КАДАМ

PDFПечатьE-mail

58382442 2348554288725315 1961899296550813696 n

 

Боккха эшам хилла нохчийн къоман журналистикина тахана. Шийлачу Ӏожалло къинхетамза катоьхна вайна юкъара хеназа яьккхи Жумалаева Лула. Нохчийн оьздачу мехкарех тоьллачарех цхьаъ яра иза. Ховха нана, муьтӀахь хӀусамнана, хьуьнаре зуда, похӀме журналист, яздархо. Доза доцуш деган комаьршалла яра цуьнца. Дерриге а дуьне маракъовллал халкъе а, махке а нуьцкъала безам бара. Лула хьанала къинхьегамхо яра. 2004-чу шарахь дуьйна цхьана дийнахь балхана юкъара ца йолуш ша кхоьллинчу "Нана" журналехь къахьоьгуш яра Лула. Зорбане баккхале журналера хӀора могӀа, хӀора хьаьрк шен экамчу сица луьттуш, цӀийца лозуш, сирлачу ойланца цӀинбеш хуьлура цуьнан. Цундела дара "Нана" журнал шатайпачу башхаллица къаьсташ, вайна массарна дукхадезаш. Нохчийн къоман журналистикехь мах боцу беркат хилла дӀахӀоьттина дара "Нана" журнал, коьртачу редакторан говзаллин лаккхарчу тӀегӀанехь йолу корматалла бахьнехь. Нохчийн къоман тешаме йоӀ, оьзда зуда яра Лула. Ша схьаяьллачу къоман зовкх деба лууш, хаарийн серло яржош йогӀура иза шен дахаран новкъахь. Амма тахана чекхдевли, белхан накъостийн дегнаш Ӏовжош, цо гездина атта доцу журналистан некъаш. ДӀабай цуьнан къеггиначу похӀмин чиркх, нохчийн къоман журналистика кхолош, иза тӀаьххьарчу новкъа ели, вай тӀаьхьа делхош. Дала декъала йойла хьо, тхан хьоме Лула! Хьайн хӀусамах Веза-Воккхачу Дала йоккхаейойла хьо! Ялсаманин хьаша хуьлда хьох а, тӀаьхьадахка дезачу тхох а!

Аза Газиева

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика