Нохчийн мотт

PDFПечатьE-mail

Талхадов

ТАЛХАДОВ ХЬАМЗАТ

 

Нохчийн мотт

 

Дуьххьара дош олуш,

Ас, гӀалат вуьйлуш,

Воккхавеш, дуьненахь

Бийцина хьо.

Дог лазош, вилхича,

Со маракъуьйлуш,

Со тевеш, бийцина

Хьо, ненан мотт.

 

 

Тахана цхьамма хьо,

Емалбеш, воьлхуш,

Лазаво, куралла

Ца буьйцуш хьо.

И коча зударий

Шен ненал тоьлла

Хеташ бу цабуьйцург

Шен ненан мотт.

 

Вон деъча, гӀеттина

Вайн Даймохк ларбеш,

Майралла дӀагойтуш,

Хьийзина хьо.

Шовданехь оьздачу

ЙоӀан дог дохдеш,

Мел говза бу бийца

Хьо, ненан мотт.

 

Шовданан зов санна,

Хьо зевне бека,

Нохчичун дог санна,

ЦӀена бу хьо.

Ца вешаш, хьох даха

ГӀалаташ лехахь,

Я бицбахь, ирсдоцуш

Вуьсийла со.

 

ТӀаьххьара кешнашка

Стаг новкъа воккхуш,

Хьо буьйцуш, диканца

Тоьшалла до:

ХӀумма дац кху лаьттахь

Хьох сан догдоккхуш,

Хьо соьга бицбайта,

Сан ненан мотт.

 

Сан дайша бӀешерех

Чекхбоккхуш, луьттуш,

СовгӀатдеш, тӀаьхьенна

Схьабелла хьо.

Дикане я воне

Хьо тхоьца хӀуьтту,

Хьо говза бехийла,

Сан нохчийн мотт!

 

***

Сайн ненан маттахь ас язйо

Сайн хӀора Ӏуьйренан назма.

Сан дахар цу матто хаздо –

Хир яц-кха цул йоккха хазна.

 

Цу маттахь со Деле воьлху,

ТӀом боцу тийналла йоьхуш,

Вела а цу маттахь воьлу,

Кхера а цу маттахь кхоьру.

 

Кху лаьттахь со цуьнца веха –

Ю иза сан ирсан момсар.

Безамах ца во со Ӏеха,

Ницкъ а ло къайленаш йовза.

 

Цу маттахь ас кадам оьцу,

Захало цу маттахь дуьйцу.

Сан ненан мотт бу и оьзда –

Йиш яц и бахамах хийца.

 

Цу маттахь ас оьмар ехна,

Вахана со цуьнца кога.

ДоттагӀий ас цуьнца лехна,

Ца буьйцуш и цкъа а шога.

 

Хьаша а ас цуьнца вохво,

Кхерч латто суй цуьнгахь лоьху.

Схьаэца кхечуьнан бохам

Дахарехь цо суна хьоьху.

 

Ненан мотт, хьо ду сан дахар,

Хьан лазам сайн лазам лору.

Хьо бицбеш, гулбина бахам

Хир бац-кха къоман ирс кхолуш.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика