Хьуна а лиъна… Ма лиънера и –

PDFПечатьE-mail

90182 original

АХМАТУКАЕВ АДАМ

***

Хьуна а лиъна… Ма лиънера и –

ВогӀучу хьешана хьуо дуьхьалвала;

Хьомсара лелорна-м хӀун дендарий,

Хьаьстина, воьдуш а – хьуо тӀаьхьавала,

Ков-бертехь жимхана дӀа а луш хьаша…

 

Ца хили.

            Сахили,

                        ойла хьан и

Ца туьгуш – ӀиндагӀал – тӀаьхьараяла.

Юьртара гӀиллакх ца девзачу гӀалахь,

Тхов – хьан-хьайн,

            ков а – хьайн

                        доцучу гӀалахь

Мила – хьох кхета ву, гӀайгӀанах – вáша?

Юьртара хьаша бен, мила хьан – кхин?

            ***

Хи хьадахь, кхоъмаза хьон дай

ДӀо бердайистера цӀа.

Дуьхьало езара онда,

Бердана чӀагӀо луш, ян.

Цул а ма хиндарий хилла

ГӀолеххьий, шен хеннахьий,

Хих и цӀа лардина хиллехь –

Татолах хилале хи.

Да хиллехь – хоржучохь меттиг,

Ваша а – цӀа дугӀучохь…

Го чӀагӀбан болийнехь хӀеттехь –

Лулахо хьан-хьайннигчохь.

                        ***

Денда хила ца витина денда,

КӀант кхио я да а витна вац.

Кхеташ вац со, хӀай дуьне, хьан Ӏедалх:

ХӀунда – убар санна, цӀийх ца Ӏебаш?

ХӀунда – юьхь-са доцуш, – пхьа дӀахьебан?

Маца дуьйна ду хьо, дуьне, харц?

                        ***

Наггахь сан некъана хӀилла го:

Бахьна дой заманаш кхоларх,

Талхадой, даздо сан болар,

Хеназа хадо и – зил а до.

«Къарбели!» – некъах сан хеттачохь,

Къармаза тухий цо гола –

Да-нана даьхна цӀа лаьттачу, –

Аттачу долу сан болар.

            ***

Кхин цхьа мерза туьйра

Хадош, йолу Ӏуьйре

Коран гурал чоьхьа.

Ирсе виса хьаглой,

БӀаьргаш ас тӀехьаббо,

Туьйра юхадоьхуш…

«Же, же, сихо елаш», –

Да ву, балдаш делош,

Со дӀагичахьана.

Мангал тусуш, бешахь

Хиъна Ӏа и. Пеша

Гонах хьийза – нана.

Бáжа бай тӀе боккху

Етт дӀаарабоккхий,

ЦӀахь дуьту ас эса;

Дадин мангал баллалц,

Нанин чай схьадаллалц,

Хи а дуьллу хеса.

Хьокхам, чай, тӀоберам –

Чам а гӀуьттуш тӀера –

Охьадуьллий нанас,

Цхьаьна юу оха,

ТӀаьхьа бехкаш дохург

Юххехь воцуш цхьа а.

Говр ас керта йоккху,

Дуьрста лаццал воккха

Суо а хилла дела.

Сийна буц ян деца

Со а гӀур ма веца,

Айсса архаш лелош.

Тхойшиъ цӀехьа кхаьчча,

Нанас хьешан баьрччехь,

Юх-юххе хаийна,

Кхобуш Йоккха деций,

Децел йоккха неций

Хир ю тхоьгахь – ший а.

Хазахетар хьаьдда,

Царна марахьаьдда,

Дохуьйтур ас ловцаш.

ТӀаккха хийла дезар

Дийр ду, уьш бан реза,

Де а хеташ доца.

Де-м дӀайистте долу,

РегӀан басе болий,

Маьлхан хӀоз чукерчаш.

Бажа юьрта богӀуш,

Даьхнийн цӀераш йохуш,

Аьзнех юзу керташ.

ЗӀакардаьхнийн «эскарш»,

Партал дӀасакъесташ,

Баннаш чу дӀахуьйшу.

Цхьана буьнан бертехь

Шина нӀаьно бертахь

Аьзнийн толам къуьйсу.

Хьена пхьор дан яй чохь

Бакъахь яра хье чу

Йоьлла и ши боргӀал…

Амма цхьамма (хьий-кха!)

ХӀоттийна хуьлний-кха,

Гур ва санна, горгал.

Куьг сан тӀецакхоче,

Пхьарс а дӀацакхоче

БогӀарна, и тоьлла,

Кхин а цхьана денна

Ирсана са денлой,

БӀаьргаш ас дӀадоьллу.

            ***

Марара даьккхина ненан,

Кхоьссича дестечун

                        кара…

Дахдан а ца оьшу хӀара –

Чов ца ян да волчу дена.

            ***

ДоттаггӀий, хин кортий

тоьшаллина лаьцна,

Вистхили йоӀе со,

ойла йостуш эххар.

Малх а, кӀайчу мархийн

кирхьи тӀехьа лаьтташ,

Ӏехабелла, эвхье

хьийжи тхоьга бехха.

Нана, хьоме нана,

юкъарлонна хьовзий,

КӀант кхиинчу дега

цкъа дӀакъададехьа –

Сан даг чуьра мерза

арагӀерта ловзар

Вайн ков-керта дерзо

тарлур дарий-техьа?!

 (Ца)мегарг,

я Атта байташ

Могуьйтуш дерг хьаьккхина

Новкъара дӀадаьккхина,

Мегаш дерг бен ца магош

Хилча – дара хьуна дош.

Дукха гина ма ду-кхий –

Цкъа могуьйтий, шозлагӀий…

Тардолуьйтий, тар а дой,

Вай-м цамеггарг магадой.

Цкъа магийна цамегарг

Наггахь хуьлу – кхин ма гарг.

Наггахь, иза марз а лой,

Далатохар а ма дой.

Вайна иштта мегар дац.

Мегаш дерг бен мегаш дац.

Эрна дехарш а ма де,

Ца магор вай меггарг бен.

Цамагаран – цамгар бен –

Кхин цӀе яц.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика