Бешин чаккхе йоцу хаттарш

PDFПечатьE-mail

af42cec06e1430b635a3da3a74e00bc4

ХАСИЕВ Ахьмад

Бешин чаккхе йоцу хаттарш.

 

– Беши, вало, вайн гомаш МӀалов цӀа йогӀий а хьожуш, эвлайисте волу вайшиъ, – элира, шена дукхавезаш волчу кӀентан кӀанте дедас. Ченала керчийна чайтаӀ санна, сарралц ловзуш лелла, модех вуьзна волу кӀант, хазахеташ, цӀалга а лелхаш, юххе хӀоьттира.

– Воккха-Дада, ахь со вайн МӀаловна тӀе хоуьйтур вуй? 

– Дера ву, барзах схьадаьлла кӀеза ду сан кӀант – аьлла, хастийра Беши воккхачу стага, – стенна а тӀехаа а ваьхьаш, майра кӀант хила везаш ма ву хьох.

Беши, дукхавезаш, юххе ийзавора дедас. Амма цуьнан чаккхе йоцчу хаттарша кӀадвора иза. Гуттар дала жоп ца хуьлура я хилча а, и кхетош, ша муха ала деза а ца хууш, вуьсура.

 

Малхбуза-хан яра. Кхаш тӀера цӀа оьхуш нах гора. ДӀаховжа тӀаьхьайисина къийгаш хезара стиглахь екаш. БӀаьстенан юьххьехь хьаьжна малх, дийнахь къегий, дог хьастахь а, латта башха дохда ца кхуьура. Ӏаьнан дӀаялаза йолу шело хаалора.

Лаьмнийн регӀа тӀехьа дӀалечкъаш санна, меллаша гучураболучу малхе а хьаьжна, Бешис хаьттира:

– Воккха-Дада, и дӀо малх, регӀал тӀехьа баьлча, стенга боьду?

– Малх ма бац и гучураболург, вайн дуьне ду малхана гонаха хьийзаш, шарахь цхьа го а боккхуш. Цундела вайна малх къайлаболуш санна хета.

– Малх дӀабуьзча, буьйса муха йогӀу тӀаккха?

– Дера йогӀу, аш шаьш ловзучу хенахь мийра тоьхна, хьийзаш йоьду  буьрка санна, ша-шена гонаха а хьийзаш дуьнено малхана готуьйсу дела. Иштта, цо малхана букъ тоьхча хӀуттуш долу ӀиндагӀ, вайна йогӀуш йолу буьйса ю-кх. Вайн дуьнено ткъе деа сохьтехь ша-шена гонаха боккхуш бу цхьа го.

– И малх дуьненна генахь буй, Воккха Дада?

– ЭхӀ, хӀинца хьо кхетош, и муха ала-те ас? – ойла йора дедас.

– Ӏилманчаша дийцарехь, юккъерачу барамехь цхьа бӀе а ахбӀе миллион чаккхарма генахь бу. И мел ду хаьий хьуна, сан жима «ишколан дешархо»? – элира, вела а луш, дедас. Юха, лаьттах гӀаж хьокхуш, яздо: хӀокхунна (Ӏ50) тӀехьа ялх ноль йиллича, хуьлу-кх иза. Кхетий хьо?

– Ца кхета.

– Кхетар ву, ишколехь ахь дика дешахь. Сарралц ловзуш ца лелаш, цӀахь Ӏамо елла урокаш а Ӏамош, хьехархочо аьлларг деш хилахь. «Дешар – серло, цадешар – бода» – олуш хезний хьуна?

– Хезна. Тхан ишколан пена тӀехь даккхий элпашца яздина ду-кха иза.

– ХӀай-хӀай, бакъ боху, сан кӀант-м, хьаха, ву кхеташ!

Иштта, хӀара шиъ эвлайисте ваьлча, бежа дуьхьал баьхкина кхин а нах бара: гӀаш, вилспеташца а, кӀеззиг белахь а, машенца веанарг вара. Говрахь, юххе а хӀоьттина вогӀура бежӀу, могӀабинна богӀура бажа, чан а гӀаттийна.  Бежах къаьхкина гучуйовлу сагалматаш лоьцуш, гонаха хьийзаш алкханчаш а яра.

Юьрта кхаьчначу бежнийн  Ӏехар мелла а совделира, шай-шайн эсий тӀекхойкхуш, болар а чехко делира. Воккхачу стеган хьайбанаш гучудовлуш дацара. Цо тӀаккха: «МӀалов, МӀалов, МӀоъ», – олуш, кхайкхира гомаше. Воккхачу стага а, цуьнан МӀаловс а, хьалха гинчо маршалла хоттуш санна, олуш дара и «МӀоъ». Цхьана коьллашна тӀехьара ден аз хезча, лаккха корта хьала а айбина, «МӀоъ», «мӀо-о-оъ» аьлла, тӀееана, воккхачу стагах хьекхалора гомаш.

– Хьо мичхьахула лелаш ю? Дада ца гуш Ӏа хьо? – бохуш, гӀаж а хьоькхуш, хьоьстура МӀалов воккхачу стага.

– «МӀоъ, мӀо-о-оъ» – бохуш, корта раз а бохуш, лаг дахдой, ша хьоьстуьйтура гомашо. ТӀаккха, кхунна тӀе а гуллой, шен-шена гӀаж хьакхийта лууш, юххе гӀертара дуьхьарг, бугӀа-кӀорни а.

– Схьайола, схьайола, хьо а ма ю дадин дуьхьарг! Схьайола хьо а, дадин бугӀалг! – хьох а ма ю йоккха бугӀа хила езаш.

– ХӀахӀ, хӀинца тоьур ду, яло цӀа, божли чохь а хьоьстур ю шу! – олий, дада дӀаволало. Кхин чехо а ца оьшуш, нана-гомаш хьалха а йолуш, важа хьайбанаш цунна тӀаьхьа а хӀуьттий, цӀехьа буьйлало уьш.

– Воккха Дада, МӀаловна  со тӀехаавехьа.

– Схьавалол, гӀо а деш, тӀе а хаавой, охьа ма кхеталахь, хьожуш хилалахь – олий, кара гӀаж ло воккхачу стага.

– Воккха Дада, хӀара дӀаядарна кхоьру со.

– Ма кхера, суна юххера а яьлла йодур яц МӀалов. Ядахь ас схьалоцур ву хьо.

– ХӀара гомашаш муьлхачу махкара ю, Воккха Дада?

– Дера ю Индера. Инди юьйцу хезний хьуна?

– Дера хезна! «Бродяга», «Зита и Гита» кинош ю-кх индийски, со Хедица а, бабица а хьежна.

Иштта кӀанта жоп делча, хазлой, велало воккха стаг.

– Ю дера, ю дера цу Индехь яьхна ю-кх и кинош а.

– Уьш хи чу йийшина хӀунда Ӏа Вокка Дада?

– Шу, бераш, хӀунда Ӏа, малх бохбелча, хи чохь луьйчуш?! Шуна санна, гӀушлакхе кхаьчна малх бохбелча, шайн догӀмаш шелда лаьа-кх царна а. Хи чохь са а дукълой, царна тӀелетта веччалгаш охьаоьгу, тӀехьахаеллачу нитӀало дегӀ малхехь шийла а латтадо.

– Цундела хуьлу уьш, хоттах а юзий, ежаш?

– Хуьлу дера!

– Воккха Дада, суна гомашан шура вайн аьттан шурел а дукха ма еза.

– Бехк а бац езарх, гомашан шура аьттан шурел шозза хьена хуьлу, цундела тӀо алсам болу цунах. Ӏай аьтто ца юуш йисина хьаьрдаш юу гомашо, эрз а дукхабеза цунна.

– Вайн бежнаша царачул  шело дика хӀунда лов?

– Дера лов, бежнаш дукха ширачу заманахь дуьйна вайн Кавказехь а, Европехь а даьхна дела. Акха сту, тӀаьххьарниг, вуьрхӀитталгӀачу бӀешарахь Европехь бийна, боху, адамаша. Говраш а яра, ма боху, ши-кхо бӀешо хьалха  пана аренашца ежаш гуш. Вайн махкахь-м дукха хӀуманаш хиллий хьалха заманахь: сеш, цӀоькъалоьмаш, буланаш, гӀургӀезаш, гӀарагӀулеш а. Уьш хӀинца наггахь бен ца хаало. Адамаша, ца кхеташ, церан цкъа а хӀу довр дац моьттуш, царах цхьаерш хӀаллакйина-кх. ХӀинца шун чкъуоро ларйийр яцар-те уьш. Цкъа хьалха, халла дийна йисинарш яйар сацо дезар-кх. Нохчийчоь-м цхьаъ бен яц, цуьнан доладан цхьа-м вогӀур вац, вай ца дахь. Хьо жима ву, хьо хӀинца а кхета ма-везза кхетар вац цунах.

– Со-м кхета хьуна, Воккха Дада. Ас сайн доттагӀчуьнга ширдолаг ца лелаяйтира, олхазарш, пхьидаш яйича, къа хуьлу аьлла. Ахь иштта ца элира соьга, Воккха Дада?

КӀанта иштта жоп делча, цецваьлла, цуьнга а хьаьжна:

– Элира, хьанора! Хьо-м кхеташ хилла, дадин берзан кӀеза ду и – аьлла, хьаьстира кӀант.

– Воккха-Дада, барзах схьаяьлла хӀума юй, тӀаккха?

– Вай, ю дера! ДӀо вайн бежаӀуьнан Барза ду-кх барзах схьадаьлла. Ахь хьайца дӀадижош кхобуш долу «Пипи» а ду хьуна вайн эрзашца а, хьаннашца а дехачу акха цицигах схьадаьлла.

Иштта, Бешин хаттарш чекх ца довлуш, хабаре ваьлла хӀара шиъ даьхница сихха цӀа кхечира. Кхарна дуьхьал кӀетӀа яьлла баба а яра. ЦӀенна юххе кхочуш, шен кӀорни Ӏоьхуш хезча, мӀо-о-оъ аьлла, цунна тӀекхача дӀаеддачу МӀаловна тӀехиъна волу Беши, ши ког ирх а болуш, охьавужуш, воккхачу стага, катоьхна, халла схьалецира, ша а халла ирахь а вуьсуш.

Кхераеллачу бабин, ши бӀаьрг а къаьрзина, гӀовгӀа яьллера:

– Вай, устазаш…, вай, елла яла со дела-Ӏ… бохуш, тӀе ма-кхоччура, шен карара сара кӀентан настарх туьйхира бабас,

– ас вуьйр ма ву хьо, со тӀекхачийта ахь хьайна! – аьлла. Гомашна тӀехаа хӀума ю хьо, кхорбӀеллигал бен воцу!

– Баба, Баба-а, гомаш хохкуш мел хаза дара хаьий хьуна? – бохуш, дӀауьдура кӀант.

– Хьажахьа! – къарвалар и ду-кх, – бохуш, гӀаж лестайора Бабас.

Воккха Дада воьлура:

– Ӏадвитахьа, Ӏадвитахьа кӀант, цхьацца хӀума а лелош, стаг хила везаш ма ву цунах!

– Къанвелла, иэсах телхина хьо а, хьекъал доцу и кӀант а – цхьатерра ву шуьшиъ, – бохуш, гӀаддайна, елаелира Баба.

– ДӀа керта вала! Седа ю сахьийзаш, хьо стенга вахана бохуш цӀийзаш, амал а дайина, Ӏаш, – элира бабас.

– Ю тов? Дадин йоӀ цӀа еана? Схьагайтал, схьагайтал! – йоккха хиллий Седа?

– Воккха Дада, – олуш, тӀейоду Седа.

– Ядалахь! Ядалахь! Э-э, дукха яха хьо. Дадин йоӀ яц иза?! – олий, мара а юллий, хьала а ойбий, – оццул йоккха хилла хьо? – бохуш, хьоьстура ненан дас

– Воккха Дада, Воккха Дада, суна эшар лакха а ма хаьа.

– Ва-а, и хӀун ду ахь дуьйцург? ДӀалакхал цкъа хьайн керла эшар!

Ша дечух йоккха а еш, ненан дега а хьоьжуш, дӀалокху Седас шен йиш:

                   Стиглахь седарчий ду,

                   Царна юкъахь цхьа седа бу.

                   Иза бу массарал хаза,

                   Цуьнан цӀе ю «Седа».

 – ХӀай-хӀайт! Гора тоделла гӀуллакхаш яӀ-кх! И-м, Седа, айхьа-хьайна локхуш йиш ма ю, – бохуш, буьйлура воккха стаг, баба а.

Буьйсанна Бешин луларчу накъосташа Бауддис, Мусас олу:

– Вай, лаьхьанах тарьеш, чилланан пазат чу ча а доьллина, такхо еза. Мел чӀогӀа кхерало хаьий шуна цунах нах! – элира Мусас. Беши хьо вогӀий?

– Дера вогӀу!

СаламугӀар болчу агӀор, некъал дехьа, «лаьхьа» а биллина, сехьа, Дадера тӀехьа, кевна кӀелхула, тӀийриг яьккхина, дӀатийра бераш.

– ГӀовгӀа ма елаш, цхьаъ вогӀуш ву шуна.

– Мила ву?

– Ца хьаьа, цхьа стаг ву.

– Муса, озае, озае меллаша, тӀекхочуш ву хьуна!

Шена хьалха «лаьхьа» нисбелча, кхоссалой, цхьа-ши метр тӀехула оьккху вогӀург. Бераша хала сатуху, дела ца луш. Дехьо а дӀаводий, шина а куьйгахь кибарчигаш а йолуш юхавогӀу, шеца кхин цхьаъ а волуш. Цуьнан озах берашна вевзира «Бокс» секци лелош волу Вадуд.

– ХӀокху меттехь бар-кх иза, мел боккха бара хаьий хьуна?! – бохуш, дуьйцура Вадуда. Мел боца а ши метр бара иза. (Пазат-м ма яцара метр а).

Юххерачо, ша а ларлуш, бохура:

– Хьожуш хилалахь, катухий а ца хаьа хьуна цо.

– Катохале-м, ас хӀара кибарчиг тоьхна, тӀекӀелъоьккхуьйтур бара иза.

 – ДӀо бу хьуна!!! – ТӀетоха!!!

Вадуда кибарчигаш тӀетухий, боь «текхарг». Дикка хьаьвсича, шаьш бийна «текхарг» пазат юй хаьа царна…

Тебна Ӏаш волу Муса, «хи-хиъ» олий, велало. ТӀаккха тебна Ӏаш долу бераш, хала садетташ долу, дийлало. Вадуд хиллачух дикка кхетта валале, лула керташкахула довдий, къайладовлу уьш.

– Цкъа сабар де аш, «шпана», ас хоуьйтур ду шуна, со тӀекхачахь! – бохуш, тӀаьхьа буй лестабора Вадуда.

И дӀавахча, бераш гӀаддахана дуьйлура:

– Баудди, гирий хьуна и дӀакхоссалуш? – гай а лаьцна, вуьйлура Муса.

– Дера гира! Ши кибарчиг ма сиха а карийра цунна!  – бохуш, лаьттах керчаш, воьлура Баудди. И тхан да волчу сакъера а вогӀуш, вайн гергара ма ву, цӀахь хаахь, могуьйтур дац суна, цхьангге а ма дийцалаш.

– Довла, сиха лела, цхьа-ши зуда ю йогӀуш! – элира, сихонца хьалаиккхинчу Мусас. Беши, пазат охьайилла шен метте.

– Уьш тӀекхочуш ма лаьтта, кхуьур дуй-те?!

– Кхуьур ду, чехкка охьайилла!

Некъал дехьа пазат охьа а кхоьссина, бераш ӀапашагӀеран гӀопана кӀелдӀахула тӀийриг схьаозийна бовлушшехь, ши зуда тӀекхечира.

– Муса! Озае, озае чехка! – аьлла, схьаозийна «лаьхьа» шина зудчунна когех а хьакхалуш, нийсса кӀела нисъелира. Цхьаъ, йоккханиг, «пах» аьлла дог а малделла, охьаяхара, важа некъан бохалла дӀаедира, мохь а хьоькхуш:

– Вай! Орца дала…, орца дала!!! ЯйаагӀеран кертара ара а баьлла, ӀапашагӀеран керта баха шуна!!!

Юьхьанца доьлуш Ӏаш долу бераш, кхераделла, девдда цхьанхьа левчкъина, дӀатебира. Амма Ӏуьйранна, мухха делахь а, гучудевлира. Важа ши зуда – лулара Забаъ а, цуьнан йоӀ Зараъ а хиллера.

ТӀегулбеллачу зударша Зараъ халла меттаялийра:

– Вай, и лаьхьа бацара, хӀай! – харцахьа лелаш, бераша дӀаозийна пазат яра!  Вай, елла ма яла хьо, ахь хӀун до, оццул холчу йолуш?! – бохуш, гонаха хьийзара зударий.

Бешина нанас дов дира, жимма бишка а тухуш, «кхин дийр дац» аьлча а ца вуьтуш.

– И еллехь, хӀун дан воллур хьо, Ӏовдал? – бохуш, Забаина хьалха чӀогӀа юьхьӀаьржахӀоьттинера нана.

Воккха Дадас, ша а берашна оьгӀазваханехь а, зударшка элира:

– Дукха чуьра ма довла шу а! Божабераш харцахьа хуьлуш хуьлу. Кхетош ала. Ишттаниг кхин ма де ала. Нагахь дахь, могуьйтур доций хаийта. Схьа чу кхайкхал иза!

НеӀаре дӀахӀоьттира кӀант. Шаьш динарг нийса хӀума доций хууш, корта а оллийна Ӏара.

– Дикка ладогӀал, кӀант, соьга, аш динарг къонахчуьнгахь товш хӀума дац.

Буьйсанна таба а тебна, некъа маьрша богӀу зударий кхерабар, нахана дуьйцу хезча а, эхь долуш хӀума ду.

– Къонах хила лаьий хьуна?

– Лаьа, – аьлла, меллаша жоп делира кӀанта.

– Зударшца а, мехкаршца а къуьйсучух, декъазнаш а, шел гӀийланаш а хьийзочух цкъа а къонах хир вац. Къонах, церан гӀо лоцуш, церан доладеш, хила веза. Кхийтин хьо?!

– Кхийти, – олуш, корта ластийра Бешис. Юха цӀаьххьана самаваьлча санна, дедега а хьаьжна:

– Воккха Дада, со берашца нехан бешара стоьмаш лечкъо а ца вахара хьуна!

– ХӀай-хӀай! Мегар дац! Къола дан а мегар дац, и хьарам хӀума ду, цунах ийман-беркат а хир дац. Вай дайшкахь а ца лелла цкъа а, цхьа а къола деш…

БӀаьсте яьллера. Ӏаламан уггаре хаза, самукъане хан ю иза. Массо а хӀума самайолу, гӀа-патарш деллало. Бес-бесара зазадаьккхина стоьмийн дитташ, хаза кечдина дӀахӀоттийначу нускалх тарло. Чохь са мел долу хӀума, дуьненах ца Ӏебаш, шен ирсах йоккха юьйш санна, хета. Олхазарш шайн махка юхадоьрзу. Царна бенаш дан а, бешахь дитташ кхада а, гонаш ахка а, бӀаьстенца хьаьжначу бовхачу малхехь дог догӀу, дегӀ а дайло.

Воккхачу стагана, шен МӀалов санна, массо а садолу хӀума а дукхаезара. Шена а хууш, зингатна а зен дийр дацара цо. Чохь садолуш санна, стоьмийн дитташ а хьоьстура цо, цаьрца къамел а деш.

Херх, жӀов лелош, аннаш хедош пхьоладеш волчу дедена тӀехӀутту кӀентан кӀант:

– Воккха-Дада, хьо хӀун деш ву?

– Дера ву, сан кӀант, олхазаршна бенаш деш. Схьавоьл, суна гӀо а деш, юххехь сацал.

– Ас дитташна тӀе уьш дӀакхазош, хьуна гӀо дийр ду.

– ХӀай-хӀай, дадин кӀант-м ю хирйолу хӀума.

– Воккха Дада, и бенаш царна шайна дан ца хаьа?

– Хаьа, ВаллахӀи, дукха хаа-хууш-м, шена меттигаш хилча-м. Вай, адамаша, массо а меттиг аьхна, хьаькхна, дуьне гатдина-кх царна. Ур-атталла, тхевнаш чохь бенаш дан-м ца дуьту, шифаршна кӀел тӀелхигаш теӀош. Бошмийн, хьаннийн а йиш ма яц уьш доцуш, зуламе сагалматаш хӀаллак ма йо цара.

– Лаьхьарчий-м ма дац пайденна, царах адамаш кхера ма кхоьру, – элира кӀанта корта охьа а таӀош.

Воккхачу стага, вела а къежаш:

– Хьан боху иза? Дера ду-кх, и олхазарш санна, пайде-м. Ӏаламехь эрна кхоьллина хӀумма а яц, цхьа зӀе санна, вовшахйоьзна ю Дала мел кхоьллина хӀума. Цхьацца туьйранаш тӀе а кхуллуш, цу лаьхьарчийн хӀу дойуш лаьтта-кх кху дуьненна чуьра.

– Воккха Дада, вайн уьйтӀара бена чохь Ӏийна, вайн хаьшталг цӀа догӀур дуй?

– Дера догӀур ду-кх, чӀегӀардигаш санна, ша бинчу бена чу, новкъахь дала ца лахь-м. Адамашна санна, шайн мохк беза-кх царна а.

– Цундела лоькху цара, бӀаьстенан юьххьехь вайн антенна тӀе а, дитта буьххье а ховший, эшарш?

 Воккха стаг, кӀантана коьртах куьг а хьокхуш, велало.

– Дера локху. Цундела а локху, шен нускал лоьхуш, цунна ша цӀа кхаьчний а, мичхьа ду а хоуьйтуш, и тӀекхойкхуш а, ма лоькху. Гиний хьуна ловзаршкахь кегийраш, хаза кечлой, хелхабуьйлуш, эшарш лоькхуш а?

– Гина.

– Хьуна хаьий хелхавала?

– Хаьа.

– ХӀа-хӀа, валал дадина цкъа хелха! Шен карара хьостам, жӀов охьа а юьллуш, куьйгаш тоха волало деда. Дак-дак-дакка-дарга, хӀорс-тоъ, хӀа-хӀа!... КӀант, ши куьг ойбуш, гуотоссуш, «асса!» олий, хелхаволу. Чан ойбуш бохь бугӀий, лаьттах гола а тухуш, воккха дадас ши хьажо пӀелгаш хьала а хьажабой «бӀов» – олуш, чекхдоккху хелхар. Деда, кӀант мара а вуллуш, гӀадвахана, велало.

– Де ма ека хьан, дадин кӀант! Хьуна, воккхахилча, уггаре а хазаниг нускал далор ду-кх дадас!

Бабас мохь туху:

– ХӀей, шуьшиъ жинашца тайна-м вац?! Аш хӀун до? Нах кхардош, гӀовгӀа эккхийтина воллу шушиъ!

– Оха лелочух тхойшиъ бен кхетар вац, – бохуш, воьлура воккха стаг.

– Воккха-Дада, оха дехьара урамера, зуда йоцуш волчу ЦӀоккина локхуш эшар ма ю.

– Вайъ, ю тов, дӀалакхал муха ю хьовсий вай!

         Цкъа а цӀера ваьллий хьо?

         ЦӀийнан маьӀиг йоьхний хьан?

         Цкъа а зуда еддий хьан?

Зудчунна тӀаьхьа веддий хьо?

Вехха вуьйлура воккха стаг, и хазлой. Вай, аш и лекхча, ЦӀоккас хӀун дира тӀаккха? – воьлучура ца сацалора деда.

– Тхуна тӀаьхьа-м ца ведира иза. Вела а воьлуш: «Цкъа со тӀекхачийта аш!» – аьлла, пӀелг ластийра-кх.

– Мегар дац, мегар дац, – воьлучура саца а соцуш, бохура дедас. И воккха ву шул а, воккханиг лара веза. Воккхачунна тамехь йоцу забарш ян а ца еза.  Стеган бакъйоцу цӀе яккхар а ду къилахь.

Мегар дац! Кхийтин хьо?

– ХӀаъ, кхийти.

– ХӀинца, ламазан хан хуьлуш ю, со чувоьду, хьо паргӀат хила. Урокаш йиний ахь?

– Йина.

 – Дешарна ледарло ма елахь, дешна воцу стаг кхетар вац дуьненах, дешна хилча а кхета хала хӀума ю хӀара дуьне.

Шен суьйре еш Ӏаш, бабас олу цӀийнадега:

– Вай, и кӀант жиманиг ву бохуш, дукха хӀума магийна, качвина моьттуш ю со.

– И моьттуш-м со а ву. И дукха цӀуьзий-те бохуш, воккха хуьлу-уш Ӏемар вац-те бохуш Ӏа-кх.

– Воккас, гӀеххьа цхьа тӀара а тухуш, човхийра и, со юкъа а ца гӀерташ ӀадӀийра, жимма кхетар вацар-те аьлла.

– ХӀа-хӀа, армера цӀавеанчун собар ца тоьи?! Ас, дукха чуьрадовлий, ма чехаве ца аьлла шуьга?!

– Оцу шен йишица, тӀассаш къуьйсуш гӀад-амал дайина-кх цо.

– Ӏумара хӀун бохура тӀаккха?

– Воккас, цуьнан цӀийзар, велхар кӀорда а дина, тӀара а тоьхна: «Цкъа а стаг хир вац хьох! Суна хьо кхин воьлхуш ма хазийталахь! ХӀара хӀун ду суна, йоӀаца тӀассаш къуьйсуш, вай-вий, вай-вий. Сан доттагӀчун жимахволу ваша, и цӀа вогӀуш дуьхьал а волий: «Мохьмад, со тахана велха а ца вилхира хьуна» – бохуш Ӏа, ткъа хьо хӀун лелош ю, пис хьо ма-ярра йолу!» – элир-кх.

Жимма ойлаеш Ӏийна, воккхачу стага чукхойкхуьйту Беши.

– Схьавоьл цкъа Воккха Дадина юххе чӀепӀалгаш даа. Доттал тхойшинна шура тоьхна чай. Дийцал, Беши, тахана стенах левзира шу?

Оллавелла, эхь хеташ, кхоьлина вара кӀант, дагахь цхьаъ долуш, цхьаъ ала лууш санна, корта хьала а ца ойбуш, жоп делира:

– ТӀамех ловзуш дар-кха.

– Дара… тӀамех ловзуш! – элира бабас, массо котам, эса а къахкийна, сан бешара хаьснаш хьоьшуш, харцхьалелаш дар-кх! Суна шу кхин бешахь ловзуш гахьар-кх!

– Собардел, собардел цкъа! – элира дедас, кӀанте а хьожуш; дехьа агӀор, сехьа агӀор а болчеран цӀераш хӀун яра шун?

– «ГӀазкхий» а, тхо «боевикаш» а дар-кх.

– Дара? Тола муьлхарш туьйлира?

– Тхо туьйлира-кх. Уьш къарцалор-кх, шаьш тоьлла бохуш.

 Воккха стаг цхьа гӀайгӀане велакъежира.

– Хьажахьа, хӀокху тӀаьххьара хиллачу тӀемаша бераша тоьхку цӀераш а хийцина-кх. Тхо кегий долуш, красныйнаш, белыйнаш олий, декъалора. Тхол тӀаьхьа долу чкъор, фашисташ, советскийнаш хуьлура. Сибрехара цӀадирзинчул тӀаьхьа индейцаш, бледнолицыйнаш олура. Маржа тӀемаш яӀ-кх, ма вайна ца оьшуш коча баьхкина баланаш бу-кха шу!

– Воккха Дада, – элира Бешис, цӀаьххьана вистхилла, деден ойланаш а йохош, – со кхин цкъа а воьлхур вац!

– Меллаша елаелира Хеда.

– Вий, бабина виса хьо, хӀинца оха ма садоӀар ду… – къежира баба.

– Аш собардел цкъа! И муха элира ахь?

– Со кхин цкъа а воьлхур вац боху-кх, Воккха Дада. Къонах воьлхуш ма ца хуьлу.

– ХӀай-хӀай, сан Беши-м, хьаха ю, хирйолуш хӀума! Барзах схьадаьлла кӀеза ду иза! – элира дедас, кӀантана белшах куьг тухуш, воккхаверца. Ма велхалахь, къонах, мел боккха буохам тӀебарах, велха а ца веза, мел доккха дика тӀе-дарах, ирхлоьлхуш цӀогӀаневоьлуш хила а ца веза. Вайн дайша олуш хилла: «Къонах дика а, вон а цхьатерра ловш хила веза». СагӀа доьхуш, нехан рицкъанах хьоьгуш хила а ца веза нохчо. Вайн заманахь юкъ-кара ган-м го уьш, гӀаддайна хир ду-кх церан, кхин вист ца хуьлуш, дӀасецира воккха стаг,  корта жимма охьа а таӀош.

– Воккха Дада, ас тӀассаш Хедина дӀаделла, кхин дуккха а керланаш лахьор ду.

– Машшалла, хӀинца кӀант хуьлуш воллу-кх хӀокхунах! – Беши мара а вуллуш, дуьйцура бабас: Цхьа хаза назма ю олуш, къемат-дийнахь, барт хоттуш, вашас, шен къинойн мохь айба ца ло-кх аьлла, гӀо доьхур ду. Дас, нанас, вашас эр ду цуьнга: «Веза-м ма везара шена хьо, гӀо дан а ма лаьара хьуна, хӀара тхайн къинойн мохь ца айбалуш ду-кх тхо». Ткъа йишас, ойла а ца еш, вешин къинойн мохь, шечуьнца белшаш тӀе буьллур бу. Таккха, Жабраил малик Далла тӀехьодур ду, дехарца, иштта-иштта жоьжахате боьдучу новкъа даьлла йиша а, ваша а, уьш цига ма бахийтахьара аьлла. Дала, тӀаккха, шена дукхадезаш долчу Жабраил маликан дехар кхочуш а деш, уьш ший а ялсамане дохуьйту. Къемат-дийнахь вешина орцах ер ерг йиша  бен яц. И оллушехь, баба бӀаьрхиш дӀадаха хӀоьттира. Воккха Дада а, кепа тоьхча санна, вист а ца хуьлуш Ӏара…

– Вай халла цхьана тӀамах девллера, хӀинца а цхьа хӀума хила доллий-те, моьтту суна. Вайна чуетта йолаяр а лаа дац. Суьйренца чутохале цӀенойн ларми чу довла цӀахь хилалаш. Беши, даьккхина дечиг дуй цу чохь?

– Ду.

– Хезий хьуна, йоккха стаг, бепиг, сискал-хӀума а кийчча хилийта, тӀом тӀом бу, хиндерг Дела воцчунна ца хаьа.

– Воккха Дада, сийсара чутоьхначу ракеташа КулсумагӀеран тхов аьттера. Тхо хьовса ма даханера. Ас а, Болата а «осколкаш» лехьийра цигахь.

– Хьайн гӀуллакх доцчухула ма лелалахь, бабас сара беттар бу хьуна!

– Цигахь дуккха а нах бара гулбелла, – шениг дуьйцура Бешис.

– Вайн бежнаш цӀадахказа а шолгӀа кӀира ду, – доккха са а доккхуш, дуьйцура воккхачу стага. Эвлайистехь «БТЭРаш» ю, бохура, лелаш. Сайн МӀаловх вала воллий-те, моьтту суна со. ТӀехьара ши гӀогӀ дӀа а хьуш, дайина бежнаш хуьлу, бохура, арахь Ӏоьхкуш.

– Кхин яа хӀума йоцуш буьсийла уьш… – Ӏен а цаелла, сардам боьллира бабас.

– Воккха Дада, со уьш цӀа дало ваха мегий? МӀаловна тӀе а хиъна вогӀур ма вара со.

– Ас вуьйр ма вара хьо, оцу агӀор вахча! Даьхни, вайна доьгӀнехь, цӀа догӀур ду, вайна хӀумма а ца хилчхьана, – сихха элира бабас.

– Бажа а баьржина лелаш бу, Ӏу воцуш. Уьш лардеш лелаш волу Бушта-

миска а, тоьпаш тоьхна, салташа хи чукхоьссина карийна, – Дала гечдойла цунна.

– Бабин елхар иккхира: цхьана а хӀумана гуьнахь стаг вацар-кх и. И хьанна новкъа хилла-те?!

– Хезий хьуна, йоккха стаг? Хьо хӀокху доьзалца лула юьрта яха еза. Вайн юрт дозанехь ю. Нагахь эскар чугӀортахь, берриге а гӀурт кхузара дӀаболалур бу. Со, лулахоша хӀун до а хьожуш, тӀаьхьа вогӀур ву.

– Воккха Дада, ахь со хьайца вуьтур вуй?

– Ахь кхузахь дан хӀума дац, бабагӀеран дола дан а ма веза стаг.

Гуьйре кӀаргьелла хан яра. Ӏаьржъелла, догӀанах охьаӀана кечъелла мархаш санна, сингаттаме тӀебазбелла хаалора тӀом а. Шен доьзалш муьлхачу агӀор бига беза ца хууш, боьхна хьийзара нах. Цхьаберш – ДегӀаста, вуьйш –ГӀалгӀайчу дехьабевллера, Европе дӀаоьхурш а бара. Воккхачу стагана цӀеравала ца лаьара. Карахь хӀума а доцуш, нехан шуьнехула лелачул, цӀахь валар а гӀолехьа хетара цунна. И бохуш йолу йоккха стаг а, резайоццушехь лула юьрта дӀахьажийра. Дела, хьо хӀара гуш ву-кх, ахь динчунна реза ду-кх тхо, инналильлахӀи, ва инналилайхӀи ражиӀун. Иштта, даьссачу цӀа чохь шен суьлхьа а хьовзош, пеша юххе дӀа а тевжина, гӀийла ойланаш еш Ӏара воккха стаг.

ЦӀаьххьана арахь «мӀоъ» олуш санна хетта, айавелира воккха стаг. ТӀаккха ша гомашца «маршалла» хоттуш олуш долу «мӀоъ» элира кхо, дуьхьал жоп лой хьожуш. Ден аз хезна:

– МӀоъ, мӀо-о-оъ, – аьлла, ехха Ӏаьхира гомаш.

ТӀе хӀума кхолла кхуьуш-ца кхуьуш, араоьккху воккха стаг:

– Э-э, дера я хьо могуш-маьрша дела-Ӏ, хьо мичара ели ас дог диллинчу хенахь? Хьажахьа, дисина бежнаш а далийна шеца.

– МӀоъ…, – бохуш, хьекхалора гомаш.

 – МӀоъ, дера, дукха моӀа моӀаш-м. Схьайоьл цкъа, цхьажимма хьастийтал хьо, дада хьуна сахьийзаш ма вара, – бохуш, гӀаж хьоькхура воккхачу стага. Таккха бен тидам ца хилира цуьнан, гомашна тӀехиъна, къажа а къежна Ӏаш волчу Бешин.

– Хьоъ…, хьо мичара вели?

– Со бабех лечкъина, машен тӀера охьа а воьссина, хьоьца Ӏен схьавеъна-кх.

 – Хьий, гаур-яӀ, гаур! – аьлла, цкъа Беши човхо дагахь вола а велла, юха логе шад хӀоьттина, кӀентан кӀант мара а воьллина, вист ца хилалуш висира.

 ШолгӀачу Ӏуьйранна эскар чугӀоьртира. Чуетта йолийначу яккхийчу тоьпийн лелхарш дара юьртан маьӀ-маьӀӀехь гуш, хезаш. Воккхачу стага, дехьо йоккхачу тоьпан хӀоъиккхича, охьа а теӀаш, халла йол тесира бежнашна. Йо АллахӀ! Шуна хӀун де-те ас? – бохуш, ойла йора кхуо шен даьхнин. Божлахь дитича, цхьана хӀоьо дайа тарло шу, арадаьхча, лазорна кхерам бу. Далла гуш ду-кх хьо...

– Во хьанех! – олий, мохь туху лулахочо воккхачу стаге, вай иштта Ӏийна девр дуй те… Вертолет ду дехьа тӀехула хьийзаш, жӀаьлеша даарг, мохь бетташ. Вайна арадовла некъ битина боху шаьш шина сахьтана.

– ХӀаъ, арадовла деза вай. ТӀом беш воцчо дан хӀума дац кхузахь. ТӀамца чувеана салти мера кӀел хьийзо кхераме ву.

Воло, Беши, хӀара «бен» буьйхи вайн…, – элира воккхачу стага, гӀайгӀане вела а къежаш, бежнаш эвлайистехь дӀасалохкуш, лула юьрта доьлху вай цкъачунна.

– Воккха Дада, ахь со гомаш тӀехь воуьйтур вуй?

– Хьий, берзан кӀеза, шек вуй и! ТӀеетташ бомбанаш ца го хьуна!? Хьайн кара гӀаж а эций, тӀаьхьа хӀотта. Юххе хӀоъ божахь, сихха ор чу вижалахь.

Эвлайисте кхаьчча, шу тӀехь севцира хӀорш. Охьахевшина Ӏаш, герз карахь, тӀемалой а бара юьртара а, юьртара боцурш а. Шена вевзачуьнга воккхачу стага элира:

– Шаьш дан дезарг шайна хуур ду шуна… Тхан хӀусамехь мел дисина рицкъ хьанал ду шуна. Ларми чохь лато пеш, даьккхина дечиг, кхалла хӀума а, садаӀа меттиг бу, кхоаяй ма Ӏелаш, пурба дац шуна.

Воккха стаг юьртехьа хьоьжура. МаьӀ-маьӀӀехь лелхарш, йогуш меттигаш гора. Дехьо, стигал Ӏаьршашка хьала кхача гӀерташ санна, хьийзаш, хьалаоьхуш кӀарула Ӏаьржа кӀур а бара. Генадоццуш бомбано дайина кегий, даккхий бежнаш Ӏохкура.

ДӀанехьо ежаш Ӏаш йолчу шен МӀаловх бӀаьрг кхийтира воккхачу стеган. Гомашна, са а хьаьвзина, цо шегара «маршаллин» жоп лой хьажий ша аьлла:

– МӀоъ, – элира дас.

– МӀоъ, мӀо-о-оъ аьлла, лаг дахдеш, корта хьала а айбина, и шен Ӏаьржа ши бӀаьрг а къарзийна, воккхачу стаге хьаьжира гомаш. ХӀокху хуьлучух ца кхеташ, цхьаъ хатта лууш йолуш санна, хеталора иза.

– Хьан мӀоъ-коъ ца хаьа суна, МӀалов, хьайна луъучу дӀагӀохьа, маьрша ю-кха хьо. Суна а ца хаьа, со стенга воьду а, айса хӀун лелор ду а.

– ВоккхаДада, со тӀемалошца бухависа мегий? – элира Бешис.

– ХӀан-хӀа, кӀант, вайшимма биначух тӀом хир бац. «Хьо тоьлур воцу тӀом ма бе», – аьлла вайн дайша. Цкъачунна дӀа ца вахча вер вац вайша. Иза а олуш, кӀента кӀентан куьга лоцуш, юьртана букъ а тухуш, дӀаволавелира деда.

– Воккха Дада, вай юха цӀа догӀур дуй?

– ДогӀур ду-кх, Делора, даланза дисахь-м…

– Вайн цӀенош даьгна хилахь хӀун дийр ду вай?

– Кертахь тоьла а яьккхина, вайн махкахь дехар ду-кх…

– Цхьаберш-м, шайн сал-пал эцна, гена махка дӀакхелхаш ма бу.

– Вай кхелхар дац! – мел боккха тӀом баларх а. Валид Дагаевс олуш илли  хезний хьуна:

Тхан дайша тхоьга  элира,

                                Даймахкахь доцург рицкъ ма дац,

                                Даймахкахь доцург рицкъ ма д-а-ац.

ТӀаьххьара дош дахдеш элира воккхачу стага, гӀаддайна. Шен махкал мерза хӀума дац дуьненахь. Тхо, дӀа а кхалхийна, хьегийна Даймахках…

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика