КЪОНАЧУ ЯЗДАРХОЙН КЪОВСАМАН ЖАМӀАШ ДИРА

PDFПечатьE-mail

IMG 20190614 100203 371

Айдамиров Абузаран цӀарахчу Нохчийн Республикин Къоман библиотекехь «Бенара бӀаьсте – 2019» фестивалан гурашкахь дӀабаьхьначу къоначу яздархошна юкъахь республикин къовсаман жамӀаш дира. Къовсам Нохчийн Республикин яздархойн цхьаьнакхетаралло дӀабаьхьира.

«Нохчийн маттахь тоьлла литературин говзар» номинацехь хьалхара меттигаш Тапалаева Амината (Ӏ меттиг), Махмудов Ӏийсас (ӀӀ меттиг), Муртазов Ӏадлана (ӀӀӀ меттиг) ехира. «Оьрсийн маттахь тоьлла литературин говзар» номинацехь Умарова Асетан (Ӏ меттиг), Хурцаев Турпалан (ӀӀ меттиг), Цураев Мохьданан (ӀӀӀ меттиг) белхаш къастийнера. Иштта къовсамехь дакъалаьцначу кхечу яздархой кхолларалла а  билгалъяьккхира грамоташца, совгӀаташца.

 

Мероприятехь дакъалоцуш хьеший бара: Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитель, конкурсан жюрин председатель Байсултанов Идрис, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун пресс-секретарь Каримов Ӏальви, Нохчийн Республикин хьехархойн университетан профессор, филологин Ӏилманийн доктор Джамбеков ШаӀрани, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта.

Массара а билгалдаьккхира оцу тайпа мероприятеш дӀаяхьаро нохчийн литературина, культурина, къона чкъор кхетош-кхиорна тӀе дикачу агӀор тӀеӀаткъам беш хилар.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Яндекс.Метрика