин а республикин къовсамехь шолгIа меттиг а яьккхира Луизас.

Карарчу хенахь Соьлжа-ГIаларчу А.-Хь.Кадыровн цIарахчу Дешаран туьшахь болх беш ю иза.

Эрна ца дайна Iабдул-Хьамида хьегна къа. Цуьнан шен дешархойн дийнна «ишкол» кхиъна. Цара республикин къовсамашкахь тоьлла меттигаш йоху.

Шен мохк а, халкъ а дукхадезаш стаг ву иза. Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачар гергакхочуш, цо элира: «Соьлжа-ГIала вайн масеран а юкъара шахьар ю. Орамаш юьртахь делахь а, къахьегар, дешар кхузахь хуьлу вайн. ТIулга тIехь тIулг ца буьтуш йохийначу гIаланах, дуьне а цецдуьйлуш, хаза гIала йина дIахIоттийна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. ГIала хазйина «Нохчийчоьнан дог» маьждиго, Исламан университето, Iилманийн академис, дешаран а, культурин а кхерчаша. Вайн массеран а дезде ду эсаран беттан 5-гIа де. Дала тIаьхье беркате йойла вайн!».

Дахаран а, белхан а зеделларг долу Iабдул-Хьамид санна волу хьехархо уллехь нисвалар – боккха бахам бу. Нохчийн кицанехь: «Аьхкенан цхьана дийно Iаьнан дийнна бутт кхобу», – ма-аллара, Халкъан хьехархочунна уллехь нисвеллачу дешархочо а, къоначу хьехархочо а доккху де а ду шеран мехха.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

 

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика