ӀУСМАНАН БАСЕЛ

PDFПечатьE-mail

lansere003

 

 

Ӏусманан Басел вина Ӏ968-чу шеран чиллан беттан 22-чу дийнахь. Урдунера Заркъе цӏе йолчу юьртахь школа чекхъяьккхина. Эскарехь декхар дӀаделлачул тӀаьхьа (Ӏ990-чу шарахь) университетехь Бахаман а, тӏаламан а Ӏилма Ӏамо долийра. Кхаа шарахь университетехь дешначул тӀаьхьа, цхьацца хьелаш а, хьежамаш а хийцабелла, кхин  некъ болийра Басела. Цул тӀаьхьа ӏаьмаркахь механика Ӏамо деша тасавелира. Ненан матте боьду некъ тӏаьхь-тӏаьхьа генаболура, амма цуьнга болу безам лахлуш-м бацара кӀентан. КӀеззиг  деша а, яздан а кхуо бераллехь  дуьйна ша ӏамийнера. Нохчийн мотт ӏамо меттиг йоцуш, хьеха адам доцуш, делахь а халонашна къар ца луш, ирсан гечо лоьхуш, дахаран гӏийла некъ бора Басела. Хан мел йолу  а вайн къоман герзаца болу безам чӏагӏлора дайн махкахь са лаьттачу кӀентан. Бераллехь дуьйна герзаца йолу юкъаметтиг хьоме яра, цундела, цхьаъ мукъане а,  шаьлта шен куьйга ян лаьара. Шераш дӏаэхарх, хан-зама яларх, шен Ӏалашоне кхача болчу лаамах юха ца волуш, баккхийчаьрга хоьттуш, вайн дайша герз муха дора тӀаьхьакхиа гӀерташ, къахьийгира Ӏусманан Басела. Хаарш гулдеш гӀеххьа зама яьлча бен, пхьалгӀе а ца хӀоьттира. Шен хаарех, говзаллах а пайдаоьцуш, ша пхийттара ваьлчахьана, таханналц сов дика иттех тур а, ткъех шаьлта а йина ваьлла.

 

 

Цхьайтта шо даьллера ШепаIан кIант Исраил дуьненчу ваьлла, Заркъе юьртана къилбехьа, кхо чаккхарма дехьа, рогIехь кха лардан иза лелачу хенахь. Когара мачаш яйелла, болар сихдина лелара Исраил. Бераллех къастаза велахь а, леларехь ша-шех бIобулуш вара ШепаIан кIант, шел еха немцойн топ белш тIе кхазийна, хе хIотта волавелира иза. Тешам боцуш зама хиларе терра, гIаролехь ха латтош хилла мухIажарша, шайн бошмаш а, шайн кхаш а лардина ца Iаш, шаьш йиллинчу юьртахь а.

Иштта цкъа, хехь волуш, ког байбина, меллаша хьаьжкIийн гIодмашна юккъе а ваьлла, дIаса а хьаьжна, когаш тIе лахвелира Исраил. Дика кхиъна йогIура хьаьжкIаш. Лекха адам а хьулдаллал лекха яра уьш, амма лар ца яхь, сискал а йоцуш биса тарлора хIорш. Хала зама яра тӀехӀоьттинарг. Делах тешарца, собарца, доьналлица шаьш оцу халонех хьалхадевр хиларх тешна бара вайнах. Урдунехь хилла Хонкаран Iедал гIелделла, ингалсан эскар чугIерташ, Iаьрбийн, хIара ду аьлла, Iедал дацара нехан доладан. Массо а къоьлла хьоьгуш вара. И бахьанехь, адамашна юкъахь йовссарш, зуламан ковранаш дукха яра. Шайн аьтто бол-болчохь нехан хIуманах катухура цара.

Геннара хезаш, тIаьхь-тIаьхьа Исраилна герга догIуш, бергийн тата дара. ХIара топ юьйлина валале, кхунна хьалххахь цхьа Iаьрбийн бере вогIавелира. Воха а ца вухуш, ка яьлла, сихонца топ юлушшехь, ойла йора Исраила: «Дика дохьуш веана-те я йовссарех цхьаъ ву-те хIара?» – бохуш.

– ХIай кIант, – аьлла, вистхилира Iаьрби,– схьагайтал хьайгахь йолу и топ.

Амма кхунна хиира беречун дагахь дерг. Цо бохург дича, топ йоцуш-м хьовха, садаьккхина, вуьтур вара хIара. Юьйлина топ сихонца Iаьрбичунна тIе а хьажийна, мохь элира Исраила: «ДIавала, дIагIо! Хьуна со жима хетахь а, хIара топ ю хьуна. Шеко яц хьуна, хьо дIа ца гIахь, хьан говрах яйдакха йина вуьтур ву хьуна ас хьо!».

Говр хьийзош, оьгIазе тIегIерташ, шена хезначух цец а ваьлла, юхаверза ца лууш, тIегIорта меттиг ца болуш, висира бере. Воьхна хьийзаш, гIеххьа зама яьлча, вистхилира бере: «Кхин вай вовшийн гур дац бохург бакъ дац. Со стаг вац хьуна, и топ ас сайна хьоьгара схьа ца яккхахь».

– Дерриге а Делан карахь ду. ЛадугIур вайшимма, и зама тIеяллалц. Тахана и хир дац хьуна. Яхийта, дIавало, гучуравала, ас хIокху тоьпе хьуо этIавайтале! – элира Исраила.

Юха а оьгIазе чухьаьдира бере. Исраила, кхин хан ца йолуьйтуш, лаг а оьзна, шозза топ ялийтира. Беречун коьрта тIера кортали шеца хьош, тIехъелира цхьа шокъали. ШолгIачу дIаьндарго бухка хадийра. Iаьрби-бере,  дIаиккхина, вахара.

Тоьпан тата хезна, юьртарчу нохчашлахь орца делира: «КIентий, маса лелалаш! Цхьаъ хиллачух тера ду. Ледара ма хилалаш!»

Шен карара гIуммагIа охьа а тесна, герзаца къовлавелла, шен говр човхош, дIаиккхира Исраилан ваша Абу а (Абуязид). Исраил, и бере шеца орца далош, юха ца вогIуш Iийр вац, аьлла, жимма дехьа а ваьлла, само йина, тебна Iаш вара. Ван а веара...

Шеца ши бере валош, юхавеара Исраила топ йиттина Iаьрби. Тебна Iаш волу Исраил кхаа беречо Iаьрбойн маттахь дечу къамелах гIеххьа кхетара. «Оцу кIанта суна немцойн топ йиттира. ЭтIа ца веш, вуьтур вац!», бохуш, Iаьрбичо туьйсучу кхерамашка ладоьгIуш, ойла йора Исраила: «Эхь доцу хIуманаш! Цхьалха со! Кхо патарма бисна! Герзаца кхо стаг! Цхьа дIаьндарг а эрна гIахь!.. Ларор вуй-те со?!..» Геннара, лаьхкина берзалой санна, тIекхочуш лаьттара юьртара кIентий, шайца Исраилан ваша Абу (Абуязид) а волуш. Йовссарш-м, чан туьйсуьйтуш, тIепаза яйра.

Абу вешица сецира. Вайн кIентий дошлойн лорах бахара...

Абу: Де дика хуьлда хьан, жима къонах!

Исраил: Деэшначунна гIортор хуьлда хьох!

ЧIагIвелла эскархо санна, лаьттара Исраил. Хилларг-лелларг дийцира цо. Хи чу Iоьттича санна вашийначу Абун хебаршка ихначу юьхь тIехула хьацарш Iийдалора. Меттах ца хьовш, лаьттара Исраил. Белш лоцуш ластийра иза Абус.

Абу: Дакъаза ма валарг, ладогIал соьга. Къоланаш даима а деш хиларх тешна вара со. И нах хьалабахар сацийна ахь, и дика ду, хазачу къамело Iехо а, вочу дийцаро кхеро а хан дIаяьлла хьан.

Исраил: Сайн доцу ирс цкъа а ца эшна суна.

Абу: Мелехь хир ду хьуна, дIабаханчеран метта дIахIотта, гIаролехь тхоьца дакъалаца доьгIна хилла-кх хьуна. ХIун дер тIаккха?.. Къар ца луш, маIаш Iотта кечъелла старгIа санна, кIелдIахула хьоьжура уьш вайга, шайн волла бахьанехь, шаьш сийдоцуш, боьха хиларна.

Меттах ца хьовш лаьттара Исраил. Белш лоцуш, юха а ластийра иза Абус.

Абу: Дакъаза ма валарг, вало, юьрта дIагIор вайшиъ, кхин а хьелахь, юьртан кевнаш дIакъовлале кхуьур дац вай.

Юьртехьа дIаволавелира и шиъ. Малх, юьртана цIелла тоьхна, суьйранна дIабуза кечбеллера. Заркъена дехьа а ваьлла, тIулга тIе хиъна, садоIуш вара цхьа воккха стаг. Абун воккхачу стагах бIаьрг кхийтира. Вист ца хуьлуш тIехвала бегIийла а ца хетта, вистхилира иза: «Суьйре дика хуьлда хьан, воккха стаг!» – аьлла.

– Диканца дукха дехийла шу, жима къонахий! Ша-шех бIобулуш хила веза кху хенналц Заркъен пенашна сехьа лаьттарг, – забарца жоп делира воккхачу стага.

Абу: Цхьацца йовссарш кхаш тIе гIиртинера, уьш юхатохале хан елира, цундела хьеделира тхо.

Воккха стаг: Суна ма ца вевза, хьенан, мила ву шуьшиъ?

Абу: Кху Заркъера ШепаI хьуна вовзахь, цуьнан кIентий ду тхо.

Воккха стаг: Баккъал а, ШепаIан кIентий ду? МашаАллахI! Мичахула, стенгахула лела сан доттагI ШепаI?

Абу: КIира хьалха кIа дохка Жолане вахана, схьакхачаза ву иза.

Воккха стаг: ДIавала, деха гергарло лаьттина суний, хьан дений юкъахь. Суна вевзичхьана а, цхьана меттехь Iанне а Iийр волуш вацара хьуна и. ЦIе хIун ю хьан?

Абу: Абуязид ю, хIара сан жимахволу ваша Исраил ву.

Воккха стаг хьалагIеттира. «Исраил ву, хIаа, Исраил ву баккъал а!.. Айса шу хьедарна ца кхерахьара, цхьа хIума дуьйцур дара ас... Амма тIаккхахула дийца а мегар ду», – элира цо.

Абу: Башха чIогIа сиха а дац тхан гIуллакх... ТIаккхахула бохуш, дIатетта ца оьшу. Дийцахьа, воккха стаг.

– МаьркIажехь дехха къамелаш дан хан яц, делахь а доцца дуьйцур ас, – велакъежира воккха стаг.

Абу: Сиха дац хьуна тхо, парггIат дийца ахь.

Воккха стаг: Дика ду делахь, ладогIал. ХIокху хьан жимахволчу вешина Исраилна а, шун нанна а (Дийдиган Язийра), Дала Шен къинхетам бойла цунах, тIехIоьттина сурт коьртера цкъа а дIадолуш дац суна. И дара хIара Исраил, ши шо кхачаза бер, коган пхьид йойна, шен ненан цIийх вуьзна, ша байлахь висарна цIийзаш, шен еллачу ненан некха тIе веттавалар. И дара хьуна, Сувелехь, масийтта шо хьалха. Цу дийнахь шайна ца йогIург яккха Сувейле юьртана тIегIоьртинера Iаьрбий, амма вайнах къар ца белира. ТIом дIабоьдура, массара а бохург санна, дакъалоцуш. Шайн доьзалш, шайн жа, даьхни лардеш, шайн синош а, догIмаш а ца кхоош, дIабаьхьира нохчаша тIом. Божарша, къона а, къена а башхалла йоцуш, шайн тоьпийн дIаьндаргаш цIийзуьйтуш, таррашка а, шаьлтанашка а суьйнаш туьйсуьйтуш, зударша а, зудабераша а оьшург тIекхоьхьуш, хIоъ-молха латтош, тIелеттарш, юьртах а бевлла, къайлабовллалц дIабаьхьира тIом. Иштта, цу дийнахь тIелатаро масех къонах декъалвира. Циггахь Исраилан коган пхьидах чекхъиккхина дIаьндарг, тIе йоза яздеш санна, ненан кийрах кхийтира. Го а бина, боьлхуш зударий болуш, сауьйзуш Iуьллучу Язийрина тIекхечира со. Шен цхьа куьг даг тIе а лаьцна, шолгIачу куьйгаца Исраил маракъуьйлуш яра иза. ЧIогIа ветталора миска шен ненан некхах. ТIаьххьара а хьажопIелг а айбина, «ашхIад» а далийна, дIакхелхира пекъар. Бехк ма биллалаш, дагна хилла лазам карлабаккхарна... Хьо хIетахь жима вара, Исраил, хьуна дагадогIур дац, амма хьуна, Абуязид, иза дагадогIуш хиларх, тешна ву со.

Абу: ДогIу дера! ХIун дер тIаккха?.. Хьуна ма-гарра, ишттаниг кху дуьненахь вехаш волчунна ганза дуьсур дац-кх.

Къамеле ваьллачу воккхачу стага юха а дийца долийра:

– Мел еха ойлаярх, ца кхетара со аьлча, нийса хир дац, – жимма сецна-а, юха а вистхилира – амма, дIо геннара Кавказан лаьмнаш а дитина, бевзарш, безарш а битина, цхьа а гергара стаг юххехь воцуш, кху махка схьакхаччалц иштта беха некъ бар хIумма а атта-м дацара. Юьхьанца реза ма яцара Язийра, шайн мохк а, шайн нах а битина, Шела а йитина, ШепаIца хIара беха а, кхераме а некъ бан. Дан хIума дацара. ШепаIа, Iусмин юьртан маьждигехь мурдаш гулбеллачохь, шайн шайхана дош деллера хIижрат дан. Цу дашо вихкинера иза. Шен дош лардан, хIара ша бина некъ юха а уьттазза бийр бара цо. Цу сихачу муьрехь ШепаIна а, и санна болчу нохчийн дуккха а мухIажаршна а ца моьттург-м хилира. Делахь а, Язийрас ша йогIур яц шега аьлча, ШепаIа, шайн кIант а эцна, ша новкъавала сацам бар хаийтира. Дог кIадделла, кIантах ца яла кхин некъ а ца карийна, резахилира. Шен Iожалла тIехIотта цхьа бахьана хилла хир ду-кх. Юьхьанца дуьйна дерриге а къахьегар дара цуьнан, пекъар, амма Дала синна тIе ца дуьллу цуьнан лан ницкъ кхочург бен.

Шен бIаьргаш тӀе ши куьг диллина, жимма хан яьккхира воккхачу стага. Эххар а, хаза тамехь вела а къежаш, ша меттавалийра цо. ТIаккха, шен ши куьг а айбина, доIа дира цо:

«Я Аллах! Везан Дела, Воккха Дела, тхо гуш ду-кх Хьуна, Я АллахI, тхо бехке ма делахь, тхо дицделча а, я гIалатдевлча а, тхо кхиош-кхобуш верг Ву-кх Хьо. Ахь тхуна тIе ма йиллахьа хало, Ахь тхол хьалха баханчарна тIейилларх терра, Я АллахI, Везан Дела, хьалхадахалахь тхо оцу балех, гечделахь тхуна».

Шен доIа а дерзийна, вистхилира воккха стаг:

«ДӀагӀо делахь, хан яьлла, вайна ламазан хан тилале, шайн кечамбе».

ХIорш маьркIажан ламаз дина бовлуш, геннара хезаш юьйлучу тоьпийн тата дара. Катоьхна, тапча а яьккхина, мохь туьйхира Абус: «Схьадуьйла! Ас кортош эгор ду шун!» Абун дог кхерамаза хиларх кхийтира воккха стаг, амма шена тусаделлий ца хоуьйтуш Iийра. Iадийча санна, хьалаиккхира Абу.

Воккхачу стага элира:

«ЛадогIа кIант, сих а ца луш. Собардехьа жимма. Хилларг хIун ду ца хууш, воьхна, дIа ма хьада».

– Iу-у-ут! Iу-у-ут! – олуш, ша-шена голашна тIе буй а тоьхна, тапчанах кадетташ, элира Абус: – Валлалц иштта даа дезаш дуй-те хIара дуьне?

Воккха стаг: Цкъа собардехьа...

Абу: Цхьана тешнабехкана кIел нисбелла ма хилахьара уьш!

Исраил: ХIунда боху ахь?

Абу: Ванах... Ма хьебелла уьш?

Исраил: Хьайн накъостий бохий ахь?

Абу: Дера боху.

Воккха стаг: Са ма гатдехьа, Дала мукъалахь, хIумма а хилла хир дац.

Исраил: Дера хIета!.. Уьш вайна тIекхаччалц хьо Iийр-м вац! ДIахьажал, дIо тIай долчухьа! (Цигахь схьагуш бара кхеран накъостий)

Абу: Ва Дела, хастам бу хьуна!

Воккха стаг: Хьажал хьайна, сихалла дика яц ишттачохь, собарх ваьлча а ца хуьлу стагах къонах. Нийса бохий ас?

Абу: Дера, нийса-м боху!

Хи чу Iоьттича дахчалуш долу цIийделла болат санна, шелвеллера Абу.

Корта хьала а айбина, лен велира воккха стаг:

– Массо а хIума цхьана хорша дерзийна Ӏаш болчу нахехь стохка а, лурчах а ялташ цахилар бахьана долуш, мацалла хIоьттина. Ткъа мацделла адам сонта хуьлу. Акхаралле дирзинчу адамашна ги йоьхкина ларчаш язло. ХIокху доккхачу дуьненахь, бен дац хьо нохчи хиларх я Iаьрби хиларх, коьртаниг собар ду, ша Делан лаамашна муьтIахь хилар гайтар ду, цу кепарчу Iиттаршка вай дохадайта йиш яц вайн. Уьш а, Дала мукъалахь, нийсачу некъа тIе боьрзур бу. ХIинца цаьрца девне вийларх, хIун нислур ду? ХӀумма а нислур дац.

Абу: ХIинца ахь бохучуьнга ладуьйгIи-кх оха, пайда а ийци, амма и карзахе ойла дIаяла ца туьгу сан коьртера. ХIинццалц айса дуьнен чохь яьккхина хан, кху дийне кхача гIерташ яьккхича санна, хеталора, Веза хинволу Дела, Ахь ницкъ а, хьуьнар а лохьа тхуна и декхар дIакхехьа!

Воккха стаг: ХIей, дукхавахарг! Кхин Iойла дац. Хlораммо а: «Со цахиларх, сан метта цхьа кхин хир ма ву», – бахахь, цунах гIуллакх хир дац. Цундела, хIораммо а къахьоьгуш, декхар кхочуш ца дича, мегар ма дац. Массо хила ма веза декхарийлахь.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика