Хала а, атта а цхьа къуьда латийна

PDFПечатьE-mail

Алиев

АЛИЕВ ГӀапур

 

***

Хала а, атта а цхьа къуьда латийна,

Цхьа кехат карийна, карийна къолам,

ДIайижа кечъелла ойла а гIаттийна,

Дехачу дийно мел гайтинарг кегийна,

Дерриге дуьне шен долалле далийна,

Цхьа миска миска ву наб яйна Iаш.

 

 

Ша воцург, массо а барамца нисвина,

Шен доцург, массеран карийна гIалат,

Массо а хаттаршна жоьпаш а кечдина,

Шен йоцург кхечеран харцо а иэшийна,

Шегахь ю моьттучу бакъоно Iехийна,

Цхьа йоккха харцо ю наб яйна Iаш.

 

ХIаваэ хIаваан тIемаша айина,

Дицделла мел лайнарг, ширбелла бохам,

Са цIандеш, син къахьо могIане ерзийна,

Дерриге долуш дерг луъчуьнца хийцина,

Яхьийнчу ойлано бералле воссийна,

Цхьа воккха пекъар ву наб яйна Iаш.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика