Берсин леламаш

PDFПечатьE-mail

ac80428bd358

                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                             Закриев Ӏийса

Берсин леламаш

(туьйра)

 

Берс ишколе ваха аравелира. ПхоьалгӀачу классехь вара иза. Цуьнан гихь керла тӀоьрмиг бара. Цул хьалха хилларг шен классера Ӏаьрбица эвла йисте буьрканах ловза ваханчохь байнера. Нанас билггал дов дийр долуш дара, ткъа дадас аьшпаш боьттича я гӀиллакхехь доцург далийтича бен таӀзар ца дора. ТӀелхигаш бахьанехь – хӀетте а. Амма Берсина билггал ца хаьара, тӀоьрмиг байар дас муха туьдур ду – доьналлех вохар я тӀелхигах хазахетавалар. Цундела геннара къамел долийра цо:

– Дада, суна селхана хӀун хилира хаьий хьуна?

– Ахь дийцича, хуур ду-кх.

– Цхьа йоккха стаг кхийтира сох, ишколера цӀа вогӀуш. Дукха къена йолуш, букар а таьӀна, мара лаьттах кхеташ боллура цуьнан. Буйнара гӀаж луьйзуш, хала йогӀура иза. Вукха буйнахь цхьа тиша тӀоьрмиг бара, чохь бепиг а долуш. Цо соьга элира: «КӀант, ма хаза бу хьан тӀоьрмиг, суна лохьа иза – юург чохь лело». ТӀаккха ас бабина дӀабелира-кх. ХӀумма а дуй, дада?

 

Берс доьзалехь жимахверг вара, ден мелла а озабезам бора цуьнга, ма луъу ца лелийтахь а. КӀанта сел хаза дийцарна, гӀадвахна вела а велла:

– Суна хуур ду хьан тӀоьрмиг стенга бахна. Вало, хьайн нене ас кхиниг эца боху ала! – элира цо.

Иштта хилла бара Берсина керла тӀоьрмиг.

Йиъ дарс чекхъяьлча цӀа ван новкъавелира кӀант. Ӏаьрби тӀевеара:

– Буьрканах ловза вогӀий хьо?

– Ца вогӀу. XIара тӀоьрмиг а бахь, декъаза ву со. Селхана дадина цхьа инзаре «туьйра» а дийцина, халла кӀелхьараваьлла со.

– Вай! Ларбийр бу-кх. Юха а бан безаш бу и?

Берс шуьйрачу некъаца дӀасахьаьжира. Хаза хьаьжна малх а, заза даьккхина къена аккази а, бӀаьстенах самукъадаьлла, «чӀир-чӀир» деш хьозарчий a, «гӀyo, гӀyo» бохуш, шена хьоьхуш санна, хийтира цунна.

– Дика ду делахь, – элира Берсас. – Ков чохь хьан латта дезар ду хьуна.

Ши кӀант сарралц бай тӀехь буьрканах левзира. Ловзаран шовкъ совъяьлла, хан муха йоьду а, я тӀера бедар бехъяр а тидам боцуш дисира. Цу шиннан виэлар эвлайист мел ю, генахьйоцчу хьуьнан йистоно сацадаллалц, дӀадоьдура.

Ӏаьрбис мийра тоьхна буьрка генаелира: керччина дитташна кӀела а кхочуш. Берс сихха цунна тӀе хьаьдира цунна. Амма буьрка, ца соцуш, хьуьна юккъе яхара. Цецваьлла, цуннатӀаьхьавахча, сара санна букъ сеттина, набарна тар тесна Ӏачу цхьана воккхачу стагах бӀаьргкхийтира кӀентан. Берсин кога кӀелахь дакъаделла га кагделча, важа, тоха а луш, самавелира.

– Де дика дойла хьан, ваша! – воьхна хьаьвзира кӀант, юхавада дагахь. Буьрка воккхачу стагана уллехь Ӏуьллуш ца хиллехь, и дина а хир дара цо.

– Далла везийла! – стеган карахь шен селхана байна тӀоьрмиг гира Берсина.

– Ваша, и сан тӀоьрмиг ма бу. Мичахь карийна хьуна и? – цӀеххьана ша волу меттиг йиц а елла, хаьттира цо.

– Вай, ахь сан йоккхачу стагана ца беллера иза, юург чохь лело?! – олуш цецваьлла сурт хӀоттийра воккхачу стага.

– Маца?.. Аса-м ца беллера… Байнера-кх... кӀантана ша хьуьнхахь тилавелла хийтира. – Ваша, кху хьуьнхара араволу некъ гайтахьа суна, тӀоьрмиг шайна а битий, – дийхира цо.

– Некъ хьан букъ тӀехьа бу-кх, – велакъежира воккха стаг.

Берс юхавирзира. Амма гуобаьккхина луьста хьун яра, цхьа а тача доцуш.

– Кхузаххьа-м ма бац... – олуш, схьавирзича, ша хиллачохь вацара стаг. XIара тамаш бина валале, тӀехьашха аз хезира:

– Оццул жима воллушехь, бӀаьрса а дац хьан? – къена стаг кхечу юьхка тӀехь Ӏаш вара.

– Ваша, хьо муха велира иштта сиха сехьа? – дуьхе кхиа хӀоьттира кӀант. – Кунг-фу Ӏамийна хир ю ахь?

– Хьа-хь, хьа-хь, – велавелира стаг. – И хӀун ю?

– Хьуьлла, цхьа китайски буй-тӀарех латар ду-кх. Хьо санна баккхий нах хуьлу-кх церан хьехархой. Ваша, мийра тоьхна дитт каглур дарий хьоьга? Со Ӏамор варий ахь? – хаттарш «чулаьхкира» Берсас.

– Ӏамор ву. Валол соьца, – хьалагӀаьттира воккха стаг.

– Сан тӀоьрмиг...

– Хьан гӀоьрмиг хьоьгахь бу-кх, – пӀелг хьажийра стага.

–ХӀа-а, ас бай тӀехь ма битинера xӀapa, – къаьрззина шен буйнарчу тӀоьрмиге хьаьжира кӀант.

– Хингал шелдалале цӀа кхача хьожур ву вайшиъ. Баба а хир ю сагатдеш, – аьлла, воккха стаг дӀаволавелира. Цунна хьалхара тайп-тайпана коьллаш, некъ буьтуш, дӀасахуьлура. Иштта xӀapa шиъ вогӀуш, кост дохьуш беана къор-кхокха воккха стеган белш тӀе а хиъна, лере «хабар» дийца хӀоьттира. «ЦӀа вогӀуш ву ала», – жоп схьаэцна, тӀомаделира олхазар.

– Ваша, хӀун бохура цо? – цецвийла ца ларавора Берса.

– Бабигара хабар деанера-кх, хингал хададай ша, бохуш, хоьтту цо.

– Вайшинна гена ваха дезий?

– Гена-улле дан а дац, Берс. Сихха-меллаша кхача аьтто хилар ду. Сан цӀа Амалин Боьрахь ду. Юьйцуш хезний хьуна иштта меттиг?

Кхушиннан когаш кӀелара латта а, хьаннийн, аьрцанийн могӀанаш а, гӀенаш санна чехка уьдуш, тӀехьа дуьсура. Даима а иштта хилча санна, кху боларх воьллера Берс.

– Ца хезна, ваша. Лаьмнашкахь юй иза? – кӀанта бӀаьрнегӀар тухучу юкъана воккхачу стагана тӀера духар цӀеначу гӀовталца хийцаделира. Юьхь-сибат а дара цуьнан хӀинца нуьрехь лепаш а, тайна а. Цул сов, боларехь гӀора а хаалора. Стаг велавелира:

– Вайшимма ворхӀ лам хадийна. Кху дуьненчохь ю-кх сан хӀусам, Берс. ДӀо лаьтта тӀулган гӀала гой хьуна?

Тоьхна-тӀулгех доьттина цӀа дара иза. НеӀарна хьалха, сийначу бай тӀехь дежаш ши лу а, царна Ӏуналла деш санна, кест-кеста ворта озаеш, гондахьа хьожуш йоккха (тӀехиъча хохкур а волуш) боргӀал яра. Ткъа paгӀy кӀелахь юург охьаюьллуш, каде хьийзаш, къона зуда а яра.

– Марша вогӀийла, Берс! – аьлла, елаелира иза.

– Ваша, хьан баба мичахь ю? – шен некъахочуьнга схьавирзира кӀант. Амма иза кхунна хьалха гина воккха стаг ванне а вацара. Шуьйра белшаш йолуш, ша кинохь санна, товш жима къонах вара. ДогӀано, махо къагийча санна, кӀайн яра цуьнан цергаш.

– Схьавола, охьахаа! – paгӀу кӀела волуш, элира стага. – Вайшимма беха некъ бина, дан деза къамел а ду иштта.

Берс когаш тӀе охьахиира. Тайп-тайпана кхачанаш гича, хиира кӀантана, ша мел мацвелла. Боцуш стом бацара, аьлча а «ишттаниг ма хуьлура» аьлла дагадеъча, гучуболур-кх. Цул сов, детин пхьегӀаш чохь массо а тайпана юург а яра. Берсас йоккхачу хурмина тӀе куьг даьхьира, амма иза дӀахилира. Юха а схьаэца гӀоьртира – стом куьйга кӀелара уьдура. Хьаша, цецваьлла, хӀусамдега хьаьжира. Стаг велавелла вара:

– Куьйгаш дила вицвелла хир ву хьо, Берс? – элира цо.

– Дера, виц а ма веллера, – хьалагӀаьттира Берс (цӀахь а, хӀума яа хаале, куьйгаш дуьлуш башха къахьоьгуш вацара иза).

Куьйгаш а дилина, кӀант охьахиьча, хьал туо ца делира – хурма караян ца туьгура.

– Ваша, хӀинца хӀун хилла?

– Бисмилла даккха деза...

– БисмиллахӀир Рохьманир Рохьими! – аьлча, хурма ша куьйга юьйжира. – Ӏалеелай, Ваша, ма доккха хӀума ду xӀapa! Муьлхачу базарахь хуьлу xӀapa санна хьекъале хурманаш?

– Алц-Шахьрахь ехаш ю сан йиша, цу эвлан майданахь йоккха базар хӀутту. Йишас xӀopa кӀирнах ворда юттий даа хӀума доуьйту суна.

– Ваша, суна ма чӀогӀа лаьара цига ваха. Генахь юй иза?

– XIума йиъна ваьлла хьо? – хаьттира хӀусамнанас. Берсас корта таӀийча: – Ма кӀезиг йии ахь, – элира цо.

– Вуьзна со. Дала caгӀa йойла, деца! Ваша, хьоьга цхьа хӀума хатта лууш вара со. Мегар дуй?

– Хаьа суна, хьо хӀун хатта воллу. Со а, сан хӀусам а хӀинццалц цхьанне а ганза хӀунда ю? Билггал хьо кхуза кхачар хӀун бахьана ду, масала, Ӏаьрби а ца кхочуш? – велавелира стаг (иза даима а вара велавелла-векхавелла).

– Муха хиира хьуна, ваша? Волшебник ву хьо?

– Нохчийн маттахь а ма ю цу маьӀнин цӀе – со ГӀарип ву. Ткъа хьуна со гучуваларан ши бахьана ду: хьан байна тӀоьрмиг – цхьаъ, ахь дега со бехке а веш, боьттина аьшпаш – шолгӀаниг. И тӀоьрмиг ас баьхьнера. Цу дийнахь ши алмаз дара суна тӀаьхьадаьлла. Соьгара детин муxӀap оьшура царна. XӀapa – шен пӀелга тӀepa мухӀap гайтира ГӀарипа, – ондда ницкъ болуш ду. Цо вуьгу мел гена а; хан а, некъан бохалла а ян а йоцуш санна. XӀapa карахь долчунна йиллина ю Некъа-неӀарш. Царна чухула, адамна хӀун ду а ца хууш, сихха дӀасалела тхо. Амма цу дийнахь Некъа-неӀарийн мукъа де нисделлера. Кхаарин де ду иза. Ткъа алмазаш цигахула лела бакъо йолуш дац, цул сов, мухӀap церан кара кхачахь, зулам доккханиг хир ду. Царах ведда, хьан тӀоьрмиг чу лачкъа дийзира сан, Берс. Пластиках чекх са ца го царна, хьожа а ца кхета, хаза а ца хеза, дуьненан массо маьӀӀехь долчунна сема хилахь а. Сина махкара беана хьан тӀоьрмиг пластиках бина хилар бахьана долуш, кӀелхьаравелира со. Хьуна баркалла ала а, хьан байна тӀоьрмиг дӀабала а валийна-кх ас хьо. Дела реза хуьлда хьуна! КъинтӀеравалалахь.

Берс ша-шех воккхавина ца волура – ГӀарип санна волчу стагна накъосталладар доккха совгӀат ду:

– Ваша, хьайна бита и тӀоьрмиг. Юха а алмазех дӀалачкъа оьшур ма бу хьуна и. Ткъа суна нанас кхиниг эцна.

Стага, кӀентан коьртах куьг хьаькхира:

– Дадига схьакарийна ала ахь хьайн тӀоьрмиг, – аьлла.

– Ваша, цхьа хӀума хатта мегар дарий ас?

– Мегар ду.

– Алмаз олуш хаза-м хезнера суна, амма уьш муха хуьлу, ца хаьа-кх...

– Алмаз зударийн куьцехь хуьлу. Церан догӀмаш, пепнаш санна, лекха а, онда а ду. Ткъа охьахецна месаш, лаьттахула а текхаш, еха хуьлу. Алмазо мохь тоьхча, дитташ охьадуьйшу, адамийн лерган поттарчий а лелха. ТӀехь бедар а ца лелайо цара, цундела адамех лечкъа уьш. Хьуна кхераме хӀума дац. Майрра хьуьнах ваха мегар ду хьуна.

– Со ца кхоьру царах, ваша, ас Ӏад тухур ду царна.

И къамел деш, уьйтӀа велира xӀapa шиъ. Стиглахь хьийзаш аьрзу дара. Цуьнан мохь-цӀогӀа кест-кеста декара, хьозарчий а гӀиттош.

– Сунни лаа дуй техьа? – малхана дуьхьал куьг лоцуш, стигала хьаьжира стаг. – Сингаттам бохьуш-м ца деъна-техьа и?

Аьрзу, хьаьвзина, зӀаран керта тӀе хиира. Цуьнан ког лазийна бара, жимма цӀий а даьллера. Олхазар адамийн маттахь дистхилира:

– ГӀарип, Алц-Шахьаре зулам доьссина, – гӀийла элира аьрзуно. – Хьан йишас Зубаржата орцахвалар доьху хьоьга.

ГӀарипа, аьрзу керта тӀера схьа а эцна, шеен карахаийра. Коьрта тӀехула дайн куьг хьаькхира цо Суннина.

– Ӏаьржа Бундол веана Алц-Шахьаран махка. Цуьнан мецачу эскаро базар дакъазаяьккхина, хӀаллакйина. Эскаран боьхачу куьйгех къаьхкина массо а стом xӀaваэхула лелаш бу. Ткъа ша Бундол, дегӀана диъ дол бен вацахь а, юучух Ӏебаш, вузуш вац. Сарралц тӀекхоьхьу цунна яахӀума, амма «схьая, схьая» бен ца хеза Бундолера. Кхача лахбелла я ца луш хан ялийтича, стом кхоьхьу къепал лела некъ боьхку цо. Хьан йиши йоӀ Ровзан дӀалечкъина, Захьид Субат волчохь ю. ЙоьӀан хазалла Алц-Шахьаран писсаша йийцина Бундоле. Иза шега маре яийта аьлла, омра дина цо. Ца яийтахь, Алц-Шахьаран доь дойур ду ша, боху. Хьо сихха ца кхачахь, Зубаржатан са, йилхина, кхачалуш доллу.

Корта ГӀарипан кара охьабуьллуш, дӀатийра олхазар. Цуьнан бӀаьрнегӀарш, даш санна, дазделлера.

– Ткъа ког стен лазийна хьан, Сунни? – хаьттира ГӀарипа.

– Со орца деха доьду аьлла, арз динера гӀемаша цу боьхачу хӀумане. Бундоло шен Ӏаьржа эскарца Некъа-неӀарш а къевлина, сан некъ, дуьненан некъ санна, бахбира. БӀаьргнегӀар тухучу юкъана схьакхача йолу таро дӀаелира. Кхаа кӀирнах тӀомадеана со. ГӀемийн, ешапийн, дожалийн герзах Зубаржата деллачу хӀайкало лардеш, суна гонах марха йира – мисарболатал чӀогӀа марха. Амма КӀайн-Ӏинна тӀехула долуш мискъазарраттал йолчу ханна сан rӀarӀгӀедделира. ТӀаккха ешапо шен багара яьккхина кхоьссинчу дӀаьвше кӀомсаро йина чов ю сан кога тӀехь ерг. Суна хила дарба дац, ГӀарип. Алц-Шахьарна орцахвалахьа. Чимка-Ломан бохь тӀехь ю хьуна сан кӀорнеш...

ГӀарипа гӀелделла аьрзу хӀусамнене дӀакховдийра:

– Инжа-молха а хьакхий, дӀабехка кхуьнан ког. Сайн дегӀан ницкъ Суннина дарбанна хьажо аьтто бац – буьрса тӀом бу бан безарг.

Цул тӀаьхьа Берсехьа схьавирзира стаг. Цуьнан юьхь-амат хийцаделлера – шеца кхерам боцу турпал вара иза.

– Берс, хьан накъосталла оьшу суна. Амма хьо реза ца хилахь, оьгӀаз а гӀур вац со...

– Ваша, со кийча ву хьуна, – сихонца жоп делира кӀанта. – Вига ала ца хӀуттуш ма Ӏара со.

– Дика ду хӀета. Вало, ас Мухтасар-ЦӀа чу вуьгур ву хьо. Хан ца йойуш, кечам бийр бу вай. Хезий хьуна, – хӀусамнене кхайкхира ГӀарипа. – Оти чуьра «Луьрчу некъан гӀирс» арабаккха. Хьо схьавола соьца, – элира цо Берсе.

ХӀара шиъ цӀийна тӀехьа лаьттачу ломана улле вахара. Стаг, кӀентан куьг а лаьцна тӀеволавелча, хӀаваах санна, тӀулгах чекх а волуш, цхьана йоккхачу хӀусам чоьхьа велира и шиъ. Цу чохь инзаре Ӏаламаташ гира Берсина: дуьненан массо а меттиг ша-ша гойту куьзганаш, урчакх хьовзош хаза мехкарий, ткъа цара хьовзийначу кӀайчу тенех дикалла юцуш вуьйш. Сих-сиха вас, зулам, хьагӀ-гамо, кхин а цхьацца вон белхаш гихь болуш, чуоьхура геланчаш. И «ижу» кахьар чохь охьуш, сирла духарш дуьйхина хьаьрса бераш дара, юьхь тӀехь лепаш дашо нур а долуш. Чукхоьссинарг кахьаро шовдан хи дина аратесча, гӀадбоьлхий, белалора уьш, хӀунда аьлча муьлх-муьлха а «кхача» ца ахьалора кахьаре. Цхьадолу зулам, гуттар а къаьхьаниг, шовдан хи хила ца туьгуш, чоь мел ю уьдура. Иза лоций, юха а кахьар чу кхуссура нур лепачу бераша. Ткъа хин татол, ломах чекхдолий, шийла сирла шовда хуьлий, охьадоьдура.

ГӀарип, массеран де дика а дина, пенах кхозу суьртана тӀе вахара. Лаьмнашкахь хуьлу сийна аре яра цу тӀехь. Шина лома юккъехула богӀучу некъа тӀе пӀелг хьажийра ГӀарипа. Цу сохьта некъ шорбелла, массо а тӀулг ша-ша боккхуш, ма-барра гайтира суьрто. Стаг леррина хьаьжира. XIун ду-техьа аьлла, Берс улле вахча, цунна гира дитташ тӀехь а, чхарашна тӀехьа а левчкъина йохку цхьа инзаре ирча хӀумнаш.

– Ваша, и хӀун ду цигахь гуш дерг? – хаьттира кӀанта.

– Дера ю вайшинна йина кӀело. Дитта тӀехь Ӏаш дерг ешап ду. Гой хьуна, цхьа кӀомсар яц цуьнан. Сунни лазийнарг ду иза. Цкъа сан карадогӀур ду хьо! ТӀулгашна тӀехьа тебнарш шайтӀанаш ду. Когаш тӀехьа бирзина бу церан. Дум лачкъош гучу а даьлла, ас мача тоьхна варе йойна Пак-Пакан къо МелӀун а ду царна юккъехь. Мега мел йолу хӀума схьагулъелла кхузахь.

ГӀарипа пенан хари чуьра бакъийна гӀеза ког схьаийцира:

– Берс, xӀapa меже хьайца хилийта – жинех, шайтӀанех ларвийр ву хьо кхуо. Ткъа xӀapa мархьам ешапан кӀомсарна дуьхьало ю. Цул сов, Болат-Марха а хир ю вайшинна гонаха. Амма КӀайн-Ӏин тӀехула волуш, ларвала веза, цигахь Болат-Мархин ницкъ гӀелло. Ӏин чохь вехаш Ӏаьржа Хожа ву, цуьнан Ӏосалло гӀело йо муьлххачу ницкъана а. Алц-Шахьар мехкан дозане кхаьчча, Некъа-НеӀарш дӀакъовлалур ю, тӀаккха вайшиъ гӀаш ваха везар ву. Реза вуй хьо?

– Реза ву, ваша, – дукха сиха жоп делира Берсас.

Новкъавалале ГӀарипа шен хӀусамнене элира:

– Со цӀераваьлча, кху xӀyсамна тӀегӀертар ю массо а жирг. Хьо сема хила еза. Мухтасар-цӀа чу уьш кхачахь, далатохар хир ду. ХӀун дан деза, хьуна дика хаьа, делахь а, сагатлуш боху ас. Ӏаьржачу цицигах ларлолахь. ГӀомала яхна зуда а йогӀyp ю хьуна.

– Са ма гатдехьа. ЛадугӀуш хир ю хьуна. Дала аьтго бойла шун! – аьлла, «Луьрачу некъан гӀирс» чохь болу тӀоьрмиг схьакховдийра хӀусамнанас.

XӀapaшиъ новкъавелира, аьлча а аренаш, хьаннаш, лаьмнаш – зӀаьнар санна сихха дӀауьдура-кх. КӀайн-Ӏин тӀeкхачале хӀаваэхь сацавелира ши некъахо. ГӀарип леррина хьоьжура куьзгано гайтинчу метте, амма кӀело хаалуш яцара.

– Дика дӀалевчкъина уьш. Бундало суна ца девза ницкъ-хӀилла деллачух тера ду царна. Болат-Мархин ницкъ гӀеллучу меттехь йина цара кӀело. Хьовсур вай, цигахь хӀун ду, – олуш, хӀусамнанас белла тӀоьрмиг схьабаьстира стага.

Цу чуьра буйнахь, дама санна кӀайн, цу-кана схьаийцира. ГӀарипа гонаха дӀаластийча, дохк хилла, аре мел ю яьржира и. Дукха хан ялале дитташ тӀехь а, тӀулгашна тӀехьа а, беца юккъехь а хьоршамаш етташ хезира. Ешапаш а, шайтӀанаш а садаккха ца кхуьуш, лаьттахь керчаш, холчухӀиттинера. Стага, велавелла, элира:

– Газан даьӀахках даьккхина дама ца лов цара. Уьш меттадахкале дӀаваха веза.

Цхьана меттехь тӀоьрмиг чуьра чекх сагун, дуткъа кӀади хьаладаьккхира цо.

– XӀapa бабас шен куьйгаца йина MarӀ ю; бутт цӀинбеллачу буса детин маӀаш йолчу сирачу сена тӀе йиллинчу эсарах тегна цо xӀapa. КӀайн-Ӏин тӀехула валлалц кхунах хьаьрчара ву вайшиъ.

Ларвалар эрна ца хилира. Тхьамда-ешап, бетах Берк-шовданахь яшийна бехчалг хьарчийна, кӀелхьарадаьлла хиллера. Цо шен йисина можа кӀомсар кхоьссира кху шинна. Амма экамечу кӀадинах кхетча, ша-тӀулг санна, ешна дӀаелира иза. Шен тешнабехк чекх ца баьлча, оьгӀаздахара ешап. КӀозарийн кан самса а бохуш, шен кӀохцалгаш санна долу куьйгаш лестадора цо, сардамаш а дуьхкуш:

– Эзар шарахь Ӏожалла йоьхуш вехийла хьо! ЦӀен цӀий лелачу пхенаш чухула сийна дӀовш лелийла хьан, Дела инзарвоккхуш, Ӏазапо лоцийла шу...

– Хьайх боьдийла хьох и сардам! – са а ца тохаделла, дуьхьал мохь туьйхира ГӀарипа.

Цу сохьта, мотт легашка хӀоьттина, ша бийцинчу сийначу баса а дахна, ша-шех кадетта дуьйлира ешап. ТӀаьххьара Берсина гинарг цуьнан кедаш чуьра охьабоьжна ши бӀаьрг бара. КӀело гена тӀаьхьа юьсуш, бӀаьрг-негӀар тохале Алц-Шахьар мехкан дозане кхечира xӀapa шиъ.

Лекха лам бара дуьхьала лаьтташ. Хьалха санна тӀулгах чекхвер ву моттаделла, тӀеволавелира Берс. Амма, улле вахча, цхьа тамашена месала хийтира цунна ломан бух.

– Схьавола, Берс, суна юххе дӀахӀотта. Вайшинна гург лам бац – Вампал ву. Алц-Шахьар мехкан доза лардеш ву xӀapa.

Вампал, хьалагӀоттуш, юхавирзира. Цуьнан коьртара кхакхан куй мархаш юккъехь къайлабелира. ГӀаролна тӀехь мел долу духар а дара цӀоканах тегна. Набархбаьлла ши бӀаьрг, берзан бӀаьргаш санна, къегара, ткъа хьирчина еха маж хьаьмцийн куллах таръеллера.

– ГӀарип, – лергаш Ӏадош мохь беара стиглара, – ма гӀepта доза хадо. Хьоьца дов ца деза, амма, бакъду, суна чохь са а долуш, оцу тӀулгал сехьа вер вац цхьа а стаг.

– Со ца гича санна, букъ тохий, дӀавижа, Вампал. Йишина орцах воьдуш ву со. Дела воцург ницкъ а бац сан некъ бехка, – жоп делира ГӀарипа.

Хиндолчу дов-тӀеман ачоно хӀаваъ дукъдинера, диттийн заза маргӀалдолуьйтуш. Массо дийнат цуьнан теш ца хила а, геригах лардала а, бенаш дитина, исс ломал дехьаделира. ТӀеман суйнашка аре ца ягаяйта, луьстта догӀа а дилхира. Девнан кхел ян уггаре лекхачу ломан бохь тӀе ворхӀ аьрзу дуссуш, тешнабехкан декъахь ца хила, ког ца тасабалийта майда цӀанъеш, тӀулгаш, чхарнаш дӀасахуьлуш, сурт хӀоьттира.

– ХӀун ду ахь соьца къуьйсург, Вампал? – хаьттира ГӀарипа.

– Хьоьца къийса хӀумма а дац. Сан Бундолаца бина барт бу: 63 дийнахь некъ бича, дозане кхачалур воцуш, латта а, 63 эзар корта даьхни а мах хӀоттийна, лардеш ду ас Алц-Шахьар мехкан доза.

– Делахь, вайшиъ летар ву-кх, – олуш, Берсе тӀоьрмиг схьакховдийра цо. – Юьстахвалий, собарде.

Вампал маьхьарца чухьаьдира ГӀарипна. Цу маьхьаро диллира аьрзун тӀемаш. ГӀарипа кога тӀера лаьцна, Вампал лаьттах тоьхча а, ца сецира мохь. Кхаа дийнахь юьжур йоцуш чан гӀаьттира гонаха. Куьйгаш хьокхуш лехна стаг каравеара Вампална. Ластийна, тӀулгах туьйхира цо иза. Атабелла, дӀабахара тӀулг.

ГӀарипан пӀелгах долу мухӀap охьадоьжна тата хезира Берсина. Накъостан ницкъ лахлур буйла хаьара кӀантана, цундела сихха мухӀap доьжначу хьаьдира иза. Вампал а вара мухӀap лохуш. КӀант хаавелла, лаьттах буйнаш деттара цо, Берса хьаша гӀepташ. Вампалан буйнаша мохк бегабора, кӀант гал а вохура. Чан гӀаьттина хиларна, цу дожалан кара ца воьдуш, мухӀарна тӀекхечира Берс. Голаш, куьйгаш ирачу тӀулгаша цеста а цоьстуш, текхна ГӀарипана  тӀе вахара иза. МухӀap пӀелгах доьллича, ницкъ юхабеана, хьалаиккхина, Вампална тӀе ведира иза. ГӀарип, кхоссавелла, цуьнан белшаш тӀе велира, тӀаккха лepгa чу мийра тоьхна, кхетамчуьра ваьккхира мостагӀ. XIара шиъ генаваьллачул тӀаьхьа, охьадуьйжира Вампалан доккха дегӀ. Лаьмнаш лестира, аьрзуш гӀевттина, хӀаваэхь гуотийса дуьйлира.

Алц-Мехкан доза хадийнера. Бундолаца тӀом марсаболуш лаьттара.

– ХӀинца къаьсттина ларлуш хила веза, Берс. Муьлхха а юьхк, кол, дитт вайшинна кхераме хила тарло. Меж хьоьгахь юй? – вистхилира ГӀарип.

Берсас кисанара бакъийна гӀезан ког хьалабаьккхира,

– Йолуш ю, ваша, – олуш.

XIара шиъ хьуьна юккъе воьллера. Гу тӀе болуш, тогӀи чу буссуш, голаетташ, боьдура некъ. ЦӀеххьана дитта тӀехьара МелӀун схьаиккхира. Куьйгаш даржийна, Берсина тӀе дедира иза. Берс воха кхиале, шайтӀа мараиккхира, амма кӀeнтан буйнахь йолу Меж МелӀунан некхах хьакхаелира. Сетало санна дилх дагийна, кӀур баьккхина, лар йитиpa цо шайтӀан дегӀa тӀехь. ЦӀевзина, уьгӀан шокъали санна хьаьвзина, лаьттахь керчира МелӀун. ТӀаккха хьалаиккхина, астагӀа а лелхаш, маьхьарца къайладелира.

– XӀapa дика хӀума хилла, ваша, – пхьош хьаькхна, хьаж тӀера хьацар дӀадаьккхира кӀанта.

Оццу хенахь...

ГӀариппий, Берссий новкъа а ваьккхина, чуяхара xӀyсамнана. Даго вониг хьоьхуш, саготта яра иза. Паднара тӀе охьа а лахъелла, ойланашка яхара. Кхо бӀе шо дара xӀapa кху цӀентӀе еана, амма иштта бохам цкъа а хилла бацара. Бос богучу бесни тӀехула хин тӀадам охьабедира...

Малика араелира – говрана xӀoъ бала а, жӀаьлина доьша дотта а.

Малх лома тӀехьа чубузучу хенахь, зудчун белш тӀе чӀегӀардиг хиира. Цо дийцира Бундолан зулам дан аьтто муха белира:

«ВорхӀ бӀе шо хьалха ГӀарипан дайша лаца а лаьцна, детин зӀенашца вехка а вихкина, Мимшахьар-лам тӀехь хьех чу воьллинера и зуламхо, абаде санна еха хан яккха кхиэл а йина. Оццул кӀоршаме, къиза дара Бундола дина талораш.

50 шо хьалха цемент йоккху пхьалгӀа йиллинера наха цу ломан кӀелахь. ТӀулг боккхуш, Бундолан набахти тӀе нисбеллера уьш. Детин зӀенаш гича (Бундол-м ШайтӀан пес тиллина гуш ца хил­лера) белхалойн бӀаьргаш горгбелира. ТӀекхетта дӀасаяьккхина, кисана йиллира цара иза. Иштта велира зуламхо маьрша».

ТӀаккха элхьаьмцан серий дехкира цо цӀенна гондахьа. Элхьаьмцан дитт жинийн хӀуонах хӀусам ларъян ницкъ болуш дара. Малика чоьхьаяьлча, неӀ дӀакъовлуш, жӀаьла цӀийна хьалха охьадижира. ЖенжӀаьла, шинара санна, доккха кӀайн дегӀ долуш, цул сов ешап а, убар лаца а Ӏамийна дара. Тешаме накъост вара иза.

Буьйса юкъал тӀехъелира. ЖӀаьло «гӀагӀ» аьлча, Маликин тар хедира. Амма, кхин сов хӀума а ца хезна, дӀайижира иза. Цунна мерза гӀан гора. Маьлхан басахь, аре серлаяьккхина, петӀамат-зезагаш, олхазарийн эшарш, церан тӀемаш лесто шийла мох. Амма цара мох сацийча, садеӀap дика ца хуьлура.

ТӀаккха ГӀарипа, набарха тӀе а веана, элира: «Ас хьоьга гӀомах ларло ма элира. Самаяла».

Малика хьалаиккхира. Кхуьнан бат а, цхьа мерӀуьрг а къевлина доллу гӀам – доккха Ӏаьржа цициг – лаьтта дуьйжира. ГӀомо, шен а цхьа мерӀуьрг бен цахиларна, адаман а лоцу цхьа мерӀуьрг. Нехан шиъ хуьлий хиъча, дукха адамаш хӀаллакдина хир дара цо.

Цициг юха тӀекхоссадалале, пеша хьалха хьаьдира Малика. ЦӀергара морзах схьа а эцна, гӀоман бетах туьйхира цо. Дагийна, мохь белира цициге.

Цу юкъана сихха неӀаре а едда, неӀарх деттало жӀаьла чудаийтира зудчо. ЖӀаьла догӀу дайча, чов йицйина, пешан туьнкалге дедира гӀам. ЖӀаьло цӀоганах ка а тухуш, халла кӀелхьарделира иза….

 

…Хьун луьста яра. Охьаэгна дитташ, кхар кхетта, мурдоьллера. XIара шиъ хьаннаш тӀехула вуьйлуш, юьхь цоьстуш коьллашна юккъехула дӀагӀерташ, тогӀенашна чу вуьссуш, басенаш йохуш, садаӀар-кӀадвалар хӀун ду ца хууш, воьдура. Некъа-НеӀарш къевлинехь а, кхиболу ницкъ дӀабаккха корматалла ца тоьънера Бундолан.

Кхо де хьалха иштта яцара xӀapa хьун. Хаза яра-кх: ондий пепнийн баххьаш пхонан диттийн баххьашца техкаш, шога къахьашта а, хьех а олхазарийн эвлаш хилла лаьтташ, ялсаманех тера яра-кх...

Ши некъахо боккхачу Ӏома тӀе нисвелира. Инзаре уьшал яра иза, гуобаьккхина евлла чураш, кӀохцалгийн коьллаш йолуш. Ӏехано лаьцна хи вотангарша, пхьидаша, чхьаьвригаша, нӀаьнеша сийсадора. Кхаьллинчуьнан моччагӀалан тата а, бага яхначо хьоькху мохь а ийна, xӀaваъ декара. Диттийн баххьаша маьлхан серло къевлина, кхолийнера xӀapa меттиг.

– Шена хетарг ма хир дац Бундолана, – оьгӀазе вистхилира ГӀарип.

ЦӀеххьана хи бухара боккха саьрмак хьалабелира. Массо а садолу хӀума тап- аьлла дӀатийна дара, дит­таш дего дуьйлира. Саьрмакан хатӀ инзаре ирча дара: Ӏеха лацабелла, асар даьлла дегӀ, кӀегий санна къега бӀаьргаш. Цуьнан Ӏаьнаро гӀаш маргӀалъоьхуьйтура, нилхачу кӀомсаршна тӀера боьжначу талун тӀадамо буха нисъеллачу пхьидах Ӏуьрг даьккхира.

Лаьхьано корта схьаберзабале, ГӀарипа Некъа-гӀирсан тӀоьрмиг чуьра тарш каралецира. ВогӀавелла лаьтта Берс шена тӀехьа а ваьккхина, таршна тӀехьа чӀинчӀура охьахиира иза. Шен хеннахь а дара и. Саьрмако кхо бога хиллал туйнаш туьйхира. XӀapa шиъ таршо кӀелхьарваьккхира, амма гонахара коьллаш сийна цӀарах егира.

ГӀарипа Берсе ши гӀулг кховдийра:

– ­Сихха дӀаэца. Ас мохь тоьхча, тап хӀоттаделахь xӀapa шиъ. Саьрмакан багахь талу ӀаӀале, дӀабехка беза иза.

Стаг дитта тӀехула саьрмакна тӀе хьаьдира. Детин зӀе яра цуьнан буйнахь. Лаьхьанна тӀехула доьдучу га тӀе велира ГӀарип, тӀаккха зӀен тӀера мӀара тесира саьрмакан дегӀах. Хьун Ӏадош мохь белира лаьхьане –  дилха дагош цунна чу бахнера цунна мӀара. Амма хӀинца а гӀелбалаза бара иза. Шалгон мотт а бохуш, стаге схьабирзира саьрмак.

«Тап! Тап!» – мохь туьйхира шен накъосте ГӀарипа.

Амма ши гӀулг тап хӀоттале, корта тоьхна, стаг хи чу вожийра цо. Бакъду, ша попан хен санна болу лаьхьа, зӀено хьалаозийна, мархашна тӀехьа къайлабаьккхира. Ткъа ГӀарип вочу хьолехь вара – куьйгаш-когаш Ӏехано лаьцнера, текхаргаш, цӀубдарш тӀегӀертара. Стаг меллаша хи буха воьду сурт дара хӀуттуш дерг. Берс, воьхна берда йистехула дӀаса а ведда, сецира; тӀаккха тарш схьа а эцна, тӀулган экъа санна, хина тӀехула дӀахаьхкира цуо. Амма тарш, диттах кхетта, юхаеара, стагана накъосталла ца деш. Берс, тарш хи чу а йиллина, цу чу хиира. ГӀожаца гӀo а деш, сихха ГӀарипана тӀе вахара иза. Цхьана-шина текхаргана гӀаж а тоьхна, ста­ге элира цо:

– ГӀарип, гӀаж лаца, тӀеозало!

Берсан гӀоьнца хала а, атта а тарша тӀе велира ГӀарип.

– Дела реза хуьлда, Берс!

– ХӀумма а дацара иза-м, ваша. Вайшиъ цхьана «командехь» ма ву.

Вела а велла, кӀант маравоьллира ГӀарипа.

Бедарш якъош Ӏен хан яцара, цундела ши накъост сихачу боларца Алц-Шахьаре вахара.

Ӏомана генавалале тӀулган пена тӀе нисвелира xӀa­pa шиъ. Ангали санна шера, аьрру-аьтту aгӀop чаккхе йоцуш, бохь ца гуш, онда пен бара иза.

– АстагӀфируллахь, – аьлла, куьйгаш вовшахтуьйхира ГӀарипа, – ма чӀогӀа чӀагӀвелла-кх и Бундол!

Ӏома йисте вухавеана, гӀаш кего хӀоьттира стаг.

– Ваша, ахь хӀун лоьху? Цул а пена тӀехь кор лахар гӀоли дацара?

– И кор лохуш ву-кх со, Берс. Ма-дарра аьлча, уьнтӀапхьидан хӀоаш...

-???...

– УьнтӀапхьидан бенна гонаха керт йича, нана-уьнтӀапхьид йогӀу xӀoаш  кӀелхьардаха. Цуьнан багахь бецан хелиг хуьлу. И буц карахь хилча, муьлххачу а пенах чекхвалало. Кхетий хьо? XӀapa бу-кх уьнтӀапхьидан бен а, – элира сгага, xӀoaш гучу а дохуш.

– ХӀинца зӀара дийр ду вай кхунна гонаха.

Сихха хӀоаш къайла а даьхна, керт хӀоттийна, дитта тӀехьа дӀалечкъира xӀapa шиъ. Ша къайлавалале ГӀарипа бенна улле хьокхаман юьхк йиллира.

– Эмкалан шурица хьакхийна бепиг дукха деза уьнтӀапхьидашна.

Дукха хан ялале, мерхула хӀаваъ ийзош, схьакхечира уьнтӀапхьид. Хьокхамах чам а баьккхина, кертах бӀаьрг а кхетта, дӀаяхара иза. Жимма Ӏийна, багахь зезаг а долуш, юхаеара. ГӀарип, дитта тӀехьара схьа а ваьлла, уьнтӀапхьидана тӀе вахча, важа, кхераелла, шен гӀагӀ чу хебира. Зезаг гуш дара.

– Бехк ма биллалахь, хьо хьийзаярна. Тхо сиха ду хьуна.

Керт дӀа а яьккхина, зезаг меллаша схьа а эцна, пенехьа дӀаволавелира иза.

– Валолахь, Берс!

Буц хьакхаелча, некъ буьтуш, дӀабеллабелира пен.

Кхин дӀа шера аре Ӏуьллура. ГӀарипа, гӀийла бӀаьрг тоьхна, элира:

– Мацах цкъа къегина, токхе латта дара xӀapa. Массо а тайпа комарш хуьлура беца юккъехь, эна хин шовданаш саьнгал-хин татолаш, бес-бесара зезагаш, олхазарш, цкъа а дӀа ца долу стелаӀад стиглахь... Ткъа хӀинца, тӀамо бохийна мохк санна, Ӏаржделла, тӀехула къийгаш хьийзаш, лаьтта. Алц-Шахьар гена яц, Берс. Уггаре луьрачу тӀамна герга вахана вайшиъ, – олуш, ГӀари­па овкъарна юккъе ког баьккхира. «Вай, вай», – аз делира коган кӀелара.

Юкъ дӀаса а теттина, БархӀбӀаьрг (йоккха гезга) гучуелира.

Дешин дегӀ а, детин когаш а болуш тамаше яра иза. Цуьнан зубаржатан (изумруд) бӀаьргаш баьццарчу серлонца къегара. Коча йоӀ санна, шен когаш цӀанбеш, дегабааме йистхилира гезга:

         – Хьошур-кх ахь со, ГӀарип!

         – КъинтӀераялалахь, БархӀбӀаьрг, хьо муха кхаьчна кхуза? – караийцира иза стага. – Берс, хӀара Ровзанан уггаре а тешаме доттагӀ ю, – кӀанте а вирзина, тӀетуьйхира цо.

Берс даима а вара гезгех уозалуш:

– Хаза-м ю и, – цецваьлла, вистхилира кӀант.

         – Сой, Ровзанний чохь лечкъаргех ловзуш яра, дагахь хӀума доцуш. ЦӀеххьана инзаре йоккха гӀовгӀа елира, – дуьйцура БархӀбӀаьрго, – мохк бегийра. Ӏаьржачу бодано айвина вохьуш Бундол хиллера иза. Махо дуьненан чкъор дӀаоьцур ду аьлла, хеталора. Оццул чехка хьаькхира иза. Со Тарки (негӀар долу дечиган кхаба. ХӀума чуйиллича, негӀар схьаделлалц, къайлайолу иза) чохь лечкъина яра, ткъа Ровзан – лохуш. Сихонца Зубаржат кхечира схьа. Йоьхна, кхераелла яра нана, цуьнан юьхь гича, сан а дог сиха деттадала дуьйлира. Хиира, суна тӀебеънарг боккха бала буйла. ЙоӀ ларми чу а йоссийна, со чохь Ӏен Тарки каралецира Зубаржата:

«ГIарип вогӀу волчу некъа тӀе кхуссу ас хьо, БархӀбӀаьрг. Ткъес-тачанехула Алц-Шахьаре валавелахь иза, гӀалин кевне вагӀахь, кӀелонна тӀенислур ву», – элира цо. ТӀаккха, шозза гобоккхуш, хьовза а хьаьвзина, тоьпан хӀоьал а чехка, кхоьссира цо Тарка. И дукха сиха ярна, дог керчира сан, – бӀаьргаш тӀехула ког а лаьцна, шена бӀагор муха беара гойтуш техкира гезга. – Цу сихалло, хӀаваах хьаькхна, чим бира сан Тарках. ГIарип, тхойша хӀинца лечкъаргех муха ловзур ю? – xӀopa бӀаьрга чохь сатийсам лепош, хаьттира цо.

         – Цкъа хьалха Ровзан а, Алц-Шахьар а кӀелхьарайоккхур ю вай, тӀаккха хьуна Тарка а йийр ю-кх. Реза юй хьо, БархӀбӀаьрг?

          – Ю дера! – самукъаделира гезган. –  Алц-Шахьаран кевнехь а, массо дозанехь а кӀело йина Бундало. Цундела лаьтта бухахула гӀyp ду вай. МостагӀашна бевзаш бац и некъ.

– Ца хууш Ӏай-те Бундол? – шек вара ГӀарип. – Вуно хӀиллане а, ямартло чӀогӀа йолуш а ма вай и.

Амма БархӀбӀаьрг, ко­гаш хьаькхна, лаьтта буха яхара. ТӀаккха стаг чувоссал ор доьллуш, латта дӀасахилира. Цу чуьра мохь туьйхира гезго: «Чудисса, сихое», – аьлла.

XIара шиъ чувоьссира. Шуьйра некъ бара лаь­тта бухахула боьдуш, горга тхов тӀехь лепачу чхьаьвригаша серло луш бара. ПаргӀат вахалуш, шуьйра некъ Ӏуьллура когаш кӀелахь. Исбаьхьа дара Ткъес-тача.

          – Зубаржатас йоккхачу бӀов чу валаве аьлла соьга, – маса йоьдура БархӀбӀаьрг. – Амма цхьа тешнабехк бу Бундало кечбина, цунна тӀаьхьа ца кхуьуш йисина хьан йиша. ДуьххьалдӀа шек ю-кх. Цхьа боккха сайра бу, ворхӀ эмкал йоьжна, цара текхош балийна. Цу чохь йолчу хӀумнах Бундол ша кхоьручух тера ду.

          – Вай кхера дисна хӀума дац. Берс, тӀаьхьакхуьий хьо? – вистхилира ГӀарип.

          – Кхуьу со-м. Делахь а, цхьа хаттар ду-кх сан садууш, дицдала ца туьгуш...

 –Тарка хӀун ю хаа лууш варий хьо?..

          – Цецвийла а кӀордийна суна-м, ваша, – сихачу боларо хьуьхьволийтинера Берс.

          – Жиннийн некъа йистехь йолучу Муьш-дечигах еш ю Тарка. Мархин баттахь, пхийтталгӀа марха лоцучу буса, пхийтта шо кхаьчначу йоӀа, шен ваша уллехь а волуш, детин дагарца охьатоха деза дитт. Цунах ас йо-кх кхаба тайпа пхьегӀа. Тарки чу ваьлларг а, ша Тар­ка а цхьанне а ца го, амма цу чохь волчунна гонахьа дерг ма-дарра го.

          – «ШайтӀан-пес» санна, хӀума ма ю иза-м, ГIарип.

          – XӀан-хӀа. «ШайтӀан-пес» муха йоккху а дуьйцур ду ас. Текхарган корта а баьккхина, бага кхоьа а йиллина, лаьттах болла беза. Кхоьа хьала а яьлла, цуьнан таьллинг яхъелча, схьа а яьккхина, якъор ю. ТӀаккха иза гӀодаюккъе а йихкина, сарахь шовдана йисте ваха веза. Цигахь хуьлу шайтӀанаш цхьацца вуон болх лелош - кегийрхошна юккъехь питанаш деш. ГӀодаюккъехь таьллинг йолчунний бен ца го уьш. Катоьххана шайтӀан коьртара цӀен пес схьа а яьккхина, дӀавада веза. ЦӀа кхаччалц юхахьажа мегар дац, милла а кхойкхуш хилахь а – бер а, нана а, да а. Юхаверзахь, шайтӀан каер ю хьуна хенах тӀара тоха. TӀapa тоьхна меттиг, мел дукха бедар юьйхича а, къайла ца йолу.

          – Вай! – мохь белира БархӀбӀаьрге.

ГIарип сихха тӀевахча, ангалин неӀаран дуьхьала лаьтташ яра гезга.

          – XIара неӀ хьалха ян ма яцара кхузахь!

ГӀарип кхийтира, иза Бундолан тешнабехк хиларх. ТӀехьаьжча шийлачу шанах тера елахь а, куьг хьакхаделча, малх санна йовха яра и.

          – Улле ма гӀолахь, – сацийра стага гезга. – ЦӀер­-ша (огненный лед) кхераме хӀума ю. ТӀап-ломан (вулкан) чуьра гӀаларташа (привидение) бохьу иза, шайна гомашан шура елча. Дукха хан ялале куьзгана чохь Бундолна гур ду вай, ЦӀер-ша, видеокамера санна, болх беш а ю...

 

Оцу хенахь...

Сингаттамо дахдинера Ровзанна денош. Захьидан хӀусамехь цхьа кхерам боцуш ехаш яра иза, дуьххьалдӀа шен нанна сагатдар бен хало йоцуш. «Иштта беха хир бу-кх, мохк охьа а тесна, дӀабахна нах», – ойла йора цо. Ша-м яра иза дуьненан муьлххачу маьӀӀе кхача йиш йолуш, делахь а, кху хьоле цкъа а нисъелла яцара. БархӀбӀаьрг мукъане а уллехь елахьара...

Ровзан оти чуьра араелира. НеӀсагӀи тӀера дуьйна сийна бай лаьттара. СтелаӀода тӀе а хуьйшуш тӀаусаш маьлхан зӀаьнаршлахь луьйчуш дара. Тарсалш даьхкира хьуьнан цӀазамаш дохьуш. ИоьӀан самукъадаккха гӀерташ, гонаха уьдура уьш.

ИоӀ гӀийла дӀасахьаьжира. Амма цуьнан хазалла сингаттамо кхолийна хиларо иэша ца йора. Аьрзун тӀам санна сеттинчу цкъоцкъамашна тӀехула охьакхозу месийн чӀагарш малхо хьаьрса йинера. Мармар тӀулга тӀе охьалахъелира Ровзан. Цуьнан бӀаьрхиша башабора тӀулг.

 

***

          – Ваша, тӀулг тоьхча каглур бац и? – хаьттира Берсас.

 –ХӀан-хӀа, мокхаз санна, чӀогӀа бу иза. Ойлано бен башор бац. Шиммо а дагадаийтал уггаре а мерза хазахетар хилла де. Ши бӀаьрг хьабдай, минотехь собарде. Шун гӀo оьшу суна. Берсина нана дагаеара: «Сагатдеш хир ю-кх иза». Иштта шен кетӀе а, цигахь ловзу бераш а.

Цу минотехь бешира ша, некъ маьршабоккхуш.

«ЦӀер-шах» дехьадевлча, кхин зен-зулам доцуш, Коьрта-БӀов чу кхечира хӀорш. Йоьлхуш дуьхьалъелира Зубаржат. Юьхь-сибат Ӏаьржачу бо­дано кхелича санна, кхоьлина дара йишин. Кху кепара бохам эзар шарахь цкъа а хуьлуш бацара. ГӀарипна а, Зубаржатна а ца хезнера, иштта бала дайша буьйцуш а. Бакъду, Берс-м бага а гӀаттийна виснера, зудчун хазаллех цецваьлла: чӀегӀардиган тӀемаш санна къега цкъоцкъамаш, ангали хьесапехь шера юьхьан чкъор, бамба санна, кӀайн. Ткъа бӀаьргаш – бӀаьргаш, аьхка хьокху мох санна, аьхна, виэхна вогӀучу хьешан бӀаьргаш... Берсин неначух тера а, безаман комаьршаллех, дикаллех дуьзна а дара уьш. Схьахетарехь, маликаш Зубаржатах тера хуьлуш хир ду...

Йишас дайн айдо куьг, кхокхано ластабо тӀам санна, хӀаваэхь некадеш, чоь серлайоккхуш ГIарипан белш тӀе дижира.

          – Дуьйцуш хьох тамехь дацахь а, ГӀарип, ас лелош йолу и йоӀ йоьху Бундоло. Ткъа и жима ма ю...

          – Жима яцахь а, Бундоле яла йиш йолуш яц Ров­зан. Кху лаьтта тӀехь со я Бундол бен вехар вац! Детин зӀенашца вихкина, Саьхьарт-сайрат (Сатурн) тӀе дӀахьур ву иза.

          – Ма доккха ду-кх Бундолан эскар. Ларорий-те цуьнца?..

          – Ӏалам а ду вайна орцахдаьлла. Зулам, харцо тоьлур яц. Вай тиэшаш хила деза.

Алц-Шахьаран майданахь Бундолан эскаран могӀанаш лаьттара. Дуьненчохь мел йолу жирг вовшехкхеттера кхузахь – дожалаш, алмазаш, шайтӀанаш, жинаш, ешапаш, убарш, саьрмакаш... КӀомсарш, мӀараш ирйинера цара. Вабанаш, хьокхий, мекха тийсина тарраш, гоьмукъаш. Цул сов, тоха кечбина стим а (кислота). Эскархойн бӀаьргаш, стелахаьштигаш санна, лепара. Дера батош чопа Ӏийдалуш, къизачу тӀамах хьаьгна гора. Лазавар, вер-ваккхар, цӀий, зулам-харцо туолор яра церан Ӏалашо. Ӏалам тап-аьлла дӀатийнера.

ГӀарип ша цхьаъ дуьхьалвелира бӀонна. XӀара майдана дӀaxӀоьттича, дуьненан ондалла а, майралла а гора цуьнан сибатехь а, латтарехь а. Иза ца кхоьрура, иза майраллах воьттина вара.

Бундолан эскар а дӀатийра. Лерган потт эккхал тийналла хӀоьттинера Алц-Шахьарахь. Жирган саьхьаралла кхерамца ийнера, юхайовла а, йовда а (масане хуьлу) некъ билгалбоккхуш уьдура церан бӀаьргаш. ГIарипа куьг лецира. Детин мухӀар тӀера гӀаьттина гӀийла серло, чӀагӀлуш, серлайолуш, стигала елира. Серлонах стелаӀад хилира-дукха исбаьхьа стелаӀад. Жимма хан яьлча, назма хезира: «Ла-и-ла-хӀа ил-АллахӀ!».

Мукъам чӀагӀлуш бара. Хан ялале назма олуш догӀу эскар гучуделира. Уьш къона къонахий бара. Церан яххьаш, нур лепаш, детин гӀагӀанашца а, герзаца а цхьаьнайогӀура.

ГIарипан накъостий стелаӀода тӀера охьабуьссуш байча, Ӏалам доккхадеш, декхаделира. 373 эскархо – хӀора а мехкан кӀант хила тарлуш – зулам иэшо, къизачу тӀамехь бакъо къовса, бакъо дуьне-дахаран бух хиларх теш хӀитта а, и чӀaгӀдан а вогӀура. Церан когаш кӀелара чан ца гӀоттура, бӀаьргаш чу зӀаьнарш туху малх букъа тӀехьа белира, «асархочун махо» детин куйнаш бухара гучуевлла месаш ловзайора.

Ши эскар дуьхь-духьал хӀоьттира. ГIарип шен бӀона хьалха лаьттара, ткъа Бундол шен эскарна тӀехьа, лекхачу Ӏаршана тӀехь. Шена уллохь, тӀе пхьарс а биллина, латтош боккха сайра а бара цуьнан. Наг-наггахь велааьшна дора Бундоло – схьахетарехь, сайри чохь болчу кхерамах дог токкх вара иза, хьалха лаьтта эскар башха чоьте ца ларахь а.

Тийналла дукха ца лаьттира: тӀемалойн маьхьаро ятӀийра иза.

Узарш, цӀогӀа, хар, кеглун тарраш, оту гӀaгӀанаш, доьху орца, ца бен къинхетам цхьаьнаийна, аре Ӏадош, паналле делира. Мохк бегийра, гӀаланаш ластош. ГӀовгӀа ца ловш лелхара лаьмнаш, чу ца озадаллал дукъделлера хӀаваъ.

ГIарипан накъостийн гоьрдал-тарраша, стелахаьштиго санна, хедадора саьрмакийн догӀмаш, кхуьссуш дӀаоьхуьйтура меженаш, аталучу даьӀахкаша лергаш къардора. Дожалша вабанаш лестайора, вабанаш эскархойн гӀагӀанех кхетча, аталора. Буйнара тур охьадоьжча, ГIарипан накъостий буй-тӀарий деш, летара, шаьш а эгара уьш, саьрмакаша тухучу соьлано багош, кӀомсарша, мӀараша боруш, амма юха ца бовлура. ЦӀийн татолаш гоьллелц хьаладевллера, декъий текхадора цара.

ГӀарип шен эскаран юккъехь а къаьсташ вара. Цуьнан детин холхазан куй, байракх санна, лепара, накъостийн дегнаш майрадохуш. Цо шен Терса-Маймал туьрца цоьстура зуламан бӀо – ешапаш, шайтӀанаш, убарш, дожалаш, йилбазаш. Цхьайолу эршо, туьро екъча, текхаргаш хуьлий, дӀасайодура.

Делкъенга белира тӀом. Бундолан эскар эшнера. Амма Бундол шек ца волура, сайрана уллехь майра вара иза. Толам шайца боцийла хиъча, дедира зуламан эскар, аьлча а цунах йиснарг. Лаьтта буха йоьлхуш а, тӀомайолуш а, ка ма-йоллу къайлайовлура и боьха хӀуманаш. ГIарипан эскаро, тӀаьхьа а уьдуш, хӀаллакйора караеънарг. Мохь-цӀогӀа жим-жима лахделира.

ГIарип Бундолан Ӏаршана тӀе вахара. ЦӀий, хьацар, соьла тӀедеттаделла, дастамдаьллера цуьнан барзакъ. Хьуьхьвоьлла велахь а, резавара иза чекхбаьллачу тӀамна а, толамна а. Лазийначарна дарбадеш, каде хьийзара Зубаржат а, Берс а. Эскархой белабала дог догӀуш, самукъане бара.

          – Хьо хӀинца кхин юха ца воггӀуче гӀур ву, – элира ГIарипа, тур батта а дуьллуш.

          – Хьан да а вара суна балеваьлла шен хенахь, ГIарип. ХӀинца хьо а ву иштта. Цул а гӀоле хир дацара, вайшиннан барт хилча? – велавелира Бундол.

Зуламан да дукха паргӀат хиларна, шеквелира ГIарип. Цхьа хӀилла-м дац-те цо кечдина?

           – Хин, цӀеран ца хуьлу барт санна, барт хир бац нийсонан а, харцонан а. ТӀейогӀучу заманахь, дуьне мел лаь­тта, хьан оьмар мел ю, Саьхьар-сайрат тӀехь вехар ву хьо.

          – Хьовсур вай, муьлха мичахь веха! – олуш, сайра схьабиллира Бундало.

Мисар (Марс) тӀехь деха жин араделира цу чуьра. ГӀарип а, цуьнан эскар а, и сурт мел гина долу адам а, экха а цецдаьлла, Ӏадийна, сецира. Шен бараман чот йоцуш, дукха эрчонаш гина бара хӀорш, амма и жин, эршо а Ӏадор йолуш, ирча дара. Когий голаш тӀехь цхьацца юьхь а йолуш, и яххьаш ког моссаза боккху жоьжахатан беларца елалора. Кхо метр гергга лекха долу жинан инзаре деха куьйгаш, куьйгаш тӀехь куьйгаш а долуш дара. ТӀера цӀока яьккхича санна, хи лелаш тӀеда дара цуьнан дегӀ.

Ткъа корта, хӀора мӀаьргонна аматаш хуьйцуш – цкъа кхо бӀаьрг хуьлуш, тӀаккха пхиъ, бага а, лергаш а, мара а, кегалуш, меттигаш хуьй­цуш, – тамашийна бара. Месийн метта шекъан басахь таьллингаш, юккъехь лелаш текхаргаш а йолуш. Цхьана куьйгахь болатан муш бара, ткъа кегийчу куьйгашкахь – шаьлтанаш, вукху куьйгахь ворхӀ стаге а лацалун йоцу тарш. ЧӀогӀачу озаца мохь туьйхира жино. Лергаш къовла ца кхиъначу тӀемалойн паттарчий лилхина, лергаш чуьра цӀий доладелира.

          – ГӀарип, 63 стеган цӀий меллий бен, сайри чу гӀур долуш дац xӀapa жин, – велавелира Бундол. – Ас баьхнарг ца ди ахь, хиндолчунна бехке хьо ву.

          – Сайри чу ас цуьнан дакъа дуьллур ду! Ткъа хьо вен суна бакъо ца елла сан дайша. Сан декхар хьо вехкар ду. Ма гӀерта со Ӏадатан низамах вуохо...

          – Йахуо, хьан делкъе ен хан кхаьчна! ХӀинца «жижиг даккха» мегар ду, – жинехьа а вирзина, элира Бун­дало.

ТӀаккха болабелира и эзар шерашкахь буьйцур болу тӀом.

Йахуо муш лесто доладелира. Дуьхьал нисъелла хӀума Ӏaйой дӀайоккхура цо.

Эскархой тӀелетира мостагӀчунна, амма жиннан тарш сов онда хиларна, дан амал доцуш биснера. Ткъа Йахо-м, муш бетташ, ГIарипан накъостий эгош бара. Муш хьакхабелла дилха, чим а хуьлий, дӀадолура. Кхеран герз a, гӀaгӀ а лалайора жинан герзо. «Юхадовла, юхадовла!», – кхойкхура ГIарип. Амма эскархой Ӏемина бацара зуламна кӀелбиса – уьш оьгура.

ГӀарип дуьхьалведира Йахуонна, ластийначу муьшах кӀелхьара а ваьлла, тур туьйхира цо. Тарраш дуьхьала лаца ца кхиъначу жинан шаьлта буйнахь долу куьг даьккхира. Йахуога мохь белира. Чов хиллачу меттера шекъан басахь цӀий туьйхира. ЦӀийн хьожано дог керчош, бӀаьрзе хьийзара эскархой.

Болатан муш хьаькхна, ерзийра жино шен луьра чов. Дера дарделла, массо а бӀаьрг керчош, кхин а сов маса муш хьийзо дуьйлира Йаухо. Шен муьшаца цо дуьне доькъур ду аьлла, хеталора.

ГӀалин корах арахьоьжуш лаьттачу Зубаржатан бӀаьргаш хих лешара. Къилбехьа йирзина, ойланца Субате кхойкхура цо. Захьид (отшельник)  вист ца хуьлуш, дикка хан елира. Ца хезаш-м ца Ӏара, шен цхьа бахьана дара-кх... Эххар а мархи тӀехь Алц-Шахьаран майдана тӀе хӀоьттира иза. Цунна уллехь Ровзан а лаьттара. И шиъ, орцахдевлла маликаш санна, эвла тӀехула гобоккхуш, хьаьвзира. ТӀаккха марха, ешаш санна, дӀаелира. Ткъа Субат а, Ровзан а лаьтта доьссира – ГIарипна а, Йахуона а юккъе. ТӀом сецнера. Юха а тийналла хӀоьттира Алц-Шахьарахь.

Захьид воккха стаг вара, хебаршка яхана юьхь а йолуш. Духар а дацара «элан» – баьццара вета болу коч, мела а малхо баса а яьккхина, коьртахь кӀайн бӀегӀиган куй. БӀешерийн хьекъал гора цуьнан бӀаьргаш чохь. Жимачу дегӀахь волчу къеначу стага хӀун гӀo дийр ду аьлла хетара дара, Су­бат ца вевзачунна. Амма Бундол – цу стагах доллург дика хууш волу, – гаррехь кхеравеллера, цуьнан къорза бӀаьргаш уьдуш дара. Дакъаделла генаш санна долчу куьйгашца сира маж хьерчо вуьйлира иза.

Захьида малхо деттина куьйгаш доӀанна лецира – цунна тӀаьхьа массо а эскархочо.

Жин доьхна хьийзара. Цхьана хӀумано, аьрхачу ойланаша сецадора иза.

– Ма латта, Йахуо! Чекхбаккха хьайн болх! – мохь беттара Бундало.

Субат доӀа дина валале цхьаъ дан дезара, ца дахь, жин лаамера дала кхерам бара. Катоьхна тӀоьрмиг чуьра ЖӀали-чӀеран ши даьӀахк схьаийцира Бундало. ТӀаккха, цхьа шабар-шибар а дина, уьш вовшаххьаькхира. Йахуос цӀогӀa туьйхира – «дарба» хьех кхеттачух тера дара. Бундол къежира.

И сурт гуш волу Захьид, шен балхаца сихвелла, тӀамна кечлуш воллура.

Эскархошка генадовла а аьлла, жинна дуьхьал велира стаг. Цуьнан буйнахь Ӏаждар-бецан зезаг бен, хӀума яцара. Бакъду, Йахуонна чӀогӀа ца езачух тера дара иза. Саца а сецна, шен марошца хӀаваъ чуийза хӀоьттира жин. Бундолас даьӀахкаш хьекхайора, Субат, ког а тасабелла, горавуьйжира, тӀаккха хьаллагӀаьттира. ДегӀера ницкъ дӀаболуш, гӀеллуш вара иза. Муш хьийзош, тӀехьаьдира Йахуо. КӀеззиг хан йиснера, цуо Захьид, цистина, охьавилла. Амма Субат тӀаьххьара ницкъ гулбина, стигала велира. И лаьттинчу кхеттачу муьшо говран рема чухӀоттал чӀож даьккхира.

Захьидан зезагах тур хилира – малх санна къега тур. Стиглара чувоггӀушехь и тур тоьхна, жин дийкъира цо. Нисса юккъехула дийкъира. Аре мел ю, дӀасатуьйхира шекъа. Цуьнан тӀадам боьжна меттиг кхехкара, кхехкаш гӀоттучу Ӏаьнарх сийна бода хилира. ТӀаккха, букъ берзийна, дӀаволавелира За­хьид.

          – Субат...– гӀийла аз хезира букъа тӀехьа.

ХӀара юха ца воьрзура.

          – Субат!..

          – Верзахьа, Захьид, – дехар дора ГӀарипас а, Зубаржатас а, эскархоша а.

Стаг сецира, жимма ойлаеш а лаьттина, юхавирзира. Захьидна хаьара, кхойкхург мила ву – иза кхуьнан хилла хӀусамнана Дарет яра,. Кхушиннан хилла безам, хилла ца Ӏаш, хӀинца а даг чохь бехаш болу безам, Даретца дуьненчуьра дӀаболуш бара. Дарет – Зубаржатан а, ГIарипан а йиша – бӀаьстенан Ӏуьйре санна, тайна стаг яра, цуьнан шовдане аз тахана гӀелдинера. Зудчун бесни тӀeхула бодуш, цӀен тай санна буткъа, цӀийн тача гира Субатна. Кийрара цӀий хьаьддера.

          – Субат, хӀун хилла вайна? – йовхарш тухуш, хаьттира Даретас.

Ткъа хилам далатохар хиллера. Дарет кхо шо хьалха ядийнера Мисар лаьттан жинаша. Кхуь­нан ницкъ а, шайн ницкъ а вовшахтоьхна, зудчух xӀapa жин-убар динера. Иштта дакъазаяьккхинера Дарет. Туьро екъча, гучуелира зуда. Амма цунна дага ца догӀура хӀумма а.

–  ХӀумма а ца хилла. Ког тасабелла охьакхетта хьо. Йист ца хуьлуш, бӀаьргаш къовлий, набкхетийта хьажа, – йоьжна Ӏуьллучу хӀусамненан корта карабиллира Захьида. ГӀарип дӀавирзинера и ца ган.

          – Субат, сан бӀаьрса телхина я хьо боккъал а тишвелла, къанвелла?.. – бӀаьргаш хьабдира зудчо...

Захьидана лаьара и схьаэца, маракъовла, цуьнца дӀаваха. Куьг схьалаца мукъане а...Амма иза меллаша хьалагӀаьттира, цуьнга нах хьоьжура, царна юккъехь бехке нах...

          – Нанас йинарг яла хьан! – шийлачу маьхьарца юьйжира Зубаржат шен йишина улле. Даретан сирла са стигала делира, арцана юккъера гӀотту дохк санна.

Массо а боьхна хьийзара. Ровзан а, Берс а Зубаржатна гонаха бохкура, и меттаяло гӀерташ. ЙоӀа цхьацца, шена хааре терра, дарбанаш леладора – бецаш, хиш...

Цу хенахь Бундол, тебна, Ӏаршан тӀера охьа а воьссина, ГIарипан букъ тӀехьашха улле теӀара. Цуьнан тур текхаш дара, юкъ-юккъехь саьнгарш дохуш.

Берсина гира и сурт. Кхуьнан доттагӀчунна тӀегӀерташ кхерам бара.

КӀанта мохь туьйхира, юх-юха а туьйхира, амма ГIарипна ца хезира. ТӀаккха Берс сихонца «ГӀарип, ГӀарип», – бохуш, мохь бетташ нах дукха хиларна, Берсин аз ца къаьстара стагана. Кхин ойла ца еш, ешапан хьокха катоьхна, схьаэцна, Бундолан коьртах туьйхира Берсас. Бундол лазийра аьлча-м бакъ дацара, цецваьлла, юхахьаьжира-кх:

          – Хьо мичара вели? – шен ирча куьг схьакховдийра цо.

Берсас хьокха лестабора, ГIарипе а кхойкхуш. Эххар а, мохь хезна, схьавирзира иза.

          – ГӀарип, ма велахь иза, ма велахь! – бохуш, дуьхьалведира Субат.

Амма ГӀарип хӀумма а хезачохь вацара.

Бундол вен йоцу бакъо а йохош, тур тоьхна, цуь­нан корта божийра ГIарипа.

– ГӀарип, сатоха дезаш хиллера ахь, – элира Захьида. – ХӀинца детин мухӀapан ницкъ а дӀабер бу хьан.

– Субат, хьайга дӀаэцахьа мухӀар. Дика накъост вара xӀapa. Ткъа Бундол... Бундол суна кӀордийнера-кх... Берс, хьан декхархо ву со. Вуьззина къонах ву-кх хьо! – велавелира ГӀарип. Берс воккхавевора, делахь а голаш эгаеш-м яра…

 

***

– Хьо мичахь вара, Берс! – дуьхьалведира Ӏаьрби.

Берс, буьрка буйнахь а йолуш, хьуьна юккъера аравелира.

– Ахсахьт а ду-кх хьо буьрка схьаян вахана.

– Муха ду ахсахьт?

– Ахсахьт дацахь а, ткъа минот-м хир ю. Селхана байна тӀоьрмиг а карийна хьуна, Берс?

– Вайн классера зудабераша дӀалачкъийна хил­лера хӀара-м. Селхана кхузахь ловзуш ма дара уьш.

Ши кӀант цӀехьа волавелира.

Юхахьаьжча, Берсина гира ГIарип а, Ровзан а, Зубаржат а... Уьш куьйгаш лестош, Ӏодикаеш бара кхуьнан.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика