ЦIеран хьалха

PDFПечатьE-mail

Дагалаева

Дагалаева Малика

 

ЦIеран хьалха

Ма богийла цхьаьннан а безам цIарах...

Безам баьгнарг – дахарна вац пайде.

Чим бу иза, яйна дегайовхо...

Кийра байлой — воцчу волу иза.

 

 

Ма бойла дIа цхьаьннан деган безам,

Шен са дуьзна бу и мерза кхача!

Цуьнан чомехь ойла яц хьан цхьа а,

ХIумма дац хьан дахарехь кхин деза.

 

Худалуш, дIаяйна йолу ало,

ЧIурам хилла, Iийдалуш ю серло.

ДIайойлийца – кхоьллинарг ша дIаян,

Ма бойла дIа вайн безамаш цIарах!

 

***

Дарж а ца деза...

ЦIе а ца еза...

Дахар деза...

Цуьнан сийлалла а!

 

Лаьтта тIе ваха

         веана хилча...

 

Йоккхучу оьмарна

СовгIатна аьлла,

Ас дечу некъийн

Лар йиса яьлла!

 

***

ХIора а дийнан

Къона хан лоьцуш,

Ас цуьнах марзо а оьцу...

ХIора а буьйсанан

Къона хан лоьцуш,

Ас цуьнах дезар а до!

 

Iуьйренаш, суьйренаш

Дуьненчу юьйлу,

Iаламо и даздеш

Самукъадуьйлу,

«Мел башха хилла

ХIара дуьне-Iалам!»

Исбаьхьчу дахарна

Хастам беш Iарна.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика