Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана махкахой декъалбира 74 шо хьалха Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тӀам тӀехь толам баккхарца

PDFПечатьE-mail

2

 

Хьомсара махкахой! Даггара декъалдо шу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баьккхина 74 шо кхачарца!

Оцу дийно гойту Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман фронташкахь шаьш-шайн ца кхоош леттачу а, тылехь къахьегначу а вайн махкахойн бохалур боцу лаам а, майралла а, доьналла а, син ницкъ а. Миллионаш дахарш махана дахкарца ницкъ кхаьчна фашизмана тIехь толам баккха, мокхачу уьнах вайн сийлахь мохк ларбан.

 

 

Республикехь дозаллица дагалоьцу Советийн Эскаран могIаршкахь тIемаш бина махкахой. Дуьненан шолгIачу тIеман коьртачу дерриге а тIеман тасадаларшкахь дакъалаьцна цара, Брестан гIап ларъярна тIера дIабуьйлабелла, Рейхстаг схьайоккхуш тIелатар дарца чекх а бовлуш. Цара йоккха хазна юкъайиллина Сийлахь-боккхачу Толамна!

Эзарнаш нохчий - салтий а, эпсарш а - тIамехь майралла а, доьналла а, стогалла а гайтарна совгIаташца билгалбаьхна. Царна юкъахь бу Советийн Союзан Турпалхочун цIе елларш а.

Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас боккха сий-ларам бора тIеман ветеранийн, цаьрца дика

юкъаметтиг яра цуьнан. Цо дIайохура церан проблемаш, царна а, церан доьзалшна а гIо-накъосталла дора.

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман салтийн стогалла а, майралла а тIекхуьучу тIаьхьенашна сийлаллин а, патриотизман а, Даймохк безаран а масал ду олура цо.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хIокху дахарера дIавахана 2004-чу шеран хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь, Толаман парад схьаоьцучу хенахь. Иза дIавахана толамхо а волуш! Нохчийн

мохк ларбан дIахIоьттина хилла Ахьмад-Хьаьжа а, эзарнаш къона бIаьхой а бахьана долуш, Нохчийн Республикин ницкъ кхечира дуьненан адамашна уггаре а коьртачу кхерамна тIехь - дуьненаюкъарчу терроризмана тIехь толам баккха. Цара шайн дахар дIаделла нохчийн махкахь машар а, синтем а хилийтаран дуьхьа, Россин цхьаалла ларъяран дуьхьа.

Тахана республикин пачхьено дозаллица лелайо БӀаьхаллин сийлаллин гIалин цIе.

Толаман денца!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика