СИНПАРГIАТО

PDFПечатьE-mail

Старики

Кацаев Сайд-Хьасан

 

 

ХАЛКЪАН ДИЙЦАРШ

 

 

СИНПАРГIАТО

 

Цхьа стаг шен говзалла кIантана а дIаяла гIерташ хилла, сискал яккха, ваха а атта хир ду хьуна, бохуш. Цуьнан говзалла – къоладар хилла. Оцу балхана чIогIа резавоцу кIант, дена дан хIума доцуш Iаш хилла. Делах кхоьруш, ламаз, марха а долуш кхиъна иза.

Цкъа луларчу юьртахь сту хаабелла, и лачкъо кечвелла къу. Шеца кIант а вига сацам бина цо. Шениг ца деш шен да Iийрвоций хууш, стеран да муьлхачу юьртахь, муьлхачу урамехь Iаш ву къастийна кIанта. ТIаккха, шен дена ца хоуьйтуш, цу стагана тIе а вахана, цуьнца мах бина цо, дIабига ша тIаьхьо вогIур ву, аьлла.

 

Цу буса, дена тIаьхьа а хIоьттина вахана, и сту лачкъийна цо. Садаржале  старана урс хьаькхна, цхьадерг дакъо оьллина, диснарг, ца талхийта, шийлачу даьккхина, жижиг декъна цаьршимма. Ког-корта, неI а лаьттах доьллина.

И Iа, чохь шортта жижиг долуш, хьена чорпа а молуш, даьккхина цаьршимма. Амма да дийно-дийно гIеллуш хилла, кIант мелхо а толуш. Оцу балхах цецваьллачу дас шаьшшиъ терзана тIехь оьзна. Хьалхачул ша дуккха а гIелвелла карийна цунна

– И хIун ду-те? – хаьттина цо кIанте. – Вайшимма цхьатерра диъна и жижиг. Со гIелвелла, ткъа хьо товелла.

ТIаккха кIанта дийцина дега.

– И сту лачкъо билггал хьан ойла хиллий хиъча, ас, вахана, мах а бина, ахча дIаделлера цунах. Хьо цунна тIаьхьа ца кхиийта, хьоьца и лачкъо а веара со, ког-корта, неI а лаьттах доьллира вайшимма. Жижиг даа охьа моссаза хуу, хьуна дагахь: «Гучу ца волуш вуьсий-те тхойшиъ? Цхьа а вогIий-те лорах?» – бохург дара. Сингаттамо хьуна дегIехьа ца йолуьйту юург. Со, айса ахча дIаделлий хууш, сапаргIат вара, цундела юург суна дегIехьа яьлла.

Да цецваьлла кIентан иманах, хьекъалх а. Цул тIаьхьа, нигат а дина,  къоладар дитина дас.

 

ГIУ ЧУ ВОЖАР

 

Мацах цхьаъ гIу чу воьжна хилла. Сихха тIе орца а кхаьчна, дийна висина иза. Делан къинхетам бахьанехь ша дийна висарна, уьстагI а бийна, мовлад дешийтина цу стага.

Цул тIаьхьа массара, бала болуш-боцуш, «хьо гIу чу вожар дийцахьа», – олуш хилла цуьнга. Баккъал а Iожаллин багара схьаваьккхинчу, шен дахарх воккхавуьйш, цхьана-шина кIирнах а чу веъ-веанчунна дуьйцуш хилла цо.

Цхьана сарахь тидам бина цо: и хаттар шега юха-юха деш хиларан, гуттар а и хоьттург цхьаъ-шиъ стаг хиларан, гуттар а хIума яа хевшинчу хенахь и хеттаран а. ХIара дуьйцуш Iашшехь, вукхара, шайниг йиинчул тIаьхьа, кхунна хьалхарниг а юуш хилла.

«Со хабаре а воккхий, шайна хIума юу-кх цара!», – кхетта иза эххар а. Сарахь хьеший баьхкина. ХIусамнанас юург кечйина.

– Хьо гIу чу вожар дийцахьа вайна, – аьлла хьешех цхьамма.

– Чувуьйжира, хьала а велира, – аьлла, сихха юучух тасавелла иза.

 

***

 

Лула кертара жима стаг эскарера цIа веана аьлла, гучувала вахана ши доттагI. Ишттачохь юург, мерг а хьалха хIоттош Iедал ду вайнехан. Юьстахо чохь хилла хIорш, къамелаш деш Iаш. Цхьаммо а юучун цIе йоккхуш а ца хилла. Чуеанчу кертарчу зудчо: «ХIума йиъний ахь?» – хаьттина дембеле. Яаза вуй хиъча, цунна шенна кад беана. Кхин йохьу йолчух тера а дац аьлла, важа хабаре а ваьккхина, кху шимма дIайиъна кедахь ерг. Кхечу зудчо а, хIара хIума яаза вуй хиъча, кхунна юург еана.

– ТIаккха, муха дара эскарехь? Дийца, – аьлла, юха а иза лиэн а ваьккхина, вуззалц хIума йиъна кху шимма.

 

***

 

Шен накъост эскарера цIа веанчу вахана хилла цхьаъ.

Цо цигахь хилларш-лелларш дуьйцуш, мелла чайнан стака а, йина наб а йоцуш, арахь садаьржина.

– ...иштта дIаделира сан цхьа шо, – аьлла дембельс.

Арахь кхойкхучу нIаьнешка а, «къар-р» деш йолчу шен чоьне ла а доьгIна:

– Пурба дац хьуна шолгIа шо дийца! – аьлла, дIавахана хьаша.

 

ЛЕРГАШ

 

Фригийн паччахьан Мидасан даккхий лергаш хилла.

И хуучу шен маж йошучу ялхочунна тIедожийна цо, цхьаьнгге а ма алалахь аьлла. И дийца кIамвелла волчу вукхо, паччахье и дIакхачахь шен кхин хан йоций хууш, арахь ор даьккхина, цу чу шабар дина. Даг тIера тIулг охьабоьжча санна, паргIатваьлла, къайле чохь йолу ор дIа а дуькъна, цIа вахана иза.

Оцу ор тIехь баьллачу эрзах жаIуьно, шен сагатделча, лакха зурма йина. Зурмано гучуяьккхина паччахьан къайле.

Цу чуьра арадуьйлу аьзнаш: «Паччахьан Мидасан даккхий лергаш ду. Паччахьан Мидасан даккхий лергаш ду!» – бохуш хилла.

 

И дийцар нохчийн мифологе иштта кхаьчна:

Цхьана юьртден кIунзал хилла. И чIогIа къайлехь латтош хилла цо, эхь хеташ. Ялхочо, цхьаьнга ца дийцича Iен ца луш, хьуьнха а вахана, ор даьккхина, цу чу дийцина. Кийра басса а бина цIа веана иза, ор дIа а дуькъна. Цу меттехь хьонка баьлла.

БIаьстенан юьххьехь хьонка лахьо баханчу зударшна, махо лесточу хьонкано лоькху эшар хезна: «Вайн юьртден кIунзал ма бу, вайн юьртден кIунзал ма бу!» – бохуш.

 

Таханлерчу забаречу дийцаршкахь кхин а хаза ду и.

Талла ваханчу паччахьан, говр хаьхкина вогIуш коьртара куй охьа а боьжна, виран ши лерг гучудаьлла.

И гиначу зудчунна кхо сом делла цо:

– Цхьаьнгге а ма алалахь! – аьлла, дехар а дина.

Са диттина, диттина, са кхача а дина, паччахьна тIеяхана иза:

– Схьаэца хьайн кхо сом, кхин Iен ца ло со! – аьлла.

 

ЧIЕПАЛГАШ

 

Нанас шен ялх кIантана цхьацца чIепалг дина хилла.

Жимахволчо хаьттина:

– Нана, хьайна ма ца дина ахь чIепалг?

– Суна ца дезара. Аш массара а ах-ах даьккхича а тоьар ду, – аьлла нанас.

 

***

 

Йоккха стаг чIепалгаш а дина, доьзал цIа баллац аьлла, шен гIуллакх дан тIехьа яьлла. Школера чукхаьчначу кIентан кIанта, вуззалц чIепалгаш а диъна, диснарш, газета юкъахьарчийна, берашна даьхьна. Шена дов ца дайта, стоьла тIехь кехат дитина: «Маржан! ЧIепалгаш диънарг ю хьан нус Бикату», – аьлла.

Балхара цIа еана нус а хааелла, бешара марнана а чуеана. ДIахьаьжча, стоьла тIера чIепалгийн бога даьсса карийна цунна. Юххехь охьадиллина кехат а хилла.

– ХIара хIун ду? ЧIепалгаш стенга дахана? – аьлла, цецъяьлла марнана.

– Суна-м ца хаьа, мама. Со хIинцца чукхочуш ю.

– ХIара хIун кехат ду? Кхуо хIун боху хьажал.

Несо дешна: «ЧIепалгаш диънарг ю хьан нус Бикату».

– Эхь ца хетий хьуна, – тIейирзина марнана, – дерриг чIепалгаш а диъна, ца хаьа, мама, баха. Со-м йитахьа. Школера цIа ван везачу хьан кIанта, балхара вогIучу хьан майрачо а хIун юур ю?

– Мама, Делан дуьхьа, ас-м ца диъна уьш, – гуттар а бехкала яхана нус.

– ОйхI, тIаккха кехато бутту-кх пуьташ?! – аьлла марнанас.

 

 

 

ХЕХЬ

 

Луларчу юьртара кегий нах хIора буса богIу клубе. Кино хьоьвсинчул тIаьхьа, гIовгIанаш еш, шакарш етташ, дIабоьлху уьш. Юьртах воллучохь, уьш баха безачу некъаца, кешнаш ду. Цу кешнашкахь зиярт а ду. Нисса кешнаш дуьххьал заправка ю. Цигарчу хехочо дина бохуш, дуьйцуш хезна суна хIара дийцар.

Масийттаза аьлла хилла цо кегийрхошка:

– Бисмилла, къулха а доьшуш тIехвала везаш меттиг яра хIара. Яккхий гIовгIанаш еш, шакарш етташ а ма лелахьара шу, – аьлла. Амма и терго йоцуш дисина. Цунах кхин гIуллакх хир доций а хиъна, цхьана буса, баккхийчу нехан чухула юхучу кIайн хIуманашца а ваьлла, кара диг эцна, чуртана тIехьа лечкъина Iаш хилла иза. Хьалха санна г1овг1анца цIа боьлху кегий нах тIекхочуш хилла. ЦIеххьана чуртана тIехьара гучу а ваьлла (заправкехь чиркхаш догуш хиларна, буса а гIеххьа сирла ю оцу маьIIехь), диг айина, мохь тоьхна:

– Ва-а, велча мукъане витийша со! – аьлла.

Цхьаъ ша волччохь, са а малделла, охьавоьжна. Вуьш бевдда. Ша диначунна ша а кхеравелла, и кIант лахь, ша хIун дийр ду ца хууш, воьхна хьийзина хехо:

– ХIей, меттавола, хIара-м со вай! ХIей, меттавола! – бохуш.

Цул тIаьхьа ца йиттира, боху, цара кешнашна тIехбовлуш шакарш.

 

***

Нуц, стунда а хилла хехь.

– Шиммо а наб ца еш Iийна дан хIума а дац. РогI-рогIана садоIур ду вайшимма, – аьлла невцо. – Ларъян воьлча, еха ю хIара буьйса. Хьо агIор волий?

– Жимма тIаьхьо вер ву со. Сама маца воккху хьо?

– Сахьт дуй хьоьгахь?

– Дац.

– Декачуьра чIоб сецча, ваккхахьа, – аьлла, тIе кетар хьарчийна, нуц дIавижна.

Дуккха а Iийна стунда хIинца-хIинца чIоб соцу бохуш, нуц самаваккха эхь хеташ. Эххар а, садаьржина. ТIаккха стундас, тIе а вахана, мийра тоьхна, самаваьккхина нуц:

– ХьалагIатта, хьайн дена неIалт хиларг, декачуьра чIоб сеци, вайна са а хили! – аьлла.

 

Пхьагал

 

Таллархоша даьккхина ор чу йоьжна чай, борззий, наллий, цхьогаллий, пхьагаллий.

Таллархой хьовса ца богIуш де-буьйса а даьлла, кхоччуш мацделла экханаш.

– Царна вай дицделла, моьтту суна, – аьлла барзо.

– Уьш схьакхачаре сатуьйсуш-м яц хьо? – хаьттина чено.
– Яц со-м, сайн цIоканах хIун хуьлу ца хууш, саготту ю.

– Сан цIоган меха а йоцу хьан цIока хьанна оьшу? – аьлла цхьогало.

– Дукха лехь, ас цIога а хадийна, моьлкъа санна, юьтур ю хьо! – аьлла, кхоссаелла борз.

– Тоийтал шиммо а! – аьлла чено. – Ас цIока йохйийр ю шуьшинне а. Вай кху балех муха девр дара-те боху ойла ян а йой аш?!

– Суна хаьа. Уггар а гIийланиг яа еза вай, – аьлла цхьогало.

Иштта а шен балхах йогуш Iаш йолчу пхьагало:

– Ас йоуьйтур яц шуьга нал! – аьлла.

 

УЬНТ1ЕПХЬИД

 

Ча, борз, цхьогал, уьнт1епхьид а хилла цхьаьна Iаш.

Цхьана дийнахь уьнт1епхьид юург ян яхийтина цара. Дикка хан яьлла уьнт1епхьид схьа ца кхочуш. Меца экханаш дарделла:

– Ма хьеелла и! – аьлла цхьогало.

– Цхьанхьа текхаш лелаш хир ю, – аьлла барзо.

– Схьакхачахь-м ас аракхуссу хьуна иза! – аьлла чено.

Цу хенахь, неIаре кхаьчна йоьдуш йолчу уьнт1епхьидо, юха а йирзина:

– Аш и дийцахь, со гIур яц, – аьлла.

 

Воккха стаг

 

Баккъал а хилла бохуш дуьйцу.

Ша йиллинчу хенахь ара ца яьлла йоI.

Цхьа сахьт а сов хан яьлла. Iаржъяла а йоьлла.

Йиш йоьхна, хIун дийр ду ца хууш Iачу кхарна, цIа вогIуш йоьIан да вевзина. КIентан доттагI дуьхьалваьлла цунна.

– Деллахь, воккха стаг, бехк ма биллалахь. Хьоьга хатта цхьа хIума дара сан, – аьлла цо.

ЙоьIан да сецна. Шех бIобулуш стаг хиллачух тера ду и.

– Тхуна хан йиллина йоI ара ца яьлла. Караелла хIума а ю тхоьгахь. Тхаьш хIун дича бакъахьа ду ца хууш, гIайгIане ду тхо. Вайнехан гIиллакхехь, хIун дича нийса ду-те? Шу кегий долуш муха леладора и гIиллакхаш?

– Ас айса дендерг дийца шуна? – аьлла воккхачу стага.

– И дара-кх тхуна хаа луург.

– Ас, меллаша чу а вахана, куьг а лаьцна, йоI дIаюьгур яра-кх.

– Дела реза хуьлийла хьуна! И дийр ду-кх оха а.

Воккха стаг чукхаьчна дукха хан ялале, салам-маршаллица чоьхьа а бевлла, доьзална юккъехь лаьтташ йолчу йоьIан куьг лаьцна:

– Таханлерчу дийнахь, кхана догIу долчу Къемат-дийнахь а тхан нус ю-кх хьо, – аьлла, кгийчу наха.

Хьалалилхина йоьIан вежарий.

– Собардел! Шу совцал! Сан пурбанца юьгуш ю, – аьлла дас шен кIенташка.

Иза кхетта хиллачух.

 

КЪИНОШ

 

Цхьана стагана тIехь дукха къинош хилла.

Везткъе ткъаясна стаг вийна хилла цо.

Цхьана сарахь, чубузучу малхе а хьоьжуш, къинойн мохь сов базбелла, гIайгIане ойланаш ечу цунна, ма-йоьдду говр хаьхкина вогIу бере гина.

«Хьала-охьа а со жоьжахате гIур волуш ву, хIара цхьаъ тIе а тохий, бIе вузийта ас?» – аьлла, топ тоьхна, и вожийна цо.

ТIаьххьара цо вийнарг захало дохо араваьлла, юкъа мотт-эладита эцна воьдуш стаг хилла.

ЙоI, кIант а вовшахкхетта.

И бахьанехь Дала гечдина, боху, цунна хьалхалера къинош.

Оццул деза лоруш ду халкъалахь захало.

Захало дохор чIогIа къилахь а ду.

 

БЕРИЙН БЕРАШ

 

Цхьа йоккха стаг хилла, йоьIан кIант ги а воьллина, кIентан кIентан куьг а лаьцна, йогIуш. ЦIа богIу бажа дуьхьалкхетта царна.

– Хьажахьа, баба, шун етт а бу цIа богIуш! – аьлла гихь волчу йоьIан кIанта.

– Баба, вайн етт бу цIа богIуш! – аьлла кIентан кIанта.

Йоккхачу стага:

– Воссал сан гира охьа! – аьлла, йоьIан кIант охьа а ваьккхина, кIентан кIант ги а воьллина, вукхуьнан куьг лаьцна.

– Дуьло хIинца, иштта нийса хир ду.

 

СОМ

 

ГIала деша дIавоьдучу к1анта-студента дега ахча дехна. Дас, кисанара сом схьа а даьккхина, аьлла:

– ХIан, тIедуха, кога а духа, меца а ма лела, диснарг юа а далахь!

 

ЗУДАРИЙН МОТТ

 

Нохчийн гIеметтахIиттинчу зударша цхьадолу оьрсийн дешнаш чIогIа хаза олу: ясновидящий (хIума хууш волу стаг, зуда) – восневидящий; фальщивый (харцдокумент, ахча, хIума) – паршивый; раз-разный (нохчийн – тайп-тайпана); от-отдельно (ша-ша, къаьстина); смутно – мутно.

 

Г1алара еана ши йоI, шаьшшинна ма-хуьллу, оьрсийн мотт бийца гIерташ хилла. Туькана чуеана и шиъ. Чохь печенийн, цIазамийн а дика хьожа хааелла.

– Хьажахьа, – аьлла цхьамма, – ма хаза запах ю кху чохь.

– Iовдал, – аьлла вукхо, – запах яций и-м, понюхал яй.

Сарралц туьканашкахула а лелла, социйле йогIуш, хIара шиъ биънекъал сехьа йоьрззушехь, кхеран юьрта йоьду автобус дIайолаелла.

– Машина пашла, – аьлла цхьамма.

– Паша ма-пашла, – аьлла вукхо.

Оьрсийн маттахь «яха ма-яха» олуш хилла иза.

 

АППЕТИТ

 

Цхьа накъост хилла дика аппетит йолуш. Ша юьртара гIала моссаза вогIу, автостанцера кафе чу а воьдий (цара еш йолу юург дукхаезаш), хIума кхоллуш хилла цо. Поваршна а, шайн цIахь кицана а валош, вевзаш хилла иза. И веача, цунах самукъа а долуш.

Цхьана дийнахь, малх дикка лакха а балале, чувеанчу цо пхиъ лагман, шишша котлет йолуш картолийн ялх пюре, ши булка бепиг, диъ стака тIо, кхо стака компот а эцна. И даар шен дегIах а долийтина, аравала дагахь неIаре волавелла иза. Кхуьнга а хьоьжуш, вовшийн муьшкаш а еш Iаш болчу поварех цхьамма, хIара хьовзош:

– Хьенех, тахана ма кIеззиг хIума кхаьлли ахь? – аьлла.

– Iуьйранна хIума кхаьллина вара со, –  аьлла, жоп делла цо.

 

ВОРДА

 

Ворда йоьттина дечиг дохьуш цIа вогIу воккха стаг къевлинчу шайн кевна хьалха сецна. Хьацар тоьхна говр а тIера Iаь гIуьттуш хилла. КетIахь марда а хаавелла, араяьллачу несо:

– Дада, ков схьаделлий ас? – аьлла, хаьттина.

– ХIан-хIа, жимма говре са а даIийтина, тIехула оьккхуьйтур ю ас, – аьлла мардас.

 

ПАЧЧАХЬ

 

Талла ваханчохь Iехавелла, бода а къовлабелла, шен гIаролца арахь висна цхьа паччахь.

– Буьйсана дIагIертачул а, дIатардала меттиг лахий вай? – хаьттина визира.

– Мегар ду. Сол лакхара стаг волу чоь ма къастаелаш, – аьлла паччахьо.

«Паччахьал лакхара мила хир ву?» – цо аьллачух цецваьлла визир.

Паччахьна гIоли долу цIа къастийна. Цу хIусаман дайн ши бутт кхаьчна бер хилла. Нанас мел хьестарх, тедан гIертарх а, бер цIийзаш, наб ца кхеташ, буьйса хала яьккхина паччахьо.

Iуьйранна шаьш новкъа девлча, визире барт-хаттам бина цо:

– Ас сайл лакхара стаг волу чоь ма къастаелахь ца аьллера хьоьга?

– Сийлахьниг, хьол лакхара мила ву кху лаьтта тIехь? – хаьттина визиро.

– Луург дIаала йиш ца хилча, аьлча а, кхетар доцуш я бохург дийр ца хилча, сол а лакхара ца хуьлу и бер? – аьлла паччахьо.

 

Цунах тера ду хIара дийцар а.

Цхьана паччахьан самукъадаккха, цуьнан дукха хан йоццуш когавахана кIант чувалийна. Жимма Iийна, цо лелочу хIуманаша самукъадаьккхина ца Iаш, кIадвина:

– ДIавига, хIара сол а воккха паччахь! Паччахьо аьлларг ша ца дахь а, ша аьлларг паччахье-м дойту цо, – аьлла дас.

 

НУЙ ЦIЕНА ХЬАКХА ЛААХЬ

 

КIанта аьлла ша тIехьийзачу йоIе:

– И куьзганаш дитахьара ахь. Тхан нанна ца езара уьш лело зуда.

– Деллахь ала, ас уьш ца лелийча, со йига а дагахь бохий ахь? – хаьттина йоIа.

– Боху, – аьлла кIанта.

– ХIета, ас нуй цIена хьакха лаахь, ма хьехаде алахьа шайн нене х1ара куьзганаш! – аьлла йоIа.

 

МИЛЛИОН

 

Оьрсичо хаьттина нохчичуьнга:

– Шу мел ву?

– Хаац, цхьа миллион хила а мега.

– Ахь хIун дуьйцу?! Еккъа цхьана Магаданехь а ма ду шу миллион сов, – аьлла оьрсичо.

 

ПАПУАС

 

Цхьа стаг, оьгIазвахана, цхьа а нохчи ца кхаьчначу гIур ву ша, аьлла, цхьана пана махка вахана.

Бухахь хилла иштта дуьненна а оьгIазвахана веана цхьаъ.

– Хьо нохчи вуй? – хаьттина тIевеанчо.

– Вац, папуас ву! – аьлла, нохчийн маттахь жоп а делла, ведда бухарниг.

 

АДАМИЙН МОТТ

 

Эрмало, нохчи, жуьгти а хилла чувоьллина.

ХIоранна а цхьацца жIаьла делла, аш цхьана баттахь царна адамийн мотт Iамабахь, дIахоьцур ду шу, ца Iамабахь, гуттар а кху чохь Iийр ду шу, аьлла.

Эрмалочо, жуьгтичо а цаваллал бен шаьшшинна ца юуш, жIаьлешна яош хилла, мотт Iамо гIерташ, хьоьстуш. Нохчи, жIаьлина елларг цхьаьна шена юуш, цунна тIе а чехаш, Iаш хилла.

Иштта дIабаьлла бутт. Эрмало волчу чубахана.

ГIелал валла воллуш эрмало, дерстана даттIа доллуш, гIалх ала а карах ца долуш, жIаьла а карийна. Мел дехарх а, мел хьестарх а, жIаьла дист ца хилла.

Изза сурт жуьгтийчуьнца а.

Нохчи волчу баьхкина. Цецбевлла.

АгIорваьлла Iаш, беснеш тIехь хьаналла а лепаш, нохчи а, кIажа а хебна, массо пIенда а къаьсташ жIаьла а гина комиссин декъашхошна.

ХIорш чубевлча, кисанара схьадаьккхина чкъург кхаьллина нохчичо. ЖIаьло гIийла:

– Хьенех, хьайн нана лойла хьан, доккхур дацахь! – аьлла, дехар дина.

 

КХЕЧУ ДУЬНЕН ТIЕХЬ

 

Мел гена хиларх, сом луш меттиг хилчахьана, халонех ца къехкаш, балха воьду нохчи.

Цигара схьадаьлла хир ду хIара анекдот.

Интернациональни спутник яхана тIурнене.

ДIа а кхаьчна, охьабиссича, тIетаьIIина гIишлош еш нах карийна царна. Цаьрца хIун мотт буьйцур бу ца хууш:

– Хелоу! – аьлла цхьамма.

– Хала-м дацара, – жоп делла гIишлошъярхоша, – раствор шайн хеннахь схьаяхьара.

 

БАКЪОНАШ

 

Цхьа накъост хилла жимачу машенахь гIала веана. Некъан инспекторо саца а вина:

– Бакъонаш юй хьоьгахь? Схьагайтал, – аьлла.

– Деллахь, ян-м яц, амма, цхьанхьа-шинхьа а хир ю аьлла, дийцина хIума-м дара сан, – аьлла вукхо.

Инспекторо, цо аьлларг дукха хазделла, иза кхин хIилла доцуш хиларна, дIавахийтина.

 

ЭМКАЛ

 

Чай, борззий, эмкаллий, цхьогаллий хилла цхьаьна Iаш.

Цкъа махкахь а мацалла хIоьттина, яахIума йоцуш бисна уьш. Массо а мацалла хIаллакьхуьлучул, эмкал яа барт бина экханаша.

– Цуьнан дагна вас ца еш, муха нисдийр дара-те и гIуллакх? – аьлла чено.

– И-м ас дIанисдийр ду хьуна. И суна тIедилла ахь! – аьлла цхьогало.

Эмкална къа-бала а балхийна:

– Вайна массарна а тIера сагIийна ахь хьуо ца ейтахь, вай дерриш а мацалла лийр ду. Ахь накъосташна тIера сагIийна хьайн са дIалахь, хьо леш яц, ялсамане йоьдуш ю. Жайни тIехь дерг харц хила йиш яц. Хьуна хаахь, боккха аьтто бу хьуна хьан хилларг. Вуьшта, ялсамане даххал вай йина кхин Iамалш а яц. Ялсамане дахар дуьхьа, ас суо а доьйтур дара, амма шуна хIун хир ю сох, сан цIоканах а?

Иштта эмкалан корта а хьовзийна, ялсамане гIур ю аьлла, и йийна цара. борз, цхьогал а эмкал тилош дитина:

– Со хIинцца схьайогIу шуна, со юхаерззалц бат ма тохалаш цунах! – аьлла чено.

И дикка генаяла а кхиале:

– Жимма кхалла вайшимма? – аьлла цхьогало.

– Чено могуьйтур ма дац вайшинна, – аьлла барзо.

– Ахь чоко яа, ас дог дуур ду. Чано хаттахь, хьо соьга хьажа, ас дIадерзор ду хьуна.

Кхано цIа еанчу ченна эмкалан дог, чоко а ца карийна.

– Стенга дахана эмкалан дог? – чугIоьртина ча.

Борз сихха цхьогале хьаьжна.

– ДIаяккха дIа! Ша дог долуш хIума хиллехь-м, цо ша йоьйтур яцара, – аьлла цхьогало.

– Бакъду-кх и а, – резахилла ча. – ТIаккха чоко стенга яхана?

Борз юха а цхьогале хьаьжна.

– ХIун до ахь, айхьа яа а йиъна, соьга хьоьжуш? – аьлла цхьогало.

ОьгIазъяханчу чено борз вовшахъяьккхина.

 

НИЙСО

 

Ча, борз, цхьогал а цхьаьна талла дахана.

ЦIа кхаьчча, караеана ижу муха екъа еза, бохуш, ойла еш хилла уьш.

– Декъал ахь! – барзе корта таIийна чено.

Барзо нисса кхаа декъе декъна жижиг:

– ХIара хьуна, хIара суна, хIара цхьогална, – аьлла.

Тоьхна, и дIа а харцийна:

– Цхьогал, ахь декъал, барзо нийсо ца йира вайлахь, – аьлла чено.

Цхьогало, кхуьий дакъа ченна хьалха а теттина, аьлла:

– ХIара хьуна Iуьйранна даа, хIара – делкъана, хIара – суьйрана.

– Цхьогал, оццул нийса декъа муха хиира хьуна? – елакъежна ча. – Ма дика хьекъал кхечи хьан?

– Ахь барзанна тоьхначу тIарано Iамийра со, – аьлла цхьогало.

 

ЦIОЬЛКЪА БЕРАМ

 

Лулахошка, бепиг чуIотта, муьста берам беха вахийтина хилла жима кIант. Кад буьззина боьттина берам охьаIенаш хилла. И беха ша вохуьйтуш а резавоцуш волчу жима къонахчо:

– ЦIоьлкъа, хьо леста а ма леста, – аьлла. – Со-м, хьо дIа а кхоьссина, бацара аьлча а волу хьуна.

 

***

 

Цхьа ламаро хилла Теркал дехьа гергарчу нахе хьошалгIа вахана. ХIусамнанас хьалха сискал, муьста берам а биллина хьешана.

– ЦIоьлкъа, – аьлла хьешо, – чехкачу Органах, доккхачу Терках сехьа а баьлла, цIера дуьйна суна тIаьхьа беа-кх хьо.

 

КОТАМ, цхьогал а

 

Цхьогал деана цкъа котам йолчу:

– ХIай, котам, охьайоссахьа...

– Лаа юссий со охьа? – аьлла, ша йолччохь д1анисъелла важа.

– ОйхI, хьуна хIумма а ца хаьа?

– ХIун ду суна хаа дезарг?

– ХIокху махкара йоцуш санна ма лела хьо. ХIинца хьо кхера оьшуш хIумма дац хьуна...

– И хIун ду?

– ЦIарна а цIе яхана болчу вайн махкара яхь йолчу кIенташа шайн тIаьххьарчу гуламехь барт ма бина, вай бертахь даха деза аьлла. Таханчул тIаьхьа соьгахьа йолчу агIор паргIат ю хьо... Вайн хьуьн чохь вовшийн бакъонаш кхин хьошур йолуш яц. Вайн махкахь маьрша лела бакъо ю кхул тIаьхьа муьлххачу экханан, олхазаран а.

– Делан дуьхьа, ма дика ду и. Тоххара бан безаш бара и сацам. ХIун ду вайн къийса? Цхьа йижарий-вежарий ма ду вай, – аьлла, га тIера чуйоьссина котам.

Цу минотехь тIекхетта, цхьогало дIаядийна инзаръяьлла котам. ТIаьхьа делахь а, ша леярх кхетта иза.

– ХIай, цхьогал, – дехна цо. – Цхьа дехар дара сан хьоьга... ХIусамнанас, мовладна бохуш, дукха лерина кхобуш яра со, хьаьжкIан, кIен буьртигаш бен ца даош. Хьайн Делан дуьхьа, тарлуш делахь, со яале бисмилла даккхахьара ахь. Синтем хир бара суна...

– Мегар ду хIета, – аьлла, цхьогало, бисмилла даккха дагахь бага гIаттошшехь, котам «парт-парт» аьлла тIемаш а тоьхна, юххерчу диттан гаьнна тIе хиъна.

Цхьогало, бетах мотт хьаькхна, аьлла:

– ХьажцIера еана юург хилча а, кхул тIаьхьа ас бисмилла даккха ма хала дара-кх.

– Хьаьжо хилча а, кхул тIаьхьа со цхьогалх теша ма хала дара, – аьлла котамо.

 

 

 

ТОП

 

Университетехь дешна а ваьлла, керла веанчу хьехархочуьнга:

– «Топ» бохучу дашехь маса «п» яздо? – хаьттина дешархочо.

– Цхьалго елахь – цхьаъ, шалго елахь – шиъ, – аьлла, жоп делла хьехархочо.

– Iалелай, «пулемет» тIехьа ма дукха «т»-наш яздийр ду! – аьлла дешархочо.

 

ТУР

 

Жимачу дегIахь, амма доккха дог долуш цхьа къонах хилла.

Цкъа сарахь цхьана хIусаме веъча, шена а вевза цхьаъ хьехош Iачу накъосташна тIекхаьчна хIара. Iаламат доккха дегI долуш стаг хилла вуьйцург.

– ЧIогIа тур текхаш стаг вара иза, – олуш хезна кхунна.

– Цуьнан а текхна долу, сан ма текхар дара и?! – аьлла хьешо.

 

ХЬАЖО ПIЕЛГ

 

Цхьа жима къонах, Эскаре ваха ца лууш, чIогIа дуьхьалваьлла хилла. Военкомате тIекхайкхича, бакъахьара куьйган хьажо пIелг нислуш бац шен, аьлла, цIахь виса гIоьртина иза.

Ши-кхо стаг нисбан г1оьртича а, пIелг нислуш ца хилла.

– Жима волуш муха бара хьан и? – хаьттина лоьро.

– Иштта бара-кх, – аьлла, пIелг нисбина кIанта.

 

 

КУРОРТЕХЬ

 

Дика белхало ву аьлла, Iедало курорте садаIа вахийтина хилла цхьа стаг. ХIора дийнахь бохург санна, шен трактор тIехь хи чуьра тIулгаш лехьош, уьш лафет тIе дуттуш, уьш дIадухкуш, сом доккхуш волу иза, шена хилларг хIун ду ца хууш висна. Ткъех шарахь, мукъа денош а доцуш, болх бан марзделла дегI, цIеххьана лазадаьлла.

Вахана кIира а кхачале, шен тракторна са а гатделла, цIа веана иза, шен меттиг яц и, аьлла.

ШолгIачу дийнахь, балха гучу а ваьлла, юха а тIулг лахьо вахана.

 

ТАЛЛАРХОЙ

 

Ши хьаша вахана талла.

Цкъа вахча, масийтта де-буьйса а доккхуш хилла цара.

Цхьаъ таллархойн цIа чохь, цIе а латош, сецна, важа ижу лаха араваьлла. Цигахь шен цхьана хIуманна даръелла ча тIаьхьа а яьлла, ведда вогIу таллархо неIарехула цIа чу а иккхина, корехула араиккхина:

– Ахь хIара тилошшехь, со хIинцца кхи а цхьаъ ялош вогIу хьуна, – аьлла.

 

***

 

Цхьа-ши стаг хилла талла вахана, цхьа экха ца дуьйш цIа вогIур ма вац вайшиъ, аьлла, чIагIо а йина. Сарралц эрна волавелла а лелла, ур-атталла пхьагал а ца юьйш, цIа воьду хан хилла. СадаIа охьахиъна ши таллархо.

– Онда хIума ду хIара тахана дерг, – аьлла цхьамма.– Цхьа инса ца гуш, дIадели-кх хIара де. Моза бийна а, цхьа са ца дехь, дуй къарлуш бу вайшинна. Далла, нахана а гергахь цIа ваха юьхь яц.

– КIадвалар-м хьеха а ца дора ас, ч1ог1а мацвелла со, – аьлла шолгIачо. – Чохь ерг яра хингалш дийр ду ша, хьиэ ма лолахь, бохуш.

Иштта и шиъ къамелаш деш Iаш, цхьана таллархочунна мера тIе чуьрк хиъна.

– Собар делахь, меттах ма хьалахь! – аьлла, хьалхарчо тоьпах катоьхна. – ХIара чуьрк йийна а, цIа ваха бакъо ца яккхахь, тховса вайшиъ арахь вуьсуш гуш ву со.

Нисса шена бIаьра хьажийначу тоьпе а хьоьжуш:

– Лаг меллаша озалахь, – аьлла шолгIачу таллархочо.

 

***

 

Таллархой хилла хьуьнах бахана. Лела-аш, цхьана хьехахь лар карийна царна.

– Чен лар ю и, – аьлла цхьана таллархочо.

– Яц, адамийн лар ю и! – аьлла шолгIачо.

– Шуьшиннах бакъ мила ву хуур ду-кх вайна, цу лорах дахчахьана, – аьлла кхоалгIачо.

Цу тIехь барт а хилла дIабоьлхуш, адамийн куьйгаша яьккхича санна, тIе бIаьрг ца хIоттийта, кондаршца дика хьулйина, цхьана тоьлина тIекхаьчна уьш.

– Елахь а, яцахь а кху чохь ча ю-кх, – аьлла цхьамма.

– Ча-м дера яцара цу чохь. Iедалх лечкъаш лелаш цхьа обарг я чIирхо хир ву-кх, – аьлла шолгIачо.

– Шуьшинна ма дика хаьа массо хIума а! Схьахетарехь, къуйн къайлаха бен бу хIара, шаьш мел лачкъийнарг чуйохьуш.

– ХIинцца хуур ду и-м, – аьлла, веалара а хIоьттина, чоьхьа корта баьккхина цхьамма. Важа шиъ хьоьжуш Iаш хилла, тоьпаш юьйлина. Кхеран накъост цIеххьана тоха а велла, ша волччохь Iилла висина. Кхайкхарх, цо кхин жоп а ца делла, ши ког лаьцна, схьаозийна цаьршимма. Кхеран доттагIчун корта ца хилла.

– ОстопирлахI, хьо инзаре хIума! Кхуьнан корта стенга бахана? – аьлла цхьамма.

– Бан а барий цуьнан и? – аьлла шолгIачо.

– Дера, сийсара цхьаьна чай молуш ма Iийнера тхойшиъ.

– Юй хуъушехь, чен бага оьккхур вуй корта берг?

Шайн доттагIчун корта барий-бацарий аьлла, къовсавелла и шиъ.

– Делахь, цуьнан зудчуьнга хаьттича, хуур ду вайшинна, – аьлла, дакъа а эцна, цIехьа вахана ши таллархо.

– Хьан цIийнаден корта барий? – хаьттина цара.

– Цуьнан корта бара-бацара-м ца хаьа, хIора шарахь цхьацца куй-м тоьгура ас цунна, – аьлла кхеран доттагIчух йисинчо.

 

Артист

 

Нохчийн гIараваьллачу актерана юххехь лаьтташ волчу цхьамма:

– И артист бохург цхьа пайдабоцу хIума хеташ ву-кх со. Мел ледара хIума ду и нохчичуьнгахь! Къонах хуьлу артист? – аьлла.

– Деллахь, ма артист ву хьо, – аьлла вукхо.

 

ШОФЕР

 

Массо а шоферан амал ю, ша волу агIо ларъеш. Дуккахболчара, ша волу агIо ларъян вулий, аьтту агIо чутуху.

Цхьа стаг хилла керла машен а эцна араваьлла. Цхьа бIаьрг боцуш волу иза, шен накъостаца хийисте ваха ваьлла. Хаьхкина воггIушехь, некъан аьтту агIор чутоьхна цо машен.

– Деллахь, хьенех, хIинцца бен хьан цхьа бIаьрг боций ца хии-кх суна, – аьлла цуьнан накъосто.

 

***

 

Ши накъост хилла белхех ваха ваьлла. Хьалхарчун цхьа бIаьрг хилла, тIехьарниг – бIаьрзе. ДуьхьалйогIучу машино къахкийна, кондаршна юкъакхоьссина хIара шиъ. Хьалха волчун цхьаъ бен боцу бIаьрг баьлла. Дог а даьттIа:

– ДIакхечи вайшиъ, – аьлла цо. ТIехьарчо, шаьшшиъ белхе дIакхаьчна моьттуш:

– Ассалам Iалайкум, кегий нах! Суьйре дика хуьйла шун, мехкарий! – аьлла.

 

***

 

Цхьа стаг хIора дийнахь гIала балха лелаш, шена машен ца сацийначунна вон мел дерг а баха марзвелла.

– Иштий-иштий хуьлийла хьуна. ХIун эшам хир бара хьуна, со тIехаийнехь?

Юха а куьг лоцуш, тIехваьллачунна:

– Иштий-вуьштий хуьлийла хьуна, – олуш.

Эххар а, балхахь шай-кай караеана, цIена машен эцна цо. Оцу сарахь цIа вогIуш, некъахь лаьтташ волчу гIашлочо куьг лаьцна. ДогIуш догIа хилла. ДогIанехь муствелла лаьтташ волчу стага шен машен бехъярна кхеравелла, саца а ца еш, тIехваьлла иза. Жимма дехьаваьлча, ша некъахь хийлазза латтар дагадеана цунна. ДIа мел воьдург шен ваша санна хеташ, царна муьлхха а дика дан кийчча… Ткъа цара атталгIа машен а ца сацайора. ТIаккха, нейтральни скорость тоьхна, машен некъа йистехь сацийна цо. Охьа а воьссина, геннахь лаьтташ волчу некъахочуьнга а хьаьжна:

– Хьуна хуьлийла и, – аьлла, машена а хиъна, дIавахана.

 

***

 

Цхьана стага керла машен эцна хилла. Асфальт тIевалале иттех километр жагIан новкъа вогIуш, чкъурга кIел мел нислуш болу тIулг машенан буха бетталуш санна, йоккха гIовгIа яьлла. Юххехь волчо аьлла:

– И тIулгаш сайн когех детталуш санна хета-кх суна.

– ХIара машен хьайн елахьара-м, коьртах детталуш санна хетар дара хьуна уьш, – аьлла машен йолчо.

 

***

 

Цхьана стага, цIена машен эца таро а ца хилла, тишониг эцна хилла.

Буьйсанна гIалара цIа вогIуш, некъахь лаьтташ ша санна волчу пекъарна сацийна цо. Чу а хиъна, неI тIетоьхна вукхо. ДIа ца къовлаелла. Юха, юха а тIетоьхна.

– Накъост, и неI тIе а ца етташ, зайла дIаболлахь! – аьлла машенан дас.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика